Тимбулатов Мовсар. Стихи

Тимбулатов МовсарАьхке

Стиглахь цхьа а марха йоцуш,
Довха дара денош.
Малх а бара ирсах богуш,
З1аьнарш лаьтта 1енош.

Олхазарша эшарш лоькхуш,
1алам хестадора.
Мелчу мохо, бешахь хьоькхуш,
Зезаг лестадора.

Ц1енчу х1уонехь когаш лехна,
Дитташ д1асатехка.
Дерриг 1алам дара дехна,
Юьртахь – аьхке кхехка!

Гуьйре

Аьхкено дуьйхина баьццара духар,
Керлачу барзакъца хуьйцуш,
Дешин к1ур биллинчу хьаннашкахула,
Гуьйре ю шен туьйра дуьйцуш.

Шийлачу 1уьйренан
дахкарлахь дитташ,
Кортош а хабийна, лаьтта.
Кхоьлинчу мархаша дог1а т1едуьттуш,
Хьогалла д1айойу лаьттан.

Г1арг1улийн аьзнаш а,
хорам беш синна,
Стиглара лаьтта т1е леда.
Хьехахь ша висинчу жа1уьно санна,
Мох а бу лоькхуш шен шедаг.

Дохк

1аьнах хилла дерзан гуьйре,
Ламчохь дижна 1уьллу дохк.
Даь1нех дарлой еъча 1уьйре,
Карзахбуьйлу шийла мох:

Г1ов йиллинчу гаьннаш т1ера,
Цо, каетташ, доху г1аш.
Дитташ мохна хилац къера,
Ч1ог1а деца орамаш.

Т1аккха, дарбеллачу махо
Г1аттий, дижна 1уьллу дохк.
Кхечахь шена синтем лаха,
Дохк д1адаха, эцна мохь.

Схьакарийна 1инан к1орге,
Органа т1етевжи и.
Цунна резадоцуш, Орга,
Дог1у, юьстах кхуьссуш хи.

Эххар собар кхачадина,
Къамел хазий Органо:
«Тоьар ду 1ен, соьх мотт бина,
хьо хьайн стигла хьалаг1уо…»

Маржа я1-кха, миска дохк хьо,
Гуттаренна мух1ажар,
Яц я х1усам, бац я мохк хьан –
Ох1лу дац хьо и харжа.

Дош

Дош – иза шаьлта ю,
Совр баттахь лелош,
Цхьаволчо 1уттий и,
Дагах чекхйоккху.
Ткъа кхечо, цу дашца
Шен собар дебош,
Вон-дикий къасточохь
Баттара йоккху.

Дуьххьарлера ло!

Арахь дог1у шийла ло,
Корах ара хьоьжу со.
1алам дерриг к1айн луш лаьтта,
Къайладоккхуш дерриг латта.

Диттийн гаьннаш эгадо,
Шеллуш санна, хетало.
Олхазарш ду хьере хилла,
Уьдуш, хьийзаш некъах тилла.

Эвлайистехь бераш ду,
Самукъдаьлла хехкалуш,
Цигахь ловзуш дукха 1ийна,
Уьш дерриш а лайх д1аийна.

Ц1ийделлачу куьйгашца,
Бамба санна, ловзош ло.
Х1ораннан а догу б1аьргаш,
Вовше кхуьссуш лайн мижаргаш.

Когашца ло ц1ийзадеш,
Т1аьхьа салаз текхаеш,
К1адвалар шен ца гуш, халла
Цхьаъ ву басах воьдуш хьала…

Арахь лаьтташ хиларх 1а,
Мел ц1евзина хиларх де,
Шек д1а доцуш уьду бераш,
Ловзадуьйлу церан дегнаш!

Карзахе ойланаш

Сайн цхьаллин ойланехь
суо цхьа со висча,
Буьйсанан г1айг1ано къиза шед етта.
Ца кхуьуш кхетамехь ойланаш листа,
Дахаран тулг1ено сиха ногъетта.

Кхетамехь хьерчаш бу
шеконийн уьйриг,
Х1ун ду те, сел хьалхе ас сагатдийриг?!
Дахаран некъ сайн цхьа йочане хета,
Даьржинчу дахкарлахь
серлонаш леташ.

Хала ду дахкарлахь сайн дахар каро,
Делахь а, тхайн кхерчахь
йогучу ц1аро,
Ницкъ луш со лелаво,
и кхерч мел лаьтта.
Ваха а хала ма дацара лаьттахь.

Кхоьру со, хьоькхучу буьрсачу мохо,
И ц1е д1аяйарна, вуьтуш со цхьалха,
Стаг воцуш, цхьаьнга а
сайн г1айг1а ялхо,
Суо цхьаъ, сайн ойланца висарна ваха.

Дуьненахь яьржина харцо ца лайна,
Кхоьру со, лаьмнаш
т1ехерцарна вайна,
Цундела до1ийна ас куьйгаш ойъу,
Сан г1айг1а, т1епаза,
цо стиглахь йойъу.

Ломахь суьйре

Сарралц дой хихкина,
г1елъелла мархаш,
Ламанийн белшаш т1е тийжа.
Лаьхьанах хьирчина дуьненан архаш,
Суьйренан боданехь зийза.

Анайист яхчош ю
стигланан пхьалг1ахь,
Цаьпцалгийн мукъам ца хеда.
Олхазарш сихделла баннаш чукхалха,
Схьакхеташ бу Садов седа.

Ламанийн даккъашкахь
д1алечкъаш, батто,
Керчабо г1унжара б1аьргаш, –
Шен метта д1ах1отта
ца х1уттуш лаьтта,
Бузучу малхах а кхаьрдаш.

Маьлхан дог1а

Малх бу стиглахь,
мархашлахь д1алечкъаш,
Мела дог1а лаьтта 1ийдало. –
Цу исбаьхьчу суьрто дагна 1еткъаш,
Керла шовкъаш даге кхийдайо.

Къинхетаме дог1у маьлхан дог1а,
Х1ор а бецан хелиг лийчадеш.
Хета, стиглахь мархаш йоьлху ч1ог1а,
Ирсе б1аьрхиш лаьтта ледадеш.

Ченан х1ур д1абоккхуш,
лийчош дитташ,
Хьалхалерчу куьце дерзадо.
Зезагаш а ц1енчу х1уонехь техкаш,
Кортош уьйуш, стигла хьоьжуш го.

Дог1а д1атоь. Тийналла д1ах1утту,
Тхишлахь къега дулу бецан г1ад.
Лаьмнийн когаш серладохуш х1утту,
Ворх1е бос а лепош стела1ад.

Цуьнан къайле йовза г1ерташ, хийла
Бераллехь со холча х1иттина… –
Маьлхан серло дог1ано д1амийлла,
Ворх1е бос а къастош литтина.

Вайнах №3-4, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх