Сатуев Хьусейн. Стихи

Сатуев Хусейн222Вайн зуьрат

Мас йолуш, т1ам кхиъча,
лечанан к1орнеш
Айало х1аваэ дозанаш дара.
Дуьненан хазаллаш
хьеста ца к1ордош,
Дог ма-дду кхерста уьш
стигланийн арахь.

Лахенаш, лакхенаш ерзаеш дола,
Кхерста уьш зен лууш
доьналла т1емийн,
Амма цхьа сингаттам дагах чекхболу,
Хьомечу шайн бенан хама бан 1емий.

Вай а ду лечарчийн зуьратах девлла,
Лечарчийн баннашна лулахьа даьхна.
Ойланийн йовхонан
ткъесаш а девзаш,
Кху лаьттан марзонна дагарца даьгна.

Дог сема даьгна вай маршонан ц1арна,
Юьхь1аьржа ца лехна
к1едачех г1овла.
Сийсаза т1едеънарг осала гарна,
1аьмма вайн 1ожаллин
юьхь-сибат довза.

Дарцах чекхдийлина, эшамаш лайна,
Дегнаш чохь екаеш къонахийн назма.
Моьнашца кхоьллина
вайн ирсан жайна,
И ю вайн т1аьхьенна гулйина хазна.

И хазна кхиорна юьхьк1айча хилла,
Тахана дош ду вайн т1аьхьенна дийца.
Кхоамза и яйъал хир дац вай тилла,
Вайн жайнин
аг1онаш-м язйина ц1ийца.

Дерза дов

Сан ойла – озийна пха,
Оьмаршка д1ахьебеш пхьа.
Лазам а – ду ирса сакх,
Кханенга хьажийна са.

Пондарал сема сан дог
Ду эккха д1ахьаьдда х1оъ,
Хьийзаш ду сан кийра дарц,
Кхиадеш маршонан аз.

Сан Даймохк – къонахийн туш –
Кавказан ч1аг1онан туп.
Герза т1е диллина ка
Цу туьпахь лаьттина ха.

Тхо х1ордийн юкъ лаьцна 1аш
Кан безза хьекъара кхаш.
Дожадеш мостаг1чун тур,
Нохчийчоь хиллера турс.

Сан моьнаш – жоп доцу арз –
Ду ц1аро диттина дарц,
Ярташ а – бохийна некъ,
Мехашна баьстина некъ.

Кавказ ду д1адижна лом,
Церг йолуш, кхачоза т1ом,
Нохчийчоь цу лоьман ткъов.
Нохчийчоь – маршонан ков!

Нохчийчоь – къаръяза г1ап,
Сема гуш маршонан г1ан,
Нохчийчоь – дерзаза дов,
Ерзаеш б1ешерийн чов.

Дадин къоналла

Б1аьстенан маршонехь
Зезагийн чам бохуш,
Хьистина яцара
Тхан дадин къоналла.

Къийсамехь къар ца луш,
Шерашна г1ел ца луш,
Тхан дайша идийна,
Яра хьо, къоналла.

Ламанаш г1айг1анна
Доьлхучу заманахь
Къонахийн иллеша
Техкийна къоналла.

Аьрзунаш хьийзачу
Сийначу баххьашкахь
Маршонан чам хиъна
Яра хьо, къоналла,

Х1оьънаша зарздинчу
Вертанах хьаьрчина,
Башлакхан т1емашца
Кхирстина къоналла.

Х1оъ-молхин дорцалахь
Даьгначу шерашкахь,
Яхчийна яра хьо,
Тхан дадин къоналла.

Сан ковра

Гуьйренан ковранах сан дахар техка,
Х1ора шо-г1арг1ули – ковране оьцуш.
Ковра ю кхоьллинчу назманах тешна,
Герггарчу буьйсанна
дуьхьала йоьдуш.

Де-буьйса, шо-шаре д1алеста ковра.
Генарчу дозанехь меттамотт билла.
Т1аьххьара г1арг1ули,
со лахьте кховдон,
Йижарех къаьстар ю весетан иллех.

Д1айовр ю ковра а боданал дехьахь,
Мерзачу дуьненна со вита хийра.
Къоначу ковранийн т1емашща декаш,
Сан иллеш кхочур ду
кху лаьмнийн кийра.

Цхьа илли ала со г1ерта

Ц1ийн лараш сайн юьтуш веъна,
Шуна т1е бог1у некъ лоьхуш.
Тхан бала шайн кийрахь 1еткъаш,
Дилхина 1ана ца доьлхуш,
Шу муха лаьттина, лаьмнаш?!

Цу новкъахь вежарий оьгуш,
1ожаллин кхаж а ца баьлла,
Шун лекха аматаш хьоьстуш,
Йистера хьожур ву аьлла,
Шуна т1е ца веъна, лаьмнаш.

Корсамо кхелинчу баккъехь
Лазамца дай куьйгаш хьаькхна,
Сайн мукъам шун ц1арах баккха,
Халачу хаттаро лаьцна,
Веъна со, х1ай къена лаьмнаш!

1ожаллех петоьхна боцу
Къонахий аш муха кхаьбна?
Я илли муьлханиг олуш,
Доьналле стаг муха кхаьчна,
Алийша, х1ай кура лаьмнаш?

Цхьа илли ала со г1ерта,
Лайначух дага а вуьйлуш.
Хир ду и нохчочун кхерчах.
Цу кхерча дег1ан чарх туьллуш,
Г1ерта со вайн илли ала.

Нанас кхерч латтийна илли,
Къийсамехь чов йина илли,
Тхо дендан байракх ша хилла,
Нохчолла толийна илли
Ас эр ду, х1ай нохчийн лаьмнаш!

Шийла 1уьйре

Шийлачу арара махо чулоьхку
Лайн чимаш,
дерачу з1уганех хьийзаш,
Яьржинчу х1усамехь
цхьа к1ажа лоьхуш,
Латазчу кхерча а хуьйшура шийла.

Дуткъачу аьнгалех
дагах чекхдуьйлуш,
Хьийзаш ду лайн чимаш
з1уганел дера,
Цхьа ирча г1ан хуьлий,
сан коьрте хуьйшу,
Сан ирсан майданахь даьккхина эра.

Сайн ненан коч лаьцна, со араволуш
Экамчу сох йоьлла цу некъан шело
Д1аяла ца туьгуш, лайра ас г1ело.

Цу дийно баьхьна бос
юьхь т1е ца бог1уш,
Эсаро човхийна г1а санна мокха,
Тахна а дуьнене хьоьжу догмола.

Маьлхан Нохчийчоь

Х1е-ей! Стигла кхийдаш дешех лепа
вина ламанаш,
Ялта кхиош х1ордах ловзу
шера аренаш.

Генахь хилча со,
Герга воьхуш со,
Герга веъна, сан ирс хуьлу
шера аренаш.

Маьлхан т1емаш хоьций йог1у
нохчийн 1уьйренаш,
Ойла хазъеш, аьхна кхочу
сийна суьйренаш.
Даймохк хазбеш, дахар тадеш,
кхечи заманаш.
Ирсо яьхна эшарш лоькхуш,
дека ламанаш.
Х1е-ей! Зазца хьекъаш, б1аьсте хили,
сийлахь, Даймохк, хьо,
Ахь кхиийна ирсан ц1а ду
маьлхан Нохчийчоь.
Генахь хилча со,
Герга воьхуш со.
Герга веъча, сан ирс хуьлу
маьлхан Нохчийчоь.

Къонахийн илли

Дуьненах, адамех, 1аламах,
Ха хоьрцуш йог1учу заманах,
Цхьаболчийн херцачу амалех,
Лазамца со кхиъна вог1у.

Халачу некъашца кхирстина,
Харцонаш, бакъонаш листина,
Къийсаман дарцаша цистина,
Де-дийне со тоьлла вог1у.

Дуьххьарчу жималло айинчу
Т1ам сихчу бовхачу кхайкхамца,
Со г1ерта да хила сайн мехкан,
Сада1ан ца юьтуш ойла.

Артйина ойланийн иралла,
Йицйина дог майра жималла,
Заманан къизачу сихаллехь
Бицбелла кхерстачех вогу.

Ма хетта довха дош алаза,
Къонахийн ирсан чам хааза,
Сийлахьчу даржашка кхачаза –
Йиш яц вайн дуьненах довла.

Аьрзунан маршо

Аьчкан г1уорех к1ара йина,
Цу чу кхоьсси маьрша аьрзу,
Цунна гуш яц сийна стигла,
Нека ца до кура даьржаш.

Маршо, маршо, акха маршо!
Хьан хам хаац, хьоьца хилча.
Даг т1е йижча 1аьржа марха,
Аьчкан чалтарш гонах йича,
Хьан мах бевзаш хилла-кх, маршо!

Аьрзун цу кийра-кхерчахь
Къар ца елла майра амалш -
Б1аьргаш чуьра ткъесаш кхерста,
Шега хьаьжнарг, к1ур беш ваггол, –
Эшна хилар эшо г1ертар,
Кура яь1на малъян 1амац…

Цадицделла маьрша дуьне:
Стиглан кийра, мехийн иллеш,
Ареш, лаьмнаш лахахь дуьтуш,
Сихчу т1емийн синпха хилла
Маршо йицъян дог ца туьгу.

Х1е, хьо маршо! Акха маршо! –
Ирсан кхача аьрзун дагна.
Стеган маршо – мехкан маршо.
Цунах къастар – валар стагна.

***

Х1ей, хьо леча, зама!
Лохьа и хьайн т1емаш,
Юхадерзо 1ама
Берахьлера г1енаш.

Маса мехаш деко,
Сенчу лакхе волуш,
Ловзар дара денош,
Цхьа а г1айг1а йоцуш.

Толлур дара мехкаш,
Ирсан 1уьйре лаха, –
Т1ома яьлла, лечкъаш,
Лела и д1аяха.

Олхазаршца б1аьста
Суна кхаъ ца кхечи.
Мохо мотт ца баьсти,
Г1аре хьийзарх кет1а.

Ирсах 1ехаелла,
Марзо чехка хилла,
И сан 1уьйре елла,
Цхьанхьа некъах тилла.

Цо д1адаьхьи туьйра,
Яьхьи ненан эшарш.
Тахна шийла суьре
Коьрте хуьйшу эсарх.

Къарлуш, со ц1авирзи,
Некъийн лараш листа…
Сан бераллин ирсах
Урам бен ца бисна.

Оьзда бералла

Мехаш хьоькху, к1айчу баьллаш т1ера
Самайохуш ирсан хазалла.
Маца яйн хьо, мичахь къайлаели,
Со идийна ц1ена бералла?

«Вайн б1аьстенах илли
делахь», – аьлла,
Суна кхио юьтуш жималла,
Цалийринчу дорцан к1уьре яьлла,
Хьо д1аяйра аьрха бералла.

Со-м 1уьйренан ойланех ца тилла,
Дагна генаяьккхи дералла.
Ас вайшинна б1аьстенах ди илли,
Хьан пусар деш, оьзда бералла.

Хало еъча, шийла шеко ялош,
Хьоьга орца дохуш генара,
Хьан майрачу амалех ца вала,
Къаьхьа къурдаш ди ас, бералла,

Сан коьрта т1е шийла маша туьйсуш,
Рог1е г1ерта тиша къеналла…
Б1аьста баьллийн к1айчу
т1ома юьйлуш,
Хьо сан мара хьерча, бералла.

Г1атта деза

Ца винчу хийрачу анахь
Со велча ма вита доьза.
Кху лаьмнийн сийначу к1ажехь
Суо лаьтте кховдавар доьху.

Д1авижа ламанийн кийра
Совг1атна ас боьху сайна.
Т1аккха со хетар вац хийра,
Хетар вац махкана вайна.

Буьйсанна дато нуьйр туьллуш,
Маса бутт йорт кхехьа баьлча,
Даймехкан даге дог дуьллуш,
Вог1ур ву набарха ваьлла.

Ломара со араваьлла,
Лаьмнашка д1аверза деза.
Лаьмнаша орца а аьлла,
Велча а г1атта деза.

***

Тов г1уьттуш, аренаш йогу,
дог1анах хьаьгна,
Ткъа мархаш царна т1ехь йозу.
ца 1енаш лаьтта.

Зезагийн кочарех йогуш,
ойланаш тайна,
Иллешка ерзо некъ боцуш
доьза уьш яйна.

Тийналле ладуг1уш 1иэ вай…

Г1аречу г1аланах довдий,
Г1а-патар дижначу дийнахь,
Доьдучу хийисте ховший,
Ваьш тахна долчуьра дийна,
Кхоамца дегнашца ийна,
Дуьнене ладуг1уш тийна,
Тийналлах ял оьцуш 1иэ вай,
Делан и къайленаш зиэ вай.
1ожалло ц1еххьана 1овжош,
Вайн безнарш мел дукха байна.
Вай царах дага а довлуш,
Лохур ю Делан и къайле.
Т1аккха гур ду вайна, к1ентий,
Дуьнен чохь ваьш хилар хьеший…
Ойланаш Делаца е вай,
Тийналле ладуг1уш 1иэ вай.

Со кхетта

Сан болар дазделла,
Со некъо, са лоьцуш, сецаво.
Алашах тарвелла,
Сайн мохь а собаре текхабо,

Сан некъ бац шерачех!
Генахь ду ойлано кхиийнарг,
1уьйренан эшарехь
Дог сема ас мерза кхийлинарг.

Жималло 1ехийна,
Марзонан айми чу хьаьддачохь
Дахаро вегийна,
Со виси х1аваэ г1аьттинчохь.

Мичахь ю тевжийла
Ас маьрша хецначу т1емашна?
Сан кийра тов хьийзош,
Некъ туьлу г1алартийн г1енашца.

Со-м кхерста х1аваэхь,
Г1аречу аймане ладоьг1уш,
Сайн дагна хьааме
Сирлачу жималлин лар лоьхуш.

Ас ирсе сатуьйсу,
Амма со къехка цу айманах.
Марзонна га туьйсуш,
Со кхетта сайн ирсан г1айг1анах.

Вайнах №2. 2019. печ. версия. №6. 2019. эл. версия

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх