Тепсуркаева Жукка.

Тепсурккаева Жукка дуьненчу яьлла 1924-чу шарахь Хьалха-Марта кIоштан Гихт1а олучу юьртахь. Жуккин ден-ненан доьзалехь шийтта бер хилла. Кхеран доьзал даима цхьацца белхаш беш, къинхьегамхой хилла. Вайна ма-хаъара, 1944-чу шарахь Сталинан омрица кхидолу къаьмнаш санна, нохчийн къам а Юккъерчу Азе кхалхийра.
Жукка а, цуьнан доьзал а Казахстане кхечира. Церан а лан дийзира цу заманчохь нохчаша лайна халонаш. Амма халонашка ша къар ца йойтуш Жуккас ялх доьзалхо кхиийна.
Тепсуркаева Жукка шуна йовзийта лааран бахьана ду, цо ша цIера яьккхинчу хенахь шена хезна нохчийн узам дагахь Iамор а, и узам вайга схьакхачор а.
Жукка хIинца вайца яц, амма цуьнгара схьаязбина узам бисна, тахана и шун кхиэле а буьллу оха.

Вайн Далла хастам бу!

Ва, делла довла вай яхь йолу кIентий!
Ва, делла довла вай яхь йолу кIентий!
Вай хIунда ца даьккхира и деза гIазот?
Ма кийча хилира вай махкаха довла.
Вай, делла довла вай яхь йолу кIентий!
Ма атта йитира хIара нана ДегIаста.
Ва, делла довла вай яхь йолу кIентий!
Меттахь Iуьллург тохий карчош,
Ца ларош висинарг герзаца вожош,
Делера доцуриг ва орца доцуш,
Ма къиза хьовзийра цу Дала ма ларарша.
ТIера дай дIалецна тхо цхьалха дитина,
Юьстах боккху бажа санна,
Тхо юьстах даьхна,
ТIе догIуш ло долуш, лайна кIел ховшийна,
Го баьккхина дIахIитти и Делан мостагIий.
Ва яккхий «Студебеккарш» юхатеттина
ТIе дотта долийра ва зударий, бераш
ТIаккха тхо кхийсира товарни вагон чу.
Ва даго хIума доцуш, йогуш цIе йоцуш,
И шера аренаш ва тIаьхьа туьйсуш,
И яккхий охьенаш пурхала цоьстуш,
И цIера ва машен ва йолаелча,
Ма маьхьарий девлира баккхийчу нахе.
И цIера ва машен ва йолаелча,
Ма маьхьарий девлира зударшка, берашка.
И лекха ламанаш ва тIаьхьа хьоьжуш,
Буха дисина ва даьхни тIаьхьа а Iоьхуш,
ХIара нана ДегIаста ва тIаьхьа а йоьлхуш,
Ма юьхьарлецира Сибреха боьду некъ.
Ва маьрша Iойла хьо, тхан нана ДегIаста.
Ва маьрша Iойла шу тхан кешнийн охIланаш
И Делан кхиэл хилла тхо Сибреха ва доьлху
Тхо Деле дехалахь, ва нана ДегIаста!
Вагон тIехь веллариг дIалечкъош,
Веллийла ва хиъча чу кхуссур ву олуш,
Цу некъан йохаллехь талламаш бина.
ТIера чу кхийсира беллачийн декъий.
Дахна тхо кхечира цу сийначу Сибреха,
Чу даха, тIе даха меттиг а ва йоцуш,
Iеламнах байъинчу цу сийначу Сибрехахь
Тхан рицкъа Ахь яздира, ва Везан Дела!
Мацалло хьийзочу цу сийначу Сибрехахь
Шелонна цIийзачу сийначу Сибрехахь,
Мацалла беллариш ло буха теIош,
Ма зама яьккхира цу Сийначу Сибрехахь.
Ва марша Iойла шу, тхан дай-наной!
Ва марша Iойла шу, тхан йижарий, вежарий,
И Дела кхиэл хилла шу буха дисна,
Тхо даха ма дохку ва нана-ДегIаста.
АлхьамдуллиллахI! Вайн Далла хастам бу!
АлхьамдуллиллахI! Вайн Далла шукар ду!
АлхьамдуллиллахI! Вайн Далла хастам бу!
Ва нана-ДегIаста Ахь юхаяларна!
АлхьамдуллиллахI! Вайн Далла шукар ду!
ХIара нана-ДегIаста Ахь юхаяларна!

Зорбане кечйинарг АБДУЛАЕВ АДАМ

Вайнах, №8, 2013.

1 комментарий

  1. Мухьаммад

    И Дела а, Дела Элчи везар марзоно – бохуш йолу назам язъеш суна Дела реза хийла шуна.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх