Шишханова Зулпа.

shishhanova222Со йоьду лома…

Со йоьду юха а лома.
Дай баьхна меттигаш ган.
Кхузахь сан д1аяхна бералла,
Кхузахь хиллера со ирсе.

Некъ хьийзаш боьду ламанца,
1алам ду цхьа тийна, тийна.
Мел хаза ду Даймехкан ни1маташ,
Мел ч1ог1а сатийсара ас шуьга.

Мостаг1чун мел ч1ог1а лаарх.
Къар ца бели хьо сан Даймохк.
Тахана майра ду лаьтташ.
Хьан лаьмнаш, бац царна кхерам.

Х1ун хир ду дуьненчохь деза,
Хьомсарчу хьан меттигел.
Хир дуй техь дуьненчохь х1ума,
Сан жима, хьоме юрт хьол.

Лаьмнаш

Ма ч1ог1а баланаш лайра,
Чехабеш луьрачу т1амо.
Амма шу лаьттара майра,
Аш йира махкана само.

Шу маца гур ду-те бохуш,
Хийла сатийсира шуьга.
Сан б1аьргаш ирсаха догу,
Йиш йолуш тахана шу ган.

Шун баххьаш, шун юкъа хьаннаш,
Мацах цкъа дай баьхна б1аьвнаш,
Шу кура латталаш лаьмнаш,
Цецдохуш массо а къаьмнаш.

Парг1ато, маршо а вайна,
Хьуьлийла, кхуьийла беш.
Лаьттийла шу, лаьмнаш, тийна.
Т1амо кхин чеха ца деш.

Б1аьстенан зезаг

Ломара мела мох хьаькхна,
Малх кхетта еанчу 1уьйренца.
Ас хьоьга кховдийра, лехна,
Б1аьстенан дуьххьара зезаг.

Ас дукха лийхира зезаг,
Тхайн ломахь, б1аьццарчу байт1ехь,
Ма хьежа цуьнга ца вешаш,
Ахь цуьнан дог-ойла хьаста.

Сирлачу б1аьргех хиш 1енош,
Ас хьайга кховдийна безам.
Хьайн дагчохь биллина лелош,
Гуттара и 1алашбелахь.

Хаалахь, оцу зезагца,
Хьоьга ас кховдадой ирс.
Дуьненчохь ехар ю даима,
Хьан дешан, хьан а деш сий.

Седа

Буьйсанна набарха йолий,
Седарчий тергалдеш 1ара.
Сайн седа къастабан олий,
Йолура са тедан ара.

Ткъа къаста-м ца лора соьга.
Сайга ирс кховдо берг седа.
Седарчий-м дуьсура сега,
Ца туьгуш сан дагах кхета.

Т1аккха сан кхиийра ойла:
Лаьтта т1ехь бу-кха сан седа.
Сатуьйсуш и седа гойла,
Ойланийн тир яхьаш лела.

Вайнах №7-8, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх