Пушкин Александр. Евгений Онегин

фото ПушкинаРоман байташкахь

Т1аьхье. Юхь еша №1,2 2018 ш.

Йолхалг1а корта

La, sotto i giorni
nubilosi e brevi,
Nasce una gente a cui
l`morir non dole.
Petr1.
I

Владимир д1авахна гина,
Онегинна г1айг1а евзи,
Шен бекхамо токх а вина,
Олга ларъеш, ойла хьевзи.
Олга а саготта еха,
Ленский цо ма лоьху б1аьрца,
Котилъон, ца хеда, деха,
Вуо г1ан санна, цунна хьаьхна.
И чекхдели. Суьйре йо-кха.
Т1аккха меттанаш ма дохку;
Хьешашна юкъ билгалйоккху –
Массарна мотт шайна ло-кха
Маьрша. Ткъа Онегин сан
Ц1ехьа вижа ваха д1а.

II

Массо тийна: ву чохь хьешан
Хар до гайшиг и Пустаьков,
Уллехь 1уьллуш еза неша.
Гвоздин, Буянов, Петушков,
Ткъа и Флаьнов, сиркхо бохь,
Г1анташ т1ехь – юийли2 чохь;
Ц1енкъахь – Трике, корта – сира,
Коьртахь болуш б1ов-куй шира.
Ткъа, чоь Танин, Олгин йиэккъа,
Мехкарий набаршна эгга.
Корехь йисна г1айг1а лан,
З1аьнаро Дианин хьоьстуш,
Миска Танаь, сема, ша-а,
Iа, 1аьржачу ара хьоьжуш.

III

Ткъа ц1аьххьана цуьнан варо,
Мурстанна ховхалло б1аьргийн,
Ткъа Олгица ч1арх идаро
Цуьнан синна 1аткъам ма би
Вуно ч1ог1а; и ца кхета
Цунах; карзах йохуш хета
Цунна г1ийрато ша-а чуьра,
Доьлча санна куьг цхьа шийла
Цуьнан дог нуьцкъала къийла,
Декаш санна бухахь аьрха
Цунна 1ин, цхьа к1орга,1аьржа…
«Х1аллак хир ю, – Танаьс эли, –
Безам сайниг хили луьра,
Ирсе яха кхаж ца бели».

IV

Хьалха, хьалха, дийцар хьоме!
Йийца йог1у юьхьша3 кхи.
Ленскийн юрт ю Красногоръе,
Цунна гергахь веха и,
Могуш-маьрша, ваьлла шена,
Аре йоьшуш г1амаран,
И Зарецкий, айг1ар къена,
Т1уз тухучу г1ерин тхьамда,
Говзанча дог дашца к1амда,
Х1инца лардо шен ц1а-боьра,
Хилла доьзалан да жоьра,
Эла, г1овс, 1у машаран,
Хьакъ стаг, зийнарг шерийн мор:
Иштта хийцало вайн чкъор,

V

Гоно, хийла ловца аьлла,
Вуо майралла цуьнан гулйи:
Цо, бакъ долуш, гена ваьлла,
Т1уз морцура, тапча тухий,
Цкъа ша-а леташ ч1ог1а, ала,
Х1оьттина т1ех хьера вала,
И вуьйжира генахь, хийра
Нийсса хатта говра т1ера,
Вехха, кхакха хилла, воьдуш
Франсойн кара: закъалт-мела!
Керла Регул, дерг сийн Дела,
Шен уьйрашна схьагуш воьлуш,
Кийча верг дег1 денна кхийла
Вери4 волчу, лург кад мийла.

VI

Забар ян и вара говза,
Iовдал верг вуо ваккха гал,
Хьекъал дерг вай ваккха ловза,
Гуш я ца гуш ван и мал,
Ткъа и леларш цуьнан цхьацца,
Iилма хилла доьрзур цкъаццкъа,
Наггахь ша-а и цхьана ханна
Iехалора, 1овдал санна.
Къийсалуш, и воьлуш гуора,
Ира, б1оста жоп цо лора,
Цкъа и 1ара тийна, тов,
Цкъа цо доьхьал дора дов,
Цкъа доттаг1ий гамбеш къона,
Зил т1е х1иттабора гонан,

VII

Я буьгура уьш куьйге,
Лиъна цаьрца ян 1уьйре,
Ткъа къайлах уьш бийца т1аьхьа
Бегашца, пуьташца цхьаьна.
Sed alia tempora!5 Ткъа яй
Ма йов къоналла вайн кхехка,
Безаман г1ан санна, чехка.
Ткъа Зарецкий х1инца сан,
Акказин 1индаг1ехь, х1ай,
Дарцех лечкъина ша-а д1а,
Бакъ хьекъалча санна меха,
Шех Х1ораци хилла, веха,
Юьйш копаста, кхобуш г1езаш,
Дика кхетош-кхиош бераш.

VIII

Цу хьекъалчин сан Евгений
(Т1ех уьйр йоцуш цуьнца кхи)
Безаш вара хьежам меха,
Сема къамел, доцург деха.
Волуш юкъ-кара ша-а мукъа,
Цуьнца гуора иза дукха,
Ткъа и 1уьйкъехь шайга веъча,
И ца вели башха цец а.
Салам-1алам дича кхуо,
Доьхьал вист а хилла цо,
Дан ца дог1уш хаттар цуьнга,
Байтхочун кост кховдий кхуьнга.
Онегина, коре волий,
И ма доьшу шена, олий.

IX

И ма бара тамехь, оьзда,
Боца кхайкхам, картел6 цхьа,
Яхьца, ткъа шелонца йоьзна,
Ленскийс кхойкхур дуэл ян.
Онегина, хьоькхналг ешна,
Геланче, кхи доцуш х1у,
Элира, олучух тешна,
Ша-а даима кийча ву.
Зарецкийс, кхачийна хабар,
Йоьхьар лоцу ц1ехьа вахар,
Ц1ахь бу цуьнан белхаш дукха,
И д1авоьду; ткъа Евгений
Ша-а шеца къамеле вели,
Шена яппарш еш и ву-кха.

X

Ткъа и нийса: шега дера
Барт цо хотту, волуш къера.
Дерригенна ша-а во бехке:
Цкъа делахь, и вацар бакъ,
Безам, мела, аьхна, хьакъ,
Цу сарахь вуо барна техке.
Шиъ делахь, ву байтхо ловза:
Шо берх1итта дерг вац говза –
И кхи ду. Ткъа Евгений,
И кхиазхо везаш вайн,
Йиш йолуш вацара ша-а
Хила тайниг нехан яй,
Ткъа вог1ура хила и –
Сий а, хьекъал долу да.

XI

Къинхетам бан вара иза,
Акхаро ца хила къиза;
Декхарийлахь вара сиха
Дог и эца. Ткъа ду х1инца
Т1аьхьа; хан ца йолу юха …
Кхи цхьа х1ума – цу юкъа
Воьлла шира дуэлхо,
Шера, буьрса, пуьталг вуо…
Инкарло йийръяра цунна,
Ткъа шабарш а, беларш, хьуна…
Иштта гурано вай лоцу,
Дов ма деста пайда боцу!
Сий ду луьра хехо вайн,
Цу т1ехь хьийза дуьне к1ай!

XII

Кхехкаш ч1ог1а бекхамна,
Ц1ахь, жоп лардеш, байтхо 1а;
Эххар, верг ездарийн да,
Жоп а дохьуш, кхечи ша-а.
Парг1атвели г1ийратхо!
И кхоьрура кхийсархо,
Яй цхьа забар йина раз,
Х1оттарх шен д1адерзо ваз,
Цу тапчанах лардеш и.
Х1инца шеко ма яц кхи:
Кхана уьшшиъ хьалххе дукха
Хьерахь хила везаш ву-кха,
Вовшашна герз х1отто т1е,
Д1а-схьа тоха долуш де.

XIII

Ца йиэза и коча хьенех
Ч1аг1ло Ленский. Кхехка минех,
Лууш воцуш Олга ган,
Малхе, сахьте хьоьжуш 1а,
Эххар, тосий шен куьг аьрха,
Лулахошка хьоду маьрша –
Мурст а гучуваьлла, т1аккха
Олга-йо1алг дохкояккха;
И аьттехьа ца гург цхьанна:
Миска байтхо чу ма вели,
Олгас цунна илли эли,
Тешаво б1арлаг1а санна,
Аьхна, шуьйра елаелла,
Хьаша лаьтта, 1ехавелла.

XIV

«Сийсара хьо хьалха вайра».
Олгас юьххьехь и ви бехке.
Ленскийс 1аччохь бехк ма лайра,
Мар оьллина хилларг кхехке.
Яйра г1ийрат, 1аткъам хьешан,
Сирла хьажар дайча нешан,
Яйча атталла и аьхна,
Ткъа са цуьнан башха аьрха!..
И ма хьоьжу мерза веха;
Цунна го: и везаш ву;
Парг1атваьлла, иза веха,
Бехкцабиллар бетехь ду,
Айаме и, цатам байна,
Ирсе, могуш, дахар тайна…

XV. XVI.
_________________________
_________________________
_________________________
_________________________
_________________________
_________________________
_________________________
_________________________
_________________________
_________________________
_________________________
_________________________
_________________________
_________________________

XVII

Амма чохь ойлане дукха,
Хьомечу Олгина дера
Владимир ницкъ боцуш ву-кха
И селхане ялхо шера;
«Хир ву, – боху, – орцахо,
Аьттехьа ловр дац-кха аса,
Кеп-ловцашца деш и хьа-са,
Къона дог дар терге вуо;
Х1оттар н1аьна, д1овш а хьайна,
Даа г1ад тобалкхан тайна,
Дуьйш и делладала диэза,
Ши 1уьйре хан йолу зезаг».
И ма дара, нийса зийча,
Ша-а ву бохург лата кийча.

XVIII

Хиъча цунна, чевнан суй
Дог Татъянин дагош буй!
Ткъа Танина дийцича,
Хьолах иза кхиийча –
Вуй Ленский, Евгений ч1ог1а
Дагахь къовса кошан дог1а;
Тарлора безамо кхуьнан
Дов кхачо цу хьешийн цуьнан!
Ткъа и хилам-кхерам, хьуна,
Цхьа-а а бийца вац-кха цунна.
Онегин ма вара гена,
Татъяна ма яра шена;
Баба декхар яра ала,
Кхаьчна долчу хьолан бала.

XIX

Суьйре… Ленский вац-кха ийна:
Наггахь воьлу, вуьшта – тийна;
Муза нана хилларг еха
Цунах тера денна веха.
Цо хьадора клавикордаш,
Оьцуш цу т1ехь цхьа акордаш,
Цкъа Олге б1аьрг тухий шен,
Олуш: вац-кха со ирсе?
Х1инца т1аьхьа; хан яц яйа.
Дог ма хеба, йоьлла г1айг1а,
Къоначу езарца къаьсташ,
Эккха санна, хилла аьхкаш.
Олга т1аьхьа кхойкху: «Хьо ву
Кхи». – Вац. – Цо, воьдуш чу.

XX

Ткъа ц1а кхаьчча, тапчанашка
Хьожу, уьш д1айохку, т1аккха
Чиркха улле – Шиллер – схьа;
Амма ойла цхьаъ ма ю;
Дог г1айг1ане сема ду:
Ша-а исбаьхьа хаза, хьуна,
Олга лаьтта хьалха цунна.
Владимирс шен жарга юьту,
Байташ язъя иза туьгу,
Ерш безамах далхарш г1ийла,
Екарш, 1енарш шаьш цхьа шийла.
Хезаш, йоьшуш уьш и 1а.
Лирикин цо дагар лов,
Вехна Делвиг хилла, тов.

XXI

Байташ, ала, йиси буха;
Соьгахь ма ю; х1орш уьш ю-кха:
«Стенга, стенга, суйнаш 1енош,
Даха шу, б1аьстенан денош?
Х1у кечдо кханено суна?
Ас и эрна ларйо, хьуна,
Бодашкахь и к1оргехь 1а.
Ларъя эшац; схьа дац хенан.
Вожа тарло, тилла пха,
Я т1ехтуьлур иза бай,
Ял ю дерриг: белхан, г1енан
Сахьт ду билггал г1оза шайн;
Хастам – хьуна, дийнан дукъ,
Хастам – х1ай, буьйсанан юкъ!

XXII

Маьлхан з1аьнар яхна 1ана,
Кхуьур ду де сирла кхана;
Ткъа со восса мега эцца,
Кошан тийналле, г1улч тесса,
Эс байтанчин къоначу
Дужур ду, довш, Лети чу,
Со дуьненна вицлур – атта,
Ткъа гур юй-те хаза хьенех,
Барз т1е еъна, йоьлхуш, латта,
Бохуш: со цхьаъ езна – минех,
Суна цхьанна ели цо
К1еж-дахаран 1уьйре буо?…
Деган неша, ял вай лайра,
Йола, йола: со хьан майра!..»

XXIII

Цо язйора 1аьржа, г1ийла
(Романталла лорург хийла,
Романталла ца го кхузахь
Суна; ткъа вай х1у до цунах?)
Эххар 1уьйкъехь, г1ар ца хезаш,
Охьа бахна корта беза,
Идеал дош яздеш д1а,
Ленский вуьйлира наб ян;
Мерза г1ан цо набарх зуьйш,
Лулахо ма вог1у луьйш,
Кабинет цо хьере йо,
Ленский, кхойкхуш, г1аттаво:
«Же, хьо кечло: ворх1 сахьт хан ю.
Онегин вай лардеш хир ву».

XXIV

И вацара бакъ: Евгений,
Велча санна, наб еш гуора.
Бекхна бода эшалора,
Веспер борг1ало т1елеци,
Ткъа Онегин меттахь ву.
Малх, лестина, г1оттуш бу,
Дарц ма хьийза аьрха, чехка,
Къега, ловзу; лайлахь – беш;
Ткъа Евгений 1а, хар деш.
Цунна г1ан б1арлаг1ах тиэхка.
Эххар г1аьтти иза хала,
Пардо цо ма уьйзи хьала;
Хьаьжча, ма го цунна, дуй,
Араволу хан шен юй.

XXV

Цо горгали хьабо. Кхочу
Цунна лай и франсо Гилъо,
Халат, мачаш цо схьайоху,
Чухулъюхург хьалха нисйо.
Онегинс т1е бедар юху,
Ткъа лайне а мохь ма туху,
Кечло олуш шеца ваха,
Г1утакх герзца кечдеш дахьа.
Хохку салаз кийча лаьтта,
Хьера т1е и воьду хьаьдда.
Цигахь олу лайне шера,
Лепажан7 бирг1анаш дера
Т1аьхьа ян, ткъа говраш шен
Йига нежнийн 1индаг1е.

XXVI

Ч1аг1о лаьцна лаьтта Ленский
Iара, ца гуш 1алам-туьйра;
Ткъа и тхьамда юьртан пхьерийн –
Зарецкий кохьарна луьйра.
Ткъа Онегин шена вайча,
Зарецкий вуо цуьнга кхайкха:
«Стенгахь ву шун секундант?»
Дуэлийн классхо, педант,
И, барамна воцуш хийра,
Х1уттура стаг ваккха ловза
Олучуьнца ч1ог1а говза,
Низамна т1ех волуш т1ера,
Лардеш г1иллакх шираллин
(Ала, зил берг дикаллин).

XXVII

«Сан секундант? – Евгенийс, тов,
Эли, – ву д1о monsier Guillot.
Цунна доьхьал дало сов
Суна цхьа-а а делил ца го:
Вацахь а и вевзаш хьенех,
Амма бакъхьа ву-кха минех».
Ткъа Зарецкийс балд шен кхаьлли.
Онегинс Ленскийга хаьтти:
«Дуьлалой вай?» – Мега, – олуш
Владимирс, уьш бовлу, болуш,
Хьера т1ехьа. Генахь, тов,
Iаш: Зарецкий, хьенехь бакъ,
Деш къамелаш, деза, хьакъ,
Мостаг1аш таппалла лов.

XXVIII

Мостаг1ий! Маца, х1инцца – т1ера,
Уьш би девно оццул хийра?
Кестта дац-кха сахьташ мукъа,
Пхьор, ойланаш, белхаш дукха
Цара доькъуш? Х1инца, хилла
Лурбоьллурш шайх массо ханна,
Тамашечу г1енахь санна,
Бевлла цхьаьна хьалххе ара,
Вовшашна каш кечдо цара…
Дог1ий царна, хьекъалх тилла,
Дуза ц1ийх к1ай куьйгаш шайн
Я дог1у дакъаста дай?
Амма майра довхой хийла
Нехан арзан лайш бу г1ийла.

XXIX

Ткъа тапчанаш эцца къеги,
Ч1унах зевне ж1ов а туьйхи.
Бирг1а чу шокъалеш ехки,
«Ч1ашт» деш хезаш, лаг а дуьйли.
Т1айрах тера молха сира
Терхи т1е ма 1ени. Ира
Цергаш йолу мокхаз нисби.
Юххера юьхк юьсуш сехьа,
Воьхна, Гильо вели дехьа.
Обанаш мостаг1аш йити.
Зарецкийс ткъешийтта аьрша
Юьсти, г1улч а йоккхуш маьрша,
Доттаг1ий цо зил т1е х1иттий,
Цара тапчанаш схьаийци.

XXX

«Х1инца – герга». Долуш де,
Тапчанаш ца юг1уш т1е,
Болар, онда, тийна, нийса,
И шиъ йиъ г1улч веи улле,
Iожална йиъ киртиг юххе.
Евгенийс, шен тапча эцца,
Ца соцуш ша-а г1улчаш кхийса,
Хьала айа йолий, хецца,
Кхи цхьа пхи г1улч йоккху тийна,
Ткъа Ленский а, герз шен, 1ийна,
Хьажо х1утту, ткъа ца кхии,
Онегинан тапча йийки …
Рог1ера сахьт тухуш хеза:
Байтхочо герз тосу деза,

XXXI

Некха т1е куьг дуьллий дай,
Охьавужу. Б1аьргаш беса –
Йотуш 1ожалла и меца.
Иштта ломах охьа маьрша,
Малхехь суйнаш туьйсуш аьрха,
Чутекха чалх лайнан к1ай.
Ц1аьххьана, шело а лайна,
Онегин т1еводу, вайна,
Хьоьжу, кхойкху… эрна арз:
И вац вайца. Къона иза
Хеназа д1аваха къиза!
Дарцо даьхьна тайна заз
Марг1алдели 1уьйккъехь, дуй,
Кхерч ца богу, байна суй!..

XXXII

Хебна 1ара и, цхьа шийла
Дара хьажар цуьнан г1ийла.
Некха к1ел чов гуора луьра,
Ц1ий, к1ур туьйсуш, оьхуш чуьра.
Х1инцца, ала, цхьа мурст хьалха,
Детталора и дог цхьалха,
Шена чохь дов, тешам, безам,
Ловзуш дахар, кхехкаш ц1ий, -
Дерриг дай-кха, хилла эшам.
Ц1а ша-а тесна, ца до сий,
Ду и тийна, ду и 1аьржа,
Г1аьпнаш ч1аьг1на, кораш маьрша
Кира тоьхна. Чохь вац да.
Стенгахь ву? Вац хууш цхьа-а.

XXXIII

Там бу дош д1аьвше а, ира
Язъдеш, дарва мостаг1 вуо;
Там бу и, ерг амал виран,
Оллийна кур беза, буо
Куьзгана чу хьоьжуш ган,
Ца лууш шех даре дан;
Там бу иза, къорвеш хьо,
Кхайкха х1оттахь: схьагург со!
Кхи т1е там бу, йоцуш г1ар,
Кечда цунна к1ингехь8 1ар,
Хьажош тапча хьаьжа юккъе,
Зил а ларбеш, веъна юххе;
Ткъа вер иза иштта д1а,
Там бац цуьрриг, ду и къа.

XXXIV

Хьан тапчано вийча, яьлла,
Къона, тайна хьаша, аьлла,
Бехк берг хьоь хьажарна раз,
Я даларна жоп, к1ов аз,
Шу сакъоьруш 1аш цхьа ийна,
Маларо зуьйш уьйраш дийна,
Ларъеш яхь, кховдийнарг дов.
Х1у хир дара дагахь, тов,
Мел хир яра ойла хьан,
Схьагуш 1уьллуш, дуьне доьхна,
Iожалло х1ост хьаж т1е тоьхна,
Дахарца з1е хедаш д1а,
Леш и, сецна сийса кийра,
Хьан кхайкхамна волуш хийра?

XXXV

Са б1арзделла, хилла вуо,
Iаьржа тапча къуьйлуш буьйнахь,
Ленский гуш, Евгений – буьйда.
«Иза велла», – эли цо.
Велла!.. Хаам ловш и къаьхьа,
Онегин, де эшна, ваьхьна,
Юьстах волу, нах т1е хуьлу.
Зарецкийс лерина дуьллу
Салаз т1е и дакъа шийла,
Ц1ехьа хьо цо мохь и г1ийла.
Велларг хаавелла, аьрха
Терса говраш, чопа к1ай
Iенош т1е гаьллашна шайн,
Ткъа йовду, пха санна, маьрша.

XXXVI

Доттаг1ий, байтхочун къа:
Iалашонаш кхиъна х1етта,
Уьш кхочушъя чохь суй летта,
Бераллех валалий схьа,
Д1авай! Стенгахь ду и кхехкар,
Стенгахь – хьакъ лехамийн лехкар
Синхаамийн, ойланийн,
Йолчу лекха, каде, аьхна?
Стенгахь – к1еж безаман и,
Хаарх а, балхах а хьегар,
Юьхь1аьржонах, вонах кхерар,
Башха дезарш, шу сте даьхьна,
Хьо, г1аларт, кхи аьзнаш хеза,
Шу, г1енаш байталлин деза!

XXXVII

И вина тарлора говза
Дуьне хазда я ша-а вовза;
Цуьнан лира иза тийна
Яха магар, екаш хаза,
Йисна б1аьшерашна хаза.
Лами т1ехь лараман, ала,
Иза магар хьалавала.
Ткъа и цуьнан 1индаг1 дийна
Дахи-техьа къайле эцна,
Эхарта г1улч еза, хецна?
Дели аз, са кхуллу, хьуна,
Кошара ца хезар цунна
Хенийн х1имн9 и ч1ог1а меха,
Къобалвар а ц1ена нехан.

XXXVIII. XXXIX

Ткъа нислора иза ваха,
Ловш массарна девза дакъа:
Къона шераш дай-кха цхьацца,
Ткъа к1еж синан ийши мацца.
Хийцавели т1ера дукха,
Музанаш цо йити мукъа,
Юьртахь ирсе, техкаш кур,
Гуо чоанца, боьлла к1ур;
Ткъа девзина дахар къиза,
Энаш леци хьалххе иза,
Юуш, 1овшуш г1айг1а, версти,
Цкъа меттахь, пха озош, керчи,
Д1аволуш берашна юккъехь,
Боьлхучу зударшна юххехь.

XL

Мухха делахь, ешархо,
Хьенех – къона езархо –
Байтхо, ойланча и тийна,
Накъоста шен куьйга вийна!
Туш ду: во1 синшовкъан10 мукъа
1ийначу юьртаца ю-кха
Ши бага, бух вовшахкхетта;
Царна к1ел т1айранаш шийла
Тог1енан шовданан сиэтта,
Цигахь ахархо 1а хийла,
Ткъа марсхой11 а, тулг1е луьйсуш,
Зевне к1удалш цу чу туьйсуш;
Цигахь, 1индаг1 ловш и аьхна,
Х1оллам лаьтта, цхьалла хьаьхна.

XLI

Цу к1ел (ялташна т1е тача
Ялхош, дог1а б1аьста дог1уш)
Жа1ус юцу къорза мача,
Идалхойх йиш хаза локхуш;
Ткъа и г1алахо а къона,
Юьртахь аьхке йоккхуш, еха,
Йоьдуш говр а хохкуш еха
Аренца, лар юьтуш буха,
Соцу хьалха чуьртан гона,
Схьаозийна дуьрста юха,
И, ишлаьпа хьалйина,
Юлу йоза зарздина
Чуьртан деша, б1аьрхиш т1уьна
Х1уттуш кхола б1аьргаш цуьнан.

XLII

Г1улч цо йоккху ларамца,
Сатийсаршка йоьрзу и;
Цуьнан са ду лаамза
Кхоллам луьстуш цу Ленскийн;
Боху: «Олга стенгахь еха?
Дог мел 1ийжи цуьнан деха
Я б1аьргаш ца дестий хиша?
Стенгахь ю-те цуьнан йиша?
Х1у деш – хаьддарг нахах, ловзарх,
Модехь берш зуьй моде йовсар,
Стенгахь кхоьлина и пелхьо
Къоначу байтхочун кхелхо?»
Аса, хан ца йойуш кхи,
Шуна кестта дуьйцур и,

XLIII

Т1аьхьо, 1ийна. Доггах суна
Везахь а и турпал, хьуна,
Верзахь а со цунна т1е,
Амма дац и вуьйцу де.
Шераш парг1ат йоза хьоьху,
Шераш рифма-дакли лоьхку,
Со, садоккхуш, къера ву –
Иза лехар бала бу.
Шира мас яц лууш тига
Бехда листаш, луьсту сиха;
Кхи сатийсарш и цхьа шийла,
Кхи луьра и дезарш хийла,
Ловш г1ар гонан, тийна хан,
Хьадеш ду сан синан г1ан.

XLIV

Cyна бевзи вуьшта лехам,
Керла г1айг1а юуш ву;
Девзинчех бац соьца тешам,
Шира г1айг1а хьоме ю.
Лиънарш, лиънарш! Яй шун марзо,
Ка тоьхна рифмано-барзо.
Карахь юьсуш иштта г1аж,
Дуьйжи-техьа сийлахь таж?
Баккъал а, ган болуш хилам,
Боцуш цхьа-а элегийн тилам,
Яй-те денойн б1аьсте сан
(Ас йийцинарг забарца)?
Эрна ду-те юха еха?
Ткъеитта сан кхочу-техьа?

XLV

Сан делкъе ма хьийза кертахь,
Къера хила дог1у со.
Дан кхи дац-кха: къаста бертахь,
Яй къоналла, соьца хьо!
Хастам бу там барна хьуна,
Г1айг1а, аьхна ов а гарна,
Гов, дарц, той гайтарна суна,
Массо, массо совг1ат дарна –
Ловца сайниг! Хьоьца цхьаллехь,
Саб1арзаллехь, ткъа таппаллехь
Марзо ийци аса еха;
Тоьур ду! Семачу синца
Со волу кхаъ-новкъа х1инца,
Девза дахар дуьтуш меха.

XLVI

Б1аьрг тохийта. Хьелаш хьоме,
Сан денош д1аидда шайца,
Ловш к1еж шовкъан, мало чоме,
Г1енаш синан, ойла тайна.
Синшовкъ къона, ахьа хийла
Карзахдаха хьекъал сан,
Дог ма дита тар дан г1ийла,
Сан маь11е хьо х1итта схьа,
Байтхочун са ларде совнах
Шелонах, дераллех, к1овнах,
Ца дуьтуш т1улг хила и
К1урк1аманехь дахаран, -
Оцу 1ам чохь юкъ-кара
Вай до нека, доттаг1ий!

Ворх1алг1а корта

Москох, хьо йо1 Россен еза,
Карор юй-те хьо саннарг кхи?
Дмитриев

Муха езац Москох хьоме?
Баратинский

Москохана луьй!
Дуьне гар и муха, х1ай?
Х1у туш г1оле?
Доцург вайн.
Грибоедов

I

Б1аьстенан з1аьнарша лоьхку
Лайш ду ломахь эшна де,
Iовраш цара охьа хоьхку
Хи к1ел 1а басешна т1е.
Iаламо т1елоцу, къежаш,
Набарх 1уьйре, яхнарг 1ана,
Сенло стигланаш го къегаш.
Хьаннаш, ерш цкъачунна ч1ана,
Баьццара до ловзош лаьтта.
Накхармоза, ясакх лаха,
Балозан бен чуьра баха.
Дакъало аганаш лаьттан;
Даьхний 1оьху, зарзар деха
Буса йиш шен лоькхуш еха.

II

Г1айг1а суна бу хьан кхайкхам,
Б1аьсте, б1аьсте! Мур хьо шовкъан!
Ма латтабе зовре айам,
Б1арздеш ц1ий сан, са а ховха!
Ма хьекха, мур керла оьхьуш,
Соьца ял шен башха йоькъуш,
Мох б1аьстено сан юьхь т1е,
Аса токхуш юьртахь де!
Вац-те тамана со т1ера,
Къерар, денвар ду-те хийра,
Кхехкачо, къегачо маьрша
Бохьу-те саийзам, бала
Сан деллачу синна, ала,
Схьагург дерриг хеташ 1аьржа?

III

Я ца тов дендалар вайна
Гуьйренца деллачу г1анийн,
Бицбина и эшам лайна,
Керла гов чу лоцуш хьаннийн;
Я 1аламца кхехкачуьнца
Дузу вай, еш ойла г1ийла,
Вайн д1аидда шераш хийла,
Юха дан йиш йоцурш цкъа-а а?
Я ойланна еха юххьехь,
Байталлинан г1енан юккъехь
Цхьа ша-а тайпа б1аьсте шира,
Iийнарг лаам беш вай ира,
Кхи цхьа аре йоьлуш вайна,
Кхи бутт къона, буьйса тайна…

IV

Х1ара хан: малончаш меха,
Эпикурхой12, хьекъал зуьйраш,
Ткъа, ирсхой, ва шайна беха,
Ткъа, Левшин ишколан цуьйцеш,
Ткъа шу, юьртан Приамаш,
Ткъа, дог к1еда эманаш,
Б1аьстено шу юьрта доьху,
Мур и бовха белхийн, зазнийн,
Мур шовкъечу кхерстарийн,
Буьйсанийн, дог, 1ехош, оьцу.
Ара, доттаг1ий, же, чехка,
Г1удалкхашкахь, еза тиэхка,
Ковра дай, г1уо парг1ат хахкий,
Г1аьпнех г1аланийн шайн къахкий.

V

Хьо а, ешархо сан тоьлла,
Лаллий ворда, къагийна,
Тасий г1уо гов-г1ала воьлла,
Iа ахь, къоьруш, къардина;
Йолуш накъост муза аьрха,
Г1уо вай хаза нажжийн «г1ов»
Ц1е йоцчу хин йистехь маьрша,
Юьрта, сан Евгений, тов,
Холбатхо, гал детта, г1ийла,
Iийначу, хан токхуш, хийла,
Лулахь ехаш Танаь буо,
Сан хьоме сатийсархо,
Х1инца вац ган юьртахь и…
Кхузахь чов-лар цо йити.

VI

Вай, гуш лаьмнийн ахго дийна,
Г1ур ду метте, хьоста доьлху,
Сетташ, хадош басе сийна,
Татол т1е, хьун хьехийн хьоьсту.
Цигахь буса, мел ду г1ора,
Зарзар дека, кхуьу хьора,
Ц1ена шабар хьостан хеза,
Цигахь т1улг бу кошан беза,
Баганаша малхах ларбо.
Цу т1ехь йоза, къаьсташ, ма го:
«Х1ара ву Владимир Ленский,
Майрра велларг къона дукха,
Х1оккху хенахь и д1акхелхи.
Байтхо къона, 1илла мукъа!»

VII
Га т1ехь баганан чу кхозу
Цкъаццкъа 1уьйкъенан мохо
Цу г1ийлачу кашца дозу
Техкадора кочар буо.
Цига бертахь т1етт1а хьалха
Ихира ши неша цхьалха,
Ткъа каш т1ехь, бутт лепаш г1ийла,
Билхира уьш марахь хийла.
Х1инца… х1оллам шена беха,
Тесна. Аз ца хеза нехан.
Некъ а байна. Кочар дайна.
Цу к1ел сира, г1ело лайна,
Хьалха санна, узам бо,
Мача юцуш жа1у го.

VIII. IX. X

Миска Ленский! Хало ловш,
Дукха и ца йилхира.
Нускал къона сиха, тов,
Г1айг1а йита кхиира.
Кхечо и т1еерзи шена,
Бала байбеш, боккхуш гена,
Ловца олуш безаман –
Говза болам 1ехаман,
Цуьнан везар улан13 ву…
И алтарна14 хьалха ю,
Корта, бехке йолуш санна,
Тажна к1ел оьллина ханна,
Болуш б1аьрехь къайлах суй,
Елар а барташца, дуй.

XI

Миска Ленский! Кошан бухахь,
Къуьйлуш даималло дукха,
Вуьйхирий-те нешас иза
Беш тешамбехк шена къиза,
Я Лето наб тесна т1е,
Байтхо 1уьллу доцуш де,
Лаьттан чам 1ожалло баьхьна,
Ков дуьненан шена ч1аьг1на?
Иштта эс вайх довр ду мацца,
К1инга т1ехь дош аьлла цхьацца.
Дов дерш, уьйр ерш, безарш бовр бу.
Ткъа кхаьрдаш адамаш гур ду –
Вайн т1аьхьенийн луьра гуо,
Боьлла бахам къийса вуо.

XII

Кестта Олин зевне аз
Ларинг1аьргахь дижира.
Улан, къуйлуш даг чохь вас,
Цуьнца полке вирзира.
Шорта б1аьрхиш 1енош къаьхьа,
Йоккха стаг, шен йо1ца къаьста,
Дийна йоцуш санна гуора,
Танаь елха ма ца лора;
Яра 1ожаллин бос эцна
Цуьнан йоьхь и г1айг1ане.
Чохь верг ваьлча ара, хецна,
Дерриг сийсаш, хьийзаш каде,
Кегийчеран ворда зуьйш,
Танаьс новкъа бехи уьш.

XIII

Еха, дахкарлах чекх санна,
Царна т1аьхьа иза хьийжи…
Ю Татъяна шена цхьанна!
Шира неша яхна йиси,
Тайна, къона кхокхалг15 цуьнан,
Хьоме верас иза кхуьнан,
Кхолламо яьккхина гена,
Цуьнца йоцуш ехар шена.
Танаь, 1индаг1 хилла дийна,
Цкъа яьссачу хьожу биэша,
Лоху синтем, дерриг зийна,
Хьаам цхьанхьа ма бац биэша,
Иза б1аьрхиш къуьйлуш ю,
Ткъа дог эккха герга ду.

XIV

Шен цхьалло вуо х1орам бина,
Цуьнан шовкъ а ч1ог1а йогу,
Онегин, генара гина,
Даго вуьйцуш, кийра огу.
Иза ган ца вог1у цунна,
Ачо йолуш цуьнга, кхунна
Вешин верхо иза ву;
Байтхо вац-кха… амма ду
Иза хьахор мела, шийла,
Цуьнан нускал маре даха,
Эс байтхочун дина лаха,
Дуьтуш дан, к1ур санна г1ийла.
Ши дог мега цунна каро
Тийжаш… Ю и к1езга таро.

XV

Суьйре юьйли. Стигал 1аржло.
Хиш дай уьду. Ц1озно «ц1ар» до.
Хелхарчийн лар ченан ети;
Хил дехьа, к1ур туьйсуш, лети
Ц1е а ч1ерахойн. Бу гуо
Беттан къагош аре буо,
Тутмакх хилла ойланийн,
Татъянас некъ беха би.
Д1а, д1а. Эццахь цунна ги
Барз т1ера цхьа эгал бухахь,
Юрт а, боьлак гергахь, лулахь
Беш, хьестало сирла хи.
Иза хьоьжу – ткъа дог маьрша
Чехка дуьйлу, ловзу аьрха.

XVI

И шеконе, йоьхна, хьевза:
«Г1уо со хьалха, г1уо со юха?..
И вац кузахь. Со ца евза…
Ц1ене, беше хьожур ю-кха».
И барз т1ера охьаюссу,
Т1аккха соцу; гонд1а кхуссу
Б1аьрг, цакхуьург хьолах шен,
Эххар къаьста яй уьйт1е.
Ж1аьлеш дог1у летарца.
Кхераме аз цуьнан хезна,
Бераш дог1у, дог а лезна,
Йоккхуш г1овг1а. Девнаца
Ж1аьлеш к1енташа д1алохку,
Сту-йо1 к1елхьара вайн йоккху.

XVII

«Хьоладен ц1а мегий довза?» –
Танаьс хаьтти. Сецна ловза,
Анисйина бераш атта
Доьлху, цуьнга дог1а хатта.
Анисъя, же, кхочу, ала,
Не1 цо йоьллу, боцуш бала.
Танаь йолу ц1а чу, яьхьна,
Х1инццалц схьа вайн турпал ваьхна.
Хьоьжу и: оти чохь меха
Билъярд т1ехь кий 1уьллу еха,
Ткъа диван т1ехь ма ю сехьа
Юткъа шед. Ткъа Танаь дехьа;
Бабас цуьнга: «И кхерч бу-кха,
Эла16 хьалха 1ийна дукха.

XVIII

Кхузахь делкъе йуора 1ай,
Хьо марша, Ленскийца цо.
Суна т1аьхьа йола яй.
Д1о кабинет, схьагург буо,
И вижнарг, цо мелларг къахьо,
Г1оьнчега ладийг1инарг,
Жарга 1уьйккъехь йийшинарг…
Кхузахь эла да а, хьахо,
Ваьхна; хийла к1ирандийнахь,
Кора к1ел, куьзганаш доьхна,
Цо т1уз туьйхи ч1ог1а соьца.
Дала цунна ва гечдойла,
Чархана а синтем лойла
Кошахь, нана-лаьттан кийрахь!»

XIX

Татъяна хьажарца мерза
Гонд1а шена хьоьжуш 1а,
Дерриг хета цунна перза,
Тедеш цуьнан зовре са,
Цхьа ахкъиза там барца:
И стол, т1ехь берг стогар, лулахь
Туп жаргийн а, кора бухахь
Маьнга, куз т1етесна хазба,
Корах – беттан синах гойла,
Ахсерлонан беса 1ойла,
Сурт а Байронан и кхозу,
Б1ог1ам, тайниг чуьнан кхобу,
Т1ехь ишлаьпа, хьажар г1ийла,
Жа1арх куьйгаш йисна къийла.

XX

Татъяна, зуьйш моде ц1а,
Цхьа кхаъ хилча санна, лаьтти.
Ткъа ду т1аьхьа. Мох ма г1аьтти.
Тог1и 1аьржа. Варш ма 1а,
Наб еш хи т1ехь, дохкан долахь;
Бутт д1алечкъи хьалахь ломахь,
Хан гездархо къона вайн
Ц1ехьа яха йиэза, х1ай.
Танаь, чуьра хьал шен къуьйлуш,
Ткъа садаккхарш шен ца дуьтуш,
Ц1ехьа некъ шен эцна йоьду.
Амма хьалххе бакъо йоьху,
Даьсса эгал ган ян цкъаццкъа,
Жаргаш еша цу чохь цхьацца.

XXI

Татъяна, дог1анхо кевна
Дехьа къаьсти. И, де даьлча,
Еи, яьржаш
з1аьнарш маьлхан,
Буха ша-а битинчу тхевнан.
Толлуш кабинет, и еха,
Дицдина массо а х1ума,
Мацца иза йиси шена,
Цкъа и йилхи вуно дукха.
Т1аккха юьйли жаргаш кего,
Юьххехь хилларш кхунна гена.
Хала хеттарш цунна кхето.
Татъянас уьш йоьшу еха
Мецачу шен синца, хьуна;
Кхаъ дуьне схьаделло цунна.

XXII

И Евгений, хууш вайна,
Ешарна вацара т1ера,
Амма кхолларш цхьаерш тайна
Ма яцара цунна хийра:
Гаур, Жуан вазвинчуьнан,
Ткъа ши-кхо а роман цуьнца,
Вайн зама йийцина нийса,
Ткъа адам а х1инцалера
Диллина, йиш йоцуш къийса,
Са дерг шен, берг кхетам мукъа,
Шех 1ехалург, чохь дерг дера,
Сатийсаман лай дерг дукха,
Ткъа дерг хьекъал оьг1азе,
Кхехкарг, г1уллакх доцуш шен.

XXIII

Аг1онаша лардеш гуора
Сизнаш, цо ма1аршца даьхна;
Йо1ан б1аьргаш сема йора
Церан терго, туьдуш маь1на.
Татъянина, к1амлуш кхетам,
Го, х1у ойла, муьлха лехам
Онегинна хилла беза,
Стенна иза хилла реза.
Аренашца цхьаццанхьа
Хьоькх къоламца ю йина:
Иштта са Онегинан
Хаалора массанхьа
Цхьана дашца, я жа1арца,
Я хьаьркаца хаттаран.

XXIV

Ткъа жим-жима, беш цхьа къастам,
Сан Татъяна х1утту, хьуна,
Вовза нийса – Далла хастам –
И хьенех, чов йинарг цунна.
Х1у стаг ву и везнарг лан:
Я и пелхьо, луьра ша-а,
Ирсе ца 1ан дина тоба,
Я малик, я йилбаз къиза?
Мила? Кеп бе яц-те иза?
Я ду г1аларт, я т1ехь оба
Х1аролдан москахо ву,
Я бу х1илланийн и хьулам,
Я бу модехь дешнийн гулам?..
Я пароди еккъа ю?

XXV

Ткъа къайленах иза кхии?
Ткъа дош оьшу цунна хии?
Сахьташ уьду; ю чохь нехан,
Иза, ц1ахь ларйийриг еха,
Ши лулахо цигахь 1а,
Кхунах къамел йоьлла дан.
– Х1у де? Бер дац и Татъяна, –
Йоккха стаг къамеле йолу. –
Ткъа и Олга жима цул а.
Ц1ен т1ехь хила йо1 ма йог1у.
Хан ю; муха дийца аса?
Массаьрца – цхьа цуьнан хьа-са:
Ша-а ца йог1у. Ю и эшна,
Хьаннех юьйлу, ша-а шех тешна.

XXVI

«Безам бахна-м яц-те?» – Хьаьнга?
Буяновга лерг ца уьйхьи.
Петушков Иванах кхаьхки.
Гусар Пихтин веха хьийзи;
Танин васт цо ч1ог1а кхели,
Туьтеш хьалха цунна тийси,
Суна моьттуш: яхна ели;
Мича! И г1уллакх а дуьйхи. –
«Ткъа базара нускалийн –
Москоха йигийта и!
Цигахь харжам ма бу шорта!»
– Хьал дац. Оьшу бетта корта. –
«Цхьана 1анна аса дай
Хьоьга ахча лур ду сайн».

XXVII

Йоккха стаг х1оьттира къажа,
Тайна хьехам, зовкхе, нийса;
И ю дагахь, эрна къийса,
Iай Москохан хьал зен хьажа.
Цу хаамо Танаь огу.
Кура гуо лан безар бу-кха,
Цунна гойтуш денна дукха
Васташ юьртан дахаран,
Духарш, хенаца ца дог1у,
Шира кепаш хабаран,
Москохан ч1ич1бикаш кхаьрдаш,
Т1едоьг1на беламе б1аьргаш!..
Сан, Дела! Цул г1оле ма ду
Гездаш лиэла хьаннаш мел ю.

XXVIII

Г1оттуш, 1уьйкъено барт баьхна,
И, аренаш толлуш аьхна,
Балхош, ботуш безам гона,
Х1инца ю са дуьйцуш къона:
«Къинт1ера, тог1енаш тайна,
Ткъа, лаьмнийн шун баххьаш, 1аннаш,
Ткъа хьо, шу а, евза хьаннаш;
Ткъа хьо, стигланан ва хазна,
Ткъа, 1алам, хьо декхнарг зазца;
Ас шу дуьту, тесна, шайна,
Г1ар ловш, ирча сеттар дан…
Къинт1ера – хьо, маршо сан!
Цхьанххьа суна яха лаац.
Кхолламо х1у хьоьху хаац».

XXIX

Цуьнан кхерстар деха нисло.
Х1инца барз а, шовда сихло
Сацая шайн лаамца
Татъяна куц гайтарца.
И, хедаш ша-а уьйрех санна,
Шен боьлакаш, басеш ханна
Гуттар хьоьстуш, 1ехо юлу.
Амма маса аьхке кхулу.
Iалам дийна, бос а баьхьна,
Хьоло къуьйлуш, болар доьхкуш,
Лаьтта, хийцам шена хьаьхна…
Ткъа невре, к1ай мархаш лоьхкуш;
Ц1ийзаш, ловзуш аьрха цхьа,
Дог1уш, дог1у говза 1а.

XXX

Деи, даьржи; и патташца
Кхозуш го гаьннашца нежнийн;
Дижи кузанца тулг1енийн
И аренийн, баьрзнийн кхашца;
Цо бердаш, цу хинан сецна,
Шарди, дайди, до т1е тесна;
Лепа г1ура. Герга вайна
Нана-1аьнан кхийсарш тайна.
Ткъа дог Танин доьхна ду.
И ца х1утту уьйт1ахь ловза,
Г1уранан чан оза чу,
Ткъа луо хьокхуш керла, ховха,
Йоьхь а, белаш йола йила:
И 1аьн новкъахь кхоьру тила.

XXXI

Новкъа довлу де т1ехдели,
Д1аели зил тоьхна хан.
Хьаьжна, ч1аг1йи, т1ера кхели
Такхойла17, йиллинарг чан.
Ковра дина, ю кхо ворда
Кийча бахьа ц1ийнан мохь:
Т1орказаш а, г1анташ, яйнаш,
Тушпанаш а, гоьнаш шорта,
Назбарш, борг1алш к1ари чохь,
Кхийраш, тесаш… et cetera, –
Уьш эшарна ду вай къера.
Эццахь меттах хьов а лайнаш,
Г1овг1а оьккху, къаьста тийжарш:
Ара 1аспарш, хала хьийзарш.

XXXII

Такхойла уьш йожа х1утту,
Iуьйре кечъеш пхьордархой,
Борзах кибиталгаш18 ютту,
Зударий а, кучерш – девне.
Iаспар т1ехь, кхес йолу еха,
Iа форейтхо19, и маж – меха,
Чуьрнаш д1а ма хьаьлхи кевне,
Хьоладайшца къаста. Г1ой,
Техкаш и такхойла, х1ай,
Шершаш, йолу кевнах яй.
«Маьрша 1ойланаш, къинт1ера!
Къинтера, сан маь1иг хийра!
Вай гур дуй-те?..» Ткъа б1аьрхиш
Танаьс ледо, йоьхна йиш.

XXXIII

Ткъа йолечу кхиарна
Вай зил тоьхча къастамца,
Хан луш оцу хиларна
Философин жам1аца,
Д1а пхи б1е шо – некъаш, тов,
Вайн тадала мега сов:
Шоссе, буьгуш кхуза, цига,
Россе цхьаъ еш, буьллур дика.
Т1айнаш чуьнан, аххоз бина,
Атта туьллур массо хина,
Лаьмнаш доькъуш, къардеш т1айра,
Юг1ур к1ел нартолаш майрра,
Ткъа социйлаш мел ю дукха
Йохкур ю юийлаш мукъа.

XXXIV

Х1инца ду вайн некъаш доьхна,
Тесна т1айнаш духуш лаьтта,
Социйлаш – къийзоргаш, сагалш –
Наб ца йойту вуо ц1иймаларш;
Яц юийлаш. Ткъа ерш шийла,
Раг1-кехато, пенах тоьхна,
Юург юьйцуш, патар баьтт1а,
Апетит 1ехаеш хийла;
Амма наьрташ юьртан ду
Ц1арна хьалха г1ийлачу
Таеш ж1евнаца Россенан
И яй йинар Европенан,
Хестадеш даймехкан латта,
Цуьнан оьрнаш, йисташ, хатт а.

XXXV

Ткъа 1а ницкъехь долуш вайна
Цхьанхьа дахар тамехь ду.
Вуо байт локхуш ека тайна,
Иштта г1ойлаш20 шера ю.
Автомедонаш21 вайн аьрха,
Кхоалгаш22 шайн лоллуш маьрша,
Чаккхармаш, дукъ ц1елуш меран,
Т1аьхьа юьтуш, кертех тера.
Ткъа Ларина текхаш ю-кха:
Хала г1ойлаш къаръеш, иза
Шен говрашкахь йог1у къиза;
Ткъа вайн йо1а вуно дукха
Некъан г1айг1а еха йии:
Ворх1 де-буьйса уьш д1аихи.

XXXVI

Х1инца – герга. Царна гира
К1айчу т1улгийн Москванан,
Алу санна, жа1арш ана
Кхийдош, догу кортош шира.
Вежарий! Ас ирс ма зийна,
Цу килсийн, гарголнийн23, ткъа
Бошмийн, г1ишлойн ахго дийна
Суна гучубаьлча цкьа!
Хийла, хьоьца йоцуш 1ойла,
Кхолламо ца хоьцуш схьа,
Москох, хьан ма йина ойла!
Москох… аз ду башха цхьа,
Оьрсичун дог оьцург дукха!
Цуьнца марзо шорта ю-кха!

XXXVII

Д1огахь гонехь нежнийн ю
И Поьтаран г1ап. Вуо ду
Цуьнан эс цу хьолах хилла.
Наполеон хийжира сов,
Ша-а б1арлаг1ах-ирсах тешна,
Москох яре горахь, эшна,
Кремлан дог1а дохьуш, тов:
Ца яхара Москох сан,
Корта бетташ, и вазва.
Ц1ай хир доцуш, совг1ат а,
Ц1е и кечлуш яра йилла
Сихачу цу турпална.
Кхузахь, ойлане ша ваьлла,
Ц1е цо зийра марсаяьлла.

XXXVIII

Д1а1е, хьо ирс оьшуш гина,
Г1ап Поьтаран. Х1ей! Ма латта,
Лалла! Ч1аг1о, г1уркхех йина,
К1айло: цу урамца Тверан
Тиэхка ковра хала-атта.
Уьду баннаш, зударий а,
К1ентий, баккхалш, серлолойлаш24,
Эгалш, бошмаш, мозг1ар1ойлаш25,
Бухархой, салазаш, кхаш,
Ц1енош, муьжгий, совдегарш,
Яккъаш, б1аьвнаш,
г1азкхийн туьшпаш,
Аптекаш, моданан туькнаш,
Ч1ерканаш, лоьмашца кевнаш,
Къийгаш т1ехь жа1арш а, тхевнаш.

XXXIX. XL

Цу гездаран луьраллехь
Даьлча сахьт а, кхи а цхьаъ,
Харитонъин чуьччаллехь
Ковра кевнехь, баьлла кхаъ,
Соцу. Деца йолчу шира,
Доьалг1а шо меттахь 1а,
Уьш ма кхечи х1инца схьа.
Царна не1 д1айоьллуш лаьтта
Куьзганаш, т1ехь каптан – яьтт1а,
Пазат карахь – г1алмкхо сира.
Цара ког оти чу боккху,
Сту-элано мохь ма хьокху,
Ши баба мара ма хьаьрча,
Церан кхайкхарш х1усмехь даьржа.

XLI

– Сту, mon ange! –
«Pachette!»26 – Алина! –
« Ма ц1аьххьана. Маца гина?
Ткъа мел ханна? Шича хьоме!
Хьан яр суна – там бу чоме!
Ц1ена исцен ша-а романан…»
– Х1ара йо1 ю сан Татъяна. –
«Танаь! Улле хила хьо –
Г1енах луьйш ма хета со…
Шича, дагавог1ий х1ара
Грандисон?» – Грандисонний!
Дера, вог1у. Стенгахь – и? –
«Москвахь Симеонца ву;
Ши ц1ай хьалха кхузахь вара;
Кестта к1ант цо ваьккхи чу.

XLII

Ткъа и… цунах т1аьхьа дийца
Дог1у. Гергарчарна вай
Танаь кханнехь гойтур ю.
Г1ора дац сан лиэла, х1ай;
Хала – суна г1улчаш тийса.
Ткъа к1адделла… хир ду шу;
Доло г1ур ду вай сада1а…
Дег1 ду доьхна… лозу накха…
Х1инца ницкъ бац кхаъ лан сан,
Г1айг1а хьовха… хьоме са,
Сох са-а к1езга хир ю шуна…
Къаналла ю боьха х1ума…»
Эццахь гуттар эшна йиси,
Б1аьрхишлахь йовхаршка йирзи.

XLIII

Цомгашчуьнан терго, хьуна,
Танина ма товра; цунна
Керла меттиг яра хийра,
Шен ц1енна хиларна т1ера.
Шаршу к1елахь даринан
Наб ца я-я-ро къарйина,
Iуьйкъенан гарголо атта,
Болх бан адам кхойкхуш г1атта,
Иза а массаьрца йоьху.
Танаь корах еха хьоьжу.
Бода зарзло; иза 1а,
Аренаш ца къаьсташ шен;
Хьалха ю-кха кхаъ-уьйт1е,
Божал, керт а, юу ц1а.

XLIV

Цу гергарчу нахе денна
Делкъе ян и Танаь кхуьйлу,
Гайта къаношна – Ткъа стенна? –
Мало лаамза цо муьйлу.
Уьш, генара хьеший беза,
Массанхьа т1елоцу хаза,
Бепиг-туьха, ловца хеза:
«Танаь йоккха хилла! Аса
Х1инцца дац-кха керстъяр кхуьнан?
Ткъа и карахь ловзош гуш!
Ткъа и лергаш ийзош цуьнан!
Ткъа ас цунна пираьнг луш!»
Ткъа бабанаш кхойкху, х1ай:
«Сиха уьду шераш вайн!»

XLV

Амма уьш бу г1арбаш хенийн;
Цхьа хьал цара лардеш ду:
Децин сту-йо1ан Еленин
Изза коьрта туьллург ю;
К1айлуш 1а – Лукеръя Лвовна,
Т1уьллагхо – Луьбов Петровна,
Поьтран Иван 1овдал – изза,
Поьтран Семоьн – писалг къиза,
Пелагеин Миклаин
Изза мосъе Финмуш – доттаг1,
Изза шпиц а, майра-мостаг1,
Верг кулубан накъост ийна,
Иштта – къора, иштта – тийна,
Юург, мерг бе ца гург кхи.

XLVI

Танаь йо1рийн марахь еха.
Къона куцхой и Москохан
Юьххьехь тийна хьоьжу беха,
Боьлла Танега б1аьрг тоха;
И тамаше лору цкьа,
Юьртан кепехь сеттарг цхьа,
Жимма беса, гийла, хийра,
Амма яц-кха вуо и т1ера;
Таккха 1аламца шайн буьйлу
Ян и неша, кхайкха шайга,
Барташ боху, куьйгаш къуьйлу,
Модех нисйо месаш тайна,
Ткъа къайленаш юьйцу шорта,
Шаьш д1алаца безарг корта,

XLVII

Шайн а, нехан леларш мацца,
Тешарш, забарш, хьежарш цхьацца.
Уьду бехказе къамелаш,
Басар тоьхна тадеш къерарш.
Т1аккха доьхьал дийцинчунна
Шен дог дийца раг1 ло цунна,
Доьхуш ч1ог1а эсала.
Амма Танаь, хилча къера,
Гена ю хабаршна церан:
Кхетац, ларац мехала.
Йийцац, тоьхна дагна дог1а,
Б1аьрхийн, ирсан хазна ч1ог1а,
Кхобург еха тийна шеца,
Цхьа ца лууш цу чу хеца.

XLVIII

Татъянина хаза лаьа
Церан къамел, хьа-са, тов;
Амма цара цкъа-а ца хьаьа
Бутту рат1а, боьлларг к1ов;
Дерриг церан – беса, хийра,
Уьш луьй, боцуш лерна т1ера;
Стом хир боцу далхош дезарш,
Хеттарш, лераш, кхаьънаш-лехарш,
Летар яц-кха ойла маьрша,
Схьагуш эшна, схьагуш аьрха;
Доьлур дац-кха зовре хьекъал,
Лозур дац-кха дог а вуо,
Iовдалла а, хиллал декъал,
Яц-кха хьоьца, кура гуо.

XLIX

Матар тесна к1ентий шорта
Танега ма хьоьжу лекха,
Цунах лаьцна, сеттош корта,
Шайлахь деш къамелаш декъа.
Ткъа жуг1арг г1айг1ане цхьа,
Лоруш башха совг1ат и,
Нартолна к1ел сецна 1а,
Цунна кечъеш элеги.
Танаь гуш, дог доцуш лен,
Ваьземский и вуьйли зен, -
Цуьнан са цо 1ехий деха.
Ткъа и гергахь цунна яйна,
Цунах, нисъеш кур-х1арс тайна,
Хаттарш деш цхьа къано веха.

L

Ткъа и шовкъе Мелпомена
Йоьлллачохь мохь беха бетта,
Лестош кирха, деза шена,
Хьалхьа шийлачу цу гона,
Ткъа Тали, набарна т1ера,
Т1араш деттарна 1аш хийра,
Терпсихорина цхьа т1етт1а
Цецвуьйлуш хьежархо къона
(Даима ма хилла иштта
Схьакхаччалц кху хенан бистта…),
Цунна т1е ца тесира
Дамаш г1ийрате хьожийлаш,
Турмалца ца хьевсира
Хаархой а, зуьйш хоийлаш.

LI

И ма кхуьйлу Гуламе.
Цигахь гатте, тем бац, тов,
Чиркхаш, г1овг1а мукъаме,
Хьелхарш, х1оттар бохьна сов,
Ва хазанчийн духарш дай,
И адамийн къорза вай,
Ва нускалийн боккха гуо –
Дегнаш лоьцу башха дуо.
Кхузахь франташа ма гойту
Шайн сонталла, шайн жилет а,
Ткъа лорнет а, болх ца бойту.
И гусараш, эскарх хаьдда,
Кхочу цига бека, хьаьдда, –
Лепа, 1ехо, ткъа д1атила.

LII

Буьйсанан седарчий – хаза,
Москох – курс хазанчийн зазан.
Ткъа нешанел стиглан т1ех
Къега бутт чекх сийналлех.
Ткъа и, со ца х1уттург хьая,
Сан лирин ницкъ боцург тая,
И, бутт санна, хилла кхаъ,
Эманашлахь лепа цхьаъ.
Дозаллица, ала, 1аьршан
Лаьттах и ма кхета маьрша!
Ког цо боккху бай ма бу!
Хьажар деза башха ду!..
Тоьур – кхи ма бийца пал:
Ахь тергенна текхна ял.

LIII

Г1овг1а, беларш, идарш дукха,
Чабол, хелхарш… Ткъа цу юкъа
Ши децина когаш юххьехь,
Терго ца еш царна юккъехь,
Татъяна, гург ца гуш, хьоьжу,
Гонан шовкъ цо т1е ца оьцу;
И са эшна… хьалха цунна
Ду аренийн дахар, хьуна,
Юьртан бахархой и г1ийла,
Тийна маь1иг, хийрехь еха,
Сирла хьоста, 1ена деха,
Ткъа шен зезагаш, йоьшийлаш27,
Ткъа и бода хьехийн шийла,
Хьенех вайна и лоьлийлаш28.

LIV

Иштта ойланца и – гена:
Бицби го а, г1ов ца хеза,
Ткъа т1ебоьг1на б1аьргаш хьена,
И йоьшуш – инарла веза.
Ткъа ши деца, летта юххе,
Танаь тоттуш, еи улле,
Цхьаьна шабар цара ди-кха:
– Же, хьо хьажа аьрро сиха. –
«Аьрро? Мича? Стенна ала?»
– Хаттарш дитий, хьажий яла…
Д1о тобана хьалха ву-кха,
Гергахь шиъ мундираш йоьхна…
Дехьа вели, аг1о тоьхна… –
«Мила? И инарла буг1а?»

LV

Ткъа толамца е вай декъал
И Татъяна хьоме сан,
Кхечу аг1ор дацош хьекъал,
Хьовсий турпал ца вицва…
Со и хасто лаьрра минех:
Аса вазво къона хьенех,
Ткъа раз леларш цуьнан дукха.
Декъалбе ахь сан болх беха,
Х1ай, эпосан муза меха!
Соьга елла тоьлла 1аса,
Ма лиэлийта эрна д1а-а-са.
Тоьур. Йовла, белшаш, мукъа!
Классикалг1ин29 дог ас хьаьсти:
Т1ехь делахь а, юьхьиг яьсти.

Борх1алг1а корта

Fare thee well,
and if for ever still for ever
fare thee well.
Byron30

I

Ткъа бошмашкахь ас Лицеян
Доккхуш парг1ат и заз сайн,
Йоьшуш жарга Апулеян,
Цицерон ца воьшуш, х1ай!
Ткъа басешца къайлах еха
Г1ург1езаш мохь бетташ б1аьста,
Хишна юххехь, лепаш къаьста,
Суна Муза евзи меха.
Сан студентийн кели31 латош,
Тайна Муза гучуели,
Тхьамда хилла, той тхан хастош,
Берийн денойх йиш цо эли,
Вай ширалла еза йийци,
Ткъа муьрг-г1енаш деган ийци.

II

Гоно, магош, иза хазйи;
Кхиамо т1ам бели тхуна;
Державинна тхо ги, хьуна,
Коша воьрзуш, цо тхо дазди.
________________________
________________________
________________________
________________________
________________________
________________________
________________________
________________________
________________________
________________________

III

Ткьа и кхачор декхар лоьруш,
Шовкъийн ловш г1елонан а-а-са,
Синхаамаш гонца боькъуш,
Аса лаьстий Муза маса
Тойнийн г1овне, къийсаршка,
Хийла буьйса, уьш деш, йии;
Цо тергечу хийшаршка
И шен совг1аташ ма кхийли,
Ша-а, Вакханалг санна, иди,
Кад ойуш, цо эшарш лийкхи,
Ткъа кегийнарш хьалхалера
И езарна бара къера, –
Аса доттаг1ашлахь дай
Цунах ди дозалла сайн.

IV

Ткъа уьйр хадий аса цаьрца,
Ведда… Ткъа и т1аьхьа аьрха.
Дукха хан цо соьца йийкъи,
Шен дийцарца-кхаъца, хала,
Тапп-некъ табеш, суна йийки!
Ковказан лаьмнашца хьала,
Леонорех тера юххехь,
Цо дин хаьхки чхаррийн юккъехь!
Хийла бердашца Тавридин
Цо со буса шеца хаза
Виги, х1ордан г1овг1а хаза,
Дийна шабар Нереидин,
Хин чалхаша зевне дийриг –
Х1имн дуьненийн да вазвийриг.

V

Ткъа дицдеш шахьаран дукха
Лепарш, тойнаш, г1овг1а йоьлла,
Мискачу Молдавехь мукъа
Цо телли и четарш г1ийла,
Чохь тукхамаш кхерста хийла,
Акхаели иштта, тешна,
Бицби делийн мотт и тоьлла
Далхо меттанаш, буо, эшна,
Лакха эшарш аренийн…
Дерриг кийги, ражах тилла,
Х1инца и сан бешахь тий,
Лулара баришнаь32 хилла,
Г1айг1а-ойла б1аьрехь – цуьнан,
Франсойн жарга ма ю куьйгахь.

VI

Хьаша юкъараллин шуьнан
Доьххьара ю Муза сан;
Аренийн хазалла цуьнан
Гуш, со г1ийрате ма 1а.
Хадош готта мог1а элийн,
Т1еман франтийн, дипломатийн,
Эманийн а, иза йоьду;
Лахло тийна, д1а-схьа хьоьжу,
Тайна гатте, хьере, мукъа,
Идар кучийн, ткъа къамелийн,
Меллаша гулбалар хьешийн,
Х1усамнана юллуш юкъа,
Гуш божарша духаршца
Гура, лаьцнарг зударшна.

VII

Цунна тов и низам нийса
Холадайнийн дийцарийн,
Ткъа куралла шийла, тийна,
Даржийн, шерийн кегари.
Д1о тобанца гург ву мила,
Дохко ваьхьна, дерг ца туьду?
И ца г1ерта герга хила.
Цунна хьалха яххьаш уьду –
Г1алартийн раг1, х1уттург денна.
«Со» ду я дозалла эшна
Цуьнан йоьхьца? Кхузахь стенна?
Къайле. И Евгений, тешна?
Вуй-те иза?.. Билггал ву и.
– Маца кхуза иза кхечи?

VIII

И верг ву-те я ву кхи?
Я шен 1овдал хоьхкуш ву?
Ала: стенца х1оьтти и?
Вайна гайта цуьнан х1у?
Х1инца мила и? Мелмот,
Космополит, патриот,
Гаролд, квакер, шалха да,
Я кхи м1аьжиг йоьхнарг ша-а?
Я тов стаг и, хаа хьанна?
Шу а, со а, массо санна.
Сан хьехам цу тайпа бу:
Мода-т1елхиг йита ю.
Тоъал шех цо бира бала…
– Вевзий иза? – Хала ала.

IX

– Ткъа цу тайпа цунах стенна
Аша до и къамел шийла?
Цунна бехке бу болх г1ийла,
Цхьаъ валхош, вай бийриг денна,
Цатар аьхна синош кхийла
Доьлча вайга некъ цхьа маьрша,
Лоруш иза кхоссар аьрха,
Хьекъал доьлча корта къийла,
Ткъа вай хийла хабарш нехан
Ларарна цхьа белхаш меха,
Цахуург цахилар къера,
Iовдал верг вайх хилар дера,
Гомха дерг хетарна вайна
Массарна цхьатерра тайна.

X

Ирсе къона – хилларг къона,
Ирсе ву шен хенна кхиънарг,
И шело дахаран гонан
Шерашца, лан хиъна, йиънарг;
Ирча г1енаш дитнарг шайна,
Мисканашца ваьхнарг тайна,
Ткъа шо – хилларг франт, мукъ лоцург,
Ткъеитт – кхиънарг яло оьшург;
Шовзткъеитт, карийна лоьхург,
Хьаша хилларг, декхар доцург,
Ткъа сийлалла, ахча, дарж
Рог1ехь эцнарг, йоцуш харж,
Иза валхий вайна веха:
Ц. Ц. ву-кха хьенех меха.

XI

Ца тов баха, эрна вайна
Цкъа жималла елла хилла,
Ткъа вай 1ехош и ма яйна,
Ткъа цо деш а вайна х1илла;
Ткъа и лаамаш вайн тоьлла,
Ткъа хьежамаш керла вайн,
Зарзбели-кха, мекха йоьлла,
И г1аш санна, гурахь, 1ай.
Хьовзам ган и хьалха сиэтта
Делкъенийн мог1анаш т1етт1а,
Дахарх дар цхьа ламаст-бала,
Ткъа ч1ич1 тоба нехан йоьдуш,
Т1аьхьа ваха, цуьнца йоькъуш
Хьайн йоцу шовкъ, ойла, ала.

XII

Амма байракх хилла ваха,
Хьал лан хала (тов и хьанна?)
Денна кхетам болчу наха
Вийцар ша-а, цхьа тентиг санна,
Я амалхо вина г1ийла,
Я жинашна тайнарг т1е,
Я сан йилбаз дина хийла.
Онегин (и некъийн ц1е),
Ка шен яьлла доттаг1 вен,
Iалашо, къа доцуш, вехи,
Ткъе ялх шо т1екхаччалц шен,
Хан токхуш, цо г1улчаш ехи,
Доцуш дарж а, болх а, эма,
Хьенех хилла, 1ан ца 1ема.

XIII

Садааро хьовзий иза,
Цунна лии вала ц1ера
(Бу и аг1о вуно къиза,
Маьрша жа1ар цхьаболчеран).
Цо ма теси юрт шен д1а,
Хьаннийн, кхашнийн маь1иг тийна,
Шена ц1ийлахь 1индаг1 схьа
Доьхьал х1уьттург денна дийна,
И ма вуьйли гездарш дан,
Синхааман хьаша веккъа;
Ткъа уьш, дерриг санна, цкъа
К1ордий цунна, шовкъ а леккъа;
И ц1авирзи, марам33 кхоьсси,
Чацкийх тера, тойне воьсси.

XIV

Амма тоба меттахйолу,
Чохь цхьа шабар даьржаш хеза…
Х1усамнанна цхьаъ т1ейог1у,
Ткъа инарла т1аьхьа веза.
Яц и сиха г1улчаш тийса,
Шийла ша-а я хьогах дийца,
Хьажар долуш, эхь-бехк дайна,
Я ловцанаш эшна тайна,
Къежарш доькъуш чохьболчарна,
Ша-а цхьаъ гайта г1ерташ царна…
Дерриг дара оьзда дина,
Сурт и дара, хьоькх ца гина,
Du comme il faut34… (Шишков, гечде:
Гоч ца дало, же, ахь г1о де.)

XV

Цунна улле – дамаш т1етт1а;
Ткъа гужамаш белало;
Ткъа божарша корта бетта,
Лоьцуш б1аьрса, ледало;
Йо1арий т1ех буьйлу тийна
Хьалхахула, ткъа цхьа ирха
Мар массарел, белшаш хьийна
И инарла лаьтта сира.
Эр ма дацар цхьамма и ю
Исбаьхьа, ткъа коьртах чу
Карор дацар цуьнца и,
Хьолан дас цу модано,
Теш беш Лондонан шен гуо,
Эриг vulgar35. (Дац сан кхи…

XVI

Ч1ог1а диэза и дош суна,
Ткъа и гочда ницкъ бац сан;
Керла вайна – и цкъачунна,
Диса мега, доцуш д1а.
И хьакъ – эпиграмехь яй…)
Ткъа сан къамел дамах вайн.
Тайналлинан хьоме нана
И ма 1ара тийна солца
Нур Ниница Воронскойца –
Клеопатрица Неванан;
Шуна гур ма дара, тешна,
Нинин мармар-хазаллина
Гергахь и ца хиларх эшна,
Хьалхарниг сурт хиларх дийна.

XVII

«Хир яц – ойла еш Евгений: –
Иза и. Х1а-х1а… кхеташ ду!
Муха! Цу к1оргера меттийн…»
Ткъа лорнет, цахуург саца,
Цунна йиллина т1еюг1у,
Шена шечу гойлаца
Денбийриг цхьа хенан уьйриг.
«Алахь, г1иназ, мила и,
Д1о ал берет т1е а йоьхна,
Испанийн посолца луьйриг?»
Г1иназас Онегин зий.
– О-о! Хьо гонна 1а букъ тоьхна.
Собар, ас хьо гойтур цунна. –
«Ткъа и мила?» – Сан сте, хьуна. –

XVIII

«Ткъа хьо майра? Кхаъ и бу!
Мел хан?» – Ши шо – тахна-кхана. –
«Мила?» – Ларина. – «Татъяна!»
– Евзий и? – « Лулахо ю.»
– Ткъа волохьа. – Г1иназ улле –
Шен эмана, волуш юххе
Гергарниг а, доттаг1 шен.
Сту-эла и х1утту зен…
Ткъа мел хиларх са шен даьхьна,
Ткъа мел хиларх чуьра йогуш,
Цецъяьккхина, тем а баьхьна,
Йоьхь цо кхеби, хийцам боцуш:
Цуьнан аз а ша-а дерг ду-кха,
Цуьнан б1аьца тийна ю-кха.

XIX

Х1а-х1а, цуьрриг и ца юьйхи
Я бос бовш, ца ели ц1иэ…
Б1аьрганег1ар цо ца туьйхи;
Балдаш а ца хабий шен.
Ткъа мел хьежарх еша и
Хьалхарчу Татъянин цхьа-а
Онегинна лар ца ги.
Къамел дан и х1утту ша-а
Далац. Цо хаьтти, х1ара
Маца кхуза, стенгара,
Вуй-те иза ц1ера шайн?
Т1аккха майране ди дай
Хьажар; шершаш, аьлла т1оф,
Йоьдуш, вуьтуш хьенех, тов.

XX

Ю-те иза и Татъяна,
Мацца шаьшшиъ долуш шайна,
Юьххьехь х1окху вайн романан,
Ехаш и буо маь1иг тайна,
Кхуо, да волуш хьехамийн,
Йинарг тутмакх кхетамийн,
И, кхуо кхобург кехат шега,
Дог т1ехь дуьйцург цунна ша-а,
Дерриг къаьсташ, дерриг мукъа,
И йо1 ю-те… я г1ан ду-кха?
Йо1, кхуо йитнарг цкъа шех хьега,
Йо1, кхуо йитнарг ов цхьа-а лан,
Йистхили-кха цуьнца х1инцца
Майрра, кхерам боцуш цинцц а?

XXI

Раут36 юьту готта цо,
Ц1ехьа ойлане и воьду;
Сатийсамо дика, вуо
Цунна карзахе г1ан хьоьху.
И самвели; цунна дохьу
Кехат: N г1иназа кхойкху
Иза сарахь. «Дела! Цаьрга!..
Хир ву, хир ву!» Т1аккха аьрха
Жоп и карво оьзда луш.
И х1у хилла? Х1у г1ан гуш!
Шело, мало евзачу
Синан к1оргехь керчи х1у?
Хьаг1? Б1арзвалар я ша-а безам,
Берг къоналлин коьрта лехам?

XXII

Онегин сахьт х1утту лара,
Езарг – дийнан чаккхе ю.
Ткъа итт долу; иза ара,
Ткъа д1атуьлу, уьйт1ахь ву,
Вегош, сту-элина хьоду;
Татъяна чохь ма ю ша-а,
Ткъа масийтта минот йоду
Уьш 1аш цхьаьна. Доцуш цхьа-а
Ву Онегин дош. Кхоьлина,
Воьхна, ло аз х1оьттина
Цунна жоп шен. Коьртехь цуьнан
Еха б1оста ойла цхьа,
Ткъа хьасахо37 иза кхуьнан
Т1ех парг1ат а, мукъа 1а.

XXIII

Майра кхочу. Цо хадийца
И tête-á-tête38, к1олла лов;
Онегинца ялхайийца
Кхийсарш, забарш шерийн, тов.
Боьлу уьш. Чубог1у хьеший.
Лиэран туьха тосуш д1евшин
Къамел дендала ма дулу;
Х1усамнанас магош тулу
Хьа-са парг1ат, сеттар дайна,
Иза хадалора цкъаццкъа,
Юкъа оьккхуш х1ат дерш цхьацца,
Генахь бакъйист, кепаш шайна,
Ца кхерош цхьа-а лерг а тийна
Декарца т1ех маьрша, дийна.

XXIV

Цигахь дара заз, т1ех мах,
Хьоладайн а, моде масалш,
Ган массанхьа йоьг1на яххьаш,
Ткъа оьшу са аьрта нах;
Дамаш къена, т1ехь куй шера,
Зезагашлахь, т1ера дера;
Цигахь яра йо1 масийтта,
Дог доцурш шайн бела х1итта;
Цигахь геланча39 ма ги-кха,
Дуьйцург хьал пачхьалкхийн дика;
Цигахь вара, къеждарш къегаш,
Къано, бийриг шира бегаш:
Башха говза, долуш хьекъал,
Х1инца вай ца бийриг декъал.

XXV

Вара езарг эпиграмаш,
Iийжарг, ца беш цхьаннех тамаш:
Реза воцург чайна нехан,
Зударшна, божаршна хийла,
Ялхорна к1ур-роман еха,
Х1уттучунна совг1ат кхийла,
Пуьташна журналийн, т1амна,
Ткъа лона а, эмана а.
__________________________
__________________________
__________________________
__________________________
__________________________
__________________________

XXVI

Цигахь вара Проласов,
Син к1езгалла оьхьург схьа,
Албомца баийнарг сов,
St.-Priest, ира къолам хьан;
Не1рехь тхьамда, баьлнийн ханна,
Iара, сурт журналийн хилла,
И ц1айнан ал-малик санна,
Къагийнарг, б1аьрг 1ехош, 1илла,
Ткъа гездархо нацкъара,
Сту крахмалан юккъехь,
Хьеший белош ма вара,
Iад а хилла, лаьтташ юххьехь,
Цунна кхиэл, дош доцуш чуьра,
Наха б1аьрца йира луьра.

XXVII

Ткъа Онегин дийнна суьйре,
Танаь йоьшуш, висна латта,
Яц цо йоьшург йо1, ког 1уьйра,
Безам бахна, миска, атта,
Ю и хийра 1а сту-эла,
Йовхо ца ло и сту-дела
Паччахьечу цу Неванан.
Х1ай, адамаш! Теш и ана,
Шу Хьаванах тера деха:
Шайн дерг дац-кха шуна меха,
Шуьга кхойхуш текхарг бу,
Дитта т1ера кхозуш чу;
Хьарам стом шу баккха г1ерта,
Девлла ялсаманин керта.

XXVIII

Хийцаелла и Татъяна!
Керлачу шен ролах кхиъна!
Зил тоьхначу даржан а
Низамийн къайленаш хиъна!
Хьан эр дара вайн йо1 аьхна,
Айелла, и 1ийриг ю,
Барамийн бакъонаш хьаьхна?
Вайн хьаша а и зуьйш ву!
Буса хьалха ву и цунна,
И Морфей40 схьах1отталц, хьуна,
Хийла, ойла литтина,
Баттана т1ейирзина,
И 1ий, баккха лууш чекх
Цуьнца дахаран шен некъ!

XXIX

Безаман хан муьлхха ю;
Ткъа и дегнаш, ц1ена, къона,
Цуьнан хьоькхаршна кхаъ бу,
Татол санна диттийн гона:
Шовкийн дог1нехь уьш, зовкх яйна,
Хийцало-кха, кхуьу хьала,
Жил-1аламо ца луш хала
Заз а хьийна, стом а тайна.
Ткъа стом ло хан эшча вайн
Д1авоьрзийлехь шерийн, х1ай,
Шовкъан елла лар ю г1ийла:
Иштта, гуьйре оьхуш 1ана,
Мохо басех 1ам бо шийла,
Хьун гонд1ара йоккхуш ч1ана.

XXX

Шеко яц: Евгений ву
Татъяна, бер санна, езаш;
Г1елонехь безаман ю
Цуьнан ойла, г1о ца дезаш;
Хьекъална дош сема ца луш,
Цуьнан кет1а, учех схьагуш,
Иза денна д1а ма х1уьтту;
Цуьнан 1индаг1 хилла уьду;
И ву ирсе, тасалахь
Боа цуьнан белшаш т1е,
Я куьг лоцуш нислахь де,
Я лайн духарш татталахь
Цунна хьалха шега д1а,
Я эцалахь йовлакх схьа.

XXXI

Амма цуьнца ю и хийра,
Мел валарх и, хилла т1ера.
Ц1ахь т1еоьцу парг1ат цо,
Кхо дош ду хьошаллахь шорта,
Наггахь ластабо шен корта,
Наггахь – т1ех, йоьхь ца гуш кхуьнан:
Сеттар дац-кха т1адам цуьнан –
Дерг курачу гонна – вуо.
Бос шен бовш Онегин 1а:
Цунна и гац, хетац къа;
Ткъа Онегин – эшна, иза –
Герга кхета цамгар къиза.
Онегинна лоьраш боьху,
Цара мела хиш ма хьоьху.

XXXII

И ца воьду; и халххе
Кийча язда дайшка шен
Гург и хиларх; ткъа Татъяна
Къора (къам и, собар – 1ана);
Ткъа и, вогуш, лоьхуш г1о,
Мацца некъ го, боьлла б1о;
Могуш хилла, доцуш доза,
Цо, куьг дацош шениг г1ийла,
Сту-элина кечдо йоза,
Кехат лоруш ша-а болх шийла,
Йиш ерг ала и бакъ ву;
Гарехь, чевно терге вина,
Кхи дан х1ума и ца гина.
Х1ара цуьнан кехат ду.

Онегинан кехат Татъяне

Хиндерг схьаго: товр дац хьуна
Сан дог дастар х1ара г1ийла.
Ма цаяшар хаа суна
Хьан б1аьрехь хир дуй-кха шийла!
Ткъа х1у оьшу? Дагахь х1у – сан,
Хьуна д1а сайн доьллуш са?
Кхардаман и муьлха вуо
Луург кочушдийр ду кхуо!

Ца хууш хьо-о сайна яйна,
Хьоьца суй а аьхна гуш,
Цунах теша ца х1уттуш:
Сайн леларш ца дити тайна;
Сайна хьаьхна маршо, хьуна,
Д1атаса ца лии суна.
Кхи цхьа х1ума юккъе дуьйли…
Хьолан ловзарг Ленский вуьйжи…
Дерриг, дагна хилларг герга,
Ас д1акъастий, ца деш тергал;
Хийра уьйрна, сайца дера,
Хетара мукъалла – мела
Ирсан метта. Ва-а, сан Дела!
Мел со г1алат, мел со къера…

Х1орра минот хьо гуш яккхар,
Хьуна т1аьхьа г1улчаш яхар,
Делар балдийн, б1аьргийн дегар
Дазош лан сайн б1аьргийн хьегар,
Хьоьга хьежа, х1отта талла
Синца хьан и исбаьхьалла,
Хьо гуш, лаха, безна хьастам,
Бос бан, д1ава… и бу хастам!

Со и доцуш: хьан доьхьа
Массанхьа со текхарх воьлла;
Суна деза – де а, сахьт:
Ткъа ас, юуш г1айг1а шийла,
Денош дойу, доцуш хьашт,
Иштта а дерш башха г1ийла.
Оьмар сан ю лаьрра, хьуна,
Амма д1а ву долуш со,
Хууш делахь 1уьйкъехь суна,
Дийнахь сайна гур юй хьо…

Кхоьру: деш сайн дехар эшна,
Гарх и б1аьр хьан къиза, тешна,
Д1евшечу х1илланан х1оттар –
Хаза оьг1азе хьан 1оттар.
Хууш хилча хьуна, юй, тов,
Безаман хьогалла да1-чов:
Вагар, синна дина дехкар,
Хиттар лахда и ц1ийн кхехкар,
Хьаьгна маракхета хьан,
Я хьан когехь, воьлхуш, 1ан,
Далхош луурш, дог а, г1ело –
Дерриг, дерриг, ала тарлург…
Вуьшта, йотуш и кеп-шело,
Дуза къамел, б1аьр-кеп маьрша,
Дан т1ех парг1ат къамел, далург,
Хьоьга хьежа, доьлуш б1аьрса!..

Дан кхи дац-кха: ницкъ бац къийла
Дог я сайна доьхьал вийла;
Сацам хилла: хьо кхиэл сан,
Ас ло кхолламе со-о д1а.

XXXIII

Жоп дац. Юха до цо тасар:
Шолг1а а, кхолаг1а хьасар41…
Жоп дац. Гулам хилар хеза,
Воьдий, и чу, иза йолу
Доьхьал цунна. Мел ю еза!
Иза ца го, дош ца олу;
Х1ай! Мел дукха гонах цунна
Iа бардала-1аьзин, хьуна!
Мел ч1ог1а оьг1азло чуьра
Сацо г1ерта барташ луьра!
Онегинс до лорий хьажар:
Стенгахь ду-кха йохар, къажар?
Стенгахь б1аьрхийн и томмаг1 гар?
Дац. Цу йоьхь т1ехь – цхьа девнан лар…

XXXIV

Ткъа иза тарлора кхера
Майрано я гоно зерах
Шен и леларш, къайлах дехарш,
Сан Онегинна шаьш девзарш…
Эрна хьежар. И д1авоьду,
Шен тиларна бекхам боьху,
Цо, еш цунах ойла дукха,
Гуо кхи цкъа а буьту мукъа.
Ткъа кабинет ларъеш тийна,
Цунна хьалха сурт ду дийна,
Дерачу г1айг1ано вуо,
Схьахезаш и бека гуо,
Иза, лаьцна коча т1ера,
Вуьгуш, ларъя маь1иг хийра.

XXXV

Цо ма боьшу жаргийн мор.
Воьшу Гиббон, и Руссо,
Мандони, Гердер, Шамфор,
Madam de Staël, Биш, Тиссо,
Воьшу цо и скептхо Бел,
Воьшу шорта Фонтенел,
Ткъа вайнаш а боьшу цо,
Ца олуш цхьа-а х1ума вуо:
Алманахаш, журналаш,
Хьехамийн ма-дарра кхаш,
Цара валхош со а вайна,
Наггахь мадригалаш тайна
Царлахь карйо, лаьрра суна:
E sempre bene42 и, хьуна.

XXXVI

Х1у ду т1аккха? Б1аьргаш йоьшу,
Ткъа ойланца гена ву;
Луурш, дезарш, г1айг1а оьхьу
Синан к1орге сийсаш ю.
Мог1анашца зорбанан
Цо мог1анаш доьшу кхи,
Гуллуш кепехь морханан
Цара юкъавуллу и.
Ткъа уьш ма ду къайлах дийцарш
Хьомечу, ширачу хенан,
Ца тасало вовшах г1енаш,
Ткъа кхерамаш, бахарш, тидарш,
Я туьйранийн хьа-са чоме,
Я йо1ан и хьоькхнаш хьоме.

XXXVII

Хуьлуш лай набаран хили
И синхаамийн, ойланийн.
Ву сингойла яй шоръеш
Цуьнан пир1ун – къорза теш.
Цкъа го цунна: лайлахь дешша
Буьйса яккха аьлла сецца,
Iуьллуш цхьа к1ант, ч1ог1а тийна,
Ткъа аз хеза: иза вийна.
Цкъа мостаг1ийн ма го г1ера,
И айкхаш а, к1иллой дера,
Я эманийн вочу вай,
Я накъостий к1езга, х1ай,
Ткъа ц1ахь корехь еха хиъна
Иза… х1ара ган а лиъна!..

XXXVIII

Ткъа 1емина лан и бала,
Хьераволург иза хили
Я байтхо хилаза виси.
И хир дара совг1ат, ала!
Ткъа ницкъаца палтасаллин43
Россенан цу байтийн чархин
Ша-а бух бовззал веи схьа,
И дешархо г1ийла сан.
Байтхо вара иза, ветта,
Iийриг лаьцна маь1иг ховха,
Хьалха йогуш шена товха,
Локхуш мерах: Benedetta44,
Idol mio45, ц1ерга мацца
Йожош туфле, журнал цхьацца.

XXXIX

Денош уьду; х1аваъ довха,
Iа ма даьлла билггал новкъа;
Цо байт язъяц, и ца кхелхи,
Хьераваьлла, и ца телхи.
Б1аьсте цунна ч1ог1а тай:
Доьххьара цо теси ханна
Ц1а, чохь 1ийнарг, да1ам санна,
Шалха кораш, къуьдалг бай
Буьтуш, цо ц1ахь валлар доьхку,
Неваца цо салаз хоьхку.
Сийначу, цистинчу шашца
Малх ма ловзу; цхьаьна г1ашца
Ийна деша луо а аьгна.
Стенга цуьнца цхьаъ ган хьаьгна

XL

Хьаьдда и Онегин? Метта
Ю шун ойла; шу ду нийса:
Татъяна ган иза ведда,
И сан жуг1арг, везарг тийса.
Вог1у, ц1ена дакъа хилла.
Сени – маьрша. Воьду, тилла.
Ткъа и зал чу; изза, хьуна.
Не1 цо йоьллу. Ткъа и сте
Цец цу тайпа ваьккхи-те?
Ша-а сту-эла хьалха – цунна,
Кечъялаза, бос а баьхьна,
И цхьа кехат доьшуш ю,
Б1аьрхиш б1аьргаш кхулуш ду,
Куьйго кхобу бесни аьхна.

XLI

Хьа ца боьшура, гуш иза,
Бала, чохь цо къуьйлург къиза!
Ца евзара хьанна, х1ай,
Сту-элица Танаь вайн!
Дохковаларийн ша-а – буьйнахь,
Евгений когашка – цуьнан;
Тохаелла, и 1ад1а;
Онегине хьоьжу д1а,
Цецъялар, оьг1азло яйна,
Цуьнан б1аьрса, лазам байна;
Гар и доьху, 1оттар-хаттар –
Цо т1елоцу. Йо1 и атта,
Луурш, дог а хьалхалера
Дендаларна ериг къера.

XLII

Цо и хьала г1аттавац,
Цунна т1ера б1аьрг ца боккхуш,
Цуьнан барташ д1ататтац,
Шен са доцу куьг схьадоккхуш…
Ткъа х1у цунна доьхьал туьйсу?
Тийна латта иза юьсу,
Ткъа меллаша эххар олу:
«Тоьур ду-кха; г1атта дог1у,
Сан дан ду-кха къамел хьоьца.
Онегин, ахь дагалоьций
Сахьт, и делларг бешахь цкъа
Вайна хено, со 1аш, яйна,
Ахьа дарс46 луш говза сайна?
Тахана раг1 ма ю сан.

XLIII

Онегин, со х1етахь – жима,
Хинччул, гарехь, яра дика,
Хьо вийзира; ткъа х1у ял?
Хьан дог ца карийра леккъа?
Хьан жоп? Луьралла цхьа еккъа.
Бакъ дуй? Бацара-кха кхи
Кхаъ юьхь-безам йо1ан и?
Х1инца а ц1ий шелдо хьал –
Тохарлера хьажар хьан,
Ткъа и хутаб… Амма хьо
Ца во бехке: кхетош со,
Хьо осала ма ца лийли,
Сонта дериг ма ца кхийли:
Хьуна ду баркалла сан…

XLIV

Х1етахь, бакъ дац? Буолла яйна,
Нехан хабарш генахь – вайна,
Ца тар хьуна со… Ткъа стенна
Х1инца лоьху ахь со денна?
Х1унда сан йо терго ахь?
Цунна-м дац и, х1инца хийла
Сан езарна гоне йийла;
Сан хиларна таро, яхь,
Майра волуш дархо т1еман,
Уьйт1е47 хьажар тхойга сема?
Цунна-м дац, юьхь1аьржо сан
Х1инца магар атта ган,
Хьан сий ойуш карош и,
Зе ца хууш хьанна ди?

XLV

Со йоьлху… ткъа Танаь хьуна
Дагахь елахь бекъчу муьрца,
Хаа т1аккха: дуй и суна
Къамел хьайниг, шийла, луьра,
Тохарлера ч1ог1а хьоме,
Х1инца шовкъ, кехаташ хьан,
Ткъа и б1аьрхиш доций чоме.
Луурш къона лаьрра сан,
Ахьа х1етахь кхоий со,
Сан шерийн а ма би ларам…
Ткъа х1инца! – Когашкахь хьо
Суна 1уьллу! Г1ийла барам!
Стаг, дерг хьан дог, хьекъал, х1ай,
Ца тов хила шовкъан лай!

XLVI

Ткъа, Онегин, го сан хьал –
Хьаьхначу дахаран пал,
И кхиамаш, баьхнарш хала,
Моде ц1а, суьйренаш к1айн
Х1у дан оьшу? Реза дала
Маскарадан ч1еш и дай,
Х1ара къегар, г1овг1а, чан,
Лург у жаргийн, акха беш,
Тхайн ц1а г1ийла – шерийн теш,
Ткъа меттигаш, хьо цкъа сайна,
Онегин, доьххьара вайна,
Ткъа буо кешнаш, токху хан,
Х1инца жа1ар, 1индаг1 цхьа
Кхобурш коьртехь бабин сан…

XLVII

Ткъа ирс дара герга, хьуна-м,
Вуно!.. Ткъа сан кхоллам, тилла,
Иштта бирзи. Ткъа со, х1ара,
Ма тарло т1ех б1аьрзе хилла:
Соь б1аьрхишца еха, дуй,
Нана кхайкхира; ткъа суна-м
Муьлхха харжам цхьаъ ма бара…
Со ю марехь, хууш шера,
Аса доьху, со йитахь,
Хаа суна хьоьца юй
Хьакъ куралла, ц1ена яхь.
Хьо ма виэза (со ю къера),
Ткъа со ели кхечуьнга;
Ойла хир ю сан цуьнга».

XLVIII

И д1аяха. Iан Евгений,
Къекъаро 1адийча санна.
Муьлхачу цу дарцан зенийн
Юкъахь ву и дагца ханна!
Ткъа цхьамзалгийн зов ма хеза,
Кхочу мар Татъянин веза,
Эццахь турпал и вайн, хьуна,
Минот дера евзаш цунна,
Дешархо, вай вуьтур ву
Гуттаренна… Тоьур ду
Вайна гезда цуьнца деха
Дуьне мел ду. Х1инца меха
Берд гуш, тохий ирсе мохь48,
Ткъа дег1 тусуш, бог1ий бохь!

XLIX

Ткъа, дешархо, хиларх хьо
Доттаг1, мостаг1, со ву лууш
Къаста хьоьца, волуш со
Хьаша хьайниг. Х1уъа сайца
Ахьа лехарх, талла хууш
Х1ара строфаш. Хилларг хьайца
Я сада1ар белхех хьайн,
Дийна суьрташ, дешнаш мукъа
Я г1алаташ, даккхий, дай,
Дала кху жаргица дукха
Самукъненна, кхиамна,
Хьайн дагна, журналийн т1амна
Хьуна оьшу буьртиг гайта.
Ткъа х1инца 1одика яйта!

L

Ахьа а, некъахо сан,
Ахьа а, Идеал бакъ,
Ахьа а, диллина къа
Жима. Шуьца девзи хьакъ
Мел дерг ч1ог1а байтхона:
Дахар дицдар дарцлахь гонан,
Хьа-са доттаг1ийн и мерза.
Иди, иди денош перза
Цкъа и къона Татъяна,
Ткъа Онегин цуьнца, хьуна,
Х1оттале-кха доьхьал суна –
Д1а маьршачу романан
Чекх кристалах магинан
Суна доцуш схьагина.

LI

Ткъа ас боьшуш шайна гина
Доьххьара сайн строфаш цхьацца…
Цхьаберш боцуш, кхиберш гена,
Саадис ма-аллар мацца.
Онегин уьш боцуш вина.
Ткъа диллинарг аса т1ера
Васт Татъянин, доцург хийра…
Хилла, хилла 1аткъам хенан!
Ирсе – ц1ай дахаран теснарг
Хьалххе, дуьтуш иза 1ад,
Ца молуш чаг1аран кад,
Цуьнан роман д1а ца ешнарг,
Хиинарг и йита яй,
Ас Онегин санна сайн.

1 Мархаш йолуш, денош доца долчохь кхуьур тукхум, лазам боцург дала. Петрарка.
2 Х1ума яа лерина оти.
3 Къаьстина х1орра шен лехам, хьежам болу стаг.
4 Парижера ресторанхо.
5 Х1инца зама кхи ма ю! (лат.)
6 Дуэле вехар.
7 Г1араваьлла герздархо.
8 Дакъа чу дуьллу дечигах я эчигах йина яьшкан тайпа.
9 Пачхьалкхан коьрта йиша.
10 Кхолларна болу нуьцкъала лаам.
111 Ялта хьокху мехкарий.
12 Эпикуран хьежамаш къобалбийриш. Эпикур ширачу желтийн философ.
13 Дошлонан тайпа.
14 До1а деш корта туху меттиг.
15 Жима кхокха.
16 Кхузахь – оьрсийн барин.
17 Шена т1аьхьа ворданаш тосу д1аозийла.
18 Т1оьхула четар лаьцна ворданаш.
19 Хьалхарчу говра т1е хиъна 1а кучер.
20 Некъаш.
21 Ахиллан говр-вордахо.
22 Кхо говр йоьжна ворда.
23 Гаргол туху меттиг.
24 Урам, уьйт1е къагайо х1оттийлаш.
25 Керстачу динна шайн дахар д1аделла нах беха г1ишлонаш.
26 Сан малик! – «Пашани!» (фр.)
27 Жаргица хан токху меттигаш.
28 Некъаш.
29 Литературан муьран тайпа.
30 Д1а1е, нагахь санна даимна, даимна д1а1е. Байрон.
31 Мозг1аран чоь.
32 Сту-йо1.
33 Х1ордкеманан тайпа.
34 Яхь ерг ц1ена.
35 Аьхазалла.
36 Тоба.
37 Къамелан декъашхо.
38 Шинан шайлахь къамел (фр.)
39 Векалхо.
40 Желтийн мифологехь т1емаш долу набаран Дела.
41 Хаам.
42 И мел дика ду (ит.)
43 Бозбуунчалла.
44 Къобалдойла (ит.)
45 Сан кумир (ит.)
46 Дешаран юкъ, сахьт.
47 Кхузахь паччахьан уьйт1е бохучу маь1нехь.
48 Лата чухахкалуш туху мохь.

Гочдархо Хатаев Хьусейн

Вайнах №3 печатная версия, №9 электронная версия.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх