Пушкин Александр. Евгений Онегин. Роман байташкахь.

Гочдархочун дош

Гочдархочун болх, мел нуьцкъала бу хуур дац, цкъа гоч ца динехь. Пушкина ма-аллара: «Кхолларалла – 1% синг1аттам бу, ткъа 99% – къинхьегам бу». Изза ду гочдархочун болх а. Цхьа дика ду х1ораннан шен йиш йолуш муьлхха а говзар гочъян.
Х1ара гочдар исбаьхьачу гочдаран лакхе ю ца боху ас. Амма х1ара гочдар и тайпа лакхе хилча а, кхунах кхаъ хир бацара вайх цхьаболчарна. Стенна аьлча, чулацам, к1орге йолчу нохчийн маттана вай вуно хийра ду. Вай тахана нохчийн маттахь до къамелаш ойланна ч1ог1а къовзийна ду. Цундела вайн маттахь ойланна чолхе меттиг нислахь, вай сиха духу, атта юхадовлу.
Суна къаьсттина мехала ду кхечу маттера тоьлла говзар нохчийн матте яккхар. Гочдархоша хазанеха санна марса боккху карара мотт, ткъа иштта самабоккху, денбо бицбина мотт.
Нохчийн мотт таро йолуш, онда мотт бу. Вайн ц1е цуьнца йоьзна ю. Амма вай цунах хадахь, вай, дийна доллушехь, делла карор ду. Дала кхетам к1аргабойла вайн! Дала дашар лойла вайна вайн маттах!

Евгений Онегин

Роман байташкахь

Pétri de vanité il avait encore plus de
cette espèce d’orgueil qui fait avouer
aves la même indifférence les bonnes
comme les mauvaises actions, suite
d’un sentiment de supériorité, peut-
être imaginaire.

Tire d’une lettre particulière1

Дог доцуш 1ехо кура нах, хьуна,
Доттаг1ийн терго езна а сайна,
Со воллу г1уллакх довзийта тайна,
Дерг ч1ог1а герга, мехала суна.
Герга дерг, дицдеш исбаьхьа са а,
Ткъа кхочуш хилла сатийсам-хьулам,
Байталла2 дийна, са ц1ена башха –
Ойланийн лакхе, атталин гулам.
Ткъа дерг т1елаций, б1аьрг тохий говза,
Беламе ах а, г1айг1ане ах а
Къорза мор коьртийн шу беша хьовса,
Кхето берг атта, кхето берг хала;
Забаре стом берг ловзарийн дай сан,
Ткъа набазаллийн, синг1аттамийн3 а,
Хьекъало шийла диначу иэсан,
Иддачу шерийн син1аткъамийн а,
Ткъа дагна, лазош, йиначу хьоькхнан,
[Кхолламо цунна х1ост4 тоьхна боьха]5.

1 «Ас-со бохург ч1ог1а хилла ца 1аш, цуьнгахь яра цхьа шатайпа куралла, йиш йийриг цхьатерра бе-башха ца хеташ дийца шен дика а, ткъа иштта вуо а лиэларш – т1аьхьало ша лекха лоручу синхааман, моттарг1а хила а тарлучу. Нехан кехата юкъара (фр.)
2 Поэзи.
3 Кхоллараллина болу шовкъ-лаам.
4 Мух1ар, билгало.
5 Пушкинан дешхьалхехь оригиналехь берх1итталг1а мог1а бац.

 

Хьалхара корта

Вахарна и – чехка,
хаарна и кхехка.
Эл. Ваьземский

I

«Тхан ваши, дерриг низамца дийриг,
Цамгарна мацца к1елвисча ша,
Х1оьттира кхайкха шеца чохь 1ийриг,
Цул ч1ог1а та1зар дан доцуш цхьа.
И тайпа масал – кхечарна барам,
Ва, веза Дела, ма бала-ларам
Цомгашниг ларвеш, дезар ладег1а,
Виллина хилла лай цуьнан дег1ан.
Вайн гуьнахь х1ума цахилар иза –
Ах са чохь 1уьллург хьестар болх къиза,
Юкъ-кара нисба мотт-г1айба цуьнан,
Ткъа молха мало, дакъо хьаж т1уьна,
Са доккхуш доккха, ша шега баха,
Шех бала бина, цхьа да ма ваха!»

II

Цу дагахь ма вара жимха,
Поштанца схьавог1у сиха,
Лаамца везачу Зевсан
Висинарг д1акхехьа ден ц1а.
Луьдмилин, Русланан хьеший!
Бакъо ло вовзийта шайна,
Кхи лергах ца дохуш мехий,
Турпалхо романан тайна.
Онегин, ца вевза минех,
Невана ма вина уллехь,
Хьо цигахь виний-те, хьенех,
Я лелла, б1аьрг бетташ, юххехь?
Цкъа мацца со ихи цига,
Ткъа невре1 яц суна дика.

III

Iедалан болх шен оьзда бина,
Цуьнан дас лург вахар къастий,
Шарахь кхузза той2 деш гина,
Эххар бахам цо шен ластий.
Кхолламо Евгений ларви:
Цкъа 1у цуьнан Madame 1ийра,
Т1аккха ха дан Monsieur карви,
Бер ловзарна дара т1ера.
Миска францо L’Abbe, гора!
Цо ма бора ларам беран:
Iамадора, лардеш г1ора,
Хьехамаш ца бора дера,
Дов а цунна лорий дора,
Уьш Аьхкенан беша г1уора.

IV

Ткъа хан кхаьчча вала новкъа,
Къоналла т1ееъна аьрха, –
Мур г1айг1ане, сирла, ховха,
Monsieur вити, шуна, маьрша.
Х1инца ву Онегин шена,
Лергина г1иллакхехь хенан,
Dandy3 санна ша кечвелла,
Схьаго дуьне деладелла.
Францойн мотт цо буьйцу шера,
Язъярна цу маттахь – къера;
Цо мазуралг4 хелхар до,
Корта саттош, б1аьца йо.
Кхи х1ун оьшу? Наха, тешна,
Стаг и лери хьоме, дешна.

V

Вай массара, бац и хьастам,
Iилма 1амош, дийши мацца,
Ткъа хаарна, Далла – хастам,
Ду вайн дало масал цкъаццкъа.
Ткъа Онегин – даре нехан,
(Къамел цкъа ца дечу деха)
Вара меллаъ 1илманча,
Дашна говза х1илланча:
Шен къамелехь, тосуш тай,
Цо хьадора дерриг дай,
Гойтуш 1илма хилар шегахь,
Хууш 1ан тапъаьлла, эшахь,
Ткъа мехкарий белаба,
Байташ язъеш эсала.

VI

Буо бу мотт латинхойн шира,
Ткъа дерг дийцича вай баккъал,
Цунна хаар и мотт ира,
Эпиграфийн маь1на даллал,
Ювенал цхьа атта вийццал,
Кехат дерзош, vale5 диллал,
Энеидан ешшал ехха
Ши байт, таслуш наггахь г1еххьа.
Дацар цуьнан дог а, хан
Кего марг1алин6 и чан –
Шира дийцарш, кхи берш т1ера,
Дара цунна генахь, хийра;
Ткъа забарш, Ромулах схьа,
Цо ма йора атта цхьа.

VII

Башха шовкъ а йоцуш шеца,
Дахар аьзнашна д1ахеца,
Цо ямб, хорей цхьаъ ма йора,
Хьехарш мел дарх нис ца лора.
Ларац Гомер, Феокрит,
Ткъа воьшура Адам Смит,
Волуш воккха т1аламхо7
Долчу хьолан ахкамхо8 –
Пачхьалкх сте йо пачхьалкх, хьуна,

1 Къилбаседе.
2 Россин дахарехь хиллачу бал бохучу синкъераман маь1нехь.
3 Лондонера нукурсак.
4 Хелхаран тайпа.
5 Могуш хуьлда (лат.).
6 Д1аяхана зама, х1истори.
7 Экономхо.
8 Х1ума ч1ог1а охкург.

Стенна еха, стенна цунна
Эшац цкъа а деши, ала,
Иштта сурсат1 делахь дала.
И дас кхета ма ца вора,
Латта ваттана2 цо лора.

VIII

Дерриг хуург Евгенийна
Со ца х1утту дийца, хьуна,
Цхьаъ ду аса кхоччуш зийна,
Коьрта 1илма дериг цунна,
Iилма, хуург цунна дика,
И г1иртинарг ма-дду тига,
Денна 1амош, йоцуш хало,
Йоцуш цкъа а шеца мало.
Iилма зеран некъаш ховха
Назона йийцинчу шовкъан,
И бахьанехь, бала лайна,
Ша шен зама, аьрха, тайна,
Кхачийнарг Молдавехь бенахь,
Тесна шен Итали генахь.


——————————————-

Х

Шалхаллах т1ех кхии иза,
Лаам хьулба, г1ийрат3 къиза,
Шега верзо, къарва атта,
Кхулу кеп ян, холча латта,
Кура хила, хила т1ера,
Тидаме я башха хийра,
Цкъа хьекъале, тийна, 1ан,
Цкъа, ша кхехкаш, къамел дан;
Безам балхош, хила гена,
Ткъа цхьаъ дезна, вогуш цхьаьнца,
Хууш вицва ша а шена;
Маса б1аьрца, аьхна б1аьрца,
Эхье, аьрха, ткъа гуш цкъаццкъа
Б1аьрхи лепош дола дарца!

ХI

И кхи хила г1ертар гарца,
Х1итто сурт ца кхета, тов,
Хьожуш кхеро б1арзваларца,
Хеставарца к1адва сов,
Качваларан минот лаца,
Къоналлин эс аьшнашда,
Хьекъал, шовкъ а х1иттош яца,
Везар деза, доцург къа,
До1а, дов деш, биэха ларам,
Бовза хууш деган хам,
Безам лаха, боцуш барам,
Мацца баккха цуьнан чам…
Т1аьхьа, ехна ирахь латта,
Тийналлехь барт цхьаьнга хатта!

ХII

Хьалха 1емира и хьаба
И йозанан мехкарий!
Шена х1илланца т1ек1аба
Шен къовсархой-вежарий,
Амма т1аьхьа дашца баго,
Лахба уьш нисбелча аг1о!
Шун майранаш, шеко йоцурш,
Цуьнца дара юкъ-уьйр йолуш:
Шовкъан некъех дика кхетарг,
Верг Фобласан дешархо;
Къано, массо ямарт хетарг,
Кур шен боккха сеттархо,
Реза верг даима шена,
Шен эмана4 шен делкъена.

ХIII
——————————————-
ХIV
——————————————-

ХV

Цунна набарх воллушехь
Дохьур хьоькхнаш5 шуьна т1ехь.
Гулам – цаьргахь, гулам – кхаьргахь,
Кхо синкъерам ма бу гергахь:
Кхузахь – той, ткъа цигахь – ц1ай6
Стенга вахар г1оли, х1ай!
Массанхьа а – къамел дац, -
Массо метте кхочур вац.
Х1инца т1ехь – 1уьйренан х1ума,
Коьртахь – шуьйра боливар,
И булваре воьду, шуна,
Цигахь, некъ беш, дан цхьа 1ар,
Тоххалц сема бергет цкъа,
И д1акхойкхуш делкъе ян.

1 Iаламехь стагана йохка кийчча карайо х1ума: ч1ара, хи и.кх.д1.
2 Бол, са хир йолуш, цхьана ханна кхечуьнга лело дала (аренда-на).
3 Къиза, луьра шеко кхечуьнан безамах, тешамах.
4 Зудчунна.
5 Кехатан кийсигаш цхьацца х1ума т1еяздина.
6 Деза де, 1ийд.

ХVI
Арахь 1аьржа: салаз кийча.
Мохь ма болу: «Лалла, же!»
Воьду иза, буьллуш хьийза
Дато цу шен коча т1е.
Talon волчу – иза, хууш
Бухахь вуй Каверин дууш.
И чувели, ткъа т1ус – ирха,
Т1айра чаг1аран ду сиха;
Хьалха – roast-beef, ц1ий шех доьлла,
Ял къоналлин – труьфлеш юххехь –
Францойн кухнин кхача тоьлла,
Дал Страсбурган энаюккъехь,
Гуш Ламбурган нехча сехьа,
Дашо ананас а дехьа.

ХVII

Хьогалло кад буьзна хьоьху,
Яйа мохь котлетийн йовха,
Амма бергет бека ховха, –
Керла балет ган цо воьху.
Театрана вуно т1ера,
Безарг и аьктрисаш дукха,
Верг лаамза царна хийра,
Верг кулисийн хьаша мукъа,
Онегин театре ведда,
Цигахь х1орра ма ву маьрша,
Лахъя entrechat1 а аьрха,
Къоръя Клеопатра, Федра,
Ткъа Моина тоьхна мохь,
Кхайкха, гойтуш ша вуй чохь.

ХVIII

Башха меттиг! Цигахь хьалха,
Верг сатиран ша да цхьалха,
Маьрша стаг Фонвизин лаьтти,
Дерг схьалоцург Кнаьжнин г1аьтти;
Цигахь Озеровс ма дийкъи
Халкъан б1аьрхиш, цуьнан ловца
Къоначу Семоьноваца;
Ткъа Катенинс, дендеш, дийци
Цу Корнелин пох1ма сийлахь;
Цигахь Шаховской а ира,
Шен комедеш х1иттош, гира,
Дидло г1аравели цигахь,
Цигахь бухахь кулисийн
Къона денош сан диси.

ХIХ

Сан х1урла1аш! Шу ду стенгахь?
Аз сан хаза, делахь гергахь.
Шу дерш дуй-те? Аш дерг дийца.
Я шу хийци, ца луш хийца?
Хьоьстур дуй-те аш лерг сан?
Оьрсийн Терпсихорин са,
Т1ема даьлла, гур дац-техьа?
Я б1аьргашна сурт гур къе цхьа?
Бевзарш боцуш, исцен – г1ийла,
Iехаелла лорнет шийла
Хьежош мела нахе аса,
Доцуш цаьрца цхьа а хьа-са,
Висна синош даха сайн,
Дагалоьцуш зама вайн.

ХХ

Ткъа театрехь ложеш къега;
Гуш партер, хоийлаш кхехка,
Ткъа д1о лакхахь т1араш сега,
Хьала дахна, пардо техка.
Т1ера лепаш, ах цу х1онан,
Лай башхачу 1одан ша,
Юккъехь йолуш нимфийн гонан,
Истомина лаьтта цхьа;
Цхьа ког ц1енкъахь, доцуш дола,
Цхьа ког г1ийла хьийзабо,
Эццахь – ирха, т1ема йолу –
До Эолас идадо;
Юкъ т1екхета, къаьста т1етт1а,
Маса ког цо когах биэтта.

ХХI

Куьйгийн г1ар. Онегин чу,
И хоийлех, когех чекх,
Шалха лорнет – тухуш ву
Б1аьрг хазачу эманех;
Толлу ерриг ярусаш)2,
Толлу яххьаш, ткъа духарш,
Схьагург ч1ог1а ца товш го,
Цо божаршка салам ло,
Т1аккха воьрзу исцене,
Цуьнга хьожу сакх, терге,
Ткъа, букъ тухуш, доккху са,
Олуш: «Лаам хийца сан
Массо. Т1ех балеташ гина,
И Дидло а к1ордавина.»

1 Кхоссадалар (фр.).
2 Театран чуьра г1атташ.

ХХII

И амураш, шайт1анаш…
Г1овг1а еш ду исценехь;
И к1адбелла лайш бу 1аш,
Набарш еш шайн кетарш т1ехь;
Ткъа театрехь биэтта когаш,

Йиэтта шакарш, т1араш, йовхарш;
Арахь, чохь а – массо меттехь
Стогарш догу, сирла летта;
Хебна говраш егало,
К1ордадина бухкарш шайн,
Кучерш1 ц1ераш ягош го,
Шайлахь балхош хьоладай,
Ткъа Онегин ц1ехьа юха,
Шена т1е кхи духар духа.

ХХIII

Дилла хала сурт ду иза –
Кабинетан нацкъарчу,
Цу чохь моданан лай къиза,
Йоьхна, йоцуш, йоьхна ву.
Дагая мел тарлург тайна,
Ч1ич1 Лондоно юхкург вайна,
Балтийца схьакхуьйлуш сехьа,
Хьун а, дум д1акхуьйлуш дехьа,
Ткъа Парижо – чам – т1ех меца –
Йийриг механа ша еза,
Йийриг ловзаршна ша яйа,
Бахам стамба, мода айа, –
И ерриг чохь йолуш баьрччехь –
Философ – берх1итта кхаьчча.

ХХIV

Ч1иж т1ехь луьллеш, айа хала,
Шуьна т1ехь ду йоьза, мармар,
Аьгна балур дуьзна хьала –
Хьал кочачу нехан – 1ат1ар;
Яхкаш, кевнаш андан тайна,
Тукарш гома, тукарш нийса,
Карсалгаш2 цхьа ткъе итт тайпа,
Ма1аршна, цергашна йина.
Руссо, ала, говза дашна
Довхо. Ца кхийтира и-м
Вахьарх х1отта веза Грим
Шена хьалха ма1арш ц1анъя.
Iу – маршонан, бакъонийн,
Кхузахь, бакъ а воцуш, лий.

ХХV

Хьакъ стаг хила тарло иза,
Ма1арш куьцехь кхобург шен,
Ламаст ду вайн баьчча къиза, –
Хила хьакъ дерг, наггахь – зе.
Евгений – Чадаев шолг1а –
Нехан арз цадезарг ч1ог1а,
Педант3 вара духарца,
Нукурсак-франт бухца схьа.
Цо дойура кхо сахьт т1ех а,
Куьзганашна хьалха тийна,
Кечволийлехь4 воллий вехха,
Кхочур – ша Венера дийна! –
Х1урла1 – духар божарийн –
Маскараде сиха и.

ХХVI

Ткъа духаран кхаъ-кепехь,
Шун б1аьрг хьогург, гича т1ехь,
Барзакъ цуьнан йиш сан дийца,
Пхьор луш 1илманчашна къийса;
И хир дара майра хьехар,
Ткъа дерг дийца ву со декхар:
Панталонаш, фрак, жилет а…
Оьрсийн дешнаш уьш ма дац-кха;
Со ву къера, дерг го суна,
Сан дешалг5 ерг беркъа, хьуна,
Къорза гур ма яцар дукха,
Нехан дешнаш деъна юкъа…
Хийла, хийла аса кегий
Вайн дешналг1а6 академийн.

ХХVII

Х1инца кхи ду дагахь вайна:
Г1ур ду вай ган той-бал тайна,
Цига, ямхойн7 г1удалкх эцна,
Сан Онегин ваха, хецна.
Схьагуш ц1енош, чиркх ца богу,
Ткъа урамаш, наб а йог1у,
Шалха стогарш каретийн,
Сирла летта, вовшех ий,
Лай т1ехь ловзош сизалгаш8;
Къуьданашлахь берриг гуо,
Лепа башха цхьа ц1ено,
Корехь лела 1индаг1аш,
Уьду кортош хьенехийн –
Нукурсакийн, эманийн.

1 Вордахочун тайпа.
2 Бедар ц1анйо мерз-чо болу г1ирс.
3 Ша дийриг т1ех лерина дийриг.
4 Духар духу, дег1ана ц1ано йо чоь.
5 Дешан дакъа.
6 Элпийн рог1ехь нисдина дешнаш туьду жарга (кинига).
7 Вордахочун тайпа
8 Йоца асанаш.

ХХVIII

Учех вели турпал вайн,
Шипцарна т1ехтили и,
Мармарх ламех вели вай,
Месаш хьала цо хьаькхи,
Ткъа и – зале. Цигахь – адам;
Мукъам х1оьттина бан къадам;
Нах мазуралг тайна бу,
Гонд1а г1овг1а, гатте ю;
Эткийн цхьамзалгаш ма ека,
Когаш эманийн ма уьду,
Уьш гуш, б1аьргаш, летта, къега, –
Когийн д1а-схьа цара туьду,
Iад-пондарийн белхам беза –
Шек зударийн лер ца хеза.

ХХIХ

Ткъа со волуш къона, аьрха,
Ловзар дара совг1ат суна,
Меттиг ма яц цул а маьрша,
Дийца дог я язъя, хьуна.
Х1ей, шу, сийлахь майранаш!
Сан хьехам д1алаца аш;
Оьшу маь1на цуьнан диэ,
Шу шайн лергаш дуйлий 1е.
Х1ей, шу, наной, хиларш мела,
Мехкарий ма бита шайна,
Нийса кхаба лорнет тайна!
Вуьшта…вуьшта, гуш ву Дела!
Атта суна х1ара дийца,
Ох1ла вац йо1 ядо х1инца.

ХХХ

Сада1аршна волуш мукъа,
Аса хан ма яйи дукха!
Нах дерг дита хилча хууш,
Со гур вара ловзарш дууш.
Жималла тов суна аьрха,
Гатте, лепар, делар маьрша,
Эманийн и духар тайна;
Церан когаш; амма вайна
Генахь каро Россехь и –
Куьцехь ялх ког эманийн.
Эх1! Цхьа ши ког соьца хийла
Бехи… Х1инца ваьгна, г1ийла,
Суна уьш го, и ши ког
Г1енах бу сан к1амдеш дог.

ХХХI

Маца, стенгахь г1амарш лийса,
Тилларг, буьтур бу ахь уьш?
Когаш, когаш! Стенгахь х1инца
Шу ду аьхна зазаш хьуьйш?
Малхбалехь бодделла меда,
Къилбаседехь лай т1ехь к1ай
Аш ца йити лараш шайн:
Диэза шуна кузаш к1еда,
Церан башха, деза хьастар.
Ас шун доьхьа дукха дай цхьа,
Хьогах, дити ловца, хастар,
Сайна вахар, хьоме дайста1.
Вайн хан къона сиха яй,
Шун лар санна, атта, яй.

1 Даймохк.

ХХХII

Васт Дианин, беснеш Флорин
Уьш исбаьхьа, шуна, ю!
Ткъа ког суна Терпсихорин
Царел ч1ог1а хьоме бу.
Цо, б1аьргашна там берг хьоьхуш,
Дага царна ницкъ ма ло,
Кеп-хазалла маьрша оьхьуш,
Лаамийн вай г1иттадо.
Биэза ког, Элвина, суна
Бухахь шуьнан шаршунан,
Б1аьста хьоьшуш бай а сийна,
Iай товханехь баьрччехь тийна,
Ловзуш куьзган ц1енкъа юккъехь,
Чхаррин боьххьехь х1ордан уллехь.

ХХХIII

Дагахь – х1орд, ду герга дог1а,
Тулг1енашца хьаг1 ю сан,
Уьш ма уьду, бина мог1а,
Йийша когех хьерчаш д1а!
Лаар эццахь, тулг1е хилла,
Когашна барт бохуш, 1илла!
Х1а-х1а цкъа а хилла бац сан,
Кхехкаш къона зама аьрха,
Лаам, бохуш барташ маьрша,
И Армидаш жима хьаста,
Я ал-зезаг беснийн меда,
Я к1ай куьг а дуткъа, к1еда;
Х1а-х1а иштта гаттехь шовкъан,
Цкъа ца даьлли сан дог ховха.

ХХХIV

Дагахь ю кхи зама суна!
Йиш сан йолуш сема ган,
Урх со лаьцна, ирсе, хьуна…
Муьт1ахь бу ког суна цхьа;
И ма х1утту аьрха ловза,
Дахарна со денвеш, хьовза, –

Тийна ц1ий сан доху маса,
Г1айг1а, безам биэза лан сан!…
Амма эманаш и хийра
Кхи ма бийца ахьа, лира;
Хан ца йог1у царна яйа,
Уьш эшаршца базба, айа:
Дош а, б1аьрг а, ког а церан,
Кийча 1ехо, ваккха хьера.

ХХХV

Ткъа Онегин вог1у ц1ехьа
Тойнера, набарна ветта,
Ткъа Петарбух аьрха, х1етта
Вотано г1аттийна, еха.
Совдегар, хьадалча тиэхка,
Бирже тиэкха г1удалкххо,
Гуьмалг хьуш, охтахо1 – чехка,
Г1арж деш дека аьхна луо.
Iуьйренан гов тайна даьржа.
Г1аьпнаш хецна; туьнталг ю
Туьйсуш пох1-к1ур сийна, маьрша,
Бепиг доттург немцо ву,
Кехатан куй – коьртахь раз,
Шен д1айоьллуш васисдас.

ХХХVI

Тойнан г1аро вуо х1оттийна,
Iуьйре, буьйса вовшех ийна,
Iуьллу наб еш парг1ат и –
Бер таронан, ловзарийн.
Делкъал т1аьхьа г1оттург, т1аккха
Кийча верг хан яйа, яккха,
Ерг цхьатайпа, къорза т1ех.
Кхане тера селханех.
Варий-те Евгений ирсе,
Маьрша, къона, хено хьоьстург,
Толамийн яьккхинарг ирхе,
Денна там кхечаьрца боькъург?
Варий-те тойнашна юккъехь
Могуш и, ша саннарг уллехь?

ХХХVII

Хьалха цуьнан луурш ийши;
Хьалха цо син1аткъам бийши;
Мехкарий цо бити шайна,
Хилларш цунна совг1ат тайна;
Лан 1ехамаш х1оьтти и;
Яхь ян гуттар доттаг1ийн,
Йиш яцарна массо дийнахь
Beef-steaks, дал страсбурган хьийна
Яа, молуш т1е цхьа шиша,
Эго ира дешнаш шорта,
Лозуш хилча ч1ог1а корта;
Хиларх иза аьрха жимха,
Амма цо ма дити мацца:
Т1ом, тур, даш а – кхидерг цхьацца.

ХХХVIII

Башха цамгар, нислург кхета,
Йовззалц тарлург дош ца хета,
Ингалсоша сплин2 шех олург,
Доцца: оьрсийн хандра бохург
Цунна йолуш бале ели;
Ша вуьйш бан дуьненца къастам
И ца х1оьтти, Далла хастам,
Амма дахарх чам ма бели.
И – Child-Harold, дитна къинош,
Хьешийн ц1а чохь гора цкъаццкъа,
Хаза хьажар, доху синош
Дара цунна гена, хийра,
Вацара и царна т1ера.

1 Охта хинан йистера яхархо.
2 Сингаттам.

ХХХIХ
———————————————-
ХL
———————————————-
ХLI
———————————————-

ХLII

Ткъа шу, ницкъ берш къаго дахар!
Цо ма дити вуно чехка;
Х1инца вай ма лору бехк цхьа
Чулацаме къамел хьадар;
Тарлахь а эмано к1орга
Сей, Бентам а вайна вийца,
Вуьшта церан хабарш къорза
Лан ду хала, хала хийца;
Цу т1е уьш бу ц1енниг дагахь,
Ч1ог1а куьце, долуш хьекъал,
Эхь-бехк доцуш деккъа багахь,
Сема, нийса, хиллал декъал,
Божаршна уьш 1ехо хала,
Г1оли царна, сплин ловш, бала.

ХLIII

Шу, аьктрисаш къона, х1ай!
Буьгурш т1аьхьа ц1ехьа шайн,
Г1удалкх лоллуш маса цхьа
Петарбухан некъашца,
Шуна а Евгений – гена,
Ловзарш доцуш, вехарг шена;

Къовлавелла и чохь ву,
Цхьацца язъеш ган йиш ю,
Йоза – болх, т1ехь везарг латта, -
Цо ма бити сиха, атта.
Х1умма а ца язйи цо,
Яздархойн ца бевзи гуо,
Т1аьххьарниш бу герга суна, -
Пхьалг1а тхайниг цхьаъ ю, хьуна.

ХLIV

Юха а малонан – марахь,
Са хьийзарна, даьлла акха,
И ма хии, куьйгалг1 – карахь,
Нехан хьекъал дола даккха;
Жаргийн терхина ша – берттехь,
Цо уьш йийши, амма эрна:
Я сингаттам, 1ехам, г1урт,
Я эхь дац-кха, я харц сурт;
Дерриг г1оьмаш тоьхна ду;
Шира дерг – ширделла маь1на,
Керлачунна иза хьаьхна.
И ца воьду жаргат2 чу, -
Эманаш а санна шайлахь,
Цо жаргаш а йити байлахь.

ХLV

Совнах дехкарш нехан генахь,
Ас, цо санна, цхьалла ловра,
Тхойшиъ вевзира цу хенахь,
Суна цуьнан эхар3 товра, -
Сатийсарш ца хетар г1ело,
Тамашалла, цкъа ца гина,
Аьрха хьекъал, йоьлла шело.
Ткъа со – дера, и – кхоьлина;
Ший а шовкъийн ловзар лайна,
Ший а дахарх хьовзам баьлла,
Ший а деган алу яйна;
Ший а лан цабезам аьлла
Б1аьрзечу Фортунин, нехан,
Хан тхайн йолуш уггар деха.

ХLVI

Кхиънарг ваха, ойла ян
Йиш яц нахах хьерчаш ган;
Кхеттачунна чам – ов ду
Г1аларт денойн иддачу:
Х1ума дац цецвала цунна,
Иэсан лаьхьано ша къиза,
Дохковаларш вуу иза.
Ткъа цу хьоло тадо, хьуна,
До къамел а, доца хьа-са.
Мотт Онегинан цкъа аса
Т1е ца лацар, довззалц сайна
Цуьнан къийсар, доцург тайна,
Ткъа и забар, ерг ахкъаьхьа,
Эпиграмаш, кхолар хьаьхна.

ХLVII

Хийла аьхка, цхьаьна тийна,
Йолуш сирла са чекх ана
Буса лакхахь цу Неванан,
Хинан аьнгали и дийна
Ловзош доцуш васт Дианин,
Дагалоьцуш мур романийн,
Дагалоьцуш безам дукха,
Са к1адделла, ханна – мукъа,
Оьцуш т1е и буьйса аьхна,
Iара тхойшиъ, цо дог даьхна!
Г1енах г1оьмаш тоьхнарг воьду
Гаттера сийначу хьун чу,
Иштта ойланца тхо дай
Юьхь ган доьлхур къона тхайн.

ХLVIII

Дохковаларш патар баьтт1а,
Мокхазано везаш лан,
Евгений ойлане лаьтта,
Байтанчо ма вийццар ша.
Буьйса тийна; хезаш деккъа
Г1аролхойн и кхайкхар теккха,
Ткъа г1удалкхийн ц1ак а сецца,
Милъоннехь4 г1аьттина эцца;
Цхьа хинкема, пийсиг хьокхуш,
Доьду хица, хьалхе йоккхуш:
Ткъа, тхо 1ехош, генахь маьрша
Хеза шедаг, йиш а аьрха…
Ткъа массарел мерза и –
Аз Торкватон октавийн5!

1 Язйо г1ирс.
2 Библиотек.
3 Амал.
4 Ураман ц1е.
5 Барх1 мог1а байт. Хьалхара ялх мог1а хийцало, т1аьххьара ши мог1а хийца ца ло рифам йолу.

ХLIХ

Адриатин шу, тулг1енаш,
Хьо, х1ай, Брента! Сийлахь хьелаш,
Синг1аттамах вуьзна 1аш, ткъа
Кхочур дац-те аз шун башха!
Кхаъ т1аьхьешна Аполлонан;
Хезна лирехь Албионан,

Суна ду и девзаш, хьоме.
Дашочу Италин чоме
Буьйсанаш ас юур мацца,
Цхьа венецхо къона сайна
Уллехь йолуш, луьйриг цкъаццкъа,
Ткъа гондола хохкуш тайна,
Тхан барташна карор и
Мотт безаман, Петраркин.

L

Маца дер – маршонан сахьт?
Зама, зама! – и ду хьашт;
Ас мох х1ордан боьху бай,
Х1ордкеманийн четарш к1ай,
Дарц, тулг1енаш каде эшош,
Боло некъ, х1орд боькъуш, эт1ош.
Маца, маца хир ду и –
Берд ас битар г1айг1анийн?
Сайна ца тов бурчам1 тесна,
Хьалха воьдуш, г1улч а хецна,
Сайн Африкин стигал – хьалахь,
Г1ийла Россе кхобуш сайлахь,
Бала лайна, безам гина,
Дог ас дитнарг, чевнаш йина.

LI

Онегин ма вара кийча
Соьца ган пачхьалкхаш хийра;
Амма кхолламо цхьаъ хастий,
Тхойшиъ вовшех д1а ма къастий,
Цуьнан да цу юкъа кхелхи,
Онегинна бели белхи:
Довхой баьхки – ц1ена вай –
Йолург яккха дагахь шайн.
Евгенийс, девнашна гена,
Кхаж а баьлла уьш ца дан,
Дас дитинарг буха шена,
Царна дерриг дели д1а,
Хууш санна лийр вуй кестта,
Шен деваша лазар кхетта.

LII

Хан ца йолуш дукха эццахь,
Цунна хабар схьа ма дохьу,
Деваша ву аьлла меттахь,
Кхуьнга цо т1екхача боху.
Хаам хезча шена къаьхьа,
Кхоьруш санна виса т1аьхьа,
И поштанца ваха, тилла,
Суртх1отторхо2, доь1уш са,
Ахча дезаш, реза хилла
Кепаш лело, 1ехам бан…
(Сан романан юьхьиг и)
Ткъа д1акхаьчча, цунна ги:
Ваши баьрччехь висна 1илла –
Бол латтана лург шех хилла.

LIII

Ткъа лайш уьйт1е юьзна 1ара,
Велларг волчу массанхьара
Оьхур хьеший, нах а хийра,
Ламастана ч1ог1а т1ера.
Гергарчара лазам 1евши,
Мозг1арш, хьеший яа хевши,
Т1аккха баха беза, мукъа,
Болх шаьш бича санна дукха.
Ткъа Онегин – керла ша –
Гучуваьлла хьолада,
Хьалха парг1ат лелархо:
Мостаг1 ражан, къерархо,
Хазахеташ хьал шен и,
Хийцаделла, долуш кхи.

LIV

Ши де юьххьехь хетар тайна:
И аренаш, 1охку шайна,
Юькъа боьлак, шело ло,
Шовда, тийна декало;
Амма т1аьхьа, воцуш т1ера,
Дерриг дара цунна хийра;
Наб т1е туьйсур гучо цунна,
Эххар кхийтира и, хьуна,
Юьртахь вахар хиларх г1айг1а,
Хаза эгалш3 дацарх гайта,
Нехан сийсарш, байташ яцарх,
Г1айг1а г1ертар къамкъарг лаца,
Висарх лаьттахь, валарх т1ема,
Хилла 1индаг1, хилла эма.

LV

Суна – мерза дахар юьртан:
Машар, беркат, 1алам хьийна,
Цигахь лира ека юькъа,
Белхан ойла сема, дийна.
Хан а йойуш, воьдуш хьалха,
Аса 1ам ма толлу цхьалха,
Fаr niente4 – и г1иллакх сан,
Iуьйрено г1аттийна, 1а,
Юуш мало, волуш мукъа,
Йоьшу к1езга, наб йо дукха,

1 Гонах долу дерриг: адамаш а, 1алам а… и. кх. д1. а.
2 Аьктоьр.
3 Ч1ог1а исбаьхьа йина йоккха г1ишло.
4 Галдеттар, мукъалла (ит.).

Эшац ц1е – бакъ, пуьташ ийна.
Иштта аса хийрехь, тийна,
Мацах дии денош дай
Уггар ирсе, аьхна сайн.

LVI

Мукъалла, заз, безам, юрт а,
Аренаш! Со т1ера шуна.
Даима бан лаьа къастам
Онегинний, сайний юккъехь,
Бац-кха суна иза хастам,
Бакъ гур доцу, хиларх юххехь,
Х1оттарх ира ешархо
Я пуьтанча-зорбахо,
Теллина сан амат г1еххьа,
Аса дилли баха бехха
Сайн сурт дика массо ханна,
Курачу Байронас санна,
Тхан йиш йоцуш санна язъя,
Тхайх бе, лууш тхайн сурт хазда.

LVII

Ала дог1у: бу байтхой
Кхаъ-безаман 1уй баккхий.
Г1енах хьоме яххьаш гой,
Церан васт со кхобуш 1ий,
Ткъа и денда муза х1оьтти –
Б1арлаг1ах цо г1ала йоьтти;
Ас, хьолаца боцуш къийсам,
Язйи ламанхо – сатийсам,
Иштта мехкарий Салгиран.
Х1инца, доттаг1ий, аш дукха
Хаттарш ма ло юха, юха:
«Мила вуьйцуш ю хьан лира?
Муьлха, муьлха мехкарий,
Iехош, аьхна ека и?

LVIII

Хьанна, б1аьрг, синг1аттам бай
Хьабеш, ахьа совг1ат ди,
Г1ийла олуш узам хьайн?
Мила байтца ахь язйи?»
Цхьаьнцца дац-кха сан цхьа хьа-са!
Безаман шовкъ хьере аса,
Там а боцуш, хийла лай.
Цуьнца теснарг шен уьйр-тай,
Рифмех юцуш, зовкхе ваьхна,
Байталло т1ех барташ баьхна,
Iеми иза ловца лан,
Петраркех тарвелла ша.
Ткъа, ас ловш безаман ов,
Мотт ма кхеби, 1овдал – сов.

LIХ

Безам д1абай, муза – цхьалха,
Iаьржа хьекъал сан – самалха.
Лоьху цо кхаъ-аьзнийн гулам,
Ял-ойланийн, теман хьулам;
Язйо, дагца йоцуш г1айг1а,
Вицлуш, дахкац аса тайна
Ялазчу байташца шорта
Эманийн куьг, ког а, корта;
Яйна юкъ кхи денлур яц,
Ас сагатдо, б1аьрхиш дац,
Дарцан лар даг чуьра кестта,
Йовр ю, йовр ю, г1ийла летта –
Т1аккха язъя хуур суна
Ткъе пхиъ йиш поэма, хьуна.

Дагахь йолуш кепаш дукха,
Ткъа турпалхойн ц1ерийн вай,
Ас чекхбаьккхи, волуш мукъа,
Болам цхьаъ романан сайн;
Иза зий ас ч1ог1а луьра,
Б1останаллаш шорта ю,
Амма уьш ма-ярра юьту, -
Цензурина болх хир бу,
Журналхошка, хилий кхача,
Шу сан белхан стоьмаш, кхача,
Неванан г1уо йисте д1а
Г1оза, керла кхоллар сан,
Сийлаллин схьагулъе ял:
Леран, арзан, девнан пал!

Гочдархо – Хатаев Хьусейн

Вайнах, №9, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх