Пушкин Александр. Евгений Онегин

фото ПушкинаРоман байташкахь

Pétri de vanité il avait encore plus de
cette espèce d’orgueil qui fait avouer
aves la même indifférence les bonnes
comme les mauvaises actions, suite
d’un sentiment de supériorité, peut-
être imaginaire.

Tiré d’une lettre particulière1

Дог доцуш 1ехо кура гуо нехан,
Доттаг1ийн терго езна а, хьуна,
Со воллу г1уллакх довзийта меха,
Дерг ч1ог1а деза, герга а суна.
Герга дерг, дицдеш исбаьхьа са а,
Ткъа кхочуш хилла сатийсам-хьулам,
Байталла2, дийна, са ц1ена башха, –
Ойланийн лакхе, атталлин гулам;
Ткъа дерг т1елаций,
б1аьрг тохий говза,
Беламе цкъаццкъа,
г1айг1ане цкъаццкъа
Къорза мор коьртийн шу беша хьовса,
Лоха берг цхьацца, лекха берг цхьацца,
Забаре стом берг ловзарийн дай сан,
Ткъа набазаллийн, синг1аттамийн3,
Хьекъало шийла диначу иэсан,
Иддачу шерийн син1аткъамийн,
Ткъа дагна, лазош, биначу монан,
[ Кхолламо йоккхуш г1улч еза вонан4].

Хьалхара корта

Вахарна ву чехка,
хаарна и кхехка.

Эл. Ваьземский

I

«Тхан ваши, дерриг низамца дийриг,
Цамгарна мацца к1елвисча и,
Х1оьттира кхайкха шеца чохь 1ийриг,
Цул ч1ог1а та1зар дан доцуш кхи.
Ткъа цуьнан масал бу шуна барам;
Ва, веза Дела, ма бала-ларам,
Цомгашниг ларвеш, дезар ладег1а,
Виллина хилла лай цуьнан дег1ан!
Вайн гуьнахь х1ума цахилар иза –
Ах са чохь 1уьллург
хьестар болх къиза,
Юкъ-кара нисба мотт-г1айба цуьнан,
Ткъа молха мало, дакъо хьаж т1уьна,
Са доккхуш доккха, ша-а шега баха,
Шех бала бина, цхьа-а да ма ваха!»

II

Цу дагахь – и жимха тиэхка,
Поштанца схьавог1уш чехка,
Лаамца везачу Зевсан
Висинарг д1акхехьа ден ц1а.
Луьдмилин, Русланан хьеший!
Бакъо луо вовзийта шайна,
Кхи лергах ца дохуш мехий,
Турпалхо романан тайна:
Онегин, ца вевза минех,
Невана ма вина уллехь,
Хьо цигахь виний-те, хьенех,
Я лелла, б1аьрг бетташ, юххехь?
Цкъа мацца со ихи цига,
Ткъа невре5 яц суна дика.

III

Iедалан болх оьзда бина,
Цуьнан дас лург вахар къастий,
Шарахь кхузза той6 деш гина,
Эххар бахам цо шен ластий.
Кхолламо Евгений ларви:
Цкъа 1у цуьнан Madame 1ийра,
Т1аккха ха дан Monsieur карви.
Бер ловзарна дара т1ера.
Миска франсо l’Abbé, гора!
Цо ма бора ларам беран:
Iамадора, лардеш г1ора,
Хьехамаш ца бора дера,
Дов а цунна лорий дора;
Уьш Аьхкенан беша г1уора.

IV

Ткъа хан кхаьчча вала новкъа,
Къоналла т1ееъна аьрха, -
Мур г1айг1ане, сирла, ховха,
Monsieur вити, шуна, маьрша.
Х1инца ву Онегин шена;
Лергина г1иллакхехь хенан,
Dandy7 санна ша-а кечвелла,
Схьаго дуьне деладелла.
Франсойн мотт цо буьйцу шера,
Язъярна цу маттахь – къера;
Цо мазуралг8 хелхар до,
Корта саттош, б1аьца йо;
Кхи х1ун оьшу? Наха, тешна,
Стаг и лери хьоме, дешна.

V

Вай массара, бац и хьастам,
Iилма 1амош, дийши мацца,
Ткъа хаарна, Далла – хастам,
Ду вайн дало масал цхьацца.
Ткъа Онегин – даре нехан
(Къмел цкъа-а ца дечу деха)
Вара меллаъ 1илманча,
Дашна говза х1илланча:
Шен къамелехь, тосуш тай,
Цо хьадора дерриг дай,
Гойтуш 1илма хилар шегахь,
Хууш 1ан таппъаьлла, эшахь,
Ткъа мехкарий белаба,
Байташ язъеш эсала.

VI

Буо бу мотт латинхойн шира:
Ткъа дерг дийцича вай баккъал,
Цунна хаар и мотт ира,
Эпиграфийн маь1на даллал,
Ювенал цхьа атта вийццал,
Кехат дерзош vale9 диллал,
Энеидан ешшал ехха
Ши байт, таслуш наггахь г1еххьа.
Дацар цуьнан дог а, хан
Кего марг1алин10 и чан –
Шира дийцарш, кхи берш т1ера,
Дара цунна генахь, хийра;
Ткъа забарш, Ромулах схьа,
Цо ма йора атта цхьа.

VII

Цунна, шовкъ а йоцуш шеца
Дахар аьзнашна д1ахеца,
Ямб а, хорей яра цхьаъ,
Дацара зов церан кхаъ.
Ларац Гомер, Феокрит,
Ткъа воьшура Адам Смит,
Волуш воккха т1аламхо11,
Долчу хьолан ахкамхо12, –
Пачхьалкх сте йо пачхьалкх, хьуна,
Стенна еха, стенна цунна
Эшац цкъа-а а деши, ала,
Иштта сурсат13 делахь дала.
И дас кхета ма ца вора,
Латта ваттана14 цо лора.

VIII

Дерриг хуург Евгенийна
Со ца х1утту дийца, хьуна
Цхьаъ ду аса кхоччуш зийна,
Коьрта 1илма дериг цунна,
Iилма, хуург цунна дика,
И г1иртинарг ма-дду тига,
Денна 1амош, йоцуш хало,
Йоцуш цкъа-а а шеца мало, –
Iилма зеран некъаш ховха
Назона йийцинчу шовкъан,
И бахьанехь, бала лайна,
Ша-а шен зама, аьрха, тайна,
Кхачийнарг Молдавехь бенахь,
Тесна шен Итали генахь.


_________________________

Х

Шалхаллах т1ех кхии иза,
Лаам хьулба, г1ийрат15 къиза,
Шега верзо, къарва атта,
Кхулу кеп ян, холча латта,
Кура хила, хила т1ера,
Тидаме я башха хийра,
Цкъа цхьа зовре, тийна, 1ан,
Цкъа, ша-а кхехкаш, къамел дан!
Безам балхош, хила гена,
Ткъа цхьаъ дезна, вогуш цхьаьнца,
Хууш вицва ша-а а шена!
Маса б1аьрца, аьхна б1аьрца,
Эхье, аьрха, ткъа гуш цкъаццкъа
Б1аьрхи лепош дола дарца!

ХI

И кхи хила г1ертар гарца,
Х1итто сурт ца кхета, тов,
Хьожуш кхеро б1арзваларца,
Хеставарца к1адва сов,
Качваларан минот лаца,
Къоналлин эс аьшнашда,
Хьекъал, шовкъ а х1иттош яца,
Везар деза, доцург къа,
До1а, дов деш, биэха ларам,
Бовза хууш деган хам,
Безам лаха, боцуш барам,
Мацца баккха цуьнан чам…
Т1аьхьа, ехна ирахь латта,
Тийналлехь барт цхьаьнга хатта!

ХII

Хьалха 1емира и хьаба
И йозанан мехкарий!
Шена х1илланца т1ек1аба
Шен къовсархой-вежарий,
Амма т1аьхьа дашца баго,
Лахба уьш нисбелча аг1о!
Шун майранаш, шеко йоцурш,
Цуьнца дара юкъ-уьйр йолуш:
Майра, х1илланах ша-а кхетарг,
Верг Фобласан дешархо,
Къано, массо ямарт хетарг,
Кур шен боккха сеттархо,
Реза верг даимна шена,
Шен эмана16, шен делкъена.

ХIII
_________________________

ХIV
_________________________

ХV

Цунна, набарх воллушехь,
Дохьур хьоькхнаш17 шуьна т1ехь:
Гулам – цаьргахь, гулам – кхаьргахь,
Кхо синкъерам ма бу гергахь –
Кхузахь – той, ткъа цигахь – ц1ай18.
Стенга вахар г1оли, х1ай!
Массанхьа а – къамел дац –
Массо метте кхочур вац.
Х1инца т1ехь – 1уьйренан х1ума,
Коьртахь – шуьйра боливар19,
И булваре воьду, шуна,
Цигахь, некъ беш, дан цхьа 1ар,
Тоххалц сема бергет20 цкъа,
И д1акхойкхуш делкъе ян.

ХVI

Арахь 1аьржа: салаз кийча.
Мохь ма болу: «Лалла, же!»
Воьду иза, буьллуш хьийза
Дато цу шен коча т1е.
Talon волчу – иза, хууш
Бухахь вуй Каверин дууш.
И чувели, ткъа т1ус – ирха,
Т1айра чаг1аран ду сиха;
Хьалха – roast-beef, ц1ий шех доьлла,
Ял къоналлин – труьфлеш юххехь –
Франсойн кухнин кхача тоьлла,
Далл Страсбурган энаюккъехь,
Гуш Ламбурган нехча сехьа,
Дашо ананас а дехьа.

ХVII

Хьогалло кад буьзна хьоьху,
Яйа мохь котлетийн йовха,
Амма бергет бека ховха, -
Керла балет ган цо воьху.
Театрана вуно т1ера,
Безарг и аьктрисаш дукха,
Верг лаамза царна хийра,
Верг кулисийн хьаша мукъа,
Онегин театре ведда,
Цигахь х1орра ма ву маьрша,
Лахъя entrechat21 а аьрха,
Къоръя Клеопатра, Федра,
Ткъа Моина, тоьхна мохь,
Кхайкха, гойтуш ша-а вуй чохь.

ХVIII

Башха меттиг! Цигахь хьалха,
Верг сатирин ша-а да цхьалха,
Маьрша стаг Фонвизин лаьтти,
Дерг схьалоцург Кнаьжнин г1аьтти;
Цигахь Озеровс ма дийкъи
Халкъан б1аьрхиш, цуьнан ловца
Къоначу Семоьноваца;
Ткъа Катенинс, дендеш, дийци
Цу Корнелин пох1ма сийлахь;
Цигахь Шаховской а ира,
Шен комедеш х1иттош, гира,
Дидло г1аравели цигахь,
Цигахь бухахь кулисийн
Къона денош сан диси.

ХIХ

Сан х1урла1аш! Шу ду стенгахь?
Аз сан хаза, делахь гергахь:
Шу дерш дуй-те? Аш дерг дийца.
Я шу хийци, ца луш хийца?
Хьоьстур дуй-те аш лерг сан?
Оьрсийн Терпсихорин са,
Т1ема даьлла, гур дац-техьа?
Я б1аьргашна сурт гур къе цхьа:
Бевзарш боцуш, исцен – г1ийла,
Iехавелла, лорнет шийла
Хьежош мела нахе аса,
Доцуш цаьрца цхьа-а а хьа-са,
Висна синош даха сайн,
Дагалоьцуш зама вайн?

ХХ

Театр юьзна; ложеш къега;
Гуш партер, хоийлаш кхехка,
Ткъа д1о лакхахь т1араш сега,
Хьала дахна, пардо техка.
Т1ера лепаш, ах цу х1онан,
Лай башхачу 1одан ша-а,
Юккъехь йолуш нимфийн гонан,
Истомина лаьтта цхьа-а;
Цхьа ког – ц1енкъахь, г1орто 1ема,
Цхьа ког г1ийла хьийзабо,
Эццахь – ирха, йолу т1ема –
До Эолас идадо;
Юкъ т1екхета, къаьста т1етт1а,
Маса ког цо когах биэтта.

ХХI

Куьйгийн г1ар. Онегин чу,
И хоийлех, когех чекх,
Шалха лорнет – тухуш ву
Б1аьрг хазачу эманех;
Толлу ерриг ярусаш22,
Толлу яххьаш, ткъа духарш,
Схьагург ч1ог1а ца товш го,
Цо божаршка салам ло,
Т1аккха воьрзу исцене,
Цуьнга хьожу сакх, терге,
Ткъа, букъ тухуш, доккху са,
Олуш: «Лаам хийца сан
Массо. Т1ех балеташ гина,
И Дидло а к1ордавина».

ХХII

И амураш, шайт1анаш…
Г1овг1а еш ду исценехь;
И к1адбелла лайш бу 1аш,
Набарш еш шайн кетарш т1ехь;
Ткъа театрехь биэтта когаш,
Йиэтта шакарш, т1араш, йовхарш;
Арахь, чохь а – массо меттехь
Стогарш догу, сирла летта;
Хебна говраш егало,
К1ордадина бухкарш шайн,
Кучерш23 ц1ераш ягош го,
Шайлахь балхош хьоладай,
Ткъа Онегин ц1ехьа юха,
Шена т1е кхи духар духа.

ХХIII

Дилла хала сурт ду иза –
Кабинетан нацкъарчу,
Цу чохь модин и лай къиза
Йоьхна, йоцуш, йоьхна ву.
Дагая мел тарлург тайна,
Ч1ич1 Лондоно юхкург вайна,
Балтийца схьакхуьйлуш сехьа,
Хьун а, дум д1акхуьйлуш дехьа,
Ткъа Парижо – чам – т1ех меца –
Йийриг механа ша-а еза,
Йийриг ловзаршна ша-а яйа,
Бахам стамба, мода айа, –
И ерриг чохь йолуш баьрччехь –
Философ, берх1итта кхаьчча.

ХХIV

Ч1иж24 т1ехь луьллеш, айа хала,
Шуьна т1ехь ду йоьза, мармар,
Аьгна балур25 дуьзна хьала –
Хьал кочачу нехан – 1ат1ар;
Яхкаш, кевнаш андан тайна,
Тукарш гома, тукарш нийса,
Карсалгаш26 цхьа ткъе итт тайпа,
Ма1арш, цергаш ц1анъеш, тийса.
Руссо, ала, дукха хаарш –
Довхо. Ца кхийтира и-м,
Вахьарх х1отта веза Грим
Шена хьалха къаго ма1арш.
Iу – маршонан, бакъонийн,
Кхузахь, бакъ а воцуш, лий.

ХХV

Хьакъ стаг хила тарло иза,
Ма1арш куьцехь кхобург шен:
Ламаст ду вайн баьчча къиза, -
Хила дог1ург, наггахь – зе.
Евгений – Чадаев шолг1а –
Нехан арз цадезарг ч1ог1а,
Педант27 вара духарца,
Нукурсак-франт бухца схьа.
Цо дойура кхо сахьт т1ех а,
Куьзганашна хьалха тийна,
Кечволийлехь28 воллий вехха,
Кхочур – ша-а Венера дийна! –
Х1урла1 – духар божарийн –
Маскараде сиха и.

ХХVI

Цу духаран кхаъ-кепехь,
Шун б1аьрг хьогург, гича т1ехь,
Барзакъ цуьнан йиш – сан дийца,
Пхьор луш 1илманчашна къийса;
И хир дара майра хьехар,
Ткъа дерг дийца ву со декхар:
Панталонаш, фрак, жилет а…
Оьрсийн дешнаш уьш ма дац-кха;
Со ву къера, дерг го суна,
Сан з1еналг29, ерг беркъа, хьуна,
Къорза гур ма яцар дукха,
Нехан дешнаш деъна юкъа…
Хийла, хийла аса кегий
Вайн дешналг1а30 академин.

ХХVII

Х1инца кхи ду дагахь вайна:
Г1ур ду вай той даа тайна,
Цига, ямхойн31 г1удалкх эцна,
Сан Онегин ваха, хецна.
Схьагуш ц1енош, чиркх ца богу,
Ткъа урамаш, наб а йог1у,
Шалха стогарш каретийн,
Сирла летта, вовшех ий,
Лай т1ехь ловзош сизалгаш32;
Къуьданашлахь берриг гуо,
Лепа башха цхьа ц1ено,
Корехь лиэла 1индаг1аш,
Уьду кортош хьенехийн –
Нукурсакийн, эманийн.

ХХVIII

Учех вели турпал вайн,
Шипцарна т1ехтили и,
Мармарх ламех вели вай,
Месаш хьала цо хьаькхи,
Ткъа и – зале. Цигахь – адам;
Мукъам х1оьттина бан къадам;
Нах мазуралг тайна бу;
Гонд1а г1овг1а, гатте ю;
Эткийн цхьамзалгаш ма ека;
Когаш эманийн ма уьду,
Уьш гуш, б1аьргаш, летта, къега, -
Когийн д1а-схьа цара туьду,
Iад-пондарийн белхам беза –
Шек зударийн лер ца хеза.

ХХIХ

Ткъа со волуш къона, аьрха,
Ловзар дара совг1ат суна:
Меттиг ма яц цул а маьрша,
Дийца дог я язъя, хьуна.
Х1ей, шу, сийлахь майранаш!
Сан хьехам д1алаца аш;
Оьшу маь1на цуьнан диэ,
Шу шайн лергаш дуйлий 1е.
Х1ей, шу, наной, хиларш мела,
Мехкарий ма бита шайна,
Нийса кхаба лорнет тайна!
Вуьшта…вуьшта, гуш ву Дела!
Атта ду-кха суна дийца:
Ох1ла вац йо1 ядо х1инца.

ХХХ

Сакъераршна, волуш мукъа,
Аса хан ма яйи дукха!
Нах дерг дита хилча хууш,
Со гур вара ловзарш дууш.
Жималла тов суна аьрха,
Гатте, лепар, делар маьрша,
Эманийн и духар тайна;
Церан когаш; амма вайна
Генахь каро Россехь и –
Куьцехь ялх ког эманийн.
Эх1! Цхьа ши ког соьца хийла
Бехи… Х1инца, ваьгна, г1ийла,
Суна уьш го, и ши ког
Г1енах бу сан к1амдеш дог.

ХХХI

Маца, стенгахь г1амарш лийса,
Тилларг, буьтур бу ахь уьш?
Когаш, когаш! Стенгахь х1инца
Шу ду аьхна зазаш хьуьйш?
Малхбалехь бодделла меда,
Къилбаседехь лай т1ехь к1ай
Аш ца йити лараш шайн:
Диэза шуна кузаш к1еда,
Церан башха, деза хьастар.
Ас шун доьхьа дукха дай цхьа,
Хьогах, дити ловца, хастар,
Сайна вахар, хьоме дайста33.
Къона, ирсе шераш, х1ай,
Бай т1ехь, шун лар санна, дай.

ХХХII

Васт Дианин, беснеш Флорин
Уьш исбаьхьа, шуна, ю!
Ткъа ког суна Терпсихорин
Царел ч1ог1а хьоме бу.
Цо, б1аьргашна там берг хьоьхуш,
Дага царна ницкъ ма ло,
Кеп-хазалла маьрша оьхьуш,
Лаамийн вай г1иттадо.
Биэза ког, Элвина, суна
Шуьнехь к1ел шаршуна, хьуна,
Б1аьста хьоьшуш бай а сийна,
Iай товхана уллехь тийна,
Ловзуш куьзган ц1енкъа юккъехь,
Чхаррин боьххьехь х1орда юххехь.

ХХХIII

Дагахь – х1орд, ду герга дог1а,
Тулг1енашца хьаг1 ю сан,
Уьш ма уьду, бина мог1а,
Йийша когех хьерчаш д1а!
Лаар эццахь, тулг1е хилла,
Когашна барт бохуш, 1илла!
Х1а-х1а цкъа-а а хилла бац сан,
Кхехкаш зама, къона, аьрха,
Лаам, бохуш барташ маьрша,
И Армидаш жима хьаста,
Я ал-зезаг беснийн меда,
Я к1ай куьг а, дуткъа, к1еда;
Х1а-х1а иштта гаттехь шовкъан
Цкъа-а ца даьлли сан дог ховха!

ХХХIV

Дагахь ю кхи зама суна!
Йиш сан йолуш сема ган,
Урх со лаьцна, ирсе, хьуна…
Муьт1ахь бу ког суна цхьа;
И ма х1утту аьрха ловза,
Дахарна со денвеш, хьовза, –
Тийна ц1ий сан доху маса,
Г1айг1а, безам биэза лан сан!..
Амма эманаш и хийра
Кхи ма бийца ахьа, лира;
Хан ца йог1у царна яйа,
Уьш эшаршца базба, айа:
Дош а, б1аьрг а, ког а церан,
Кийча 1ехо, ваккха хьера!

ХХХV

Ткъа Онегин вог1у ц1ехьа
Тойнера, набарна ветта,
Ткъа Петарбух, аьрха, х1етта
Вотано г1аттийна, еха.
Совдегар, хьадалча тиэхка,
Бирже тиэкха г1удалкххо,
Гуьмалг хьуш, охтахо34 – чехка,
Г1арж деш, дека ховха луо.
Iуьйренан гов аьхна даьржа.
Г1аьпнаш хецна; туьнталг ю
Туьйсуш пох1-к1ур, сийна, маьрша,
Бепиг доттург дойчхо35 ву,
Кехат-куй тиллина раз,
Шен д1айоьллуш васисдас.

ХХХVI

Тойнан г1аро вуо х1оттийна,
Iуьйре, буьйса вовшех ийна,
Iуьллу наб еш парг1ат и –
Бер таронан, ловзарийн.
Делкъал т1аьхьа г1оттург, т1аккха
Кийча верг, хан яйа, яккха,
Ерг цхьатайпа, къорза т1ех.
Кхане тера селханех.
Варий-те Евгений ирсе,
Маьрша, къона, хено хьоьстург,
Толамийн яьккхинарг ирхе,
Денна там кхечаьрца боькъург?
Варий-те тойнашна юккъехь
Могуш и, ша-а саннарг – юххехь?

ХХХVII

Хьалха цуьнан луурш ийши;
Хьалха цо син1аткъам бийши;
Мехкарий цо бити шайна,
Хилларш цунна совг1ат тайна;
Лан 1ехамаш х1оьтти и;
Яхь ян гуттар доттаг1ийн,
Йиш яцарна массо дийнахь
Beef-steaks, далл страсбурган хьийна
Яа, молуш т1е цхьа шиша,
Эго ира дешнаш шорта,
Лозуш хилча ч1ог1а корта;
Жимха, ерг аьрхалла йиша
Амма цо ма дити мацца:
Т1ом, тур, даш а – кхидерг цхьацца.

ХХХVIII

Башха цамгар, нислург кхета,
Йовззалц тарлург дош ца хета,
Ингалсоша сплин36 шех олург,
Доцца: оьрсийн хандра бохург
Цунна, йолуш, бале ели;
Ша-а вуьйш бан дуьненца къастам
И ца х1оьтти, Далла хастам,
Амма дахарх чам ма бели.
И – Child-Harold, дитна къинош,
Лелларг ийна, атта мацца,
Хьешийн ц1а чохь гуора цкъаццкъа,
Хаза хьажар, доху синош
Дара цунна гена, хийра,
Вацара и царна т1ера.

ХХХIХ. ХL. ХLI
_________________________

ХLII

Ткъа шу, къагорш гонан дахар!
Цо ма бити вуно чехка;
Х1инца вай ма лору бехк цхьа
Чулацаме къамел хьадар,
Тарлахь а зударша к1орга
Сей, Бентам а вайна вийца,
Вуьшта церан хабарш къорза
Лан ду хала, хала хийца;
Цу т1е уьш бу ц1енниг дагахь,
Ч1ог1а куьце, кхеташ – хаъал,
Эхь-бехк доцуш деккъа багахь,
Сема, нийса, ирсе баххал,
Божаршна уьш 1ехо хала,
Г1оли царна, сплин ловш, бала.

ХLIII

Шу, хазанчаш37, къона, х1ай!
Буьгурш т1аьхьа ц1ехьа шайн,
Г1удалкх лоллуш маса цхьа
Петарбухан некъашца,
Шуна а Евгений – гена,
Ловзарш доцуш, вехарг шена;
Къовлавелла и чохь ву,
Цхьацца язъеш ган йиш ю,
Йоза – болх, т1ехь везарг латта,
Цо ма бити сиха, атта.
Х1умма а ца язйи цо,
Яздархойн ца бевзи гуо,
Т1аьххьарниш бу герга дукха, -
Пхьалг1а тхайниг цхьаъ ма ю-кха.

ХLIV

Юха а малонан – марахь,
Са хьийзарна, даьлла акха,
И ма хии, куьйгалг38 – карахь,
Нехан хьекъал дола даккха;
Жаргийн терхина, ша-а – берттехь,
Цо уьш йийши, амма эрна:
Я сингаттам, 1ехам, г1урт,
Я эхь дац-кха, я харц сурт;
Дерриг г1оьмаш тоьхна ду;
Шира дерг – ширделла маь1на,
Керлачунна иза хьаьхна.
И ца воьду жаргат39 чу,
Эманаш а санна шайлахь,
Цо жаргаш а йити байлахь.

ХLV

Совнах дехкарш нехан генахь,
Ас, цо санна, цхьалла ловра,
Тхойшиъ вевзира цу хенахь.
Суна цуьнан эхар40 товра:
Сатийсарш ца хетар г1ело,
Тамашалла, цкъа-а ца гина,
Аьрха хьекъал, йоьлла шело.
Ткъа со – дера, и – шад бина;
Ший а шовкъийн ловзар лайна;
Ший а дахарх хьовзам баьлла;
Ший а деган алу яйна;
Ший а лан цабезам аьлла
Б1аьрзечу Фортунин, нехан,
Хан тхайн йолуш уггар деха.

ХLVI

Кхиънарг ваха, ойла ян
Йиш яц нахах хьерчаш ган;
Кхеттачунна чам – ов ду
Г1аларт денойн иддачу:
Х1ума дац цецвала цунна,
Иэсан лаьхьано ша-а къиза,
Дохковаларш вуу иза.
Ткъа цу хьоло тадо, хьуна,
До къамел а, доца хьа-са.
Мотт Онегинан цкъа аса
Т1е ца лацар, довззалц сайна
Цуьнан къийсар, доцург тайна,
Ткъа и забар, ерг ахкъаьхьа,
Эпиграмаш, кхолар хьаьхна.

ХLVII

Хийла аьхка, цхьаьна тийна,
Йолуш сирла са чекх ана
Буса лакхахь цу Неванан,
Хинан аьнгали и дийна
Ловзош доцуш васт Дианин,
Дагалоьцуш мур романийн,
Дагалоьцуш безам дукха,
Са к1адделла, ханна – мукъа,
Оьцуш т1е и буьйса аьхна,
Iара тхойшиъ, цо дог даьхна!
Г1енах г1оьмаш тоьхнарг воьду
Гаттера – бос сийна хьун чу,
Иштта ойланца цхьа дай
Юьхь ган доьлхура тхо тхайн.

ХLVIII

Дохковаларш – патар баьтт1а,
Мокхазано везаш лан,
Евгений ойлане лаьтта,
Байтанчо ма вийццар ша-а.
Буьйса тийна; хезаш деккъа
Г1аролхойн и кхайкхар теккха,
Ткъа г1удалкхийн ц1ак а сецца,
Милъоннехь41 г1аьттина эцца;
Цхьа хинкема, пийсиг хьокхуш,
Доьду хица, хьалхе йоккхуш:
Ткъа, тхо 1ехош, генахь маьрша
Хеза шедаг, йиш а аьрха…
Ткъа массарел мерза и –
Аз Торкватон октавийн42!

ХLIХ

Адриатин шу тулг1енаш,
Хьо, х1ай, Брента! Сийлахь хьелаш,
Синг1аттамах вуьзна 1аш, ткъа
Кхочур дац-те аз шун башха!
Кхаъ – т1аьхьешна Аполлонан;
Хезна лирехь Албионан,
Суна ду и девзаш, хьоме.
Дашочу Италин чоме
Буьйсанаш ас юур мацца,
Цхьа венецхо къона сайна
Уллехь йолуш, дуьйцуш цхьацца,
Ткъа, гондола хохкуш тайна,
Тхан барташна карор и –
Мотт безаман, Петраркин.

L

Маца дер – маршонан сахьт?
Зама, зама! – И ду хьашт;
Ас мох боьху, боцург бай,
Х1ордкеманийн четарш к1ай,
Дарц, тулг1енаш каде эшош,
Боло некъ, х1орд боькъуш, эт1ош.
Маца, маца хир ду и –
Берд ас битар г1айг1анийн?
Сайна ца тов бурчам43 тесна,
Хьалха воьдуш, г1улч а хецна,
Сайн Африкан стигал – хьалахь,
Г1ийла Россе кхобуш сайлахь,
Бала лайна, безам гина,
Дог ас дитнарг, чевнаш йина.

LI

Онегин ма вара кийча,
Соьца ган пачхьалкхаш хийра;
Амма кхолламо цхьаъ хастий,
Тхойшиъ вовшех д1а ма къастий.
Цуьнан да цу юкъа кхелхи.
Онегинна бели белхий:
Довхой баьхки – ц1ена вай –
Йолург яккха дагахь шайн.
Евгенийс, девнашна гена,
Кхаж а баьлла уьш ца дан,
Дас дитинарг буха шена,
Царна дерриг дели д1а,
Хууш санна лийр вуй кестта,
Шен деваша лазар кхетта.

LII

Хан ца йолуш дукха эццахь,
Цунна хабар схьа ма дохьу,
Деваша ву аьлла меттахь,
Кхуьнга цо т1екхача боху.
Хаам хезча шена къаьхьа,
Кхоьруш санна виса т1аьхьа,
И поштанца ваха, тилла,
Суртх1отторхо44, доь1уш са,
Ахча дезаш, кхобуш х1илла,
Кепаш лело, 1ехам бан…
(Сан романан юьхьиг и)
Ткъа д1акхаьчча, цунна ги:
Ваши баьрччехь 1уьллуш ву –
Бол латтана лург и бу.

LIII

Ткъа лайш уьйт1е юьзна 1ара;
Велларг волчу массанхьара
Оьхур хьеший, нах а хийра,
Ламастана ч1ог1а т1ера.
Гергарчара лазам 1евши,
Мозг1арш, хьеший яа хевши,
Т1аккха баха, беза, мукъа,
Болх шаьш бича санна дукха.
Ткъа Онегин – керла ша-а –
Гучуваьлла хьолада,
Хьалха маьрша лелархо:
Мостаг1 ражан, къерархо,
Хазахеташ хьал шен и,
Хийцаделла, долуш кхи.

LIV

Ши де юьххьехь хетар тайна:
И аренаш, 1охку шайна,
Юькъа боьлак, шело ло,
Шовда, тийна декало;
Амма т1аьхьа, воцуш т1ера,
Дерриг дара цунна хийра;
Наб т1е туьйсур гучо цунна;
Эххар кхийтира и, хьуна,
Юьртахь вахар хиларх г1айг1а,
Хаза эгалш45 дацарх гайта,
Нехан сийсарш, байташ яцарх.
Г1айг1а г1ертар къамкъарг лаца,
Висарх лаьттахь, валарх т1ема,
Хилла 1индаг1, хилла эма.

LV

Суна – мерза дахар юьртан:
Машар, беркат, 1алам хьийна,
Цигахь лира ека юькъа,
Белхан ойла – сема, дийна.
Хан а йойуш, воьдуш хьалха,
Аса 1ам ма толлу цхьалха,
Farniente46 и – г1иллакх сан.
Iуьйрено г1аттийна 1а,
Юуш мало, волуш мукъа,
Йоьшу к1езга, наб йо дукха,
Эшац ц1е – бакъ, пуьташ ийна.
Иштта аса, хийрехь, тийна,
Ма дии цкъа денош дай,
Уггар ирсе, аьхна сайн?

LVI

Мукъалла, заз, безам, юрт а,
Аренаш! Со т1ера шуна.
Даима бан лаьа къастам
Онегинний, сайний юккъехь,
Бац-кха суна иза хьастам,
Бакъ гур доцу, хиларх юххехь,
Х1оттарх ира ешархо
Я пуьтанча-зорбахо,
Теллина сан амат г1еххьа,
Аса дилли баха бехха
Сайн сурт дика массо ханна,
Курачу Байронас санна,
Тхан йиш йоцуш санна язда,
Лиъна бе васт тхайниг хазда.

LVII

Ала дог1у: бу байтхой
Кхаъ-безаман лайш баккхий.
Г1енах хьоме яххьаш гой,
Церан васт со кхобуш 1ий,
Ткъа и денда муза х1оьтти –
Б1арлаг1ах цо г1ала йоьтти;
Ас, хьолаца боцуш къийсам,
Язйи ламанхо – сатийсам,
Иштта мехкарий Салгиран.
Х1инца, доттаг1ий, аш дукха
Хаттарш ма ло юха, юха:
«Мила вуьйцуш ю хьан лира?
Муьлха, муьлха мехкарий,
Iехош, аьхна ека и?

LVIII

Хьанна, б1аьрг, синг1аттам бай
Хьабеш, ахьа совг1ат ди,
Г1ийла олуш узам хьайн?
Мила байтца ахь язйи?»
Цхьаьнцца дац-кха сан цхьа-а хьа-са!
Безаман шовкъ хьере аса,
Там а боцуш, хийла лай.
Цуьнца теснарг шен уьйр-тай,
Рифмех юцуш, зовкхе ваьхна,
Байталло т1ех барташ баьхна,
Iеми иза ловца лан,
Петраркех тарвелла ша-а.
Ткъа ас, ловш безаман ов,
Мотт ма кхеби, 1овдал – сов.

LIХ

Безам д1абай, муза – декъал,
Серладели 1аьржа хьекъал.
Лоьху ас кхаъ-аьзнийн гулам,
Ял-ойланийн, теман хьулам;
Язйо, дагца йоцуш г1айг1а,
Вицлуш, дахкац аса тайна
Ялазчу байташца шорта
Эманийн куьг, ког а, корта;
Яйна юкъ кхи денлур яц,
Ас сагатдо, б1аьрхиш дац,
Дарцан лар даг чуьра кестта
Йовр ю, йовр ю, г1ийла летта –
Т1аккха язъя хуур суна
Ткъе пхиъ йиш и поэм, хьуна.

Дагахь йолуш кепаш дукха,
Ткъа турпалхойн ц1ерийн вай,
Ас чекхбаьккхи, волуш мукъа,
Болам цхьаъ романан сайн;
И зе ч1ог1а со ца х1уьтту:
Б1останаллаш шорта ю,
Амма уьш ма-ярра юьту, –
Цензурина болх хир бу.
Шу сан белхан стоьмаш, кхача
Журналхошка, хилий кхача,
Неванан г1уо йисте д1а
Г1оза, керла кхоллар сан,
Сийлаллин схьагулъе ял:
Леран, арзан, девнан пал!

1 «Ас-со бохург ч1ог1а хилла ца 1аш, цуьнгахь яра цхьа шатайпа куралла, йиш йийриг цхьатерра бе-башха ца хеташ дийца шен дика а, ткъа иштта вуо а лиэларш – т1аьхьало ша-а лекха лоручу синха-
аман,1ехам хила а тарлучу».
Нехан кехата юкъара (фр.).
2 Поэзи.
3 Кхоллараллина болу шовкъ-лаам.
4 Пушкинан дешхьалхехь-оригиналехь берх1итталг1а мог1а бац.
5 Къилбаседе (т1ег1а)
6 Россенан дахарехь хиллачу бал бохучу синкъераман маь1нехь.
7 Лондонера нукурсак.
8 Хелхаран тайпа.
9 Могуш хийла (лат.).
10 Д1аяхана зама, х1истори.
11 Х1ума дика ларъярхо (экономхо).
12 Дерг ч1ог1а толлург (аналитхо).
13 Iаламехь стагана йохка кийчча карайо х1ума: ч1ара а, хи а и. кх. д1. а.
14 Бол а, са-а а хир йолуш цхьана ханна кхечуьнга лело дала.
15 Къиза а, луьра а шеко кхечуьнан безамах, тешамах.
16 Зудчунна.
17 Кехатан кийсигаш, цхьацца х1ума т1еяздина.
18 Деза де, 1ийд.
19 Ишлаьпин тайпа.
20 Заь1ана т1ехь леладо сахьтан тайпа.
21 Кхоссадалар (фр.).
22 Театран чуьра г1атташ.
23 Вордахонан тайпа.
24 Х1ордан силам.
25 Т1ех са болу к1аьгнаш дина дезачу аьнгалийн тайпа.
26 Бедар ц1анйо мерз-чо болу г1ирс.
27 Ша-а дийриг т1ех лерина дийриг.
28 Духар духу, дег1ана ц1ано йо чоь.
29 Дешан дакъа.
30 Элпийн рог1ехь нисдина дешнаш туьду жарга (кинига).
31 Вордахонан тайпа
32 Юткъа асанаш.
33 Даймохк.
34 Охта хинан йистера яхархо.
35 Германхо.
36 Сингаттам.
37 Исбаьхьа мехкарий, эманаш.
38 Язйо г1ирс.
39 Библиотек.
40 Амал.
41 Ураман ц1е.
42 Барх1 мог1а байт. Хьалхара ялх мог1а хийцало, т1аьххьара ши мог1а хийца ца ло рифам йолу.
43 Гонах долу дерриг: адамаш а, 1алам а… и. кх. д1. а.
44 Аьктоьр.
45 Ч1ог1а исбаьхьа йина, цхьаъ я масийтта г1атт йолу яккхий г1ишлонаш.
46 Галдеттар, мукъалла (ит.).

 

Шолг1а корта

O rus!..
Hor.1
I

Юрт, Евгенийс 1овшург г1айг1а,
Меттиг яра башха тайна;
Коьрта долчух бийриг тоам
Веха верг, беш цуьнан кхоам.
Дайн и ц1ено – юьстах, маьрша –
Мехех лардеш гуно аьрха,
Дара хи т1ехь. Гергахь гуш
Кхуьуш къорза, архь а луш,
Бецаш; ялташ, дашо, хьийна;
Уллехь – ярташ; даьхний тийна
Дежаш аренашца деха;
Ткъа и учи готта шоръеш,
Гуора йоккха, тесна беш,
Ойлане дриадаш2 еха.

II

Хаза ц1ено-эгал тайна,
Динарг дан ма-дезза, деш,
Дара онда, синтем байна, –
Хьакъ шираллин безам, теш.
Дуьйшийлаш – шайн лекха тхевнаш,
Хьешан чоь – к1аденах пенаш,
Шайна т1ехь – паччахьийн суьрташ,
Кхийран пилташ лаьцна куьркаш.
Х1инца ерриг тиша, эшна,
Х1унда ала хаац суна,
Амма доттаг1на сан, тешна,
Дара и хьал хийра, хьуна,
Гарна и са доккхуш деха,
Чоьнаш хиларх шира, меха.

III

Иза 1ара, чоь магийна,
Юьртан къано веха 1ийна,
Сте-дог1ахо3 к1езга хьоьстуш,
Корехь лаьтташ, мозий хьоьшуш.
Дерриг оьшург: ножан ц1енкъа,
Ишкапаш, стол, диван тоьлла,
Томмаг1 цхьа-а а доцу шекъан.
Онегинс ишкапаш йоьллу:
Харжийн тептар ма ду х1ара,
Д1огахь цхьа мор маларш – тайна,
Эццахь к1удалш, мутт чохь – шайна,
Кхузахь хенан рузма дара:
Къано, белхаш болуш дукха,
Ган кхи жаргаш хилац мукъа.

IV

Цхьа-а да воцуш бахам къийса,
Дукхах дерг хан яйа шорта,
Евгенийс цкъа лазби корта,
Керла низам х1оттош нийса.
Шен маь11ехь хьекъалча – буо,
Г1ело ваттан ширачу
Байчу болца хийци цо,
Хуьлуш лайшна дика 1у,
Амма воцуш шена реза
Лулахо, са-а ч1ог1а йиэза,
Зуламхо кхайкхориг и;
Вуьшта воьлуш цунах кхи,
Эххар наха, цхьа барт хилла,
Иза лери букъарш тилла.

V

Юьххьехь цунна хьеший ихи,
Ткъа уьш цуьнан амалх кхии,
Дехьахула шайна гича
Цунна х1оттош бекъа сиха,
Хазарца геннара г1овг1а,
Хьешийн г1удалкх йог1уш новкъа,
И ца дезна, цара яй
Уьйр хадийра цуьнца шайн.
«Вац и дешна; ву и терге;
Фармазон4 и, молург хийла
Ц1иэ чаг1аран стака дийнна;
Эманийн дац куьйгаш тергал;
Х1аъ-с я х1а-х1а-с дац-кха парз5».
И юкъара дара ар.

VI

Ткъа цу муьрехь юьрта ц1а
Керла да веара х1етта,
Нахана ша-а вуьйцуш 1ан
Дуьлуьйтург «г1алаташ» т1етт1а:
Верг Владимир Ленский ц1арца,
Ц1ена геттингхо верг дагца,
Товш верг, воьлларг адам тига,
Кант верг веза, байтхо дика.
Германера ц1ехьа шен
Цо 1илманан беи стоьмаш,
Маьрша ойла, довзац г1оьмаш,
Аьрха са, цхьа тамаше,
Суй-дош, хала цкъаццкъа кхета,
Iаьржа месаш, белшех кхета.

VII

Вуо эвхьазалло дахаран
Човхоза ша-а долу дела
Цуьнан са, цкъа бевзарг мела,
Уьйренех там хилла дара;
Даг чохь – к1езга довзархо –
Iалашо кхобура цо;
Дуьненан и кхаъ-са, г1овг1а
Яра цунна тайна, ховха.
Мерзачу ойланца, тов,
Цо тедора деган ов;
Вайн дахаран лехам боккха,
Яра цунна къайле токх а,
Цуьнца гуш хазаниг шорта,
Цо кегбора цунна корта.

VIII

И тешара, хьоме са
Шех схьакхетар хиларх цкъа,
Г1айг1ано ша-а дууш къиза,
Х1ара ларвеш хиларх иза;
Доттаг1ий шен хиларх, ала,
Кийча биэкъа муьлхха бала,
Шаьш ца кхоош, зулам цара
Юхатохарх, бевлла ара;
Нехан хиларх кхолламо
Къастийна доттаг1ийн гуо;
Лийрбоцчу цу гоно, маьрша
Охьахоьцуш з1аьнарш аьрха,
Хьостур хиларх мацца вай,
Ял луш, марздеш дуьне к1ай.

IX

Цуьнан кхехкар, вагар шех а,
Йоле болу ц1ена безам,
Ц1е езаран и ов-лехам –
Дара ц1ий т1ех дохуш марса.
Кхирсти иза, лира – карахь,
Шиллеран, Гоьтенан махкахь,
Байталлинан ц1аро церан
Са дохуш юкъ-кара хьера;
Исбаьхьаллийн аз и зевне,
Цо марздира, воцуш девне:
Шен эшаршкахь, хууш стенна,
Синхаамаш бийци денна,
Сатийсаман кхаъ-шовкъ йийци,
Атталлех дог кхиош, ийци.

X

Безам базби, т1ера – цхьанна,
Йиш а локхуш цунах ц1ена,
Ойла санна йо1ан-стеган,
Беран г1ан а, бутт а санна,
Буо г1амаршкахь стиглан беха, –
Теш къайленийн, синойн нехан.
Далхи къастар, ткъа и г1айг1а,
Цхьа-а а доцург, дохкан д1а а,
Ал-зезаг ма далхи аьхна,
Пачхьалкхаш ма ялхи ваьхна,
Теллинарш, хи оьхуш б1аьргехь,
Хийла 1аш тийналлин баьрччехь;
Дахар айпе далхи цо –
Берх1итта шо кхаьчначо.

XI

Цхьаллехь, и Евгений веккъа
Кхетар волуш пох1мех шен,
Луларчу хьоладайн кхехка
Тойнаш и ца вора те;
И уьдура церан г1арх а.
Дахарх нийса къамел церан:
Мангал тохарх, чаг1ар дарх, ткъа
Ж1аьлех, гергарчарех шера
Дацара хааршна къегаш
Я байталлин богуш суй,
Ира долуш, хьекъал лепаш
Я маттана говза, дуй;
Церан зударш, бе уьш декъал,
Ца гойтура оццул хьекъал.

XII

Ленский вара товш а, вехаш,
Массанхьа т1елоцуш, бешаш;
Иштта ду-кха г1иллакх юьртан:
Ше-шен йо1 ган лаар цуьнгахь,
Стагехь, волчу ахъоьрси;
Ша-а чукхаьччохь х1уттур и
Шен цхьа-а вахар г1ийла дийца,
Дагахь санна и хьал хийца;
Самар6 йолчу и ма кхойкху,
Дунаь юлу дотта чай;
Цуьнга олу: «Сема, х1ай!»
Эццахь гитар схьа ма бохьу:
Иза булу белха, далхо:
Вола ган сан петар дашо!..

XIII

Ленский, доьзал мохь буй хууш,
Зуда яло вацар сиха,
Онегин и вара лууш
Вовза шена кхоччуш дика.
Уьшшиъ – герга. Тулг1е – т1улг цхьа,
Йоза – байт а, ша а – суй а,
Боцуш оццул къаьсташ дукха.
Юьхьанца башхалло шайн
Ца буьтура уьш 1ан бай,
Т1аьхьа ийра; амма т1аккха
Уьш оьхура чуьчча – мукъа,
Де ца дуьтуш ца гуш даккха.
Иштта хьеший (ала – сан)
Болх бацарна шайн кхи бан.

XIV

Доттаг1алла ма дац вайн,
Уьйрийн бух бохийна бай,
Кхиберш вай ма лору шаннаш7,
Ткъа ваьш вай ма лору цхьаннаш.
Вай ду дагахь Наполеонаш;
Ши ког дийнатийн милионаш –
Вайна цхьа г1ирс ма бу белхан;
Синхаамна вай ду хийра.
Г1оле вара вайл Евгений;
Адамаш и девзаш т1ех а,
Воцуш царна цуьрриг т1ера, -
(Низам – цхьаъ ду, ткъа дахар – кхи)
Вуьшта вара цхьадерш къастош,
Шиэлахь церан хьежам хастош.

XV

Ленскийс дуьйцуш, воьлур иза.
Байтанчин и къамел-хаттам,
Хьекъал, бовзац 1ехам къиза,
Б1аьрех богу и суй-г1аттам, -
Онегинна тан ма тара;
Иза кхоош, и ма 1ара,
Шога дош шен багахь кхобуш,
Стенна оьшу аса бохуш
Човхо там берг боккха цунна,
Iовжам бовза вац и гена,
Ткъа вехийла и цкъачунна,
Дуьне хеташ совг1ат шена;
Аьрхалла къоначу шерийн –
Ов вай ловриг, долуш кегий.

XVI

И шиъ гуора къуьйсуш дукха
Я цхьаъ воьлла цхьаьна тига:
Халкъийн барт лаамза, мукъа,
Стом 1илманан вуо а, дика;
Цара дехкарш б1аьшерийн,
Ткъа къайленаш буо кешнийн,
Къиза кхоллам, дахар вайн
Дай дуьллура кхеле шайн.
Байтхо, кхехкаш, олург – дагахь,
Еша х1уттур, вицлуш наггахь,
Неврера поэмийн кескаш,
Г1иллакхе Евгений, ийна,
Ша-а цакхетарх, д1а ца къехкаш,
Iара, к1ентан дош зуьйш, тийна.

XVII

Ткъа шовкъаша сонта дукха
Хийла хьеший сан хьабора.
Церан хьерчарх ваьлла мукъа,
Онегинс уьш ялхайора,
Садоккхуш, къахеташ санна:
Ирсе церан к1амдарш лайнарг,
Цкъа уьш йитнарг массо ханна;
Ву т1ех ирсе уьш ца яйнарг,
Уьйр ч1аг1йинарг къастарца,
Дов малдинарг кхардамца,
Хьеший, эма уллехь – шена,
Синош даьхнарг, г1ийрат – гена,
Ткъа ларбинарг шен дайн бахам,
Бина шовкъашна и хьарам.

XVIII

Ял-тийналлин байракх лаьцна
Х1иттича вай цунна буха,
Суй вайн шовкъийн чуьра баьгна,
Доьлуш гур вай царех дукха –
Церан амалх, церан кхийсарх,
Цаьрга эрна вай сатийсарх;
Къарделла лаамза мацца,
Вайна лаьа хаза цкъацкъа
Нехан шовкъийн и мотт аьрха,
Цо ма хьадо вайн дог маьрша.
Иштта т1емало и къена,
Къона б1аьхьойн схьагуш шена,
Церан дийцарш хезаш 1а,
Хьаьгна воцуш цхьа-а и ган.

XIX

Ткъа къоналла, марса хьийза,
Саца ца ло буьйнахь вайга.
Дов а, безам, велар, г1айг1а, –
Дерриг кийча ю и дийца.
Безаман ша-а лоруш сакхтхо,
Онегинс ладуг1ур дукха,
Деган даре дезна, мукъа
Иза далхо воьлча байтхо;
Цо шен амал, гена – вона,
Юьйцура цхьа башха атта.
Евгений, раг1 йоцуш хатта,
Кхиира зэн безам къона,
Дийцар, синхаамна – деза,
Х1инца дуьйцуш к1езга хеза.

XX

Цунна езар, х1инца вайна
Хаац еза иштта тайна;
Байтанчин са ду-кха сел
Шена йиэза йина кхиэл:
Массо хенахь цхьа сатийсам,
Массо хенахь шеца къийсам,
Массо хенахь г1айг1а яй.
Цу генено, шелдо вай,
Вовшех доху шераша,
Музашна ло сахьташа,
Кхечу мехкийн васташа,
Iилманаша, къерарша
Ца хийцира цуьнан са,
Кхаъ-ц1аро дохдина 1а.

XXI

К1ант-стаг, вахнарг Олгин кара,
И бе цхьа-а а йоцург кхи,
Iехавелла теш ма вара
Цуьнан берийн ловзарийн;
Боьлакан 1индаг1е ваьлла,
И ловзура цуьнца веха,
Уьш карийна вовшийн аьлла,
Дара къамел нанойн, нехан.
Хийрехь, тхевнан к1елахь йина,
Олга хаза, вуо ца гина,
Шен ненан а, ден а гарехь
Зезаг дара, кхуьург тайна,
Къайлах ша-а буькъачу бай т1ехь,
Поллан, з1уган барт ца байна.

XXII

Байтанчина, совг1ат дина,
Цо делира башха г1ан,
Шен безамца, цкъа-а ца гина,
Елира чам мерза хан.
Бехк ма билла, дашо ловзарш!
Варшаш дуькъа цунна дийзи,
Цхьаьна хилар, дага довларш,
Буьйса, седарчий, бутт ийши –
И стигланан стогар тайна,
Хийла серло елларг вайна,
Бодашкахь вай дисча гезда,
Б1аьрхиш 1ено къайлах дезна…
Х1инца бу и вайна летта
Г1ийла къуьда чиркхан метта.

XXIII

Схьагуш оьзда, йоцуш дера,
Iуьйре санна, екхна, хьоме,
Байтанчин са санна къера,
Безаман барт санна чоме;
Б1аьргаш, стигал санна, сийна,
Елар, месаш, хазарш дийна,
Болар, аз а, г1ад а дуткъа –
Дерриг Олгехь… роман цхьацца
Аша таллахь, карор ду-кха
Шуна цу т1ехь и сурт мацца,
Цкъа со вара цунна т1ера,
Х1инца ду и суна хийра.
Бакъо луо, ешархо, суна,
Йоккха йиша ялхуо хьуна.

XXIV

Йишин ц1е Татъяна яра,
Доьххьара цу ц1арца яй цхьа
Романан аг1онаш х1ара
Со ма х1утту язъя, айа.
Ткъа и ц1е? Цхьа аьхна ека;
Цуьнца, хууш, деш цхьа нека,
Эс шираллин деха дукха,
Къера хилча, ала ду-кха,
К1езга бу и безам вайца,
Вай тохкучу ц1ерийн вайца
(Байташ йийцар совнах ду);
Вайна серло хьарам ю,
Цунах вайна йолу са-а –
Коча сеттар деккъа ша-а.

ХХV

И, Татъяна йоккхург ц1е,
Хазаллица йишин шен,
Цуьнан дилхаца, бос – ц1иэ,
Яцара б1аьрг берзо т1е.
Акха, г1ийла, йоцуш къада,
Цхьа лу санна, кийча яда,
И доьзалехь 1ара, хьуна,
Йолуш санна, хийра цунна.
Хьасталуш ца гора цкъа-а,
Уллехь долуш нана, да;
Ша-а – бер, берашца юм эцна,
Ловзар, идар ца деш, хецна,
Хийла, лардеш денош дийна,
И ма гуора, корехь тийна.

ХХVI

Ойланалла, неша8 – еккъа,
Цо аганан денойх схьа,
Юьртан хан, д1айоьдург теккха,
Сатийсаршца йора тан.
Маха ганза п1елгаш аьхна
Хуьйцуш, тоьгуш, охьат1аь1на,
И ца х1уттур ч1урашца
Денда гата бустамца.
Доладархо хилла говза,
Бер тайнигца долу ловза,
Кечло иза г1оза даха,
Кхетам баллий шена наха,
Тайнигна, дош олуш къена,
Цо хьехамаш ма бо ненан.

ХХVII

Татъянас, ша-а долуш бер а,
Тайниг шен ца оьцур кара;
Кхаьънаш, мода юьйцуш керла,
И ца юллур цкъа-а а мара.
Долуш берийн аьрха хьийзарш
Гена, кхерам тосу дийцарш,
Iаьн т1ехь буса 1ехорш корта,
Дара цунна герга шорта.
Ткъа бабас гулбича мацца
Олгин доьхьа майданехь
Цуьнан кегий нешаш цхьацца,
И ца ловзар хьаббанех9,
Церан ловзар, аьрха, девне,
И еш хьере, дара зевне.

ХХVIII

И ч1еркехь10 ма юьсур 1ан,
Хан малх г1отту лиъна ган –
Бесачу стигалахь тийна
Бовш седарчийн мог1а дийна,
Гийла серладолуш латта,
Iуьйренан х1о хьоькхуш дай,
Керла де долалуш г1атта.
Буьйсанан 1индаг1о 1ай,
Ахдуьне шен марахь къуьйлуш,
Тийналле дагара дуьйцуш,
Дахкарлахь бутт мела къегаш,
Малхбале, бодъелла, ехаш,
Цхьана хенахь, доцуш хала,
Чиркхашца и г1оттур хьала.

XXIX

Романаш, чов лахъеш вонан,
Цунна оьшург дерриг лора,
Iехамаш и тайна гуора
Руссонан а, Ричардсонан.
Цуьнан да, цхьа дика хьенех,
Ширачу хенера минех,
Жаргашна ма вара гена,
Пайда ца гуш цаьрца шена,
Ловзаргаш уьш лоруш, ала,
И ма 1ара, боцуш бала,
Йо1а йоьшучу жаргийн,
Болх а беза хеташ и.
Ткъа эмана цуьнан, тов,
Ричардсон кхаъ бара сов.

ХХХ

Бешна Ричардсонан мог1а,
Яцара и везаш ч1ог1а,
Я Грандисон йоьлла тига,
Ловласал и лаьрра дика;
Ткъа сту-йо1а цу Алинас,
Кхуьнан Москохара шичас,
Бийцира уьш хийла цунна.
Х1инца майра волу хьенех
Цу хенахь т1ехьийзаш кхунна,
Кхуо сатеснарг вара кхи,
Хьекъал, дог д1аэцна минех,
Цуьнга кхойкхуш, ехаш и:
Ткъа Грандисон ма вара вайн -
Франт, ловзархо, сержант, х1ай!

ХХХI

Цуьначух кхуо духар лелош,
Модехь дерг, къегина цхьа,
Х1ума доцуш шега хьехош,
И елира маре д1а.
Цуьнан г1айг1а тея аьлла,
Майра вирзира-кха ц1ехьа –
Цу шен юьрта, ткъа йиш хаьлла,
Х1ара гонехь цигахь г1ийла,
Етталуш, йилхира еха,
Дохо санна маре шийла;
Эххар хьолах кхиира,
Цунах йоьлла, йисира.
Х1умнах волар кхаъ бу тайна:
Ирсан метта бу и вайна.

ХХХII

Йоларо малбира бала,
Байба ша-а ницкъ боцург, ала;
Мацца, къайле евзича,
Цуьнан кхоччуш тийра са:
Г1уллакхна, къерарна – юххехь,
Цо кхетийра х1у дан диэза,
Майра караверзо шена.
Т1аккха, белхашна ша-а – юккъехь,
И 1емира бахам токх бан:
Iаьнна нускалш хи чу дохка,
Лара харж, ткъа ларга кортош;
Луьйчу денош дира шотош,
Г1арбашна еттара ша-а,
Майране ца кхойкхуш цкъа-а.

ХХХIII

Хьалха ц1ийца бохкуш гуора
Албом т1е цо зудрий меда,
Прасковъех Полина йора,
Къамел дора башха к1еда,
Юкъ йоьхкура, къовлуш сов,
Оьрсийн Н, N францойн санна,
Манкха луьйш, олура, тов;
Х1инца и дай массо ханна:
Доьхка, албом, ва Алина,
Байташ т1ехь и тептар, хьуна,
Цо ма дицди: х1инца цунна
Акулини11 ю Селина,
Эххар цо яьккхира карла
Бамби т1ехь шлафор12 а, пес а.

ХХХIV

Майра, доггах иза езаш,
Iара, цуьнан болх ца толлуш,
Г1айг1а йоцуш, цунах тешаш,
Халат йоьхна, молуш, кхоллуш;
И ма вара зовкхан марахь;
Наггахь схьагуллора сарахь
Лулахойн цхьа доьзал тоьлла –
Гуо доттаг1ийн, кхарех боьлла,
Цхьаъ даглаца, хьал шайн дийца,
Цхьаьна диэла, цхьацца къийса.
Дуьйцуш-олуш хан д1ахьора,
Олгас чай а ма кечдора,
Суьйре йора; де д1адай,
Хьеший ц1ехьа боьлху шайн.

ХХХV

Цара дехаш, т1е а доьрзий,
Ламасташ лардора хенан;
Цаьргахь, даьтталг13 йолуш хьена,
Г1аймакхаш хуьлура оьрсийн;
Шар чохь кхобура ши марха,
Дезара буьрбаьнчиг хахкар,
Тойнан эшарш, бал а баккхар;
Ц1ай Кхаарг1а14 – доьшуш до1а,
Наха синош дохуш лоха,
Уьш ма 1ара маьрк1ажехь
Б1аьрхиш 1енош белхарехь;
К1уо15, х1о санна, дезаш сов цхьа,
Цара шуьнехь, хьеший лаьрра,
Кхача лора, дарже хьаьжжа.

ХХХVI

Уьш ма бара къанлуш 1аш.
Эххар делла делира
Майрачунна хьалха каш,
Цуьнан седа бедира.
И кхелхира хуьлуш делкъе,
Лулахо т1ехь лаьтташ, воьлхуш,
Бераш, зудчо воьхуш Деле,
Ца хедаш, б1аьрхиш а оьхуш.
Иза вара дика барин16,
Х1инца доьшу цуьнан коьртехь
Лаьттачу буо чуьртан чхар т1ехь:
Х1ара миска, Дмитрий Ларин,
Биргадир а, Делан лай,
Кхузахь кхунна синтем бай.

ХХХVII

Ленский, вирзича ша-а ц1ехьа,
Кешнашка х1оьттира цкъа,
Лулахонан барз т1ехь веха
Лаьттира и, доккхуш са;
Чов а хилла, 1ийра тийна:
«Poor Yorik!17 – олуш, 1ийна, –
Со карахь цо лелий хийла.
Ас, бераллехь, ловзий кестта
Цуьнан т1еман мидал ц1естан!
Олгица сан дахар доьзна,
Ган и лууш вара соьца».
Лаьттина ойлане, г1ийла,
Владимирс, баркаллаш баьхна,
Язйира байт цунна аьхна.

ХХХVIII

Ден а, ненан чуьртан хаам
Цигахь боьшуш, боцуш хьаам,
И вилхира т1аьхьа царна…
Дахаран урдашца, тарна,
Т1аьхьенаш, кес санна к1енан,
Къайлено ма денйо цхьацца,
Г1овтта, кхиа, эга мацца,
Кхелхаш, чкъор т1едеъча ц1ена…
Иштта вайн а тукхам маьрша
Стамло, ловзу, кхехка аьрха,
Дайшца къаьста сихдеш сахьт.
Гур ду, гур ду вайна иза,
Вайн бераша, мур и – къиза,
Хуьйцуш вай а, хиларх хьашт!

XXXIX

Ткъа цкъачунна, доцуш хийра,
Дахар даа, доттаг1ий,
Со вац цуьрриг цунна т1ера,
Хиъна цхьа-а а доций и;
Г1аларташца со ву шийла,
Амма лаамаша г1ийла
Т1ех вуо хьадо дог юкъ-кара:
Лар а йоцуш сайх цхьа-а, хьуна,
Дуьне дитар г1айг1а – суна.
Вехац, язъяц, ловца – дагахь;
Амма лаьа, иштта магахь,
Хастош оьмар сайниг х1ара,
Цхьа аз сайх дуьсийла даха,
Ч1ог1а деза лоруш наха.

XL

Хьадийр ду цо дегнаш эшна;
Кхолламо ларбина беха,
Мега ца бовш Летехь18, тешна,
Биса и сан мог1а меха;
Тарло мацца (лаьа – теша!)
К1езга хаархо цкъа тига
Лаамца сан мог1а беша,
Бохуш со ву байтхо дика!
Сан баркалла хьуна ду-кха,
Аонидаш19 лорург дукха,
Ахь ларйийр ю эсехь хьайн
И сан кхолларш башха яй,
Ахь, байт йина ч1аг1о деган,
Дийр ду сий воккхачу стеган!

1 «Х1ай, юрт!»… Х1ораци (лат.).
2 Хьуьнан синош.
3 Хьоладенан кертахь дог1анаш лардийриг.
4 Шен амалехь, массо х1ума шеконе дуьллу, маршонна т1ера стаг.
5 Кхузахь – деза.
6 Чайнна хи дохдо йоккха юзийла.
7 Кхузахь – нулеш.
8 Йо1-доттаг1.
9 Лечкъаргех.
10 Ц1ийнан пенаца кхозуш арахьахула йина т1ех1уттийла.
11 Оьрсийн Акулька нохчийн хьесапехь.
12 Дойчхойн маттахь халат.
13 Кхузахь оьрсийн г1аймакхийн ц1ай.
14 Кхузахь керстанийн Делан кхо ц1е лору ц1ай.
15 Дакъийначу кхаллар т1ехь йина молу мерза кочалла.
16 Хьолада.
17 Миска Йорик (инг.).
18 Ширачу желтийн (грекийн) мифологехь бухарчу дуьненан вицваран хи.
19 Исбаьхьаллин, байталлин тайпанийн дола до ширачу желтийн куц хаза, сийлахь эманаш-г1аларташ.

 

Кхоалг1а корта

Elle était fille,
elle était amoureuse.
Malfilâtre1

I

«Стенга? Маржа, байтхой, х1ай!»
– Iе, Онегин, хан – сан ваха.
«Ас ца хьево; амма ахьа
Хьаьнца йо суьйренаш хьайн?»
– Ларинг1аьрца. – «И ду совг1ат.
Ахь х1ун дуьйцу! Мохь бац сов цхьа
Х1орра суьйре такхар цаьргахь?»
– Банний бац. – « Кхетош, дийца ахь.
Кхузара го дерриг шера:
(Бакъ со велахь, хила къера),
Оьрсийн доьзал, беха бертахь,
Хьеший лорург боккха кхаъ,
Тушпа2, т1аккха къамел цхьаъ
Дог1нах, ормах3,
даьхнийн кертах…»

II

– Бохам бац-кха боккха иза.
«Г1айг1а ю-кха, доттаг1, къиза».
– Кура гуо шун безац суна;
Гуо доьзалан г1оле, хьуна…
– «Юха а и эклог4 йоьхьар!
Йита иза, Делан доьхьа.
Ткъа х1ун дийр ду? Д1алалла яй.
Ленский, хьажахь, йиш яц сан
Ган Филлида хьоме хьан,
Синан, месан кхаъ, и тера,
Б1аьрхийн, рифмийн et cetera5?..
Гайта и». – Баккъал? –
«Х1аъ, х1ай!».
– Суна – там. – «Маца?».
– Х1инцца.
Вай т1елоцур цара дика.

III

Воьдий? –
И шиъ ваха, аьрха,
Ткъа д1акхечи; лелий ч1ог1а,
Даарш дохкуш дийнна мог1а,
Кепехь шираллийн, комаьрша.
Хьошаллин ламастца кхийли:
Боккха гулам тушпанийн,
Цу т1е царна деха мийлий
К1удал чохь эцхьаман6 хи.
……………………………….
……………………………….
……………………………….
……………………………….
……………………………….

IV

Уьш некъаца боцучу
Вуно сиха бог1у ц1ехьа,
Х1инца къайлах вайн йиш ю
Къамеле ладог1а церан:
– Хьо-м, Онегин? Синош дохуш. –
– «Воьлларг, Ленский».- Амма, хьо гуш,
Т1ех – саготта. – «Со-о верг ву.
Амма арахь 1аьржа ю;
Эндарини7, чехка хахка!
Меттигаш х1орш ц1армат, акха!
Ткъа: Ларина ю, са – дийна,
Йоккха стаг, цхьа хьоме, ийна;
Кхоьру: эцхьаман хино
Зе ма дойла суна вуо.

V

Ткъа Татъяна муьлха яра?»
– Йолуш т1ех саготта ша-а,
Дош ца олуш корехь цхьа-а
Iийнарг, йоцуш иза-х1ара. –
«Хьуна езарг ю-кха кхи?» –
– Ю. – «Аса хоржур яра и,
Со хьан метта байтхо хилча.
Олгин вастехь дахар дац-кха,
Вандикан Мадонехь санна:
Йоьхьца ю и ц1иэ а, горга,
Ша-а бутт санна, 1овдал г1орза
Хилла, и Ма-а8 къагорг ханна».
Владимир, жоп делла шийла,
Кхи дош доцуш, 1ийра г1ийла.

VI

Ткъа Онегин шайга вар а
Ларинг1арна кхаъ ма бара,
Лулахошна ловзар даллал,
Генарчарна бал а баккхал.
Т1аьхьа-хьалха, хезаш хетарш,
Наха шайлахь, сема – ла,
Забарца я латош къа,
Вира и Татъянин везар;
Цхьаболчара дора ч1аг1,
Бина баьлла бохуш мах,
Ду цкъачунна дерг латтош,
Модехь мух1арш ца карош.
Ленскийх дерг, ца оьшуш лара,
Хьалххе уьш къастийна 1ара.

VII

Татъяна карзахе йора
Цу хабарша; амма гуора
Цунна дуьйцург, боцуш тилам,
Ган лаьий, шех хилла хилам;
Ойлано беш башха хьехам,
Даг чохь г1аьттира ял-безам.
Иштта урдо дола до
Х1у б1аьстенца ма денло.
Тоххара, кхетамца кхиъна,
Йогуш зовкхе, г1айг1ане,
И стом бовза яра лиъна;
Тоххара дог айаме
Доьллера ваз цуьнан къийла,
Са х1оьттина васташ кхийла.

VIII

Кхоьлли эххар …Б1аьрца ги;
Цо ма а эли: х1ара и!
Х1инца буьйсанаш, ва денош,
Ва бурконе г1ан, и 1ехош,
Везарх дуьзна; дерриг цунна
Денна иза валхош, хьуна,
Нуьцкъала. Х1инца маь1на,
Тов, и къамелийн хьаьхна,
Лайш тергоне новкъа бу.
Ойланаша йина йийсар,
Ткъа гуш денна хьешийн сийсар,
Царна яппарш еш и ю,
Ца товш церан кхачар,
Бах а белла бахар.

IX

Х1инца йоьшу роман цо,
Хилла башха ешархо,
Схьагуш санна ховха безам,
Цо ма муьйлу мерза 1ехам!
Ирсечу сатийсамо
Денбина турпалхойн гуо:
Везар Юлин и Волмар,
Малек-Адел, ди Линар,
Ткъа и Вертер, бала лов,
Грандисон а, башха тов –
Берриш, наб т1е туьйсурш вайна,
Ч1ог1а хьешана вайн тайна,
Ма хетара боккха кхаъ,
Онегин шайх хилла цхьаъ.

X

Ша-а васт хеташ жаргийн дийна,
Йохуш ц1ераш турпалхойн:
Клариса, Юлаь, Делфина,
Татъяна, хьаннашка г1ой,
Лиэла, зене жарга толлуш,
Цу т1ехь лоьху, карбо мацца
Шен суй-къайле, шен сатийсам,
Ткъа шен деган стоьмаш цхьацца;
Цо са доккху, дола боккхуш
Нехан айам, г1айг1а-тийжам.
Терге, шабарш деш, и еха,
К1анте кехат яздеш деха…
Ткъа вайн турпал, тешаш вийццал,
Грандисон вацара билггал.

XI

Шен з1еналг дозаллах юттий,
Кхоллархочо хьалха хийла
Кхуллура турпалхо, х1уттий,
Кхаъ берг нахана цецбийла.
Цо и хьоме хьенех шен,
Бехк-гуьнахь шен доцург цкъа-а а,
Вора к1еда, хьекъале,
Йоьхьца хаза, ц1иэ а басца.
Ц1ена суй чохь шена летта,
Схьагург айаме а, воьлуш,
Лата кийча нехан метта,
Ткъа т1аьххьарчу декъехь, тоьлуш,
Вонах лардина халкъ, латта,
Дика доьхьа лийриг атта.

XII

Х1инца хьекъалш – дахкарлахь,
Кхетам, хийцабелла – кхи,
Романо, еш цуьнан яхь,
Сонталла толамхо йи.
Британин байталлин бийцам9
Ду кхиазхо хьаво г1ан,
Х1инца цуьнан эла – хан
Токху ойлане Вампир
Я Мелмот, и хаьдда хир,
Ца ле жуькти, я Корсар,
Я къайленан да Сбогар.
Лорда Байронас беш хийцам,
Романталлин10 г1айг1а яьржи,
Эгоалла11 турпалш хаьржи.

XIII

Доттаг1ий, х1у маь1на цуьнан?
Лаамца стигланийн со а
Байтхо воцуш ган ма мега,
Кхи шайт1а да хилла деган,
Парг1атчу йозана12 луш
Аса бол, Фебана13 гуш;
Т1аккха роман, хьалха санна,
Ас язйийр ю массо ханна.
Дуьйцур дац вуо цу т1ехь аса
Синан шеца къиза хьа-са,
Аса юьйцур цу т1ехь еха
Оьрсийн доьзалан лар меха,
Дуьйцур безаман кхаъ-г1енаш,
Вайн шираллин деза хьелаш.

XIV

Карладохур и къамелаш
Ден а, къеначу вашин,
Берийн меттигаш, до кхетарш –
Шира хьехаш, хьостан хи,
Къиза г1ийрат, бийриг 1ийжам,
Къастар, б1аьрхиш, беха тийжам;
Бохор барт а, вовшахтухур,
Эххар ирсе бига х1уттур…
Далхор ховха дешнаш шовкъан
Д1абаханчу безаман,
Аса хьалха, олуш ловца,
Когашкахь сайн езаран
Аьлларш доггах цуьнга мацца,
Х1инца декарш даг чохь цкъаццкъа.

XV

Х1ай, Татъяна, сан Татъяна!
Хьоьца – воьлху, юу къахь;
Ял-безамна яхна 1ана,
Йовсаре дог кховдий ахь.
Х1аллак хир ю; ткъа цкъачунна,
Сирла 1алашо – даг чохь,
Ахь бодане ял ма йоьху,
Бевза дахаран зовкх-мохь,
Кхаъ-д1овш мала кад ахь лоьху,
Сатийсамийн ю хьо лай:
Массанхьа ю моьтту хьуна
Меттигаш дог дийца дай,
Кхузахь, д1огахь ву-кха иза,
Хье д1аэцна гаур къиза.

XVI

Татъяна, безамо огу,
Беша яхна, тийна 1а,
Эццахь б1аьргийн хеба гуо,
Мало йо г1улч яккха цо.
Ваз айделла, беснеш йогу,
Девзина дагаран тов,
Барташа ца доь1у са,
Суйнаш – б1аьрехь, лерехь – гов…
Буьйса юлу; бутт ма бу,
Iарчаш толлуш, хилла 1у,
Зарзар бодашкахь ма дека,
Аьзнаша деш х1онехь нека.
Татъянина наб ца йог1у,
Бабица къамеле йолу:

XVII

«Баба, наб яц: кху чохь – йовха!
Чу даийта и х1о ховха».
– Танаь, х1у де? – «Соьгахь – г1айг1а.
Ширалла йийцийта вайга».
– Муьлха, Танаь? Цкъа сан мацца
Дара дийца дукха цхьацца:
Шира хилларш я цахилларш
Вочу синойх, мехкарех;
Х1инца, Танаь, бода, тиларш:
Дуьйцург дуьйцу хетарехь.
Эс сан вуно ч1ог1а эшна! –
«Дийца, баба, ахьа тахна
Къона шераш, хилла, тешна,
Хьо цу хенахь безам бахна!»

XVIII

– Танаь! Буьйцуш и ца хезна,
Цунна корта цкъа-а ца лезна;
Иштта хилча, теша хьо,
Лоллура марнанас со. –
«Уой, хьо муха яьлла ц1ера?»
– Дела дика. Со Ванел а
Яра йоккха, ю со къера, –
Кхойтта шо со кхаьчна яра.
Захалш ихира ши к1ира,
Эрна цара некъ ца бира,
Эххар тхан да т1е ма тайра.
Уллехь воцуш хинверг майра,
Ч1аба сан д1ахьийцира,
Йишца килсе йигира.

XIX

Т1аккха йоссийра чу нехан…
Хьо-м яц хезаш, тем бац хьуна… -
«Баба, г1айг1а соьца еха,
Хезарг, схьагург хьаьхна суна:
Елха, уг1а кийча – со!..»
– Хьомениг, ю сиркхо хьо;
Дала ларъе, 1алашъе!
Хьайна оьшург ала диэ…
Деза хи хьарсийта т1е,
Уой, хьо йогуш… – «Сан хьу – безам:
Эрна, баба, муьлхха хьехам».
– Уой, сан к1орни, Дела – вайца! –
Бабас жа1ар, до1а дарца,
Лоьцу, лаца доцуш де.

XX

«Безам бахна », – юха, юха
Бабе олура цо дукха.
– Деган доттаг1: сиркхо ю хьо. –
«Безам бахна: йита ахь со».
Цу юкъа бутт богура,
Зовре са луш, кхозура,
Дотуш Танин амат тийна,
Яьржина и к1ажарш хьийна,
Цуьнан б1аьрхиш, г1ант а шира,
Т1ехь 1а баба хьалха цунна,
Хьулбина шен корта сира,
Доьхна йовлакх, кетар, хьуна;
Дерриг схьагург тар деш лаьтташ,
Батто ни1мат 1енош лаьтта.

XXI

Дагца лиэла, яьлла гена,
Татъяна, бутт боьлуш шена…
Эццахь ойла хили цхьа…
«Баба, йижа хьайна д1а,
Ткъа луо мас а, кехат соьга,
Стол т1етатта, доьху хьоьга;
Бехк ма билла». И ю цхьа-а.
Дерриг тийна. Бутт а серса.
Кехат яздо, чаккхе – герга.
Хьалха ву Евгений ша-а,
Кехат сиха ма ду, тов,
Йо1а безам балхош сов.
Кехат кийча, мукъа ю …
Татъяна! И хьаьнга ду?

XXII

Бевзара хьенехаш хийла,
И, 1а санна, ц1ена, шийла,
Дош цахезарш, мар а хьала,
Кхето берш хьекъална хала.
Церан яхьах со ца кхии,
Цаьрца эхь-бехк ас ца бийкъи,
Къера, ас уьш битира,
Хьаьжца церан дийшира
Жоьжаг1атан йоза-мах:
Iалашо ма кхаба ахь.
Безийтар бу царна бохам,
Кхерам тасар – царна толам.
И саннарш Неваца дукха
Гина хила мега шуна.

XXIII

Оцу буьйцучарна юккъехь
Кхиберш гина, лаьтташ юххехь,
Болуш тобана шайн т1ера,
Безаман ловзаршна хийра.
Ткъа х1ун карий суна, х1ай?
Цара луьраллица шайн,
Къахкош мела безам, хьуна,
Керла ницкъ ма лора цунна.
Хеталора къийларшца,
Хезачу шайн дийцаршца
Наггахь уьш бу аьлла аьхна,
Таккха, шело церан хьаьхна,
Везархо ма гуора къона
Вулуш юкъа церан гона.

XXIV

Ткъа Татъяна бехке стенна?
Никказ, яхарна ша-а денна,
Ца гуш шена цхьа-а а 1ехам,
Беза болуш деган лехам,
Везарна шалхалла йоцуш,
Синхааман лай ша-а йолуш,
Хиларна тешаме ч1ог1а,
Стигланаша делла пох1ма,
Цундела – сингойла14 аьрха,
Сема хьекъал, мукъо15 дийна,
Шен лаамехь корта маьрша,
Дог, ховхалла, алу ийна.
И бехке ян мила ву,
Евзинехь цкъа шовкъийн хьу?

XXV

Цхьа нукурсак ю дов хатта,
Ткъа Татъяна, доцуш атта,
Iа, бер санна хьоме цхьа,
Безамна са делла д1а.
Цо ца боху бита беза
Иза, йоцуш санна реза,
Гура бог1у бог1а цкъа;
Юьхьанца яхь оьшу ян
Iалашонца, т1аккха, шеква,
Б1арздеш дог т1ех, юха денва
Г1ийратечу суйца иза,
Вуьшта, кхеттехь халххе чам,
Йийсархо, х1иллане, къиза,
Вада тарло, ца беш хам.

XXVI

Кхи цхьа хало еза ган:
Лардеш сий хьомечу мехкан,
Гочда деза шуна сан
И Татъянин кехат меха.
Оьрсийн мотт и хууш вуо,
Вайн журналаш дешац цо,
Ткъа шен маттахь дезарг ала
Цунна бара боккха бала,
Цо язйора франсойн маттахь…
Ткъа х1ун дийр ду? Бе аш кхетам:
Х1инццалц схьа эманийн безам
Оьрсийн маттахь балхабац,
Долу хьал ма-дарра латтахь,
Балхош иза кестта гац.

XXVII

Хезна: эманашна йиэша
Оьрсийн маттахь 1амор аьлла,
Маца гур ю и вайн неша
Оьрсийн журнал диэша яьлла!
Даре дайша, байтанчаш,
Долчунна шаьш хилий къера,
Аш базбина хазанчаш,
Байтца хьоьстуш лергаш церан,
Кхоьруш ян ца хууш вас,
Хала хууш оьрсийн мотт,
Бацара и буьйцуш раз,
Аша ца еш цуьнан чот,
Церан багахь мотт и нехан
Ца бекара хилла ненан?

XXVIII

Т1е ма нисве цкъа-а со Дала
Тойнехь я цу уьйт1ахь, х1ай,
Цу семинархонна, ала,
Я цу академхонна вайн!
Деларх хаьдда барташ санна,
Гарматикан г1алат доцу
Оьрсийн къамел т1е ца лоцу
Ас еллачу сайна ханна.
Бешна вайн журналийн мор,
Iамош гур хазанчийн чкъор
Вайн гарматик, аьлла х1айт,
Цуьнца 1амош еша байт;
Суна хийра и болх, хьуна.
Эс шираллин – мерза суна!

XXIX

Нийса доцу, раз и шабар,
Ц1ена доцу леран хазар
Дека со т1ех карзах воккхуш,
Хьалха санна гилгаш дохуш;
Дохковала ницкъ бац, хьуна.
Галлингаш16 ду хьоме суна,
Къинош санна къоналлин,
Байташ санна Богданчин.
Амма тоьур. Х1инца дог1у
Гочда кехат хьешан сайн;
Ас дош делла, амма вогу,
Бац-кха и болх, шуна, бай.
Хаа: аьхначу Парнин
Пелаг17 модехь йоций кхи.

XXX

Тойнийн, теман илланча,
Ткъа хьо хилча х1инца соьца,
Ас дийр дара дехар хьоьга,
Хилла меллаъ х1илланча:
Ахьа декордара товш
Хьасартнечу йо1а-стеган
Кхечу къаьмнийн дешнаш к1ов,
Бина царех мукъам деган.
Гучувала. Ткъа и хьенех,
Арахь ларъеш езар-минех,
Финхойн махкахь кхерста г1ийла,
Толлуш т1улгийн чхарраш шийла,
Шен лаамца цигахь 1а,
Воцуш эца бала сан.

XXXI

Ду Татъянин кехат тайна,
Ас бан биэза цуьнан кхоам,
Маь1на туьдуш, доьшу сайна,
Доьшу, дешарх боцуш тоам.
Хьа кхиий и аьхналлех,
Нийса дешнийн б1аьрзаллех?
Хьа бовзийти, ала хьуна,
Мотт безаман оццул цунна?
Дог а доьлхуш цуьнан къина,
Со ца кхета. Беркъа ду
Х1ара гочдар, сиха дина,
Кеп ерг суьртан дийначу,
Ша-а Фрейшиц, хазийнарг вуо цхьа
П1елгаш бетташ дешархоша:

Татъянин Онегине кехат

Ас хьоь яздо – и ца тоьу?
Кхи т1е тоха х1ун ду сан?
Х1инца хьоьгахь таро ма ю
Инкарлонца со лахъя.
Амма велахь болуш т1адам
Къинхетаман хьайца хьо,
Ахьа, бешна сан синкъадам18,
Йийр яц, гарехь, аьшнаш со.
Дагахь яра цкъа ца язда,
Вуьшта, теша, эхь сан х1ара
Хьуна къайле хир ма яра,
Йиш сан хилча хьуна тада
Наггахь я цу к1ирнах цкъа
Вар сакъера юьрта тхан,
Ас хьан къамел хезаш дийна,
Эр ма дара дош сайн тийна,
Таккха юьсуш хьо ган хьаьгна,
Безамо ваз даьрра, аьгна.

Амма боху хьо цхьаъ веха,
Гуттар хаьдда уьйрех нехан;
Ткъа тхо – пекъарш. Х1ун диэ т1аккха?
Дог хьан эца ох1ла дац-кха!

Х1унда кхечи тхойца ловза?
Юй ца хууш йолчу юьртахь
Йиш хир яцара хьо вовза,
Йиса къахь ловш чохь а, уьйт1ахь.
Кхехкар къоначу сайн синан,
Хьанна хаа, со тедина,
Кхиниг цхьаъ карийна сайна,
Хилла эма тешаме,
Нана хилла кхетаме,
Яха х1уттур, дахар тайна.

Кхиниг!.. Х1а-х1а кхиниг аса
Хоржур вацара цкъа-а дагца!
Къастам кхиэлан бу и цхьа…
Мукъо стиглан: со ю хьан;
Дахар сайниг хилла, хьуна,
Закъалт гур хьо хиларх суна;
Суна велла Дала хьо,
Ахь ларйийр ю валлалц со…
Хьо г1енашкахь доьхьал тийси,
Гина воцу, хьоме хийти,
Со хьажаро малйи хьан,
Аз хьан дийки даг чохь сан
Мацах… и ца хилла г1ан!
Гучуваларца хьо вевзи,
Кхаъ хиларна корта хьевзи,
Хеби, йогуш, яьккхи хан,
Хьо вовзарна къера ю,
Сайга боху: и хьо ву!
Хьо вацара хезнарг, 1ийнарг
Мисканашна ас г1о деш,
Сан са тедеш соьца тийнарг,
Сан до1анан хилла теш?
Хьо вацара эццахь гинарг,
Хилла г1аларт, дай, цхьа хьоме,
Бодашкахь къегина цкъа,
Г1евланга хиина сан,
Безам, шовкъ а луш, хьайн бинарг
Суна хьехам, беза, чоме?
Хьо ду малик – г1арол сан
Я хьо г1ам ду – говза цхьа:
Сан шеконаш къахкае.
Бу-те х1ара 1ехам синан!
Дерг а, доцург къастаде.
Со ю-техьа кхи ган йина…
Мухха делахь! Кхоллам сайн,
Аса йоьлхуш, хьоьга ло,
Хьо долада къобалво,
Кхи д1а уьйр хилийта вай…
Хаа: со ю кхузахь цхьаъ,
Сан кхетамна хилла да1,
Х1аллакхила – герга со.
Хьан г1о оьшуш, воьху хьо,
Со денъехьа ахьа дагца
Я г1ан сайниг хададай,
Самаяккха сиха, х1ай,
Суна йог1у 1оттар ярца!

Со чекхйолу! Диэша кхоьру…
Эхь-бехк луьра соьца беха,
Хьан сий аса йоьхьар лоьцу,
Кхи ца дог1у дийца деха…

XXXII

Татъянас садоккху, кхойкху;
Кехат карахь дегаш ду,
Ткъа ал чуьппалг19 меттах йоху
Шен маттаца, хилла хьу.
Цуьнан корта белшах летта.
Чухулйухург яхна т1етт1а,
И исбаьхьа белш а сега …
Эццахь беттан з1аьнар къега
Ян ма х1утту. Тог1и кхузахь
Iаьнах йолу. Татол бухахь
Детих лепа; ткъа шедаго
Жа1унан г1аттий юьртан гуо.
Iуьйре кхечи: массо уьду,
Ткъа Татъянас и ца туьду.

XXXIII

Цунна ца го цхьа-а а 1уьйкъе,
И ца кхуьу церан дуьхе,
Кехатна цо т1е ца доккху
И шен мух1ар, бустам болу.
Ткъа не1 йоьллуш ч1ог1а тийна,
Баба къоьжа йог1у,1ийна,
Шун а дохьуш, т1ехь дерг чай:
«Хьоме, хан ю, г1атта яй:
Уой, хазаниг, сема – хьо!
Хьоза, хьалххе г1оттург сан!
Буса яра хьере со!
Х1инца хьажар – могуш хьан!
Г1айг1а йоцуш, маьрша ю,
Ал бос богуш васт а ду».

XXXIV

– Х1ай! Сан баба диэхьа г1о. –
«Х1ун дан деза? Кийча – со».
– Бехке со еш, вуо ма къажа…
Нийса кхета хьо сох хьажа. –
«Сан дог, Дела – гуш, хьан – лай».
– Ахь вахийта к1ентан хьайн
К1ант цу О…на кост а эцна…
Лула… маьрша г1улч а хецна –
Дехка цунна даре дан,
Ц1е а яккха цигахь сан… –
«Хьанна? Ала, х1ай, сан хьоме.
Кхетийнарг дало-кха чоме.
Лулахой вай дукха, хьуна,
Оьшург къаставехьа суна».

XXXV

– Баба, генахь ю хьо кхета! –
«Доттаг1, со ю къена, шира,
Танаь, бац сан кхетам ира,
Мацахлерниг г1ан ма хета,
Хьоладас шен омра ди…»
– Баба, дитахь къамел и.
Х1инца и ду суна хийра,
Сан дехар кехатна т1ера
Онегине. – «И ду дехар?
Суна оьг1аз хьо ма г1уо,
Хьуна хууш, со ю пекъар…
Уой, хьо стенна яьхьи вуо?»
– Баба, чот яц, дерриг дика.
Хьажавехьа к1ант ахь сиха.

XXXVI

Цхьа-а жоп доцуш текхи де,
Шолг1а текхи: жоп дац цунна,
Iуьйккъехь, духар доьхна т1е,
Татъянас жоп лардо, хьуна.
Олгин везар гучувели.
«Стенгахь ву шун хьаша дика? –
Х1усамнанас цуьнга эли. –
Цо тхо дицди атта, сиха».
Ткъа Татъяна, йогуш, хеби.
– Тахна хир ву аьлла цо, –
Х1усамнене Ленскийс далхий, –
Гарехь, хьеви поштано. –
Ткъа Татъяна дешнаш малйи,
Хезнарг 1оттар лаьрра, теби.

XXXVII

Маьрк1аже; ю стол т1ехь «пох1» деш,
Къегаш и суьйренан самар,
Китайхойн цхьа чайналг20 йохъеш,
Яржош тамехь к1уран кхагар.
Олгас доьттина комаьрша,
Хилла шех и т1айра 1аьржа,
Архье чай пелашца доду,
К1ант, т1о эцна, схьа ма хьоду;
Ткъа Татъяна корехь ю,
Шийла аьнгалеш го летта
Шайна т1е 1а, товнехь етта;
Ткъа ойлане хьаша вайн
Кхаъ-п1елгаца дуьллуш дай
Б1аьрга т1ехь, дохк лаьцна хьена,
О а, Е а – хьоме шена.

XXXVIII

Б1аьрхих дуьзна хьажар 1ийжаш,
Са ма дара цуьнан тийжаш,
Эццахь г1овг1а!.. Ц1ий ма сеци.
Евгений чувог1уш хези.
«Ва-ай!» – мохь бели. Шех мох хилла,
Мурст – Татъяна яха, тилла
Чуьра ара, беша нийсса,
И ца кхуьу г1улчаш тийса,
Юха хьажа кхоьруш, едда,
Токхам, т1ай а, басалг21 юьтуш,
Т1аьхьа 1ам а, боьлак юьсуш,
Патарш дожош, коьллех ели,
Хьоста улле мацца кхечи,
Садукъделла, чохь ц1е летта,

XXXIX

Г1анта юьйжи… « И Евгений!
Х1ай, сан Дела! Со ю бехке!»
Дог, шеконаш динарг техке,
Г1ан-г1аларто 1еха ма ди;
И егайо, оьхьуш дагар,
Хьоьжу: вог1ий? Киртиг – кхачар.
Лай-мехкарий бешахь юххехь,
Комарш лахьош коьллаш юккъехь,
Бара локхуш омра-йиш,
(Омра дара дайша дина,
Ца хилийта, къайле йина,
Церан комарш яа йиш:
Йиш лакхарца цара яй
Шайгахь кхобур балдаш шайн.)

Мехкарийн йиш

Шу, мехкарий-полларчий,
Синан нешаш, кхокхарчий,
Ловза х1итта, мехкарий,
Къиэра х1итта, седарчий!
Аша лакха йиш и яй,
Совг1ат дерг цхьа деза шайн,
Кхайкха жимха дукха
Аш шайн гона юкъа.
Ткъа и гучуваларца,
Д1а-схьа довда цагарца,
Баьллех корта буза,
Мангал-комарш етта,
Ц1е эцхьамаш т1етт1а –
И ма кхача кхуза.
И ма вола къежа,
Хаза эшарш меха,
И ма х1отта хьежа,
Зуьйш вайн ловзарш деха.

XL

Инкарло еш церан йишна,
Церан аз лан дезаш шен,
Татъяна 1а еха хиъна,
Ов лаг1даллалц деган луьра,
Ткъа суй беснийн – марса, ц1иэ,
Амма вазца дегар ду,
Беснийн тов а ч1ог1а ю,
Сийсаш, серсаш буьрса…
Иштта, бада доцуш 1уьрг,
Полла бой чохь бетташ т1ам,
Ишколхоно ца беш хам,
Иштта пхьагалг22 етташ муьрг,
Ялта юккъера схьагина
И иччархо, къайле йина.

XLI

Эххар доккха цо садаьккхи,
Г1анта т1ера хьалаг1аьтти;
Тосуш, ц1ехьа г1улч цо теси,
Эццахь цунна доьхьал вели,
Б1аьргаш лепаш, вайн Евгений,
Цхьа кхераме 1индаг1 санна;
Ягийча ша-а санна ханна,
И, соцунг1а хилла, сеци.
Церан вовшахкхетар дийца,
Х1ай, доттаг1ий хьоме шу,
Тахана ницкъ боцуш ву,
Деха къамел дог1у хийца:
Волавала, ткъа сада1а,
Мацца хилларг далхо хаа.

Гочйинарг ХАТАЕВ Хьусейн

1 «И яра йо1-стаг, и яра безам бахна». Малфилатар (фр.).
2 1.Стоьмех йина юькъа, мерза кочалла. 2. Хорбазан моз.
3 Д1аюьй културе яр, пайде х1уш долу, ткъа г1одамех тай до.
4 Байт парг1атчу, аьхначу, ирсечу дахарх.
5 И. кх. д1. (лат).
6 Ц1е кегий туьтийн хьесапехь муьста-мерза комарш.
7 Оьрсийн Андрюшка нохчийн хьесапехь.
8 Т1урнене.
9 Балхам.
10 Литературан доьххьарлера мур.
11 «Ас-солла», шен х1ума деза хилар.
12 Мукъамца-барамца, рифамца доьзна доцу.
13 Желтийн – къегинарг. Аполлон-делан шолг1а ц1е.
14 Х1уманан дуьхе кхуьийла.
15 Парг1ато.
16 Галлех схьадевллачу къаьмнийн дешнаш.
17 Кхузахь йоккха мас, мацах шеца язъеш хилла.
18 Дагара дийцар, даре.
19 Мерзачу х1уманан тайпа.
20 Басар доккху жима ц1узам долу юзийла.
21 Жима басе.
22 Жима пхьагал.

Вайнах, печатная версия, №1, 2018

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх