Тевсиев Бай-Iела. Дег1аста.

848727Дег1аста

Шен Калам лардарца, Дала йина ч1аг1о ю,
Вайн Элчан хаза суннат Къур1анан кхетам бу.
И суннат д1акхайкхош Элчанан верасаш бу.
Тхо царех Ахь делахь, х1ай Везан Дела!

Суннатан къайленаш эвлияийн къамел ду.
Дала царна делларг ша гергар 1илма ду.
Цара мел аьлларг шен хазнийн казна ю.
Уьш безар тхуна ло, х1ай Везан Дела.

Кхидолчу 1аламе цкъа хьожучу хенахь,
1аламна беркаташ доькъучу хенахь,
Хьо шена чу шозза хьаьжна и нана Дег1аста
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

Хьо дукха везаро шайн кийра багийна,
Хьо везаран марзоно шайн дегнаш дузийна,
Хьан ц1ена эвлияаш дукха баьхна Дег1аста,
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

Сесанан кортошкахь хьо дукха хьехийна,
Буьйсанан кийранехь хьоь дукха вилхина,
Сесанарчу Воккха-Хьаьжас ялхийна Дег1аста
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

Зандакъа веана, хьоь дукха вилхина,
Хьо резавар некъа т1ехь муридаш кхиийна,
До1анашца Г1еза-Хьаьжас дукха ехна Дег1аста.
Ахь парг1ат яккхахьа х1ай Везан Дела!

Стиглара нур дохьуш и нуьре б1ог1ам
Илсхан-юьртарчу цхьана керта боссарца,
Воккхачу цу Хьаьжас тоьшалла дина Дег1аста,
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

Стигларчу ох1ланна кхаъ хилла ша веъна.
Лаьттарчу ох1ланна г1овс хилла ша веъна,
И Кишийн Мубарик Айхьа воссийна Дег1аста,
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

Хьан деза шари1ат кхайкхадеш баьхкина,
Шари1ат дазонаш шаьш лардеш баьхкина,
Цу Воккхачу Абуйн, цу Моллийн, цу Аптийн Дег1аста,
Ахь парг1ат яккхахьа, Х1ай Везан Дела!

Ахь хьайн гергарло шега д1ахьедина,
Къонахалла, майралла шайн дог1мех хьарчийна,
Цу Дедин, цу Доккин, 1усман-Хьаьжин Дег1аста,
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела.

Воккхачу цу Велис ша имам валийна,
Ша хилале цу Макка г1ург хилар дийцина,
Кхайкхам бан виллинчу Байбетаран Дег1аста,
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

Динан бакъо кхайкхаяр харцоно дихкина,
1еламнах кхиабар 1едало дихкина,
Цу Юсуп-Хьаьжас ша Изноврца йитина,
Дег1аста ларъе Ахь, х1ай Везан Дела!

Шеца вар бехкам беш, устаза сацийна,
1илма даржорца векал вина, хала къаьстина,
Изнаур юха веана и нана Дег1аста,
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

Боданехь нур детташ, и бода эт1ош
Маьлхан нуьрера, беттан сине валаре терра
Изновр кхиийначу Юсуп-Хьаьжин Дег1аста
Ахьа парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

Бодане буьйсанна седарчий ва санна,
Шайн беркате цу нуьрах 1аламо ирс оьцуш,
Изновран, Сайд-Ахьмадан, 1абдул-Хьалиман, цу Мохьмадан Дег1аста
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

Д1абузуш лаьтта хьуна и нуьре дашо малх,
Цу маьлхан з1аьнарех ирс эца хьайна бохуш,
Изновра кхиийначу 1абдул-Г1афуран Дег1аста,
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

Хьан маьлхан з1аьнарш дукха лаьттар ю моьттуш,
Хьан 1илманан х1орда чохь тхо луьйчур ду моьттуш,
Хьан лулахо хилла висинчун Дег1аста,
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

Боккхачу цу х1ордах бисина 1ам санна,
Малх буьзна боданехь, латийна чиркх санна,
Уьш боцуш, тхан йоцуш йисина Дег1аста
Ахь парг1ат яккхахьа, х1ай Везан Дела!

13.04.2003 шо.

Нохчийн мотт

Нохчийн мотт, ненан мотт – сан деган канза!
Сан синан мехалла, дахаран маь1на.
Хьо бийцар – дозалла, хьо бийцар – сийлалла
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна

Вайн къоман азаллехь синошца кхоьллина,
Д1аяхна селхане къийсамца кхелина,
Тахане, кхане а кхолламе кховдийна,
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна.

Наноша иллешца къонахий техкийна,
Къонахийн еза ц1ераш йозанца язйина,
Доврдоцчу дахаран тептар т1ехь сацийна
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна.

Халачу киртигехь, нур уьйуш, лаьттина,
Дуьненан къийсамехь турс хилла х1оьттина,
Хьо ларбеш эгначийн таж хилла къегина
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна.

Къаьмнашца марзонан т1ай хилла х1оьттина,
Оьздаллин, г1иллакхан куьзгана лаьттина,
Масаллин дахаран х1ур хилла г1аьттина
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна.

Массо а заманахь курра чекхбийлина,
Г1иллакхе волчунна йо1-б1аьргел к1еда
Ларамах воьхначунна лом санна дера
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна.

Бакъонна буьйцучохь мазал бу мерза,
Ткъа безам балхочохь – бамбел а к1еда
Йист йоцуш бухдуьйлу и шовда санна,
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна.

Масла1ат дуьйцучохь – беркате коьчал,
Т1улг санна ч1ог1а дог ахь хийла к1аддо,
Кийрара къиза ц1е масане яйина
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна.

Т1еман ц1е сацайо хьо нийса бийцаро,
Нийсоне кхачаво бакъонца лебаро,
Къонахий кхиабо хьан хазчу 1аьнаро,
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна

Д1аяхна селхане тхан хьоьца йоьзна ю,
Тхо деха тахне хьо бийцарца ирсе ю,
Т1ейог1у и кхане, хьо ларбахь, хир ма ю,
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна.

Хьо Дала баларна беза бу тхуна,
Делан дин девзира халкъана хьоьца,
Элчанан хаза некъ тхуна бевзина хьоьца,
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна.

И Делан гергар нах бийцина ахьа,
Церан и сирла некъ бийцина ахьа,
Уьш безар, уьш ларар тхан дегнех хьарчийна
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларйина хазна.

Вайн Далла хастам бу бусулба кхолларна,
Иман а, нохчийн мотт шиъ цхьана тохарна,
Нохчалла даим хьо бийцарца лардина,
Нохчийн мотт, ненан мотт – тхан дайша ларъйина хазна.

Кхаъне 1уьйре

Ма хаза хир ю-кха кхаъ беъна 1уьйре,
Вайн Делан гергара кхаъ беъна бохуш.
Бакъонан ох1лано вовше йир етташ,
Маьхьарца г1оттур ду дуьненан 1алам.

Бакъ хилла Дала йина и ч1ог1а ч1аг1о,
Кхин йолу ч1аг1онаш бакъ хиларе терра.
Мархьаба, Маршо я Делан бакъо, ва бохуш,
Маьхьарца г1оттур ду бусалба 1алам.

Вайн Делан некъаш ду вайна т1ехь лелаш,
Бакъверг а, харцверг а шаьш нийса къастош.
Сатийсинчу бакъонца марша ва хьо, бохуш,
Маьхьарца г1оттур ду бусалба 1алам.

Харцонан меттиг яц бакъонна дуьхьал,
Шайгара харцоно и йохор ю моьттуш.
И харцо бакъонах таръян шаьш г1иртина,
Маьхьарца г1оттур ду Дуьненан 1алам.

Байттамал хир ма ду хийла а дена.
Доккхачу хазачу дуьненан дийнахь.
Пайденна доцу байттамал хир ма ду кхана,
Хьисабан низамаш ч1аг1динчу дийнахь.

Вайн Дала адаман синош кхуллучу дийнахь
Х1ара дуьне а, эхарт а харжаме диллина боху.
Х1ара дуьне эхартах хийцина тоба
Вайн Далла дукхаезна тоба ю ма боху.

Вайн Дала нисви хьо хьекъалца, кхетамца,
Лааман да вина, ша къастам белла.
Бакъдериг, харцдериг ша хьоьга къастадайта,
Делира хьуна и ни1мат Везачу Дала.

Хьайн кхетам базий ахь дег1ана безамна т1аьхьа,
Хьайн хьекъал нисди ахь дуьненан пайденна.
Х1ун даьхьна хьажа хьо кху т1улган дуьненах
Хьол хьалха кешнашка бирзиначара.

Шен дег1ан безамна дукха т1аьхьа вазар,
Хьайбанийн амал ю, вайн Дала елла.
Ткъа муха хуьйцу ахь хьайн елла адмалла.
Хьайл лахара х1оттийна кхоьллинчу 1аламах?

Боданера хьо нуьре ваьккхинарг вицвелла,
Хьо х1унда г1ерта буькъачу бодане.
Аьлла дац вайн дайша: ша бацал лаьллича,
Баь1аш т1ехь бен соцуш дац амале вир а.

Х1ара дуьне т1аьхьло йолуш кхоьллина делхьара,
Кхунна чохь вахар ша деха делхьара,
Кхуллур дара х1ара дуьне дешех а, детех а.
Вайн Дала аьлла ду: «Цуьнан ойла е ахьа».

Де дийне мел долу хьайн дег1е ладоьг1ча,
Цу дег1ан хийцамаш ца хаало хьуна?
Тоьшал деш къоьжа чо ша гучу баьлча,
Зама герга ва кхачар ца хаало хьуна?

Эзар шо дуьнен чохь даьккхинчех х1ун хилла?
Паччахьал олалла лелинчех х1ун хилла?
Х1ара латта деца уьш хьулбина лаьтта дерг
Хьехаме долахьа х1ай, 1еса адам.

Вайн Дела Аллах1 ву собаре Эла,
Нийсонца кхел хьукма ша лелош волуш.
Цуьнан динах тассало, вовшех ца къесташ…
Декъала хила хьовсий вай, бусалба тоба.

Шена хьаставелла, шен нуьре веъна верг
Вухатухуш Эла вац вайн Аллах1 Дела!
Тоба деш дохкодевла цуьнан не1аре х1итта,
Иман ч1аг1дойла вайн Везчу Дала.

Хьан хаза къинхетам дикчарна бен ца хили.
Тхо санна 1есачара х1ун дан деза Дела?
Хьо Эли хиларна, тхоьца яхь ца лоцуш,
Тхан къиношна гечдехьа, х1ай Везан Дела!

Ахь гечдар сийлалла ю тхуна, Дела.
1азап лахь, ахь кхоьллина хьан лайш ду тхо, Дела!
Хьоьгара бен къинхетам кхин лаха меттиг бац.
Бехьа тхох къинхетам, х1ай Везан Дела!

Дуьнено 1ехийна, шайт1ано тилийна,
Хьоьга кхайкхар г1опал хилла д1аяхначу заманна,
Кхачале кхачам беш хьо Эла хиларна.
Ахь тхуна гечделахь, х1ай Везан Дела!

Вайнах, №8, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх