29.08.2015

Цуцаев Iалауди. Ненан мотт. Стихаш

Цуцаев Вайнах2 Ненан мотт

1амо а оьший-те?
Ткъа эшахь, мел?
Хийла а йина
Вайн меттан кхел.
Цхьанхьа а меттиг бац
Юьхь1аьржах1отта,
К1ант, велахь дика хууш
Шен ненан мотт.
Хир ву и д1акхехьа
Шен къоман яхь.
Шен къоман маттаца
Уьйр лелаяхь.
Шайн дог а, ойла а
Нанна т1еоьзна,
Йо1арий кхуьур бу
Г1иллакхе, оьзда.
Кхиийта цкъа хьалха
Г1уллакх деш ц1ен т1ехь,
Йо1арех – мехкарий,
Къонахий – к1ентех!
Шен бенахь, шен маттахь
Хиндолу хьоза,
Декар ду. Кхин д1адерг
Кхолламан йоза.
Дахаран муьлхачу
Новкъа вай xlиттapx,
Бакъ ду цхьаъ йиш йоцуш
Ле1а я литта:
Нохчо д1axloттийтa
Нохчочун метте,
Кхин г1ирс бац дуьненахь
Цхьа нохчийн мотт бен!

   ***

Г1иллакхо латтадеш меттахь
Схьадеъна вайн нохчийн къам.
Г1иллакхца, собарца бертахь
Баьккхина халонийн лам.
Эшаеш муьлхха а хало,
Къизачу баланех чекх
Долуш, схьадеъначу халкъо
Лардийр ду къоман эхь-бехк.
Ларйийр ю къоман оьздалла,
Садоккхуш доьналла, яхь.
Коьртаниг лоруш адмалла
Дахаран ирсан шуьнехь.
Оьздалла, г1иллакх ду коьрта –
Къоман юьхь схьагойту цо.
Вайн къоман юьхь ларъян г1орта:
Къам хаздо шен г1иллакхо.
Кхоьллинчу Далла еш 1амал
(Массо а хастам бу Цунна),
Бусалба нохчочун амал
Д1алуш т1екхуьучунна.
Ца хадош ламастийн хьаса,
Лар схьая вайн 1адатийн,
Вазвина т1еоьцуш хьаша,
Ден, ненан – лаккхара сий!
Жимачо воккханиг лоруш,
Хотта вайн лерамийн з1е.
Х1ора юьхьиг машарца кхолуш
Шерийн – ткъе цхьалг1ачу б1е.
Ненан мотт – г1иллакхийн хьоста –
Кхиабар – х1оранна т1ехь!
Иштта ду Даймехкан косташ,
Ду Неврехь, ду Мартант1ехь.

Сов доцу сов ц1а

Карахь дерг вай тоьлу олу,
Геннара гуш хьоьгучулла.
Тоьлу сатедина къоьлла,
Хьан боцчу цу бахамал.
Кхин д1а а хьехамаш шорта:
Ца доьху дика ма луо,
Ма бехка ца лозу корта,
Къахьега. Мало – хало.
Сихалло даьккхина са а,
Собаро баьккхина лам –
И дерриг оьшуш ду хаьа.
Оьшуш ду, оьшуш ду, амма,
Собарца садетта 1емаш,
Т1ех ца ваьлча нохчи ца 1а:
Лаца ца лоцуьйту ден маж –
Лаьцча ца хоьцуьйту д1а.
Дехье ца къевсича, сехье
Яккха а тарлуш ма дац.
Цкъа аьллий, дашна, ша вехь а,
Юхавала амал а дац.
Йовхачу чорпанах ларло,
Т1аьхьа хина ца баха «х1уп».
Харцлехь а, нагахь хьо – къарло,
Духуш ду нохчаллин куц.
Котам а хилла ца вехаш,
Н1аьна хиллий, вала а ле.
Мегаш ду хьийзина некъаш:
Нохчо ю хьан йоккху ц1е.

Поппаран белхи

Лоькхура белхолахь пондар,
Йог1учу балхаца йиш.
Ча хьоьрсуш кечбора поппар,
Юх-юха деттара хиш.

Мехкарша елийна яххьаш,
Гонехь хьо поппаран хьиэр.
Яшийна кучамийн яххаш,
Соцуш дац забарийн лер.

Пенаш т1е хьоьхура поппар,
Наг-наггахь долура «т1ох».
Сих-сиха соцура пондар,
Ца соцуш, беш бара болх.

Дисийта дег1 а шен г1орахь,
Ца йича йолий ткъа ял? –
Поппаран пазаташ когахь,
Юкъ-кара боккхура бал.

Б1аьстенца товш хуьлу зезаг,
Гуьйренца–ялтанийн кхаш.
Даим яц жа1уьнехь шедаг –
Даим ю жа1уьнехь г1аж.

***

Дахаран новкъахь, хьайн декъехь,
Ас санна, лайнадерг айхьа,
Ца къуьйлуш, соьца ахь декъахь,
Къуьйлур дац долуш дерг сайца.

Цкъа цхьанна къинт1ера яьлла,
Дуьжуш хьайн кийрара дарц,
Биснехь цхьа суй, д1а ца хаьлла,
Ч1аг1белахь цуьнца хьайн барт.

Дахарна елаеш айъал,
Цо г1иттош ц1е летахь хьох,
Хеташ и хьайн деган х1айкал,
И х1айкал ларделахь… сох.

***

Цхьа а ма вац вайга вог1уш –
Вайн д1адахар к1езга ду:
Дацахь хьалха латта охуш,
Д1а ма тийса эрна х1у.

Гергарлонийн, уьйрийн хьаса
Вахар-варца бузу вай.
Хаза хуьлу веъча хьаша.
Хьеший лаьтташ баьхна дай.

Долуш ваьхнехь хьо т1еваха,
Хьайна т1едан йиша-ваша,
Волуш къизчу шина т1амах,
Хала ма дац вижа коша.

***

Дебадо дехкан х1у цара –
Дехкаша, леттачу дайх.
Сом делларг схьатоьхча т1ара…
Тамаш бу хиллехь и вайх!

Боллучу кхетаман гонехь
Са идар д1ога, кхузий –
Амалан диканехь, вонехь
Сов доцу сов ц1а ду и.

Хьехархо

Хьехархо – лехархо,
Дегнаш т1е некъаш.
1амаван дешархо
Виллина вецаш.
Кегийчу синошна
Хьайх хилла ага,
Ваьгна д1авалахь а,
Серло луш вага.
Олу а, язден а
Х1ора дош аьзна,
Чохь, арахь леларехь
Боккху ког оьзда.
Болх безаш хи санна,
Хьагвелча молу,
Нисвелла пха санна,
Озийна болу.
Амалехь боцуш хьайн
Цхьа а зил гома.
Иманехь кхиадеш
Бераш вайн къоман.
Кан хьекъаш г1атта
Кханенна хирриг,
Хьан г1уллакх– д1атасар
Хаарийн буьртиг.

Вайнах №7-8, 2015

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх