Тамара Джамалдинова. Нохчийчоь. Стихаш.

Джамалдинова Тамара йина 1966 шарахь Т1ехьа-Мартанан к1оштан Котар-юртахь. 1994 шарахь чекхъяккхина Серноводски техникум. Iаш-ехаш Т1ехьа-Мартант1ехь ю. «Вайнах» журналехь дуьххьара зорбане йолуш ю Джамалдинова Тамара.

Нохчийчоь

Сан деган мерз бу хьо, сан дег1ан шовкъ ю хьо,
Дахаран некъашкахь серлонан чиркх бу хьо.
Дог доьхна йоьжначохь со г1атто ницкъ бу хьан,
Сан Нана-Нохчийчоь, сан мерза са ду хьо.

Горх1уттуш доьху хьоь, х1ай Нана-Нохчийчоь,
Къинт1ера ялалахь хьайх къаьсташ яхарна!
Дуй буу, тешалахь, сан хьоме Нохчийчоь,
Даьккхина х1ора де кхоьруш хьо цагарна.

Г1о оьшуш йисначохь, ц1е яьлла йогучохь,
Хьо цхьалха йитина со пана яларна.
Гечделахь, Нохчийчоь, йитарна йоьлхучохь,
Дог доьлхуш яхар со, ца яхча ца йолуш.

Делахь а, Нана-мохк, хьо цхьалха ца биси,
Яхь йолчу к1енташа дешица кхо кхели.
Хьан дуьхьа хийламмо деззашехь са дели –
Дай баьхна Нохчийчоь хьо серлаели.

Дуьнент1ехь мел еха хьан сий деш ехар ю,
Сан дагчохь даима хьан амат лаьттар ду.
Нагахь цкъа т1екхача йиш йоцуш со йиссахь,
Ойланца дог кхарстош хьоь дагар дуьйцур ду.

***

Кагделла чудуьйжи бераллин т1ай,
Цкъа мацах тайнигах тиллина вай.
Хьо – дехьа, со – сехьа диси-кха вай,
Ма елха, ма тийжа бералла, х1ай.

Хьо дехьа ловзуш ю мохь бетташ: «Х1ай..!»,
Суна а каради йоккхалла сайн.
Амма хьо тешалахь бералла, х1ай,
Хьо даим ас дагчохь лелор ю сайн.

Д1айижа бералла, ма елха, х1ай,
Г1енаха бог1ур бу и дашо сай.
Салазаш хохкур ю шийлачу 1ай,
Ма елха, ма тийжа бералла, х1ай.

Дагадог1у, дара и шийлачу 1ай,
Со корехь лаьттара ойлаеш вайн.
Суна-м хьо кхечарна елалуш яй,
Ма елха, ма тийжа со 1ехош, х1ай.

Хьох яьлла ирс лоьхуш лелар ю сайн,
Кхечара туьллур ду бераллин т1ай.
Кхин цкъа а кхетар дац вовшеха вай,
1одика йойла хьан, бералла, х1ай!

Нана

Буьйсанна наб йохийна хила а тарло ас,
Дог 1овжош дош аьлла хила а тарло ас.
Делахь а, доьху ас, хьомсара нана,
Даггара къинт1ера хьо суна яла.

Хьан деган йовхоно сан дахар хаздина,
Мерзачу хабаро бала д1аайбина.
Г1ийлачу узамо сан г1енаш лардина,
Нана, хьо хиларо х1ар дуьне хаздина.

Со берахь хьистина хьан хаза к1айн куьйгаш,
Эсала йоьхь-сибат, хьан къоьжа месаш.
Замано каетташ, г1елдина г1ора,
Сан даге лацало ойла еш д1ора.

Нана, ас доьху хьоь, хьо суна яха,
Сан деган зезагаш ахь серладаха.
Сох эгна г1алаташ ахь къайладаха,
Нана, ас доьху хьоь, хьо сунна яха.

Хьо йоцуш 1уьйренаш ца оьшу суна,
Хьо йоцуш суьйренаш ца оьшу суна.
Хьо йоцуш х1ар дуьне ца оьшу суна,
Нана, ас доьху хьоь, яхалахь тхуна.

Вайнах, №9, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх