Цоккуев Iилмади. Сайн маь1на кхочушден веъна со Лаьтта…

     Мел дуьне дассалур-те?

Чоь юзуш,
Дог дузош,
Мацалла къикъ баьхна
Сатийсам бузабеш
Дуьнент1е вели цхьа 1ужа.
Доьзалхо,
К1ант волуш,
Доьзалан да хилла ваьхнарг,
Кхелхича
Мел дуьне дассалур-теша?!

         ***

Нана… човхий цхьамма,
Нана 1адий цо.
Дича кхин ца маггал
Вониг ди-кха цо!
Чухула садие1ар
1инчу кхоьсси цо.
Хилла дегайовхо
Шийла-шелйи цо.
Кевнан ц1овзам ларбеш
Сема 1ийна ерг,
Массо вонах ларвеш
Гонах хьийзинарг,
Човхо эхь ца хийти,
Холчах1отий, – эх1!
Ненан дог 1овжийча
Ца хии дуй эхь.
Толам цунна белла,
Нана-м 1адда1ий…
Несан б1аьрахьалха
Ма делира-кх и!
Чекхсагайти… шиннех(!)
(Хаац лалурий!).
Ишттачуьнгахь марехь,
1ан а дог1урий?
Ламаз юкъахдаккха,
Нанас мохь тоьхча1,
Магийтина хилча,
Васхиларх ларйеш,
Ма къахьарчий к1анта,
Оццул к1оршаме
Хилавелла цуьнца…
Х1ай, хьо доккха эхь!

    Нохчийчоьне

…Хьан кхолламан йоькханехь
Сан са худалойла !
Дегнаш – Иллийн хьостанаш – Хьуна къий ма лойла !
З. Байхаджиев
    1

Валлах1 хаац суна-м…
Хьох х1ун ала деза.
Муха йийца еза,
Гучадоккхуш езар.
Хьуна х1айкал даккха
Хьадисийн хат1 1амош,
Хьевели, ца ларош,
Лиънарш цхьаьнадало.
…Аьр-кх, ларавеччул,
1иллинарг чохьтийна,
Ойланехь техкийнарг…
Волччура суо дийна.
Суна карор дац-те
Хьоьха ала дешнаш,
Лазадохуш дегнаш,
Цхьанне а ца хезнарш.
Наха аьлла «бакъдерш»
Лаац… юхадийца.
Яздийр дара-кх ц1ийца…
1ожалла 1ад1ийча-м…
1аьвшшина хьох ала
Дешнаш карадаллац,
Тебна1ар дахделла,
1ожалло д1акхаллахь,
Забаренна доцуш
Хьо езар а эцна,
Муха г1ур ву «эцца»,
Висахь аз а лекъна?.
…Хьан йо1 йара нана
Да а вара к1ант хьан.
Оьшурий хьо т1аккха
Нуьцкъаш суна марзйан..?

    2

…Хестийна хьан лаьмнаш,
Меттамот уьш лоруш,
Шайн г1овла ю, бохуш,
Сий 1аьршашка дохуш.
Гезйина аренаш
Гатте хьаьхначара.
Доза юхадара
Шайн кхажбаьллачара.
Уьш а хилла хир бу-кх…
Г1улчийн маршо лоьхуш,
Некъийн г1уда хьоьгуш,
Бергийн лараш йоьг1уш…
Дурсаллин закъалташ
Т1улгаш т1ехь а дешна,
Уьш шайн иэсехь лезнарш
Бара-кх к1ентий2 маьхкан!
…Со кхийдина барам
Муьт1ахь хилац вайна…
Юханекъехь ала-м
Дезар ду дош… тайнарг!
. . . . . . . . . . .
Даим сийлахь долчех,
Хьуна тиешам болчех
Делахь мах бу иллин, –
Ас х1ара кхиеле дилли-кх.

          ***

Сайн маь1на кхочушдан
Веана со Лаьтта,
Амма сан дог кхузахь
Эзарза даьтт1а.
Эзарза 1овжийна,
Эзарза доьхна.
Дахаро г1аж хийла
Тхойшинна тоьхна.
Эзарза лезна дерг,
Оццулза хиебна дерг,
Моццул хьо тоьур-те?
Зиераш мел дисна-те?
Хьаькмашна зудхьакхар,
Темашна г1адъэхар,
Кхерамна горъэхар,
Хьуна ца деллера.
Моттарг1а сийсайеш,
К1ажъоьхуш, виеларехь,
Нах лахара хиетарен
Со а ца леллера…
Деккъа цхьа ц1ий кховсар
Хьайн декхар долчуха
Юьстах ца латтарна,
Баркалла дог, хьуна.
…Х1ара сан дог хиллера
Дегнех тера а…
Амма тап карайа-ц
Цхьаьллиг-цхьанхьа а!

    Сайн эшам хетта  

М. Мамакаевн безамна

Поэзин стиглара
Д1абеши седа,
Нохчаллин турс хилла
Лаьттина болу.
Мохьмадан дог сацар
Сайн эшам хета,
Дазделла вацар и,
Даим хир волун.
Зиеделла гергарло
Юкъахь ца хилла,
Де-буьйса цхьаьна
Ца даьккхина оха.
Заманца де къуьйсуш –
Яздина иллеш,
Дара тхан гергарло
Дуьйлина кхобурш.
Мокхазах суй санна
Нохчех схьаваьлла,
Даймаьхкан декхаро
Г1аттийна вог1уш,
Бакъволчу поэта
Комаьрша аьлла,
Говза дош къоман
Синкхетамца дог1у.
Шен къоман хилладерг
Т1улгаш т1ехь диешна,
Замане цхьажимма
Некъбитар доьхуш,
    шовданца къамеле
Вийлинчу к1ентан
Къоламца яздинарг
Дахаран кепа ца кхетарх,
Шен дагна лериечу
Безамца ваьштахь,
Кхолламан тохаршна
Кагцалуш ваьхнарг,
Ма вешан мог1арехь
Эшара-кх вайна!..

1 Бусулба дино магадо нанас арара чу мохь тоьхча суннат-ламаз юкъахдаккха, цуьнан хьурмат гучудаккхархьамма

2 М.-С. Гадаев, М., 1., Мамакаевг1ар, А. Сулейманов, А. Айдамиров, и. д1. кх. дагахь болуш.

Вайнах №11-12, 2016

 

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх