Сакаева Мадина. Кулсум

(Хилларг)

Цацанчуьра хьаьрсича санна1уьллура ло. Даьхнишна новкъа дацара и лайн пардо.1ажаркх а лаьттара, лайна к1елара хьаласеттина, мохо а ловзош. Гуьйренан мохо макхйинехь а, иза къаръелла йоьжна яцара. Цуьнан гезгамашин хьесапехь вовшех хьаьрчина долу орамаш к1арула 1аьржачу лаьттах чу доьлла, цо ницкъ луш, сийначу бецан хелиг хьала къада а тохаделла лаьтташ дара. Эрз а бара, берзан къомсарш санна долу шен орамаш лаьттах доьг1на, дег1 нисдина мохо берцан кенаш а техкош, 1аьнца къовсабелла, даьхнишна пхьор хилла лаьтташ. 1а мел к1еда хиллехь а, даьхни лелош волчунна къинхьегам алссама хуьлура 1аьнт1ехь. Бежнаш а аренга сатесана хуьлу, доладала а, дажа кховда а. Хи а доггаха молу цара охьадоьдучу татолан т1ера. 1алам а, даьхни а, адам а б1аьстене сатесна дара.
Къена Увайс а вог1ура, 1уьйре д1а а эккхийтина, г1ура дикка яста яланза а йолуш, шен даьхний хьалха лаьхкина. Лахенца ло дацахь а, дуьхьала лаьтта лаьмнаш лайно дуьйхина дара, къаьсттина баххьаш лаьттара башха куц даьлла, месала куйнаш техкича санна горгделла. Б1аьрг лаха мел кхарстий а, ломан когашкахь 1уьллуш йолу хьун 1аьржа схьагуш яра, кхин цкъа а денлур йоцуш санна. «Амма тахана февралан беттан ткъе цхьаалг1а де ду, – ойла йора Увайса. – Ткъе ворх1алг1ачохь чилла д1а йолу, бардал1аьзин итт де д1а ца даьлча, 1а чекх ца долу. Х1инца а дикка тасалур ду 1ай-б1аьстий. Делахь а, 1аьнан ч1аг1о эшор ю б1аьстено», – бохуш, ойла йора воккхачу стага, дежийла лоьхуш д1аса девлачу бежнашка б1аьрг а бетташ.

Г1еххьа х1оьттина долу дохк д1а а айделла, къеггина малх схьа1аьткъира. Маьлхана б1аьргаш а къуьйлуш, цунна букъ ца тохалуш, шен г1ожа т1е а тевжина, ойланашка вахана лаьттара Увайс. Ма хаза мохк бу-кх цу Дала вайна белларг, хастам бина ца валлал: шело а дег1е лаяллал, йовхо а 1аьткъина йоцуш, г1ура а оза йо хаза, куьзганна т1е сурт дуьллий а, 1ора девлла лаьттачу диттийн гаьннаш т1е мехий санна к1ац тосий а, татолаш т1е шан пардо хьовзадой а, амма хан еха ца хуьлу цуьнан а. Увайсана дагавеара т1е йовхха х1ума а йоьхна, ша шеца араваьккхина волу шен цхьаъ бен воцучу к1ентан к1ант. Ша куьг д1а а хецна д1аса хьажа кхиале, ког тоьхна ша а бохийна 1амчу х1оьттина шега схьа мохь бетташ лаьттина волу Ризван: «Дада, хьажахьа, аса ша боха ма бина, кху бухахь хи ма ду!» – бохуш. Увайсана деза дара цу беран шалхо йоцу х1уманаш. Дог дузура к1ант дагавеъча. «Даламукълахь, йохъелча сайца валор ву аса, оцу хаза денлучу 1аламах б1аьрг тоха. Лелар ву, х1ара эвлайист а ца тоьаш. Доханца уьйра лацийта а еза, со а гуттара лаьттара вац, Жунидана накъост хир ву. Дала къахь ма йойла-кх х1ара б1аьсте, бусулбана а, керстана а», – бохура цо ша-шега. 1аьно охьа диллина ло ца лаьттинехь а, дог1анаш дилхина 1аьнно, дежийла г1оттур ду. Д1асахьаьжна валале т1екхочур ю мангалан хан а. «Маржа-я1, т1амт1ера Къосум ц1а веънехьара сап-сов а волуш. Шега дийнахьа а, буса а сатуьйсуш, са кхача а делла 1аш болчу шен доьзалан дола дийр дара-кх цо, – аьлла, шен вешин к1ант а дагавеара цунна. – Оха а, х1инца ма-дарра, тхайга далуш долу г1о дийр дара».

Юьртара г1аж таккхол верг т1аме вахара. Шен нана т1аьхьа йоьлхушшехь, жимаха волчу вешига нана а кхийлина, т1аьхьа даьллачу шина беран а, х1усамненан а 1одика а йина, ша санна болчу шен юьртахошца т1аме вахара Къосум а. Юьхьанца цхьаццамма кост а дохьура, ткъа х1инца т1ом юха а баьлла, амма дукха хан ю цо ц1енна букъ тоьхна, кхо шо цхьа кост доцу а ду. Жимаха волу ваша а хье ца луш цунна т1аьххье д1авахара: «Нана, зудабер санна кху керта а хьийзаш 1ойла ма дац сан, сайн махкахой леччохь вала а, цара беччохь т1ом бан а пурба а лой, д1авахийтахь со», – аьлла. Нанас юха а бира къаьхьа къурд, амма ишта а дуткъделла лаьттачу даго ца лайра. Цул т1аьхьа Наси дукха ца ехира. Увайсан ваша хьалхе кхелхина, дукха жимчохь дуьйна йисна 1ийна яра иза. Дахарна дуьхьала тийсаеллехь а, доьзалан бала лан хала хиллера. Кхин ницкъ а ца биснера вонаш лан а, я дикане сатийса а. Т1амал доккха кхин вон ду аьлла ца хетара Увайсана адаме кхача. Дан а дуй-те?
Увайсан ойланаш санна баьржинера бажа а. Хичуьра хьала а довлийтина, ц1ехьа ваха веза, бохуш, Увайс лаьтташ дуьхьлара з1ара д1а а даьккхина, хеца белча санна схьахьаьдира мох, цхьаьна вон дестечо санна, ша т1е нисбеллачу кондарх а, эрзах а цхьа вон ка а етташ, саьрмико санна шок а етташ. Мох т1аьхьашха а болуш лехка ца дезачу бежнаша ц1ехьа йорт ийцира. Увайс парг1ат т1аьхьа вог1ура. Цунна хаьара, церан г1уллакх Жунида дина хир дуй: хьаьвдичу докъар диллина а, жарж боьхкина а, к1ело тойина а. «Кулсум а дика накъост ю Жунидана, чохь а, арахь а ларош», – бохура воккхачу стага ша-шега шен несах воккхаверца.

Малх, цкъа а ца хилча санна, къайлабаьллера. Мох а, цхьа моха т1ера яьлла, к1адбеллера. Амма цо човхийна шена т1аьхьа хьехча санна хьаьвдда йог1учу мархаша стигал д1алаьцнера. Воккхачу стага ша-шега элира: «Дера ду вайна тховса ло дан герга». Амма, тховса йилхинарг ткъов яра… Бежнаш даьхнийн керта девллера Увайс т1е кхочуш. Дуьхьала веанчу Жунида элира:
– Дада, хьо д1а чуг1ой, парг1атавала, тхо а хье ца луш чу дог1ур ду, – аьлла.
Воккхачу стеган б1аьрг кхийтира шен несах. Бежнаш узуш а, эсий дузош а тасаелла йоллура иза. Шен г1аж уча д1а а х1оттийна, чоьхьавелира Увайс. Денанна юххехь ловзуш 1аш волу Ризван ведда схьа а веана, деден когех хьаьрчира. Шен т1оьхлара бедар охьа а йиллина, дедас к1ант маракъевлира. Х1ара дуьне а шен марахь долуш санна хетара Увайсана. К1ентан собар дацара марахь 1ен. Карара охьа а иккхина, дедена гонаха хьийзара Ризван, цо д1а1алашйина шена цхьаъ хир юй хууш. Деда а хье ца велира: кисана кхевдина шурула к1айн йовлакх схьа а даьккхина, шекаран г1орза д1акховдийра Увайса к1анте:
– Пхьагало яийтина хьуна, – аьлла.

К1ант, шегара шекар денанна д1а а гойтуш, цунна юххе, дечиган маьнги т1е хьалавелира, шен шекарах церг а туьйсуш. Пешах д1а букъ а тоьхна хиъна 1аш волчу Увайса шен х1усамнене элира:
– Яханза дикка хан а ю, Кулсум кхана шен дец1а яхийтича х1ун дара-теша?
– Бакъахь хир ду, – элира Лолис. – Шен ненаца буьйса а яьккхина, 1уьйрана базара яхана, вайна цхьацца оьшург а эцна – туьха а д1адаьлла вайн – ц1а йог1ур ю. Д1а аш йигчахьана, ц1а ян-м ворда кхетар яра цунна.
К1ирандийнахь базар х1уттура Мартант1ахь, ворданашкахь базар бог1ий к1отархой а хуьлура.
– Кхин а, стаг… Хьоьга эр ду бохуш 1ара со: несе мотт бастийтина белара ахь, цунна хала ма ду ларъялан а, хьоьх къехка а.

Увайса хьала а таь1на элира:
– Тахана цуьнан ойла еш 1ийна со. Кулсум яхана ц1а а яийтина, йоккха мовлад а йоьшуьйтуш, мотт бостуьйтур бу аса цуьнга, тоьлларг етт-эса а луш. Тахана бежнашка хьоьжуш 1ара со, стохкалера эсий а ду шайн наношка г1оьрттина, даккхий хуьлуш. Уьш а цхьаерш гурахь д1аяха езар ю, цхьа шиъ лахьана юсто д1а а х1оттийна.
Кулсум, х1орш луьш-олуш 1ашшехь, кертара чу а еана, сихха пеша гонаха хьаьвзира. Жунид а, учара сехьа ца волуш, шен чу вахара. Пхи шо кхаьчнера Кулсум ялийна, амма мардена хьалхахьа шаьшшиъ цхьаьна гайтина дацара цу шимма. Товхичуьра, шина зайли юккъера схьаяьккхина, сискал а кагйина, довххачу хьелийн даьттан чу к1алд тесна, к1алд-даьтта а дина, иза воккхачу стагана хьалхахьа а диллина, шен марнене д1ахьаьжира Кулсум. Лоли кхийтира шега йинчу б1аьр-хичашшех, цо элира:
– Стаг, Кулсум бехкала яхана ю юург хьаяланза йолуш, кертахь хьееллера х1ара, церан г1уллакхаш а д1а ца доьрзу пхьуьрралца, де а дац д1аса хьовззал а. Х1ара кертахь йоллушехь, Жуниде схьакхайкхина, суо хьала а ца кхаьчна, дакъийначу жижигах цхьа аса яьккхина, чу яийтина, кхе оьллинера ас. Х1инцца Кулсума вайна хьолт1ам тосур ю.
– Де х1инца дуьйна дахлуш г1ур ду, кестта бажа а ара бер бу, чиллин т1аьххьара денош ду, – элира Увайса. – Х1инца аша чайн куршка йоьттичхьана суна тховса х1умма а ца оьшу шуна, – аьлла.

Кулсуман хаьара, шен мардена чай муха деза. Д1атеттина, пилтин йистехь лаьтташ болчу чами т1ера нег1ар схьаэцна, кхо-биъ 1айг ц1ейина шура куршки чу а йоьттина, даьттан 1айг т1е а биллина, г1алмакхойн чайн куршка х1оттийра Кулсума мардена. Чохь цхьа мерза сискалг1ин хьожа елира. Д1ахьаьжча, Кулсум йоллура сискалг1а а хьакхийна, катоьхна хьолт1амаш еш. Лолис элира:
– Алсамо хьакхаде ахьа, воккха стаг хьо кхана ц1а яхийта дагахь ву, соьх тешна бисахь ледаро хир ду кхеран г1уллакх. Хьайн ненаца буьйса а яьккхина, базара яьлла, вайна оьшург а эцна, ц1а йог1ур ю хьо. Д1а Жунида юьгур ю хьо, говр-вордий доьжна, ц1а ян х1ума-м хир яра хьуна. К1отархой дукха хуьлу базара бог1ий, лулара а, вевзарг а нисло. Ризван бабица ц1ахь 1ийр ву. Вуй хьо? – аьлча, Ризван доггаха велха озийра.

Меллаша охьа а воьссина, шен ненан кучан юх ч1огг1а буйна къевлира цо. Кулсума доккха ши стаг чохь долуш тергала вина вацара к1ант, амма цхьа ц1еххьана дог сихделира цуьнан, цуьнга к1ант д1а ца таттавелира. Цуьнан ойла кхоллаелира: ц1ахь ца вуьтуш, вордан чу алссама ча а диллийтина, кетаран юккъе а хьарчийна, д1авуьгур ву ша, аьлла. «Х1ан-х1а, и муха дагадеара суна, – дагчу иккхира цунна, – юха йог1уш ворда нислой а ца хаьа. Хьайн ворданахь ца хилча, мохь нехан вордан т1е а буьллий г1аш вог1уш меттиг а хуьлу, юха а сайггара и олийла а ма дац сан, – бохура цо ша-шега. – Х1умма а хир дац, гена махка йоьдуш а яц, цхьа буьйса а яьккхина ц1а йог1ур ю. 1ехалур вара иза-м аьлла, – ша 1ехо юьйлира Кулсум. Амма даго цхьаъ хьоьхура. – Вуьтур вац, д1авуьгур ву ас сайца, мел хала делахь а. Сайца хилчахьане, гехь валийна а, ц1а валор ву. Г1елъелча охьа воьссина куьг лаьцна а валор ву, ло а дац пайда болу х1ума, ткъов а д1асеци, жимма т1е а йилхина. Ма хала хир вац суна, бабина а мел хаза хетар ду!» Юх-юха хьекхош, шен чутаса хьеелла хьолт1амаш чу а тесна, уча йоллушехь, ша чохь ца лаьцна долу к1ентан куьг шен буйна а къевлина: «Жуниде ала деза ас, суо к1ант вига йоллу аьлла», – Жунид волчу чу яхара Кулсум. Д1атаь1на 1аш волчу Жунида, охьа а хиъна к1ант шена т1е вийхира. К1ант дена т1е вахана марахьаьрчира, амма юха ведда шен ненан коч схьалецира цо. Жунидана хиира, иза цхьана х1уманна сагатдеш вуй. Кулсума ша деънарг д1адийцира Жуниде. Жунида элира:
– Йох а ялийтина, хьо юха йоьдуш вуьгур ву ахь, ас д1а а дуьгур ду шуьшиъ, т1аьхьа веана ц1а а далор ду, х1инца хьуо г1ой ц1айола. Товш дац, к1ант ги а воьллина вог1у-воьдучунна гахь а. Ткъа к1ант шеллахь баккхийнаш реза а хир бац.
Кулсум кхетара шега Жунида бохучух, амма даго сагатдора. Ризван а, волу-уш, ловза велира. Кулсум доккхачу шина стагана хьалхахьара пхьег1а д1а а яьккхина, юург чохь шун а, шен когаш к1ел хьийзаш волу Ризван а эцна, Жунид волчу чуеара. Цара цхьаьна шуьнехь х1ума йиира. Луьш-олуш Кулсуман даг т1ера сингаттам а байбелира, я ловза ваьллачу Ризвана а шен даге ладог1а меттиг а ца буьтура. Амма цхьанне а ца хаьара, шаьш цхьаьний шуьне хевшинарг т1аьххьара буьйса юй… Хоуьйла а, я хуьлийла а дарий…?

Гуттара а санна, буьйса д1аяьлча 1уьйре т1ееира, денна а ма-дарра 1алашдан дезаш даьхний дара, баккхийчеран хьашташ дара, беран терго яра. Уьш дерриш а д1адирзича Кулсум шен некъана кечам бан йолаелира. Жунид а говр д1айожа аравелира. Кулсум мелла а са айделла яра шена шен наний, ваший гург хиларх, амма Ризван цхьаьнна а х1уманах 1ехалуш вацара. Увайс аравелира шена т1е х1ума а юьйхина, царна парг1атонна аьлла. Кулсум хьалххе шен йовха бедар уча а яьккхина, к1ант т1аьхьа ца кхуьуьйтуш, марнене 1одика а йина араелира, ша х1инцца чу йог1учуха. Учахь шена т1е х1ума а юьйхина, х1ара араяьлча воьлхачу к1ентан аз дара хезаш, детташ кор а дара. Т1аьхьа ваьллачу мардас элира:
– Кулсум, вайн гергарчу нахе маршалла лолахь, Дала цу хене ваккхахь, суо а г1ур ву со хьан нана ган а, цаьргара хьал-де хаа а. Хьан да дика стаг вара, и д1аваьлчахьане вахар к1езга хуьлу сан, – олуш, Увайсан юхь кхуьйлира.

Кулсум, мардена мара а кхетта, охьатаь11ина кевнехьа д1айолаелира. Кор детташ дара. Воккха стаг уьйт1ахь волуш, юха хьажа там ца хеташ кех йолуш йолчу Кулсумна хезира ринжин ков тухуш. Цунна хиира воккха стаг дехьа ваьллийла. Увайсана а хаьара, шега ладоьг1уш лаьтташехь Кулсуман са корехь дуй. Кулсум юха хьаьжира. Денанас т1ехьашха мара а воьллина, корехь лаьтташ к1ант вара, б1аьргех охьа ихна хиш а долуш, цхьаъ цуьнга бохуш, и теван г1ерташ денана а яра. Цуьнан аз хезаш а долуш Кулсум кех яьлла д1айолаелира, болар сих а дина. Цкъа делахь, кет1ахь ц1ийндеца цхьаьна вордана т1е хаа товш дацара, кертахь ца гахь а, лулахь ган а тарлора, кхин а мохо т1аьхьа кхоьхьу к1ентан аз а ца лалора даге. Цунна х1инца а ца хаьара, ядарх ер йоцуш и аз ша яллалц шен лерехь дуьсур дуй…

Жунид т1ахьа а кхиъна ворда сацийча, шен болар ца дохош д1аоьхуш яра Кулсум, Жунида мохь тоххалц. Шена и ца хазарх цецъяьлла Кулсум, ела а къежна вордана хьалаелира. Мел х1уъа а дийцича а, Кулсуман ойла к1антана т1ехь соцура, ша цунна базарара йохьунъерг а, шена иза дуьхьала вог1ург хилар а, ша и мара къовлург хилар а, амма и дерриш а цо Жуьниде ца дуьйцура, цхьадерш цо шена дуьтура, иза цуьнан деган къайле яра. Ткъа дена цунах накъост, къонаха гора. Жунида олура: «Дукха кач ма ве, зудабер санна, иза-м стаг хила везаш вуй», – олий. Цундела Кулсума шен дагара ца хоуьйтура Жунидана а. Некъ гена бацахь а, г1ура ястаелла, саз лаьттан хатта чкъургех леташ, говр цхьана эшшара чаболахь йоьдуш яра.
Жунида базарара цхьацца шена хьашт ерг т1екаре юьллура, Кулсумана а шен ц1аяран г1айг1а яра. Цхьана х1уманна тебна 1аш санна тийна лаьттина долу 1алам ган а гуш хийцалуш дара.
– Делахь, ц1а яр муха хир ду-теша сан, – элира Кулсума. – Ма ч1ог1а кхоларш ю вайна гуллуш, – аьлла.
– Нагахь санна ло диллахь со т1аьхьа вог1ур ву, – элира Жунида, – 1уьйре д1а а эккхийтина. Новкъа ца йолуш, хьайн нана йолчахь сацалахь, – аьлла.
Кулсуман а бацара кхин харжам нагахь санна ло диллахь, гатанан к1архашший, т1ерг1а пасаташший юьйхина новкъаяьлла йолу х1ара ян лур яцара г1аш. Х1орш х1инца эвлаха чубоьллера. Жунида, урамах чу ца воьрзуш, архаш юха а озийна говр сацийра:
– Цхьаъ дуьхьал кхетахь а, суна товш дац говр лаьллина кет1а вахар, цхьаьна утармех тесна йитина д1а вог1ур вара, хьан нанна гучуваланза хилча и дойла яц сан. Хьо д1аяло, чохь маршала а ло, ткъа со сихха юхавоьрзур ву, вай ц1ахь ца хилча ц1ахь ледара хир ду.

Урх лаьцна говр юха ерзош воллучу Жуниде Кулсума элира:
– Стаг, Ризване со кхана ц1а йог1ур ю алалахь хьалххе, дуккха а х1уманаш а йохьуш.
– Ц1а ца еана стенга г1ур яра хьо-м, д1а чу ялохь, – элира Жунида. – Со а ца вуьту ахьа д1аваха…
Кулсум д1айолаелира. Амма Жунид вехха лаьттира, ша х1унда лаьтта хаа синкхетам а боцуш. Мацца а, вагийча санна говр д1аэккхийтира цо. Са карзаха даьллера, цхьаъ хила доллуш санна. Амма Жунида лазам боццучу аг1ор тидира: т1еян ду вайн, аьлла. Дан а дара 1алам а карзахдаьлла. Х1ара ц1акхочуш, ло луьстта дан доладеллера. Ло диллахь даьхница болу болх т1екхетара. Юха а, 1аьнно ца диллина долу ло дуьллур ду аьлла тешна а вацара иза, тк1ов а йилхина, юха ерза а мега йочуна, аьлла а хетара. Муха кхочу а ца хуш, хьацар охьа1ийдалуш ши говр а йолуш, ц1а кхечира Жунид. Массо а сап-сов а карийна, Ризван шена т1е г1ортале араваьлла, даьхнийн керта вахара Жунид. Деригге а х1ара д1авоьдуш ма хиллара дара. Цхьаьна вон г1енаха самаваьлча санна, даьхний 1алашдан волавелира Жунид.

Кулсум а, д1ахьаьжча урам юьххьехь схьагуш долчу шен дец1енна т1е кхачча йоллуш, йоьдуш яра. Аьхка к1ант а валош еана Кулсума г1о а деш тхов т1е йиллина йолу ц1енкъа йочанаша аьгна гуш яра. Иза х1ора аьхка юха йилла езаш хуьлура. «Кхушара а, – бохуш йог1ура Кулсум, – Ризван а валош еана, даламукълахь, ц1енкъа юха юьллур ю аса. Гуьйранна зуда яло дагахь Висита а ву, т1аккха-м кху шинне дукха са а гатдийр дацара аса». Урам баьккхина хьаьвдда хьийзаш бераш а дара, делкъана хит1а а, дажа а кех дохуш бежнаш а дара, кхойкхуш хезаш н1аьнеш а, ж1аьлийн летар а дара. Воьду-вог1ург а велалой-векхалой маршалла, хьал-де хоттий бен т1ех ца волура. И дерриге а гергара дара кхуьнан дагна. Цхьа а хийра ца хетара. Ша шайна т1е кхачале болчу кхураца нисъелча, кхунна дагадеара шен деваша дуьхьала вог1уш а гина, ша кху кхура к1ел к1ант охьавиллар. Кулсум ша хьалха т1екхаьчначу кевнах чуяхана къайлаелира, девешина дуьхьала ца нисъяла, ткъа Тимарсолта шен г1овталан т1ам хьала а лаьцна, к1ант цу юкъа а хьарчийна Серижа йолчу чувахара. Тобина лаьттачу маьнги т1е к1ант охьа а виллина, Тимарсолтас элира: «Кху к1антана, даламукълахь, бекъа лур ю аса», – аьлла. Х1етахь цо елла бекъа яра шина говрах цхьаъ, Жунида южуш лелош. Ши деваша г1алахь 1аш вара Кулсуман, х1ара еъча наггахь бен ц1абаьхкина ца нислора. Амма кхеран дола дора цара, къаьсттина Виситин. Цу дийнахь Висита, шен ши деваша волчу вахана ц1ахь ца хиллера. Кулсум чукхаьчча нана пеш юзуш, юучунна етталуш хьийзаш яра. Кулсума ша мара йоьллича нанас элира:
– Даго хьоьхур-кх суна, хьо тахана йог1ур ю бохуш, н1аьна а яра чу йирзина кхойкхуш, ма валийна хир вац-кха ахь Ризван, и ган сатесна яр-кха со, – аьлла.
– Нана, йох а ялийтина вуьгур ву ахь, аьлла ца валавайтира иза соьга, – элира Кулсума, – сайн аьлларг хиллехь, со-м и витина ян йоллуш яцара.
– Шайн волчара ца валавайтича, бакъ цавалийна, – элира нанас, – х1уманна а дац сахьт.
– Х1ума-м х1ун хир дара?! – элира Кулсума. –Юха йоьдуш ворда ца кхетахь, хала хир ву хьуна аьлла, ца валавайтир-кха, шелваларна а кхоьрура. Къаьсттина, дада мегар вацара цунна цхьаъ хилча. Юха а, к1ант вуьйцуш ма ю со-м, – аьлла д1аса хьаьжира Кулсум.

Эццахь шек елира Кулсум: гуш Виситин мача а, я бедар а ца гича: «Там бара и ц1ахь ца хила?» – аьлла. Йо1а шен ваша лоьхий-те аьлла, шекъяьллачу нанас элира:
– Шун девешин к1антана зуда ю ялош, вайн эвлара кхана и д1айига дагахь бу уьш. Замошца ван висна Висита. Кхана гур бу хьуна берриш а хьайн гергара нах. Хьо т1е яха а мегар ду, гена яха а ца деза хьан, дехьа урамехь хьан доттаг1а йолчу Хадиштан юххехь 1аш ю йо1.
Хадишт аьлча самукъаделира Кулсуман.
– Нана, элира цо, – ганза дукха хан а яра, охьадийшале Хадишт йолчу г1ур ма яра со-м, – аьлла.
Нанас элира:
– Хадишт, а цуьнан марнана а, кху юккъера дуккха а кегийнаш а хьонке бахана ц1ахь ма бац, – аьлла.
Цуьнан багара и доллушехь Кулсума хаьттира:
– Ткъа карарчу к1антана х1ун дина цо?
– Шен нана йолчу схьавалийна бохуш хезир-кха сунна, – элира Серижас. – И йоцурш дера бу уьш и хелаг хьала кхедчахьане цу лайлахь бохкуш, и бераш охьа а кхуьссуш. Ца бахча а х1ун дийр ду: чохь доьзална баа а хуьлу, сов баьлларг бохка а бухку. Х1инца-м, ло дешна боху. Ломаца хийла ло дера аьхки цига ваханчо. Висита а вара, х1ара г1уллакх д1а а дерзийтина, вайна баа хьонка бан г1ур ву бохуш.

– Нана, – элира Кулсума, – ма вахийталахь иза, хьуьнчохь берзалой хуьлу ма боху, Дала т1е ма доуьйтийла цунна цхьаъ хила.
– Хьо-м вахана ваьлча санна кхера ма ели! Нах а ма бу цига лелаш. Делан къинхетам хилла, и санна зулам нисделла-м дац вайн кху аг1ор, – элира Серижас.
– Валлах1и, ца хаьа-кх, нана, селхана дуьйна цхьа саб1арзделла ю-кх со, – элира Кулсума, – Дала диканна дойла х1ара.
Кхо шегара юург-мерг схьаэцна, парг1атъяьлла, самукъадаьлла 1аш йолчу нанна т1е а таь1на, Кулсума элира:
– Нана, со кхана зуда д1айига бог1учу замошна т1е г1ур яц, сан 1уьйрана базара яхна, тхайна оьшург а эцна, ц1а яха езар ю. Т1аккхахула зуда декъала а еш цхьаьний г1ур ю вайшиъ, ткъа х1инца со еаний а ма хаийталахь, цигахула лелча со хьелур ю.
Минот ца елира, цо к1антана ч1ог1а сагатделла, ала. Гатта-м деллера, и ц1ахь витна ша цкъа а ара ца яьлча санна. Нанас элира:
– Ло а ма ду хьийзош, хьо муха г1ур ю ворданаш юха цайирзича?
– Х1ан-х1а, ворданаш хьелур ю, г1аш г1ур ю со. Ло дешаш ца хилчахьана, когаш а башор бац, х1ара стаг дуьхьала ца вог1уш а 1ийра вац.
Д1а х1ума ца аьллехь а, нанна хиира, кхо к1антана сагатдойла. 1уьйрана сихаллехь ца кхиахь а аьлла, нана кхунна т1оьрмигчу цхьацца х1ума чу кхийса йолаелира. Дехьачуьра б1араш чохь долу т1оьрмиг схьа а беана, Серижас элира:
– Х1ара б1араш Ризванна хьур ду ахьа.

Цо и аьлча дагадеара Кулсумна, ша юхахьаьжча к1анта шена оьхьуш хилла долу п1елгаш.
– Нана, – элира цо, – ша суна т1аьхьа воьлхуш гойтуш биъ п1елг ма бара цо. Сан тидам цахилира-кха х1етахь, дуккха цо холча х1оттийна, цо бохург схьа лаца. Со кхуза йог1ийла хууш, сарахь дуьйна а ма вара иза соьга б1араш дохьур дуй бохуш, п1елгаш т1ехь гойтуш…
Кулсум ехха 1ийра йист ца хуьлуш, нанас:
– Йо1, ойланаш ма д1аяхна хьан, стенна сагатдо-кха ахь сел ч1ог1а? – аллалц.
Кхунна д1адийца ца хаьара, амма даго цхьаъ хоьхур-кх.
– Хьалхе г1овтта дезаш а хилча, д1адийша деза вай, – элира нанас.

Д1а йижнехь а, наб яйнера шинний а. Карзаха девлла леташ ж1аьлеш дара, цкъа а ца леттачу кепара, 1оьхуш бежнаш а дара, ца соццуш охьадуьллуш ло а, цу хьоло а б1арздинера са.
1уьйранна не1 йиллина Кулсум арахьаьжча, дикка диллина ло дара. Т1е дог1уш а дара.
– Делдахь, базара ца яхча х1ун дара-те хьо, – элира Серижас, – х1окху лайлахула?
– Нана, бежнаш туьха д1адаьлла дара, – элира Кулсума. – И доцуш ц1а муха г1ур ю со, кхуза кхаччалца схьа а еана? Дадига а х1ун эр ду ас? Г1ур ю со, х1ара стаг а дуьхьала вог1ур ву. Б1араш чуьра т1ормиг сайца д1ахьур бу ас, – элира Кулсума, – чу ца йог1уш д1аяхар нислахь а. Ризванна хазахетар ду, ахьа даийтина аьлча.
Шен ненан 1одика а йина, Кулсум базар йолчу аг1ор д1айолаелира, амма гена ца елира.

Шайн езачу салтийн эткашца г1ура озийна долу ло «ц1аз-ц1иззинехь» эт1а а деш, юьрта схьачубаьржина салтий бара. Кулсуман кхин башха шеко а ца кхоллаелира, х1унда аьлча уьш, цхьа муха булу а ца хууш, юкъа боьлла бара, адамаца хьакхабелла а, шайга тешам кхоллаболуьйтуш нахаца т1екаре лелош а. Цара ярташна т1ехула а лелаш саг1адехарехь, уьш 1едало бахкийна охьакхиссинехь а, царна оьшучуьнца кхачо ечух тера дацара. Т1едожош схьакхайкхина дацахь а, бахархошна т1еэгийна бара уьш. Зулам дохьуш веана воцучу стагана маьрша, тешаме, комаьрша хилар шайн низам долуш шайн дайшкара дуьйнна схьадог1учу къоманна к1езгалла яра не1аре веанчунна оьшург ца ялар а, т1аьхьарчу хенахь эвхьаза бевлла бежана эвлах даккха ца вуьтуш къоланаш леладарх а, царна т1екхайкхар а… Т1екхайкха меттиг хилча а…
Юха а, массеран чуьра аьлча санна, х1орш санна долу бераш дара эскаре дигганчуьра т1ом а болабелла, т1аме дигна а, цул т1аьхьа ц1ера т1едигина а. Веанехь а, заь1апхо воцург ц1авена а вацара. Цундела, къаьсттина наноша, х1ума лора царна, шайн берашна т1ера олий а, керстана еллачо т1ебог1у бала юхатуху олий а… Чух-чухула лелаш эладитанаш дара, къам арадоккхур ду бохуш, амма даго т1едуьтуш дацара. Хууш берш а бара, амма кху кхелана хьалхахьа уьш а цхьалха бара, шайн са деза а дара. Цундела цара лела ца дуьтура и тайпа эладиттанаш.

Тахана дайша ц1ийца ларбина болу нана-мохк гатбинера адмана. Кхеран не1аре х1иттина долчу йовсаршна а, я царна хьалха бевллачу эпсаршна а эхь ца хетара шаьш къахьегначу т1ера, шайга карахь эцалург схьа а эций сихонца кех довла ала, г1айба санна 1уьллучу лайт1е, мегарг т1ехь а, я когахь а йоцуш. Хиллачух кхеттала доцу, нанас 1уьйренца хьостий самадохуш долу бераш, тоьпан юьхьигаш т1е а ерзийна лаьтташ болчу акхаройх кхераделла, 1адийна дара. Зарратал х1ума даьлча, т1етухур йолуш а бара, тоьхна меттигаш а яра. Жимма а доьналла долу божарий д1агулбина, совцийнера. Гехь-марахь бераш а долуш нанойн, зударийн мог1а юьртал араболуш бара. Дархой, къаной шаьш 1охкучахь бисира, ворданашкахь т1аьхьабахкор бу аьлла, амма шай болчарех и тайпа бисна нах схьа-м ца кхийтира. Цу юкъахь тоьлларг муьлха ву ала хала дара. Цкъачунна шаверг а цхьаъ вара. Цу мог1анца яра Серижий, Кулсуммий. Охьа а кхетта яларх, ядий-ялий меттиг бацара. Ша к1елйисча лелон а, елча д1айолла бохуш, кхиийна волчу шен цхьаъ бен воцучу к1антах хилларг хууш нана а яцара. Эккха доллу дог а къуьйлуш, церга балда а лоьцуш йог1ура Серижа а, Кулсумна ша йоьхна ца гайта г1ерташ. Церан лилхина дегнаш гуш дацара, амма чукхеттачу б1аьргийн нур дайна дара, дуьненан серло д1аяьллера. Х1ара таханлера 1аьнан де санна шелделла а, ницкъ эшна а дара кхеран дог1маш а. Хьаьрччина шайн доьзалш цхьаьна а болуш арабевлларш дукха бацара. Вахнарг – ваханчохь, веънарг – веанчохь, адам кегаделла, цхьа экха юкъаиккхинчу бежнех тера доьхна дара. Амма даго бакъдина т1е ца оьцура. Шайн х1усамех а даьхна, шаьш да мел долу х1ума эрна охьа а кхоьссина кертара дахар-м х1ун дара хьуна, махках дохур ду бохург бакъдина т1еэца хала дара. Божарий ц1ерш ягош бара. Хаддаза т1е дог1уш долу ло лаьтта охьа ца кхочуш, кхеран декъазчу духар т1ехь а, когаш к1елахь а дешара. Шелонна социйла йоцуш, ч1агаре санна хьийзаш долчу адамо хьуьш, сацкъар хилла, ледаро йолчу мачийн айра охьа а доккхур долуш, хатта бара. Хьадал-вадал верг ц1арана гонаха хьийзара, ткъа карахь бераш долу зударий кхин а йиш йоьхна бара. Бер дузо а, цуьнан 1алашо ян а аьтто бацара. Юрг1анех а, цхьацца йибарех а баннаш йина, цу бухахь къайла бевллера уьш, амма т1е дуьллуш долу ло дешаш, ладар чу 1ийдадала долалора.

Баккхийчара низам латтадора. Шайгахь йолу юург вовшашна д1аса а луш, Деле а кхойкхуш 1аш маьрк1ажан хан хилира. Т1аккха машенийн моторийн г1овг1а хезира. Кхера-м дика аьтто а хиллера… Машенаш ца кхочуш буьйсанна юккъе бахнарш хиллий а хиира. Кхин доьхнарш а дукха хиллера. Цу к1уркъамани юкъахь х1ун хир дацара?.. Юкъ яьстинера арадала бахьана дезаш охьатаь11ина 1ийначу зуламо…

Массанхьа а долу хьал Кулсум д1ахьоьжучу к1отаран йистехь а дара. Х1инца гена вацара Ризван а, амма яцар цунна т1екхача йиш. Х1ун дара, «Ядалахь!» – аьлла, шен берана тоха са доцуш хьере хилла йолу нана дехьаялийтича, я «Х1ара ду хьуна!» – аьлла, дилхина са хаьдда долу бер схьакховдийча… Амма цу юкъахь адамалла яцара, акхаройн амалш яра ала а хала ду. Экха зене делахь а, ямарт дац.
Жунид а ваьлла хиллера ши говр а йоьжна новкъа, амма дуьхьала бевлла ворданара иза охьа а воссийна, т1елаьцна автоматаш а йолуш, клуб чу д1агулбина болчу кегийчу нахах д1атоьхнера. Адам д1агулдина бевлча, божарий а эвлайистехь гулйинчу юьртахойн тобанах д1атуьйхира. Жунид, Делан къинхетам хилла, шен дений, гехь Ризван а волуш ц1еран гонаха хьийзаш йолчу нанний т1екхечира. Иза Кулсум ц1аяло вахний хууш волчу Ризванан мохь белира, да гушшехь, шен нене кхойкхуш. Амма т1еоьхуш йолчу машенийн г1овг1анний, берийн делхарний юкъахь д1адов Ризванан аз. Шаьш вагонашкахь декъаза некъ эцна д1адоьлхуш а, дог ца дуьллу цара шаьш вовшахакхетар ду аьлла. Станцешкахь кхетта а, схьакхетаре сатуьйсу. Иштта меттигаш а нисъеллера, амма Кулсуман шен к1ант кхин ган воьг1на ца хиллера. Цуьнгахь биснарг, цунна бахьа нокъабаьккхина болу б1араш чохь долу т1оьрмиг бара. К1ант корехь лаьтташсурт а дара, т1аьххьара сурт…

Нахана д1аса баха бакъо яьлча, Кулсум шен марзахой лаха араелира. Амма цунна карийнарг кошан барз дара… Уьш д1акхелхинера. Кешнашкахь дара диъий а, баьрзнаш ь гулахь дара. Адам диса а дисний-теша аьлла хеталора, цу казахийн арахь яккхий майданаш д1алаьцна керла, де-дийне алсам дуьйлуш долу кешнийн баьрзнаш гича. Д1абохка ницкъ боцуш малха биснарш а бара. Т1ех1оьттинчу халонаша а, мацалло а, шайна хьалха евзина йоцучу шелоно а, къастаро а мангало буц санна д1ахьаькхинера адам. Озийна орамах даьккхинчу хелагах тера дара кхеран хьал. Т1аьххьара сатийсам д1абелира Кулсуман. Ризванан барза т1е куьг а хьаькхна, шен легашка х1оьттина болу шад а бохьуш, юхайирзира иза. Дог доьлхуш дара, амма мохь бетташ елхарх и хезар долуш вацара цхьа а. Массаьрга деънарг дара кхуьнгахь а. Яла а йиш яцара, ц1ахь кхуьнга хьоьжуш к1ант вара, кху махкахь дуьнент1е ваьлла, тахана Ризванан хенара хир волуш. Цуьнан нана яра, амма шен да вевзар вац цунна, шен нанас вийцарехь бен, ваша хиллий а хуур ду цуьнгара.

И шиъ дехха дехар ду, шайн кхелхинчарна т1ера саг1а а доккхуш, шаьшшиннан бала вовшашка а буьйцуш, цу Дала кхунна веллачу дикачу к1ентан оьзда доьзал а кхиош, Далла хастам а беш, Ризванна т1ера хьакъийкъат а дина, х1етахь шега Ризвана кхийлина долу б1араш нехан берашна а доькъуш. Висита схьакхетар ву, амма нана кхин гур яц цунна: нана кхелхина хуьлу. Хьонке бахнарш берриш а кхетар бац шайн берех. Байлахь дисна бераш детдомашка д1аса лур ду, цу чуьра ара девлча царна шайн мотт хуур бац, я шаьш муьлуш ду а я мичара ду а.

Вайнах №1, 2019. Печ. версия. №3, 2019. Эл. версия

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх