Сай

ahmadov_musaПоэма

Декъал хуьлда дегI, са цIена сай,
Декъал хуьлда болар дерг шен дайн,
Декъал хуьлда маршо езаш берг,
Лаьмнаш хедош леларг, етташ берг!

Декъал хуьлда лаьмнийн цIена шовда,
ТIулг а хадош, малхе даьлларг – шозза,
Бетонаца го ца бина ахк а,
Хьуьнхахь кхиъна акха муьста Iаж а!

1

Нохчийн махкахь цкъа сеш хилла дехаш,
Царна иллеш дохуш, баьхна дай:
«Сен кураллин хIун хир ду, ткъа, меха!
ГIелийн куц-м, ткъа, исбаьхьачех дай!»

Цхьаъ ца тайна, уьш дIадевлла, хIинца
Вайн хьаннашкахь сеш дац цхьанххьа гуш.
Шайн паргIато ларъеш дайша цIийца,
Цаьрца цхьаьна хIаллакьхилла уьш?

Я шайн хьаннаш ягош, дохош баннаш,
Ла ца велла вогIу мостагI цкъа,
ТIаьхье кхио, адамаша санна,
Генна махка дIадахна уьш, ткъа?

И хууш дац… ХIунда дуьйцу деха,
Бакъдерг – сай цахилар кхузахь вайн.
Амма иза нохчийн иллехь беха –
«ГIелех хаьдда бисна кура сай».

ЦIе ца юьтуш, илли дитна, шениг,
Дахарх хаьдда шира илланча.
Амма цуьнан «лерг семачу сено».
Цецваьккхина хийла хийлазза.

ЦIе дIаярах, ойла-м еха цуьнан,
Цуьнан илли – халкъан илли ду!
Халкъан илли меха дерг ду дуьне,
Халкъан илли – дегнех кхетта чIу.

Оцу чIуно цхьанна до-кха дарба,
ДIахададеш цуьнан деган айп.
Ткъа, вукхунна дахар до цо хьарам,
ХIаллакбо-кха цо харцонан дай.

КIентий! Нагахь доьгIнехь лаьттахь вайна,
Халкъан бIаьхой хилла, даха цкъа:
Вайн иллеш а адамашна тайна,
Хилахь халкъан дуьхьа хьегна къа;

ХIораммо а цхьа хIума дахь аллал:
«Со ву лаьмнийн, сайн Даймехкан лай»;
Наха алахь: «Къонахий бу халкъан,
Халкъан дуьхьа цара хIун ца лай!»;

И цхьа шовда тIулгех паргIатдаккха,
Халкъан бешахь кхио цхьацца стом,
Вайн ницкъ тоахь, – вайн йиш ю-кха тIаккха
Ала: «ХIокху лаьттахь даьхна тхо-м!»

И ю шуна уггар лекха лакхе,
И ду шуна уггар лекха дарж.
Цуьнан дуьхьа аш шайн набарш лахка,
Йохае шайн xIopa дийнан раж.

Ишта вахар – и ду сийлахь дахар,
Iаьржий, сийний бIаьргаш къесточул…
Сийлахь ду-кха халкъо шен кIант ларар,
Мел керчайо хено сиха чкъург.

И цхьаъ ду-кха, и ду коьртаниг а,
Даг чохь даим латта дезарг вайн…
ХIинца-м дийцар кхечу хорша дигар
Вайна тIехь ду, хьахорхьама сай…

2

Ламанан юрт. Цу юьртана гонах
Лаьтташ гуш ю пепнийн, нежнийн хьун.
Ткъа и хIаваъ! Хетарехь, кху хIоно
Ерзор яра мел дIаьвше а хьу…

Оцу хьуьнха дикка шераш хьалха
Цхьанхьара-м цхьа сай кхаьчнера, бах.
Иза гина коьллаш юккъехь, къайллах
Жимчу кIанта цига бигна нах…

Ган а лиъна шен дай баьхна латта,
Кхаьчна хилла-теша кхуза сай,
Кху Iин чуьра шовда мелла, хIайттехь
Бухабаха, къаьсташ бодий, сай?

Я и Iийна хилла-теша хотехь,
Стага цкъа а ца левзинчохь ког,
Дахарал а Даймохк хетта хьоме,
ЦIовза магарх къиза дошан хIоъ?

Нахана-м и бен дац, хиларх мухха…
– Хьаладовла, хьаладовла, хIай!
Оцу хьуьнхахь, дIога берда юххехь,
Бежаш цхьанна гина, боху сай. –

Нах, гулбелла, хьуьнха булу сихха –
Массо: воккха, жима, зуда, бер…
Шовда шена дукхадезна сил а,
Сай-м бу лаьтташ, цу чохь ловзош берг.

Царна го и, тамашбо-кха цара.
Сен хазаллех баккхийбеш бу нах.
Цхьаберш хьийза дош ца карош ала,
Iадийна а лаьтта царех ах.

Можа малх а цу сен коьртехь гора –
Хазалла ю, боцург цхьа а мах.
Хазаллина хIиттина шаьш гора,
Цецбевллачохь бисна Iapa нах.

Цхьаммо эли: «Схьалаца вай иза?»
Кхечо хаьтти: «Муха лоцур бу?»
Амма алац: «Ма хилийша къиза!
И схьалаьцча, хIун дан дохку шу?»

Бер – и бер ду: хазахета цунна.
Ткъа, воккха стаг, гинарг дика-вуо,
Берал жима хилла, воллу кхузахь,
Куьйгалла деш, бойтуш сена гуо:

– СхьатIедуьйла, хIей нах, гуо бай бертахь,
Берда йисте дIатаIабе сай!
ГIовгIа ма е, бадийта шу гIерта.
Сих ма лолаш: иза меттахъхьай!..

И дерриг гуш, сай бу цеце лаьтташ,
Синтем байна, етташ лаьттах берг:
Кхаа aгIop наха гуо ма лаьцна,
Ткъа, тIехьахь гург – кIорга, кIорга берд.

Улло гIерта, улло гIерта адмаш, –
Сена-м уьш ду къиза акхарой.
XIapa дуьне цунна ду-кха гатлуш, –
Барзах баьлларг лоцур адамо?..

Адамаш, шу хIунда гIерта-теша
Карабало дегI, са цIена сай?
Лелаш санна, паргIатонехь бежаш,
И исбаьхьа хир бац шуна, хIай!

Шиннан къайле – эвхье безам бовза
ХIунда оьшу шуна, адамаш?
Массарна дац церан безам – шовда,
Цу чохь куьйгаш хIунда дуьлу аш?..

Илланчас байт язъяхь деган цIийца,
ХIунда детта цунах совнах хи?
Цо шен иллехь лаьмнех лаьцна дийцарх,
ХIунда олу, язъе шурех «йир»?

ХIунда гIерта шан Башломан зезаг,
ЦIа а деъна, тесахь кхиадан?
ХIунда гIерта, боцу шайна зене
Сай схьалаьцна, иза йийсар бан?..

Улло гIерта адмаш, улло гIерта,
Хазахетар догуш бIаьргаш чохь.
Цхьа ког баккхахь, сай гIyp бу-кха бердах.
Цо хIун дийр ду?.. Цуьнга бели мохь.

Цу маьхьарехь халахетар дара,
Дог долчуьнан дохор долуш дог.
Мохь бийкира, къаръеш нехан гIapa,
Амма адмийн-м лерехь яра потт.

Сен маьхьарехь хаалора халла,
Седарчий довш, кIайлуш стиглан Iам,
ГIаьттина цкъа, боьдуш шовда мала,
Цуьнан даг тIехь хилла синхаам.

Цуьнан озе ладоьгIча, ма гора,
Хотехь долчу сенчу ирзу тIехь
ГIела гина, цуьнан меже xIopa
Ларъеш, цунна иза лаьтташ хехь.

Цуьнан озе ладоьгIча, ма гора,
Барзах кхоьруш, доьгIуш сема ла,
Ловзуш, хьоьстуш хьоме жима кIорни,
Иза лелаш, тесна малхе са.

Цуьнан озехь махке безам гора –
Маршоне а, езаре а берг.
Цуьнан озо Iодикаяр хьора
Йолчу кхуьнга цхьа сатуьйсуш ерг…

И аз дийки, Iаннаш цоьстуш генна,
ДIакхечи и болчу ломан бохь…
Ткъа, цIеххьана, и лагIлучу хенахь,
Цунна дуьхьал хези кхин цхьа мохь.

И мохь баллац ладоьгIуш а Iийна,
Бердехьа дIабирзи сира сай…
Кхоссабалар цу сен дара тийна,
Дара, тIома болуш санна, дайн.

Булабелла, стиглахь бердал лакхахь,
ХIоллам санна, дIа ма тийра и…
Малхо иза лепабора варкъехь,
Ткъа, маIаш тIехь лепаш дара тхи.

Секунд ели… Сай чутили бердах,
Чухьаьжча ца гучу тIулган бух…
Акъ а девлла диси адмаш-бертий,
Тарбелла уьш схьалецначу къуйх.

Цецбевлла нах сено динчух чIогIа,
Боьхна, эгош, хьоьжу бердах чу.
Маьлхан дийнахь кхевси-теша догIа?
ХIан-хIа, боьлхуш адмийн бIаьргаш бу.

Бер – и бер ду, халахета цунна.
Ткъа, воккхастаг, гинарг дика-вон,
БIаьрхиш лешаш, доггах воьлху кхузахь,
Даг тIе тесна Iаьнан шийла ло.

– Адамаш, шу адамаш ду даим,
Адамалла шуьгахь даим ю.
Ткъа, и йицъяхь, хаалаш, цхьа дахар
Аша къиза дохо тарлуш ду. –

Сакъералуш гулбелла нах хIинца
Тезетахь бу, кIорал Iаьржачу.
Гуо тессина, шайн цу мелчу хишца,
ГIийлла бердах уьш биссира чу.

Адам санна, барамна тIе йохкуш,
Схьагулйира цу сен даьIахкаш.
Лома буьххьехь, буто латта охкуш,
Уьш хIиттира даккха цунна каш.

Адам санна, кечдеш цунна лахьта,
Ножан упха хьаькхна дагарца,
ДIабоьллина оьзда сай цу лам тIехь,
Бала эцна уьш бахара цIа…

3

Ма гIерталаш, адмаш, лаца сай схьа
Кхул тIаьхьа а – хилларг гуш ду вай.
Лам тIе даьлла зезаг кхио шайн цIахь
Ма хьовсалаш – и-м къизалла яй.

Ма детталаш хи аш деган иллех,
Ма бахалаш: язъе шурех «йир».
Цхьаммо шен сурт цIечу басца диллахь,
Ма алалаш: можа дика хир.

4

Декъал хуьлда дегI, са цIена сай,
Декъал хуьлда болар дерг шен дайн,
Декъал хуьлда маршо езаш берг,
Лаьмнаш хедош леларг, етташ берг!

Декъал хуьлда лаьмнийн цIена шовда,
ТIулг а хадош, малхе даьлларг – шозза,
Бетонаца го ца бина ахк а,
Хьуьнхахь кхиъна акха муьста Iаж а!

Ахмадов Муса
1977

Вайнах, №4, 2012

Поэма Декъал хуьлда дегI, са цIена сай, Декъал хуьлда болар дерг шен дайн, Декъал хуьлда маршо езаш берг, Лаьмнаш хедош леларг, етташ берг! Декъал хуьлда лаьмнийн цIена шовда, ТIулг а хадош, малхе даьлларг – шозза, Бетонаца го ца бина ахк а, Хьуьнхахь кхиъна акха муьста Iаж а! 1 Нохчийн махкахь цкъа сеш хилла дехаш, Царна иллеш дохуш, …

Рейтинг

Рейтинг: Станьте первым
0

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх