Цоккуев Iилмади. Вай дацара уьш? Стихаш.

Цоккуев222    Вай дацара уьш?

1
(И хьал ла ца делла,
Наха, вайх болчу,
Шайн дог1мех г1урба ди,
Мохк т1ехьалоцуш…)
Вай дацара
Хаьнт1е куьг х1иттадеш
«Нохчий ду!» – баьхнарш?..
Зиераша къовзийча,
Ца лиеткъан
Доьналла эшнарш?
Вай дацара
«1асанца кеманаш
чуэгон» хьуьнар
Кхайкхийнарш?
…Блокпостийн
Б1обано, чехадеш,
Нахдоцчу даха
Хьийзийнарш?

2
– Дара дера!
Вай ду-кх
И дерриг лайна
Чекхдоьвлларш…
– Ткъа х1инца
Дац-теша декъала хила
Хьакъхилларш..?

3
Орцахо эшначохь,
Ца гойтуш ша воьхна,
Къомалла даьккхина
Законийн бухт1е,
Халонийн к1охцалшна
Некхан ваз д1аоьхьна,
Виссиншехь юьхьдуьхьал
Дарцана дуькъачу,
Кархдаьлча Ахьмадан
Зуламийн логашад хадо,
Субъектийн нийсархо
Хилла д1ах1оьттира
НОХЧИЙЧОЬ-ДАРХО…

4
Ткъа х1инца,
Г1уллакхийн шедакхаж
Шен буйнахь къуьйлуш,
Цуьнан к1анта
Кхойкху вай декъалчу декъе.
Хир бу ца моьттинчу хийцамийн
Зилашка дуьйлуш,
Г1улч маьрша юьсийла
Вайн,
Юьхьарлаьцначу некъахь!
…Моьттучар х1оранна маршбат1а беза,  –
И бузуш жигара къахьиега деза-кх!

        Г1иллакхан аматаш

Г1иллакх лиела мел ди ц1инло, –
Оцо хьуна ц1ена дин ло.
Г1иллакх дериг воьвза атта:
Цо буьйцучу оьзда маттах.
Воьдуш-вог1уш дуьхьалкхетча,
И вистхуьлуш хьоьца сецча.
Б1аьрг т1ебоьг1на ца хьажарехь,
Дешан бакъо ца къийсарехь.
Эрна бага ца г1етторехь,
Хууш мел дерг ца 1етторехь.
Орца аьлча д1ахьадарехь,
Каде хьовза кархдаларехь.
Лула-кулахь самуо йарехь,
«Туркхан даржах» цакъехкарехь.
Чолхе г1уллакх пелдаларехь
Цо шен белшаш к1елтасарехь.
Цуьнга кхайкха б1обуоларехь,
Эшча вазлой ца хьийзарехь.
Даржашка и ца кхийдарехь,
Теттарх коьрте ца вийларехь.
Дикане ша виехийтарехь,
Вонехь ша ца лиехийтарехь.
Шуьнехь, тойнехь я тезетахь,
Дозанашкахь 1ан хаарехь.
…Оьзда къонах воьвзар ву-кха,
Гуонах сема хьиежахь дукха…
Ишттаниш вайн бацахьара
Дуьне лаьттар дацара, хьаха!

  Дика к1ант вуьйцуш там бу

Вуьйцу цхьаъ,
Хеставо,
Дерзинчу куьйга лом
Къардора,бохуш.
Ткъа кхечо,
К1ант вара боху и…
Ала х1ума доцуш.
Ас боху:
И иштта ца хиллехь
Гучудер дацара цуьнгахь,
Суна зиеделларг;
Къонахчо бен
Кхочушдендоцу
Г1уллакх т1едаьхьча,
Цуьнга даделларг.

        Дала мукълахь…

Йоь1а йо1ана Мархина,
сайн МАРГ1АЛБИКИНА

Хьо ю дуьххьара ДАДА винарг сох,
ДАДИН сий ахь кховдийнера соьга.
Таро ийши-кха лиъна дикаболх,
Дагахь хилла зовкхаш кхийдо хьоьга.
Йинчу Денца декъалйо ас хьо,
Сан орамах даьлла тайна МАРГ1АЛ!
Т1аьхьало йолу амалш хьоьца го:
Даламукълахь ирсе хир ду дахар!
Даим тхуна могуш латталахь!
Тхан дозалла хилий д1а а х1отта.
Лаьарш кхочушхир ду, къар ца лахь;
Ларлуо, дахар атта болх бу моттарх.

***

Ломахь шира г1иллакх деха:
Верасашка совцабойтуш
Сонталлица бале боьвлларш.
Ткъа ас хьаьнга орца диеха
Г1орасизбан, байталбохуш,
Хьарам хьоло хьерабаьхнарш?..
Хьаьнца цхьаьна совцабе ас уьш, –
Парг1атонна лагт1е кхоьхьурш урс?

       Дикаллина гонах  

1
Диканна леринарг
Диканца чекхдалахьара…
Ахь дагчу хьажийнарг
Хийлазза дуьсу-кх арахь

2
Иштта-д1а… дархьамма
Ахь динчу диканан хьурмат
Совдолу, кархдалахь,
Хьуо лоьхуш эшийта турмал.

3
Я гоьлт1ехь ког кхабан,
Я хаьнт1е х1иттадан куьйгаш,
«И дира ас», – бахан
Дош дуй ткъа, лацар а луьйта?

4
Диканна йихкина
Юкъ ястан бехказло эшча,
Сапарг1ат 1аьхкинарш
Ма баха ца буучу, тесча.

5
Ца хилча кхуьийла
Диканиг бен диканан зирхах,
Х1уьншорто хуьлийла
Адамийн хьаштонан г1иллакх.

6
Сий азло дикаллин,
Лелийча, тхих хьалха йохуш.
Даржашлахь тилалой,
Т1аккха и… не1саг1е йолу.

7
Дикалла ц1ийх, т1амарх
Йоллург ву пана совдегар.
Бохкац цо и «бахам»
Комаьршша кхийдоршца зиерах.

      Куйнаш догур, шайна…

1
Шайх хьаькамаш бархьамма
Кхоьллина б1арлаг1аш
Куьйгалли к1елхьарниш лоручу
Цхьаццаболчарна
Гечхилахь тамаша бу-кх,
Уьш аттахетарехь,
Адамаш
Бохийна хьийзабар,
Миска хиларна.
Догъэт1ош байина д1абаьхча
«Г1уллакхийн дай» боцу пекъарш,
Эцначу даржашкахь, хьенан гихь
1ан йохку эхьдоцу екхарш?

2
Шуна гиний?..
Дуьйцуш а хезний-те,
Шайн лаамехь дукъ
Кочаэцначу стерчех
Дийцина дийцарш..?
Болуш а буй хьовха,
Хилан тарлуш буй-те,
Говраша г1оматаш
Къуьйсуш теш хилларш?..
…Къахьега кховсийна
Лелаш ма бац ткъа,
И «хьена» меттигаш къуьйсурш.
Мас-мадарш юсийна,
Москалийн васташкахь
Шайл лахарчарна т1амхьоькхурш.

Вайнах, №1-2, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх