29.05.2015

Пшавела Важа. Дийцарш.

Бух1анаш муха евлла дуьнен т1е

1

– Бераш стенгахь ду? – хаьттира Йотама, чоьхьа а ваьлла, ша йийна масар ладам боцуш пешан хьалха охьа а кхуссуш, цуьнан хьаьвзинчу ма1ашка лаьттан буто ц1енкъе а охкуьйтуш.
Йотам самукъане вацара: хьуьнах цунна т1е1енира доккха дог1а, коьртера когашка кхаччалц верриге вашийнера иза, ткъа х1инца дог1анан т1адамаш цинцашца охьаоьхура цунна т1ера. 1ад а, пхаьрчий чохь долу т1оьрмиг а цо д1аоьллира ц1ийнан тхевнна боьг1начу б1ог1амах д1атоьхначу сайн ма1ах. Т1аккха йогуш йолчу пешана т1е сихвелира иза. К1ур хьийзара Йотаман юьхь т1е.

Пешан хьалха а хиъна, зудчо шен хаттарна жоп даларе ладоьг1уш 1ара таллархо. Иза, шек а йоцуш, пешан хьалха 1уьллура, ц1оькъалоьмах таръелла. Цуьнан 1аьржа-юькъачу месийн к1озарш, текхаргаш санна, лач кхозура белшашна а, к1айчу накхана а т1оьхула. Цуьнан юьхьо г1ели диллинчу йоьзан бос беттара. Иза вакхош яра шен жима к1ант. К1ант, шина а куьйгаца некхах а тасавелла, иза ц1уббеш вара, балдаш а детташ. Ц1оькъалоьман к1орни нана-ц1оькъалоьман шура муьйлуш дара.

Нанна а, к1антана а там баьллера. Церан к1ел буьллу мотт охьатийсинчу екъачу бецашна т1етийсинчу масарийн, сайн, берзалойн ц1оканех лаьттара.
Иза Йотаман шолг1а зуда яра. Цунна иза талла вахханчохь кераеара. Хьуьнах шена иза ма-гиннехь, кхин ойла а ца еш, шен лаппаг1и чу ялийра: «Сан зуда а, дерригенна т1ехь суна муьт1ахь а хир ю хьо», – аьлла. 1одан пхаьрчешца охьабехкира цо шайна т1аьхьа бевлла зудчун вежарий. Т1улг тоьхна корта бат1ийра ден, иза вукху дуьнен т1е д1ахьажжоза а вуьтуш.
Дийцина х1ун до цунах, Йотам майра стаг вара.

Майрачо динчу хаттарна жоп ца делира зудчо. Меттах а ца елира. Цуьнгахьа д1а а йирзина, шен ц1арах догу 1аьржа б1аьргаш цунна т1едуьйг1ира.
– Мичахьа ду сан бераш? Хьоьга хоьтту аса! – юха а элира Йотама. Оцу к1оршамечу, парталчу стагана дукха дезара хьалхарчу зудчух долу шен бераш – йо1 Мзиа а, к1ант Вепхиа а.
– Цара хьуьнах бежанаш дайина, аса лаха бахийтина уын, – элира зудчо.

– Эхх1ай, ма къаьхьа денош ду-кх суна т1ех1уьттурш. Ахьа, зуда, хьайн куьйгашца къахьдина уьш. Х1окху, б1аьрга 1оьттича сара а гур боцчу бодащкахь кегийчу берашна муха карор ду бежанаш? Х1ун хир ду цигахь царех? Уьш хьуьнан экхина керадахийта лууш хир ю хьо? Цул дика хир дара, тхо иштта хьийзош, 1азапехь дахкочул, тхан массеран кортош даьхнехь. Айхьа а садо1ур дара ахьа, со а парг1ат вуьтур вара, – боккхачу сингаттамехь элира Йотама.
– К1ордийна хьех ваьлла суна хьо хьайн берашций. Доккха х1ума ду уьш, дуьнен т1ехь боьха х1уманаш дукха ю! – дуьхьала дера йистхилира зуда.

– Лаьхьа бу-кх, ша ма-барра лаьхьа! – эххар элира цо.
Сихха б1ог1амна т1ехь кхозучу 1одах а, пхаьрчийн т1оьрмигах а ка а тоьхна, шен г1одах сараг а боьллина, кера гоьмукъ а эцна, не1арх аратилира иза.
Ведар чуьра санна охьадуттуш дара дог 1а. Некъ а ца къастош, д1аиккхина воьдура Йотам. Корта хьере бинера оьг1азалло а, сингаттамо а. Иза сецира. Ойлане велира. Дог хилира вуха а вирзина, зудчунна бишка оза. Амма юха а, кхин вуха а ца хьожуш, з1енар т1ера д1ахецна пха санна, хьалхахьа д1атаь1ира. Юькъа-акхачу хьун чувуьйлира, гу т1е а ваьлла, кхайкхира:

– Эх1ей! Х1ей, Вепхиа! Мзиа!
Х1окхо тоьхначу маьхьаро кхерийна цхьа экха, хьала а иккхина, хьуьнан к1орге д1адедира. Диттийн генашна т1ера хьала а лилхина, хьунна т1оьхула, шайна керла меттиг лоьхуш, х1аваэхь т1емаш детта девлира олхазарш.

Хьуьнахула д1аволавелира Йотам. Коьрта 1уьйра, диттийн генаша цистина, ц1ий ихна юьхь а, куьйгаш а лестош.

– Мичхьа ду шу, сан миска бераш? Мичхьа ду? Шух хилларг х1ун ду? Х1ей, Вепхиа! XIей, Мзиа! – цкъацкъа ша-шега олу цо, цкъацкъа ерриге хьун екош мохь бетта. Амма эрна ду цуьнан ц1ог1а. 1инан дехьа arlop долчу чхернаша шайт1анан озаца жоп ло цунна.
Цуьнан месаш яьржина ю, хьажар буьрса ду, хьераваьллачу стеган санна. Массо arlop кхийссало иза. Ца хаьа стенга ваха веза, стенах д1атасавала веза, – шен бераш лоьхуш ву иза.

«Суна ца карадалла, иштта гена даьлла-м ма хир дац и шиъ…» – ойла йо цо.
– Х1ей, Вепхиа! Х1ей, Мзиа!
Ца хаьа пекъарна, иза талла ваханчу буьйсанна дестечо цуьнан бераш ц1ера лелхийний. Ца хаьа кхоалг1а де-буьйса дуй, хьомсарчу нанас санна, уьш юькъачу хьуьно къайладаьхний, мохо хьоьстий, шовданша, церан самукъадохуш, сагатделла и шиъ даларна кхоьруш, шайн керлачу дахарх долийта, цу шинна цхьацца беламе х1уманаш дуьйций.

Йотамана-м хезаш хила а тарлора цу шимма шена жоп луш, амма цунна ца хаьара и ца девза аьзнаш хьенан ду. Ша-шех цецвуьйлура, х1оккхул хьуьнах ваьхча, хьалха шена и тайпа аьзнаш хезна цахиларх.
Ца хиира цунна уып шена жоп луш схьахезаш шен берийн аьзнаш дуй. Ца хезира цунна цара вовшашка дуьйцург а.

2

Керта еанчу дийнахь дуьйна а ца дезаделира дестечунна Йотаман бераш. Царех парг1ат яларан хьокъехь ойланаш йора цо даима. XI ара дагадеара цунна: Йотам талла ваханчу суьйранна, Вепхиас а, Мзиас а бежанаш ц1а далийча, цо цхьанна ца хоуьйтуш божали чуьра уьш ара а даьхна, акхарой т1екхочур йоццучу метте а дигна, къайладехира. Ткъа ц1а еача, берашна т1екхоссаелира:
– Стенга дехьна аша бежанаш? Уьш хьуьнах х1унда дитина аша? Сихха г1ан а г1ой, уьш ц1а дала де. Уьш доцуш кху керта ког а ма биллалуш! – бохуш.
Бераша дуйнаш дуура бежанаш шаьш божал чу ма доьхкина, бохуш. Амма уьш цу чохь ца гича, бераш кхераделира.

– Арадовла! Арадовла сихха! Аса шайн кортош атале х1окху т1улгаца, – кхерам тесира дестечо, шен керара ира-боккха т1улг а лестош. Ч1ог1а кхераделира ши бер.
– Бежанаш доцуш суна шаьшшиъ б1аьрга ма гайталаш!
Бераш юькъачу хьун чу дулуш бода букъбелира. Вовшашна т1етт1а а тийжаш, куьйгаш а лаьцна, б1аьргаша хьоьххучу aг1op д1аоьхура уьш.
Цхьаъ охьакхетча, вукхо г1о дора цунна хьалаг1атта. Делха а доьлхуш, орца доьхура цара. Амма церан маьхьарша наб йохийначу хьуьнан акхаройн дера хар а, ц1ийзар а бен, кхин х1умма ца хезара гонаха. Мацделла цхьадолу акхарой берашна юххе г1ора, амма дегнаш к1аддора г1о доьхуш церан делхаро, уьш гена йовлура. Мосазза къегира царна хьалха мецачу акхаройн б1аьргаш. Амма, ур-аттала, борз а ца х1отталора царна т1елата.

Бераш, кхералой, хорша еача санна, дегадора. Х1ор г1улчо 1ожаллин кхерам туьйсура царна. Амма бежанаш цхьаннахьа дацара. Церан баха а, орца деха а меттиг яцара.
– Йа, Веза Дела! – вовшашна ч1огг1а т1етт1а а таь1на, дехар дира цара, шаьшшиъ доккхачу акхтарган к1ел нисделча. – Йа, Дела, тхох олхазарш дехьа, лекхачу дитта т1е а даьлла, акхаройх лардалархьама. Хьунна гуо баккха а, тхайн бежанаш схьакаро а атта хилийтархьама!
Оццу хенахь царна юххехула т1ехволуш вара Амин. Шуна хаьа хир ду Аминах шира дийцар а, цо дийнахь массарна а кхузза гуо боккхуш хилар а. Оцу хенахь цуьнга дехар дича, стагана луъург кхочушхуьлий а.

Т1аккха, Мзиана а, Вепхина а олхазарш хила лиъча, Аминна д1ахезира церан лаам, цунна жоп луш, царех оцу сохьта бух1анаш хилира. Вовшашца 1одикаян а ца кхиаелира и шиъ – тайп-тайпанчу аг1ор т1ома д1аяхара, шайна меттамотт каро.
Дийнахь, дестечух кхоьруш, диттийн харош чохь д1алечкъий 1ара и шиъ. Кхечу олхазаршна ца еза бух1анаш, уьш хийра лоруш. Цундела вай а, декъаза стаг гича олу: «Ма бодвелла, мисканиг!»
Иштта д1асакъаьстина йиший, ваший, шайн бежанаш лаха.
Х1етахь дуьйна масех эзар шо даьлла, ткъа и шиъ х1инца а лоьхуш ю шайн дайна бежанаш. Вовшашка кхойкху, хоьтту: «Карийн хьуна? Карийн?» Дуьхьала жоп хеза: «Ца карийна! Ца карийна!»

3

Йотамас, синтем боцуш, т1етаь11ина лоьхура шен бераш. Бежанех хиллачо са ца гатдора цуьнан. Цо теллира массо боьра, цхьа а дитт, цхьа а чхара ца битира лерина ца хьожуш.
Шадерриг эрна дара: лаьттахь цхьаннахьа яцара цуьнан берийн лараш. Буьйсанна цо лерина ладоьг1ура тамашийначу маьхьаршка. Уьш дара бух1анийн вовшашка кхайкхарш. Дуккхаза бух1анаш цунна т1оьхула т1ома чекхйовлура, амма дена а, берашна а вовшийн ца девзара.

Уьш лаха иза араваьлчахьана ши к1ира д1аделира. Шена дуьхьалкхетта акха экха а, олхазар а оцу сохьта шен нийса д1акхетачу 1одан пхаца охьадуьллура цо. Цкъа а д1а ца кхеташ ца висинера Йотама – б1аьрса сов ира таллархо ма вара иза.
Цкъа хьуьнах цунна дуьхьалкхийтира ц1ийх юьзна батт а йолуш борз. Йотамин даг чу иккхира берзан батт ц1иййинарг шен берийн ц1ий хила ма тарло бохург. Сихха 1ад хьала а ойуш, пха а биллина, з1енар уьйзира. Шок а тухуш д1ахьаьдира пха.

«Йа, не1алт хилла, ц1ийх ца 1еба экха, ахьа цистина сан бераш», – бохура цо, берзан лергаш а ийзош. Берзан садаьлла даллалц сатоха собар дацара Йотамехь. Хьостамаш т1едийг1ина г1аж еттара цо берзан коьртах. «Лей д1аяла, не1алт хиларг! Лей д1аяла!» – т1е мохь хьоькхура цо. Ц1ийх юьзначу берзан бага ши куьг дахийтира цо, бераш цу чуьра схьадаха воллуш санна. Т1аккха уьрсаца экханан гай дат1ийра, дийна уьш цу чуьра схьадаха дагахь. Амма х1умма ца карийча, т1ера ц1ока а ца йоккхуш, тесна йитира цо. борз. Шен 1одан пха-м озийна схьабаьккхира.

Иштта Йотама, цхьа даь1ахк ц1убъеш йоллучу чанан хари т1енисвелира. «Ахьа цистина сан бераш, х1инца церан даь1ахкех мотт хьоькхуш ю хьо?» –т1ечевхира таллархо. Хари чуьра араелира ча, лата кечлуш, т1ехьарчу когашна т1е ирах1оьттира. Амма Йотамин ирачу пхано охьайожийра иза. Чанан гонаха д1асакхийссина йолу цхьа а даь1ахк адамийн цахилира.
Йотам кхийтира я борз а, я ча а шен бераш х1аллакьхиларна бехке цахиларх. Иза д1авахара, и шиъ ерна ч1ог1а дохковаьлла.

4

– Х1ун де-те аса? – г1аддайна ша-шега хоьттура Йотама. – Со чекхваьлла массо меттигех: лаьмнаш теллина, цхьа боьра, чхара ца битина лерина ца хьожуш, амма цхьаннахьа дац-кха сан миска бераш. Лаьтто д1ахуьйдина техьа и шиъ, я дийна доллушехь стиглано шен 1аьршашка хьаладаьхьна-те? Ца хаьа-кх суна мича эккха, айса х1ун де. Муьлхачу айми чу эккха-те со?
Йотама тийжаш воьлхура, oxl дора. Цуьнан настарш егош яра. Букар а вахана,’ сеттинера иза, б1е шо кхаьчна воккха стаг санна. Балина хьерваьллера иза: «Ма боккха бала бу-кх соьгахь берг, орцахвала, г1одан цхьа а воцу, сан миска бераш. Аса къа хьарчий сайх, шу х1аллакди аса».

Иштта лаьмнашкахула лелаш, цунна т1е1оттаделира ц1оькъалом. Царна т1е ма-хьаьжжинехь, вовшийн девзира. Ц1оькъалоьмо доггаха маршалла хаьттира таллархочуьнга:
– Маршалла ду хьоьга, со зовкх хьоьгуш даха лаьарг,– элира шен доттаг1чун юьхьа т1е а дирзина.
– Хьоьга а маршалла ду, сан доттаг1. Амма кху дуьнен т1ехь и маршалла цахилар тоьлашха дара суна, – доккха са а доккхуш, жоп делира Йотама.
– Хилларг х1ун ду, хьоме доттаг1а? Вайга, вайн ницкъаш цхьаьнатоьхча, нисдан лур доцург х1ун ду? Соьга айбан лур бацар-те хьоьгара бала?– элира ц1оькъалоьмо, шен 1аьржа т1едарчий т1ехь долу ц1ога цуьнан букъах а хьакхош, оцуьнца шена листа ца луш цхьа а г1айг1а-бала хир боций д1а а хоуьйтуш.

Ц1оькъалоьмана моьттура Йотамига цхьа а экха ден ца делла. Хьалха санна, х1инца а шега доттаг1чунна г1о дан лур ду шена.
Цкъа Йотама оцу ц1оькъалоьмана доккха г1уллакх динера – цуьнан логе а бахана, къаьмкъарга чохь тасабелла сецна т1улг схьа а баьккхина. Садукъделла далаза делира х1етахь ц1оькъалом. Х1етахь дуьйна ц1оькъалоьмо Йотамина талларна т1ехь даима г1о дора. Цо хьалаг1аттадора экха, ткъа Йотама, нийса хьажайой тухий, иза дуьйра. Оцу хенахь Йотамин к1ант хилира. Шен доттаг1чун сийнна цо цунна «Вепхиа» ц1е тиллира. Ткъа иза, хууш ма-хиллара, ц1оькъалоьман к1орни бохург ду.

– Сан бераш дайна, сан доттаг1. Сан жима ши бер. Xlapa уьтталг1а де ду аса уьш лоьху, амма лар ца карайо. И шиъ дийна ду я дац а ца хаьа суна. Цхьа-цхьана экхано, цистина хила а тарло и шиъ, – латкъаме дуьхьала узарш дира Йотама.
– Дала лардойла со, цкъа а докъах хьакхаделла ма дац. Хьуна ма хаьий. Суна дуй баа ца оьшу, ахьа суна доккха г1уллакх динчул т1аьхьа, аса хьан гергарчарна х1умма дийр ма дац. Царна-м хьовха, адамийн сибатехь волчу цхьана а дена а. Кхечарех жоп дала лур дац соьга: барзах, чанах, чаг1алкхах. Доттаг1а, со кийча ду хьуна rlo дан. Вало, ерриге хьун толлу вайша. Сан берриге ницкъ, м1араш, сан б1аьргаш – ахьа боххург дийр долуш бу-кх. Дийна я делла схьакарор ду вай бераш.

Цо иштта аларо жимма сапарг1ат даьккхира Йотамин. Цо баркалла элира ц1оькъалоьмана:
– Со а вуьсур вац декхарлахь, сан доттаг1. Хьуна декхар хир ву сайн дерриге дахарехь, ахьа, вайн доттаг1алла бахьанехь, хьуо кхоош ца хилча.
Уьш д1асабахара тайп-тайпанчу aг1ор, хан-хенехь х1окху меттехь цхьаьна а кхеташ, лехамех дерг вовшашка хаийта барт а бина.
Ц1оькъалоьмо баккъала ца кхоадора ша, доттаг1чун бераш лоьхуш. Йотамех дерг дийца а ца оьшу: цо дийнахь а, буьйсанна а наб ца йора, д1аоьхура. Цкъа цхьана хи т1екхечира иза.
– Хи, хи, сан берех б1аьрг ца кхийтира хьан – сан Мзиах а, Вепхиах а? Х1умма ца лачкъош, бакъдерг схьадийца соьга. Хи мала кхуза баьхккинчохь, хьан тулг1еша д1акхаьллина боцуш буй техьа уьш? Ахьа даре дийр ма дац ишттаниг, – шен гоьмукъ хи чу юьйг1ира цо.

– Ахьа дийриг х1ун ду? Телхина-м вац хьо? – оьг1азе кхоьссира татоло. – Ахьа айхьа х1аллакдина хьайн бераш, ткъа х1инца уьш лоьхуш кхуза веана. Хьан бераш-м цхьа а бехк т1ехь боцуш, кегий дара, ткъа хьо-м д1атакхо везара. Сайн аьтту хилча, аса къинхетам бийр бацара хьох. Хьо цхьаъ ву та1зар дан хьакъ верг.
– Иштта х1унда боху ахьа? Стенна ву со бехке? – хаьттира Йотама.
– Хьайчул боккха бехк хьенан хир бу? Хьо дика адам хиллехьара, ахьа цкъа а тешор дацара и кегий синош дестечух. Ахьа х1аллакдина хьайн бераш а, хьуо хьайн а, яла а йина, даккхий 1аьржа б1аьргаш а, еха к1ажарш а йолчу оцу зудчух хьайн кхерчан нана йинчу дийнахь, – элира татоло.
Корта некха т1е а оллийна, вехха 1ийра Йотам вист ца хуьлуш.

– Хьо бакъ луьй, хи! – элира цо цхьа хан яьлча. – Дерригенна а со бехке ву. Къа ма хета сох, хьайн тулг1ешлахь х1аллакве со. Цунна бен, кхечунна хьакъ вац со кхул т1аьхьа.
Цо жоп даларе а ца хьоьжуш, татола чуиккхира иза.
Хиэ катоьхна схьа а лаьцна, дикка гена а вигна, бердан йисте кхоьссира иза. Йотам юха а хи чуиккхира, амма цо юха а г1амарла кхоьссира иза. Изза дира цара уьссаза я уьттаза: иза татола чукхоссалора, хиэ д1атакхавора, т1аккха юха а берда т1е кхуссура. Эххар а, ша доллу дег1 атаделла, хиэ хьийзийна, шелонна вега а веш, хьеха чохь къайлавелира Йотам. Иза, верриге горгвелла, чхара к1ел хиъна lapa, юкъа-кара: «Ма боккха г1айг1а-бала, г1айг1а-бала бу-кх соьгахь, сан кегий бераш! Мзиа! Вепхиа!» – ша-шега а бохуш.

Т1аккха ц1еххьана бодане-юькьачу хьуьнах цхьа тата делира. Дуьхьала жоп хезира: «Мзиа! Вепхиа».
– Схьажахь цкъа, х1ай стаг, хьо х1унда воьлху? Ахьа мила лоьху? – цуьнца къамеле белира чхара. – Х1орш ду-кх хьан бераш. Уып ду-кх ц1ог1а деттарш. Церан аьзнаш ду хезарш. Х1инца царех олхазарш ма хилла. Хьайна уьш гича а, хьуна бевзар ма бац и пекъарш. Ладог1ал цкъа, цхьамма мохь бетта: «Вепхиа, Вепхиа, х1инца а ца карийна хьуна?» – бохуш. «Х1ан-х1а, х1инца а ца карийна, Мзиа», – дуьхьала жоп ло вукхо. Х1инца хьайн б1аьрхишца а, тийжарца а царна rlo дан лур дац хьоьга.
– Баккъала бохий ахь, чхара? Х1инца а бежанаш лоьхуш-м хир ма бац уьш? Царна стенна оыпу уьш? Маржа, пекъар сан бераш! – мохь туххуш ч1огг1а элира Йотама. Къаьхьа, б1аьрхин даккхий т1адамаш охьахьаьвдира цуьнан б1аьргаш чуьра.
– Х1аъ, бакъ ду аса хьоьга бохург. Суна товш дац аыппаш ботта. Дуьнен т1ехь х1уъа хиларх, цхьа а х1ума къайла дер дац сох, – кхоьлина элира чхаро.
– Делахь-х1ета, хьуна сан берийн мотт хаьа-кх?

– Хьан мотт, хьан г1айг1а, ахьа ден аьрзнаш ма-хаъара хаьа.
– Сан метта цаьрца къамел дийр дацара ахьа, сан доттаг1? Д1аалахьа цаьрга, шун да кхузахь хьайца ву, цаьрга цкъа мукъана б1аьрг тоха лаьара цунна, – дийхира Йотама.
– Х1ан-х1а, и дан оьшуш дац. Цунах дош хир дац. Царна луур дац хьуна т1ебахка а, хьоьца къамел дан а. Ахьа х1уъа аьлча а, уьш хьох кхетар бац. Царна дицделла шайн да хилла хилар. Аттала, «да» боху дош а царна х1инца ца девза, – элира чхаро.
– Веза Дела, т1аккха-м суна а тоьлашха ду чхара хилар, сайн берийн аьзнаш даима хазархьама а. Веза Дела, чхара бехьа сох! – Куьйгаш стигла а дахийтина, дийхира Йотама.

Оццу хенахь юххехула т1ома чекхволуш вара Амин. Оццу сахьтехь таллархочух чхара хилира, ша лаьттачу оцу чхеран юххехь шех шагат1улг а хуьлуш. Оцу керлачу чхаро лардира адамийн сибат. Д1алаьтта иза корта а оллийна, куьйгаш некха т1ехь чучча а даьхна. Б1аьрхиш охьаоьху цуьнан б1аьргаш чуьра. Шен берийн сингаттам кхуллу кхайкхам шена хезча, цо доккха садоккху: «Оx1, ма боккха г1айг1а-бала бу соьгахь, сан бераш. Г1айг1а-бала!»

5

Ткъа стенга дахана Йотаман доттаг1 ц1оькъалом? Цо теллира дерриге лаьмнаш а, аренаш а, барт бинчу метте а деана, ладег1а х1оьттира. Меттах а ца хьовш, генна, таллархо ван везачу аг1ор д1а а хьоьжуш, хиъна lapa иза. Кхача а, мала хи а дицделла, оцу меттигах д1ахоттаделча санна.
Ша делла дош дохо йиш яцара цуьнан. Ладоьг1уш lapa шен дикачу доттаг1чуьнга. Цо ладийг1ира к1иранах, вукху к1иранах, баттахь, шина баттахь, беа баттахь, дийнна шарахь… Йотама гучу ца волура. Ц1окьалом дакъаделла, азделла, балоз санна, лаьтта цхьацца т1адамаш а эгош, дешна д1адолуш дара. Ц1оькъалом 1уьллучу меттехь, шен сибатца ц1оькъалоьмах тера колл т1еелира. Амма и кондар ца кхуьу, ца жимло я якъа а ца ло.
Ткъа цунна юххехь, 1ай а, аьхка а мархал ца ло, даима кхуьуш-хьекъаш йолу Маьлхан-Аза – Пиримзе ю.

Суьрташ

Юьртан дахарера

Т1екхечира 1а. Кхаш ч1ана девлла а, деса а ду. Гонаха мел долчо дагадохкуьйту кешнаш. Баккъала, хаьар дац цигахь маса дакъа д1адоьллина. Цхьаннцанхьа кондаршна к1ел букар яхана 1а шайна т1е гомашан меца бага кхачаза яраш. Миска мекхан бецаш якъа а елла, вовшашна т1етт1а а таь1на, йохъяла г1ерташ санна, тапъаьлла д1атебна 1а. Мехаша дору гунаш а, баьрзнаш а ч1анадевлла ду. Еха к1ужал йолчу н1аьвлин ирсана цхьаццанхьа латтанаш 1аьржа го. Мисканиг цхьана меттера вукхузхьа оьккхуш, хьаьдда – едда лела, юкъ-кара пекъаре аз а доккхуш.

Геннахь, наг-наггахь гучудолу, шен деха ц1ога а лестош, цхьогал. Хьожа йохуш кханна гуо туьйсу цо. Т1аккха, ц1еххьана, сацало. Юха хьожу. Додий цхьанна т1екхета, шен ц1ога а айдой.
Шу марша, ма хазахета хир ду цунна цхьа жима дахка лацабелча а! Ца лацалахь, миска-пекъар юха а талла доьду.

Цхьаццанхьа гуш ю берзалойн лараш а. Буьйсанна уьш уг1уш а хеза. Пекъар борз цхьана дийнахь юьзна хуьлу, баттахь мацло. Хьо, гарехь, со воцчунна цхьанна а ца еза. Суна хьо дукхаеза, адамна экха ма-деззара. Х1унда? Дера еза хьан дахарехь а сайна хазалла гарна.
Аса сурт х1иттадо ломан басешкахула дежаш лелачу жанан. Жа1у наб еш ву. Дитташна т1ехьара хьуна го и жа а, наб кхетта 1уьллу жа1у а. Амма хьайн к1елонгара, уьстаг1на ка тоха, гучуяла ца яьхьа хьо, мел меца елахь а. Дохк т1ета1аре ладоьг1у ахьа. Х1инца иза 1инчуьра хьаладолуш ду. Цунна т1аьххье теба хьо а. Дахкаро уьстаг1ашна а, жа1унна а т1е 1аьржа верта туьллу. Кхин а юххе а йог1ий, чхеран т1ехьа а лечкъий, д1атеба хьо. Ахьа ладаоьг1у уьстаг1 хьо йолчу arlop баре. Ира ма1аш йолу цхьа уьстаг1, вукхарех а къаьстина, хьуна гергахьа бог1уш бу. Хьала а оьккхий, катухий схьа а лоций, иза ги а тухий, к1аг чу д1атуьлу хьо. Жимма хан яьлча, ижу хьан хир ю. Амма ж1аьла Къуршия, лета а леташ, хьуна т1аьхьа доду. Б1аьргаш а хьакхобой, тоьпах ка а тухий, жа1ус хьуна т1аьхьа х1оъ боуьйту. Хьайн ижу гира охьа а кхуссий, д1айоду хьо. Амма ахьа динарг майра х1ума дара. Жа1унна а пайда белира цунах – иза сакх-сема хилира: шен жа г1отанна чу д1алаллалц, цунна ха деш лийлира, хьо г1аларт-м ца хилла-те, бохуш.

Аренашна т1ехь ло ду. Буьйса 1аьржа ю. Хьо меца ю. Ч1ог1а меца ю. Хьайн берзан амалшца кертана, дитташна, т1улгашна, хьо д1алачкъа мел лучу меттигашна т1ехьа тебаш, г1отанна юххе г1ерта хьо. Ж1аьлешна хааелла хьо. Цара г1ов г1аттийна. Уьш д1а а, схьа а уьду. Цхьаъ лакхахь, важа цунна аг1орхьа, кхозлаг1ниг хьалха лета. Юрт самайолу. Потанна чу кхача ка даьлла хьан, амма юьртахошна иза ца хаьа. Ц1ераш а летийна, «берзалой, берзалой» бохуш маьхьарш детта цара. Латийна ч1урам а керахь, г1отанна чоьхьа волу жа1у. Хьо ши уьстаг1 бен кхиаелла, амма серло гучуяьлча, хьан къайлаяла меттиг бац, цундела ка ма йоллу, схьайиллинчу не1арх ара туьлу хьо. Ара а оьккхий, шерачу аренна т1оьхула д1айоду. Жа1у вухий вуьсу. Ерриге юьрто а дукха дуьйцу хьох лаьцна. Цул т1аьхьа массо а сема хуьлу, шайн г1отанш ч1аг1йо. Цхьа иттех стага, туькана а воьдий, молхий, х1оьънашший оьцу.

Амма хьо хьекъале ю борз! Хьайн кадер долччу бен ца йоьду хьо. Оцунна хастам бог1у хьуна. Ткъа ахьа уьстаг1ий лачкъийначу жа1ух х1ун эр ду? Нагахь санна иза къонах а велахь, цуьнан коьрто болх а бахь, хьуна цхьа гур бог 1а ца беза цо? Хьере, б1аьргаш а къерзош, цергаш а хьекхош, багара чопа а туьйсуш д1алаьттара хьо. Халахетар дар-кха оцу меттехь дог а иккхина я кхечу бахьанина, сонтачу жа1уна хьо елла карийнехьара. Чуьйрех арайолийла ишттачу жа1уна хьан ц1ока!
X1етте а суна дукхаеза хьо, борз, х1унда аьлча, хьайна хьайн ижу а гина, цуьнца ларор яц, аьлла, ма-хийттинехь, хьо yrla йолало, хьайн накъостий т1ебоьхуш. Уьш хьуна дуьхьала yrly, т1аккха сихха т1екхочу. Т1аккха цхьаьна бертахь шайн г1уллакх дан юьйлало шу. Дала аьтту бойла хьан, борз! Хьо меца йолу дела ма до ахь курхаллаш. Хьо-м борз а бен яций, берзан амалш а йолуш.

Берзалойх дийца а воьлла, юьртан «канцелиях» диийца вицвелла вог1ура со. Борз санна, шена т1е тидам бахийта хьакъ ма ю иза а. 1а т1едарций, самаелира «канцели» а. Нагахь санна аьхка 1аламат хала к1иранах цкъа гулам вовшахтоха безаш хиллехь, х1инца иза кхузза вовшахтуху. Д1а ца туьй г1овг1анаш, дека къаночун буьрса аз: «Схьалаца иза, д1а чу волла!» Ша оцу дарже ма-кхеччинехь, ишттачу омраллин маттаца къамел дан волало муьлхха а къано. Цуьнан хьаькамаша цуьнца а до иштта т1ечехаш къамел, т1аккха цуьнан а бакъо ма ю шен куьйгана к1ел болчаьрца иштта дийца.

Нагахь санна х1инцалера къано ши бутт хьулха шуна гина велар-кх! Т1аккха цунах къахетар дара шуна. Иза Дон-Кихотан говр санна вуткъа-оза вара. Ткъа х1инца иза гича цец-акъ девлла дуьсур ду шу: цо гай диллина, ши ч1енг йина, б1аьргаш, гонаш стамъелла, ц1ийделла. Юьртан «кхиэлахой» цунах хьоьгу, амма шайн хьагам кхечуьнца д1абукъа цара. Гой шуна, цхьа кхиэлахо ша а ву къанона т1ечехаш: «Схьалаца! Чуволла иза!»
– Стенна? Х1унда? – хаттаре волу «куьг бехкениг».
– Ахьа сох «лераме кхиэлахо» ца аларна.

«Кхиэлахочо» аьлларг дагах кхета къаночунна. Цунна а, лерамечу кхиэлахочунна а юкъахь даима 1от-баккхамаш бу: «Схьа а лаьцна, чуволла бакъо сан ю», – боху цхьамма. – «Х1ан-х1а, сан ю!», – ч1аг1до вукхо. Важа дуьхьала волу: «Хьуна законаш ца девза, ткъа суна девза!»
Xlopa а, ша вазвеш, важа лахван г1ерта. «Лераме кхиэлахо» зеделларг долуш ву. Къано лахван дешнаш а ца карадой, цунах «сан к1ант» баха волало иза.
– Х1ан-х1а, сан к1ант, дийриг ойла а еш дан деза.

Нагахь санна иза к1ант велахь, дена цунна чул дукха хаа ма деза. Цундела:
– Со муха ву хьан к1ант? Со хьуна мичара ваьлла? – дуьхьало йо вукхо.
Гонаха болчаьрга а хьоьжуш, кхеттош олу «лерамечу кхиэлахочо»:
– Хьо сан керахь кхиъна, х1оккхул жима вара хьо, – гойту цо лаьттах жимма куьг хьала а ойуш. – Аса хьо сайн керахь лелийна, цундела цецвала х1ума дац аса хьох «сан к1ант» аларх.
Шен мах лакхабоккхуш «лерамечу кхиэлахочо» кхин а т1етуху:

– Со цкъа Нала вахача, приставо, вайн приставо, шайга кхайкхира чай мала. Ткъа аса, бакъдерг аьлча, мало ца йира цаьрга ваха. Вайн юьртан дахарх хеттарш а деш, цо соьга элира: «Цигахь дика зхьожуш, сема хилалахь, ларъелахь шайн юрт, хьо бен, цхьа а вац хьуна цигахь законаш девзаш».
Беккъа цхьа къаной а, кхиэлахой а бен бац, ткъа, юьртахь вовшашца девнаш ца дохуш? Юккъера хьалаоьккхур ву хьалха къано лаьттина цхьа Гогия. Шен к1антана арз дан волалур ву иза:
– Аса цунна ц1енош дира, зуда ялийра, ткъа х1инца со мацалла вен г1ерташ ву. Цо-м со, велча, д1авуллий а хаац…
Гогияс шен к1антана арз дина уездан хьаькаме. Уездан хьаькамна халахийтира могуш-таза волчу к1анта шен къеначу дена т1ехь иштта х1уманаш леладой хиъча. Цунна шед етта лаам хилира. Амма эццехь кхетамчу веара Гогия:

– Ца оьшу, сан эла, тхайн юкъаметтигаш оха тхаыи къастор ю.
Кхузахь суна ларамаза дагавог1у Куприан Муравишкин1. Вайг Гогиягахь дерг а, цуьнга х1оьттинчух хьал ду. Шуна хаып хир ма дуй, Муравишкин Куприяна цхьа а урхалла, цхьа а, уггаре лекхара канцеляри а, шен к1антана арз ца деш йитина ца хиллий. Уггар хьалха цо доьхуш хилла шен ладуг1уш воцу к1ант еттий уппаза ваккха, бохуш.
Шуна дагадаг1ахь, шен к1анте цо яздина кехат а х1окху кеппара ду: «Веза-Воккхачун лаамца, хьалха хиллачу юьртан къаночуьнгара Куприан Муравишкенера сан к1ант Симеон вон х1уманаш лелорах кхетаме вало лаамца.
Сан к1ант Симеон!

…Детин ткъе пхи сом ахча даьлла сан хьоьга йоза-дешар доьшуьйтуш, 1ай а, б1аьсте а лело кога юху мачаш а, т1едуху духар а ца хьехийча а; хьан хьехамчина д1акхехьийтина чорпа a, xloani а, г1езаш а, ж1аьлин нускалш а, копастанш а аса сайн доккхачу догдикаллина хьеха а ца йо».
Амма оцу хьола т1е вайн Гогия х1инца а ваьлла вац. Дала вала а ма волуьйтийла иза! Нагахь санна иза дан дагадеача а, цунна йоза-дешар а ца хаьа. Хуьлуьйтур вай иза йоза – дешар хууш. Т1аккха к1ант ма вац йоза-дешар хууш. Хуьлуьйтур вай ший а йоза-дешар хууш, амма шен дагахь дерг ма-дарра охьадилла Гогияна хуур ма дац, цо яздинчух ма– дарра кхета к1ентан хьекъал кхочург цахиларе терра.

***

XIор стаг шен сий дожарх вогу. Массара «бакъонаш» а, «законаш» а лоьху. Ткъа сан лулахочунна, къеначу Кетеванна, и х1уманаш дага а ца дог1у. Шен урчакх а, тха къаждо ехк а гал ца яьлчахьана, парг1ат ю иза. Дуьххьара кхойкхучу борг1алшций хьалаг 1отту иза, пешахь ц1е а латайой, цунна хьалха а хуий, тха къаждан xlyrry. Къаждан тха ца хилахь, урчакх хьийзайо. Шен нус а хьалаг1аттайо:
– Хьалаг1атта, сан йо1, к1орда ца йо хьуна и наб?
Жимма човха а йой, т1аккха хьосту. Цуьнца жимма эладитанаш а до:
– Хезний хьуна Беруан к1анта Сеселос дина бохург? Х1уманаш юьттуш йолчу Теклен чу а иккхина, цуьнан лергех йолу ч1агарш а, мух lap а схьа а даьккхина, обанш баха волавелла. Иза а та1зар а доцуш д1адоьрзур ду техьа цунна?

– Хьеро корта охьийла оцу боьхачу Хорешанан, – дуьхьала йистхуьлу нус. – Лулахошкахула йолалой лела боху, ша-шен хестош: сан котамаш а, бежанаш а Кетеваначул дукха ду, бохуш.
– Ткъа садаьржинчул т1аьхьа-м цунна сацам-xlоттам бац. Дахка санна, хьаьдций – еддий ю. Котамашна х1ума тосу, «ца-ци, ца-ци» бохуш царна гуо туьйсу. Амма куьйрано цхьа-цхьаъ котам яьхьча-м йоккха г1овг1а оьккхуьйту Кетевана. Мостаг1чунна а хозийла лаьар дацара суна цо дуьйцург. Куьйранна т1аьхьа а уьдуш, мохь хьоькху: «Стенга хьош ю ахьа сан котам, куьйра, не1алт хуьлда хьуна, цунах д1авш а даьлла лойла хьо!» – бохуш.
Дийнна баттахь а коьрта чуьра ца долу цунна и куьйра. Шен котам дагаеача, шен некхах буйнаш детта йолало.

1 Глеб Успенскин цхьана дийцаран турпалхо. Лахахь далош долу дешнаш цуьнан цхьана кехата т1ера ду.

1886, Гуьржийн маттера гочдинарг
МАРГОШВИЛИ Султан

Вайнах №1-2, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх