07.05.2015

Тимбулатов Мовсар.

ТимбулатовТимбулатов Мовсар Маулаевич вина 1998-чу шарахь, Шуьйта к1оштахь йолчу Бена юьртахь.
Шен ялх шо долуш Асламбек Шериповн ц1арах йолчу ишколе хьалхарчу классе деша вахна Мовсар. Иза стихаш язъян волавелла ша пхоьалг1ачу классехь доьшуш волуш. «Дуьххьарлера хьехархо» ц1е йолуш яра Мовсара дуьххьара язъйина байт.Цхьайтталг1ачу классе хьалаволуш, цхьа а диъ доцуш т1ехдика доьшуш, схьавог1уш ву Мовсар.
  

 Бералла

Мичахь ю бералла?
Мичахь ю жима хан?
Кхуьуш вац т1аьхьа со
Заманна, мел идарх.
Яха-те 1инах чу,
Буьрканца кхоьссина?
Стигала ели-те,
Г1ожаца кхоьссина?
Д1адай сан шийтта шо,
Соь саца ца луш ша.
Ткъа х1инца лаьтта со,
Сецадеш кхойтта шо.
Архаш ас ийзаярх,
И соьга сацалац.
Иза а д1адовр ду
Б1аьстенан зазанца.
Буьйсанна тийналлехь
Сахьте ладоьг1у ас.
Йоьду хан, йорт эцна,
Даима санна д1а.
Цу сахьтан цхьамзано,
Юх-юха го бахарх,
Йиш яц-кха дахаран
Юха го баккха шен.
Собарде, сих ма ло,
Х1ай сахьтан цхьамза!
Х1инца а кхиъна вац
Массанхьа ловза,
Кхиъна вац х1инца а
Бералла йовза!

      Аьхкенан Iуьйре

Лаьмнел лакхахь гучуболу,
Бовха, сирла, дашо малх,
1аламе цо маршал хотту,
Хьалабаьлча нийсса ах.
Бешахь декаш олхазарш ду,
Тайна «шабар-шибарш» деш.
Уллохула татол дог1у,
Меллаша шен «шур-шур» деш.
Хилла бовлуш лаьтта стоьмаш,
Ц1ен ц1азамаш – бацалахь.
Меда комарш лаьтта оьгу,
Чомехь ю уьш, яалахь!
1уьйренца кху стоьмийн бешахь
Малхехь къега бецан тхи… –
Уьш стиглара охьаэцна,
Дуй-те, лепаш, седарчий?

   Баьпган сий

Хьацаран х1орд лаьтта 1енош,
Охуш, оруш баьхна дай.
Дагалоьцуш ихна денош,
Баьпган сий деш, дахий вай?
Сибрех, хало гинчу наха,
Х1инца а до баьпган сий,
И г1ело ца гиначара,
Пусар ца деш, дойу и.
«Бепиг – массо х1уман корта»,
Бепиг лара деза вай.
Бепиг ц1а чохь хилча шорта,
Г1айг1ане ца баьхна дай!

     Гурахь деъна ло

Стиглахула хьийзаш,
Дог1у шийла ло.
Ж1аьло арахь ц1ийзаш,
Г1ийла узам бо.
Дитташ т1ехь бу стоьмаш,
Охьаэгаза,
Ц1ечу басца боьлуш,
Генех къастаза.
Лайлахь 1охку можа ялташ,
Лайлахь 1охку шира ярташ,
Инзардаьлла доцуш доза,
Орца дохуш, хьийза хьоза.
Лайлахь деррриш цхьана ийна.
1алам набарна д1атийна.
Ло дог1уш ду самукъне,
Стиглахь хьийзош к1урк1мани.

Вайнах, №7, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх