23.06.2015

Солтаматова Иман.

Солтаматова ИСолматова Иман йина Соьлжа-г1алахь. 2011 шарахь чекхъяьккхина Соьлжа-Г1алин Мехкадаьттан институт. Карарчу хенахь 1аш-ехаш ю Йоккхачу Атаг1ахь.

         Нанна лерина

Нана, сан хьомсара Нана,
Хьо йоцург цхьа а дощ дац.
Хьан еха и дашо ч1аба –
Цул хаза х1умма хир дац?
Делахь а къежделла гиччош хьан,
Замано етта шен ног.
Сел каде хиллачу боларех,
Тера бац ахь луьйзу ког.
Ца моьттура суна бераллехь,
Г1еллур ду хьан цкъа а дог.
Сагатдеш, хийла ахь къийли и,
Баланаш лечкъабеш тхох.
Къинт1ера ялалахь, Нана
Дилха дог ас 1овжийнехь!
Йоллахьа, хьомсаре Нана,
Хьайн йо1,со, къовллий мара.

       Б1аьстенан хьоза

1.

Юха а сан корехь дека и аз,
Б1аьстенан 1уьйренца
дог ловзадохуш.
Дека и д1аоьцуш г1айг1анийн барз,
Дуткъачу озаца 1ехаеш, хьоьстуш.

2.

Хьан озе ладоьг1ча, сан деган мерз
Ша сетташ, ийзало,
хуьлий тулг1енаш.
Цу хазчу хьан басе тоьхча ас б1аьрг,
Лепа хьо малха к1ел, серла а дуьйлуш.

3.

Х1инца-м хьо к1адъелла,
г1елделла аз а,
Б1аьргаш хьан т1еоьху,
набаран тар туьйсуш.
Кхана а ас лардийр ду бешара заз а,
Корах хьо къайлаха
гойла а хьоьжуш.

        Жималла д1айоьду…

Жималла д1айоьду,
к1ес етташ, шийла,
Оьг1азе бер санна, дегабаам беш.
Йоьрзур яц юха и ас мара къийларх,
Йоьду и, сан шераш
х1иттадеш теш…

Вайнах №5-6, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх