Пушкин Александр. Евгений Онегин

фото ПушкинаРоман байташкахь

Т1аьхье. Юхь еша №1, 2018 ш.

Боьалг1а корта

La morale est dans la nature des choses.
Necker1
I. II. III. IV. V. VI

VII

К1езга мел а еза эма,
И вай диэза атта 1ема,
Х1аллакйо и цуьнца вай,
Iехаме ов юг1ий яй.
Аьхазалла ирча хийла
Безаман 1илмано ойу,
И массанхьа х1уттуш кхийла,
Безам човхош, синош дойу.
Ткъа вай буьйцу болх и къиза
Кхаъ – ширачу маймалшна,
Бевзинарг цкъа мацца дайшна;
Сий деш наха ц1ечу к1ажийн,
Ткъа кур-харсийн2, юьйжи иза,
Шираделла, сий Ловласийн.

VIII

Г1айг1а боцург шалха ваха,
Цхьаъ дерг х1утту шалха даха,
Цунах йолу ойла хийца,
Кхечу кепара и дийца,
Шира хьехарш до цо денна,
Шена бе ца хууш стенна,
Дерг а, доцург кхуллу цо,
Кхойтта шо дерг юьйцу вуо.
Хьанна бац и боккха бала:
До1а, дуй а, туьйсу кхерам,
Хьоькхнаш ялх лист, боцург къерам,
Пуьташ, лер а, б1аьрехь хи,
Терго децийн, нанойн, ала,
Ткъа дайн зер а луьра и?

IX

Евгений и ойла еш.
Дархо верг, шен волуш теш,
К1еж туьйсучу 1ехамийн,
Шовкъ марсачу лехамийн.
Дахаро зе кхобуш гена,
Цхьадерг ч1ог1а тайна шена,
Ткъа кхечунна йоцуш шовкъ,
Лаамийн евзина зовкх,
Дайдолчунан ца беш кхоам,
Тийналлехь а, г1арехь сецош
Шен синлеткъам, боцург тоам,
Садаккхарш беламца эшош,
Дайинарг и барх1 шо атта,
Барт бог1уш вуо цуьнга хатта.

Х

Хазанчаш ца беза х1инца,
Т1е и хьоьвзу иштта д1а;
Барт ца хиллехь – д1атуьй сиха,
Iехийнехь – кхаъ да1а са.
Цо уьш лоьху, боцуш суй,
Ткъа бай буьту, доцуш дуй,
Церан безам – биллац иэсе;
Иштта хьаша, раж а йоцу,
Суьйренан ма вог1у висте3,
Охьахуу; ловзу веха,
Ткъа д1авоьду мацца ц1ехьа,
Цигахь набаро д1алоцу,
Цунна хаац 1уьйренца,
Стенгахь хир ву суьйренца.

XI

Амма кехато цу Танин
Онегин вайн ч1ог1а айви:
Ткъа догдастар оцу йо1ан
Цунна дийки, хилла до1а;
Дагалоьцу цо Татъяна:
Бос цхьа беса, б1аьрехь – ана;
Схьагуш мерза, деза г1ан,
И ву синца луьттуш хан.
Синхаамаша, гарехь, и
Цхьана мурстана д1алеци;
Амма тешний шех и хууш,
Вац са ц1ена 1ехо лууш.
Х1инца, ког ца буьллуш лаьтта,
Г1ур вай беша, уьшшиъ лаьтта.

XII

Ши минот уьш тийна 1ий,
Ткъа Онегинс, т1е а веъна
Эли: «Ахьа язди соьга,
Парг1ат хила. Доьху хьоьга!
Аса, тамца дешна, зий,
Тешам, бехказалла екъна,
Синан дийцар, безам хьан;
Суна ц1еналла и хьоме,
Цо муьрг кхачош соьга чоме,
Синхаамаш денби сан;
Со ца х1утту хесто хьо,
Синкъадам бан воллу со;
Ахь т1елаца х1инца иза,
Кхиэл ма йиэха суна къиза.

XIII

Доьзал боло лиъча суна,
Доза тоха къераршна,
Кхолламна цкъа тайна, хьуна,
Сох х1усамда, майра ван,
Доьзалан суьрташа 1ехош,
Со к1адвича, шайх т1ех хьегош,
Хьо цхьаъ нускал хоржур аса,
Мел хиларх сан дукха хьа-са.
Эр, ездареш дитина,
Къоналлин сайн идеал,
Хууш юй хьо денйо ял,
Неша денойн сайн йина,
Х1уттур ваха г1оза со,
Лаьрра ирсан закъалт хьо!

XIV

Ткъа зовкханна со вац т1ера,
Цунна са ду сайниг хийра;
Хьан хазалла эрна ю,
Сох яц иза, къера ву.
Теша (эхь-бехк цунна – ч1аг1о),
Вайчу уьйрах хир бац аг1о.
Езаш хиларх башха хьо,
Ткъа, цкъа воьлча, шеллур со.
Хьуна буьсург – белхам г1ийла,
Сан дог хьадийр дац-кха цо,
Б1арздийр ду-кха, даздеш, хийла,
Зезагийн, к1ох1цалшца вуо,
Гименейс курс кечйийр вайна,
Къахьдеш уьду денош тайна.

XV

Цул дац ирча сурт ган дагна:
Доьзал, миска зуда хийла,
Сагатдеш яхь йоцчу стагна,
Дийнахь, буса 1аш цхьа-а, г1ийла;
Луьра стаг, мах ца беш стенан,
(Чехош кхоллам, боьлу шена),
Гуттар гуш кхоьлина, тийна,
Г1ийрате, цкъа-а воцуш ийна!
Со ву и. Ахь и лехна, х1ай,
Хьайн ц1еначу суйнан синца
Яздеш соьга хазаллица,
Кхаъ-хьекъалца башха дай?
Кхолламо хилла-те иза
Хьо лан йина оьмар къиза?

XVI

Схьа дац сатийсамийн, шерийн;
Ас ца хуьйцур са, хьал, хьаьхна…
Йиэза хьо безамца вешин
Я, хетарехь, цул а аьхна.
Ахь ладог1а, дов ма диэ:
Хуьйцу йо1а, хьуна, шен
Сатийсамаш хийла бай,
Иштта дитт ма х1утту хийца
Б1аьста г1аш шен, къарзбеш бай.
Гарехь, цунна стигал теш,
Карор хьо кхи къобалвеш.
Iама бан лаамах хьулам;
Кхетар вац хьох муьлхха нийса;
Цахааро кхуллу зулам».

XVII

Евгенийс и хьехам би.
Б1аьрхих ца гуш цхьа-а а х1ума,
Дай садоь1уш, доцуш дош а,
Татъяна, ладуг1уш, 1ий.
Эххар куьг ма кховдий цо
(Иштта, дагахь доцуш вуо),
Ткъа Татъяна т1е ма тоьвжи;
Цхьаьна цара ма би некъ,
Хасбеш хадош, бовлуш чекх;
Ткъа схьакхечи цхьаьна, лиэн
Царна воьлла цхьа-а а ца ги:
Юьртан маршонан ю ханна
Шен бакъонаш цхьа ирсе,
Курачу Москохан санна.

XVIII

Хьо хир реза, ешархо,
Лацарна и г1иллакх тайна
Г1ийлачу Таница цо;
Доьххьара ца гайтина
Цо са ц1ена ирхе синан,
Ткъа валхорах наха иза,
Ца кхоош, цхьа башха къиза:
Мостаг1аша, доттаг1аша
(Уьш цхьаъ бу-кха, гарехь, вайна)
Иза лери дика ваша.
Хьенна ма бу мостаг1ий,
Ткъа доттаг1ехь ларде Дала!
Ва, доттаг1ий, доттаг1ий!
Йиш ю сан шу бевза ала.

XIX

Юй-те? Ю. Ткъа хьулбо ас –
Сатийсамаш баьсса, 1аьржа;
Ас, атлангаш4 ца ян вас
Лаьцна, ч1аг1до: дац цхьа-а хабар,
Цкъа ко1ано кхуллуш гина,
Тодакхаша хаздеш, даьржа,
Дац-кха цхьа-а а терге шабар
Я эпиграм, сонта йина,
Хьан доттаг1о, воьлуш гуш,
Дика адмаш т1е гуллуш,
Йоцуш хьаг1 а, цхьа-а а дов,
Юьйцур йоцург, вуьйлуш сов;
Вуьшта везаш хьо, хьан метта
Х1инццехь валлал, буьрса летта!

XX

Хм! Хм! Кура ешархо,
Могуш буй гергарнаш хьан?
Лаам белахь, бакъо ло
Сайгара хаийта цкъа,
Муьлш бу билггал гергарнаш.
Гергарнаш ду иштта адмаш:
Вайна уьш ма белла хьеста,
Белла биэза, лара, х1ай,
Г1иллакх лардеш, цаьрга вай
Виналлехь5 ма диэза лиэста
Я, язъеш, уьш декъалба,
Ткъа бисича шайна 1ан,
Вайх хир йоцуш цхьа-а вуо ойла…
Дала церан хан яхйойла!

XXI

Ткъа хазанчийн безам аьхна
Доттаг1аллел, уьйрел – ч1ог1а:
Хьо да – цуьнан, уг1уш аьрха
Дарцаш, еъча санна моха.
Амма модин мох и меха,
Ткъа 1аламан къайле вайн,
Ткъа татол хетарийн нехан…
Хьомениш, до санна, бай.
Майранан дош башха сов
Дика зуда лардеш тов;
Наггахь тешаме хьан неша,
Iехаелла цкъаццкъа вуо,
Го кхи тайна, хьо ца веша:
Безам зуьйш бу йилбазо.

XXII

Мила виэза? Мила меха?
Мила вайца вуьсур ву?
Массо г1уллакх, къамел нехан
Хьа, вайх вогуш, дустур ду?
Мила ву вайх дика ала?
Хьа вай ч1ог1а 1алашдо?
Хьанна бац-кха вайн сакхт бала?
Ткъа вай мила хаставо?
Г1алартан лехамча мукъа,
Эрна хан ца йойуш дукха,
Iама хьо хьо-о виэза хьайна,
Ешархо сан оьзда, тайна!
Сийлахь хьенехь: хьо ву и,
Дац хьол деза х1ума кхи.

XXIII

Ткъа х1у хили вовшахкхетарх?
Шуна хала дац и хаа!
Безам мохь бу, дош ца хетарх.
Безаман и дера 1ийжам
Цуьнан са ма биси даа,
Язъеш г1айг1а, к1аргбеш тийжам;
Ял йоцуш, Татъяна йогу;
Цунна оьшу наб ца йог1у;
Г1ора, марзо, чам а веха,
Елар, оьмар, йоцу еха –
Дерриг дай, аз санна, тов,
Жималла вайн Танин йов:
Иштта, 1индаг1 лоцуш т1е,
Дарцо хьулдо кхуьу де.

XXIV

Ткъа Татъяна марг1алло,
Беса, д1айовш, тийна 1а!
Х1ума дац и 1ехая,
Мукъарло цо цунна до.
Лулахоша, болуш мукъа,
Шабарш до-кха шайлахь дукха:
Маре, маре – молха цунна!..
Тоьур ду-кха. Оьшу, хьуна,
Бекхаба сингойла тийна,
Сурт безаман дуьллуш хьийна.
Ткъа, хьомениш, дуу сан
Дохковаларо вуо са;
Йиэза суна, бехк ма билла,
Сайн Татъяна, доцу х1илла!

XXV

Денна веш йийсархо вина
Хазалло Олгинан ша-а,
Владимир, зовкхалла гина,
Веха, езаш иза лан.
И ву цуьнца. Цуьнан чохь
Уьш бодашкахь ма 1а хиъна,
Уьшшиъ бешахь, боцуш мохь,
Го 1уьйренца, кхарста лиъна;
Х1у ду? Вехна безамна,
Эхьан ловш и къиза ов,
Олгас шовкъ луш кхетамна,
И ма ваьхьа наггахь, тов,
Ловзо месаш цуьнан, т1аккха
Кучан йистана барт баккха.

XXVI

Цо Олгина доьшу, хезаш,
Цхьа хьехаме, дай роман,
Шен авторна 1алам девзаш,
Вицвеш и Шатобриан.
Цхьа аг1онаш, къайле йой,
(Даьсса лер, шеконийн мог1а,
Зе дан тарлурш дагна йо1а)
Цо ца доьшу, ц1иэ а лой.
Гена бовлий, тоьхна туш,
Шахматашех ловзуш мацца,
Стоьла т1е базбелла гуш,
Уьш шаьш ма 1а ойлане,
Ткъа г1ашлоргца6 Ленскийс шен
Б1овналг7 оьцуш, вицлой, цкъаццкъа.

XXVII

Ц1ехьа воьдий, ц1ахь а ву
Иза Олгин терго еш.
Албом, ша-а бе воцуш теш,
Цо лерина кечъеш ю:
Дохку юьртан хьелаш дукха,
Чурт, Кипридин элг1аз8 к1ай
Я лири т1ехь кхокха мукъа
Цо басаршца буьллу бай;
Иэсан листашца зуьйш кхоллам,
Дуьсуш лакхахь куьйгаш нехан,
Цо байт язъйо аьхна, еха, –
Сатийсаман башха х1оллам,
Мурст-ойланан лар ша-а дийна,
Цхьаъ ерг, хан мел идарх тийна.

XXVIII

Шуна, тешна, гина хийла
Эла-йо1ан и албом,
Нешаша, х1оьттина кхийла,
Дуьллуш цу т1е сибат, ц1ом…
Г1алаташца, раз, ирх-пурх,
Язъеш байташ ламастца,
Стамъеш шайн марзонан урх
Байт яцъярца, яхъярца.
Юьххьехь хьуна ма нисло:
Qu’ écrirez-vous sur ces tablettes;
Бухахь куьг: t. à v. Annette;9
Ткъа чаккхенехь хьуна го:
«Ткъа хьо везарг сол а дукха,
Кхи д1а язъя декхар ю-кха».

XXIX

Кхузахь карор, лоьхуш 1ийча,
Ши дог, хаьштиг, зезагаш а;
Кхузахь йоьшур ч1аг1о аша:
«Валлалц безам ларба кийча».
Байтхочо эскаран магий
Йолла луьра байт цу юкъа.
Цу албом т1е, доттаг1ий,
Со а язъя реза ву-кха,
Тешна волуш билггал дагца
Сайн бухбоцурш х1ара цхьацца
Ган там хиларх цхьанна мацца,
Т1аьхьа къежар ирча дарца
Х1уттур бацахь кура нах,
Хадо вуо сан белхан мах.

XXX

Ткъа шу д1асаяьхна томаш
Жаргат чуьра шайт1анийн,
Ткъа исбаьхьа шу албомаш –
Сур моданан байтанчийн,
Шу, хазйинарш денна хеста
Говза Толстойн карсалгца,
Баратинскин кхаъ-масца,
Шу ягае Дала ткъесца!
Къегинчу эмано соьга
Кховдийча in-quarto сира,
Сан дег1е зуз дог1у боьха,
Кхуьуш эпиграм цхьа ира,
Сан синан коргаллехь еха,
Ткъа мадригалаш йоьху меха!

XXXI

Ленскийс мадригалаш язъяц
Шен Олгин албома т1е,
Цуьнан масна шело хаац,
Безам балхо долуш де;
Дайнарг цунна, хезнарг цунна
Олгех цо ма яздо, хьуна:
Бакъайист10 чулаьцна дийна,
Хи элегийн уьду тийна.
Иштта хьо, Язиков меха,
Деган кхийсарш йийриг еха,
Хастош, Далла хууш мила,
Вина, гарехь, уьдург хила…
Хьайн элегийн нартол тайна
Хьо цхьаъ ву ма-ярра яйна.

XXXII

Меллаш! Хезий? Критик къиза
Омра деш ву, йиш а хаьлла,
Ц1ов элегийн бита аьлла.
Байтхой гоне кхойкхуш иза:
«Доьлхучура саца шайна,
Ялхочура цхьа шовкъ вайна,
Кхоо дайнарг, хилларг мацца:
Тоьур, дазде кхиниг цхьацца!»
– Хьо – бакъ, ахьа гойтур нийса:
М1аьжиг, шаьлта, некъ г1улч тийса,
Ткъа ойланийн белла гулам
Денбе эр ду, ца беш хьулам:
Иштта дуй ? – «Дац». – Х1у диэ, х1ай?
«Язъе одаш, даздеш вай,

XXXIII

Язйинарш ондачу хенахь,
Ткъа ерш х1инца вайна генахь…»
– Еккъа одаш боху ахьа!
Дита, доттаг1, 1ад1а хаа.
Тида дош ахь сатирхон!
«Нехан маь1нан» и лирхо,
Хьуна г1оле х1унда сел
Вайн г1ийлачу байтанчел? –
«Элеги хат1 доцург ю;
Цо ло кхетам беркъа бу;
Ткъа чулацам один лекха,
Беза…» Кхузахь мотт сан лекъа:
Лаац суна, хилла тхьамда,
Ши б1аьшо сайгара гамда.

XXXIV

Лай сийлаллин, маршонан,
Владимирс, ойланаш леша,
Язъя одаш тарлора,
Олгин хилча дог уьш еша.
Йиш хиллий шун, байтхой меда,
Еша и шайн байташ к1еда
Т1ераболучарна шайна,
Йиэшарх хилла цхьа кхаъ тайна?
Оьзда езархо ву зовкхе,
Сатийсамаш боьшург шен,
Хьалха 1аш безаман эла –
Хазанча, берг схьагар мела!
Зовкхе… хиларх хьенехь и,
Езар юй-те дагахь – кхи?

XXXV

Ас сайн иэсан стоьмаш дукха,
Волуш со уьш беша мукъа,
Сайн бабина боьшу теккха –
Къоналлин нешана еккъа,
Я, цкъа, делкъе г1ийла йина,
Лулахо чувеъна гина,
Ас трагеди йоьшуш, хьуна,
Ц1ена хорам ма бо цунна,
Я (яц аса йийриг забар),
Байтех, рифмех хилла 1абар,
Толлуш 1ам сайн, чохь хи техка,
Го со къехкош бедаш чехка:
Уьш, сан мерза эшарш хезна,
Бердца гулло, дог сох лезна.

XXXVI. XXXVII

Ткъа Онегин х1у деш ву?
Сан вежарий, собар дайша!
Аса цуьнан белхаш тайна
Шаьш ма-дарра дуьйцур ду.
Iа Онегин, ша-а цхьаъ схьагуш:
Ворх1 долуш и г1отту аьхка,
Ткъа дег1 тусу цо шен аьхна,
Т1аккха воьду, ваха – де,
Шу к1ел уьдучу хи т1е,
Гуьлнара язйинчух тарлуш,
Геллеспонтах волу к1ай,
Т1аккха х1утту къахьо мала,
Ткъа журнал листина дай,
Эххар воьду и кечвала…

XXXVIII. XXXIX

Кхерстарш, ешарш, г1ан а к1орга,
Iиндаг1 хьуьнан, т1айра г1орг1а,
Наггахь к1айчу йо1ан перза,
Къона, керла барт а мерза,
Аьрха дин, шен дуьрстах боьлла,
Делкъе йийриг башха тоьлла,
Сирлачу чаг1аран шиша
Молуш шена, цхьалла – йиша:
И мур ловш, Онегин веха,
Д1оггар т1ера воцуш цунна,
Аьхкенан ц1иэ денош деха
Дагарда ца х1уттуш, хьуна,
Тесна г1ала, доттаг1ий,
Г1айг1а ц1айнийн боламийн.

XL

Ткъа невренан аьхке вайн –
Кеп къилбенан 1аьнийн яй,
Цкъа – ю, цкъа – яц: и вай хууш,
Къера хила 1а ца лууш.
Стигал яра гуьйре оьхьуш,
Ткъа малх бара, хебна, хьоьжуш,
Деха де а дацлора,
Хьаннийн тхов а байлора,
Цхьа г1овг1анца болуш цхьалха,
Дахкарлахь аренаш гуора,
Г1езийн хьере ковра г1уора,
Къилбехьа г1аьттина кхалха, –
Iаьнан кхочура мур г1ийла: –
Кет1ахь бара эрх-бутт11 шийла.

XLI

Бодашкахь ю 1уьйре кхуьуш,
Урдаш т1ехь яц белхийн г1овг1а,
Сте борз меца т1аьхьа юьгуш,
Боьрша борз ма йолу новкъа;
И хаъелла, говр а, хебна,
Терса, ткъа гездархо, тебна,
Кхоьруш, лома ведда г1о;
Жа1у 1уьйренца ца го
Хьелий лохкуш чуьра д1а,
Ткъа делкъенца уьш цо схьа
Шен шедагца чу ца кхойкху,
Цхьамма, юцуш, чохь хан йойу,
Iаьнан буьйсанийн берг теш –
Чиркх 1аш, декъа лелхарш деш.

XLII

Юлуш, лелха юлу г1ура,
Дети хилла, арахь къегаш,
(Ешархо, х1а – рифма гура;
И д1аэца ахь, кхаъ хеташ!)
Йицъеш ц1енкъа, шаръеш гина,
Татол сега, ша а бина.
Берийн арданга ю девне
Конкешца ша хедош зевне;
Ц1иэ когаш и еза г1аз,
Хилла нека дан шен дог,
Ша т1ехь баккха йоьлла ког,
Шерши, хаьрци, тухуш ваз;
Ловзу, хьийзаш, лайчимаш,
Седарчашца еш хичаш.

XLIII

Ткъа цу хенахь х1у дан шовкъ?
Къиэра? Юрт цу муьрехь сов,
Лаамза б1аьрг кхулуш вайн,
Йотуш го ерзалла к1ай.
Говрахь леций вай мох дера?
Ткъа говр, таслуш аьрта лан,
Шершаш, ц1ийзаш ша и шера,
Охьакхета ма яц хан.
Iе хьо, ларъеш г1ишло г1ийла,
Йиэша: хара – Прадт, W. Scott!
Лаац? – Амма яц кхи чот,
Б1арзло, мийла, суьйре шийла
Йовр ю, кхана х1отта схьа,
Ирсе хир ду, гарехь, 1а.

XLIV

Онегин – Чайлд Х1аролд цхьа –
Юу цо ойлане мало,
Г1оттий, шашлахь и ма 1а,
Т1аккха ц1ахь ву, ца еш хало:
Цхьаъ, ша-а дагахь лоьруш маьрша,
Кара кий-герз эцна аьрта,
Ши авгол12 билъярдах веха,
Шеца ловзуш, иза веха,
Ткъа хан керчий, суьйре йоьлла,
Билъярд юьту, кий а юткъа,
Товха хьалха шун ду тоьлла:
Иза Ленский ларвеш ву-кха,
Кхо говр йоьжна иза вог1у;
Х1инца делкъе ян ма дог1у!

XLV

Жерой Клико я Моэта
Чаг1ар ший ду, дог1урш кхета,
Шиша, йиллина т1е йис,
Ц1ийндас х1оттий, воцуш пис.
Ипокренах и ма лепа;
Шен ловзарца, чопанца
Дукха ви цо тутмакх кепан,
Цо баьккхинчу толамца
Дедоцу сом доьхки хийла.
Дагадог1у, хьеший, вайна
Х1уттура и т1айра кхийла
Шен б1арлаг1аш 1ехаме,
Забарш, байташ хьекъале,
Ткъа къийсарш а, г1енаш тайна!

XLVI

Амма чопа цуьнан аьрха
Сан зорхана лан ю хала,
Цуьнан метта Бордо аьхна
Кийча ву со х1инца мала.
Аинах чуо мега хьовза,
Аи, сесаг санна, дина,
Къега, дийна, кийча ловза,
Амал – хала, вуо ца гина…
Ткъа хьо, Бордо, доттаг1 санна,
Боькъург бала, боькъург бохам,
Накъост, велларг баккха толам
Ваха лериначу ханна,
Я зовкх екъа, хьегош мостаг1.
Ирсе хила Бордо-доттаг1!

XLVII

Алу яйна; юкъ т1е лаьцна,
Г1ийла богуш к1ора лаьтта,
Яй хаалуш ц1еран т1айра,
Г1уьтту 1а, ткъа йовхо оьхьу
Сийса дечгийн дуткъа к1айра,
К1ур 1уьргара 1уьрга боьду,
К1ай кад мела «шах» дан булу,
Бода суьйренан ма тулу…
( Доттаг1ийн чам тов-кха аьшпийн,
Церан чаг1аран бокал,
Йолуш хан, ц1е тоьхнарг, хьуна,
Хан ва берзан, ва ж1аьлин,
Стенна тоьхна хаац суна.)
Доттаг1аша дуьйцу хьал:

XLVIII

«Муха – хьеший? Ткъа – Татъяна?
Муха – аьрха Олга хьан?»
– Жимма дотта, г1ур и 1ана…
Дика, 1а… Доьзал – могуш.
Хьоьга салам бу и луш.
Ткъа, сан хьаша, т1ех хазъелла –
Беснеш, белшаш, хьажар дай!
Ткъа г1ад цуьнан дуткъаделла.
Вола соьца; бе ахь хам;
Вуьшта, доттаг1, буй и чам?
Шозза кхетта, хьо д1авай.
Воккха 1овдал ма ву со!
Вукха к1ирнах вехна хьо. –

XLIX

«Со?» – Х1аъ, ц1ерналг13 ду Татъянин
Шотехь. Олгас, нанас валхий
Суна вуно ч1ог1а хьо,
Векал веш хьо кхайкха со. –
«Цигахь хир бу совнах нах,
Г1оле берш шайн хила ц1ахь…»
– Цигахь хир вац совнах цхьа-а.
Мила хир ву? Доьзал – ша-а.
Волахьа, дац иза ант!
Х1а? – « Со хир ву ». – Хьо ву к1ант! –
Т1аккха кад цо мели шен,
Т1ера чопа хаале,
Х1уттуш хьоме Олга йийца,
Ца лууш и экъа хийца.

L

И ву ирсе. Цхьа ши к1ира –
Хан т1екхочу йиллина,
Лардеш нийса г1иллакх шира,
Т1аккха иза виллина
Кечлур ву кхи дахар довза.
Болх Гименан, дахар г1ийла,
Садаккхарийн раг1 и шийла –
Цунна бара башха ловца.
Ткъа вай, мостагийн Гименан,
Хууш ду доьзалан хьал
Буй г1ийлачу суьртийн пал,
Чомехь жаргин Лафонтенан…
Ткъа сан миска Ленский, гарца,
Цу дахарна вина варца.

LI

И везара … я ша-а цунна
Везаш хетара, ирс гина,
Б1озза зовкхе тешарг, хьуна,
Шийла хьекъал шен лахдина,
Вехарг ч1ог1а маьрша, ала,
Мелларг санна, байба бала,
Я кхерсталг14 шех хилла аьхна,
Iийриг тайна заз б1аьстенан;
Ткъа ву пекъар, хиндерг хуург,
Iехавала цкъа-а ца луург,
Ерриг г1улчаш, дешнийн маь1на,
Гочдича, цадезарг шена,
Хааро дог динарг шийла,
Такха дезарг дахар г1ийла!

Пхоьалг1а корта

Х1ай, ма довза ирча г1енаш
Хьуна, сан Светлана!
Жуковский
I

Ткъа цу шарахь гуьйре г1ийла
Уьйт1ахь еха 1иллира,
Iаламо 1а лардеш шийла.
Мархехь луо ма диллира
Буса. Г1оттуш, йолуш 1уьйкъе,
Татъянина схьа ма гира
И, к1айъелла, 1а шайн уьйт1е,
Шунаш, тхевнаш, ткъа и керт,
Корца бустамаш, са ира,
Дитташ, 1аьнан дато – т1ехь,
Ткъа ч1ег1игаш ловзарехь,
Лаьмнаш а т1е тесна черт
Iаьнан, къега, к1еда, дай.
Дерриг дара сирла, к1ай.

II

Iа!.. Ахархо, воккхавина,
Ворданца некъ боккхуш ву;
Цуьнан говралг15, мар хабина,
Чабол эцна, тиэкхаш ю;
Яй тачанаш ирха кхуьйсуш,
Г1удалкх аьрха уьду д1а;
Ямхо, хьалха суйнаш туьйсуш,
Кетар, ц1иэ куй боьхна 1а.
Д1огахь к1анталг уьду сиха,
К1ули салаза ду хиъна,
К1анталгах дин хилла дика;
Ловзархо п1елг шелба кхиъна:
И лазаво, и велало,
Нанас корах и чехаво.

III

Ткъа шу, дезна кхи хьа-са,
Ган кхи суьрташ дуй-те лууш?
Дохкучеран х1инца аса
Мах лахара ма бу, хууш.
Делера – синг1аттам бовха,
Цкъа байтанчас, з1еналг – ховха,
Луо хьалхара дийци вайна,
Йостуш 1аьнан къайле тайна;
Со цо дог шун эцарх теша,
Дуьйцуш байтаца, суй леша,
Салазахь кхаъ-кхерстарш маьрша;
Дог сан дац-кха къийса аьрха
Цхьаьнцца а, ткъа гуттар цуьнца,
Къона финхо язъечуьнца.

IV

Ткъа Татъяна (оьрси – синца,
Ша-а ца хууш маь1на дан)
Шен шийлачу хазаллица
Дезаш яра оьрсийн 1а:
К1ай йис, малхо яхьийна,
Салазаш, маьрк1ажан ц1ий,
Луо, т1е ал бос 1анийна,
«Ткъарш» до бода суьйренийн.
Язйора шираллин кепехь
Цаьргахь и суьйренаш мехехь,
Г1арбаш гуллуш дан хьа-са,
Сту-йо1аршна пал таса,
Х1орра шарахь хьехош, тов,
Царна б1аьхьой хаза сов.

V

Татъяна тешара дийцарх
Ширачу хенера схьа,
Г1енех, кехатца пал тийсарх,
Ши ма1а бутт х1оттарх д1а.
Цу тутмакхна билгалонийн
Церан матто, йоккхуш акха,
Кхайкхадора х1умнаш цхьацца,
Синхетарша16 къуьйлуш накха.
Коча цициг, ала, ма ги
Когаца бат юьлуш, хьуна:
И билгало яра цунна,
Хьеший кхочурх. Гинехь мацца
Стиглахь васт къоначу беттан,
Аьтту аг1о лаьцна, летта,

VI

Егош гуора и, бос баьхьна.
Ткъа и охьабужу седа,
Стиглахула бедда аьрха,
Схьагича, са даржош меда,
Танаьс, боцуш синна хьаам,
Божале и седа охьа,
Буьйцура шен деган лаам.
Ткъа нисвелча цунна иза
Iаьржа мозг1ар цхьанхьа ган,
Ткъа пхьагало, едда лоха,
Хадийча некъ арахь цкъа,
Бехаш шеца кхерам къиза,
И ма 1ара, коьрте оьхуш
Вониг, зе хиларна кхоьруш.

VII

Ткъа х1у дийр ду? Карош ду-кха
И кхерамца хазниг ша-а:
Иштта 1аламо вай дукха
Дина б1останалла лан.
Ял-деналгаш17. Ирс и, х1ай!
Жималла туьйсуьйтуш пал,
Эшна дац-кха цуьнан хьал,
Хьалха ду дахаран д1а,
Сирла, чаккхе йоцуш ган;
Къаналла пал тосуш ю,
Цхьа ког цуьнан кошахь бу,
Цуьнан дерриг д1а ма дай,
Iалашоно ю и 1ехош,
Шена мотт а берийн бекош.

VIII

Татъяна, кхаж шена баьлла,
Схьагуш ма 1а балоз лаьлла:
Башхачу бустамца цо
Цунна босту цхьа кхаъ-гуо;
Хих буьзначу кедахь мукъа
Рог1ехь мух1арш х1уьтту дукха!
Цунна дели мух1ар мацца,
Боца шира узам барца:
«Цигахь – муьжгий-хьолахой,
Детих ма 1а барз а бой;
Х1окху эшарх хир бу чоме
Шуна ловца!» Эшам хийла
Хьехош бу и мукъам г1ийла;
Мехкаршна ду цицалг18 хьоме.

IX

Г1орош буьйса, стигал екхна;
Сегийлийн19 и башха сур
Шиэрша тийна, цхьа барт бекъна…
Ткъа Татъяна уьйт1ахь мур,
Яй коч йоьхна, боккхуш го,
Батте куьзга хьежадо,
Ткъа 1аьржаллехь цуьнан г1ийла
Лиэста цхьалха бутт и шийла…
«Чаш!»… г1арж хеза…
г1ашхо. «Же!»
Йо1 п1елгаш т1ехь йоду т1е,
Т1аккха цуьнан дека аз,
Аьхна, шех хир йоцуш вас:
Хьан ц1е х1у ю? Ларвеш кхуо,
Агафон ву олу цо.

X

Татъянас, хьехамца бабин
Кечлуш буса пал таса,
Омра дира чохь цу банин
Шун ши пхьега х1оттада;
Амма кхоьру вайн Татъяна…
Со а – схьагуш и Светлана –
Кхоьру – и ду долу хьал –
Татъянина буьсу пал.
Ткъа Татъяна доьхка дарин
Доккхий, духар тосий, метта
Йолу. Лакхахь хьийза Лел,
Ткъа назбарна ма ду к1ел
Хаза куьзга мехкарийн.
Тийна. Танаь наб ю кхетта.

XI

Татъянина г1ан го башха.
Г1енах йоьду иза д1а
Луо диллинчу к1айчу кхашца,
Гонд1а бода ма бу цхьа;
Лайн коргешкахь хьалха цунна
Дека, сийсош тулг1е сийна,
Аьрха, 1аьржа, къоьжа, хьуна,
Татол, ша ца бина, дийна;
Шина – г1уркхах, т1ехь – ша шорта,
Ду кхераме техка т1ай
Татолна т1оьхула дай;
Ткъа бухахь 1ин зевне деха,
Шеконаш базбина корта,
Сецна, и 1а йистехь еха.

XII

Татол х1уьттаре еш нехан,
Цунна т1е Татъяна чеха;
Ца го цунна цхьа-а а дехьа,
Куьг схьакховдо шега сехьа;
Ткъа лайн к1орге меттах хьов,
Цу бухара мила г1аьтти?
Йоккха, кхоьхкина ча, тов;
Вай! Татъяна. Ткъа ча 1аьхи,
Ира ма1арш – т1од цо кховдий
Кхуьнга; х1окхо, къовлаелла,
И схьалеци, куьг а делла,
Таккха, хан ца йойъуш сов кхи,
Татолах ма ели, хьаьдда;
Йоьду, ткъа ча цунна – т1аьхьа!

XIII

Юха хьажа и ца яьхьа,
Г1улчаш сихйой, едда г1о,
Ткъа, лай ваьлла вуьтуш т1аьхьа,
Едда д1а ца яхало;
Къарш деш, йог1у ча и дера;
Базанаш ю хьалха царна,
Хаза васт кхоьлина кхарна
Дотуш; т1ехь гаьннашна церан
Ю лайн патарш; боьххьех чекх и
Декнийн, декхнийн, хьехийн кхета
З1аьнар буьйсанан сегийлийн;
Некъ бац; коьллаш; 1аннаш хета
Гомха: дарцо, хьоькхуш луо,
Юьзна дела яккъаш буо.

XIV

Танаь хьуьнха; т1аьха ча;
Йоь1на гоьллелц ду к1ай луо;
Га вортанах тасло цкъа
Я цо лергара, д1атоьхна,
Дешин ч1агарш йоху вуо,
Я когара лайлахь еза
Башмакх юьсу цуьнан йоьжна,
Я цо йовлакх дожадо;
Дуьту долччохь; и д1аг1о,
Т1аьхьа йог1уш ча ма хеза,
Дайчу куьйгаца ца яьхьа
Йист шен кучан айа хьала,
И д1ауьду, ткъа ча – т1аьхьа,
Йо1а г1улчаш йоху хала.

XV

Лайла южу; ча схьаэцна,
Карахь и д1аяхьа туьгу;
Йо1, ах1 доцуш, тийна 1а,
Меттах ялац, де1ац са;
Хьуьнан новкъа и ма юьгу;
Эццахь нисло бун цхьа беркъа;
Акха меттиг, гонд1а хецна
Луо ма 1уьллу, ткъа бун герга,
Корах са ду лешаш дукха,
Бун чохь мохь а, г1овг1а ю-кха:
Чано эли: «Кхузахь – захал.
Йохъяла хьан хир бу амал!»
Х1ара не1аре цо юьллу,
Ткъа ша-а хьуьнха д1а ма туьлу.

XVI

Татъяна дерг кхетош ю:
Ча д1аяхна; учехь – и;
Дехьа мохь, ткъа кедаш бетта,
Ша-а барамехь санна, т1етт1а;
Ца гуш цхьа-а а маь1на кхи,
И ма хьожу 1уьрга чу.
Х1у го цунна?.. Тойнехь деха
Ирча васташ вуно шорта:
Цхьаъ, ерг ма1аш, пхьун бат еха,
Кхи, берг борг1алан шен корта,
Ешап, ерг газанан маж,
Ткъа чарх, сиэтта, техкаш таж,
Ткъа лохпути, дерг шен ц1ога,
Ахг1арг1ули, ахцициг а.

XVII

Сурт ду кхи а ирча дукха:
Д1о искогалг, гезг а йоьжна,
Г1езан лаг т1ехь туьта ю-кха,
Хьийзаш, лекха ц1е куй боьхна,
Хьера, хиъна, хелхаюьйлу,
Ц1ийза т1емаш цо ма кхуьйлу;
Г1алх а, делар, йиш, шок, к1ур,
Нехан лер а, бергийн дур!
Ткъа Танин х1у ойла ю,
Схьагича хьешашна юккъехь
И шен хьоме везар сов –
Кху романан турпал, тов?!
Онегин, шун долуш юххехь,
Цигахь доггах къоьруш ву.

XVIII

Цо хич яхь, гуо хьере беха;
Малахь – молуш, иза 1а;
И велалахь – боьлу беха;
Хьаьжца шад бахь – дуг1у ла;
И ву тхьамда, кхеташ ду;
Танаь меллаъ майра ю,
Х1инца, бала кхаьчна цхьа,
Жимма не1 цо йоьллу д1а…
Эццахь мох ма болу, йойуш
Ц1е буьйсанан лепаргийн20;
Йоьхна г1ера г1емийн кхойкхуш,
Онегин, б1аьр догуш гарца,
Стоьла т1ера г1отту г1арца,
Массо г1отту; ара – и.

XIX

Йо1 кхерало: х1инца чехка
Татъяна ма хьожу яха:
Ткъа яхалац; иза тиэхка,
Терге, мохь ма лаьа хьакха;
Евгенийс не1 йоьллу д1а:
Жоьжаг1атан г1емаш 1а,
Вайн йо1 – хьалха; доьлу дера,
Луьра керча б1аьргаш церан;
И бергаш, и ц1оьмаш сира,
К1уж-ц1оганаш, к1омсарш ира,
Мекхаш, меттанаш, т1ехь – ц1ий,
Ма1аш, п1елгаш даь1акийн –
Массо цунна т1е ма хьолху,
Массо кхойкху: сан ю! сан ю!

XX

Сан ю! – Евгенийс ма олу,
Буьрса г1ера къайлайолу;
Г1уранан бодашкахь ю
Къона йо1, и гергахь ву;
Онегинс ма юьгу тийна
Татъяна маь1иге улле,
Г1анта т1е и юьллу юххе,
Белаш т1е ма буьллу, 1ийна,
Корта цунна; эццахь йог1у
Олга, т1аьхьа Ленский кхочу;
Онегинс куьг ластадо,
Б1аьргаш акха кхарстадо,
Цо хьешашна вуо бехк буьллу,
Татъяна, са даьхьна, 1уьллу.

XXI

Оьккху дов, Евгений урс
Кхуьу эца кара, мурст,
Ленский вуьйжи; ирча кхуьйли
Дай 1индаг1аш, мохь ма бели
Къиза… петар лиэста юьйли…
Танаь, 1адош, самаели…
Хьаьжча, х1усам сирла ю;
Корехь, б1аьрган шаца ийна,
Ал з1аьнар ма ловзу дийна;
Эццахь Олга х1утту схьа, –
Невренан Аврора21 цхьа,
Ч1ег1ардигах тилла чу:
«Т1аккха, – доьху, – дийца суна,
Мила гира г1енах хьуна?»

XXII

Ткъа шен йиша шена юьтуш,
Меттахь 1а и, жарга кхобуш,
Листа т1аьхьа лист а луьстуш,
Цхьа-а а дийца дог ца дог1уш.
Ткъа и жарга яц-кха, хьуна,
Дотуш байтанчийн моз-далхарш
Я кхаъ-суьрташ, я бакъ-аларш;
Ткъа Виргилий, Расин и,
Скотт а, Байрон, и Сенека,
Моде журнал эманийн –
Дацара сел герга цунна:
И вара Мартин Задека –
Шайх халдехойн, хьекъалча,
Г1енаш туьду хьехамча.

XXIII

Ткъа и к1орга кхоллар цаьрга
Совдегар веара йохьуш,
Некъах тилла, кхаьчна кхаьрга,
Цо Танина, ловца олуш,
«Малвинин» дакъошца цхьаьна
Кхаа эхах йоьхкира и,
Ткъа т1еяларца цаьрца кхи
Цхьа гулам забарийн халкъан,
Ткъа гарматик, ши Петралг1а22,
Мармонтелан цхьа том т1амца.
И Мартин Задека т1аьхьа
Танин хили 1у… Тидарца
Г1енаш, г1айг1а яй а еш,
Денна хилла церан теш.

XXIV

Г1ено и саготта йо.
Ца хууш и тида шена,
Дог1а даккха оцу г1енан
Татъяна вайн сихало.
Цунна, юьхьалг23 йоьшуш, мацца
Рог1ехь элпийн схьаго цхьацца
Дешнаш: база, дарц, ешап, зу,
Кхолар, мох, т1айналг24, хьун, ча, 1у…
Иштта кхи. Ткъа ян и яй
Вац Мартин Задека вайн;
Амма луьра и г1ан ду-кха
Даккхий зенаш хьоьхуш дукха.
Т1аьхьа масех дийнахь и,
Цунах бала хилла, 1ий.

XXV

Ткъа бордахчу шен куьйгаца
Iуьйкъенан серлоно дай
Цхьаьна малхаца дуьллийца
И Ц1ерналга – ирсе ц1ай.
Iуьйррехь Ларинг1еран кертахь
Хьеший хьийза; стенна хууш,
Лулахойн ма кхечи бертахь,
Ворда, салаз, г1удалкх юттуш.
Учехь – сийсар, забар, ловзар,
Хьешан ц1а чохь керла довзар,
Ж1аьлийн г1алх, ткъа хьийза вортош,
Г1овг1а, белар, сетто кортош,
Ца хеда и барташ хьешийн,
Бабийн маьхьарш, белхарш берийн.

XXVI

Шен доьрталчу стеца, тов,
Веи стомма Пустаьков;
Гвоздин – тоьлла хьолада,
Къечу муьжгийн 1у верг ша-а;
Скотининаш, къоьжа, къена,
Шайн берашца, массо хенан –
Ткъе итт кхаьчнарг, ши шо дерг а;
Франт Петушков, хууш мича,
Ткъа Буянов, и сан шича,
Донах картуз, лаба еха
(Хьаша верг ша-а тойнийн нехан),
Маьрша г1оьнча Флаьнов-пхьа,
Эладитхо, аьшпхо шира,
Вежарг, кхаьъхо25, жуг1арг сира.

XXVII

И Панфила Харликова,
Веи Трике мосъе цаьрга,
Ткъа забарча цу Тамбован,
Дерг куьзганаш, кур-харс хьаьрса.
Франсо Трикес язйина
Еи куплет Танина, –
(Йиш а ма ю лард вайн дог1мийн):
Révellez-vous, belle endormie26,
Алманаха юкъа 1оьтти
Цхьамма и, цкъа зорба тухуш,
Трике, дерг байталлех хууш,
Юха денъя и ма х1оьтти,
Д1адаьккхина и belle Nina27,
Яздина belle Tatiana28.

XXVIII

Лулара ма веи цига,
Кхиъначу мехкарийн эла,
К1оштан нанойн верг ша-а Дела,
Ротан командир и дика;
Чоьхьа…Кхаъ цо боккху тайна!
Музик хир ю полкан вайна!
Полкологан хили хьал
Иза нисъя. Хир бу бал!
Зудабераш уьду т1етт1а;
Шуьне кхойкху. Боцуш къийса,
Боьлху куьг куьйгаца нийса.
Сту-йо1арий Танех летта;
К1ентий – доьхьал. Жа1арш лоьцуш,
Халкъ д1атарло, гучо хьоьстуш.

XXIX

Ханна д1атий хабарш чуьра;
Барташ 1уьйшуш. Гонд1а хеза
«Т1ак» бошхепийн, г1ирсийн шуьнан,
Зов а кедий, уьйу деза.
Ткъа нах, тхьузлуш, хецало,
Пайдабоцчух 1ехало.
Дешнаш, маьхьарш, йоцуш моха,
Боьлу, къуьйсу, детта ц1ог1а.
Эццахь чу ма волу Ленский,
Ткъа Онегин. «Далла бу-кха
Хастам!» – х1усамнанас эли.
Хьеший меттахбовлу дукха,
Ма1ар-1айг, ткъа г1анташ юххе,
Хааво ши доттаг1 улле.

XXX

Уьш Танина хьалха ховший.
Цо бос баттаца ма боькъу,
Лу и хилла маса лоьхку,
Цуьнга лан мохь беза кховдий,
Тов хьасартне цунна чуьра
Даьржа, дилха дагош къиза,
Доттаг1ийн маршалла шега
Цунна хазац, б1аьрхиш дуьра
Хьада г1ерта; холчохь – иза.
Миска, яц и ирсах хьега,
Ткъа, гулбина болу ницкъ,
Цо дош эли, къардеш г1икъ,
Г1ийла ц1иэ шен балдаш дегош,
Юьсуш яха, чохь дерг лечкъош.

XXXI

Ткъа мехкарийн бийлар сов:
Догк1аддаларш, б1аьрхиш къиза
Евгений вацара товш, –
Цара хьере вора иза.
Пелхьоно той зерца нехан,
Iаткъам хилла, и йо1 еха,
Йоьхь а йогуш, холчохь гина,
Ткъа г1аддайна, балд лахдина,
Вусавелла, дош деш ира,
Ленский б1арзва ч1аг1о йира,
Ткъа и ярца цунна диэкха
И вуьйлира цхьацца лиэха,
Х1уттуш гона ц1ераш тахка,
Раз-пурх суьрташ хьешийн дахка.

XXXII

Цхьа Евгений ма ца 1ийра
Гуш и Танин хьийзар йоьхна,
Эццахь хьеший, оьхьуш кийра,
Бара б1аьрг т1е даллна боьг1на.
(Ткъа дурйина иза карий);
Кхарзалг29 – схьа, бланманже галий,
Бокх30 хьаькхначу шишнахь мийла
Цимлаьнан ма дохьу чаг1ар;
Ткъа когкедаш31, дуткъа, деха,
Цу г1адъюкъахь тера хьан,
Зизи, хьоме самарт сан,
Бехказчу сан байтийн къагар,
Безаман 1ехаме пхьег1а,
Ахь вахийна, 1ий со хийла!

XXXIII

Т1ус д1атухуш, «пох1» ма хеза:
Шишнахь долу чаг1ар аьхна
«Шаш-ш» деш; ткъа, д1анислуш, веза,
Куплет, х1инццалц лакха хьаьхна,
Трике г1отту, хьалха тийна
Цунна ма бу гулам дийна,
Танаь – яьхьна; ткъа Трике,
Иза язъеш, вулу шен
Йиш вуо лакха. Т1араш, мохь а
Бу и хастош. Йо1а лоха,
Цунна лахлуш, та1бо корта,
Байтхо, оьзда, сий дерг шорта,
Кад цо ойу, йо1 язъеш,
Куплет цуьнга кховдаеш.

XXXIV

Хьеший ловцаша денби-кха;
Татъяна баркаллаш луш.
Ткъа раг1 кхаьчча Евгенийга,
Йо1ан г1ийла амат гуш,
Ткъа йохар а, б1аьргийн дехар,
Къа а хетта, долуш кхетар,
Хьу хьулъеш, к1адвелла хаъал,
Цуьнан б1аьргийн хьажар т1уьнан
Дара башха аьхна. Баккъал
И цу йо1ан васто малви
Я, качвелла, забар цо йи,
Лаамза я лууш цуьнан
Б1аьро кхаъ-ховхалла йийци:
Цо дог Танин, дохдеш, ийци.

XXXV

Нах тойнера хьолху ара,
Хьешийн чоь д1алоцу цара:
Иштта никха чуьра шайн
Накхармозийн г1отту вай.
Делкъе тайна, шиъ, деш тар,
Iа, вовшашна лоькхуш мар;
Эманаш бу товха уллехь,
Шабарш деш мехкаршна юххехь;
Стоьлаш баьццара ю маьрша,
Схьакхойкхуш ловзархой аьрха:
Бостонна… нах биэза къена,
Вист ду мегаш милла шена;
Бу цхьатайпа доьзал иза,
Ерг шен нана г1айг1а къиза.

XXXVI

Ткъа барх1 роберт32 левзи дийнна
Вистан турпалш; церан нийсса
Цхьа барх1 меттиг хийца йийзи;
Чай схьадохьу. Суна тов и
Чайца къастаяр-кха 1уьйре,
Ткъа делкъе а, иштта суьйре.
Юьртахь хенан хета дай:
Зорха ма ю бергет вайн;
Атланг лоцуш, ду сан ала,
Аса дуьйцу, кхочий бала,
Юкъ-кара и тойнаш цхьацца,
Ткъа кхачанаш, т1ассаш цкъаццкъа,
Ахьа санна, сийлахь Iомар,
Хьан сий лахда ма дац омар!

XXXVII. XXXVIII. XXXIX.

Дохьу чай; бошхепаш дай
Мехкарша шайн караийци,
Ткъа эццахь сехьара, х1ай,
Фагот, флейта схьа ма йийки.
Мукъаман г1ар шена тайна,
Битина кад ромца чайнан,
Г1алангийн33 ша-а Парис34, тов,
Олга кхойкхуш – Петушков,
Таньа – Ленский; Харликова,
Нускал шераш идда, юьгу
Тамбовера байтхочо,
Буяновца – Пустаькова,
Зал чохь сиха стамло гуо,
Бал къеггина лепа туьгу.

XL

Ткъа боламехь кху романан
( Юьхь тептаран листа юха)
Кепехь лиъна ву Албанан
Со бал бийца Петарбухан;
Iехавеш сайн иэсо хийла,
Ас эманийн байна сайна
Дагалийци когаш тайна,
Ткъа шун юткъа лар а эцна,
Когаш, тоьур лиэла, хецна!
Къона г1улч йиш йоцуш кхийла,
Хьекъал гайта диэза сайн,
Болх а, з1еналг нисъеш, тов,
Ас пхоьалг1а тептар дай
Ц1анда деза долчух сов.

XLI

Цхьана кепехь маса тилла,
Дахар санна къона, маьрша,
Валс ду етташ муьрг шен аьрха;
Шиъ шиъ уьду, шайх цхьаъ хилла.
Шен ч1ирана веъна герга,
Онегин ма воьлу царлахь,
Олга цо ца юьту байлахь.
Цунна улле иза г1ерта,
Г1анта цо и хаайо,
Цхьацца цунна далхадо;
Ткъа ши минот яларца,
Цуьнца валсехь воду д1а;
Массо цец ву. Ленский лаьтта,
И сурт схьагуш, дог а даьтт1а.

XLII

Мазуралг ма кхайкхи. Тов,
Хезча цуьнан хьере гов,
Нана-чоь ма егара,
Паркет къаршца лелхаш цхьа,
Гурнаш, «зовв» деш, декара;
Х1инца, зударш санна, бай
Го ког шаршош хийла вай.
Ткъа нацкъарчу меттехь еха
Мазуралг, лардийриг деха
Хьалхалера суьрташ, некъаш:
Кхийсадаларш, к1ажош, мекхаш…
Ткъа уьш дуьтуш ма ца 1а
Мода, ерг вайн къиза 1у,
Хьу россехойн керлачу.

XLIII. XLIV

Сан Буянов, ша-а б1ов ваьлла,
Турпална т1екхечи вайн,
Танаь, Олга ялош; аьлла,
Онегин Олгица вай,
Ваха, шершаш, г1улч а хецна,
Охьат1аь1на, йоьшуш ховха
Цунна сонта мадригал,
Куьг а къуьйлуш, йо1ан, «ловв» цхьа,
Йоьхь ма лети, ц1иэ бос эцна.
Ленскийс, гуш и къиза хьал,
Вогуш, г1ийрате хан токху,
Мазуралг д1аяларца,
Хелхабуьйлурш къастарца,
Котилъон35 дан Олга кхойкху.

XLV

Цуьнан йиш яц. Йиш яц? Х1унда?
Олгас дош ма делла, шуна,
Онегинна. Х1ай, сан Дела!
(Х1у ду хезарг?) Биэ Ахь мела…
Аганара, гарехь, схьа
Ю сеттархо иза цхьа!
Девзаш юйца иза х1илла,
Iехам бан и 1аьмма хилла!
Ленский, боцуш ницкъ кхи 1ан,
Зударийн х1уманаш далхош,
Говр шен йоьхий, воьду д1а.
Ши тапча, ши д1аьндарг оьшу,
Оьмар яхъеш я и хадош,
Хилларг къасто уьш ма тоьу.

Гочйинарг ХАТАЕВ Хьусейн

Вайнах №2. Печатная версия, №6. Электронная версия.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх