Усманов Iарби. Къу-берзан буьйса.

Усманов А222Дийцар

Мацаллой, берийн делхарой дог 1ийжош, ойланаша, цкъа гена Кавказе д1ахьош, юха арахь ц1ийзачу дарцо таханлерачу бакъдолчуьнга юхавалош, вехха 1иллира Абубакар, цкъа б1аьргаш д1ахьабдеш, юха схьабоьллуш. Г1енах-самах, бохучунна юккъера хьал дара кхуьнан дег1ехь а, синкхетамехь а дерг, наб йог1уш а, атта кхетар йолуш а воццушехьа.

Шозлаг1а де ду, арадохучу, оцу декъазчу дийнахь, катоьхна схьаэцна хилла ахьаран гали кхачийна. Селхана, гали хи чу охьа а дегийна, и хи кхехкийна, чорпин бахьана а дина, и мийлош, 1ехийна, хала дийшийна бераш. Х1инца цу галех а, мел дегадарх схьадала х1ума дац. Тахана сарралц, юьртаюккъе вахана, казахийн ков-керта юххехула леларх д1акхоьссина картолан чкъор а ца карий. Ткъа carla ца деха вала а кийча ву Абубакар. Bopxle а дас ца лелийнарг т1еэца ца туьгу даго а, кхетамо а – байттамал!..

– Мама, со мацвелла-а-а, – велхар карзах доккху кхо шо долчу Мохьмада.
– Суна худар деза, – г1ийла аз хазадо цуьнца шалавинчу Ахьмада.
Царна т1аьхьа, ненах хаьддачу жимчу к1езано санна, цхьа тамашийна г1ийла узам болабо пхи шо кхаьчначу Марема.
– Д1адийша, д1адийша, ас худар схьадаьлча, самадохур ду шу, – къурдаш деш, уьш Iexo г1ерта кхеран нана Товсари, хи кхехкаш болчу яй чу 1айг а хьийзош.
Важа шиъ-м вистхуьлуш вац: итт шо кхаьчна Инал, кхойтталг1ачу шаре вирзина Ислам. Царна шера хаьа, яй чохь х1умма а йоций. Уьш бийшина а бац, боьлхуш а бац. Уьш къонахий ма бу!

«Шов-в-в!», – шок етта арахь дарцо.
«У-у-у», – узам карзахбоккху Марема.
Х1ан-х1а, кхин ницкъ бац х1окху декъазчу узамашка ладег1а – ша волччахь, сонехь, д1атаь1на 1ачу, ча т1ехь охьахоу Абубакар. Дег1ана хуьлу ницкъ-м х1ун дара хьуна, дег1е-м, ша бохург дайта 1емина вара xlaра. Халаниг синкхетамна хуьлуш болу ницкъ бу. Цо к1елвуьтуш лаьтта. Са кхачош лаьтта. Кхин ницкъ бац г1еллуш лаьттачу берийн б1аьра хьежа.

Г1ийлачу чиркхан серлонехь, кхуьнан сиро маж яьлла, т1улгах хьаькхна яьккхича санна, йолчу юьхьа т1ехь го цхьа ч1ог1а сацам. Бакъду, дика тидамбича-м хаалур дара, xlapa шина дагахь вуй, къуьйсуш, кхунна омра деш, ши аз долуш санна, царах цхьаъ резадоцуш декарг кхуьнан ден Исраилан аз а долуш. Оцу шозлг1ачу озаца цхьаьна кхунна хьалха xlyrrypa цуьна сурт: х1инцца, шена хьалхахь, д1акховдийча куьг а кхочур долуш, иза лаьтташ волуш санна, халонаша охьа ца та1ийна, харцо-бакъо къасточахь бакъонна т1ех1иттина волу, нахана юкъахь дош а лелаш, хьанал чекхваьлла волу къонах Исраил…
Субхьаналлах1! Ма тамашийна х1ума ду хьо, кхетта наб а йоцуш, г1ан-набарш ма ю xlapa дуьхьалтуьйссурш?! – цецволу Абубакар.

«Шов-в-в…» – шок етта арахь дарцо.
«У-у-у…» – узам ца сацабо Марема…
«Оллох1умма Солли 1ала, Мухьаммадин ва 1ала, али Мухьаммадин ва Саллим», – хьалаг1отту Абубакар, шена т1етесна хиллачу йоцачу кетара т1ера чамхалгаш д1а а егош, – Дела, хьо гуш ву-кх xlapa хьал, – олий, т1е х1уманаш а юхий, не1арехьа волало. Не1арехь, соций: «Со 1абдуллаг1аьргахь х1ун хьал ду хьажа воьду. – Могуш воцуш вара иза. Со хьелахь, са ма гатделаш», – цецъяьлла схьахьоьжучу Товсарига а олий, чехка, ша йиллина, лай чимашца шело чухьаьдда, не1 а къовлий, боданах, дорцах д1аоь.

Юьрта йистехь тракторий-машений станции контора хиллачу ц1а чохь д1анисбина бара кхуьнан доьзал. Кхузара д1а кхоъ-йиъ чаккхарма хирйолуш яра, екхна йолуш д1ахьаьжча ган а гуш, кхуьнан шича 1абдулла шен доьзалца 1аш волу бежанийн ферма хилла еха г1ишло. Ткъех доьзал кхин а бара цу чу д1атарбина. Текели станцера xlopni салазашца х1окху Абай ц1арахчу колхозе схьа а балийна, цхьаццанхьа д1анисбан болийча, ч1ог1а г1оьртира Абубакар шаьш цхьаьна дитар дезаш, шен ден ваша Ибрах1им, 1абдуллин да, г1ийла а волу дела. Г1уллакх ца хилира – xlopni вовшах къастийра. Делан къинхетам бара кхечу юьрта мукъна а ца бигна. Схьакхаьчна к1ира далале Ибрах1им д1акхелхира, шу марша.
…Чекхдала гергадаханчу 1аьнан т1аьххьара моханаш хир яра xlapa хьоькху дарц, амма Абубакаран, иштта а г1елделла, ницкъах хедаш лаьтта дег1, атта ловза-м дора. Нийсса дуьхьал хьоькхучу мохо юха тоьттура, xlopa боккху ког, кхуьнга хала боккхуьйтуш. Амма xlapa д1аг1ертара.

Охьатаь11ина. Мохана а, шелонна а, х1окху декъазчу хьолана а дуьхьалбаьккхинчу, х1инц- цалц кхунна ца бевзинчу, цхьана ницкъо д1атоытуш санна. Ша а цецвуьйлура, араволуш шен дег1ах башха б1обулуш а хилла воцу Абубакар, xlapa ницкъ шена мичара баьлла-те бохуш. Юьртана гена мел волу, кесткеста соций, д1асахьожура, нийса вог1ий-те ша олий. Х1оккхул гена а йоцчахь, тила а велла, г1орийна карийна меттигаш еанера кхузахь. Xlapa санна йолчу буьйсанна-м муххане а кхераме дара, кхин д1огара, xlapa бу, аьлла, къаьсташ некъ а ма бацара xlapa д1аг1ерташ берг, лайно кхин т1е а къайлабаьккхина. Иштта, шеко кхоллаелла сецира Абубакар, хьалха нисделлачу цхьана жимочу карагач-диттах букъ а тоьхна. Д1асахьежарх гуш х1ума дацара, юхахьаьжча юьртара цхьа а серло а. Бакъду, араволуш тидам бинера кхо 1абдуллаг1ар lain болчу фермина т1екхача нийсса моха дуьхьал д1аваха веза, аьлла. И 1алашо лаьцна схьаоьхуш а вара, мох хийца ца беллехь, т1екхочур ву-кх ша, бохучу ойланца. Амма мох кхечу arlop баьллехь, доьхнарг а ду-кх, фермина т1ех а ваьлла, эрна ара д1аводахь…

Ма-дарра аьлча, мох х1инца дикка лаг1беллера, даккхийчу чимашца, кхевссина дог1уш ло дара.
«Къу-берзан буьйса, олуш ерг, ю-кх xlapa», – аьлла дагатесира Абубакарна. И кхунна дагадогг1ушехьа, аьрру аг1орхьа, кхунна дагадеанарг т1еч1аг1деш санна, цхьа тамашийна, сингаттаме, кхуьнан дог шелдеш, дег1е зуз доуьйтуш, гена йоццуш, борз уьг1ира. «Субхьаналлах1, ладоьг1на-а, даг т1е тесна кхерам д1абаккха а г1ерташ, ца дог1учу дагца, ша-шена велакъежира Абубакар, – мацалло со санна ижуна араяьккхина ю-кх хьо а, сох ижу ма яхьара», – аьлла. Цхьана arlop борз yrly хезна хаза а хийтира кхунна, гуттара а ферма лаьттачу метте борз г1оьрташ хуьлу дела. Ткьа иза – xlapa д1акхача герга хиларан, тилавелла цавахаран билгало яра. Вукху arlop берзалошкара забаре боцу кхерам буй а хаьара. Ч1ог1a эвхьаза евлла кху шарахь берзалой, бохуш, дуьйцу. Дохнна а, адамашна а ч1ог1а зенаш дина, боху. Ткьа, меца борз цхьана а х1умано сацор йоций, хууш ма дуй. Адаман санна эхь-бехкаца къийса а, г1иллакх-г1уллакхца ша дешдерг дуста а цуьнан ца деза… Шена Дала белла ницкъ схьагулбина, болар сихдира Абубакара.

…Декъазчу нахана х1усам хилла деха божал ц1еххьана гучуделира кхевссина дог1учу лайн к1уьрлахь. Шардазчу аннех йина йоккха не1 а йиллина чоьхьавелира Абубакар. Дехачу божална юккъехула д1асаваха готта меттиг бен йоцуш, оганаш а х1иттийна, шина a arlop к1аранаш динера, xlopa доьзал къастийна чуберзоран сурт х1оттош. Арара чуволу шина arlop не1арш йоцург, к1аранийн не1арш яцара, дуьхьалтийсина цхьацца х1уманаш бен. Цхьана чуьраузар, вукху чуьра узам, цхьанхьара берийн делхар – шадерриг вовшахъийна схьахезаш дара. Иштта вовшахъийна кхеллийн модийн, к1уьран хьожа кхийтира Абубакарна, чоьхьа воллушехьа.
– Во 1абдулла, чувуьтий аш? – аьлла, шена т1ера ло охьа а дегийна, чоьхьа ма велла долчу к1аранна дуьхьалтесна истанг д1а а хилийна, чукъедира xlapa, цхьа а аз хезаш цахиларна шек а волуш.

– Дера вуьту-кх, марша вог1ийла, Абубакар! – аьлла дуьхьалвелира сонехь ча т1е тесинчу вертан т1ера хьалаг1аьттина 1абдулла.
– Абака, хьо вац xlapa? Хьо лаа вуй-те х1окху йоьхначу буьйсанна? – аьлла, ша 1ачу паднар т1ера хьалаг1аьттира 1абдуллин нана Хеда.
– Марша вог1ийла, к1ант! – аьлла, дуьхьалъелира 1абдуллин х1усамнана Падам.
– JIaa ву со-м, Хеда, буьйса дика хуьлда шун! – массарна маракхийтира Абубакар.
– Са а гатделла, шу х1ун деш ду-те, аьлла, схьанехьа ваьллера. Хьо муха ю, Хеда, бераш а дуй могуш? – д1айовш йоллучу пеша хьалхахь вовшах а хьаьрччина дийшинчу берех б1аьрг а тоьхна, паднар т1е охьахиира xlapa.

– Дика ю со-м, Алхьамдулиллах1, бераш а, цкьачунна, ирахь ду, кханалера де Делехь ду, – кхунна юххе хилира Хеда. – Шуьгахь х1ун ду?
– Д1а 1аш ду тхо а, – доцца хадийра Абубакара, цигара сурт дагадеача, юха а дог 1ийжа а долалуш, леткъамаш барх т1екхета х1ума дац-кх, аьлла. Хийла к1ант, шегара хьал ца хоуьйтуш, carla деха куьг кховдо даго ца вуьтуш, бакьдуьнена д1аваха кхузахь. Хаьара Абубакарна шен шича 1абдулла, таро хилча, шена х1ума кхоор доцуш велахь а, кхуьнан дан накъосталла доций a, xlopш муха лол бетташ бохку а.

– Х1ун дийр ду т1аккха – т1аьхьависсинарг ца 1ийча ца волу-кх вайх, Хеда, xlapa дуьне ца дезаш ма ца вахара Ваша а д1а, – кхин хеттарш ца дайта санна, дерзийра Абубакара.
– Дера ца волу, дера ца волу, иштта ду-кх xlapa дуьне. Хийла дика к1ант, оьзда йо1, дика къонах д1адели вай ц1ера даьхчахьанна, вайх а х1ун хир ду а ма ца хаьа, – олуш, доккха са а даьккхина, хьалаг1аьттина, пеша т1ехьа лаьтташ болу, к1уьро 1аржбина наштара яй схьа а эцна, цу чуьра жимочу кхийра кеда чу цхьа чорпа йоьттира Хедас.
– Схьавоьл, Абака, вайн ерг кхаллал. Цхьа кад кхоьш еанера д1о дехьа чуьрчу тхан йишас, уьш кхехкийнера оха.

– Са ма гатде ахь, Хеда, со йиъна ву, – меллаша, собаре элира Абубакара, схьакхеттачу юучуьнан хьожано шен корта хьовзор ца хаадалийта г1ерташ, д1а а воьрзуш.
– Делан дуьхьа кхаллалахь, Абака, тхо массо а йиъна ду хьуна, – стоьлан меттана х1оттийначу яынки т1е кхийра каддий, чадий охьабиллира Хедас, – сискал, бепиг – х1ума-м яц вайгахь олуш, бехкалаяхана.
– Т1ехилал, схьаэцал, – карзахдевлла хьаьвзира 1абдуллий, Падаммий.
– Х1умма а ца оьшу, са ма гатдехьа, Хеда, – олуш, Абубакара, т1е а хилла, чада схьаийцира.
– Бисмиллах1и Рахьмани Рахьийм, – аьлла, меллаша чукховдош кхо-биъ чада, наг-наггахь кхоьн буьртиг чохь болу, чорпа мелира. Ша дуьнен т1е ваьлчахьана ца мелла мерза чорпа.
– Алхьамдулиллах1и Раббил 1аламийна. Хастам бу хьуна, Веза Дела, xlapa рицкъа а, беркат а тхуна даларна. Дала къобал carla йойла, Хеда, – олуш, кад д1атеттира.

Амма Даллий, кхунна шений хаьара-кх и дан мел хала дара!..
Маржа, нохчий я1! Шайн ворх1е а дайшкара схьадеана г1иллакх-оьздангалла ца дитало-кх шуьга, халонехь хилча а, мацалло б1арздича а!
Хеда башха цец а ца елира, лаахь а, ца лаахь а яахьара, бохуш, дукха моттарг1анаш а ца лелийра, амма, лерина кхуьнан б1аьра а хьаьжна, хьалаг1оьртинчу елхарна шозза-кхузза къурд бира.
Араволуш, чуволуш, дукха къамелаш дира Абубакарий, 1абдуллас. Дуьйцург шена ца хозуьйтуш дийцарна шекьяьллачу Хедас т1аьххьара хаьттира: «Шуьшиъ лаа вуй, ши к1ант, керла сингаттаме х1ума-м дац?»

– Х1умма а дац, нана, юьртахь волу вайн гергара стаг Ваха ву боху воьжна, цо х1ун до а хьожуш, хьалавоьду тхойшиъ, дарц а д1атийна, – олуш, т1е х1ума юьйхина ваьлла 1абдулла хьалаг1аьттира.
– Дала маршалла дойла цунна, г1оли хир ю, Дала мукъалахь, – шеко д1а ца яьллехь а, элира Хедас, – маршалла а ло массаьрга а.
– Са ма гатделахь, Хеда, тхойшиъ цигахь хьелахь, 1абдулла вайгахь саца а мега хьуна, – хьалаг1аьттира Абубакар а, – 1одика йойла, буьйса декъал йойла, – аьлла, не1аре оьллина истанг д1а а тоттуш, хьалхийт1аьхьий аравелира ши шича.

Дарц лаг1деллехь а, саццаза дог1учу лайлахула, хала когаш бохуш, юьрта чувуьйлира xlapa шиъ. Хала карийра Абубакара дийнахь билгалдаьхна, кхузарчу барамехь г1еххьа даккхий, к1айн кир тоьхна ц1енош. Т1ехьашха бешахула т1е а вахана, ладуг1уш сецира. Юрт д1атийнера, ур-атталла, леташ цхьа ж1аьла а доцуш. Юьртал арахьара схьа наггахь yrlyin борз хезара…
…Буьйса сахуьленга лестина зама яра Абубакаррий, 1абдуллий, боккха ч1амара етт а балош, фермина гена доццуш долчу 1инан йисте бигина иза бен а бийна, чуьйраш 1инах чу а кхиссина, меженаш вовшахъяьхна ваьлча. Х1инца сихоян езара сахилале жижиг д1асадаккха. Цхьацца меже йохьуш, сихонца ферме чудеара кху шимма жижиг. Т1аккха, шайна rlo дан ши-кхоъ накъост а г1аттийна, оцу чохь болчарах мацалла г1елбелла доьзалш билгал а баьхна, царна массарна а дакъа дира.

– Х1ан, 1абдулла, кхид1а дерг шаьш дерзор аш – со сахилале д1а ца кхаьчча ца волу, – аьлла, Абубакар, гали чу шега дахьалуччул жижиг а диллина, и ги а тоьхна, юьртехьа волавелира.
Г1елделлачу дег1о бохург ца дора. К1оргачу лайлара хьалабоккху xlopa ког а хала боккхура, гирачу галино букар сеттавора. Амма саца йиш яцара, охьахаа мухха-ле а – хаьара Абубакарна, цкъа гора водахь, я охьахаахь, юха г1атталур воций.
«Саца йиш яц! – цергашца балда а лоций, ша-шена омра дора х1окхо. Саца йиш яц!» – юха а, юха а когбоккхуш, охьатаьНина д1аг1ертачу кхунна ц1еххьана, нийсса хьалхахь, дукха юххехь борз уьг1ира, кхуьнан дег1а т1ехь мел болу чо ира a х1оттон. Xlapa сецира, х1умма а гой-те аьлла, лерина хьалха а хьоьжуш. Гуш х1ума дацара, амма даг т1е тесначу кхерамо д1а ца хоьцура. Дикка лаьттира xlapa ладоьг1уш, кийрахь детталу дог а хезаш.

Т1аьххьа а: «Дала диннарг хир ду-кх – лаьттинах вер ваций кхузахь», – аьлла, д1аволавелира. Цхьа б1е метр генавалале, юха, тап-аьлла, сецира. Сахуьленга г1оьртина баьржинчу боданехь, нийсса кхунна дуьхьал а йог1аелла, кхуьнга хьоьжуш дукха хенахь дуьйна lain йолуш санна, ши борз лаьттара. Хьалхачул ч1ог1а деттадала доладелира дог. Иштта а г1елбелла кхуьнан ши ког лехнера, кхин д1аваха а лур вуй-те, аьлла. Меттах ца волуш лаьттара Абубакар, юкъа хан йоьлла, серлаяьлча, берзалой къаьхкар яцара-те бохучу ойланца. Берзалой а лаьттара шаын йолччахь, xlapa т1еваре хьоьжуш санна, я кхуьнан вала меттиг йоций хууш. Х1инца, т1едог1у ло а сецна, синбода бекъабелча, дика гуш яра кхоьссина г1аж кхоччехь лаьтташ йолу, йорайоьлла йоккха нана-борззий, цунна юххехь, цо дийриг деш йолу, жимо кхин цхьаъ. Лерина цаьрга хьоьжучу Абубакарна цхьана м1аьргонна йоккхаха йолу борз, гажа а гежна, бетах мотт хьоькхуш йолуш санна хетаделира. Оцу сохьта сурт х1оьттира мацъеллачу берзалоша т1екхетча шех ден долчуьнан а, ц1ахь мацалла доьлхуш долчу шен берийн а. Х1инца а лерехь лаьттара Марема беш болу г1ийла узам.

Ц1еххьана, цхьа тамашийна шовкъ еара кхунна, коьртера когашка кхаччалц кхуьнан дег1 йовхонах, цкъа а ца бевзинчу ницкъах дузуш.
– 1аь-а-а-а! – аьлла, Дала шена беллачу ницкъаца мохь а хьаькхна, нисса шина барзана т1ехьаьдира xlapa, оццул аз шен кийрара даларх, ша цец а волуш. Хьоькхучу маьхьарца, борз санна гажа а гежна, берзалошна т1евоьдуш волу xlapa гинчо, билггал, хьераваьлла стаг ву эр дара.
Амма, хьераваьлла аьлла делахь а, я кхуо хьоькхучу маьхьарх озаелла делахь а, ши борз, цкъа кхунна нийс¬са дуьхьал йолчуьра юьстах иккхира, т1аккха, дегазо д1а а йолаелла, юха, ц1ога таНийна, чаболе а яьлла, къайлаелира. Доккха са а даьккхина, цхьана куьйга хьаж т1е тоьхна хьацар д1а а хьаькхна, бол ар сихдира Абубакара…

…Серлаяьллера xlapa шаыи 1аш долчу лаппаг1ин уьйт1а кхаьчча. Сени чохь жижиг охьа а диллина, чоьхьаваьлла: «Ц1е а латаяй яй х1оттабе, бераш самадовлале», – хеттарш ца деш 1ачу Товсарига а аьлла, сени чуьра даьккхина яй буьззина жижиг тесира кхехко. Юха, араваьлла, уьйт1ара деттачу лайн борзах йоккха хара а яьккхина, дисина жижиг цу чу а та1ийна, т1е ло хьаькхира, керла диллина ло т1ехула а тосуш. Иаккха чувеача бен ца хааделира кхунна, шен дегера ницкъ, кхоччуш, д1абаьллий. «Соьга ца хьоьжуш, бераш дузаделахь, жижиг схьа ма даьллинехьа», – Товсарига а аьлла, шена т1ерачу кетарх а хьаьрчина, сонехь тесначу ча т1е д1атаь1ира Абубакар. Ши-кхо минот яьлла хир яцара кхуьнан г1елделла дег1 набаро йийсаре лоцуш…

– Х1ой, шешен! – вон бетташ мохь хезира арахь, Товсари, бераш дуза а дина, Абубакар самаваккха дагахь 1ачу хенахь. Кхераелла, бос а байна Абубакарна т1ехьаьдира Товсари: «Самавалахьа, х1ай стаг», – бохуш, иза д1аса а ветташ. Хала б1аьргаш д1абиллина Абубакар дикка 1ийра, шега х1ун боху ца кхеташ.

– Х1ой, шешен! – юха а схьахезира мохь, х1инца сени чохь. Оцу маьхьарца, лоха не1 а йиллина, охьа а таь1аш, не1саг1ех сехьавелира доккха дег1 долу казах. Цунна т1аьххье, арара дуьйна луьйчара ца соцуш, шайн маттахь цхьаъ дуьйцуш, ц1ог1а детташ, чуеана, массо метте б1аьрг бетташ, д1асахьаьвзира, кегий, ира б1аьргаш болу, лохачу дег1ахь, хьаьрччина, торгам санна йолу зуда, схьахетарехь веанчуьнан х1усамнана. Боьрша стаг, чухула меллаша д1аса а хьоьжуш, ц1енкьа юккьехь лаьттара, вист ца хуьлуш. Рогг1ана б1аьрг кхийтира цуьнан Абубакарх, Товсарих, кхераделла делха дуьйладеллачу эг1азчу берех. Зуда, луьйчуьра ца соцуш, т1ехьаьдда, товхи т1ехь лаьттачу яй т1ера нег1ар схьа а эцна, цунна чухьаьжира, т1аккха кхин а карзахъяьлла хьаьвзира, Абубакарна мерк1ел, и1елг лестош, шен ц1ийндена т1ехьодий, цхьаъ дуьйцуш.

Стаг вист ца хуьлура. Луьйш йолу зуда а, чохь мел верг а ца гуш санна, цхьана ойланаша гена д1аваьхьна, вехха лаьттира иза. Гуттар карзахъяьлла зуда шен мерк1ел хьаьвзича: «Кхой, кхатын!»1 – доцца цхьа-ши дош а аьлла, не1арехьа волавелира. Цецъяьлла, шена т1аьхьа хьоьжуш, ц1енкъа юккъехь лаьттачу шен зудчуьнга, юха а вир- зина: «Жур!»2 – аьлла, не1арехьа куьг ластийра. Ч1ог1а резайоцуш, ца яьлла, т1аьхьа х1оьттира важа, амма арахь а, уьш генабовллалц хезаш дара цуьнан лер. «Шеко яц, аьтта да ву xlapa веанарг», – ойла йора Абубакара, – амма д1авахар ма тамашийна дара. Х1инца х1ун дан воллу-те, стенга ваха-те?» Схьахетарехь, милици яло вахана. Т1аьхьадисина жижиг карадахь, ма т1епаза войур ву-кх цара. Вайар-м х1ун дара, бераш мацалла лийр ду-кх, чот йоьхна хьаьвзира xlapa. Амма, д1а ойла ярх а, схьа ойла ярх а, ва, Дела, аьлла, дан карадог1уш х1ума дацара. Х1инца лай к1ела доьллина жижиг меггах доккхийла а дацара, дахьа меттиг а яцара. Ша хирг хир ду-кх аьлла, болх Деле а белла, ладег1а охьахиира Абубакар, цхьа тамашийна каехкаелла. Дикка хан елира. Де делкъе а делира, суьйре а т1еера. Цхьа а гучу ца велира. Шозлаг1чу дийнахь а, к1иранах, шина к1иранах а.

***

Хаза яьлла йог1ура х1окху шеран б1аьсте. Х1окху б1аьста ц1а дуьгий, т1ейог1учу аьхка дуьгур дуй, бохуш, наха вовшахкхет-кхеттачахь дуьйцу хабарш а, мелла а лаг1деллера. Къахьега 1емина болу нохчий, цхьаццанхьа балха а бахана, чохь 1ан х1усамаш а йина, валаза висинарг д1атарвеллера. Х1ан-х1а, дог-м хьаха ца диллинера нохчаша хьомсарчу Кавказах. Б1е шарахь кхузахь 1ийча а дуьллур а ма дацара. Xlapa нехан, хийра мохк бу. Кхин дахар, кхин 1алам, кхин нах, кхин г1иллакхаш. Ша-дерриг кхечу тайпана ду кхузахь, ур- атталла, юучуьнан чам а.

«Массо х1уманах а вулуш хилла-кх, Алхьамдуллилах1. Адамо ловрдоцуш х1ума ца хилла-кх, баланаш лан 1еминчу нохчийн къомо, муххане а. Мацалла а, шело а, цамгарш а лайнехь а, дийна вуьсу-кх хан ца кхаьчнарг. Хан кхаьчнарг д1авоьду, хийла д1абаханарш санна.» Иштта ойланаш а еш вогГура Абубакар, схьакхетачу маьлхан з1аьнаршка б1аьрг а бетташ, шен шича 1абдулла волчу ваха ваьлла. Тахана, к1ирандийнахь, вовшахкхета бина барт бара кху шиннан.

Юх-юха дагаоьхура кхуза далийна хьалхара б1аьсте. Цхьа к1ира даьлча, ло даша доладелча, ша лайла доьл¬лина жижиг схьа а даьккхина, буьйсанна чу а даьхьна, туьха тесира Абубакара, 1абдулла волчуьра кхин а т1е а деана. Таханий-таханий д1авуьгу, бохуш, сагатдинехь а, цунах хене белира кхуьнан доьзал, иштта 1абдуллинаш а. Амма х1окху пхеа шарахь цхьана дийнахь а, буса а дагара ца йолура кхунна и буьйса а, цул т1аьхьа ши-кхо к1ира даьлча деана цхьа де а.

Цхьана дийнахь, тахана санна хаза еанчу 1уьйранна, арахь цхьа стомма аьчкан с ара а карийна, иза т1улган экъанна т1е а биллина, т1е ж1ов етташ, цунах морзах бан г1ерташ воллура Абубакар. «Ассалям алейкум, – ц1еххьана хезира кхунна шен букь т1ехьа. Цхьа шатайпа, вайнехачех тера доцуш деллачу саламо цецваьккхина, хьала а г1аьттина, юхахьаьжча гира, говрахь кет1а вог1у тохара 1уьйранна шен зудчуьнца веана хилла къонах. Д1ахьожжушехь вевзира кхунна иза.

– Ва 1алайкум салам! – аьлла, салам схьаийцира Абубакара, говрара воьссина т1евог1учу хьешо кховдийна куьг а лоцуш. Бакьду, ларамаза санна, кхунна т1аьхьа вог1уш цхьа а вуй-те, аьлла, некъехьа б1аьрг-м туьйхира х1окхо. Кхин т1ехьахь цхьа а ца гича, мелла а парг1атвелира, делахь a, xlapa х1унда веана ца хууш, саготта вара.

– Мен баскхарма3, – элира веанчо, кхин а шайн маттахь цхьа х1ума а олуш, х1окхо бан болийначу морзах т1е п1елг а хьежош, xlapa ша дуьйцучух кхеташ санна. Xlapa ша дуьйцучух ца кхетий хиъна, ша а, мелла а хьовзавелла, сецира, т1аккха: «Русски знайш?» – аьлла оьрсийн матте велира. «Нимношк знайм», – жоп делира Абубакара. Схьахетарехь, оцу маттах долу хаарш цхьатерра дара кху шиннан, амма вовшех кхета иза тоьаш дара. «Кузнец?» – хаьттира беречо, х1окхо бечу морзах т1е юха а п1елг а хьажош.
– Нимношка кузнец, – велакъежира Абубакар.
– Я присидатил колхоз, айда, айда, кетем4», – оьрсийн, казахийн мотт иэбеш, серлаваьлла, къамеле велира хьаша, говр лаьттачу, кел арахьа Абубакар д1а а ийзош. Къамелаш хезна чуьра араелира Товсари. Веана хьаша цунна а гушшехьа, вевзира, Абубакар цо д1аийзош гича, босбаьхьна, йоьхна хьаьвзира.

– Ахь х1ун до, стаг? – т1аьхьаг1оьртира xlapa кел арахьахь, веанчу беречунна т1ехьа говра т1е хууш Абубакар гина.
– Цхьа г1уллакх ду боху х1окхо, сагатдан оьшуш дац, аьлла, кех велира Абубакар хьешаца. Юьртан вукха arlop юьстахо лаьттачу тишъелла лохочу г1ишло т1е кхечира цхьана говран ши бере, кхин вовшашка вист ца хуьлуш. Цу г1ишлона к1уьро 1арждина пенаш а, кораш а ма гиннехь кхийтира Абубакар xlapa пхьалг1а юй. Разъяьллачу не1арна тоьхна дог1а а даьккхина чоьхьавелира xlapa шиъ. Чоьхьа б1аьрг ма туьххинехьа туш дара кху чу стаг ваза дикка хан юй: кхоьс-кхоьссинчахь лаьтта х1уманаш, массо х1умана т1ехь – чан. Амма, бакьду, пхьалг1ина оьшуш болу т1ирс-нуьйжа, варзап, ж1ов, морзахаш – ша-дерриг а долуш дара, дикачу хьолехь йолу левей а т1ехь.

– Тибе как имя? – хаьттира председатела, xlapa шиъ чу б1аьргтоьхна ваьлча.
– Абубакар, – дуьххьара б1аьрахьаьжира xlapa цунна.
– Мине Кхудайберген, – аьлла куьг кховдийра вукхо, – Эта кузница работат будиш?
– Будиш, – кхин ойла ца еш, хаттарна жоп делира, хазахетта, Абубакара, схьакховдийна куьг а лоцуш. Дера, «будиш», ойла йора х1окхо, xlapa кхунна дукхадеза г1уллакх а хилча, белхан меттиг нислуш а хилча.

Xlapa шиъ ц1а вог1уш дийцира Кхудайбергена пхьалг1ехь болх беш хилла кхузара воккха стаг вала а велла, болх бан стаг воцуш, xlapa лаьтта пхи-ялх бутт бу, аьлла.
Т1аьхьо хиира Абубакарна «Кхудайберген» бохург, «Дала велларг», бохург дуй. Хила а хиллера иза кхунна Дала велла.
Шолг1ачу дийннахь балха д1авахара Абубакар, шеца rlo дан а, болх 1амо а воккхаха волу к1ант Ислам а вуьгуш. Балхара ц1а веача ц1ахь кхунна карийра пирсдатела даийтина деман гали а, туьха а, банки чохь цхьа даьтта а. Оцу дийнахь-буса йина ойла, бина сацам х1окху хене баьллера кхуьнан, кхочушбан аьтту ца болуш. Рицкъанца-м аьтто хиллера кхуьнан хьалха Дела а, шозлаг1а Кхудайберген а бахьанехь. Воккхавийна а ца волура Абубакар.

Пхьалг1ера болх колхозо лоруш а, нахана ч1ог1а оьшуш а хиллера, цо доьзална рицкъа а латтадора. Цхьа-ши шо даьлча к1оштахь шоферан дешар а дешна, Ислам а балха вахара, иштта Товсари а яра колхозан балхахь. Вуыпта, кхунна хеттачу arlop ца нислора-кх кхуо дагалаьцнарг. Амма тахана иза чекх ца даьккхича, и сингаттам даг т1ера д1а ца баьккхича-м ца болу.
Хьалхарчу дийнахь шаьшшимма дийцина ма-хиллара, шега хьоьжуш 1аш волу 1абдулла а эцна, кхузара, Абайн ц1арахчу колхозера, пхи-ялх чаккхарма гена йолчу Кировске даьхнин базара вахара xlapa шиъ.
…Малх чубуза лахбелла хан яра 1абдуллий, Абубакаррий, боккха ч1амара тайша етт а балош, Кхудайберген 1аш волчу керта вог1уш.

– Х1ей, Кхудайберген! – мохь туьйхира Абубакара, ша юьхь лаьцна балийна етт кертан хьокханах д1а а тесна. Дуьхьал вистхуьлуш стаг вацара. Юха а мохь туьйхира Абубакара. Цхьа хан яьлча, «за-а-къ» – аьлла не1 херйина, аракъедира председателан нана Райхьанат.
– Ц1ахь вуй Кхудайберген? – казахийн маттахь хаьттира Абубакара (и мотт х1окху пхеа шарахь шера 1еминера кхунна. Шайн мотт бийцича хаза а хетара казахашна).
– Ц1ахь вац, х1ун г1уллакх дара шун? Не1аран т1ам д1а а ца хоьцуш, мохь туьйхира йоккхачу стага.
– Xlapa шун етт ц1а балош веанера тхойшиъ, апа5, – керт йолчухьа уынар йира Абубакара.
Райхьаната, т1ам д1а а хецна, не1 д1айиллира, керт йолчухьа д1ахьаьжира.
– Ойбой, Кхудаййяй!6 – аьлла, ша 1аччахь голаш т1е охьаяхара. Т1ехьаьдда, 1абдуллас, пхьарс а лаьцна, иза хьалаг1аттийра.

Цхьажимма соцунг1а хилла, йог1у-уш, метта а еана, Райхьанат аттана т1еяхара, цкъа хьалха меллаша цунах куьг 1оьттира, ца тешаш санна, юхахьаьжира: «Ванах, xlapa г1ан ду-те? – элира, цкъа атте хьожуш, юха, рогг1ана, Абубакарей, 1абдуллигий хьожуш.
– Х1ан-х1а, г1ан дац, ana. Со a, xlapa етт а, 1абдулла а самах ду, – велавелира Абубакар.
– Ой, пхи шо хьалха байна етт шуна мичахь карабо, муха карабо? – юха ца йоьрзура Райхьанат.
– Оцу рег1ал дехьахь бежаш бар-кх, бевзина схьабалийнера оха, – забар ян г1оьртира 1абдулла.

Абубакара цуьнга б1аьца йира, т1аккха Райхьанате: «Х1ан, апа, х1инца сиха ву тхойшиъ. Кхудайберген ц1а веача юхавог1ур ву, – аьлла, кех араволавелира, – валолахь, и цуьнан х1усамнана араялале, иза буьрса стаг ю», – 1абдуллига а олуш.
– Бан а ма бу сан «ч1амар»! Марша ба хьо! Мичахьахула лелаш бара хьо? Ма1аш-м яхъелла хьан! – бохуш, аьттан корта мара а боьллина, цунна барташ дохуш, хьоьстура йоккхачу стага.
Ах сахьт хир дацара 1абдуллий, Абубакаррий, xlapa волчу чу а веана, ламазаш а дина, парг1атваьлла.

– Х1ой, Абаке! – аьлла, арахь мохь тухуш хезира. Шеко яцара – иза Кхудайберген вара – цо иштта йоккхура Абубакаран ц1е. Х1усамдай, 1абдуллий ший а аравелира.
– Ассалям аллейке-е-м! – шеха салам а делла, говрара воьссина, кех чоьхьавелира Кхудайберген.
– Ва 1алайкум салам! – салам схьаоьцуш дуьхьалваьлла, куьг а лаьцна чоьхьа озийра иза Абубакарачу г1о вай, Кхудайберген! Цо дуьхьало ца йира. Х1орш чоьхьа бевлла охьаховшшушехьа долийра Кхудайбергена: «Деллахьа, Абаке, дийца, баа-м биънера ахь и сан етт, пхи шо даьлча юха ден муха бина-те ахь иза? Пхьар хилла ца 1аш, бозбунчалла долуш, говза стаг хилла-кх хьо!
– Xlapa а вара хьуна цуьнан декъахь!

– 1абдуллина т1е п1елг а хьажийна, г1адвахана вела- велира Абубакар, цо xlapa г1уллакх забаре даьккхина хазахетта.
– Иза а ма хаьара суна шера – ши шича вац шуьшиъ, т1ехула т1е – нохчий а? – велавелира xlapa а.
– Боккъал а, мичахь карийна шуна оццул тераниг? Сан баба-м боккъал а тешна ю иза хьалха шен хилла етт бу, аьлла! Доккха х1ума дац оццул тераниг нисбалар!
– Кхозлаг1а к1иранде дара охашимма Кировскера бежанийн базар толлу, вистхилира 1абдулла, – хьо-м 1ехалур воций хаьара тхуна, бабига ма-дарра дийцалур дац-кха, аьлла, лелош бахьанаш дар-кха.
– Цхьа х1ума алахьа, Кхудайберген. Оцу дийнахь со д1а ца вуьгуьйтуш муха 1авелира хьо? Шера ма хаьара хьуна иза тхан болх буй?!
– Со х1ун нисдан воллура хьо чуволлийтина? Да воцуш хьан доьзал буьсур бара, пхьар воцуш тхан юрт а юьсург хиллера.

– Таханий-таханий д1авига бог1у бохуш, цхьа к1ира-м даьккхира хьуна ас а, х1окху 1абдуллас а. Бакьду, тхойшинга кхаьчна ца 1аш, мацалла к1елбисина дуккха а доьзалш к1елхьара-м бехира хьуна оцу хьан аьтто. Дала carla бойла хьан иза! – Кхудайберген, – ойла йина-а д1адолийра 1абдуллас. Х1окху пхеа шарахь лелий охашимма xlapa бала, хьо дикахо мел вевзи, кхин а т1е баз а луш. Лелий, аьтту ца болуш, дицделлий, иштта дуьтур долушший ца 1ий. Кьуй дац хьуна тхо, тхан дай а ца хилла кьуй. Хьарам-хьанал къастош хилла ду хьуна тхо. Мацалла хилла-кх хала. Доьналлех, ийманах вохош хилла цо стаг. Ша-м д1а лийр вара, белларш санна, доьзалан б1аьра хьежа, гуш лаьтташехь, уьш мацалла балийта ду-кх хала. 1абдулла соцунг1а хилира. Шозза- кхузза кьурд бира. – Хьуо кхоьллинчу Делан дуьхьа къинт1ера валахьа тхуна!

– Забарш а йина дуьту х1ума дац xlapa, Кхудайберген, – сихха схьаийцира къамел Абубакара. – 1абдуллас ма-аллара, х1окху пхе а шарахь xlapa гГуллакх муха д1адолор, муха дерзор ца хууш, хьох эхь хеташ лелла тхойшиъ. Хьо къинт1ера ца валахь, хьан х1усамнана а, йоккха стаг а къинт1ера ца яккхахь – вижа каш хир дац-кх тхойшинна.
Кхеран къамелаш ца хезаш санна, ойлане ваьлла Iapa хьаша. Гуш дара, цу ойланаша иза генна д1аваьхьна хи- лар. Цхьана ханна, чохь тап-аьлла, тийналла х1оьттира, шина шичин дегнаш чу, г1ехь шеко а кхуллуш.

– Тхан ден да вара к1орггера дешна стаг, – бег1ийла йоцу тийналла а йохош, къамел долийра Кхудайбергена. – Тхан казахийн дешначу нахана юкъахь шиъ-кхоъ бен вацара иштта 1еламстаг. Со дукха жима волуш цо дуьйцуш хезна ву со: «Вайн махка шайн лаамехь доцуш, генара цхьа къам кхочур ду. Халчу хьолехь а хир бу уьш юьхьанца, дукха баларш а хир ду. Варийлаш, цаьрца вон ма хилалаш, мух1ажарш олуш берш, хир бу шуна уьш. Цаьрца вон хилларг, царна г1ело йинарг дакъазаваьлла ву шуна!» Иштта цо дина и къамел Дала дагадаийтира су на оцу дийнахь, оыТаз вахана хиллехь а. Цул т1аьхьа а, цкъа а диц ца дина ас и дешнаш. Цхьана жайни т1ехь яздина а ду, олура цо иза. Абаке, 1абдулла! Шун доьзалш х1етахь оцу хьоле кхаччалц мацбалийтаран со а ву бехке. Ца ларавора. Дан х1умма а дацара, шена т1едехкина декхарш цхьаболчара кхочуш ца дича. Ша-дерриг дийца а йиш яц. Шуьшиъ а вала суна къинт1ера. Со къинт1ера вели шуна а, кхечарна а. Со санна Дела къинт1ера волийла шуна!

– Дела реза хуьлда хьуна, боккха мохь гира баьккхи ахь тхойшинна. Сайн декъана со а вели хьуна къинт1ера, ахь бохуш хилча, схьада хьайн куьг, – аьлла, куьг а лаьцна, Кхудайбергенна маракхийтира 1абдулла.
– Дала сийдойла хьан, Дела реза хуьлда хьуна. Тхан доьзалш х1етахь меца бисарна хьо вацара бехке, тхо дохийнарг а хьо вацара. Хьо санна берш кхузахь ца нисбеллехьара дукха буьсур бацара нохчий. Хьайн ц1аре хьаьжжина, хила а хилла хьо, «Дала велларг». Тхаыншиннан докъазалла нисвелла хиллера оцу буса тхойшиъ хьан керта, – маракхийтира Абубакар а.
– Йолчу меттера бен яхьа йиш ма яц! – юха а бегаше велира Кхудайберген, Абубакар къевллина мара а вуллуш.

Г1ан гира оцу буса Абубакарна. Хьоме Нохчийчоь. Б1аьстенан бес-бесарчу зезагашца лепаш йолу ламана басе. Оцу басехула, байн ког боккхуш, зезагаш лардеш, шовдана т1е вог1уш ву Абубакар. Мелачу мохо г1овталан т1ам а ловзош, шовданан вукху arlop, ч1ог1а векхавелла, дуьхьал а вог1уш ву кхуьнан да Исраил…

1 Кхой, кхатын (каз.) – 1ад1е, зуда!
2 Жур (каз.) – схьайола
3 Мен баскхарма (каз.) – со председатель ву
4 Кетем (каз.) – воьду вайшиъ, д1адоьлху вай
5 Апа (каз.) – баба, йоккха стаг
6 Ойбой, Кхудаййяй! (каз.) – вай, Дела!

Вайнах, №10, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх