Виситаева Тумани.

Виситаева222Виситаева Тумани Шарпудиевна йина 2001 шеран 30 июлехь. Чекхъяккхина Шелара лоьмар 10 йолу юккъера ишкол. Карарчу хенахь доьшуш ю Нохчийн пачхьалкхан Къоначу корреспондентийн ишколехь. Стихаш а, статьяш а зорбане йийлина «Орга» журналан а, «Зама» газетан а аг1онаш т1ехь.

Йоккха стаг

Дийцар

Иза дара ши шо хьалха. Тхан уьйт1арчу г1анта хевшина 1ара тхо, суьйренца вовшах а кхетта. Масех шо дара со кху юккъехь 1аш йолу, амма тховса бен гина яцара суна тхайн лулара баба. Наггахь хьокхуш мела мох а болуш, тийна хаза суьйре яра. Вовшех самукъа а долуш, цхьацца дуьненан къамелаш а деш 1ара тхо. Ц1еххьана д1ахьаьжча, сан б1аьрг кхийтира дехьо лаьттачу г1анта т1ехь хиина 1ачу йоккхачу стагах. Со цуьнга хьаьжначохь йисира, сайн нийсархоша дуьйцург а цахезаш. Цуьнан г1ийла 1ар цхьа тамашийна дагах кхийтира суна. Хено хебаршка яьхьначу юьхь т1ехь берриге дуьненан бала шайна чохь болуш санна, г1ийла хьажар долуш чу кхетта б1аьргаш а дара.

Ц1еххьана бералле яхара сан ойла, мацах б1арийн дитт к1ела хиина 1ийна сайн баба дага а еъна, б1аьргех хи хьаьдира сан. Ткъа нийсархой кхеташ а бацара ас лелочух. Церан 1одика а йина, чу еара со. Ехха 1ийра со ойлане яьлла. Сан баба, иштта г1ийла хиина 1аш суна дагайог1уш, могаш йоцуш яра, ткъа х1окху йоккхачу стагехь, могашалла цахилар доцург а, кхин а цхьа боккха бала хийтира суна, цхьаллин сингаттаме бала.
Иштта, сайн коьртехь хьийзачу ойланех йоьлла йисира со цу буса. Шозлаг1чу суьйрана а елира со ара, баба гаре са а тесна.

Ас айса сайна ч1аг1онаш йора, со йоккхачу стагана т1е г1ура ю, цуьнан бала ас сайца боькъур бу, бохуш.
Амма цу суьйрана г1ант деса лаьттара. Кхин цкъа а сайна баба гур йоцуш санна холча х1оьттира со. Ас сайга хеттарш дора, т1е х1унда ца яхар-те со бабина, бохуш. Куьйга корта а лаьцна 1ара со г1антахь, баба йог1у ларъеш. Со санна цхьаьнга сатуьйсуш йолуш санна, суьйре а яра сингаттаме, г1ийла. Йоккха стаг кхин гур йоцуш санна хетара. Ма дукха дара сан цуьнга хетта а, дийца а! Малх а чубуьзира со иштта 1ашшехь. Ц1еххьана д1ахьажаеллачу суна гира 1асанах шен накъост а вина г1ант долчу аг1ор дайчу боларца меллаша схьайог1у йоккхастаг. Со кхаъ хилла т1ехьаьдира цунна:

– Суьйре дика хуьлда хьан, баба! – олуш.
– Диканца дукха ехийла хьо а, – элира бабас. – Хьо хьенан ю? – хоттуш.
Ас бийцира бабина сайн дай, амма уьш цунна бевзаш бацара.
Бабас дийцира суна, ша мичара ю а, маца дуьйна кхузахь ехаш ю а. Йоккхачу стеган къамелехь хаалора, цуьнгахь ерг адамийн къелла юйла.
Цо д1адолийра шен дахаран дийцар. Ша ц1ера Шалажера ю, 1970 шарахь дуьйна кхузахь 1аш дара шай, шен ц1ийнадай, элира цо
Ша хьехархо болх беш яра, ткъа шен ц1ийнада – мебельш ечу цехехь. Ч1ог1а барт болуш, хаза даьхна шаьшшиъ цу х1усамехь аьлла, аьтто аг1ор лаьттачу  ц1ийнан кора т1е п1елг хьажийра.
– Дукха хан юй хьан ц1ийнада воцу? – хаьттира ас цуьнга.

Цхьана минотана дахар сецча санна соцунг1а а хилла, б1аьрхиш д1а а дохуш элира бабас:
– Тхо ц1ера дохуш Дала хене даьхнера тхо, могуш-маьрша ц1а а дирзинера, ткъа кху т1амо, кху къизачу т1амо, – олуш, куьг а хьажош, и т1ом селхана хилча санна даккхий къурдаш дира бабас, – кху т1амо вий-кх сан и! Сан кхин накъост а ма вацара, я доьзалхо а вацара тхойшинна. Кху т1амо виги-кх сан и, со суо цхьалха йуьтуш, – б1аьрхиш д1а а дохуш дуьйцур абабас. – Со х1унда йитина, мича дикане сатийса, я хьанах тешийна? Со цхьанне а ма ца оьшу, соьх х1ун до, къанъеллачу? Сайн цхьаъ бен йоцчу йишина а сов йолу со, цуьнан а бу-кх, со ца лелийча а шен доьзал, доьзалий доьзал а, – пекъар, йиша бехказаяккха а г1ертара иза.
Юха а, жимма 1ай, дийца йолало баба:

– Массо а д1авахнера г1алара. Кху районехь тхо 12-13 адам дара дисина. Шайн х1усамаш д1атаса цалууш берш а, баха меттиг йоцурш а. Тхо ц1ийнан подвал чохь 1аш дара. Жимма кеманийн г1овг1а сецча божарий ара бевллера, цу юкъана, Дала кхел йариг, и кема хьаьвзина, цо тоьхначу ракеташ к1ела нисвелла кхалхар нисделира сан ц1ийнаден а, кхин а кхаа стеган а. Цу дийнахь сан букъ т1е дуьйжира х1ара дерригге а дуьне. «Дависа, со х1унда йиси-те?!» – олура ас юх-юха а. Делахь а, х1ун дийр ду, Дала диначунна реза ду-кх, – доккха са доккху бабас, сан куьйгаш къовллий схьа а лоцуш. – Йо1, хьо а г1айг1ане яьккхи ас, – олуш соьга. – Баркалла хьуна, соьга ладог1арна, дог дассадели сан. Со-м наггахь сайн бала айса сайга а буьйцуш 1а. Нахана а ца лаьа-кх сан балане ладог1а. Массаьргахь а ма ю шен-шен г1айг1а, – олуш дерзадо бабас шен къамел. Тхойшиъ иштта 1ашшехь маьрк1ажа бода а къовлало.

– Ламазан хан а хили, – олий, хьалаайло йоккхастаг.Баба.
– Дала мукъалахь, хьо цхьалха яц хьуна, хьан йо1 ю-кх со. Со кест-кеста йог1ур ю хьо йолче, со кхоаей ма 1елахь, пурба дац хьуна, – олий, бабин дог эца хьожу со. Баба шен не1аре д1а а кхетайой, чуйог1у со. Цу суьйрана дуьйна, сайн 7 шо долуш кхелхина  денана юхаеъча санна хаза хеташ бабийца гергарло леладо аса. Дала латта бойла вайна баккхий нах. Вай а ма ду цкъа церан хене даха дезаш. Вай церан дина сий дийр ду вайн доьзалша вайн а.
Вайнах, №8, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх