Пшавела Важа и другие…

ПохIмалла долу яздархо

ДIаволалушшехь дешархочуьнга дIахьедан лаьа: «яздархо» бохучу дашна аса цхьаьнаметта юкъавалаво поэт а, беллетрист а, драматург а.
Муьлханиг лара веза похIмалла долу яздархо?
Муха ю бакъдолчу похIмаллин билгалонаш?
Уггар хьалха яздархочун шен мотт хила беза, хIунда аьлча, мотт цуьнан юьхь йолу дела. Кхин а тIетоьхна аьлча, мотт – яздархочун са ду, цунна чохь къайлаяьлла, дIатебна Iа яздархочун шен бен йоцу амал, йозанан хатI, цуьнан «со».
Цундела, нагахь санна аша оцу я вукху яздархочун цкъа цхьа-ши произведени ешнехь, цул тIаьхьа цуьнан произведенешна тIенисделча, коьртехь язйина цIе ца хилча а хаьа шуна уьш хьан язйина.
Стен билгалйо цуьнан и башхалла, ша-тайпалла? Матто, йозанан хатIо, васташа йо-кх! ХIунда аьлча, яздархочун матто орамаш тесна цуьнан даг чохь, цундела цунна шен сица го гонаха кхехкаш долу дахар, шатайпа басарш. Уьш кехат тIе цо доху шен синан бIаьргашна ма-гарра. Цундела къаьсташ хуьлу уьш кхечу яздархоша кхуллучу вастех. Цундела хуьлу цуьнан мотт шен йозанан хатI долуш.
Уьш яздархочун похIмаллин, цуьнан кхоллараллин тIоьхулара, гуш йолу билгалонаш ю. Ткъа яздархочун гуш йоцу, синан къастаман билгалонаш йозуш хуьлу цо шен кхоллараллехь билгалбинчу хиламех, ирсах а, зуламах а болчу кхетамах, дахаре хьежамах, цуьнан Iаткъамех.
Бакъволу яздархо адамийн дахаран хехо ву. Цуьнан тидамза ца дуьсу юкъараллехь хуьлуш долу цхьа а хIума: диканиг а. вониг а.
Коьртачу декъана оцо билгалбо пох1малла долчу яздархочун кхолларалин некъ. Нагахь санна цунах ца тилалуш чекхвала цунна изза похIмалла тоахь. Ца тоахь, иза дийна воллушехь велла ву. Цо литературехь кхин дан хIума дац.
ПохIмалла доккха мел хуьлу, яздархо дахарца ондда зIе йолуш хуьлу. Цо шен кийрахь луьсту дахаран дика а, вон а аIгонаш. Цуьнан бIаьрхиш вайна ца гахь а, яздархочо уьш дукха легадо.
ПохIмалла долу яздархой – дахаран дарбанчаш бу. Нагахь санна уьш вовшех цхьацца хIуманаш къаьсташ хилахь а, цара тайп-тайпана дарбанш леладахь а – иза церан похIмаллин тIегIане хьаьжжина хуьлу.
ПохIмалла долчу яздархойн произведенеш, цаьрга лерина бIаьрса а ирдина хьаьжча, вовшех къаьсториг коьрта кхо кеп ю. Хьалхарниг вай дерриш дахаран хьелийн лайш, царна хьалха гIорасиз, тайп-тайпанчу баланийн, сингаттамийн йийсархой хиларца йозаелла ю.
ШолгIачу кепо вайна гойту дахаран хьелаш бехке цахилар. Нагахь санна вай, юкъараллин декъашхой, ваьш вайн «элий» ца хилахь, дахаран хьелаш тодаро цхьа а тайпа хийцам бохьур бац.
КхоалгIачу кепо хьалхара ший а чулоцу, аьлча а, цо хьесапе оьцу дахаран хьелийн ницкъ, стаг кхетош-кхиоро леладо доккха маьIна.
Уьш ду-кха яздархоша дахаран берриге хиламаш бустуш а, узуш а долу терзанш а, барамаш а.
Шаьш жимачохь кхетош-кхиоран тIеIаткъам ловш цхьаболчу поэташа турпалаллин хиламаш хестабо, вукхара – Iалам, кхозлагIчара тидаме оьцу хала бохкучу нехан дахар, иштта дIа кхин а. Амма ойланийн а, синхаамийн а кIоргалла йозу похIмаллин ницкъах, иза кхиорах.
Цкъа яздинчух шозлагIа, дуьххьара санна, боккхачу ницкъаца хьанг-хьаьнга а шозлагIа произведени ца кхоллало. Иза хуьлу яздархо кехата тIе охьадилла гIертарг цуьнан похIмаллица догIуш ца хилча, цуьнан кхоллараллица цхьаьна ца деъча.
Къона, амма шен некъ кароза, бодашкахь иза лоьхуш, воьлхучуьнца воьлхуш, воьлучуьнца воьлуш, билггала оцу бIаьрхишца воьлхург мила ву а ца хууш, ткъа воьлург догдика стаг ву я къиза стаг ву а ца хууш верг, шел хьалхарчара биллинчу некъан лар хьеша волало. И дарца цо тешнабехк бо шен корматаллина, шен похIмалла кхиийначу орамашна. ТIаккха цунна гIоьнна ян еза критика, цо нийсачу новкъа ваккха веза иза.
Яздархочунна ша кхиийна, шега зазадаккхийтина орамаш довза деза даима, кхечаьрга уьш ахка а ца охкуьйтуш, цхьана меттера кхечухьа а ца дугIуш. Ткъа яздархочо шен орамаш тосу къоначу шерашкахь. Уьш лаьттах чIагIдала дуьйладелча, кхиа йолало цуьнан корматалла а. Цкъа хьалха гучудолу жима синтар, нагахь санна дарцо я Iаламан кхечу хиламаша зен ца дахь, иза кхуьу, цунах доккха дитт хуьлу. Иштта кхуьу похIмалла а.
Къоналлин шерашкахь бинчу тидамаша мутт ло похIмаллина чIагIдала. Иштта ца хилча, Шекспиран, Руставелин, кхечу а баккхийчу яздархойн произведенеша вайн дегнаш Iадор дацара хIинца а, исбаьхьаллин ишттачу лакхене кхача царна ницкъ а, похIма а делларг ненан мотт бу. Руставелис язйийр ярий шен бIеннаш шерех, зеелла, чекхъюьйлуш схьайогIу «ЦIоькъалоьман цIокалахь турпал», монголийн а Iарбийн меттанашкахь ойла а еш язйина хиллехьара? Яцара дера-кх.
Муьлхха а яздархо шен халкъе, махке кIорггера безам болуш хила веза, царех лийр йоцу произведенеш кхоллархьама. Ненан мотт, цуьнан басарш ду яздархочунна кхоллараллин шовкъ тIейоуьйтурш. Цунна мотт шолгIа ненан аганан илли ду. Нагахь санна хьалхарчо, цунна аьрру агIор а баьлла, цуьнан коьрте ойланаш якхийтахь, шолгIачо, аьтту агIор а баьлла, басаршца къагайо, оьшучу кепе ерзайо иза язъян тIевоьлла произведени. Бакъ волчу поэтана, яздархочунна хьалххехь дуьйна а ца хаьа хинйолчу произведенин кеп язйина волуш муха хир ю. Иза ойланна а, синхаамна а тIаьххье ян еза. Къолам кера эцарций, хинйолчу произведенин ерриге кеп билгалъяьккхина, ша ала гIертарг нуьцкъаха оцу гура чу дIанисдан гIерташ язйина произведени юьхьенгахь дуьйна а адамийн дегнех хьакхалучех хир яц. Ледара, беса могIанаш хир ду.
Нагахь санна язйинчунна шена а дика а хеташ, дагна хьаам беш, дог доккхадедеш елахь и произведени, тIаккха дешархочун дагна а хьаам бийр бу цо, дагна кхаъ а хир бу. Вуьшта, къайлехь ма дац, шена дукхавезачу яздархочо ледара произведении кхоьллича, дешархочун а дог духу. И тайпа произведенеш кхоллалур ю ойлано кхоьллина васт къайлах дог детта доладелча, кхайкхамбеш: «Сихха схьаэца кехаттий, къоламмий. Сан васт кхолла, дешархошна ма-хуьллу сиха со дIадовзийта», – бохуш. Сурт, васт поэтан даг чохь ненан маттахь кхоллало, къайлах, къорра…
Нагахь санна поэташ вовшех йозанан хотIаца, васт кхолларца къаьсташ белахь, уьш вовшех тера а хуьлу: царна массарна а еза хазалла, дукха хьолахь зудчун вастехь. Iалам деза, турпалалла, ша-шен ца кхоор, амалан ондалла. Царна ца беза цхьамма кхечунна бен ницкъ, стага стаг вацор, лолла, кхидерш а.
Муьлха яздархо хьакъ ву похIмалла долуш лара?
Боккхачу безамца адам дезарг, даггара иза исре ван лаьарг, дахар вуно чIогIа дезарг а, иза кхин а тодина дIахIотто лаьарг а. Оцунна боккха синхаам а, адаман дог а, цуьнан дахар а дика довзар оьшу.
ПохIмалла долуш ву шен даге санна синхаамаш а, ойланаш а кхечийн дегнашка а дIакхачо хууш верг, шен пхенашкахь хьере кхехкаш кхоллараллин коьрта орам – хьомечу халкъан цIий дерг. Гуьржаша олу: «Токх ненан шура бен ца хуьлу». Иштта ца хилча цхьана а яздархочун кхолларалло мерза стом латор бац.
Муьлха яздархо ву похIмалла долуш лара везаш?
Шен произведенеш мел ешарх а ца кIордош, юх-юха а еша дог догIург, аьлча а шен произведенеш беса дер доцчу бакъдолчух йоьттина, цкъа а кхулур йоцчу хазаллах юьйцина верг.
Муьлха яздархо хьакъ ву похIмалла долуш лара?
Шен велар баккъала догцIенна дерг, шен велхар, бIаьрхиш деган Iовжамах духдуьйлург: тIаьххьара барми тIехь кешнашка хьош, шен назмано бехк боккхур боццург: «Ши дог, ши юьхь яра хьан. Соьга а харц мукъамаш байтира ахьа!» – аьлла.

I89I шо.

Ойланаш

Бернес цкъа аьлла: нагахь санна хьуна хьуо шатайпа-башха, хьайн йозанан хатI долуш яздархо ву, аьлла ларийта лаахь, язде хьайна хуург, хьайна ма-гарра, хьайн даго а, сино а хьоьххург. Амма дIаяздинчух кхета а хаа деза. Цхьа-цхьаъ йозанча вала а дера тарло, ахьа исбаьхьа-хаза яздинчун маьIна харцахьа а даьккхина, шен къолам Iилманан а, беллестристикан а йозанаш деш, артбеш, уьш, яздархочун сийх дIахьакхавалархьама, зорбане дахийта газетийн редакцешка дIакхьоьхьуьйтун верг, ишттачу кехатца: «Шуьга дIахаийта лаьа, сан лераменаш, хIара-важа аса, Iуналла доцчу юьртарчу йозанчо, яздина Iаламат чIогIа сайн сина а, дагна а лаарна, яздина аса Дала дагна тIе-мадиллара».
Муха жоп лур ду оцу сонтачунна? Лур а дац-кха! Эр ма дац ахьа цуьнга: хьан ойланаш а хIуманна мегаш яц, кехата тIе а яьхна ахьа уьш, хьайн хан эрна йойуш. ОьгIаз а вахана, массо кепара аьрзнаш дан волалур ма ву иза тIаккха!
Ишттачух лардалархьама, лакхахь аьллачунна тIетоха оьшу: нагахь цхьа-цхьанна иза баккъалла яздархо ву-вац хаа лаахь, чIогIа лерина хьайн даг чу хьажа веза, иза цуьнан ду я дац хаархьама. ЭхI, хIун дуьйжи сан матта тIера? Оцунна суна жоп дала тарло: хьенан дац дог а, са а? Дуьненахь вехаш а, лаьтта тIоьхула дIалелаш а волчу хIораннан ду са а, дог а! Иштта ала тарло соьга. Ткъа иза нийса ма дац. Цара хIуъа бахарх а, со сайчунна тIера вер ма вац: хIан-хIа, хIор стеган а дац са а, дог а, хIор стаг, са а доьIуш, шина кога тIехь дIалелахь а. стаг, ша яздархо вацахь, са а, дог доцуш вахалур ву, ур-аттала, ша ирс долуш а хетар ву цунна. Амма къа ду-кх вайн, нагахь санна и ирсдацар яздархочух хьакха а лахь, цул тIаьхьа а иза яздечух саца а ца сацахь. ТIаккха, тайш а хьерчош, хьийза йолалур ю-кх урчакх.
Дешархо, хьуна-м ца моьтту аса зIенар цхьанна-цхьанна пха тIехьажо уьйзуш ю? ХIан-хIа, иштта дац иза. Вуьшта, дукхахболчарна иза хьакъ хила-м тарлора. Кхузахь аса дуьйцург деккъа цхьа са доцчу нахах ду, кхин хIумма дац. Са доцчаьрца а, сайца а къуьйсу аса, хIунда аьлча, суна лаьа сайн, шатайпа дош ала а, шатайпана иза кехата тIе охьадилла а.
Делахь-хIета, дIадуьйлалур вай.
Яздархочун са-дог ду я дац хуур ду, нагахь санна цуьнан цхьа-цхьаъ Iалашо ю-яц, цунна кху дуьненахь хIумма еза я ца еза, дуьненна зовкхаш лаьа цунна я ца лаьа хиъча. Кху лаьттан кIентийн коьрта ойла, суна хетарехь, ша дахарх, цунна чохь долчу дикачух а, вочух а ю. Ткъа яздархо, куьзган чохь сана, дахар юха схьагойтуш хиларна, цуьнан кIуркIмехь валла веза. Дахаран кIоргера бухъюьйлуш, дахаро кхоьллина цуьнан синхаамаш а оцу дахарна гонаха хила еза. Иштта ца хилча, литература деса, Iалашо йоцу, цхьанна ца кхеташ долу шайтIанан аз ду.
Суна дуккхаза хезна вайн литературехь вайн яздархойн багара девлла деса-кхоьллина, толкха, чудиллина са доцуш аьлла дешнаш. Даг тIе лаьцна макх дIайоккхучу меттана, цара кхин а тIехьоьху и макх а, матар а. Дала лардойла вай оцу тезачу дешнех. Оцу сонтачу дешнашца цхьаьна, вайна кIезиг ца хезна хьекъале дешнаш а.

Асаран буц а зIаьнарша кхолу,
Куц хаза зезагаш санна,
СовгIаташ де ахь цхьатерра,
Хьаг долчарна, мискачарна.1

Сан сту, Лаба, цхьана кхолламо
Кху лаьттаца вайн тесна гергарло.
Вешан къа дIакхоьхьур ду, вайша ца леткъаш,
Иштта чекхдохур ду дахаран некъаш.

Кхин а дуккха а хьекъале дешнаш аьлла вайн яздархоша. Аьлла цIенчу сица, даггара. Уьш тIера бац чохь са долчу деса хабарш дуьйцучех. И хабарш дуьйцучарна шайна бен ца деза, лерса гIорадо цара. Дог доцу, ца ваьлла хилла яздархо вевза, ша яздина кIадда боцург, доккхачу маьIне а лоруш, цунна изза маьIна дешархочуьнга а луо бохуш хьийзаро. Оцо вукхеран сина а, дагна а Iаткъам бо.
Цхьаьнгера а яздан бакъо дIаяккха йиш яц вайн. ХIор а шен лаамехь ву шена ма-хеттара язъян а, ойла ян а, безам баха, воккхаве, ваха. Амма хIоранна яздархочун цIе лело бакъо яла пурба дац вайн, къаьсттина кийрахь адамаллин са а, дог доцчунна.
Иза дерриге иштта ду. Ткъа деккъа оцо синтем бойу вайн? Аса кху статьяна чIогIа екаш йолу цIе елла – «Ойланаш». ХIетте дерриге къамел яздархо хила лиъначу цхьана мисканна гонаха хьийзадо. Мел бу, сан дешархо, вайн дахарехь корта хьере беш хиламаш! Нагахь санна сан, сайна чIогIа луъшехь, цхьаннах цхьаъ ала ницкъ ца кхаьчнехь, кхечарах ала мукъана а йиш ма ю сан… ХIун маьIне хир яра сан цхьаннан ойланаш? Суна-м дера лаьара, хьуна санна, хьан ойланаш а йовза. Нагахь санна царех цхьаерш суна йовзахь а, вуьйш суна йовзане ца евза. Иза а суна хаьа деккъа цхьанна: хьо а, со а адамаш ду, вай цхьана мехкан кIентий хиларна, цхьана хьелашка нисдина хиларна, цхьана лазамо хьийзош хиларна.
Цундела тешам болуш ала йиш ю сан: вайн дахаран коьртачу гIуллакхех коьрта ойланаш, дукхачунна тIехь цхьаьна ца ягIахь а, вайшиннан цхьатера ю, цхьцца хIуманашна тIехь галморзахйийлахь а, цкъацкъа сан коьрте леста тамашийна ойланаш. Суна хаьа уьш хьуна езалур йоций…
Цундела царех цхьаннах дуьйцур ду аса, хIунда аьлча, суо дIаволалушшехь аса дIахьедина кхечарех тера хир вац аьлла. Суна хаьа, аса хIинца эр дерг хьуна дезалур доций, иштта хир ду аьлла юкъ-кара шеквийлахь а, хьуна-м ма хаьий, вайн дахар кхоьллиний, шена чохь дуккха ирсдоцурш а, ирс дерш а болуш, дуккха мецанаш а, буьзнарш а болуш. ТIаккха вайшимма – аса а, ахьа а – ойла а йой, боху: иштта хIунда ду иза? Хьажал, хIокху минотехь сан даг чу лестина цхьа ойла, цунах хьох дагавала лаьа суна. Иштта хила а догIу иза. ХIунда? Дера догIу дуьнен тIехь дика хила дагIарна, къинхетам, кхечунна деш долу гIо, цунах доглазар гуш хила дезарна. Нагахь санна гIийлачарна гIело яр дацахьара, адамашка безам, царех къинхетам муха бахчалур бара? ТIаккха сан цхьа ах а дуьнен тIехь ехаш хила езаш яцара. Иштта ца хилча, стенах воккхавуьйр вара, стенах ойла йийр яра, стенца лекха вер вара со дог доцучарел, стаммий вортанаш йолуш, хIинца а адаман цIераш лелош болчу гомашех терачарел?
ХьалхахIоттор вай кхечух къахета, къинхетам бан оьшуш доцу зама. ТIаккха муха хир яра адамаллин юкъаралла, вуьшта аьлча, ша стаг а? Оцу хьоле кхаьчча-м дика дара, амма суна тIаккха дIакхелхинчех хир бара, сайн дахарал а дукхабеза дуккха а хьежамаш. Юха а боху аса: и ойла даг чуьра схьайогIуш а, догцIенна дIаюьйцуш а ю. Хетарехь, и ойла сан дагна тов, вайн дахар шайх доглаза а, догцIенна дIаюьйцуш а ю. Хетарехь, и ойла сан дагна тов, вайн дахар шайх доглаза а, къинхетам дан а дезарш боцуш долу дахар кхолла йиш цахиларна. Гарехь, иштта дан а ду иза. Хетарехь, иштта бу Iаламан дIахIоттам, деш мел дерг – хьекъалца деш ду, хьекъалца буттуш а, бохош а бу бух…
ДогцIенна хьоьга боху аса, нагахь санна цхьа а сайна ца везахьара, цхьаннах а сайна къа ца хетахьара, со вехар а вацара. Суна моьтту, хьо а реза хир ву, со тIаккха ваха а ца оьшура бохучуьнца.
Цхьаъ деза а деза суна, хьеста а хьоьсту аса – иза къахетаран а, доглазаран а синхаам бу. Цо бIарзво со, амма оццу хенахь цо боккха хьаам а бо суна. И хьаам Iаламат чIогIа бу, аса сайн дахар а кхоор дац кхечуьнан бала дIабаккхархьама. И лаам кхочушбархьама, Iожалла тIеэца а мегар ду. Иза суна доллучул деза а хир ду. Алийша, хIунда ду иштта, хIунда бу, шуьйра аьлча, Iаламан а, цхьалхадаьккхина аьлча, адаман а дIахIоттамаш иштта? Вай доруш-тоьгуш иштта хIунда кхоьллина Iаламо? Адамна доллучул дукха дахар ма деза. Амма Iожаллехь а карадо цунна иза.
Хетарехь, Iаламо стаг оцунна тIетоьтту, адамна дукха дезачун а, цунна къахетачун а дуьхьа Iожалла тIеэцара – иза а дахар хиларна. Iаламна шена-м цхьабосса деза дахар а, Iожалла а, цхьабосса царна тIехь урхалла до.
Оцу хьокъехь ойла еш иштта байташ кхоьллира аса:

Ас муха йийца-те – и хуур ду хьанна? –
Сайн деган ойланаш, сайн гIайгIа-бала?
ГIайгIано шабарш до, дог дуьйлу акха:
Мила ву? Мила ву со, буобер, тIелаца?

Ткъа тIаккха бIаьрхишца дог охьаIена,
ГIайгIанна дац иза – ду самукъаненна.

Со ваха лур вуй, ткъа, деш-дуьтуш доцуш?
Я куьг а гIоьналлин соь кховдор дац цхьамма?
Алийша соь тIаккха, со оьшур ву хьанна,
Висча цкъа орцаха вала дегIехь ницкъ боцуш?

Тешаме сан накъост ю цхьа зурма-пекъар,
Мукъам бо цо, маржа, огуш ткъесех мерзаш.
Хазахетар суна-м, ткъа, дац хазахетар,
Наггахь дог ца делхахь, бIаьрхиш а легош…

Амма лакхахь мел дийцинчул нийса а, даггара а ю аса хIинца Iорайоккхур йолу ойла. Аса ойла йира: безам дуккха а лекха бу-кх къинхетамал. Къинхетам – иза лайн юкъаметтигаш билгалйоху синхаам бу. Сан хIун бакъо ю цхьа-цхьаннах къахета, доглаза, со суо а оьшуш хилча нехан къинхетам а, доглазар а? Къинхетам бар – иза со эла ву, хьо, мисканиг, лай ву бохург дац, ткъа? Вуьшта, хьанна хетта кхечух къа? Дера хетта шена къа хетачул ша ирсе хетачунна. Дала, къинхетаман метта, безамо олалла ден зама тIейоуьйтийла вайна. ВогIур волчу илланчо беккъа цхьа безам а хестош.
Амма тахана вай даха а деха, са а доьIу къинхетаман дог-ойланца, хIунда аьлча, иза цкъачунна дукхачарна оьшу. Вайна царех къахета, къахета вайна уьш цабезарна.

I89I шо.

Бараташвили НикIолаз

Цхьалха са

Къа ца хета суна байх, цIа доцчу.
Царна хIун ду?
Дерриг некъаш церан ду.
Амма синойн къоьлла даг чохь йолчу
Нехан дахар боккъал байлахь ду.

Жоьра виснарг вац шен ирс даиманна дайна,
Кху дуьненахь карор ду-кха керла гергарло.
Амма стагах тешам цкъа вайн бай-кха,
ТIаккха дакъазвоккхур ву иза дуьнено.

Шен тешамаллехь Iехийнехь иза мухха,
Дерригенах тешам баьлла вехар ву.
Тешо гIертарх, тешар вац-кха иза юха,
Цуьнан кхоллам декъазчех а декъаз бу.

Вуьсур ву и цхьа ша кху дуьненахь.
Адмаш хьовха, ша дахар а лаьттахь вайн
Юххешхула тIехтуьлур ду цунна хенахь,
Даиманна иза вицвеш дагахь шайн.

Орбелиани Вахтанг

Зарзар

Тийналлехь, бIаьрго ца лоцуш,
Кхуьура цхьа тайна зезаг.
Ткъа юххехь: «Беркат яI!» – олуш,
Шовда а декара мерза.

Де дара болх боло кечлуш,
Техкадеш гIа доцу генаш,
Массо а цецвоккхуш шеха,
Цхьа зарзар тийжара, текъаш.

Зезагна къийго зIок еттар,
Ца ловра зарзаро, миска.
Йоьлхура иза тIекхетта,
Ша хедаш санна шен рицкъах.

Зезаге хIоттош къа-бала,
Къийго-м зIок етта, и дара.
Лаьара цунна и лардан,
Эшарца дахар а кхала.

Дарвелла сов къиза эла,
Ца дезаш зарзаран тийжар:
«Ма чIогIа суна къахьделла,
Са дууш, сайн лерехь цIийзар».

Зарзаро-м юх-юха лоькху,
Аьхна йиш, безамах хьоме.
Къийгана дан таIзар лоьху,
И зезаг даккхарна дола.

Майра ю къиг цунна юххехь.
ДегI санна, дог а ду Iаьржа.
ДIаяха. МIарашна юккъехь,
Цхьа зезаг гуш ду, дIахьаьжча.

…Зарзаро-м йиш лоькху гIийла,
Шен бала охьатаIийна.

Гочйинарг МАРГОШВИЛИ Султан.

Вайнах №2. 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх