29.08.2015

Тимбулатов Мовсар. Даймохк. Стихаш

Тимбулатов       Даймохк

Даймохк, хьоьга дагар дуьйцуш,
Къайлах безам белхабо,
Лекхчу лома буьххье вуьйлуш,
Дог ца 1ебаш, хьоьжу со!

Лекха лаьмнаш, шира хьаннаш,
Органа т1ехь хьийза дохк.
Эшарш хеза, декош 1аннаш,
Мел ирсе бу сан Даймохк!

К1орге 1инах со мел вуьйли,
Т1етта ч1аг1ло эшараш.
Кийра 1абош ас хи муьйлу,
Мел чомехь ду шовданаш.

К1ад ца луш ас йоху г1улчаш,
Хьийзаш олхазарш а гуш.
Т1ома вала, т1емаш хилча,
Мархийн болар хаалуш.

Яздина дац суна Дала,
Кхерсташ лела х1аваэхь.
Воккхаве со, гуш сайн 1алам –
Зарзар декаш дитта т1ехь…

Вайн Даймехкан кхане хазъеш,
Кхуьуш бу вайн мехкарий.
Мостаг1чух вайн Даймохк ларбеш,
Г1аролехь бу къонахий.

Д1адийначохь кхуьу ялташ,
Иштта стоьмаш, хасстоьмаш.
Д1асахьаьжча гуш ю ярташ –
Бертахь деха адамаш.

Сан Даймахкахь х1ора 1уьйре
Йог1у, дохьуш шеца ирс.
Дехар ду вай, ч1аг1ъеш уьйраш,
1алашбеш вайн дешнийн г1ирс!

      ***

Соьлжа-г1алахь дахар кхехка.
Къинхетаме хьаьжна малх.
Машенаш шайн хоьхкуш чехка,
Карзахбевлла кегий нах.

Корта бахон молха молу,
Т1аьхьенна яц ойла еш…
Машенашца «т1ома бовлу»,
Шайн болчаьрна бала беш…

Шу х1ун лоьхуш лела теша?
1ожалла ю лоьхург аш?
Нахана беш боккха иэшам,
«Хенал хьалха» доккхуш каш…

Я ца тоьа техьа вайна,
Т1амо х1аллакбина нах?
Я хууш дац техьа шуна –
Г1ело лар а Сибрехахь???

Сонталла а юссий даг т1е,
Хохку… маьрша стаг а вуьйш…
Декъазчарна 1арждо «к1айн» де,
Нанойн белхарш дац-кха туьйш…

Минотана сецна доцуш,
Хаддаза «болх беш» ду шайт1а.
Куралла цо даг т1е йоссош –
Цуьнга аш шаьш къар ма дайта…

Собарде цкъа. Сих ма луо шу,
Ойлае, адамаш, х1ай!
Деле доьхуш лардар вуочух,
Бертахь, ирсе дахий вай!

   Т1аьххьара горгали

Т1аьххьара горгали
бекна вай къаьсташ,
Эр ду ас, дог 1овжош,
т1аьххьара дош.
Т1аккха тхо д1аг1ур ду,
дахаро хьоьстуш,
Тхайн ойла стигланан паналле хьош.

Цхьайтта шо д1адаьлча
ишколах къаьста,
Мел къаста ца лууш хьийзарх а вай.
Ишколехь д1аяьлла
тхан цхьайтта б1аьсте,
Ишколан корера тхан чиркх д1абай.

Дахар – и къиза ду. Хууш дац хьанна?
Мел ч1ог1а дезарх а, дуьне ду – харц.
Ткъа тахна тхуний бен,
хууш дац цхьанна,
Муха ду, ловш латта
ойланийн дарц…

Ойланехь кхоллало дуккха а хеттарш:
«Муьлхачу аг1ор
д1ахьаьвзар те некъ?!»
Цундела дитина х1ораннан хетарш,
Коьртаниг – халонех довлар ду чекх.

Ойланийн дохк а ду
кхетамах хьерчаш,
Ц1еххьана кхийти
цу дахкарлахь ткъес –
Дахарехь хиллаче чкъург юхакерча,
Меттахадохуш  иэс:

Тхо кхийти… Кхин цкъа а
йиш ма яц дахка,
Дешархой хилла кху ишколе схьа.
Тхо хьалха дитина шианнаш дахкарх,
Г1ертар дац ц1ера дарс дийца а д1а…

Хьехархой! Х1оразза
шун ц1е а йоккхуш,
Т1етта а сов юьйлу дегнашкахь ц1е.
Цу дагалецамо дог карзахдоккху,
Ткъа тахна биснарг бац даглецам бен.

Аш тхуна хийлазза хьехарш ма дора,
Лууш тхох хилийта яхьйолу нах.
Ткъа тахна лаьтта тхо,
кхачийна г1ора,
Х1еттехь ца бовзарна
цу дешнийн мах.

Делахь а дайна дац и хьехарш доьза,
Дуьнен чохь мел деха, тхоьца ду уьш.
Ишколехь 1ийна вай
хилла цхьа доьзал,
Ирсечу б1аьргашца сатийсам гуш.

Мел дукха дешнаш ду х1ораннах ала,
Кху цхьайтта шарахь а
ца хилла дерш.
Маржа я1, йиш хилча дешица кхала,
Хьомечу хьехархойн
исбаьхьа ц1ерш…

Цундела тахана тхан а ду хьехар,
Ишколехь т1екхуьъчу
т1аьхьенна дан:
«Бух боцчу ловзаршка ма дайта 1еха,
Ма яйа эрна аш бераллин хан.

Ишколан дахарна юьстах ма латта,
Ма хила, доттаг1ий, заманан лай.
Ишколан доладан ца хиларх атта,
Дош дац-кха шайн школехь
шу бацахь дай…»

Т1аьххьара ишколах
къаьстачу дийнахь,
Массеран ц1арах а ч1аг1о йо ас:
Замано мел дахарх вовшашна гена,
Йицйийр яц тхайн хилла
самукъне класс…

20.05.2015 г.

Нохчий
Атта дац-кха болат дахчон,
Цул а хала – къарван Нохчо.
1азап, бала шортта лайна,
Халонаш а дукха яйна.
Мел висарх а дайна г1ора,
Х1оьттина вац цкъа а гора.

Гора я1, самаьрша нохчий,
Ца лехна аш ахчий-бохчий:
Х1ора гурахь латта охуш,
Хастамаш а Далла бохуш,
Тоьаш баьхна, хиларх миска,
Яа хилчахьана сискал…

Нохчашна шаьш хетта ирсе,
Б1аьрг тоха йиш хилча ирзе…
1алашбойла везчу Дала,
Нохчий, кхин ца гойтуш бала.
Майра к1ентий, мехкарий,
Ца дайинарш мехкан сий!

Вайнах №7-8, 2015

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх