Сейлмуханов Муса. Безаман дитташ. Стихаш.

   СЕЙЛМУХАНОВ222 jpg Безаман дитташ

1аламе б1аьрг тухуш, со новкъа волу,
Лоьху ас бацалахь лар яйна тача.
Дог а сан деттало, ша карзах долий, –
Безаман дитташ т1е сихло со кхача.

Генара суна го уьш мохо лестош,
Замано нилхдина, тишделла генаш.
Мерзачу ойлано уьш доггах хьоьсту,
Лехьоеш 1индаг1ехь левзина хенаш.

Дас доьг1на кхиийна безаман дитташ,
Лаьтта уьш тийналлехь,
дог 1овжош, г1ийла.
Шаьш хьоьгуш,
1индаг1ийн марзо схьаетташ,
Шун х1онехь ойланца
да лаьттий хийла…

Шийлачу гуьйрено
шен мохехь хьийзош,
Кхоьхьу д1а геналле, мажделла г1аш.
Уьш леца г1ерта со,
цхьажимма ловза,
Ву моьттий суо х1инцаъ
жималлин хьаша.

1аламе б1аьрг тухуш, со новкъа волу,
Лоьху ас бацалахь лар яйна тача.
Дог а сан деттало, ша карзах долий, –
Безаман дитташ т1е сихло со кхача.

Д1аяхна бералла вуьтуш со генахь,
Ницкъ бац-кха и шераш
юхнехьа литта.
Го суна вижанчохь мерзачу г1енах,
Дас доьг1на,
кхиийна безаман дитташ.

      Хьан деган йовхонехь

Жимчохь ас ца юьтуш
набарна тхьовса,
Яьккхина нана ахь, со ларвеш хан.
Хьайн синна там ца беш,
ца бузош кийра,
Шерашкахь хьисти ахь мерза наб сан.

Хийцалуш уьду къежъелла хенаш,
Еса ю хьо йоцу дахаран ана.
Хьан деган йовхонехь левзина денош,
Ма ирсе хилла уьш, ма ирсе, Нана!

Хьоьга ас елхийча бух боцу ойла,
Хьан дашах там хуьлий,
хазлора кхане.
Хьоьга ас елхийча ял йоцу г1айг1а,
Хьо орцах йолура даима, Нана.

Ца юьтуш парг1ат
хьо набарна тхьовса,
Хийла ас яйина Нана, хьан хан.
Яцара сийсара, хир яц хьо тховса –
Йог1ур яц кхин цкъа а,
дог хьаста сан.

          Да кхалхар

Да воцу доьзал бу,
нур дайна б1аьргаш,
Дахарехь совюьйлу
халонийн мархаш.
Бохаман деза дукъ доьзалца ловш,
Узарш деш лаьтташ ду
диллинчохь ков…

Да кхалхар ца лалуш, малх бузу д1а,
Ойланехь беттаса а буса доьлхуш 1а.
Стигланан 1аршехь дог
дохдеш, къедда,
Доьзална кхин гур бац
ден седа кхетта.

Х1усамехь шийла бу да воцу мотт а.
Дуьне а хетало г1айг1ане готта.
Да вара бакъонан, нийсонан терза –
Собаре и вара, дика-вуо дерзо.

Ч1аг1онан керт яра доьзална гонах,
И ларбан йоьттина хиндолчу вонах.
Хиларх некъ шога а, дахар а хала –
Ден дара хьекъал а, х1оранна дала!

Да воцу доьзал бу –
нур дайна б1аьргаш,
Де-дийно совюьйлу
халонийн мархаш.
Къух даьлла хьулбаларх
кешнашкахь барз –
Ден сирла васт хир ду доьзалца 1аш.

   Дахар хестош дека иллеш

Далла хастам хуьлда, бераш,
Д1аяларна хала хан!..
Кхин дац хезаш къиза, дера
Лелха х1оьънаш, бомбанаш.

Х1ун дара и, вайна гинарг? –
Боьлху наной, баланаш…
Хала лайра махкахь динарг:
Аьтта ярташ, г1аланаш…

Цу къизаллин 1азап лайна,
Халонех чекх девли вай.
Х1инца-м, берийн эшарш, иллеш
Дахар хестош декаш дай!

Денна, денна хазлуш лаьтта,
К1отарш, шахьарш, майданаш.
Хьовсал д1аса-массо меттехь,
Дахар тодеш адамаш!

Ю вай къоман ирсан къайле –
Хаа лаахь, бераш, аш,
Жимчохь дуьйна 1амаделаш
Нохчийн оьзда г1иллакхаш.

Дахар хаздан дац-кха атта,
Машар ч1аг1беш, кхиалаш.
Ненан маттах марзо оьцуш,
Деша, даха 1амалаш.

Даймохк цхьаъ бу – вайн Нохчийчоь!
Кхин вайн боций хаалаш.
Дика а, вуо а цуьнца цхьана,
Доькъуш, бертахь дахалаш!

        Стоьмийн бешахь

Жимчохь дуьйна дагна хьоме,
Хилла лаьтта стоьмийн беш.
Цхьанхьа хир бац хаза, чоме
Мерза стоьмаш, кхузахь бен.

Б1аьрса хьоьстуш техка д1аса,
Хилла баьлла бешахь стом.
1ежаш, хьечаш – массо басахь –
Воккхаверца лаьтта со-м.

Генахь хеза мохо дегош,
Луьста генаш, кхорашца.
Мангал-комарш, сан са хьегош,
Кертан гечош къуьйлуш 1а.

Диц ца ло цкъа нанас бешахь,
Лехьош 1ежаш, дина дов:
– Мегар дац к1ант рицкъа хьеша –
Делан беркат ма ду стом!

Х1инца цхьаннан беш ю лаьтташ,
Стоьмех хилла ойланаш.
Г1ийла йоьлхуш хета хьаьтта,
Эгош шийла можа г1аш.

Малх чубузу, сан куьг лоций,
Юкъарйоккхуш ойла сан.
Маржа я1 хьо, кхин хир йоцу,
Кхузахь марзо эцна хан…

       Дош дитина хьайх ала

Доттаг1чунна,
Ахмадов Руслана

Г1айг1ано кхолийнчу дийнахь,
Дош дуьтуш хьайх дикниг ала,
1ожалло ваьккхи хьо ц1ийнах,
Базбеш хьуо везначийн бала.

Яздинчух цхьа а ца ваьлла:
Ша дерг а – Делера ду.
Дуьненчохь хан текхна ваьлла,
Хьо ваха эхарта чу.

Хьоьца тхан уьйр-безам тегна,
Кхолламо х1оттийра ловзар…
Хьо воцуш 1ийжар ду дегнаш,
Хьан иллис даьхнарш шаьш ловза.

Самах дерг – сиха г1ан хилла,
Д1адаха, юхадоьрзур доцуш…
Нохчийчохь олу хьан иллеш,
Безамца хьо дага лоцуш.

Хьайн ц1арца х1оллам ахь бити –
Б1аьрхишна кошан барз ги.
Ца хаьа мел зама йиси,
Дуьненчохь хьан доттаг1ийн.

15 март 2014 шо.

Вайнах №5-6, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх