Умарова Тоита

Ойлане

I

Ойла! Хьо-м д1аг1ерта…
Генна д1ауьдуш.
Стиглан 1аьршашка
Хьайн лаам кхийдош.

II

Х1ун хир техь? Кхиор техь
Жиммаъ лар йилла?..
Дийр дуй техь вайшинна
1ожалло х1илла?..

III

Со-м, ойла, г1елъелла.
Х1оьттина х1инца.
Сатийсар седане
Лахделла дийца.

IV

Дахаро з1аьнаршца, –
Со а ца хьисти.
Мел йина ойла а
Ястаза йиси.

V

Бераллехь со хьегна
Жовх1арийн г1ала,
Мел ч1ог1а лиънехь а,
Йоттаза йиси.

***

Вайн къоман орамаш аш серлодоху!
Сан къоман яхь йолу хьекъале к1ентий
Сий хуьлда шун!

Доьххьар ког боккху к1ант

I

Нене д1акховдийна куьйгаш.
Б1аьргаш чохь ду воккхавер.
Шен хьуьнарх доккхадеш доьлу.
Дуьххьара г1улч йоккху бер.

II

Хьомениг схьаволахь кхузза,
«Яккхахьа кхин цхьаъ а г1улч!»
Нана ю йоккхаеш йоьлуш,
Г1улч яккха г1ерта к1ант гуш.

III

Хилалахь хьомениг ирсе,
Ахь дог ма 1овжаде сан.
Дуьххьара ахь йоху г1улчаш,
Ирсехьа хуьлийла хьан!

IV

Ма гойла т1еман къизалла,
Бералла ма дойла хьан.
И сийна бух боцу стигла
1аьржъелла ца лаьа ган.

V

Нене д1акховдийна куьйгаш,
Б1аьргаш чохь ду воккхавер.
Шен хьуьнарх доккхадеш доьлу,
Доьххьара г1улч йоккху бер.


Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх