Яхъяев Хьасамби. Дийцарш.

Яхъяев222ДIа ма гIолахь, Даба!..

Дийцар

Тов тевнах хьаьрчинера. Гоьл тIе хьаькхна шаптал санна, къегинчу малхехь хьакхаделла гора диттан гIа. Хьал ца девзарг кхуьур вацара, амма аьхналле сатесна, садаьхьна дацара адам. Адаман хатI доьжнера, синтем лехна. Синтем лахар бехке дац, диллина ду и лахар, шена лехна ца Iаш, ницкъ кхочучохь, шена санна, гона а. Ткъа хила тигац и.
Делахь а, нехан бала кхаьчна тIе а эцна, цIинъяларх хьаам хила ца хьаьхна и ойла, ша-шена, де эшна, кIелйисар а дихкина, ша тIе хаьхкинчу даьндаргах хьийзара, ницкъ IаIийна гулъелча а, я гIора дайна яржарх а, сатийсамах ца юхуш. Цу ойланан кхайкхамчех цхьаъ вара лоханиг. Цо а, цунна уллохь лаьттачу воккхачу стага а, кар-кара оьцуш, къамел ден ши сахьт гергга даьллера. ЦIахь хан такхар кIезиг нислуш, нахалахь вара и шиъ дукха хьолахь, ший а кху гIуллакха тIехь хьалхе кховдош, маслаIатан охIланашлахь хаьржина ваьккхина а вара.

Лоханиг йиш хаьлла вогIура. Къематде а деъна, элира цо, барт хоттучу дийнахь адам ша жоьпе озоле Дала нахе хоттур ду боху, шех доллуш цхьаьннан а декхар дуй шун, аьлла. Дукха адам гIоттур, аьлла ду, шен-шен хьан дикане сатуьйсийла ма яра, ша-ша хьан дуьхьа шешан байина нах ма битинера, аьлла. Доллу и адам, кхин хаттам а боцуш, Дала ялсамане хьажор ду, олу. Цу шен дегIан локкхалла айвелла:
– Юьхь йина, шен лаам лерарна, – аьлла, тIетуьйхира лохачо. – Шен и лаам лийринарг ву Дала, даржехь вазвеш, чот-барам боцчу цу шен диканна гергаозон верг. ХIун ду цунна оьшург? Шен доцург шен доцийла хаар. Кхоллархьама кхоьллина цхьа а са дац. ХIора стаг шен кхожана вогIу дуьненчу. Шенна дерг даз а ло, беса а, беркъа а и хетий, ойла карчар а нисло. Бакъду, шен и кхаж дIа а тесна, цхьа кхин кхаж лехна, шена ца диллинчу кховдар доккха къа ду. Адам дохарх кхера дезачу Делан цу бехкамашлахь бехкаме бехкам бу ша санна долу кхин адам дер. Деккъа шех хьаьрчина ца Iаш, и къа доьзалх доьду, юьртах хьаьрча, даьржий, дехьа-сехьа долу, – аьлла, сецира лоханиг, лахахьа лаьттачу бармехьа а вирзина, лебан мотт боцчу цу бармица ша къамел дечуха. Гоьзанах йихкина, мел идарх цхьана метта латта юьсучу говран идарх тера дара кху гIуллакхан лелар. Пхи шо хьалха, дош-дашера даьлла, къовсам баьллачохь, дIо учахь дуьхьал а бирзина лаьттачу нехан цIийнан стаг вийчахьана, дуьххьара ца беанера и барма кху керта. Ца туьгура барт хила. Цхьа бекхам бара гург, и бекхам эцар ирсаца хир доцийла ца хаьара, тIекхиъна, хьалхабовла ца туьгура дIадаханчун Iаткъамах.

ЛадоьгIна лаьттара лоханиг, кIоргачу, ширачу бIаьргашка сатийсам а бижна. Хан дIаоьхура; уьйтIахь а, уьйтIе гатъелча кетIахь а, урам-новкъахь а дIатарделла лаьттачу адамийн могIаршца хIоьттина тийналла, лаца а елла, кIаргъяла елира. Ирбелла хьийзара синкхетам. Адамийн цу дист цахиларца кху девнан дайн юханехьа хиларна ен дуьхьало ю, чIагIдора цо, цу синкхетамо.
ХIоьттинчу хьоло шех даррехь дийца мукъ ца луш, делахь а, херъяла ца туьгуш, гIаьттина, кхин цхьа ойла лелара лохачун кхетамца. Аьндолчух кхоьру, чIагIдора цо, цу ойлано, тIаьхьа ала тарлучух, бан тарлучу тIехтохамах. Корта мукъа бац. Ткъа шен лаамашкахь паргIат воцу стаг лай ву, лайн амал уьшалан хьехано лоций а, гIор доцуш а хуьлу, аьлла, шен и ойла сецча, рагI дIалуш, уллохь лаьттачу воккхачу стаге дIахьажавелира лоханиг.
Вукхо кица далийра. Коьрто хаьттина боху матте, элира цо: «ХIун хьал ду хьоьгахь?» – аьлла. Цецбаьлла мотт, дуьхьал хаттар дина цо: «Со, хьуна ма-хаъара, йовхачохь, цIеначохь Iуьллу. Дуьхьал цергийн шиъ зIар хиларна, цхьа тайпа кхерам а бац суна. Ткъа хьо, массо хенахь а ченалахь, мохехь, малхехь бу, ерриге а ханна дуьненан сингаттамаш, гIайгIа-баланаш хьайна тIеэцна бехаш. Ахь хIунда хоьтту соьга, хIун хьал ду хьоьгахь, бохуш?» Матте бистхилла тIаккха корта: «Хаьа суна, – аьлла цо. – Ахь мерзаниг дуу, шелонахь, ченалахь боцуш, хьо йовхачохь, цIеначохь Iуьллу. Дуьхьал шиъ цергийн зIар хиларна, кхерам а бац хьуна. Амма, цкъацкъа хьашт доцург а дуьйций, и цергийн зIараш кегдойту ахь, кху сан бIаьштиг тIе цхьа кхоам боцуш дабагI а дойту». Цу шен шерийн локхалла айвелла:

– Мотт Iамална белла бу, – аьлла, дехье а, сехье а гург вирзина, тIетуьйхира воккхачу стага. – Харц я бакъ и Iамал яр стагах шех дозу. Эриг эшна вац. Ала долчохь, доцчохь олуш верг волу. Шоззе а вон мах бу цо шен беш берг, хIунда аьлча дуьненан бIаьрг боду цунах, эхартан къа хьаьрча. Иштта бен хуьлуш дац, хила йиш яц, – аьлла, сецира воккха стаг, шена тIебоьгIна адаман бIаьрг бодуш байна, цу бIаьрган лорах дIахьажавелла, дIо учахь лаьттачу кху девнан дайшка вистхила леринчуха. Верасаш, вовшашка а хьаьвсина, меттахъхьайра. Цамоьттинарг дара и: кхетамал дегабаам тола белира.
– ХIай нах! – аьлла, кхайкхира хьалхаваьлла воккханиг. – Эрна ду шун кхузахь латтар. Оха тхешан стеган цIий дуьтур дац, чIир ца оьцуш а Iийр дац. ДIагIо! – аьлла, дог диллийтира.
Гор хIоьттира тIаккха адам.

Адамна цу минотехь тIевогIург гуш вацара. ВогIург кхуза цхьана а стага вола аьлла а, я вар тIехь долуш а ца лелара. Кху урамехула тIехволуш, хIоккхул долчу кху халкъана цкъа тIехваьллачул тIаьхьа, Iен а ца велла, кхузахьа схьахьаьвзина вогIу иза уьйтIа ма велли вайра учарчу нахана. Церан тийна го бIаьрг вогIучун некхал лаха хIутту шуьйра, кIайн маж а, дегIан чархаца хоттабелла боцуш санна, цхьа тамашийна дIасакхуьйсу аьрру ког а тергалбар бен, кхин кIорге йоцуш бара, герга а кхаьчна, бармин когашкахь воккха стаг сецча, деккъа цхьа цо деънарг хаа болчу лаамехь чIагIбаллалц. УьйтIара дIа бIаьрго ма-лоццу кетIа а, урам-новкъа а дIахьажавелла, корта а тахкийна, барми тIевогIавелира воккха стаг. ДIо коьртехь маслаIатан ши охIла лаьттара, ткъа кхарна юккъе нисбеллачу кху бармахь кIайн марчо хьарчийна, тIе Iаьржа верта а тесна, дакъа Iуьллура. Са чохь. Са чохь хиларх, гIаьттина, нахалахь лелийла доцуш, дуьненан марзонаша тесна, диканах, вонах а хаьдда, делахь а адамийн уьйраша тасаза, уьйрех ша а хердалаза. Кхунна дуьсург ладегIар ду, шен дегIан чалх оцу уьйраша цу шен синна юхаерзоре ладегIар. Сатийсар ду тIехь.

Меллаша корта а айина:
– Кху девнан да муьлха ву шух? – аьлла, иштта паргIат хаьттира тIевеанчо. Учахь юьстахо лаьттачех гIеметта хIоьттина цхьа къонах къаьстира.
– Со ву.
– Пурба ло сунна вистхила.
– Оцу дIо бармахь Iуьллу стаг вита ала хьо валлахь, и пурба дац хьуна.
– Со хьоьга и дехар дан ца воллу, – аьлла, мукъ караийцира воккхачу стага. – Бехк ма биллалахь, хьан цIе а ца хаьа суна.
Ша-шега луьйчуха, лохха вистхилира да:
– Сан цIе Iела ю, вийнарг кху чуьра доьзалхо а ву.

КIант вийна Iелин, и шена тIе ца хIоьттинехь, кхуьур вац кхуьнан дагах. Хийла ойланаш йо хир ю кхо, хийла хьесапаш до хир ду, хIун дича бакъахь ду ца хууш. ХIара адам а кху дехарца дуьххьара деана хир дац кху керта, кхуьнан шен наха а боху хир ду кхуьнга: «Нахана жоп ца делча дер дац, вита веза кIант». Амма неI тIететтича, арахь дуьсург вон дац. Кхуьнгара дош даьлча, хIара адам а, кхуьнан шен нах а шайн-шайн чубоьрзур бу. Цхьаъ ша вуьсур ву Iела, дагца чов а юьсур ю Iийжа, беза сингаттам кхуьнан коьрте а туьйсуш. Кхидерг хабар ду. Хабар ду, хенера шапаIат хуьлу, бохург. Тиш мел дели а даго хала ловр бу къастаран лазам. Делахь а хан яьлча, цу лазаман мохь базбина доьрзур дац хIара санна долчу дийнахь, хIоккхул долчу халкъан дехарна делла жоп, и Iовжаме даьлла, кхуьнан бIаьргех хи а хьодур дац, хIунда аьлча ша а, хIара Iела а кху халкъо ца къесторна, – халкъ барт тайначу доьзалца хьал долуш хилча, цу доьзалан лазам а хила беза юкъара, юкъара хила беза лаам. Кху халкъан лаамна бIостанехьа стаг хIоттахь, куьйгах дIахадо пIелг санна, гуттаренна кхунах дIахеда иза. ХIара Iуьллу шен мостагI, лаахь, тахана а вуьйр ву Iелас, тIаккхахула шен каяьллачохь вуьйр ву, и дарх, вайнехан Iадаташца, цхьана а стеган кхунна бехк буьллийла дац, кхо йоькху ерг шен чIир ю. Амма тахана халкъана луург – кхарна юкъахь маслаIат хилар ду. Еза йозалла лела цу лаамца.

Кхо лайна яра и.
Ялх доьзалхо вара воккхачу стеган, ялххе а кIант. Дечу гIуллакхана тIетеIор бен, кхин царна дан дика дацара кхуьнан.
Цкъа цхьана Iуьйрана кертарчу гIуллакхашна ши кIант цIахь а витина, шиъ беже а вахийтина, шиъ шеца а волуш, дечиге вахара воккха стаг, ши говр южучу йоккхачу ворданахь. Хьуьнах дIа а кхаьчна, кхано оьшшучу барамехь мохь баьккхина баьлча, нацкъаро долчу дукъа тIехь хецна лаьтта ворда, говраш дIа а йожий, дечигна герга схьаялае аьлла, дIахьовсира кхуо кIентий. Дукъ а лаьцна, говраш дIайожале, юхаерзо дагахь цара меттахъяьккхина ворда юханехьа хьаьдира. Цу шиннан сацо ницкъ а ца кхочуш, хьаьдда йоьдучу цуьнан тIаьхьара ши чкъург Iинах чукхозаелира. Ницкъ ма-кхоччу тасавелла, иза сацо гIерташ воллура ши кIант, амма цунах гIуллакх хир долчух тера дацара: техка а техкаш, Iинах чукхозу ворда къайлаяьлла йоллуш лаьттара.
– ДIахеца! ДIахеца иза, хIаллакьхуьлуш воллу шуьшиъ! – бохуш, шийла мохь беттара царна тIеведда воьдучу дас. Царна хIара луьйш ца хезнехь а, ца хезийла-м дацара, я и шиъ воьхна хиллехь а, я шайн ницкъех тешна хилар церан совдаларна хиллехь а, цу шимма дIа ца хоьцу ворда тIаьххьара а Iинчохь къайлаелира, шеца цхьаьна кхуьнан ши кIант а эцна.

Воьхна, лаьттачохь цкъа сацавелира воккха стаг, тIаккха га тесна хьаьдда вахана Iин чу воьссира. Адамана бIаьрга ма гойла эццахь кхунна тIехIоьттинарг. ЦIийш, кегйина берийн меженаш, ворданна буха нисвеллачу воккхах волчу кIентан: «Ла ца дуьйгIи-кх оха хьоьга, дада», – бохуш санна, къаьрзина ши бIаьрг.
Цкъа цхьанна тIехьаьдира да, юха – вукхунна. Нагахь, ден докъа тIехIоьттича кIант къан-вала волало бохург бакъ делахь, ишттачу минотехь да, хетарехь, беран амале воьрзу. Шена цхьа иэшам барна кхоьручу берах тарвеллера хIара. Кхерам хьерчара дагах, хIара кхоьрура бIаьрган Iуналлина ша маллахь, и шиъ дIа а ваьхьна, шех къастош, цхьамма хьуламе ваккхарна. Ворданна бухара ваьккхина воккхах верг иттех гIулч хьалха дIа а ваьхьна, охьавиллира кхуо, вухавеана, важа тIеваьхьира. Цкъа цхьаъ, тIаккха шолгIаниг тIевохьуш, и шиъ ший а иштта бIаьрган тергамехь а латтош, лакха тIе хьалаваьллачул тIаьхьа а хIара ца туьгура говраш тIеяллол йолчу юкъана а царна гена вала. Кхаьрдачунна кхарда ду и, тIедеъна, шина говра и ши дакъа а диллина, цIехьа ваха ваьлла воккха стаг хьере вара. Жимма са-метта веара некъаца. Делахь а, юьрта чу вуллуш, цIахь висинчу шиннах жимах волу кIант велха а воьлхуш, шена дуьхьал кхетча, логехь хорам хилла, хилларг хоттуш, цуьнга вист ца хилавелира.

– Дада, дада! – мохь белира кIентан. – Вайн Iаббаз вехначу стага, топ а тоьхна, вийна!
Можа бIагор а хьаьвзина, лаьттачохь охьалахвелира хIара:
– Муха? Ахь хIун дуьйцу?!
Ерриге а стигал этIош санна, стелахаьштиг туьйхира. Оцу сохьта лакхахь гулъеллачу боданечу мархаша, цецех луьйцу ахьар санна, кхоьссина догIа тIаьхь-тIаьхьа чехкадала доладелира. ТIаьхьо хиира кхунна: замошца волчу цхьана вехначу стага, лар ца еш, кхоьссинчу тоьпах кхалхар хиллера цIахь висинчу Iаббазан. Шена дуьхьал веана кIант циггара беже вахийтинчу шинна тIаьхьа хьажийра кхуо, цхьаъ бажа болчохь буха а саций, цхьаъ цIа вола, аьлла. Цу юкъана, стелахаьштиг кхетта ваша вийна, бохам баьлла хьийзаш хиллера кхеран шолгIа доьзалхо.
Иза воьалгIа вара. Ша ден къамел а сацийна, хIара бохамаш вайша воцчух а Iиттабелла а, Iитталуш лелаш а бу хьуна, аьлча санна, вела а къежна, Iелин бIаьра вахара воккха стаг.

Юха и шен онда аьтту куьг а тесна:
– Кху нахалахь, – аьлла, юха а къамеле велира иза, – тхан эвлара нах хила а мега, со вевзарш хила а тарло. Махкана а девзаш гIарадаьлла къонахчалла дац ас сайна тIеийзориг, Iела, дуьххьалдIа айса дуьйцург, шекаран бIелиг санна, цIена а, бакъ а дуйла хьуна хаийта лаар ду.
МаьI-маьIIера бистхилира нах:
– Тхуна вевза хьо.
– Хьоьца харцо яц, вониг а ца даьлла хьох.
– Хьайн къамел де ахь, Даба!

Лер цIена дара Дабин. ЛадогIалахь, Iела, эли-ра цо, ша тохара ма-аллара, дуьйцуш там бацахь а, ялх кIант вара шен, шена дуьненан меха. Цу дуьненан локхалла айвелла:
– Оцу ялх кIантах виъ цхьана дийнахь лаьтте кховдийра ас, Iела, – аьлла, тIетуьйхира Дабас.
– Кхааннах бекхам эца сан стаг вацара, цхьа Дела ша воцург. Амма, вайн хастам хиларна, стагана ша бохам баьккхича, оцу бохамна цунна собар дала ницкъ кхочу-кх. Делахь а аса чIагIо йира: бехк-гуьнахь доцуш вийначу Iаббазан чIир эца, чIир эцний бен лаьттан кийра ца верза. Дуккха а нахана хаьара цунах дерг. Цунна делахь а, я сан оьгIазалла лахъяларе хьежахь а, цкъа юьхьанца мостагI вита везарх лаьцна къамел дохьуш стаг ца веара суна тIе. Юха схьаэха буьйлабелира, хIинца хIара Iуьллург санна, кIайчу марчонна юкъахьарчавой, и къонах а валош. Шина шарахь гергга лийлира со церан дехаршна жоп ца луш я сайн мостагI вен аьтто ца болуш. ТIаьххьара а, сайн вийначу кIентан цIий хьанал деш, витира ас и стаг. Дела ву сан дог-ойла гуш, кIентан чIир эца ца лаарна а, бекхам балла къонахчалла ца тоарна а ца дира ас и. ХIара сан ност гой хьуна, Iела, кагйина, кагйинчул тIаьхьа даьIахкаш харцахьа хиттаяларна, чолакх йисина. ХIара сайн ност ас айса кагйина, иштта, тахана кху уьйтIа санна, сайна дуьхьал деана, ас шена дехарна жоп а ца луш, дIадоьду халкъ гIийла, йиш йоьхна гича сайга и лан ца делла, хорам хилла, цхьа-ши дош багара даьлча, цу халкъана синтем хир боллушехь айса и ца дарна оьгIазвахана, тхайн уьйтIарчу диттах тоьхна, – аьлла, сецира Даба, и дара, Iела, ша хьоьга дийца лийринарг аьлчуха.
Iела таьIна гора.

Машар бу кхунна лоьхург. Машар – иза дахар ду. Хууш дац цхьанна а, кху дахаро кханенна шена кечдинарг хIун ду. Амма кху халкъан дехар духатохахь, ша-шена билгалйоккху кхо и кхане. Кхо хоржу берг тIом бу. ТIамо цIа хIаллакдо. Цул боккха бохам бац адаме кхача, цул боккха бала бац. И лан хала ду. Лан хала ду сарахь хьайн кIентан корехь чиркх богуш ца гар. Лан хала ду дайх девлла дисина кIентан бераш, вешин бераш Iуьйрана гIелделла хьайн неIсагIи тIе хIиттар, церан дог эца хьуо гIорасиз хилар хаадалар. Амма ирс долуш ву и чиркх лато, и да берашна тIе вухаверзо, оцу берашна синтем бан ницкъ кхочу болчу беза-боккхачу меттан да. Доккха зовкх ду и. Дукха хIума ца оьшу оцу зовкхана, дукха хIума ца оьшу цунах хаьдда висарна а санна. Оьший ткъа дехарш?
Уьш эрна ду, Iелех бехкаш дахар а санна.
Шена хуур кхунна и…

Кхин шен дан вошалла дац хьуна аьллачуха, кхин цкъа а бармахь Iуьллучух бIаьрг а тоьхна, дIаваха аьлла, кевнехьа дIаволавелира Даба. Массо а ладоьгIна Iара.
– Даба, – тIаьхьа кхайкхира Iела. Даба вухахьаьжира.
Учен хьалхарчу лохачу лами тIехула охьаволавелира Iела:
– ДIа ма гIолахь, Даба!..
Адамийн могIарша яйн ишар а йина, тевнах хьерча тов хьаьдира. Хаалора механ хIуо…

Белхарехь лела велар

Дийцар

ДIадевлла хIуманаш ду уьш. Делахь а церан лорах дIа йисте ваьлча, оцу дийнахь цигахь хилла и болх сан бIаьра хьалхара ца болу.
Ден шичой бара тхан, тхан ден ден вешин воIарий бара уьш – Джандар, Джансура, Хьасанбек.
Ялхарахь хьовха, махкахь а чIогIа цIе йолуш къонах вара ялхаройн Экин Джандар.
Экин Джандаран йоI яра Совдат.
Совдат шен вешина яло аьлла, тIаьхьаьваьлла лелара Джандар, кхаа вешех воккхахверг.
КъурIан а карахь, схьа ара а ваьлла:
– ВаллахI, биллахI, таллахI, Делера доьссинчу хIокху Делан КъурIанора, ахь иза йигахь, хьо веза Iийр ма вац со, – аьлла, дуй биира Совдатан ден вешин воIа.
Цо и дуй биъча, тIекхетта КъурIан схьа а даьккхина:
– ВаллахI, биллахI, таллахI, Делера доьссинчу хIокху Делан КъурIанора, иза йигаза Iийр ма вац со, – аьлла, вукхо а биира дуй.

Цхьаннан къарбан безий церан и!
Амма цу буса, киншка а эцна, чу а вахана:
– ХIокху Делан КъурIанора, хьо тховса ара ца ялахь, хьан ден вешин воI вуьйр ма ву ас, – аьлла, Совдатана дуй биира Джандара, оцу кхаа вешех воккхахволчу вашас.
Ден вешин кIант бохамах ларван аьлла, ден вешин кIентан дуй къарбира ден вешин йоIа.
Иза араяьлла меттиг – тоьлла стаг яра Совдат, тоьлла болчу зударшлахь тоьлла хир йолуш – иза араяьлла и меттиг (куьзганан бIаьрг буьйцура цара, коран) ше хиллал хилла-кх…
Со а жима вац цу хенахь, суна дагадогIу шадериг. Вайн чохь ю Совдат, йоссийна… Зазу йогIура Iуьйрана, Совдатан нана. Зуда йогIу йолу некъ бацара цо бохьург. Цу тIе, генара ян езаш а яра, Кхоьрга лам тIе хьала а яьлла, дукха буьрсачу меттехула. Даьккхина йовлакх а карахь, сардамаш дуьхкуш йогIура Зазу.
Меллаша тIекхетта Зазу марайоьллира Таьштамара.

Таьштамар, ваша вала а велла, доьзал бисча, уьш гIел ца балийта гIерташ, гихь йол кхоьхьуш, и къа а хьоьгуш Iаш вара, даьIнаш девлла, настаршца лазар доллушехь, кхоа ца луш.
– Вай дика гергаха нах хир ду, Зазу, – элира цо. – Гергара нах ца хилахь, мехкан нах хир ду вай, мехкан нах ца хилахь – доттагIий. Зуда дIа а йоьуьйтур ю, дIа а лур ю. ДIаяла, дIагIо, Зазу, цIа гIуо, – мара а йоьллина. И Зазу оцу Таьштамара дIаяхийтина а дагадогIу суна.
Цул тIаьхьа цига нах бахана. Мел бахана ала хуур дац суна, амма ткъа, шовзткъа, кхузткъа стаг ала мегар долуш нах бахана цига говрашца.
ГIуллакх ца хилла церан.
ШолгIа а бахана.
Йистъяьлла, гIуллакх хьалха-тIаьхьа ца даьлла шозлагIа а.

КхозлагIа бахана тIаккха нах, шайца зуда а юьгуш дIа, воккхаллина а, верасаллина а аьлла, хьалхаваьккхина моцIаройн БитIакъ а, Галайн-ЧIожара Джамболатан Хьату а эцна – Зазун ваша вара Джамболатан Хьату.
Джамболатан Хьатуй, БитIаккъий, шайца йолу Совдат а, дошлой а, дIо совца а бина, уьйтIа ваьлча, схьадуьхьалъяьлла нораца хьуьлла боршам хьокхуш йоллу Зазу.
Цхьа шен хабар а, хIума а сонта долуш вара БитIакъ.
– Маржа, сан захал-яI, – аьлла, човха а йина, цо говр тIетаIийча, Зазус шен карара и нуй, бахьа а баьхьна, говран коьртах схьатоьхна, БитIакъина тIехь мел долу хIума а, ерриг говр а кхох юьзна.
Само йина БитIакъа, цуьнан и само хьалха а яьлла, ши дакъа даза Зазу а йисина – Джамболатан Хьатус, яьккхина, йишина тоха аьлла, лакхара охьаластийна шаьлта ша цестина дIасадаьллачу хIаваан есаллехь сецна, БитIакъ кIел куьг таса а кхиъна.

Зуда дIо арахь лаьтта, и шовзткъа-кхузткъа дошло ву циггахь. Царна гуш дац. УьйтIахь бухарчех нах бу. Дерриг гуш. Гарх, цхьа а меттахъхьовш вац царах, матте йирзинчу Джамболатан Хьатун шаьлтанан иралло лаьцна.
– Да хьакхица валла хьан, нана хьакхица ялла хьан, ваша хьакхица валла хьан, йиша хьакхица ялла хьан. ТIаьххьара тIеаьлларг-м ала мегар долуш дац.
Амма Джамболатан Хьату цу бехкамах воьхна, дукха чIогIа юьхьIаьржахIоьттина. Воьхнехь а, ишттачу хьолехь ша дан догIург хIун ду ца хаъал кхетамах вохаза хилла и.
Джамболатан Хьату дIаваха ваьлла.
ДIа ца вохуьйтуш, Джамболатан Хьату саца а вина:
– ХIара кхидIа дийцича а дош дац. Вай гергара нах хир ду. Тховсалера буьйса кхузахь а яьккхина, кхана Iуьйрана дIагIур ду шу, – аьлла, йоI-йиша а, невцан накъостий а дIа чубигина ялхароша.
МаслаIатан хьалхе лехна мохк боьхна хIинца дуйнан чIагIонах.

Сту бийна хьешашна, кхо шо кхаьчна. Сакъера хиъна и шовзткъа-кхузткъа стаг, шуьнехь буьйса а текхна, Iуьйрана дIаваха схьаваьлча, БитIакъин говр, мокхазах догIуш долу суьйлийн чIегIардиг санна, гIовх хьалахIоьттина – чIогIа тамашийна говр хуьлуш вара БитIакъ.
– Во-о, велларг хьакхийца валла, нашхой, шун делаI, – аьлла, бийлабелла ялхарой. – Цкъа веъна бере ца веа шун, цкъа еана нуьйр ца еа аш, цкъа еана говр ца ялий аш. Йовла мукъана мичара йовлу шуна уьш?
ГIовх лаьттачуьра говр юха а яьккхина, дIа а яхийтина, схьа а яийтина:
– Цхьа астагIа стаг ву тхан тIулга тIехь вехаш, – вистхилла БитIакъ. – Цо, яз а йойтий, цхьа кехатан цуьрг хьалайохуьйту Хьалха лам тIе. ТIекхаьчна говр а лой, и схьавоуьйту. Ткъа нуьйр цхьаъ ю тхан, цкъа хьалхе тIехьа ерзайой туьллу оха и, тIаккха тIехье хьалха ерзайой туьллу, – аьлла, БитIакъа иза а олуш, и нах цIа а баьхкина, той дечу бедана хьалаялийна Занзаренан Макка, ийбеш пондар а лоькхуш, хелха а юьйлуш, эцца и ловзар дина дагадогIу суна.

Суна дагадогIу Совдатан пхи бер, цул тIаьхьа мехкан тезет хIоьттина де а. Цу дийнахь шен доьзалца яц Совдат. Иза, кхана вай дохадо аьлча, тахана, налогана цхьа етт дIа а бигина, ма гIуо боххушехь, оцу аттана тIаьхьаяхана ю, кхин доьзалх кхетар яц, цхьа хан яллалц, Сибрехахь бен. КIант хир ву цуьнан цул тIаьхьа. И кIант а дIавер ву, дIавер ву цIера дIавигина кхо кIант а, ши йоI а, цIийнда а, ша а. Кхин хIумма а дац царах тIаьхьадисина.
Дукха деха туьйра ду и ма-дарра дийца. Амма ваьшна хIун ду а, хаа йиш а йоцчунна тIехь туьйра доцчух туьйра дан вай марздаларна, хIетахь леллачу цу некъан цхьа агIо хьахо луур ду, тесна, шех Iосалла а къахкийна, Делан бакъ некъа тIехь лаьттачунна, ца хьехийча а, гуш и елахь а.
Совдат аттана тIахьайоьдучу цу дийнахь вай дохорг хилар цхьанна а дагахь дац, хабарш-м ду. Оцу хабарех дерг а хоттуш, юург а эцна, Кераме хьажа дахана сой, тхан наний цIахь дац. Ненан шича вара Керам тхан, чохь висина, меттахь, чу-ара вийлар кIезиг долуш, декъехь а вара и. Бакъ-м ца дора и цхьаболчара. ХIетахь а ца дора, хIинца а… Со дийна стаг ву-кха, хIинца шуьца санна Iаш. Кераман тхайн ненаца деана и къамел хезна.
– Найпаз, – элира цо. – ЦIе ю вайна гонаха яьлла тIейогIуш. Цу цIергахь хьийзаш, настарш хьала а йина, Кишин воI ву. Чехка цIа а гIой, шайн берашна – итт-цхьайтта бер дара тхан – хьакъикъат дайта, шайн йолу кIадинах хIума, вовшахтохий, шад а бе, некъана цу а кечбе.

Хьакъикъат дан тхо ца даьхьира, салт дукха бара. Ткъа кIадинах шад бира. Цу буссехьа, хьаьжкIаш кхаьрзина, цу а баьккхира, и цу-гали ас Моцкъарара дIа лакха тIехула Iуьллучу новкъа кхаа дийнахь-кхаа бусий гехь Алкуне деара.
– ДIакхоссийтахьа, – ас аьлча.
– Ма кхоссахьа, Хасмохьмад, дIакхочур ду вай, – тхан нанас а бохуш.
Алкунера машенашца Сипсо-ГIала дIа а дигина, шалонаш тIе а доьттина, и беха некъ эцна тхо дIаоьхуш дукха наха рицкъа ийцира оцу цух, буйнахь схьа а ийбеш, тIе мотт Iуьттуш. И рицкъа тоьуш дара мацалла Iехо. Хаа цатуьгург кхин дара. ЮьхьIаьржонан мохь бара и, шен орамах хадаран, эхьан мохь бара. Цу новкъа айъелла сийсазлонаш йоьлхура, бехк бу-бац ца хоьттуш, стаг аьшнашвар, талораш, къизалла. ДIо схьадуьхьал хIуьттуш Керам а Iара, тIаьххьара суна ма-гарра, тхо чудевлча а, ша и къамел схьадеш а, юха тхо дIа арадовлуш а, хийцам боцуш, иштта техка а техкаш, Адам кху иэхь-бехках дохарна юьхьIаьржахIоьттинчуха. Дохарх дукха кхийлина дара и иэхь-бехк Дала шен къайленех къайле а елла, цу къайленан билггал долу дакъа нахе дIакхачор тIе а диллина, вайн чохь хьийзинчу декъан декъахоша. Далхийнера и хIокхо а…

Ши шо хьалха ду и. Со, нехчанан бIелиг, сискалан дакъий эцна, же ваха кечвелла ву. ДIора схьа мохь туьйхира: «Керам дIаваьлла», – аьлла. Малх схьакхетта балале, Керам денвелла аьлла, шолгIа а хаам хилира. Гириха ву тхо долчу чохь. Цига ваха шай, тхан дай чуьра араволуш: «Веллачуьра денвелла Керам шайх вала там бара», – элира цо. Дош ца дира и тхан дас. «ДIавала, – велавелира иза. – ХьацIмин Керамах волу шайх, шайх муха волу цунах?» Вахана хьала кхаьчча? «Джаби, хьо дукхавезаш вара со, – аьллера цуьнга Керама. – Гена кхийдаш ву хьо, Джаби. Гена ма кхийда…»
Эццахь санна юьхьIаьржахIоьттина вацара ша бохуш, и эхь шеца коша даьхьира тхан дас. ЮьхьIаьржа и юьхьIаьржо тIехIоттале хила дезара адам, вовшашна, Далла хьалха. Ца хилча, ша и юьхьIаьржо а санна, бохам кога кIел бу…

Адам лаьтта сан бIаьра хьалха, цигга лелла и сурт а, дIо юьххьехь сан хьахаделла. Бадам, станце, тхаьш диссийна. Адам кхойкхуш ду вовшашка, Деле. Доьдуш зикар а ду. Доьлхуш, доьлхуш. Доьлхуш. Доьлуш. Велар хIун ду? Велхаро велош ву, вела дог долуш воьлуш вац цхьа а, велхаро велош ву… ДIа тIехволуш цхьана къонахчун тидам хуьлу, тхол хьалха дIабигинчу нахах. Юьстахо Iа и, голаш тIе а лахвелла, белхар а тесна, велар а хьакха ца луш. И-м ларош вац велха, я вела а, коьрта тIера охьа, гIарссинехь, мIараш а хьоькхуш, куьйгаш хьоьккхучохь висина – Деллахь, бакъ ма ду и, цо охьахьоькхучу мезашна юьхь гуш ма яцара цуьнан. Цхьамма а тергал веш вац, тергал муха во, шайна а дан хIума доцчу меттехь…
Дуьне ду-кха… ДIа лела-м до адамо хIуманаш, кхин тIаьхьало а йоццушехь кхуьнан. Кху дуьненан. Изза бен – белхарехь лела велар.
Доьлхуш, доьлхуш.
Логехь белхаран къурд керчарна, ца делха.
Кхин башха а вац – шен хIума тоделла аьлла хетта, мIакваьлларг а, сискалца чай цхьаьна ца догIу дIо и пекъар а…

Вайнах, №4, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх