Юсупов Султан. ЦIетуха луо соьга.

Дийцар

ХIей, маржа дуьне! ЦIетуху луо соьга – ас тIулгах суй боккхур бу. Дош ло соьга – ас лалор бу тIулг! – иштта мохь тоьхнна дIайолийра илланчас шен назма.
Цуьнга элира: хан кхаьчна! Ткъа цо ойла йира: ма жима берд у-кха хIинца а сан Iайнди.
Цуьнга юха а элира: хан кхаьчна, воккха хила хьан кIант!
Иза сахиллалц Iийра цуьнан гIевлангахь хиъна, ткъа Iуьйранна, шен дог а чIагIдина, пенах кхозу шаьлта схьа а эцна, дIакховдийра цо:
– Новкъа вала.
Иза вахара.
Саьккал чохь ламаз деш вара воккха стаг. Ша ваьлча, чувеанчуьнга дIахьаьжира иза. Доллучух кхийтира. ТIаккха элира:
– Дукха хан ю ас хьоьга ладоьгIу.
Iайндис жоп ца делира.

– Со хIинца къанвелла, – бохура воккхачу стага, – хьуна со мацца карийна а карор вара. Цундела кхуззахь, эвлахь, сайна бен тарбира ас.
Саьккал чохь йоI яра.
– Заира,– элира цо. – Яло, лулахошка гIуо. Со волчохь бехке хьаша ву.
ЙоI араелира.
– Къеначу берзан цергаш охьаэгна, – кхидIа а дуьйцура воккхачу стага. – Амма къеначу барзо цIоькъалоьман мIарашна юкъахь шен садоккхуьйтур ду де-дийно лечкъаш, бус-буса, чангIалкх сана, цIийзаш лелачул.
Iайнди вист ца хуьлура.
– Хьем ма бе,– элира воккхачу стага. ТIаккха тIечевхира: – Хьо хIун деш лаьтта? Я ца хIоттало? Я цIоькъалоьман доьзалехь пхьагал кхиъна? Хьан да Нохчийчохь цIеяххана динбере вара. Амма ас иза вийра, цо сан деваша вийна дела.
Iайнди вист ца хуьлура.

– ХIа-ан! Яхь-бехко ца вуьту хьо гIорасизчу воккхачу стагана тIе куьг айа! Делахь-хIета, ас хоуьйтур ду хьуна, кIеза, багахь цергаш йоцчу берзан хIинца а кIомсарш йисанийла!
Шаьлтанх ка а тухуш, Iайндина тIекхоссавелира иза. Цуьнгара шаьлта схьа а яьккхина, иза юьстах а кхоьссина, саьккал чуьра аравелира жима стаг.
– КIилло! – хьедара цунна тIаьхьа. – КIилло!
НеIсагIехь яра Заира.
– Къонаха! – элира цо. Дикка лаьттира иза цунна тIаьхьа хьоьжуш.
Ткъа эвлахь…
– ЦIа вирзина хьан кIант, – элира.
– КIилло ву хьан кIант,– элира.
Наб кхетта Iуьллчу кIантана юххе а хиъна, йоьлхуш са хилийтира нанас. Ткъа Iуьйранна, бахка а баьхкина, цара юха а: «Хан кхаьчна!» – аьлча, цо самаваьккхира кIант.

– ЦIий кхойкху, – элиа цо. – Ас хьарамбо хьуна баийна сайн накха – вало, дIадекха. Ненан неIалт Iаьржа беза мохь хилла хьаьрчар ду хьох, ахь чIир ца екхахь. Хьоьга болчу безамах дуьзначу сан даг чохь цабезам карор бу хьуна, нагахь ахь чIир ца екхахь.
Шаьлта юкъах а йихкина, араевелира кIант.
Цунна юха а гира тохарлерра йоI.
– Хьо сан да виэн вогIуш ву! – цIогIанца цуьнан когашка юьйжира иза.
Цуьнан кIажарш ченала ийгира, ткъа бIаьргашна чохь бIаьрхиш къегира. Iайндис хьалагIаттийра Заира, дакъийра бIаьрхиш.
– Миска Заира! – иза а аьлла, шен новкъа дIавахара кIант. ТIаккха Заира кхийтира: иза лаьмнашка воьдуш вара.
Лаьмнаш – дегнаш санна ду. Цигахь ду мокхаза чIогIа чхернаш а, ховха-юькъа сийна хьаннаш а; цигахь аьрзу а ека, месала нана-кхокха а шен кIорнешка кхойкху. Цигахь мекара цIокъ а, гIорасиз лу а ду; цигахь зарзарийн эшарш а, чангIалкхийн узамаш а хеза.

Iайнди веара гIаш оьгучу хенахь. Иштта оцу можачу гIашца седарчий а оьгура. Цхьадерш чIогIа сиха, чIогIа сиха, бIаьрнегIар тоха а кхиавале, дIадовра, вуьйш, дашочу тайн уьйригах керчара. Оцу хенахь буьйса бархат санна хуьлу, ткъа дийнахь эсала малх къега.
Ткъа цхьана дийнахь шена юххехь Заира гира цунна.
– Хьо хIунда еана? Хьох ган тарло.
– Ткъа хьо хIунда лечкъа?
– Нанас неIалт кхайкхийна суна.
– Сан а яц нана.
– ДоттагIаша букъ берзийна суна.

– Делахь хьан хилла а бац доттагIий.
– Ерриге эвла а ю сох кхаьрдаш.
– Деший – деший хилла дуьсур ду, мел боьха диларш цунна тIейоттарх а. Хьо царел веза-лекха ву. Хьо массарел дог цIена ву. Цхьа а стаг вац ахь шена хьалха корта охьабахийта. Воссахьа аренга.
– Жима, хьекъале Заира! Хала ду Iадаташна дуьхьала гIаьттинчунна. Со цхьан-цхьаъ ву.
– Iайнди, со еана хьоьга дIаала: хьуо шелвелча, Заира дагалацалахь – вохлур ву хьо; хьайн сагатделча, Заира дагалацалахь, тIаккха байлур бу хьан бала. Седарчий оьгучу хенахь, «Заира!» алалахь, тIаккха цхьан хир вац хьо.
– Заира, Заира…
ТIаккха Iайнда эвла веара.

Беламе тIелецира иза. Элира: «Аьрзонан бен чохь хьоза кхиъна!»
Ур-аттала, зударий а хьала ца гIуьттура цунна, иза юххешшхула тIехволуш. Мехкарша ца лечкъайора шайн яххьаш – эхь хета меттиг бац кIиллох. Баккхийчу наха тIаьхьа туйнаш кхуьйссура.
Амма Iайнди курра корта а айбина лелара. Массарна юьхьдуххьал дIа а хьоьжура. Ткъа нах цунах ца кхетара. Стенах дозалла дийр ду шен мостагIчуьнца цхьана эвлахь вехаш волчу стага? Лурхочун йоIа куьг а лаьцна эвла валийначу стага?..
Илланчас кхидIа а дуьйцура:

– Заирин кIеда-зевне аз а, кIеда куьйгаш а ду. Заирин, ткъесийн буьйса санна, Iаьржа кIажарш а, стеш санна, догуш балдаш а ду. Ткъа бIаьргашна чохь – ламанан шовда, шовданна бухахь – маьлхан зIаьнарш.
Iайндис Iаьржачу буса вогIий а хьоьстура иза, седарчийн буса вогIий а хьоьстура иза. Беттан буса вогIий а хьоьстура иза.
– ЛадогIахьа, хьомсара Заира, ладогIахьа, – бохура цо. – Илли хилла хьан кIажарех вуцалур ву со, Заира. Туьйра хилла вуьжур ву хьан бIаьргашна чу, сан деган ерриге аьхналла хьуна ю, Заира. Хьо ду сан ирс!
– Веза хьо хьан ирсана, – элира цо.
– Хьох вогу со. Хьуна гечдийр дац соьца цхьаьнакхетарш. ДIагIо вай лаьмнашка?
– Дас хIумма дийр дац. Цунна дукхаеза со. Ткъа кхин тхан стагга а вац.
– Хьох вогу со. Дайн Iадаташна къинхетам бовзац…
Иза нана йолчу вахара.

– Елла яла со делаI! Шуьшиъ хьакъ дера ду вовшашна, – тийжамаш бан йолаелира иза. – Цхьа а хIума дац шуна сийлахь-деза.
– Безам бу иза, нана.
– Заира бахьанехь дицдина ахь дайн Iедал. Заира бахьанехь стаглара волушву хьо. Шаьлтанал деза ду къонахчун яхь-бехк. Къонахчун дозалло кхардам ца лов. Дедайн кIиллолла – тIаьхьенна эхь ду. Емалвеш иллеш дохур ду хьох юьртахоша. ТIекхаьчча доттагIчо букъ берзор бу хьуна. Массара неIалт кхайкхор ду хьуна. Вайн тайпанан эхь хилла вехар ву хьо.
– Ахь хIунда, ахь хIунда кхайкхадо суна неIалт, нана? Массаьрга а дIататтийтахь со, ткъа хьо-х сан нана ю. Хьо къежъелла, гIайгIа-баланаш хебаршца бижина хьан юьхь тIе, нана. Хьуна-м ма ца лаьий хьайн кIант, стаг а вийна, лурволийта, цуьнан кийрахь Iаьржа къизалла гIатто? Цуьнан шаьлта батта тIекхаччалц цIийх юзийла? Миска сан нана, хIун хир ду хьан безамал ницкъ болуш?
– ЦIийна хьалха декхар. Далла хьалха кхерам.
…Нуьречу ткъесо сиз даьхьира Iаьржачу стиглан йистах. Лазар туьйхира даг чу. Цхьамма корах пIелг туьйхира.
– Дохко вер ву хьо! Воьлхур ву хьо! Хьо волчу лестар бахьанехь дас йийна Заира…
– ЭхIей, маржа дуьне яI! ЦIетуху луо соьга – ас тIулгах суй боккхур бу. Дош луо соьга, ас лалор бу тIулг, – иштта мохь туьйхира илланчас.

БIаьстенан арахь дашочу петIаматан корта охьатаIийра мохо, – петIаматийн аренгахула кхерстинчу йилбазмохо, Заирин цIий санна, цIен пардош охьадаьхнера. Боккхачу балано илланчин корта кера божийра. Илланчин пIелгаш пондаран мерзех дIахьакхалушшехь, сов дера оьгIазе илли, аренна тIоьхула гIаьттина, аьрзунаш хьийзачу кIоргачу стигла хьалакхерстира.
– Заира? ХIунда йий? ХIунда йий Заира?
– КIажарех дуьйцина илли бахьанехь.
– Iаьржа буьйсанаш бахьанехь, беттасин буьйсанаш бахьанехь, седарчийн буьйсанаш бахьанехь.
– Цунна хьо везар бахьанехь.
– Цунна маьрша хила лаарна, аьрха мох санна, ламанан чехка хиш санна, кура ирс санна.

Иштта, олхазаран жимачу кIорнис, дорцалахь гIоттий, цу инзар Iаламатехь шен тIемаш зуьй-кха.
– Иштта, зарзаран хьалхара аьхна йиш, къинхетам боцуш экхано шен мIарашна юкъахь Iовду-кха.

Элира:
– Дайн Iедал ца ларди, бекхам эца беза. – Берриге кIиллой, духьала цхьа дош а ца олуш, цунна тIетайра.
Ткъа иза, йоI шен кера а эцна, лаьмнашка дIавахара. Иза вист ца хуьлура. Дист ца хуьлура цунна тIаьхьа догIу адамаш а.
БIешерийн акхтаргаша шайн генаш-куьйгаш Iайндин маьхьарна тIе охьохкийра. Къоьжачу Арзуламо бIаьргашна дуьхьала уьйзира Iаьржачу мархин ковраш. Малх къайлабелира – дукха сирла кхеттера иза. Хьун а дIатийра, ойланашка девлира чхернаш а. Селла а беза бара церан мохь…

Нохчийн матте гочдинарг
Шайхиев Iалвади

Вайнах, №9, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх