Цхьа байт. Стихаш.

Юсупов Ибрах1им

***

ХIетахь дуьйна со-м хийца ца велла.
ХIетахь верриг – хIинца а ву со.
Хьо-м дIакъаьсти, йоI, сох гуттаренна.
Вайн хийистехь хIинца догIу ло.

Вовшашца вайн хилларг, тIехиндерг а
Ахь дIакхеди, лазош ирсан беш.
Iаьржа дин бу – къастар.
Цуьнан бергаш
Еттало сан дагах, чевнаш еш…

Хатуев 1абдул-Хьамид

***

Лаьмнаш къагош т1ома долу маьлхан нур,
Набарх ярташ самайовлу г1иттош к1ур.
Хин татолаш орца-басахь иллех лоь,
Туьйранел а хаза ю хьо, Нохчийчоь.

Хьан аренан хелиг ду со,
Хьан аьрзонан пиллиг ду со,
Хьан син х1ордан т1адам бу со,
Ахь декъалвахь адам ду со.

Хьан лаамийн т1емаш хийла мерцина,
Хьан ойланийн г1аланаш мел херцийна.
Амма уг1у дарц д1асецча г1айг1а тоь,
Б1ешерашкахь ехар ю хьо, Нохчийчоь.

Дикчу к1ентийн дегнаш лур дац цкъа а къеж,
Марса юьйлуш ломахь туьйсу хелхаран к1еж.
Х1ора дагчохь безам хестош богу суй,
Къарбан йиш яц хьо 1алашбан биъна дуй.

Хьан аренан хелиг ду со,
Хьан аьрзонан пиллиг ду со,
Хьан син х1ордан т1адам бу со,
Ахь декъалвахь адам ду со.

Оспанов Къосум

***

Х1ун пайда бу, г1ертарх хила
Наж-дукъах Лечанан берд?
Нанна – со гуттар а жима,
Нанна – со гуттар а бер.

Бералла – тай меха таса
Баба соь кхайкхина хан.
Бералла – ас Шовхал-басахь,
Г1ишлош еш, ловзийна чан.

Бералла – бенна деш дола,
Со 1ехо т1ам бойна лекъ.
Бералла – уьн т1е ишколан
Г1ойл дехьа ас бина некъ.

Бералла – берзина когаш,
Тог1ичохь лехьийна тхиш.
Ир-кара х1иттийна буо-г1аш.
Жа1уьнан самукъне йиш.

Бералла – зезагаш б1аьста –
Цхьаъ бен ца даьккхира ас,
Вигча со сай-бодий къаьсташ,
Кол-леча ваьккхина дас.

Батаева Хеда

***

Хорам а хуьлий,
Легашкахь соьцу
Ца язлун стих,
Яла ца луш,
Къаста ца лууш
Поэтан сих.

Б1аьрхиш а мийлош,
Ойланаш яош,
Яхийна стих,
Гайтахьа царна,
Хьо муха къаьста
Поэтан сих.

Вайнах, №2, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх