Шишханова Зулпаъ.

Лаьмнаш

Ма ч1ог1а баланаш лайра,
Чехадеш луьрачу т1амо.
Амма шу лаьттара майра,
Аш йира махкана само.

Шу маца гур ду-те бохуш,
Хийла сатийсира шуьга.
Сан б1аьргаш ирсаха догу,
Йиш йолуш тахана шу ган.

Шун баххьаш, шун юькъа хьаьннаш,
Мацах цкъа дай баьхна б1аьвнаш.
Шу кура латталаш лаьмнаш,
Цецдохуш массо а къаьмнаш.

Парг1ато, маршо а вайна
Хуьлийла, кхуьийла беш.
Лаьттийла шу, лаьмнаш тайна,
Т1амо кхин чеха ца деш.

Бералла

Ц1еххьана яьгна д1аели
Бералла, сан хаза денош.
Тахана со юха кхечи,
Сайн юьрта, б1аьрхиш а 1енош.

Кхузахь со 1емира яздан
Хьанашкахь, лаьмнашкахь лелаш,
Васташца йозанаш хаздан,
Байт1ера зезагаш лехьош.

Йохийна, 1овжийна, т1амо
Хийцина сан хьоме юрт.
Атта дац дайн кхерч схьакаро,
Коьллаша хьулди ден чурт.

Ткъа х1ун бехк бара те хьаннийн,
Кегдинчу, аьттачу довзийн.
Герзаша дохийнчу ханнийн?
И хаттарш жоп доцуш дов-кха.

Б1аьрг бетташ лела со юьртахь,
Хьаам беш догучу сина.
Кхиъна уьш кху б1аьста шорта,
1енийнчу ц1ийх кхиъча санна.

***

Ахь х1унда лечкъадо
Б1аьргаш хьайн тийна?
Суна го царна чохь
Стигланаш сийна.

Денош мел д1аэхарх,
Хьо тешна хилалахь,
Хан-зама д1аяхарх,
Вицлур хьо ца хиларх.

Со хьоьжу стиглане,
Боккхачу безамца –
Хьан б1аьргийн бос лепаш.
Сийна и хиларна…

Ца хаьа-те хьуна?
Я тергал ца дина –
Хьан б1аьргаш чохь суна,
Сайн амат гуш хилар.

    Хала дара…

Суна хала дара,
Хьох къаьстина яха,
Сан дай баьхна латта,
Хьомсара сан Даймохк.

Суна ца хаьара
Со муха ехар ю.
Хьох яьлла хан-зама
Ас муха ларйийр ю.

Хала дара суна
Кхечу махка яхна,
Доттаг1ех, яьлла сайн,
Нехан махкахь яха.

Х1инца-м хийцаделла,
Дерриг: мохк хазбелла.
Сенъелла хьун, ирзош…
Со хьоьстуш ю ирсо!

Седарчий

Д1о стиглахь седарчий сийна,
Цхьа ч1ог1а хьоьжура соьга.
Йовзарца сан деган г1айг1а,
Хаарца со хьоьжий хьоьга.

Со хьоьжу сийначу стигла,
Седанехь хьан амат лоьхуш.
Хьо сайна мел гена хиларх.
Ехар ю со, хьоьга хьоьжуш.

Вайнах, №7, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх