Шишханова Зулпа. Сан г1ала.

Шишханова2Сан г1ала

Малхаца къегина, хазъелла,
Хьо лаьтта, сан хьоме г1ала.
Ма чевнаш хьан дагна хиллера,
Ма ч1ог1а лайра ахь бала.

Хьо йогуш, чим хилла, ма гира,
Бацара ницкъ орцахъяла,
Хьо йогуш сан дог а дегира,
Хьомсара сан Соьлжа-г1ала.

Ткъа х1инца-м лайнадерг д1адели,
Хилладерг г1ан хета тахана.
Хиллачул хьо кхин а хазъели…
Кхаъ бу хьо догц1енчу нахана.

Буьйса

Т1екхечи б1аьстенан суьйре,
Стигал а д1атийна лам т1ехь.
Зезагаш, кхетча шайх куьйгаш,
Хебало сийначу бай т1ехь.

Екхначу стигала хьоьжуш,
Лела со Даймехкан арахь.
Ловзучу седанна доьлуш,
Дог а ду детталуш кийрахь.

Беттаса лаьмнашка кхерста,
Шен нур цу хьаннашца туьйсуш.
Зезагаш дуьхьала лесташ,
Къежаш ду, безамах дуьйцуш.

Ткъа ас а, безамна ларъеш,
Чекхйоккху б1аьстенан буьйса.
Ойланийн семалла къаръеш,
Б1аьргаш т1е ховха наб туьйсу.

Зама

Ма ч1ог1а сихъелла йоьду хьо,
Х1ай зама, сан ирсан зама.
Цхьа жима сих ца луш хила хьо,
Ца кхиъна со дахарх 1ама.

Ца кхиъна Даймехкан хазалле,
Б1аьрг тухуш доггаха хьажа.
Ца кхиъна, дай кхерчан дикалла
Евзина, яха а хаза.

Ца кхиъна дагчуьра лаам,
Кхочушбеш цкъа яьлла ара…
Сан дагна сий дарца лара,
Цхьа Даймохк, хьоме къам карий.

Хьоме юрт

Лекхачу ламанийн
Баххьаш а лардеш,
Хьан сенчу аренех
Токхе б1аьрг бетташ,
Еха со, хьоме юрт,
Хьо дукха езаш.
Еха со, хаза юрт,
Суо ирсе хеташ.
1уьйренийн, суьйренийн
Хазалло хьоьстуш,
Сирлачу шовданийн
Коьрте а юьйлуш
Еха со, хаза юрт,
Хьо дукхаезаш.
Лела со, хьоме юрт,
Суо ирсе хеташ.

Вайнах, №6, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх