Цхьа байт. Стихи.

Абдулаев Леча

***

Сахьийза. Стенна сахьийза?
Сагатло. Стенна сагатло?
Хетало, б1аьрга буй хьийзош,
Седарчийн белхар до батто.

Цицигах хьекхало когах,
Бер санна, схьа мара хьерча
Мела х1уо. Хьесталун х1уо гой,
Когаш т1ехь ийъало хьечаш.

Чилланан цкъар хеза уллохь,
Д1анехьо бух1а а ека.
Сан хьеший, жим-жима гуллуш,
Схьагулло, сайн г1айг1а екъа.

Беттаса хьалхачул б1аьрла
Схьакхета. Кхойкху д1о-о борг1ал.
Т1аьххьара беца хал аьлла
Сан хьеший набарах бовлу.

Со-суо ца кхетачух кхетий,
Сан г1айг1а д1аоьцу ерриг,
Суна сайх царех цхьаъ хеттал –
Гаьннех – га, бецах – цхьа хелиг…

Цуруев Шарип

***

Хьо цхьаъ ву дуьненчохь!
Хьол хьалха-т1ехьа
Цхьаммо а ца лайна
Лайнадарг ахьа.

Хьан безам, хьан бала,
Хьан хьекъал, х1илла
Цхьанне а ца хиъна,
Цхьаннен а ца хилла.

Дуьненчохь мел хуьлург
Цкъа бен ца хилар,
Хьо санна адамаш
Кхин хирг ца хилар –

Дуьненан цхьа мерза
Къайле ю иза,
Г1айг1ане елахьа а –
Сийлахь ю иза.

Хьо цунах кхеталахь –
Хьайн пусар делахь,
Цхьаннех а хьоьгуш кхин
Хир вац хьо т1аккха.

Х1ора стаг ву иштта –
И диц ма делахь,
Кхечарах цавашарх
Дог парг1атдаккха.

Нахах цавашар,
Нахах хьо хьегар –
Ду йиша-ваша,
Я езар-везар.

Оспанов Къосум

Нохчийчоь

Хьабдинчу б1аьргашца ц1ерга
Кхийсалуш массарел хьалха,
Бекхамна хьекхаеш цергаш,
Хьан вона х1оттийна балхам,
Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту!

Элладин б1арлаг1аш йостий,
Ч1аг1онна дуй буий шалха,
Сан ненан мотт санна, оьздда
Хьан стиглахь керчачу малхах,
Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту!

Хьан некъан некъа т1е вала,
И малх бен, кхин доцуш къилба,
Стогаллин собаре амал
1уьйренех таръеш Олимпан,
Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту!

Дуьненах дисина доь ган,
Лаьмнаша кхиийна маршо,
Ворхх1е а дегара соьга
Йоьссинчохь, хин кисех хьарчо,
Нохчийчоь, ас хьо ца хьоьсту!

Ас юу, йотту хьо, кхорзу,
Ц1ий муьйлу, ца хоьттуш «хьенан?»
Юха а хьуна т1евоьрзу,
Хьо йоцуш со воцу дела,
Ца хилча ца мега дела!

1илмади Цоккуев

***

Хьо езаелла,
Дог декхаделча,
Хьогалла йоьссира соьга.
Безаман шовда
Харшаца дов деш,
Хьаьдира, дуьхьал некъ лоьхуш.
Со х1етахь дуьйна
Набарха вуьйлу,
Хьегамийн само иръелла.
Хьуна сол тоьлларг
Карорна кхоьру,
Цундела са дуу денна.
Дерриге гонах
Дуьзна хьан х1онах,
Къаж йо ас хьан тайна амалш.
Мичча а метта
Лоьху б1аьрг х1оттарх,
Иэхьало аматийн з1амарш.
Хийцамаш изза –
Гаьнгалеш ирсан
Бац-те хьан дог т1ома дохуш?
Со шен хир волчух
Хьехавеш йолчух
Яц-те хьо лата дог дог1уш?
Хьо стела1ад ду,
1елахь хьуо ма-дду,
Х1оттий сан вахаран стиглахь.
Ма лолда х1етталц –
Вай вовшах кхетталц,
Хир ду и, кхолламо ирс лахь.

Муса Бухадиев

Нохчалла

Нанна кIант хилалахь, нохчо хьо хьалха,
Кхо дакъа ду хьуна цу ненан хьох.
Т1аккха хьо дена воI хилалахь шолгIа,
И Дала Iу винарг ву хьуна шух.

Йишица, вешица хилалахь мерза,
Хьан ненан кийрара бу хьуна уьш.
Дог хьостуш церан хьо юьхь дуьхьал верза,
Царел хьан гергара бац цхьа а вуьйш.

Диканца дазделахь ахь церан терза,
Дуьненахь, эхартахь карор ду и.
Эхь-иман, гIиллакх ду къонахчун терза,
Нохчаллин стом-орам бу хьуна и.

Дала и нохчалла елла хьан цIийца,
Массарел маьрша деш нохчо хьан са.
Исбаьхьа мотт белла цо хьуна бийца,
Бусулба дин даржош нийса некъ бан.

Дала хьо турпала кхоьллина нохчо,
Дуьненан халонаш собарца лан.
Хийла дог гIиртина хьо гуора хIотто,
И кхочуш ца хилла,хир а дац цкъа.

Делан бен лай воцу, турпала нохчо,
Цхьаъ боцург бац хьуна нийсаниг некъ.
Эхь-иман доцуш верг вац хьуна нохчо,
Дала вай лардойла харц бечух некъ.

Кхоьллинчо декъала дойла вай массо,
Адаман, Хьаван а бераш ду вай.
Тоба деш харцонна довлалаш дохко,
Бакъ дерг бен дац шуна юьхь йийраг кIайн.

Вайнах, №4, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх