Юсупов Ибрах1им. (1958–1982)

44444Родился 10 ноября 1958 г. в Павлодарской области Казахской ССР в семье депортированных чеченцев родом из села Хаттуни Веденского района Чечено-Ингушской АССР. Писать стихи начал с 14 лет. После армии готовился поступать в Литинститут им. Горького в Москве, где в мае 1982 г. успешно прошел творческий конкурс, а в августе должен был сдавать вступительные экзамены. Но 27 июля 1982 г. жизнь Ибрагима Юсупова трагически оборвалась. 

Нене

Корталица хьайн букъ тIе дIавоьхкий,
Нана, ахь со лелавора гехь.
Нана, и сан дечган ага техкош,
Соь наб яйта, наб ца йора ахь.

Хьо-м таханаъ юьжуш яц хьайн хенахь,
Сагатдо ахь. Йо ахь ойланаш.
Реза яц хьо хиларна со генахь,
Хьело бохуш новкъахь кехаташ.

Суьйре еъча, цу вайн корах цIийнан
Детташ хьочо шен баьццара га,
ТIам кагбелла хьоза санна, тийна,
Соне хоий, хьо гIайгIане Iа…

Хьан цIаро бен ца бохби сан когаш,
Нана, ахь латий сан дагчохь цIе.
Ас сайн хIара салтичун погонаш
Хьоь наб яйта тегна белшаш тIе.

***

ХитIара йогIу хьо -
ду суна и хазахетар.
Ведарш чохь ирс ду хьан –
хи дац ахь дахьаш дерг цIехьа.
Хьомениг, цу ирсах дуьзна хьайн
и кIайн ши ведар
Сан дагчу ца дуттуш,
эрна дIа ма Iанадехьа…

***

Ткъесан лазар сих сан кхетта,
Нана, хьоьх со гIийла хьоьгу.
Iаьржа къинош дагах летта,
Йоьза стигал кийра оьгуш.

КIомарш санна, мархийн кховра
Деган чевнна тIе лацало.
Сиха йоьду денойн ковра,
Хьо къежлуш соь ма ла ца ло.

Ас хьан дика лардо, нана,
Дуьхьал тIом беш къизаллина.
Ахь доIанна лаьцна кана
Сан кхолламан сизах ийна.

Синпхенех сан шерша-шеддаш
Сингаттамо хьерчош къиза,
Нагахь со лахь хьаьдда-ведда,
Хьан дезар ду цхьалха йиса.

Къора йолош зевне байташ,
Мекха долахь иллийн догIа,
Айхьа суна гечдар гайта
КоштIе сийна зезаг догIа.

***

Кхочуш ца ди
Суна дела дош ахь:
Хьо ца еа.
Можа бошхап беттан
Атадели,
Стиглара чудоьжна.
Атадели,
КIайнчу тIулгах кхетта…

***

Дерриг дицди…
Кхийдац со кхин ирсан цIаре.
Суо Iаш ву со,
кху тийналлех буьзна бIаьрг.
ХIетте а, со-м ву сатуьйсуш
цхьа йоI гаре,
Ца хууш ерг сан дахаран
цхьа а хьаьрк.

Цуьнан дуьхьа сайн
гIуллакхаш дIа а тесна,
Со шайх хьегна дерриг
хьашташ довлуш сов,
Цунна коч ян тоьлла дари,
махмар эцна,
Кхочур вара и Iаш йолчу юьрта со.

Цунна тIаьхьа, гезъеш луьста,
акха хьаннаш,
ГIур вара со,
дорцехь техкош ага син…
…Хир вара со тоьаш,
тера хилчахьанна
Ас цкъа мацах бехках
лар ца йинчух и…

***

Дика а, вон а сан кхин хьоьца дац.
Ца оьшу гIерта со тIехIитто дуйнна.
ДIаяхна марзонаш схьайогIур яц.
Суна хьо йицъелла Iуьйранна дуьйнна.

Хила а там бу-кха хьо – бакъ, со – харц.
Делахь а, безаман хи лекъна даьлла.
Мажбелла шовданна уллера арц.
Хьо суна хIинцале йицъелла яьлла.

Ма гIерта, пIелгаш а сеттадеш хьайн,
Сан дагахьбалламан
мIаьргонаш хьаста.
Мархаша дIалеци беттаса кIайн.
Тахханехь сацам би ас хьоьх дIакъаста.

Дицди ас хьо сайна евзина шо,
Кхолламо сайн даг тIе хьаьрсича туьха.
Балха тIехь, пхьоьханехь ма леха со.
Хьо суна йицъелла… хьо галлац юха.

***

Сан иллеш,
даим а Нохчийчохь диссалаш,
Махкана тешаме олхазарш хилий.
Оьздачу жатташна юккъера кхиссалаш
Къомана петоха мел гIерта илли.

Тхьамда веш ловзаран я да веш тезетан,
Ца хаьа мел вуьтур кхиэло ИбрахIим.
Цундела диц ма де
дешнаш сан весетан:
«Сан иллеш,
Нохчийчохь диссалаш даим».

Сайн нене

Хебарша юьхь-сибат оху хьан, нана,
Шераша месаш йо хьан тIеттIа сир.
Сиркхонийн халбата хьо хиъчахьана,
Хаьдда сан къоначу синтеман тхир.

Комаьрша догучу хьан дагна гонах
Дикалло яьккхина шен дашо тир.
Ас дагахь Iамийна хьан амат къона,
Къизачу хене и ца дайта шир.

Сан нана, мел жима яр-кха хьо хIетахь.
Ма сиха дIаели и мерза хан!
ХIинца-м хьо хеназа алсам Iа меттахь,
Хорам беш йогучу ойланна сан.

Халла бен ца йолу уча я ара,
Шеконца хьайн дегIе ладоьгIуш Iа.
Ас хIун дан дезар-те хьо яцахьара?
ХIун дийр ду-техьа ас хьо йодахь дIа?

Хьо лаза хьакхийча, ас бала лов-кха,
Гу санна, лахло-кха сан хьаштийн лам…
Хьоьл хьалха вер ву со
тIаьххьарчу новкъа,
Хьоьл тIаьхьа дуьненах ца баккха чам.

***

Седарчийн буьйсано биллинчу бIаьрго
Тийналлин IиндагIна ца бетта пе.
Сайн дагалецамехь ас лоьху мIаьрго
Дуьххьара ялийнарг хьо сайна тIе.

Мархаш а кIад ца ло беттаса къийса,
ХIавао шайна тIехь мел бугIу бохь.
Хьан вастан бIарлагIа тховса а хьийза
Мохтиле ца карош сан бIаьргаш чохь.

Буц а ю, зезагий оьхкина коча,
Баьццарчу юьхьтIера
дIахьоькхуш тхиш.
Бохь-генаш уьйтIарчу хьаьрсачу хьочан
Лоькхуш Iа сан дагна
хьоьх лаьцна йиш.

Iаламан аьзнаша буьйсанан карахь
Хьо дагатийсарна кула ца йо.
Сан чIогIа садукъло гIайгIанан марахь,
Ойланийн куьг кочехь ца хилча хьо.

Баттана юххера седарчийн хорха
Маццалцца хир ю-те
сан бIаьргийн стом?
Эхарта йоьдуш сайн оьмаран йоргIа,
Дин хийца йиш йоцу бере ву со-м…

 Вайнах, №7,2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх