Важа Пшавела. Лун к1орнин дийцар.

Vazha1

Буо ду со, цу т1е жима буо. Кхолламо халахетар дина суна: ма уггар цаторучу хенахь байлахь йиси со. К1айн т1едарчий а долуш чо болу сан ц1ока юткъа ю, цергаш евлла а яц х1инца а, ма1аш а ца евлла, бергаша а г1ийла ю.
Тилаелла х1ума санна лелаш ю со кху дуьнен т1ехь. Хьовсал шу – ност шаерриг ц1ийлахь ю, – со лазийна, хи мала 1ин чу юссуш. Ма бала бу, боккха бала бу сан даг т1ехь! Маржа, миска сан нана! Иза дийна йолуш суна хиънарг: деккъа цхьа цуьнан со хьестар ду. Цо шен шура лора суна, ловзайора, 1амайора, ларйора… Ткъа х1инца, иза йоцуш, х1ун хир ду со пкъарх?
Со х1инца ца екха сайн ненах: 1уьйранна а, суьйранна а бацалара тхи молу, буц т1уьна йолччуьра, – юза а юзу, хьогалла а д1айолу. Г1одаккха цхьа а вац соьгахьа, массо хенахь цхьана х1умнах кхоьруш егайо, де-дийне сайн 1ожалле ладоьг1уш 1а, дагахь цхьа а х1ума доцуш йолалой лела, некъ а ца хоьржуш. Везан Дела, ма дукха бу-кх сан мостаг1ий!
Дукха хан йоццуш, са а гатделла, хьуьнан йисте яьллера со… д1асахьаьжира. Ц1еххьана, коьрта т1е ткъес тоьхча санна, цхьа тата делира. Д1ахьожу – нийсса суна чухьаьдда дог1уш ду, т1емаш дег1а т1е а та1ийна, г1аттийна з1ок а йолуш цхьа доккха сира олхазар. Кхераелира со, цкъа д1акхоссаелла хьуьн чу иккхира. Ткъа, не1алт хуьлда цунна, олхазаро нийса хьесап дина ца хиллера: ша ма-догг1у со лаьттинчу метта охьакхийтира. Х1инца а дег1ера зуз д1адаьлла дац сан, цуьнан хьаьвзина з1ок а, ира, сов ира м1араш а дагаеача-м муххале. Суна т1е дог1аделлера, амма галдаьллера, комарийн таьллингашна юккъехула бацала т1емаш т1е охьадуьйжира. Д1асахьаьжира, цхьа боьха можа б1аьргаш а керчош, оьг1аздаханчух тера дара, гарехь, со д1аедча. Комарийн таьллингех тасадалаза а дисира, амма, мухха делахь а, д1адахара. Къайллах цунна т1аьхьа хьоьжура со, дитташна т1ехьа д1а а лечкъина, ткъа сан дог ч1ог1а детталора. Суна дукхаеза хьун, баркалла хьуна! Дукха к1елхьарабоху ахьа лечух. Хьо ца хиллехьара, дукха хан хир яра сан ц1оканна т1ехь цхьа чо а бисаза. Даго хьоьху: мацца а цкъа сан ког тасалур бу. Суна х1инца а х1умма ма ца хаьа, цхьа к1ира бен ма ца даьккхина аса сайн ненаца. Цо массо а х1ума хьоьхура суна: х1ара вайн доттаг1а ву, важа – вайн мостаг1а. Х1инца хьан 1амор ю со?
Дийно сарралц юькъачу кондо, аршлахь д1алечкъий 1уьллу со, чуьркаша а, мозаша а ца юьтуш. Ма дика дара суна ненаца, ма атта а, парг1ат а доь1ура са!

Тхо дехара луьстта-юькъачу 1индаг1ечу хьуьнхахь, д1о гуш йолчу басахь. Тхан 1ойлийла т1е цхьа а кхочалур вацара Нана, нислора, баса охьаюьжура, со цунна юххе юьжура, кхаа аг1ор тхо лардеш д1ах1иттина дитташ дара, хьуьнан цхьа аг1о яра схьайиллина, – оцу аг1ора къаьсттина лерина б1аьрг беттара нанас. Иза цхьажимма шекъяла йолаелча, аса а дулура сайн лергаш.
Оцу к1иранах кхузза хезна хир дара тхойшинна тамашийна татанаш. Уьш дацара шовданан г1овг1анех тера – суна иза хеза, я т1ома йог1учу шоршалан татанех тера, хенак1уро еттачу з1акарх, я дакъаделлачу дитта т1ера охьадоьжначу г1анан татанах тера, мохо лесточу генаша дечу шур-шурх тера. Цхьаннан тидам бина аса: нанна и тамашийна г1ара ма-хеззинехь, иза, партъолий, хьалаоьккхура. Соьга: «Же, же, к1ант, суна т1аьхьа схьавадалахь!» – олуш. Со а, ницкъ ма-ббу кхиссалуш, цунна т1аьххье д1ахьодура. Иза сел шех кхоьруш ерг х1етахь х1ун ю суна ца хаьара. Х1инца-м хаьа! Мел бу тхан мостаг1ий! Маржа, адам, я1-кх! Тхох къа х1унда ца хетта хьуна? Сох вуно жима ю! Парг1ат яха йитахьара ахьа сайн хьуьнах парг1ат д1аса а лелаш, х1ара исбаьхьа сийна буц хьеша, я д1о гу т1ера к1ордадаллалц суьйренан мохах 1аба!

Хьуьн чуьра араяла кхоьру со. Нагахь санна араялахь а – йистте бен ца йолу, иза а кхоьруш, ега а еш. Сакх-сема гонах хьежа деза, дитташна, чхернашна т1ехьа, баца юкъа лечкъа деза, атталла яха а йиш ца хуьлу парг1ат. Кхерамо хуьйдина, кхачош йоллу со.
Хьуна хьалха х1ун бехк баьлла соьгара, стаг? Алахьа соьга? Х1ун бехк? Я сан мискачу нанас вониг динера хьуна? Хьоьгара х1ун яьккхинера цо? Ахьа х1унда йийра иза? Вала да а воцуш йолу со, пекъар, байлахь х1унда йити ахьа? Эх1. Маржа адамаш! Шу ч1ог1а т1ахъаьлла ду, шайгахь ницкъ болу дела до аша иза, – тхоьца х1ун бала бу шун? Шу ца кхета тхуна а маршо езарх, шайн чохь къинхетам боцчу дегнашца шуна хаац тхуна а дахар, 1алам дезий: г1аш дегош, шовда самукъане декаш, доь1у са а малдой, хийлазза ладоьг1у аса, тхуна а деза г1аш лестар, бецийн тулг1енах техкар, хьуьнан кхечу бахархошца ловза а лаьа… Ткъа ахьа, стаг, чу ц1ий х1иттинчу б1аьргашца сан лар толлу, иштта со санна г1ийла-мискачу, г1одаккха да воцчу эзар дийнатийн лар… герз а карахь тхуна теба хьо, ямартлонца тоьпан х1оаца 1овжадо дег1, тхо дахарх хададо…

2

Со муха кхоьрур яц? Цхьа к1ира бен ма дац со дуьнен т1ехь еха, ткъа мел кхерамаш, г1айг1анаш, сингаттамаш лан дезна сан!
Стомарлера де дог1ане дара. Сан нана, цхьа хаза, дахарх хьаьгна, попан к1ел ежаш лаьттара. Со цунна т1аьта1ира, суна хаза дара цуьнца, цуьнан 1уналлин к1ел латта, мостаг1ий а, 1ожалла а даг чуьра яьллера сан. Дуькъачу г1аш т1ера зевнаца лаьтта оьгура дог1анан т1адамаш. Царна к1ел корта х1оттабора аса, цхьа жимма керла т1уналла дег1ах кхетийта.
– Хьуна дика дуй, сан к1ант? – хоьттура нанас. Цунна жоп луш, аса корта та1абора, ирх кхиссалора, цуьнан шим т1е муц1ар 1уьттура.
Тхуна т1еххула, диттан декъачу г1ода т1ехула хьалатекхаш хенак1ур яра, диттах ч1ог1а з1ок а етташ. Ур-атталла со а цецъелира цунах. «Хьажахь цкъа, – ойланаш коьрте лестара, – сан нана цул дуккха йоккха ю, амма оцо санна кху хьуьнах г1овг1а ца йоккху цо». Хенак1ур, м1араш а туьйсуш, диттан г1одана гуонаш дохуш, лаккха хьалаг1ертара, кхузахь а, д1огахь а, кхузахь диттан чкъор а эт1ош… Самукъадаьлла, цуьнга хьоьжуш лаьттара со, т1аккха ц1еххьана суна хезира: «Чхи! Чхи!» Д1асахьожу со – тхуна т1еххула т1ома хьийзаш цхьа къиг ю.

– Схьайола суна юххе, д1ахьулбе хьайн корта, къийго з1ок йиттина б1аьргаш дохур ду хьан, – элира нанас.
Со цунна т1ехьа д1алечкъира. Цо корта а лестош, д1акъехкадора и безаме доцу олхазар. Ткъа къиг суна т1екхийсалора. Иштта а, вуьшта а т1екхета г1ертара, эххар а тхо парг1ат дитина, х1умма ца хилча санна, попан гаьн т1е а хиъна, ека йолаелира. Ткъа цуьнан аз, даккха х1ума доцуш, сайчух тера дара.
Нанас ела а елла, соьга элира:
– Эх1е, мел х1илла долуш ю хаахьара хьуна и къиг: Цунах ларлуш хилалахь, к1ант. Цара яла а, йовла а ца юьту хьуна хьо санна жима к1орнеш. Ека йолалур ю хьуна иза, ткъа хьо санна х1умма а дагахь доцурш цунна жоп дала г1ерта. Цунна оьшург иза ма-ду – оцу сохьтехь т1екхетий б1аьрг боккху цо.
Сан дег1е зуз хьаьдира.
Ас-м жоп лур дац, кхин а дика д1алечкъар ю.
– Х1а-аний, к1ант! Нана дийна мел ю, хьан кхера меттиг бац, ткъа со юххехь йоцуш, ларлуш хилалахь.
Эх1е, ма х1умма а ца хаьа-кх суна х1инца а, х1уманнах а ца кхета декъазниг.

3

Оцу дийнахь дукха йовха яра. Ша йижинчуьра хьала а г1аьттина, нанас элира:
– Яло, хи т1е г1о вай!
Тхо д1адуьйладелира наг-наггахь варш йолчу басахула. Цхьа хан яьлча юькъа коьллаш т1ехьа йисира, т1аккха 1ин чу диссира тхо. 1ин к1орга дара. Маьлхан з1аьнарш ца кхочура цу чу, ткъа шинна а аг1ор баххьаш вовшийн чучча а дахана охьакхозуш дитташ дара. 1инна йисттехула, дитташ к1ел, ц1азамийн хуталш яра. Ц1ечу ц1азамех юьзна уьш, бердах чу а кхозаелла, хина т1ехула 1ара. Шийла – сирла татол шерачу т1улгаш т1ехула. Чопа а туьйсуш, охьашершара. Хи даккхийчу т1улгаш т1ехула кхийссалора, цхьаццанхьа оцу т1улгаша некъ боьхкура цунна. Нана хи чу елира, дехьуо яьлла, сацаелира. Со т1улгаш т1ехула хала хи т1е кхечира – сан бергаш лазайора т1улгаша.
– Схьавола, сан к1ант схьавола суна юххе, довхачу кху дийнахь шийлачу хе там бо.
Аса кхоьруш, цкъа хьалха цхьа ког биллира хи чу, амма хи ч1ог1а шийла хийтира суна. Со сихха берда йисте иккхира.
Цхьа жимма хи чохь а лаьттина, тхо юханехьа дуьйладелира.
Тхуна т1ехула, хьун йолчу аг1орхьара, цхьа тата делира.
– И нах вайшинна кхераме бац – элира нанас. – Цаьрца бер а карахь зуда ю. Вайн мостаг1аша иштта маьхьарий цкъа а ца хьоькху… вуьшта, ларделча бакъахьа хир ду. Царна ма тосалахьара вайшиъ. Варшахула чекхъер ю вайша, хьуьн чу а ца юлуш.

Нана, хьалха а яьлла, д1айолаелира. Аса 1е а ца елла, кулла т1ехьа а лечкъина, корта аракъадийра. Оццу хенахь цхьа ц1ог1а делира. Х1инца иза лахара хьала дара. И дара адмийн къамел – жимачу к1анта шен нене деш долу:
– Вай, нана, нана, борз ю!
– Ма кхера, сан хьомениг! Мичахь ю иза? Схьагайтал?
– Хьуна гуш яц ткъа иза? Хьуьн чуьра схьахьоьжуш ю-кх, лергаш ира а х1иттийна, – хих дуьзначу б1аьргашца элира к1анта, суна т1е п1елг а хьажош.
– Сан хьомениг, борз ю ткъа иза? Иза-х жима лун к1орни ю. Ма хаза а ю!
– Нана, диканиг, схьалаций вай иза? – к1ант сихвелла суна т1ехьаьдира.
– Х1ан-х1а, к1ант, къа ду цуьнан, ца оьшу. Цуьнан а ма ю нана. Иза йоьлхур ма ю, шен к1орнина цхьа х1ума хилча.
Чу са а оьзна, цаьрга ладоьг1уш 1ара со. Суна хазахийтира зудчунна тхайх къахетча. Суна дуьххьара хезаш дара и тайпа дешнаш. Д1аяха ца лаьара. Кхин а цхьаъ алийта лаьара… амма оцу хенахь суна т1аьхьаедда сан нана еара.
– 1овдал, теша мегар ду ткъа наха дуьйцучух?! Хьо х1унда сецнера? Яло, яло сиха! Цара таллархочуьнга д1аюьйцур ю, т1аккха 1одика е дахарца.
Миска, сан нана! Цунна, гарехь, даго хьоьхуш хиллера т1аьхьа хиндерг.

4

Басах ирх хьала кхиссалуш д1аиккхира нана, цунна т1аьххье – со а. Д1айоьдуш суна кхин а хезира:
– Кхузахь-м нана-лу а хилла!
Тхо девдда доьлхура басахула луьста евллачу г1ундалг1ешна юккъехула. Орамашкахь уьш т1уьна яра, массанхьа а духдуьйлуш хьостанаш хиларна. Кхузахь а, д1огахь а, когех летачу хотталахь гуш яра, со санна кегийчу лун к1орнин лараш. Дукха йовха яра. Бурконна тоха кхин са а ца хилла, г1ундалг1ешна юккъе д1адийшира тхо. Церан даккхийчу г1аша лардора тхо, дег1 кхорзуш т1ехьоьжучу маьлхан з1аьнарех.
Т1аккха ц1еххьана тхуна гобаьккхина долчу лаьмнашна т1ера охьахецаелира мархаш, къевкъира стигал, сетта а сетташ, къегира ткъес. Дог1анан сераша юьйцира 1инан дехье, цул т1аьхьа тхо долчу а туьйхира дог1а, г1овг1ане детталора г1ундалг1ийн а, диттийн а г1ашна т1е. Лаьмнашца, хьаннашца, аренашца цхьаьна латта хахкаделла цхьанхьа д1адоьдуш санна г1овг1а елира. Чохь са мел долу х1ума д1атийра.
Сан безам боцу къиг, хьалха шех со ч1ог1а кхийрина, х1инца кхераме ца хетара суна: попан гаьн т1ехь цхьа пекъар хилла, т1емаш охьа а дахийтина, б1аьргаш а хьабийна 1ара иза…
Къекъа стигла д1атийра. Бертахь эшарш д1айолийра олхазарша. Г1ашна а, ярашна а т1ера охьаоьхура ирсе б1аьрхиш.
Дог1а д1атийначул т1аьхьа йолалуш самукъадолура ненан. Дукха ьолахь иза шерачу бай т1е охьаюссура. Со а юьгура цо шеца. Х1инца а, даима санна, тхойша, хьуьн чуьра ара а яьлла, бай болчу шерачу аренан йистехула юххерачу лома т1е д1айолаелира. Цхьнхьа самукъане екара шедаг. Ломан к1ожахь гучудевлира уьстаг1ий. Аренгахула д1аса а даьржина, дог1ано лийчийначу бацалахь дежаш дара уьш. Малх ах къайлабаьллера гуна т1ехьа, цуьнан беса з1аьнарш 1одика еш яра лаьмнашца а, диттийн к1уьнц1алгашца1 а. Гуна буьххьехь, тхуна лакхахь, верта а т1ехь шедаг а лоькхуш хиъна 1аш вара жа1у. Дера, кан даьлла доккха ж1аьла цуьнан когашка а хиъна, лерина жа лардеш 1аш дара. Юкъ-кара хьасталой, шен дега хьожура иза.

– Кхерамечу меттигашка нисделла вайша, – элира нанас. – Жа1ух ма кхера, цуьнгахь топ яц. Амма ж1аьлина вайшиннах шеко хаалахь, иза, чу а кхоссалуш, т1аьхьа дер ду. Хьожуш хилалахь, цхьаъ тосалахь, бага а г1аттаяй ма 1елахь! Нагахь ж1аьла т1екхоссалахь, ас иза юьстах доккхур ду, ткъа хьо кондаршна юккъе д1алачкъалахь.
Ц1еххьана уьстаг1аша лерса ирдира, т1аккха дерриге жа тхуна т1едог1аделира. Коьллашна юккъе д1а а лечкъина, кан даьллачу ж1аьлина т1ера б1аьрг д1а ца боккхура ас. Цхьана х1умано цецдаьккхинийла хааделла ж1аьла, оццу сохьта летира, лергаш ира а х1иттийна, юха со лечкъина 1ачу коьллашна т1ехьаьдира.
Жа1у ч1ог1а кхайкхира цуьнга. Со-м кхераелла егош яра. Сан ненах б1аьрг кхийтира ж1аьлин, – цунна т1екхоссаделира иза. 1индаг1 санна охьашершина нана, оццу минотехь гучуьра елира. Со йилхира. Сан дог схьаэккха доллура: «Нана, ас х1ун дийр ду, ж1аьло хьо схьалацахь?» Дехха сан лерехь дийкира ненан бергийн тата а, басах 1ин чу охьакерчачу т1улгийн г1овг1а а.
Хьо сингаттам! Сингаттам! Ас х1ун дийр ду, нагахь санна ж1аьла цунах таса а делла, шен ирачу цергашца нана йожуш делахь?

Маьрк1ажан бода букълуш бара.
Жа1уно, шок а етташ, жа т1е а гулдина, г1отане д1адигира. Цо боккху х1ора ког тергалбеш яра со. Дог цхьа тамашийна детталора. Жа1у къиза вара шен уьстаг1ашца – г1аж, т1улгаш деттара. Со санна жимачу цхьана 1ахарна цхьа вуон кхийтира т1улг; миска, охьа а кхетта, настарш д1асахьоькхуш бара.
Барза т1е а ваьлла, шен ж1аьле кхайкхира жа1у. Кхин а цхьажимма хан елира, т1аккха суна иза гира: х1инца шен дена юххехь дара ж1аьла. Цуьнан г1аьттичу багара охьакхозура, ц1еша буьзча санна, ц1ен мотт. Со кхераелира. «Х1ун дийр ду, нагахь санна иза сан ненан ц1ий делахь?»
1аржъелира. Б1аьрга 1оьттина п1елг а гур бацара. Тийна дара гонаха, цхьа а 1еб-себ а доцуш. Ткъа мичхьа ю сан нана? Со карор юй-техьа цунна, ша дийна йисинехь а?
Амма дукха хан ялале суна схьахезира девзаш долу аз. Дуьхьал жоп делира ас. Иза сан нана яра. Пекъар я1! Хьацаран к1уьрлахь, хала синош дохуш, едда суна т1ееара иза.
– Хьо кхузахь ву, к1ант? Кхера ма кхера, хьан нана дийна ю. Цунна кхераме яц я борз а, я ж1аьла а. Хьо зен-зулам хилаза мукъана вуй? – хоьттура цо.
– Дийна ю! Дийна ю! – жоп делира ас. Нанас хьастаме мотт хьаькхира суна.
Ох1-х1ай, хьаьнга латкъам бе-те, хьенан бу-те со кхин а, цкъа мукъана а, ненана б1аьра хьажийта ницкъ, цуьнан хьестарех 1абийта?
Аса муха лан беза х1ара бала? Оцу мостаг1чо – ц1убдаро со а йийна елара! Со х1унда йисина дийна? Сан хаза нана, селхана со хьоьга хьогаме хьийжира – дийна, хазаллах а, ницкъах а йоьттина, сан г1ортор а, дегайовхо а яра хьо, дагахь а дацара кхана даиманна вай вовшех къастар ду, бохург.

5

Буьйсанна сахиллалц аренашкахула кхирстира со а, нана а. Кхера а ца кхоьруш мекхан арен т1е девлла, доггаха мукх биира. Сатасаран билгалонаш гучу ма-евллинехь, хьун йолччу аг1ор йирзира тхойша. Не1алт хуьлда оцу дийнан садаржарна! Арахь буц лекха а, луьста а яра. Аренна юккъехь кхуьуш кхо бал дара. Царна т1ехула жатташ а йина хьийзаш яра шоршалш а, кхидолу олхазарш а. Цхьадерш схьадог1ура, вуьйш, шайн к1орнешна кхача а оьций, д1адоьлхура.
Со ларъеш нанас элира:
– Х1окху хенахь кхераме ду лела, мостаг1 дог1а д1атийчахьана вайша лоьхуш ву.
Уьш, со ларъян аьлла, цуьнан т1аьххьара дешнаш дара.
Ц1еххьана ненан сагатделира, даго 1ожалла хьоьхуш санна. Г1ах церг а тосий, иза а ца 1овшуш, х1уттий лаьттара, кхин метах ца хьовш. Тхуна могг1ара т1екхевдина дара гезаршна дукхадеза таьллаш, ткъа жима дехьо вовшашна т1етт1а а таь1на лаьттара г1ад шера кхоъ я диъ дакх.
Ц1еххьана тоьпан тата делира, ткъес тоьхча санна. Лаьмнашкахь а, чхернашна юккъехь а татанна дуьхьала жоп луш дийкира шайт1анан аз, егийра буц а, г1аш а. Т1уьначу баца т1ехула баьржира к1ур.
Цкъа «ох1» аьлла охьакхийтира нана. Елла яла со дела1, хьо хуьлуш дерг!
Со лаьттах д1атебира. Суна гира ненан дег1 басах чукерчаш, баца т1ехь ц1ийн лараш а юьтуш. Декхнашна т1ехьара сехьаиккхира 1аьржа чоа а т1ехь жима стаг.

– Х1ара ду хьуна дош! – олуш, нана т1аьххье басах чутилира иза. Мисканиг хьалаг1атт тохалора, амма настарш шалха а йоьдий, юха а охьаюжура.
Со 1адийнначохь йисира, таллархочо баттара шаьлта а яьккхина, ненан логан шодах иза тосуш. Ц1ий схьатуьйхира, дитташ ц1ий а деш. Иза шадерриг сайн б1аьргашца суна гуш дара. Аса, пекъаро, х1ун дийр дара?..
Со йилхина д1аяхара, б1аьргаш чу бода х1оьттира. Кхин суна х1умма ца хезира, х1умма ца гира…
Х1етахь дуьйна, дийна а йоцуш, я елла д1а а ца йолуш, лелаш ю со. Йоьлху со, йоьлху. Б1аьрхиша бен тем ца бо суна. Хьуьнахула йолалой лела, дитташка, лаьмнашка, чхернашка балхабо сайн къаьхьа бала. Хишка, баце леткъабо сайн декъаза кхоллам. Амма нана яц сан. Иза суна кхин цкъа а гуш яц. Байлахь йисина со. Хьанна хаьа, со хьенан тоьпан д1аьндарго лоцур ю, хьан ц1ийдийр ду сан ц1ийца шен куьйгаш?

Гочдинарг Султан МАРГОШВИЛИ

1 К1уьнц1алгаш – диттийн баххьаш.

Вайнах, №1, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх