Пушкин Александр. Евгений Онегин

pushkin22(Роман байташкахь)

Юьхь еша No9, 2014 шо

Шолг1а корта

O. rus!
Hor1.
Х1ай, Рус!

I

Юрт, Евгенийс 1овшург г1айг1а,
Меттиг яра башха тайна;
Коьрта долчух бийриг тоам,
Веха верг, беш цуьнан кхоам.
Дайн и ц1ено – юьстах, маьрша –
Гуно лардеш мехех аьрха,
Дара хи т1ехь. Гергахь гуш
Кхуьуш къорза, архь а луш,
Бецаш; ялташ, дашо, хьийна;
Уллехь – ярташ; даьхний тийна
Дежаш аренашца деха;
Ткъа и учи готта шоръеш,
Гуора йоккха, тесна беш,
Ойлане дриадаш2 еха.

II

Хаза ц1ено – эгал тайна,
Динарг дан ма-дезза, деш,
Дара онда, синтем байна, –
Хьакъ шираллин безам, теш.
Дуьйшийлаш – шайн лекха тхевнаш,
Хьешан чоь – к1аденах пенаш,
Шайна т1ехь – паччахьийн суьрташ,
Кхийран пилташ лаьцна куьркаш.
Х1инца ерриг тиша, эшна,
Х1унда ала хаац суна,
Амма доттаг1на сан, тешна,
Дара и хьал хийра, хьуна,
Гарна и са доккхуш деха,
Чоьнаш хиларх шира, меха.

III

Иза 1ара, чоь магийна,
Юьртан къано веха 1ийна,
Сте дог1ахо3 к1езга хьоьстуш,
Корехь лаьтташ, мозий хьоьшуш.
Дерриг оьшург: ножан ц1енкъа,
Ишкапаш, стол, диван тоьлла,
Томмаг1а цхьа-а доцуш шекъан.
Онегина ишкапаш йоьллу:
Харжаш лору тептар – х1ара,
Д1огахь – цхьа мор маларш тайна,
К1удалш, мутт чохь 1ежан – шайна,
Кхузахь хенан рузма дара:
Къано, белхаш болуш дукха,
Ган кхи жаргаш хилац мукъа.

IV

Цхьа-а да воцуш бахам къийса,
Дукхах дерг хан яйа шорта,
Евгенийс цкъа лазби корта,
Керла низам х1оттош нийса.
Шен маь11ехь хьекъалча – буо,
Г1ело ваттан ширачу
Байчу болца хийци цо,
Хуьлуш лайшна дика 1у,
Амма воцуш шена реза
Лулахо, са-а ч1ог1а йиэза,
Зуламхо кхайкхориг и,
Вуьшта воьлуш цунах кхи,
Эххар наха, цхьа барт хилла,
Иза лери букъарш тилла.

V

Юьххьехь цунна хьеший ихи,
Ткъа уьш цуьнан амалх кхии,
Дехьахула шайна гича
Цунна х1оттош бекъа сиха,
Хазарца геннара г1овг1а,
Хьешийн г1удалкх йог1уш новкъа,
И ца дезна, цара яй
Уьйр хадийра цуьнца шайн.
«Вац и дешна; ву и терге;
Фармазон4 и, молург хийла
Ц1иэ чаг1аран стака дийнна;
Эманийн куьг ца до тергал;
Х1аъ-с я х1а-х1а-с дац-кха парз5».
И юкъара дара арз.

VI

Ткъа цу муьрехь юьрта ц1а
Керла да веара х1етта,
Нахана ша-а вуьйцуш 1ан
Дуьлуьйтург «г1алаташ» т1етт1а:
Верг Владимир Ленский ц1арца,
Ц1ена геттингхо верг дагца,
Товш верг, воьлларг адам тига,
Кант верг веза, байтхо дика.
Германера ц1ехьа шен
Цо 1илманан беа стоьмаш,
Маьрша ойла, довзац г1оьмаш,
Аьрха са, цхьа тамаше,
Суй-дош, хала цкъаццкъа кхета,
Iаьржа месаш, белшех кхета.

VII

Вуо эвхьазалло дахаран
Човхоза ша-а долу дела
Цуьнан са, и бевзарг мела,
Уьйренех, там хилла, дара;
Даг чохь – к1езга довзархо –
Iалашо кхобура цо;
Дуьненан и кхаъ-са, г1овг1а
Дара цунна тайна, ховха.
Мерзачу ойланца, тов,
Цо тедора деган ов;
Вайн дахаран лехам боккха
Яра цунна къайле токх, ткъа
Цуьнца гуш хазаниг шорта,
Цо кегбора цунна корта.

VIII

И тешара хьоме са
Шех схьакхетар хиларх цкъа,
Г1айг1ано ша-а дууш къиза,
Х1ара ларвеш хиларх иза;
Доттаг1ий шен хиларх, ала,
Кийча биэкъа шеца бала,
Шаьш ца кхоош, зулам цара
Юхатохарх, бевлла ара;
Нехан хиларх кхолламо
Къастийна доттаг1ийн гуо;
Лийрбоцчу цу гоно, маьрша
Охьахоьцуш з1аьнарш аьрха,
Хьостур хиларх мацца вай,
Ял луш, марздеш дуьне к1ай.

IX

Цуьнан кхехкар, вагар шех а,
Йоле болу ц1ена безам,
Ц1е езаран и ов-лехам –
Дара ц1ий т1ех дохуш марса.
Кхирсти иза, лира – карахь,
Шиллеран, Гьотенан махкахь,
Байталлинан ц1аро церан
Са дохуш юкъ-кара хьера;
Исбаьхьаллийн аз и зевне,
Цо марздира, воцуш девне:
Цо эшаршкахь, хууш стенна,
Синхаамаш бийци денна,
Сатийсаман кхаъ-шовкъ йийци,
Атталлех дог кхиош, ийци.

X

Безам базби, т1ера – цхьанна,
Йиш а локхуш цунах ц1ена,
Ойла санна йоь1ан-стеган,
Беран г1ан а, бутт а санна,
Буо г1амаршкахь стиглан беха, -
Теш къайленийн, синойн нехан.
Далхи къастар, ткъа и г1айг1а,
Цхьа-а а доцург, дохкан д1а а,
Ал-зезаг ма далхи аьхна,
Пачхьалкхаш ма ялхи ваьхна,
Хийла тийналлин ша-а – баьрччехь,
Вилхинарш, хи оьхуш б1аьргех;
Дахар айпе далхи цо –
Берх1итта шо кхаьчначо.

XI

Цхьаллехь, и Евгений веккъа
Кхетар волуш пох1мех шен,
Луларчу хьоладайн кхехка
Тойнаш и ца вора те;
И уьдура церан г1арх а .
Нийса къамел дахарх церан:
Мангал тохарх, чаг1ар дарх а,
Ж1аьлех, гергарчарех шера
Дацара хааршна къегаш
Я байталлин богуш суй,
Ира долуш, хьекъал лепаш
Я маттана говза, дуй;
Церан зударш, бе уьш декъал,
Ца гойтура оццул хьекъал.

XII

Ленский вара товш а, вехаш,
Массанхьа т1елоцуш, бешаш;
Иштта ду-кха г1иллакх юьртан:
Ше-шен йо1 ган лаар цуьнгахь,
Стагехь, волчу ахъоьрси;
Ша-а чукхаьччохь х1уттур и
Шен цхьа-а вахар г1ийла дийца,
Дагахь санна и хьал хийца;
Самар6 йолчу и ма кхойкху,
Дунаь юлу дотта чай;
Цуьнга олу: «Сема, х1ай!»
Эццахь гитар схьа ма бохьу:
Иза булу белха, далхо:
Вола ган сан петар дашо!..

XIII

Ленский, доьзал мохь буй хууш,
Зуда яло вацар сиха,
Онегин и вара лууш
Вовза шена кхоччуш дика.
Уьшшиъ – герга. Тулг1е, т1улг а,
Йоза, байт а, ша а, суй а,
Боцуш оццул къаьсташ, шуна.
Юьхьанца башхалло церан
Уьш ца буьтур парг1ат къера,
Т1аьхьа ийра; амма т1аккха
Уьш оьхура чуьучча дукха,
Де ца дуьтуш ца гуш даккха.
Иштта хьеший (ала – сан)
Болх бацарна шайн кхи бан.

XIV

Доттаг1алла вайн ду шийла,
Ларам ца беш вовшийн хийла,
Кхиберш вай ма лору шаннаш7,
Ткъа ваьш вай ма лору цхьаннаш.
Вай ду дагахь Наполеонаш;
Ши ког дийнатийн милионаш –
Вайна цхьа г1ирс ма бу белхан;
Синхаамна вай ду хийра.
Г1оле вара вайл Евгений;
Адамаш довзарх а т1ех цхьа,
Вацарх а ша-а царна т1ера,
(Низам – цхьаъ, ткъа дахар – кхи)
Иза вара цхьаберш къастош,
Шиэлахь церан хьежам хастош.

XV

Ленскийс дуьйцуш, воьлур иза.
Байтанчин и къамел-айам,
Хьекъал, бовзац 1ехам къиза,
Б1аьрех богу и суй-г1аттам, –
Онегинна тан ма тара;
Иза кхоош, и ма 1ара,
Шога дош шен даг чохь кхобуш,
Стенна оьшу аса бохуш
Човхо там берг боккха цунна,
Iовжам бовза вац и гена,
Ткъа вехийла и цкъачунна,
Дуьне хеташ совг1ат шена;
Аьрхалла къоначу шерийн –
Ов вай ловриг, долуш кегий.

XVI

И шиъ гора къуьйсуш сов
Я цхьаъ воьлла цхьаьна тига:
Тукхамийн и барташ, тов,
Стом 1илманан, вуо а, дика;
Цара дехкарш б1аьшерийн,
И къайленаш буо кешнийн,
Къиза кхоллам, дахар вайн
Дай дуьллура кхеле шайн.
Байтхо, кхехкаш, олург – дагахь,
Еша х1уттур, вицлуш наггахь,
Неврера поэмийн кескаш,
Г1иллакхе Евгений, ийна,
Ша-а цакхетарх, д1а ца къехкаш,
Гуш ладуг1уш к1анте тийна.

XVII

Амма шовкъаша, к1еж аьрха,
Ца буьтура уьш 1ан маьрша,
Евгенийс шаьш юьйцурш шера,
Уьш тасарна волуш къера,
Йийцарх дог ца х1уттуш те:
Ирсе лайнарг церан к1амдарш,
Уьш йитинарг, лаьрра цамгарш;
Уьш цалайнарг кхи а ирсе,
Уьйр ч1аг1йинарг къастарца,
Дов малдинарг кхардамца;
Хьеший, эма уллехь – шена,
Синош даьхнарг, г1ийрат – гена,
Ткъа ларбинарг шен дайн бахам,
Хиина бан цуьнан т1алам.

XVIII

Ял-тийналлин байракх лаьцна
Х1иттича вай цунна буха,
Суй и шовкъийн чуьра баьгна,
Доьлуш гур вай царех дукха –
Церан амалх, церан кхийсарх,
Цаьрга эрна вай сатийсарх;
Къарделла лаамза мацца,
Вайна лаьа хаза цкъацкъа
Нехан шовкъийн и мотт аьрха,
Цо ма хьадо вайн дог маьрша.
Иштта т1емало и къена,
Церан дийцарш дезна шена,
Къоначу цу б1аьхьошка
Ладуг1уш, вицвина,1а.

XIX

Ткъа къоналла, марса хьийза,
Хууш яц-кха яха къайлах.
Дов а, безам, велар, г1айг1а, –
Дерриг кийча ю и дийца.
Безаман ша-а лоруш сакхтхо,
Онегинс ладуг1ур кура,
Деган даре дезна дукха,
Иза далхо воьлча байтхо;
Цо шен амал, гена – вона,
Юьйцура цхьа башха атта.
Евгений, раг1 йоцуш хатта,
Кхиира зиэ безам къона,
Дийцар, синхаамна – деза,
Х1инца дуьйцуш к1езга хеза.

XX

Цунна езар, х1инца вайна
Хаац еза иштта тайна;
Байтанчин са терге сел
Шена йиэза йина кхел:
Массо хенахь цхьа сатийсам,
Массо хенахь шеца къийсам,
Массо хенахь г1айг1а яй.
Цу генено, шелдо вай,
Вовшех доху шераша,
Музашна ло сахьташа,
Кхечу мехкийн васташа,
Iилманаша, къерарша
Ца хийцира цуьнан са,
Кхаъ-ц1аро дохдина 1а.

XXI

К1ант-стаг, вахнарг Олгин кара,
И бе цхьа-а а йоцург кхи,
Iехавелла теш ма вара
Цуьнан берийн ловзарийн;
Боьлакан 1индаг1е ваьлла,
И ловзура цуьнца веха,
Уьш карийна вовшийн аьлла,
Дара къамел нанойн, нехан.
Хийрехь, тхевнан к1елахь йина,
Олга хаза, вуо ца гина,
Шен ненан а, ден а гарехь
Зезаг дара, кхуьург тайна,
Къайлах ша-а буькъачу бай т1ехь,
Поллан, з1уган барт ца байна.

XXII

Байтанчина, совг1ат дина,
Цо делира башха г1ан,
Шен безамца, цкъа-а ца гина,
Елира чам мерза хан.
Бехк ма билла, ловзарш дашо!
Варшаш дуькъа тайра цунна,
Цхьаьна хилар, тийна аг1о ,
Буьйса, седарчий, бутт, хьуна, –
И стигланан стогар тайна,
Хийла серло елларг вайна,
Бодашкахь вай дисча гезда,
Б1аьрхиш 1енош, безам безна…
Х1инца бу и вайна лета
Г1ийла къуьда – чиркхийн метта.

XXIII

Схьагуш оьзда, йоцуш дера,
Iуьйре санна екхна, хьоме,
Байтанчин са санна къера,
Безаман барт санна чоме;
Б1аьргаш, стигал санна, сийна,
Елар, месаш, хазарш дийна,
Болар, аз а, г1ад а дуткъа,
Дерриг Олгехь… роман цхьацца
Аша таллахь, карор ду-кха
Шуна цу т1ехь и сурт мацца,
Цкъа со вара цунна т1ера,
Х1инца ду и суна хийра.
Бакъо ло, ешархо, суна,
Йоккха йиша ялхо хьуна.

XXIV

Йишин ц1е Татъяна яра,
Дуьххьара цу ц1арца яй цхьа
Романан аг1онаш х1ара
Со ма х1утту язъя, айа.
Ткъа и ц1е? Товш юькъа ека;
Цуьнца, хууш, деш цхьа нека,
Эс шираллин деха, шуна,
Къера хилча, ала ду-кха,
К1езга бу и безам вайца,
Вай тохкучу ц1ерийн вайца
(Байташ йийцар совнах ду);
Вайна серло хьарам ю,
Цунах вайна йолу са-а –
Коча сеттар деккъа ша-а.

ХХV

И Татъяна йоккхург ц1е.
Хазаллица йишин шен,
Цуьнан дилхаца, бос – ц1иэ,
Цо б1аьрг берзор бацар т1е.
Акха, г1ийла, йоцуш къада,
Цхьа лу санна, кийча яда,
И доьзалехь 1ара, хьуна,
Йолуш санна, хийра цунна.
Хьасталуш ца гора цкъа-а,
Уллехь долуш нана, да;
Ша-а бер, берашца уьйр тесна,
Ловзар, идар ца деш хецна,
Хийла лардеш денош дийна,
И ма гора корехь тийна.

ХХVI

Хан ойлане неша8 – еккъа,
Цо аганан денойх схьа
Юьртан хан, д1айоьдург теккха,
Сатийсаршца йора та.
Маха ганза п1елгаш аьхна
Ловзош, схьагуш, охьат1аь1на,
И ца х1уттур ч1урашца
Денда гата бустамца.
Доладархо хилла говза,
Бер тайнигца долу ловза,
Кечло иза, шуна, даха,
Кхетам баллий шена наха,
Тайнигна, дош олуш къена,
Цо хьехамаш ма бо ненан.

ХХVII

Татъянас, ша-а долуш бер а,
Ца юллура тайниг мара,
Кхаьънаш, мода юьйцуш керла,
Ца оьцура иза кара.
Ткъа и берийн аьрха хьийзарш –
Гена, кхерам тосу дийцарш,
Iаьн т1ехь буса хезарш дукха,
Дара цунна герга, шуна.
Ткъа бабас гулбича мацца
Олгин доьхьа майданехь
Цуьнан кегий нешаш цхьацца,
И ца ловзар хьаббанех9,
Церан ловзар аьрха, зевне,
Цунна ницкъ беш, дара девне.

ХХVIII

И баролехь юьсур 1ан,
Хан малх г1отту лиъна ган
Бесачу стигалахь тийна
Бовш седарчийн мог1а дийна,
Г1ийла серладолуш латта,
Iуьйренан х1о хьоькхуш дай,
Керла де долалуш г1атта.
Буьйсанан 1индаг1о 1ай,
Ахдуьне шен марахь къуьйлуш,
Тийналле дагара дуьйцуш,
Дахкарлахь бутт мела къегаш,
Малхбале, бодъелла, ехаш,
Цхьана хенахь самайолий,
Чиркхашца денлора и.

XXIX

Романаш, чов лахъеш вонан,
Цунна оьшург дерриг лора,
Iехамаш и тайна гора
Руссонан а, Ричардсонан.
Цуьнан да, цхьа дика хьенех,
Ширачу хенера минех
Йозанашна ма вара гена,
Пайда ца гуш цаьрца шена,
Ловзаргаш уьш лоруш, ала,
И ма 1ара, боцуш бала,
Йо1а йоьшучу жаргийн,
Болх а беза хеташ и.
Амма цуьнан эмана
Ричардсон кхаъ бара цхьа.

ХХХ

Бешна Ричардсонан мог1а,
Яцара и везаш ч1ог1а,
Я Грандисон йоьлла тига,
Ловласал и лаьрра дика;
Ткъа сту-йо1а цу Алинас,
Кхуьнан Москохара шичас,
Бийцира уьш хийла цунна,
Х1инца майра волу хьенех
Цу хенахь т1ехьийзаш кхунна,
Кхуо сатеснарг вара кхи,
Хьекъал, дог д1аэцна минех,
Цуьнга кхойкхуш, ехаш и:
Ткъа Грандисон ма вара вайн,
Франт, ловзархо, сержант, х1ай!

ХХХI

Цуьначух кхуо духар лелош,
Модехь дерг, къегина цхьа,
Х1ума доцуш шега хьехош,
И елира маре д1а.
Цуьнан г1айг1а тея аьлла,
Майра ма вирзира ц1ехьа –
Цу шен юьрта, ткъа йиш хаьлла,
Х1ара гонехь цигахь г1ийла,
Етталуш, йилхира еха,
Маре дохо санна шийла;
Эххар хьолах кхиира,
Цунах йоьлла, йисира.
Х1умнах волар кхаъ бу, шуна:
И ирсана метта бу-кха.

ХХХII

Йоларо малбира бала,
Байба ша-а ницкъ боцург, ала;
Мацца, къайле евзича,
Цуьнан кхоччуш тийра са:
Г1уллакхна, къерарна – т1ера,
Цо кхетийра х1у дан диэза
Майра караверзо шена,
Т1аккха, боцуш цхьа-а болх хийра,
И 1емира бахам токх бан:
Iаьнна нускалш хи чу дохка,
Лара харж, ткъа ларга кортош,
Луьйчу денош дира шотош,
Г1аьрбашна юлура етта,
Майра шен ца х1уттуш хетта.

ХХХIII

Хьалха кхаъца бохкуш гора
Албом т1е цо зудрий меда,
Прасковъех Полина йора,
Къамел дора башха к1еда,
Юкъ йоьхкура, къовлуш сов,
Оьрсийн Н N францойн санна,
Манкха луьйш, олура, тов;
Х1инца и дай массо ханна:
Доьхка, албом, ва Алина,
Байташ т1ех и тептар, хьуна,
Цо ма дицди: х1инца цунна
Акулини ю Селина,
Эххар цо яьккхира карла
Бамби т1ехь шлафор10 а, пес а.

ХХХIV

Майра, иза доггах езаш,
Iара, цуьнан болх ца толлуш,
Г1айг1а йоцуш, цунах тешаш,
Халат йоьхна, молуш, кхоллуш;
И ма вара зовкхан марахь;
Наггахь схьагуллора сарахь
Лулахойн цхьа доьзал тоьлла –
Гуо доттаг1ийн, кхарех боьлла,
Цхьаъ даглаца, хьал шайн дийца,
Цхьаьна диэла, цхьацца къийса.
Дуьйцуш-олуш хан йолура,
Олге кечде чай олура,
Суьйре йора; де д1адай,
Хьеший ц1ехьа боьлху шайн.

ХХХV

Цара дехаш, т1е а доьрзий,
Ламасташ лардора хенан;
Цаьргахь, даьтталг11 йолуш хьена,
Г1аймакхаш хуьлура оьрсийн;
Шар чохь кхобура ши марха,
Дезара буьрбаьнчиг хахкар,
Тойнан эшарш, бал а баккхар;
Ц1ай Кхаарг1а12 долуш, наха
Синош дохуш, до1а декаш,
Уьш ма 1ара маьрк1ажехь
Б1аьрхиш 1енош белхарехь;
К1уо13, х1о санна, шайна дезаш,
Цара шуьнехь, хьеший лаьрра,
Кхача лора, дарже хьаьжжа.

ХХХVI

Уьш ма бара къанлуш 1аш.
Эххар делладелира
Майрачунна хьалха каш,
Цуьнан седа бедира.
И кхелхира хуьлуш делкъе,
Лулахо т1ехь лаьтташ, воьлхуш,
Бераш, зудчо воьхуш Деле,
Ца хедаш, б1аьрхиш а оьхуш.
Иза вара дика барин14,
Х1инца доьшу цуьнан коьртехь
Лаьттачу буо чуртан чхар т1ехь:
Х1ара миска, Дмитрий Ларин,
Биргадир а, Делан лай,
Кхузахь кхунна синтем бай.

ХХХVII

Ленский, вирзича ша ц1ехьа,
Кешнашка х1оьттира цкъа,
Лулахочун барз т1ехь веха
Лаьттира и, доккхуш са;
Чов а хилла, 1ийра тийна.
«Poor Yorik! – олуш, 1ийна, –
Со карахь цо лелий хийла.
Ас, бераллехь, ловзий кестта
Цуьнан т1еман мидал ц1естан!
Олгица сан дахар доьзна,
И ган лууш вара соьца».
Лаьттина ойлане, г1ийла,
Владимирс, баркаллаш баьхна,
Язйира байт цунна аьхна.

ХХХVIII

Ден а, ненан чуртан хаам
Цигахь боьшуш, боцуш хьаам,
И вилхира т1аьхьа царна…
Дахаран урдашца, тарна,
Т1аьхьенаш, кес санна ялтин,
Къайлено ма денйо цхьацца,
Г1овтта, кхиа, эга мацца,
Кхи чкъор дог1уш езна кхалха…
Иштта вайн а тукхам маьрша
Стамло, ловзу, кхехка аьрха,
Дайшца къаьста сихдеш сахьт,
Гур ду, гур ду вайна иза,
Вайн бераша, мур и – къиза,
Хуьйцуш вай а, хиларх хьашт!

XXXIX

Ткъа цкъачунна, доцуш хийра,
Дахар даа, доттаг1ий,
Со вац цуьрриг цунна т1ера,
Хиъна цхьа-а а доций и;
Г1аларташца со ву шийла,
Амма 1алашонаш г1ийла
Хьадо сан дог юкъа-кара:
Лар а йоцуш сайх цхьа-а, хьуна,
Дуьне дитар г1айг1а – суна.
Вехац, язъяц, ловца – дагахь;
Амма лаьа, иштта магахь,
Хастош оьмар сайниг х1ара,
Цхьа аз сайх дуьсийла даха,
Ч1ог1а деза лоруш наха.

XL

Хьадийр ду дог цхьанан цо;
Кхолламо ларбина, х1ай,
Биса мега Стиксехь буо
Аса буцу мог1а сайн;
Тарло мацца (лаа – теша!),
К1езга хаархо цкъа тига,
Сан цхьа мог1а, воьлла беша,
Баха, со ву байтхо дика!
Сан баркалла хьуна ду-кха,
Аонидаш15 лорург дукха,
Ахь ларйийр ю эсехь хьайн
И сан кхолларш башха яй,
Ахь, байт йина ч1аг1о деган,
Дийр ду сий воккхачу стеган!

Чаккхе хир ю.

1 Х1ай, юрт!..Х1ораций (лат.)
2 Хьуьнан синош.
3 Хьоладен кертахь дог1анаш лардийриг.
4 Шен амалехь, массо х1ума шеконе дуьллу, маршонна т1ера стаг.
5 Кхузахь – деза.
6 Оьрсийн самовар.
7 Кхузахь – нулеш.
8 Йо1-доттаг1.
9 Лечкъаргех.
10 Немцойн маттахь халат.
11 Кхузахь – оьрсийн масленица.
12 Кхузахь – оьрсийн Троица.
13 Дакъийначу кхаллар т1ехь йина молу мерза кочалла.
14 Хьолада.
15 Исбаьхьаллинан, байталлинан тайпанийн дола до ширачу желтийн(грекийн) куц хаза, сийлахь эманаш-г1аларташ.

Гочйинарг Хатаев Хьусейн.

Вайнах №9-10, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх