17.05.2015

Шамсудинов Бувайсар. Йоьхна гIала…

Дийцар

…Эххар а кхачабо ницкъ. Кхачадо собар. Хилларг д1адолу, дерг а хуьлу цкъа д1адер долуш. Иза ма-дарра кхунна х1инца хаьа. Хаьа тахана ша г1орасиз, орца ала стаг, мохь тоха накъост, дагара дийца нана йоцуш висча…
…Дагахь а доцург кечдеш хиллера замано. Я кхуьнан, адамаша хьуна цкъа а дагацадеънарг кхуллуш а, хьуна къемата а дийр дац моьттинчо х1уъа деш а.
Иза кхунна ца хиънера. Кхо х1оранна а динера накъосталла. Х1оранна, вела а воьлуш, г1уллакх дора, я ша динарг, иза ша дина, олий дага а ца доуьйтура. Кхунна иштта хила деза моьттинера гуттар а. Моьттинера xlapa дуьне кхоьлличхьана иштта схьадеана а, иштта чекхдер ду а. Амма дерриг а ца хиллера ма моьтту, я ма хеттара таханлера дахар а, я ма лаъара xlapa адамаш а.

Жимма хало хиллера цхьадерг. Я боккъал а диканиг, хьоьга лан ца даллал деза а, юха экама, цхьа атта, маьттаза долий духуш а – я, кхара иэрча доккхий дохош а…
Иза кхунна тховса, тахана, шен ткъе ялхалг1ачу шеран юьххьехь хаало. Хаало ша мила ву а, ша лехнарг х1ун хилла а. Кху, царна хьо эшарна, хьайна безначу нехан гергарло хьайца меллалц хилла а, я кху.суьйренца адамех хьега юьсучу г1алина ша санна верг мел ца оыну а цхьана…
–…Делкъалт1аьхье т1ейогг1ушехь, хьайн юьрта ваха деза ма олу ахь?! – и хаттар дуьззина, я къамел кхачош а доцуш хуьлу. Я цхьа атта, деса, бен доцуш… – Иштта д1а олу-кх. Ц1аваха деза. Аса х1ун дийр ду кхузахь, делкъалт1аьхье… суьйре, буьйса, я xlapa дуьне дуьззина болу бода… – кхуьнан мотт тийсало… Дагадог1у дерриг a: xlapa хилла г1ала а, кхуьнан суьйренах самукъадолуш хилла дахар а, я ша, шен накъостий, шайн хилла урамаш – безамаш, церан цхьа коча, эсала г1аланаш-б1аьргаш а…
– К1орда ца дина хьуна…??? – Xlapa вист а ца хуьлу. Цхьа синтем боьхна д1асахьийзар дуьсу эххар а. Д1аволало, ша дикка гена ваьлча, йо1 т1аьхьа хьоьжуш хилар а хаалуш.
…Лиза евзина х1инца цхьа бутт хир бу. Цул т1аьхьа–м иза xlopa дийнахь а гора. Делкъалт1аьхьа вовшахкхетий, цхьацца дуьйцуш, цхьаццанхьа хуий а 1ай, д1асадолура xlapa шиъ. Аьлча а, д1асадалар гуттар а, тахана санна, цхьа шийла, бендоцуш а хуьлура…

…Кхунна дуьххьара шайн белхан цхьана рог1ерчу гуламехь гира иза, аьлча а, Лиза кхунна нийсса т1ехьа хиллера хиина 1аш. Кхо къамел деш, чохь болчу на– къосташца баьллачу къовсамехь, дош шега а эцна, дуьхьала яла дагадеънарг, кхо дуьйцург шена х1ун ду а ца хуу, цхьа безамехь йо1 яра, цхьа мокха, къегаш ши б1аьрг а, белшаш т1екхочуш месаш а йолуш, йолу. Кхо цхьаъ дуьйцура, ткъа вукхо – кхин, цхьа цу нахана массарна а томехь хеталург а.
– Х1инца со хьийзон, кхарна т1е хьо мукъане а стенгара ели-те? – Гулам боьхначул т1аьхьа, ша жимма мукъа ваьлча, цу йо1ана т1евирзира xlapa. Ма дарра аьлча, цо а, вукхара а х1уъа туьйра дийцарх шена бен доцийла, я цунах жоп ца оьшийла, шена шерра хуъушехь.
– Х1а?.. – Йо1 шен и тамашийна, баккхий б1аьргаш т1е а боьг1на, дуьхьал къежира. – Ахь ма ч1ог1а хьайх тешаш къамел до… – Кхунна дагахь а доцург элира йо1а. Xlapa цецвелира, эхь хийтира, я моьттира шена и хеташ санна.
– Б1аьргаш бац шун, я къора???… – бехк ма биллалахь, кхузахь хийранаш буйла ца хаьара суна. – Шен метта т1ехь хиллачух цхьа боккха къурд а беш, xlapa велавелира, шен хьалхо хилла ши-кхо дош йо1ана дицдан, я ша ала воьлларг д1адайа санна.
– Со–м яц хийра, со шун телевиденера ю хьуна. Хьо цхьана кхечу дуьненчохь волуш санна дуьйцур-кх ахь. Хьо а ма ву кхузара – адам … тхо санна… – Хетарехь, йо1а цхьа бехк боккхура. Я хьехарш, я дов, я ца тешар…
– Т1аккха ц1е муха ю хьан? – цо дуьйцург ша тидаме ца оьцуш санна, велакъежира xlapa юха а. – Соьгара бехк-м баьккхира ахь.

– Х1ун до ахь цунах? Д1аг1о, со балха кхета дезаш а ю. – Йо1 д1айолало, цкъа цхьана юкъана xlapa цец а воккхуш.
– Цкъа цхьана минотана сацаехьа и хьайн говр!
– Х1ун бах аьхь х1инца? – иза сецира юха а йоьрзуш.
– Хьан ц1е х1ун ю а, хьо мила ю а, кху базара хьо муха кхаьчна а дийцахьа? – Xlapa велало юха а, жимма дехьаяьллачу йо1ана т1аьхьа а кхуьуш.
– Кхунах базар йинарг-м хьо ву моьтту суна? Аьлча а, хьуна х1ун оьшу соьгара х1инца?
– Хьан ц1е хиъначул т1аьхьа, ас хьо тахана кхин д1а сецош яц-кх, – xlapa къамел кхана а, лама а хила мегийла д1ахаийта санна, къежа дуьхьала.
– Яцахь, Лиза ю хьуна сан ц1е, 1одикайойла. – Кхин дуьхьал вист а ца хуьлуш, д1айоьдучу йо1ана жимма т1аьхьахьоьжуш лаьттира xlapa.

…Шолг1ачу дийнан делкъалт1аьхье яра xlapa церан балха т1е кхаьчча. Лиза муьлхачу кабинета чохь ю а гайтийтина, жимма не1 д1атеттира кхо. Йиллина яра:
– Ой, Анзор, хьо стенгара вели? Марша вог1ийла!
Кхунна цкъа эхь хийтира, юха къежира чоьхьа а волуш. Дуьхьалъяьлларг, кхуьнца цхьаьна дешна йолу, кхузара белхало Тамара яра. Дехьо хиъна 1аш хилла йолу Лиза а, ша чоьхьаваьлча жимма къежаш а, хьалаайалуш а хааелира кхунна. Иза цхьаъ деш йоллура. Юха, иза кхузахь карийна ч1ог1а хаза а хийтира кхунна.
– Кхуза ца вог1уш ма 1елахь, баьхнера соьга, со–м вог1ур волуш а вацара сайгара дош ца даьккхинехь. – Xlapa охьахуу, г1антах куьг а г1ортош.
– Деллахь ца аьлла аса-м. Сан х1ун бала бу хьоьца. Я хьо кху чу а муха витина? – Лиза ша кегош хилла кехаташ юьстах а тоттуш, хьалатаь1ира, цхьана бехкала ша яхча санна, аз а дегош.
– Хьо воккха маца хила дагахь ву, Анзор? Лиза, xlapa вара ахь суна селхана вийцинарг? – Цкъа кхуьнга, юха кхо аьллачо йохийна laш йолчу Лизега а хьоь– жуш, елаелира Тамара. – Селхана шун хилларг кхо дуьйцуш, хьо дагахь а ма вац суна. Кхунна шу довза а ма ца девза. Лиза керла еана ю тхуна…

Тамара ца соцуш, цхьаъ дуьйцуш яра. Ткъа xlapa цхьацца дагаоьхуш, вухуш, г1еллуш ойлане волуш… Хинца кху минотехь xlapa кхаьчнарг кхин дахар дара, кхин дуьне, кхин адамаш дара – кхин, кху шайт1анан мохо лекхна, батт а йоьхна, г1елъелла лаьттачу кху цхьалхачу г1алин доцу адамаш…
– Ахь х1ун до, хьо д1а ма сеци юха а…
– Д1аялахьа, суо д1а ойлане ваьллера со–м. Чай малий вай цул а? Ас селхана бохург-м, т1амо йохош йисинарг вовшахйоккхуш, отуш х1аллак ма ей вай, цхьана адамийн тешам, сатийсамаш, къа ма ду вай дойург, бохург, дара. Адмалла-м юьйцур а яцара… Схьадахьа цул а чай, Делан оьг1азло-м вайх яхана яьллера… – Xlapa сецира эцца. Ша т1аьххьар т1етоьхнарг шен дагахь дара, я ша хозуьйтуш д1аэлира, бохучун ойла а еш. Йо1 1адда Iapa, шена хьалхарчу кехата т1е цхьа къолам а хьоькхуш. Кхунна ца хаьара цо стенан ойла йо, я ма дарра дийцича, цо ойла йо, я моттарг1анаш лелайо а. Кху т1аьхьарчу хенахь цхьана моттарг1анашка дирзинам кху г1алин дерриг дахар а дара, адамаша цхьана къерачу дуйнашца вовшашна тоьшаллаш а деш.
Кхечу сибате даьллера дерриг а, кхечу хот1е, кхечу амале, я ма дарра аьлча, Везачу Дала магийна йоцучу къизалле.
– Анзор, ши–кхо де хьалха Лизас деъначу газета т1ера хьан цхьа г1урт боьшуш 1ийра тхойша, баккъал а суна–м цхьана aгlopa хьо нийса а хета хьуна! – Тамарас тохара шаьш цхьана доьшуш долчу хенахь дуьйна а олура кхо язбийриг берриг а цхьа г1урт бу, олий, цхьана забарна, бегашийна санна. Я кхуннам иза башха дегабааме а ца хетара.

– Муьлха ду ахь х1инца дуьйцург? – Цуьнан ойла ян а ца лууш хаьттира кхо. Юха: – Д1аяхахьа, х1инца х1ун бен ду иза, со иза дийца веана ма вац кхуза… уьш–м даккхийра г1уллакхаш дацара, царал а даккхийрниш 1иттаделла сох селхана дуьйна. Лиза, ас хьуна иза дитам дуьтур дац, хьуна. – Кхо и хабар х1инца муьлххачу даша т1ехь а, ша бегаш бора ала шена аьтто а буьтуш, дуьйцура…
– Суна ца вевзара хьо, – иза Лиза яра х1инца. Иза цхьа бехкала яхана гора кхунна. Ас хьан цхьацца х1умнаш еша–м ешнера, делахь а, хьо цхьа воккха, йоккха маж а йолуш хир ву, аьлла хетара…
Xlapa къежира. Аьлча а, велавала лиира кхунна. Амма г1уллакх ца хилира. Х1инца дуьйхира дерриг а. Дерриг а атаделла д1аделира. Д1аделира, xlapa верриг а д1авоккхуш, ша-шен лачкъош, вохош, вицвеш санна, дешна дуьне мел ду д1аса а даьржина. Кхунах кхин а веш. Кхин Анзор! – ша дийриг цхьаннах а лечкъа а ца деш, юха кхуьнан доттаг1ий бу бохучара, шаьш кхул г1олехь ду а бохуш, нахана xlapa гучара ваьлваьллачохь вийца а вуьйцуш, церан моттарг1анех, х1окхара цхьа диканиг до бохуш, бехаш 1аш болу нах теша а тешаш, лелаш волу. Хабар мел дукха дийцарх нислуш х1ума дацара. Цунах дерг хьахийчахь, и дийца ца луучара xlapa кхетамна галваьлла ву, ла ма дег1а, олий, шайна кхин а доьхнарг дан аьтто а боккхура…

…Иштта нисделира дерриг а, цхьа тамашийна. Юха, дерриг а цхьа эсала, декъаза, х1инцца, х1инцца бохуш, цхьана м1аьргоне хьоьжуш, цеце а…
– Лиза, – элира кхо цул т1аьхьа ши-кхо де даьлча, – соьца дов х1унда ца доккху ахь? – Xlapa шиъ г1алин цхьана х1усамаш аьттачу, юьстахо болчу боьхначу урамехула схьадог1ура.
– Муха?
– Иштта! Цхьа атта! Xlapa ерриг а г1ала, массо адам а ду хьуна соьца ийг1ина.
– Д1авалахьа, Анзор, хьан воцуш доттаг1а–накъост ма вац кху махкахь, иштта ала мегар дац хьуна. – Иза йо1 яра юха а. Иза xlapa кхетон г1ертара цхьана х1уманах, я кхуьнан дог эца, я къахета: – Хьо санна, со а массарна а дукхаезахьара…
Цо цхьаъ дуьйцура. Кхо ладоьг1ура. Аьлча а, цхьана кхечу х1уманан ойла йора, я х1инца кхунна Лиза хезаш а яцара, я цо дуьйцург, цунна моьттург кхо тергалдеш а.
– Анзор, хьайна соьца къамел дан ца лаахь, д1аг1охьа. Со суо чу гlyp ю хьуна… – шен лере и дешнаш даьхкича дагаеара кхунна йо1. Юха ша соцуш а, Лиза болар сихдеш д1айолалуш а, юха ша вухавирзина, цхьацца ойланаш а еш, г1али юкъа вуха вог1уш а кхуьнан башха тидам а ца хилира…

–…Суна хаьа, со кхета дерригенах а, ахь лехнарг со… со яцара. Хьо со санначех къехкаш ма вара гуттар а, – юха цхьа–ши де даьлча, элира цо. Йоь1ан б1аьргаш а бара т1уьна, б1аьрхих буьзна. Xlapa вист а ца хилира дуьхьал.
Кхуьнан х1уммаъ а дацара ала я хатта. Я хаьттичахь, цуьнан кхунна дала жоп а… И хаттар тамашийна дара кху нахана, я xlopa а цец воккхуш, экама, юха т1аьхьо – ч1ог1а къиза а. Цара xlapa дерриг дахар а, дуьне а, 1алам а массо акхаро а даьккхинера цец, х1етте а уьш–м кху адамаша ша-шега ца деха, хьаьнгга а жоп доьхуш лаьтташ дара х1инца…
– Лиза, ас хьоьга а, сайга а, массо х1умане а моттарг1анаш 1адда йита боху… Х1оьга х1ун х1оьттина, я х1ун х1оьттина кхечаьрга… Массо де а ша ма дарра ду, массо буьйса а ю иштта, бутт а, малх а, кху лаьттара мел долу садолу х1ума а, ткъа xlopш – вай адамаш, вайга х1ун х1оьттина??? – Xlapa ша стенгахь ву а дицделла, собар дайна т1ечехара Лизина. Йо1 йист а ца хуьлура. Лаьттара, ша-шега цхьаъ дуьйцуш санна, легашкахь деса къурдаш а соьцуш, хетарехь, кхуьнан хьераваларх ийза а луш…

– Анзор, чу йоьду со, д1аг1о, некъ дика хуьлда. – Лиза д1айолаелира. Xlapa вист а ца хилира. Я ког а ца баьккхира ша лаьттачуьра. Цхьаццанхьара схьахезаш машенийн г1овг1анаш а яра. Суьйрено, х1оразза а санна, меттахдаьккхинера адам. Xlapa xlopa суьйре а ма яра кху г1алин цхьа тамашийна, кху т1аьхьарчу хенахь. Сарралц кхихкина, цхьа х1умма а бен доцу, шийла дахар делкъал т1аьхье йолалушшехь д1асадодий, бода къовлалуш т1епаза довра. Кхачадора т1аккха дерриг a. Xlapa наггахь вуьсура шен буьйсанца, я кху г1алин сингаттамца цхьалха. Ткъа цу шиннах цхьаъ къастон xlapa х1отта а ца х1уттура. Иза дукха г1ийла хир дара, я кхераме, я даьсса. Цо хилларш, лелларш ц1еххьана вовшах а тасалой, цхьа тамашийна сингаттаме вора. Цхьана м1аьргонна мукъана а хьуна оццул мерза, безаме хилла урам я ц1а, я цу ц1ийнан цхьа xlyсам-серло тахана яцара хьо вевзаш, хьо оьшуш, я хьо шайна дагаваийта лууш, дог дог1уш a. Xlopa урам – сингаттам, xlopa ц1а – бала, xlopa безам – мостаг1 хилла, дуьхьала яьллачу дахаран мохано х1аллакбина синтем бухабалон, шена х1инца оьшуш долчун ойла ян xlapa ваьхьаш а вацара. Озалора. Дукха б1аьрзе баьллера кху г1алин кхетам, дукха сиха дара болар, дера яра амал. Яра, хьан сатийсам, дагалецам цхьана серлоне боьрзучу м1аьргонехь и дерриг а бакъдерг доцуш, туьйра хиларх хьо тешон, ша дуьхьалбоккхучу бохаман ницкъ кхоо собар доцуш, сиха а… Кхо цуьнан ойла йора. Юха гуттар а цхьа жоп доцу хеттарш а… Юха цу хеттарша кхунна шайна жоп лаха цхьа а де а, буьйса а, я накъост а ца оьшуьйтура. Xlapa къехкара т1аьхьо дерригенах а. Юха дерриг а эцца, дицдар, я кху лаьтта т1ехь ша верриг, ша хилларг, ша хила везарг цахилар… т1едожадора…

Шолг1ачу дийнахь, суьйранна цхьана сохьтехь сов лаьттира xlapa, дайн т1едог1учу дог1ане а х1оьттина, кийра беттачу сигаьркин к1уьро сих-сиха легаш а дагош, Лиза балхара йолу хан ларъеш. Ара ца елира. Схьахетарехь, балхахь яцара иза. Я хьалххе ц1аяханера. И буьйса г1алахь д1аелира кхуьнан. Юьрта ца вахара. Т1амо йохоза йисинчу, шен цхьана квартиран пенашна юкъахь велира сахуьленга…
Т1ейог1уш яцахь а, кхоьлина нисделлера шозлаг1а де. Тахана балхара а вара мукъа. «Ванах, xlapa дан мукъане а х1ун ду, я ас лела а х1ун до… Я суна стенна оьшу xlapa къа…» – дагадеара кхунна, ша Лиза ехачу ц1енна уллехь, цуьнга ара а кхайкхийтина, лаьтташ.
– Хьо лаа вуй, Анзор? – Иза Лиза яра х1инца. Кхунна иза ган а ца гира т1ейог1уш. Я дикка хьаьжча бен йовза а… Шаьш вовшахдетталуш х1инца бутт сов хан яьллашехьа. Иза ч1ог1а тамашийна яра тахана, я ч1ог1а хаза – шен ц1ерачу кучаца, ц1ерачу боларца, хьажарца, ша ма ярра…
– Марша йог1ийла! – элира кхо меллаша. Элира цу шен озо и цуьнан араялар, цецъялар, йистхилар я xlapa тамашийна инзаре, шеца цхьа а забар йоцу, кхоьлина де, цхьаммо дохорна, дожорна кхоьруш санна, аз а г1елдеш. – Схьавеана-кх со а сайн poгle. Х1ун деш ю хьо xlapa дерриг дуьне а кхолийна, чуьра ара ца йолуш? – И хаттар х1инца цхьа тамашийна дара кхуьнан, ша шена цхьа ца дог1у дакъа къовса веъча санна. Кийрахь къуьйлуш цхьа ийзавалар а къаьсташ.

– Сан ала дезаш цхьа х1ума дара хьоьга, Анзор! Иза муха хир ду-м ца хаьа. Суна ца лаьа хьоьга иза ала, соьга иза ца алало. Со селхана а цундела ца еара. Ткъа тахана хьо кхуза веъча, ара ца ялар а нийса дацара. Анзор, со ма х1иттаехьа цу хьайн poгle. Со ма х1иттаехьа, со 1аддайитахьа, цхьаьна со санначунна. Со хьуна оьшург ма яц, я хьуна моьттург, хьуна хила луург а… Хьуна шортта ма бу оьш-оьшурш, со… со… – Йо1, баьргаш б1аьрхих а дуьзна, цхьа деса къурдаш а деш, маттана тийсаяла йолаелча, Лизин б1аьрахьажавеллачу кхуьнан дерриг а дуьне дуьйхира. Кхунна х1инца а ца хаьа, ша цу хенахь муха сацавелира. Я ша муьлхачу собаро ларвира цу минотехь ца воха, кху дуьненах, дахарх дог ца дилла… Йо1 йоьлхуш чу яхара. Я кхо т1аьхьа мохь а ца туьйхира. Xlapa висира латта. Аьлча а, цхьажимма лаьттира, ладоьг1уш. Юха, д1аволавелира г1алегахьа – я мацаха хиллачу цуьнан сибате, сатийсаме – ловзарга, дуьне 1аддол доккха, самукъане хилла долчу сирлачу дахаре…
…Коьртера мел д1а ца ялахь а, кхунна ца лаьара х1инца Лизин ойла ян, иза дагаяийта. Х1инца, хьалха санна, кхинд1а а, кхуьнга хьоьжуш, кхин дахар дара. Кхин дахар, кхин йоь1арий, кхин ловзарш… Кхунна башха лаа а ца лууш, я оьшуш а доцуш, кхо х1инццалц д1акхехьна долу…
Кхана–лама xlapa волчу еанчу Тамарас, хьайн жимма а аьтто белахь Лиза 1аддайитахьа, иза ахь лоьхург яц хьуна, ма 1ехаехьа иза, элира кхуьнга. Xlapa ца кхийтира цуьнан дешнех. Я хьалхо Лиза ала г1иртинчух а. Я иза кхунна х1инца бен а дацара. Тамара х1уъа ала г1иртинехь а, Лизина х1уъа моьттинехь а, кхунна иза ган лаьара. Ган лаьара сих-сиха. Сих-сиха вистхила а, я гуттаренна а цуьнца цхьаьна хила а… Амма иза цхьа а ца элира кхо. Xlapa 1адда1ийра резахиларца, цхьа жимма къежна, корта а ластийна…

Кхунна Лиза цул т1аьхьа пхи-ялх де даьлча гира. Ша волчахь кхечу декъашкара белхалой, куьйгалхой а гулбина вовшахтоьхначу цхьана гуламехь. Гулам юкъал т1ех баьллачул т1аьхьа, кхо кехатан цуьрг яхьийтира йо1е, болх чекхъбаьлчахь буха саца, цхьаъ ала деза а олуш. Юха, xlapa т1аьхьа араваьлчахь, яцара Лиза.Д1аяханера. Юха кхана:
– Лиза, ахь лелош дерг хаза дац хьуна, – элира кхо цуьнан балха т1аьхьа а вахана. – Хьуна х1ун хуьлура селхана цхьана минотехь собар динехь? Ас дийр дацара хьуна иштта, ахь санна. – Xlapa цуьнга шен дагахь бехк боккхуш вара.
– Со 1аддайитахьа, – элира цо юха а, цхьана экамчу беро санна. Юха а б1аьргаш б1аьрхих дуьзна дара. – Со 1аддайитахьа, Анзор! Хьо со оьшуш а вац. Х1инца цхьа а вац, цхьанне а оьшуш. Шалхонаш ца оьшура суна. Со вуьшта а ю цу шун шалхонаша 1адийна. Со кхоьру шун шалхонех, цара бекъна xlapa мохк, цара xlapa мохк, ярташ аьтта, йохийна, адамаш х1аллакдина… Дела оьг1аз вахча а, стигал лилхича а, латта т1ек1ал, бертал дийлича а ца кхийти-кх шу…
Xlapa кхин д1а ладег1а собар а ца тоьъна аравелира. Охьаволавелира дехачу ламишт1ехула. Юха, жимма хан яьлчахь, г1алин йистерчу Минутке, юха т1аьхьо – Шела юьрта а кхочуш… Х1инца ца лаьара цхьана а х1уманан ойла ян. Ладоьг1ура. Чубуза охьабаьлла, суьйренга лестина малх а хетара х1инца ша керла гучуболуш, кху керлачу дийнахь а адамашкара цхьа доьхнарг даларна кхоьруш санна, цхьа ийзалуш. Xlapa дохко ваьллера дерригенна а. Цхьа тамашийна шеко кхоллалуш, дерриг а доьхнера х1инца.

Дуккха а шерашкахь лехна, теллина, эххар а шена карийначу, цу тамашийначу йо1аца, г1алин массо а бохург санна, урамашкахула волавелла лелаш, кхуьнан хилла ойланаш, сатийсамаш – ша дерриг а шех лечкъийна, xlopa дош, хьажар лахьош, кхо шен ойланехь эххар а йоьттина шаьшшинан хинйолу х1усам тахана ерриг а атаелла д1аяьллера, шех бухадисина цхьа сингаттам, сатийсам, кхочуш ца хилла кхунна дуьххьара ч1ог1а дезнарг бен, кхин дисина х1умма а доцуш. Иза, xlapa цхьаъ воцчунна, цхьанна а ца хаьара х1инца. Я xlapa воцчунна иза хаа а… Моьттинарг бакъдеш, ханна хьо 1ехош, тешош, ткъа доггах лиъначух мостаг1алла дой, хьо вохош, тилош хиллера кху адамаша шаьш, дерриг а шайгара духа кхоьллинчу, кху х1инцалерчу дахаран бакъ долу 1адат…
…Иза дерриг а Лизина кхана-лама хуур ду. Хуур ду кхуьнан, шен доттаг1чуьнгара Тамарегара. Амма т1аьхьа, кхана-лама…

Цхьа к1ира даьлча, Тамарас Лизегара цхьа кехатан цуьрг еара кхунна. Юха т1е цхьаъ дийца а г1ертара. Кхо ца дийцийтира шега х1умма а. Я кехат а ца дийшира, дат1ийна, масийтта ах а йина охьадиллира стоьлан йистте, Тамарега бехк ца биллар а доьхуш. Кхунна кхин д1а ца евзара Лиза, я цуьнан урам а, я ц1а а… Кхуьнан кхид1а кхин хир дара дерриг a. Xlapa кхид1а тешар вацара, я кхид1а цхьа а эша ницкъ а…

…Кхуо, цхьанхьа д1авоьдий, кхо–биъ бутт боккху цул т1аьхьа. Юха, кхоъ-биъ бутт а…
…Йоккхачу зала чохь дуккха а адамаш дара гулделла. Юха дукха яккхийра г1овг1анаш а. Тахана цхьана воккхачу яздархочун-1илманчин кхолларалла яра йийцаре еш. Сецна лаьтташ т1ехиндерг а долуш, мацаха хилла, д1адаьлларг дуьйцура х1ораммо а. Мацах шен хилла дика дахар дуьйцуш, цхьаццаммо къамел а дора, юха вукхара т1араш а тухура. Кхунна ца хаьара иштта. Xlapa цакхетара цу туьйранех. Кхунна ша юьртара ишколера ваьлчахьана гушдерг xlapa дара. Xlapa деса къамелаш, х1унда детта а ца хууш, кху наха арахь а, чохь а детташ долу т1араш, хьоькху самукъане маьхьарий, цу юккъехула гуш йоцу кху махкара тесна лаьтта чохь ц1е я цхьа а йовхо йоцу, х1усамаш, керташ, нахана бан боцу белхаш, я xlapa xlopa денна т1етт1а совдуьйлуш долу вовшахдеттадаларш, деза денош, юха а, шен дават1арг, т1араш, xlapa гуттар а шайх шеквуьйлу къежарш-моттарг1анаш а…
Тахана, кху вовшахкхетарехь а дагадог1у кхунна цунах дерг, кху нахе хатта, цхьаьнга мукъане а, кху шайн долучу самукъанах ша кхетавайта. Амма ца х1утту. Хьо волалушшехьа цхьа тамашийна вухур вара xlopa а, уьдур дара х1ораннан а б1аьргаш, хьежарш, ойланаш…

Мацца а цкъа, гулам д1абирзина xlopш арабовлуш:
– Хьо тахана вист а ма ца хилира? – цхьа девзаш долу аз деара кхуьнан лере. Xlapa д1ахьаьжира. Цецвелира, ц1еххьана шаболу кийра тоха а луш…
– Ой… Лиза… Хьо!!! Х1а, ас х1ун эр ду?! – Х1окхуьнга кхин х1уммаъ ца алалора эцца. Дош дацара карош. Я дара. Шортта дара дешнаш а, ала, дийца дезарш а, луурш а… Амма ца элира. Лачкъийра дерриг а. Лачкъийра, легашкахь цхьа даккхийра, деса къурдаш а деш, жимма дехьа а волуш…
– Анзор, хьо суна къинт1ера ца ваьлла х1инца а, ас декъала во хьо керлачу балха ваккхарца. И мацаха хилларг, иза сан… сан… – Лиза, шен дагахь мел дерг цхьаьна иэдина, сихха цхьаъ ала г1ертара, я юха а цхьаъ моттийта, я бехказа яла, я кхуьнан чов кхин а даръян. – Иза, иза сан бехк бацара хьуна, Анзор, аьлча а… – элира йо1а, юха а меллаша, – суна хьан ц1ахь зуда а, доьзал а бу моьттинера. Хьо ц1авоьдура сих-сиха. Ткъа со хьан самукъа, цхьа тайниг… Соьга аьллера иштта, суна иштта дийцира, юха иза бакъдоцийла хиъчахь вайшиннах а къахийтира суна, со дохко а елира, юха кехатан цуьрг а… ахь иза а д1акхоьссира бохура, суна хаа а ма хаьара ахь и кехат доьшур доцийла, суна вовза ма вевзинера хьо, цхьа жимма… Ткъа х1инца хьан керла х1усам, болх… аьтто хуьлда…

Кхунна дуьххьара цхьа тамашийна хийтира и дешнаш. Юха – цхьа бен доцуш, шийла а. Йо1 йоьлхура. Я кхунна–м и кхеран белхарш х1инца бен а ца хетара, мацах дуьйна… я аьлча а…
– Ас хьоьга ма дарра, ц1енна дуьйцура хьуна гуттар а… – халла делира кхуьнгара, мотт ца хууш санна. – Со хьох санна, тешна вацара… 1одикайойла. Хьайн цхьа г1уллакх хилахь, я цхьа хало… хоуьйтур ахь…
– Дела реза хуьлда… – Йо1 юха а, шен б1аьрхих дуьзначу б1аьргех куьг а хьоькхуш, елакъажа г1ертара: – Дела реза хуьлда хьуна, Анзор… – Кхуьнан ницкъ ца тоьу кхин Лизин arlop верза, xlapa ца х1утту, ийзало…
Машен д1айолало т1аьхьо. Йо1 латта юьсу. Кхунна хьалха лаьтта цуьнан б1аьргаш, хьажар, юха – иза дуьххьара шена гар а… Корал арахь даьсса хуьлу дерриг а. Я ца хуьлу – арахь шен пенаш чу а хирцина лаьтташ кхуьнан мацахлера сирла, ткъа х1инца – йоьхна г1ала хуьлу…

Шела. 1998–99 шш.

Вайнах, №2, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх