20.01.2016

«Пхьарматан» 96-г1а цхьанакхетар

Генарчу 1975-чу шеран гурахь хилла  «Пхьармат» ц1е йолчу литературин цхьаьнакхетараллин дуьххьара гулдалар. Нохчийн къоман культурин исторехь «Пхьармато» д1алоцучу меттиган мах х1инца а кхоччуш хадийна бац вайн историкаша а, литературоведаша а. Амма и мах лаккхара хилар гойтуш ю нохчийн исбаьхьаллин литература серлаяьккхина ц1ераш – Муса Бексултанов, Муса Ахмадов, Абу Исмаилов, Апти Бисултанов, Леча Абдулаев, Юсуп Яралиев, Абу Исмаилов и.д1.кх.
«Пхьарматан» шовзткъа шо кхаьчна юбилий лоруш А. Айдамировн ц1арах йолчу библиотекехь вовшахкхийтира цхьаболу «пхьарматхой»: яздархой – Муса Ахмадов, Муса Бексултанов, Абу Исмаилов, 1алавди Цуцаев, Нохчийн республикин Юкъараллин палатин белхало Дадуев Мохьмад.
Иштта гуламехь дакъалоцуш яра  «Даймохк» газетан корреспондент Эльдерханова Зайнап, «Вайнах» журналан отделан куьйгалхо Алиев Саламбек.

Ахмадов Муса. Кху шарахь шовзткъа шо кхаьчна «Пхьармат» цхьаьнакхетаралла вовшахтоьхна – 1975 шеран, 10 октябрехь Нохчийн-г1алг1айн пачхьалкхан университетан цхьана аудитори чохь  дуьххьаралера заседани хилира. Заседани хилале хьалха, оргкомитет вовшахтуьйхира. Иштта оцу оргкомитето т1еэцначу сацамца кхоллаелира «Пхьармат». Цигахь, коьрта долчунна, нохчийн маттахь яздеш болу нах вовшахкхетара, амма оьрсийн маттахь язъеш волчуьнга «ма вола» бохуш стаг а вацара. Цигахь бан а бара уьш. Масала, г1алг1а волу Муталиев Алихан оьрсийн маттахь язъеш вара. Абу ша а вара цу хенахь оьрсийн а, нохчийн а маттахь язъеш.

Исмаилов Абу. Муса, жимма хьалхо хилларг хьахон лаьара суна. Шуна дагайог1у хир ю-кх цу шарахь б1аьстенан юьххьехь къоначу яздархойн хилла совещани. Цига вола, аьлла Шайхи Арсанукаевс яздина кехат дара соьга а. Ч1ог1а пайдехь совещани яра иза. Делахь а, ши-кхо шо даьлча бен вовшехкхеташ яцар-кха иза…

Дадуев Мохьмад. Яздархойн Cоюзо, комсомолан обкомо цхьана д1ахьош совещани яра иза.

Исмаилов Абу. Дика поэташ гучубийлира цигахь суна а: Ахмаров Рамзан а, Гавдаев Баудди, кхиберш…
Оццул юккъе хан юьйлуьтуш вовшах деттадалар дош ма дац, боху ойла яра коьрте хьийзаш… Х1инца санна шина-кхаа шаре ца буьйлуш, кеста-кеста вовшах а детталуш х1ума дан мегар дацар техьа, баттахь цкъа мукъана а. Вовшийн х1умнаш а йоьшуш, цунах дерг хатта а хоттуш, хьехар а деш, х1ораммо шена хетарг а олуш, оьшу аьлла хетахь критика а еш. И тайпа ойланаш хьийзара сан коьрта чохь. Цу ойланехь вара Яхъяев Леча а, кхиболу къона яздархой а. Юха Шайхех дагадевлира тхо. Шайхис ч1ог1а дика хир ду, аьлла т1елецира тхан къамел. Т1аккха Мамед (Мохьмад Дадуев) волчу вахана кхуьнга и дийцира – дукха хьолахь яздеш берш студенташ а хилча, ткъа университетан дахарехь жигара дакъалоцуш  комсомолан обком а хилча, аш 1уналла а деш, г1уллакх дан хьоьвсича х1ун дара техьа, аьлла. Мамед а вуно-ч1ог1а реза хилира цу къамелана, кхара дика г1о а дира гурахь и дуьххьарлера заседани вовшахтухуш.
…И де, цхьа хаза де дар-кха и, екхна яра, кхетта малх болуш хаза гуьйренан де дара…

Дудуев Мохьмад. Хене хьаьжча, малх цу дийнахь ца хиллехь а, болуш санна а ма хетта хир ду кегийчу нахана шаьш юьхьарлаьцна г1уллакх кхочуш хуьлуш гича.

Исмаилов Абу. Бакъ ду иза. Делахь а тахана санна дагадог1у суна, хаза де дара ч1ог1а.Ткъа Мусан доттаг1а вара, кхуьнан санна, Ахмадов памили а йолуш – Шамсуддин. Сурт дуьллуш вара иза. Цуо диллинчу суртах дерг Мусас эр ду.

Ахмадов Муса. Студентийн юкъара1ойлехь кхузткъе пхийталг1а чоь яра, цу чохь 1аш со а вара, цу чохь вайн заседанеш а хуьлура. Ткъа цу чохь Шамсуддис пена т1ехь «Зайтан Шихмирзин илли» юкъара сюжет ялош сурт диллира: таркхойн Шовхалан йо1 кад а оьций т1е йог1уш, уггар чехка говр йолчо х1ара кад д1амала, нагахь санна говр хьалха ялахь, дезачух совг1ат хир ду шуна, говр т1ахьа йиссахь корта а боккхур бу шун, аьлла. Ас-со бохучу к1ентийн кортош охьадахча, и кад мала ца х1уттуш, Зайтан Шихмирзас д1а молу-кх и кад, шен говр хьалхаера ю аьлла-м ца молу ша, к1ентийн маршонна молу ша, олий.
Абус ма аллара, цигахь яздархой гулбелла ца 1аш, суртдиллархой а, композитарш а, массо аг1ор нохчийн культурица бала болу нах вовшахкхетара. Цхьаъ, воккханиг, Сийлаллин председатель хила веза аьлла, Нурдин Музаев хаьржира оха. Иза наггахь ван а вог1ура заседани йолчу хенахь.

Исмаилов Абу. Цу дийнахь Шайхис (Арсанукаев – А.С.) аьлла долу дешнаш ца диц ло суна – дуьххьарлерчу заседанехь вара иза. Шен тийначу озаца вистхилира Шайхи: «Тахана шу вовшехкхетар а, аш д1адолийнарг а доккха г1уллакх ду шуна, онда х1ума ду шуна. Х1ара вайн къоман историн цхьа аг1о ю шуна, аш язъян йолийнарг. Ткъа истори даима яккхий тоьпаш а етташ, шаьлтанаш а, тарраш детташ  яц шуна. Х1инца аш санна тийналлехь бечу белхаца язъеш а хуьлу шуна истори». И Шайхин дешнаш диц ца ло суна. Ткъа х1етахь вай язъян йолийна и историн аг1онаш ледарнаш яра аьлла а ца хета суна. Вай дикачу балхана арадевла нах дара.
Ма-дарра дийцича, вайн къам т1аьхьа дисина дог1уш дара гонахарчу  республикашка хьаьжча: цкъа делахь, коьрта куьйгалхо цкъа а нохчий хуьлуш вацара вайн, шолг1а делахь, массо а меттехь коьрта хьакимаш оьрсий бара, кхозлаг1а делахь, х1ора шарахь б1аьстенан юьххьехь жима а, воккха а аьлла нохчи  Росси мел ю, цхьацца белхашка, шайн доьзалаш кхаба сом даккха, ара бовлура, ца бевлча а ца бовлура. Ткъа цунах х1ун хуьлура – ярташ яссалора, шен ц1ахь, шен махкахь белхан цхьа корматалла кара а ерзийна, цу т1ехь д1авоьдуш специалист к1еззиг хуьлура, кегийчеран дешарна т1еберза таро а, йиш а ца хуьлура. Цхьацца долчунна вайн вешан бехк а бара – цхьа х1ума схьа а лаьцна цу т1ехь д1абаха вайгахь собар а ца тоьара. Вайна ц1еххьана а дезара, шорта а дезара, сихха а дезара.

20151013_123116

Суьрта т1ехь: М. Бексултанов, М. Дудуев, М. Ахмадов,
А. Исмаилов, I. Цуцаев (2015 шо.)

Дадуев Мохьмад. Суна х1инца а, тамашийна хеташ цхьа х1ума ду – Дала и тайпа пох1ма долу кегий нах цхьана меттахь вовшахтохар. Уьш ма бацара цу хенахь я яздархой а, я поэташ а. Студенташ бар-кха, 1емаш а, 1ама лууш а. Амма шайн литературица а, шайн историца бала а болуш, царах дерг, бакъдерг меттах1оттош къовса доьналла а долуш кегийнах бар-кха. Цу хенахь долу хьал: нохчийн истори ма ярра йийца йиш яцара, нохчийн фольклор ма хетта хьехон йиш яцара, нохчийн маттахь вист хилча а ца дезалора – и санна долчу х1умнаша меттахбаьхна а хир бара и кегийнах.
Шеко йоцуш,  «Пхьармат» ца хиллехьара тахана йолу литература хазанеха санна г1ийла хир яра аьлла хета суна. Х1инца а хила езара цу тайпана вовшахкхеташ кегийчеран тоба.

Тахана историкаша «застойное время» олу-кх д1адахначу цу шерашна. Сан хьекъалехь, нохчийн культурехь «Пхьармат» хилар бахьана долуш, и хан «застойни» яцара – «достойны» яра. «Пхьарматхойн» терго йора яздархойн Союзо а, республикин газеташа а,  комсомолан обкомо а… Массо а аьлча санна, ша-ша кхоьллина и тоба бохуш, къийсалуш а вара цхьана юкъана. Амма, кхано, партин обкоман хьалхарчу секретаро харц ц1е кхуллуш мах хадийначул т1аьхьа, цхьацца хаттарш кхолладала доьлча, берриш бевдира, боллу къийсам  комсомолана а буьсуш. Эльмурзаев Г1айра-Солтин (х1етахь комсомолан 1-ра секретарь) – кабинета чохь, дагадог1у суна, схьагулбелла бара партин обкоман белхахой Тацитов а, Бузуртанов а, Раиса а яра цигахь (Раиса Ахматова – С.А.), КГБ белхалой а… Дуьйцуш дерг х1ун дара? Нохчийн маттахь къамелаш до, нохчийн маттахь ду дерриге бохуш. Юха Мусан цхьа турпалхо вара юьхьарлаьцна вуьйцуш, Шуьйтара г1ала деша а веъна, юха каникулашкахь г1алара лома хьала воьдуш джинсаш юьйхина ц1а вахна волу. Т1аккха Мусас гайта г1ертош дерг: «урбанизация… тлетворное влияние городской среды… автор хочет сказать, что это рушит национальные традиции… но это противоестественно и это не соответствует соцреализму», бохуш бехкаш дара т1едохкуш. Юха Мусайн цхьа стихотворени а яра цигахь цара юьйцуш…

Ахмадов Муса. «Г1ала кхаьчначу пхьидех язйина стихаш» аьлла яра и стихотворени. Малик валале цхьа ши-кхо де хьалха яздархойн Союзехь йийцаре еш яра сан кхолларалла, х1унда дара а ца хаьа суна иза. Чоь юьззина схьагулбелла яздархой а бу. Ткъа цигахь ас и «Г1ала кхаьчначу пхьидех» стихотворени ешча, цхьамма интерпретаци йира: «В этом стихотворении под лягушками автор подразумевает малые народы, что у них культура стирается…» и.д1.кх. Бакъдерг дийцича, со реза вацара оцу тидарца. И дацара ас цигахь дуьйцург. Цул т1аьхьа, цхьа шо даьлча, лакхарчу 1едало «Пхьарматна» «чхьонкар» туьйхира, националистийн бен бу иза аьлла.

Дадуев Мохьмад. Муса, ма дарра аьлча ЦК-ара схьаеъначу комиссина пхьарматхоша лелош долчу хьокъехь «вуон ду, мегар дац» аьлла карийна х1умма а дацара. И юкъахь хьийзаш болу шовинисташ бара-кх уьш карзахбоьвлларш.

Ахмадов Муса. Вайна тахана «Пхьарматах» лаьцна дийца дуккха а х1умнаш ду, дагалецамаш а бу, делахь а вайн къамелан цхьа низам хилийта ас хаттарш х1иттор ду шуна.
Абу, хьо а пхьарматхойн коьртачу декъехь вара, цул сов, «Пхьармат» боху ц1е ахь аьлла тиллина а яра вайн тобанна – Ахьмад Сулеймановс д1аязйина легенда  айхьа ешча, тхуна а йовзийтира ахь. Хьуна хетарехь, вайн нохчийн литературин исторехь х1ун меттиг д1алоцу «Пхьармато»?

Исмаилов Абу. Нохчийн исторехь мацах Европехь хилла Ренессанс, эпоха Возрождения а олу-кх цунах, санна хета суна «Пхьармата» йитина лар. Вайна ма хаъара цу заманахь вайн литература… д1аяйна-м яцара иза, делахь и ч1ог1а г1ийла яр-кха. Ишколан хрестомати т1е тухуш хилла произведенеш, дукха хьолахь, литературе безам бохург-м дуьйцур а дацара, мелхо а, чам бойуш хуьлура. Цхьаерш х1инца а д1аяхаза ю таханалерачу учебникаш т1ера.
«Пхьарматехь» вовшахкхетта вай – маьрша дара. Балхах воккхур варий, партера вохор варий аьлла, кхерамаш бацара вайгахь; кхоллараллехь а маьрша дара вай, дахарехь а маьрша дара вай. Цу хенахь суна х1ун хетара хьуна аьлча,  суна т1ехь олалла дан Дела воцург цхьа а вац аьлла хетара. Оццул маьрша вар-кха со. Цхьана х1уманах озалуш а вацара, кхоьруш а вацара. Шуна дагадог1у хир-кха цу заседанехь Бузуртанов Мохьмада б1аьргаш а къерзош «хьо балхахь мичахь ву?» аьлла хаьттича – со цу хенахь ишколехь вара, нохчийн мотт хьоьхуш, ас суо хьехархо ву аьлча, цо элир-кх: «Кто вас допустил в школу на идеологическую работу? Чему вы учите детей?» Ахь а, хьо санна волчо а б1аьргаш а къерзош, т1е мохь тоьхча, воххал бен, велххал бен де ца хилча, со лаьттахула когаш бетташ лелар а вацара хьуна, со кхерон г1ерташ-м вац хьо, элира ас цуьнга.

с абузаром

Хиъна 1аш: А. Исмаилов, М. Ахмадов, А. Айдамиров, . Л. Абдулаев.
Лаьтташ: Х. Юнусов. Д. Сумбулатов (1992 шо.)

Ткъа «Пхьармат» ц1е тиллар хьокъехь. И денош дара уьш, ас Сулейманов Ахьмадан Пхьарматах (Прометей) д1аязйина йолу легенда журналехь йоьшуш,  Чокаев Катин комментари яра цу легендица цхьаьнаялийна. Ч1ог1а дагах кхийтира суна иза, дег1ах зуз доуьйтуш, инзара воккхуш. Ткъа цу хенахь вайн тобанна ц1е тиллина яцара, ткъа и ц1е – Пхьармат – йог1уш ю аьлла хийтира суна. Шолг1ачу рог1ерачу заседанехь ас и хьахийча, х1орш берриш реза а хилира, т1е а ийцира оха и. Бакъдолуш ала мегар ду: нохчийн маттахь шуьйра юккъе деара и ши дош – Пхьармат а, пхьарматхой а.

Ахмадов Муса. Тхо вовшахкхетта цхьа шо даьлча, Абус стихотворени язйира. Абу, д1аешахьа и стих.

Исмаилов Абу. «Пхьарматхошка» аьлла яра цуьнан ц1е.

«Х1уманан сахьт бен дац», –
Олуш ду халкъо,
Мел ч1ог1а хиларх, дарц
Шен хеннахь тоь.
Цкъеллиг цкъа иэшор яц
Харцоно бакъо.
Баржор бац
Лекха арц,
Ца дуьтуш доь.

Замано, махкана
Оьшуш а хилла
Хан кхаьчча,
Кан баьт1ча,
Кхоьллира вай.
Пхьарматан серлоно
Къагийра илли,
Гуьйренан 1уьйранна
Сенбира бай.

Цу ц1аро вохвина,
Дог карзахдаьлла,
Массо а
Вахара,
Шеца и хьош.
Дахарехь айина
Чекхйоккхур аьлла,
Х1ораммо
Ша-шена
Делира дош.

Цул т1аьхьа цхьаболчийн
Дахделла т1емаш.
Къолам а,
Цергаш а
Иръелларш бу.
Тахана хиндолче
Ца боьхуш темаш,
Поэзин ц1е эцна
Бог1урш а бу.

Некъ шера ца хиларх,
Шу къар ма лолаш.
Диэбар ду,
Хьиэкъар ду
Кхана шун хас.
Лаьмнашна т1ехула
Иллешка долуш
Декийта,
Декийта
Пхьарматан аз!

Иштта некъ декъал беш язйина яра ас и байт.
Муса а (Бексултанов) дуьххьара гучаваьлла дагадог1у суна. Ийзалуш, цхьана соне д1атебаш, вист хила ца лууш… Амма кхуо шен дийцар д1адешча… Хаза дара ч1ог1а. Х1етталц ца бекначу кепара бекара Мусан дийцаршкахь нохчийн мотт. Къаьсттина шен хат1 долуш автор хилар гайтира кхуо.

Цуцаев 1алавди. Муса, ас юккъе тухур дара сайна диц далале.

Ахмадов Муса. Вист хилал, 1алавди. Цуцаев 1алавди – пхьарматхойх хьалхарчех цхьаъ.

Цуцаев 1алавди. «Пхьармат» х1оьттина яьлла ши шо кхаьчна ала мегар долуш ду иза, со цу тобанах д1акхеташ. Суна х1орш шаьш яххьашца бовзале а йоьвзинера «Пхьармат» со студент волчу хенахь, цундела хала а вахара со кхарна юккъе. Ткъа и «Пхьармат» йоьвзина ца хиллехь… Цхьа анкеташ хуьлур-кха дешархоша лелош, цхьацца хаттар-жоп а дуьйцуш, шен, я нехан байташ а язъеш… Х1орш бевзина цахиллехьарай со цу дешархойн тетрадаш чуьра ара ваьлла а хир вацара. Цу анкеташ чуьра ас ара баьккхина ког х1орш бахьана долуш баьккхина бу, журналехь, газетехь т1е зорбатухуш.
Т1акха «Пхьарматах» хилла долу беркат, цунах баьлла пайда, цхьадерш Абус дийцира… Ткъа, Абу, телевиденехь хуьлур-кх хьо, цхьа обзор йора-кх ахь…

Исмаилов Абу. Йора, «Орга» журналан обзор йора ас.

Цуцаев 1алавди. «Минуткехь» йолчу юкъар1ойлийн фоехь телевизор яра, цу хьалхахь гуллора тхо нохчийн маттахь передача йолчу хенахь. Циггахь гучуволура нохчийн мотт безарг а, нохчийн маттаца уьйр ерш а. Т1аккха Абус цхьацца стих ешча «1алелай, нохчий маттахь муьлхачу темина ала лур доцуш х1умма а дац-кха», аьлла ойла кхоллалора.
Т1аккха, Мусас (Бексултанов) шен дийцаршкахь айеш йолу патриотически, граждански тема, нохчийн хьалхалера истории а, «хьажахь, нохчийн маттахь к1оргера и дийца йиш ю-кх», бохуш дозалладина а ца бовлура. Мусан цхьана дийцаран ц1е дага ца йог1у суна,таксистах лаьцна дар-кх и…

Ахмадов Муса. «Таксист я чаккхе».

Цуцаев 1алавди. Суна дахарехь гина суьрташ дара-кх Мусас цигахь гойтуш дерш. Ткъа Шамсуддин сурт дийцира-кх вай пена т1ехь диллина долу, цу суьрта т1ехь яздархой а бара цуьнан, масала,  Мамакаев Мохьмад…

Ахмадов Муса. Дара, коллаж санна диллина дара цуьнан иза.

Цуцаев 1алавди. Со х1ун ала г1ерта шуна аьлча, дуьллучу суьртан шен мотт хуьлуш хилар дуьххьара цигахь хиъна суна. Цхьаммо кхетийра-кх со Шамсуддис Зайтан Шихмирза дег1аца зоьртал гайтина вац, цхьа элдар дег1 долуш, дег1ан ондаллица дац цуьнгахь долу хьуьнар, амма дагца, яхь хиларца оьздангаллица ду, ткъа и дерриге Шамсуддис шен суьрта т1ехь цуьнан д1ах1оттарца, латтарца гойтуш дара.

«Пхьармато» х1ун пайда бахьара? Сайца хиллачух эр ас. Цхьана дийнахь Мартант1е ц1а воьдучу дийнахь, автобус чохь хиъна 1аш зудабераш ду, царех цхьаммо вукхуьнга боху тетрадь д1а а кховдош: «Х1ан, д1аэца, ца кхета со нохчийн маттахь язйинчух». Т1аккха ас сайга схьадийхира и тетрадь. Цу т1ехь байташ яра. Ешча – овкъарш а ю, амма суй а бу-кх. Къамеле вели со т1аккха цу йо1аца, «Пхьармате» схьаян еза хьо, аьлла. Иштта схьаялийра ас и вай долчу. Иза, Дала гечдойла цунна, Бана Гайтукаева яра. Банех  хила а хилира, «Пхьарматах» даьллачу беркатах дика поэт. Иштта Джанаралиев 1имран а, Дала цунна а геч дойла, валийра. Ч1ог1а эхь хеташ ма варий иза а, ван веза хьо аьлча, чу ван а ца х1уттуш – ша язъеш а вацара и, амма иштта меттиг езаш вара. Иштта т1еузур-кх «Пхьармато» нохчийн маттаца уьйр а, безам берг. «Пхьарматхой» д1а а боьлхура муьлхачу юьрта – Сема1ашка, Мартант1е, Хорачу кхаччалц а, ишколашкахь къамелаш дора, байташ йоьшура.

Кхин цхьа х1ума хьахон а лаьара суна. Со гуттар, шуна ма хаъара, вайн заседанешкахь протоколаш яздеш ма варий. Шен могг1ара х1окху шовзткъа шарахь х1ара схьадог1уш хиллехьарай, тахана йолу заседанин доьвзткъе ялхийтталг1а протокол хила дезаш дар-кх.

Дадуев Мохьмад. Иштта д1аяздан деза-кх т1аккха тахана вайн вовшахкхетар (чохь берш буьйлу).

Ахмадов Муса. Цул т1аьхьа а хийла цхьанакхетараллаш кхолла г1иртина, кхоллараллийн организациш. Амма цхьа а ма хетта д1а ца яха и тобанаш. Х1етахь вайн болх дика д1а х1унда боьдура хьуна аьлча – х1етахь вай кегий дара, х1етахь вай ваьшна т1едиллинарг кхочушдора, дош хетара. Масала, заседани хилале хьалха керла язйина я байташ, я дийцарш вовшашка д1алора, уьш йоьший вовшахкхетара. Шолг1а, арахоьцуш пенгазет дара университетахь «Пхьармат» ц1е йолуш, кхо-диъ метар деха а хуьлура иза. Цу т1е ша язйинарг тоьхча, ша «Ленинан некъ» газета т1е тоьхча санна хетара. Шозза дага а дира иза. Цкъа дагийча, Ивановс (университетан парткоман секретаран заместитель) «сами виноваты, что-то националистическое наверное вывесили, вот и сожгли», аьлла сан бехк бира, со шена т1е вахча. 1алавдис ма аллара, д1асадахарш дукха хуьлура, газеташ т1е тухура пхьарматхойн йозанаш, альманах т1ехь шарахь цкъа пхьарматхой х1ета-вета а т1е тухуш бара. Массаьрца з1енаш д1атиссина къахьоьгура, къахьега могашалла а яра, лаам бара. Къаьсттина Кусаев 1адиза телевиднехь ч1ог1а накъосталла дора, тхуна лиъначу хенахь передача йора.

Юха 1977-чу шарахь хилира къоначу яздархойн совещани. Цигахь «Пхьармат» ц1арах ас дина къамел Людмила Калитас (цу заманахь г1араяьлла журналист) «Грозненский рабочий» газет т1е туьйхира. Цигахь вай девзича, вешан тобанца вай дуй хиъча, мел самукъа даьллера х1етахь къона яздархой бу олуш хилла волчу Дикаев Мохьмадан а, Гацаев Са1идан а. Дикаев Мохьмадан б1аьргаш чу хиш х1оьттира къамел дечу хенахь, оццул тайнера цунна вайн болх: «Уггаре ч1ог1а вайна оьшучу хенахь кхоллаелла а, шена хьакъйолу ц1е тиллина а ю и цхьаьнакхетаралла».

Х1еттахь тхаьш дуьйлалучу хенахь, тхайл хьалха бог1уш болчу яздархойн кхоллараллин мах дикачу аг1ор хадо г1ертар а тайнера царна. Масала, цхьаммо яздинера Дикаев Мохьмадан «Нохчо ву со» бохучу стихотворени хьокъехь, «там он инвентаризирует национальные особенности народа, но не создает образ народа». Цунна суо реза цахилар гойтуш  айса къамел дина дагадог1у суна…
Муса, х1инца хьо вист хила луур дара. Хьуна х1ун хета, «Пхьармато» нохчийн исторехь а, литературехь а х1ун меттиг д1алоцу? Х1ун маь1на лелийна цо? Х1ун маь1на леладо цо? Хадийна аьлла хетий хьуна «Пхьармато» лелийначуьнан мах? Хьайна хетарг алахьа.

у университета

Х.Яхъяев, М. Ахмадов, Х. Магомадов,
А. Сулейманов, М. Бексултанов (1977 шо.)

Бексултанов Муса. Вайн баланаш лайна къам ду. Т1емаш лайна къам ду… ХIX б1ешарахь. Юха ХХ б1ешаран юххьехь коллективизаци ю бохуш х1аллак а дина, юха ц1ера а даьхна, ц1а а даьхкина… Г1ийло хьал дара-кх вайгахь. Цу хенахь вайн хилла яздархой ц1ера д1а бахна яздархой бара, ц1ера д1абахале яздеш хилларш а бара, цигахь яздан буьйлабелларш а бара. Цу хенахь вайн 1едало – партис а, КГБ-с – ч1ог1а т1е1аткъам бина лаьтташ дара. Хьалха Ленин, парти, Октябрь хьахийний бен цхьа а гулар, книшка ара йолуш яцара. Ткъа вай кегий дара, вай Казахстан а ца лайнера, вайна парти а ца оьшура… Вайна санна т1е хьелаш х1иттинчу къамнийн иштта тулг1е кхоллаелла а ю, кхоллалур а ю. Х1унда аьлча чкъураш вовшах тера ца хуьлу – цхьа чкъор д1адаьлча т1е дог1у чкъор мелла а кхечу аг1ор хуьлу, церан лехамаш а. Суна х1ун хета аьлча: «Пхьармат» кхоллар бахьана долуш вайн литература дуьненан меха лакхаяьлла аьлла хета суна. Нагахь санна вай и йоцуш, х1ара г1уллакх нисделлихьара, вай тахана а, цкъа дийцича юха а дуьйцуш, цкъа кегийнарг юха кегош 1аш хир дара.

Х1ора а кхуьучу жимачу стагана дуьне шатайпа го, ткъа вай кегий долуш х1ара дуьне вайна ма гарра яздора, вайн къам а ша ма дарра, ма хеттара, ма дийццара. Ду бохуш долу харц х1умнаш 1адда а дуьтуш.
Нагахь санна «Пхьармат» ца хиллихьара тахана вайн дуьненна бевзаш болу яздархой хир бара аьлла ца хета суна. Масала, Леча а (Абдулаев Леча), кхузахь хиъна 1аш волу Абу а, Муса а, Апти а (Апти Бисултанов), кхиберш а… «Пхьармато» 1аламат боккха бух биллина вайн литературина, XIX б1ешаро Российн а, Францийн литературин санна. Бакъду, «Пхьармат» д1аяьлла дикка хан ю, дукха хан яьлла цул т1аьхьа – ши т1ом а лайна, кхин тайпа баланаш а. Суна хета вайна т1аьхьа т1е дог1уш долу чкъураш хьеделла аьлла шайна оьшуш болу некъ харжа. Тахана вай схьадохьуш дерг царна товр дац, х1унда аьлча вай даккхий а хилла, вай къан а делла, вай х1етахь санна шовкъе х1умнаш а ца язъйо, вайна дуьне гар жимма г1ийло ду тахана. Цхьа бакъду, цу т1ера д1а, «Пхьармато» динчунна т1ера д1а, талла а таллина, цара х1ун дина а, х1ун лелийна а хьажна, керла тулг1е яра кегийчара кхолла езаш. Нохчийн мотт а бевзаш, шайл хьалха мел язйина х1ума ешна а болуш болу кегийрхой.

Со ишколехь доьшуш волчу хенахь юьртахь цхьа «летни» олуш йолу кулуб яра тхан, важа кулуб ян а яцара, аьхка цига кино хьажа уьдур тхо къайлах-къулах, вуьшта х1ора буса цига дала эппаз а ца хуьлура, т1аккха суна йиснарг нохчийн литературий бен яцара, суна г1азкхийн мотт а ца хаьара пайденна… Ас дозалийна боху ма мотталаш – ялх класс чекхъяьккхина со волуш, нохчийн маттахь ас ешаза цхьа а х1ума яцара. Цхьа а х1ума! Мел ч1ог1а лехча а кхин карош х1ума а яцара. Ма дарра дийцича, воккха хила мел вуьйли а, айса йоьшуш йолу и х1умнаш тан а ца товра суна. Суна гуш долу дахарий, суна гуш йолу юртий, суна гуш долу адмашший, суна гуш болу баккхий нах цхьана ца бог1ур-кха цара гойтуш долчуьнца, цхьа д1ахедийна болуш санна, беса хетара суна. Кхетий шу ас бохучух?
Ткъа тахана йолу зама кхин зама ю. Х1ара зама вайга а язлур-м ю, бакъду къоначарна санна кхуьнан башхаллаш дика гур яц вайна. Суна теша лаьа и тайпа къона чкъор кхоллалур хиларх.
Мусас элир-кх, цул т1аьхьа а цхьацца цхьаьнакхетараллаш кхоллаяларах. Уьш д1а ца яхара. Уьш д1а ца яхар шайн къоман 1адата т1ехь цахилар – шен къоман матта т1ехь, шен къоман дахар т1ехь, шен къоман литератури т1ехь, фольклор т1ехь. Т1аккха бен д1аг1ур дац г1уллакх. Цигарий, кхузарий каеттарх хуьлуш дац и тайпа г1уллакх…

Исмаилов Абу. Искусственно кхолла езаш яц иза, ша-шех хила езаш ю. Цхьаммо указани елла кхоьллина х1ума гена д1а ца доьду, дахча а лар ца юьту. Вай ма дацара цхьаммо указани елла вовшахкхетта.

Бексултанов Муса. Бакъ лоь Абу. Суна доккха дозалла хета суо цу «Пхьарматах» хилар. Дала вайн къомана бина аьтто хета суна иза – кегийнах ара а бевлла «Пхьармат» кхоллар.

Дадуев Мохьмад. Муса, хьоьга цхьа хаттар лур ма дара ас. Ахь хьайн къамелехь социальни бух толлуш, дика анализ ялийра. Масала, ахь боху, ялхалг1а класс йоккхуш айхьа вайн ерриг аьлча санна литература ешна. Ткъа и зама вайна дагайог1у – нохчийн маттахь къамел дина аьлча выговарш етташ зама яр-кх иза. Нохчийн лаккхарчу хьаькамаша нохчийн маттахь къамел деш ца хезара. Ткъа х1инца мел волчу министро, хьаькамаша цхьа хаза нохчийн маттахь къамел до, нохчийн маттахь газеташ ду, журналаш ду. Цу тайпа массочу аг1ор нохчийн маттана яьлла парг1ато хилча, х1унда яц техьа «Пхьармат» санна тоба х1инца?

Бексултанов Муса. Сайна хетарг эр ду ас. Д1адахначу б1ешар чохь 80-90-чу шерашкахь санна вайн культурехь хилла болу кхиам вайн къоман кхин хилла а бац. Литература а, театр а кхин д1а йолу культурни аг1онаш юьйцу ас. Цу шерашкахь суна дага дог1у: спектакаль йолчу хенахь театре инзаре адам доьдара…

Дудуев Мохьмад. Доьзалшца цхьаьна-м боьлхура. Ярташкара дуьйна адамаш дог1ура.

Бексултанов Муса. Суна со цига ца вахча айса цхьа къа латош санна хетар-кх… Цул т1аьхьа, ши т1ом бели, шина т1амах деддий-хьаьддий уьдуш лийли къам. Т1емаш а д1а дирзи. Ткъа шайн и доьзалш, коьрта долчунна, цу баланашах к1елхьардаха лелаш долчу дай-наношна царна дуьйцург а, олург эшна хили. Т1аккха дуьне мел ду девдда лелла адамаш ц1а дирзича, юха а шайн х1усамаш хьала ян йийзи, юха а доьзалшна рицкъа лаха дийзи. Оьрсийн маттахь аьлча материальни аг1оне дирзи дерриге а, духовни бохург юха а таттаделла. И тайпа вакуум ю-кх хилларг. Кхин цхьа итт шо, ткъа шо даьлча, кхин х1ума ца 1отталуш вай д1адолхахь, со тешна ву, вай жима чкъор а сама дериг хиларх.

Исмаилов Абу. Литература кхиаран кхин цхьа бахьана эр дара ас. Вай вовшах детталучу хенахь юьхь-дуьхьал хаза къамелаш деш 1аш дацара вай. Юьхь-дуьхьал бакъдерг д1а олура, дика елахь – дика ю олура, ледар елахь – ледар а.

Бексултанов Муса. Ас, дага деъначуьра, цхьа х1ума т1е тухур дара, «Пхьармат» иштта шуьйра д1аяр бахьнах коьртачерах цхьаъ. 1алавдис ша Бана ялорах элира, со Мусас валийра, цхьана кхечо – кхиверг. Цул совнаха, вовшашна г1о дора ч1ог1а, дог ц1ена бара, вовшен кхоор дара, ларар, доцца аьлча г1иллакх ч1ог1а дара. Г1иллакхах боьхнарш д1абохуш меттиг а хуьлура. Дуккха а нах шаьш ма бахара цу юкъара д1а, цхьаберш шайгахь пох1ма доцу дела, кхинберш шайна йохк-эцарехь санна пайда хир боцийла хиъча. Вовшах къинхетам хиларо, вовшийн хьажаро, вовшашка ладог1аро д1аяхийтира-кх «Пхьармат».
Цхьа х1ума билгалдаккха деза, «Пхьарматан» болх иштта дика д1абоьдура, х1ора заседанина кечам беш, «пхьарматхойн» произведенеш еша д1асалуш, радиохь, телевиденехь передачаш еш, г1алахь а, ярташкахь а цхьанакхетарш вовшахдетташ, керла юкъабевлла къона яздархой заседанешка кхойкхуш, пенагазет арахоьцуш, цхьаьнакхетараллин куьйгалхочо Ахмадов Мусас доггах къахьоьгу дела.
1978-чу шарахь араяьлла «Сатийсамийн анайисташ» ц1е йолу «пхьарматхойн» поэзин книга а Мусас вовшахтоьхна яра.

Ахмадов Муса. Баркалла, Муса. Бакъ а долуш х1етахь къахьийгира дог а дог1уш, воккха а веш. Со тешна вара къоначара вайн нохчийн литература лакхарчу т1ег1ане йоккхур ю аьлла. Цкъа университетехь цхьана гуламехь къамел деш ас элира, нохчийн литература шен кхиарца, исбаьхьалин аг1онца кеста французийн литературица д1анислур ю аьлла. Со боккъал а теша а тешара и иштта хир ду бохучух…
Ткъа ахь хьахийна пхьарматхойн гуларна юкъаяхара Абдулаев Лечин, Абуев Мовсаран, Ахмаров Рамзанан, сан, Домбаев Хьусайнан, Яралиев Юсупан стихаш. Бакъду иза, цу хенахь вовшех даккхийдер а, язйинчун мах хьакъберг хадор а ч1ог1а дара. Масала, Абдулаев Леча «Пхьармата» юкъавеана дукха хан яцара, х1етте а цуьнан стихаш, вовшахтухучу гуларна юкъаехкира ас,  уьш сайна арахеца хьакъ а йолуш, дика стихаш хетта дела. Лечин стихийн цикл д1айолалора «Пхьарматхошка» бохучу стихотвореница. Цу юккъехь иштта дешнаш дара:

…Дуьйлало, доттаг1ий, некъ бу вайн хьалха…
………………………………………………….

Вай довла хан хилла дайн, дедайн пхьалг1а,
Керлачу г1ирсашца шира б1ов ага.

Т1аьхьо, 1979-чу шарахь, май баттахь хиллачу партин обкоман пленумехь, х1етахь республикехь хиллачу уггаре а лакхарчу хьаькамо, «Пхьарматан»  «националистическое сборище» аьлла, мах хадийча, цу хьокъехь университетехь хиллачу гуламехь цигарчу цхьана хьехархочо аьллера, ас кхузахь далийна Лечин дешнаш г1аттаме кхайкхар (призыв к бунту) ду, ткъа шен, «Нохчийчоьне» стихотворенехь Ахмадовс боху ша «оцу г1аттамехь вага кийча ву»… И стихотворени кхузахь яло лаьа суна (цо цкъа С. Бадуевн ц1арахчу конкурсехь хьалхара меттиг а яьккхира):

Нохчийчоьне

Дагадог1ий ахьа лайнарш къиза,
Сан Нохчийчоь, со воьлху хьан къина.

Цу хьан  т1улгийн мацах хилла чевнаш
Сан даг т1ехь ю, къахьбеш денойн чемаш.

Хьан п1елг лозуш, сан дог лозур даим,
(Иза-м ирс ду – дог хьан дуьхьа дагар).

Цу хьан стиглахь яьлла 1аьржа марха
Сан белшашкахь 1уьллу, яшшолц малхо.

Х1ай сан лаьмнаш! Хастам бу-кха шуна,
Шух-м ца дина халонаша шунаш!

Дохк а, бода шайн когашка дарах,
Кортош малхехь аш латтийна даим!

Сан Нохчийчоь! Сан хьоме халкъ! Даим
Шу хьакъ ду-кха иштта маьрша даха!

Даим, даим яга лаьмнийн кхерчахь
Пхьарматан ц1е, халкъан дахар кхехкош!

И ц1е г1еллахь, аш со кхерча тилла –
Со вогур ву, декъа дечиг хилла!

Исмаилов Абу. Мохьмад, х1етахь С. Бадуевн ц1арах йолу конкурс дагаяийтинарг, юкъаяьккхинарг хьо вара. Дуьххьара хиллачу цу конкурсан хьалхара меттиг суна а елира. Ткъа тахана хьо Юкъараллин палатехь болх беш ву, аш кхин деш х1ума а дацара цигахь, х1инца а цхьа яздархойн конкурс (преми) кхайкхийча ма дика хир дара-кх…

Дадуев Мохьмад. Валлах1и, дика а хир ма дара, оьшуш а ма яра и тайпа преми.

Ахмадов Муса. Юкъараллин палатино юкъадакха а мегар ма дара иза.

Исмаилов Абу. Муха хета хьуна, Мохьмад? Далур долуш х1ума ду аьлла хетий хьуна?

Дадуев Мохьмад. Дела дуьхьа ю дика идея. Дала мукълахь, вай хьовсур а ма ду цунах х1ун хуьлу.

Ахмадов Муса. Вай коьрта хаттарна жоп делла: «Пхьармат», цуьнан мах, цуьнан исторехь йолу меттиг. Х1инца, цкъа хьалха Зайнап хаттар дала лууш елахь, цунна жоп а делла, т1аккха «Пхьарматах» лаьцна шайн самукъне а, забаре а дагахь дисина х1ума делахь и дуьйцур аш.

Эльдарханова Зайнап. Са1ид Бадуевн ц1арах преми (конкурс) яра аьлла суна дуьххьара хезаш ду-кх. Цунах лаьцна дийцийша. И дуьххьара маца юкъа яьлла? Къоначу яздархошна луш преми яра иза?

Дадуев Мохьмад. Иза дуьххьара 1976 шарахь кхоьллина преми яра. Комсомолан обкоммий, яздархойн Союз а яра цуьнан коьртехь лаьтташ. Къоначу яздархошна юкъахь йоькъуш преми яра иза, ткъе итт шо кхаччалц болучу яздархошна йиллина. Жанраш яра билгалйина  – поэзий, прозий, драматургией… Дуьххьара преми д1алуш Хьалха-Мартант1ехь дара тхо, цигахь Са1ид Бадуевн ц1арах урам схьа а боьллуш.
Ши тур яра цу конкурсан – хьалхарниг районашкахь д1ахьора, шолг1а тур республикин яра. «Пхьармат» районан декъехь лоруш яра, х1унда аьлча, цуьнан декъашхой тайп-тайпана районашкара, ярташкара болу дела. Ворх1 шарахь лаьттира конкурс. Деш долу совг1аташ цхьа башха деза дацара, машенаш яцара, квартираш а яцара. Грамоташ лора, сахьташ лора, пластинка хьовзош йолу проигрыватель лора.

Цуцаев 1алавди. Дагахь дисина долчух аьлча… Дерриг дера ду и дагахь… Суна дика хеташ цхьа х1ума дара – вай вовшахкхеттачохь парг1ат хилар, цхьа х1инца вай хоьвшина ма 1арра, вулавелла а воцуш. Цхьа х1ума дара вайн цигахь лелаш, цхьаммо шен говзар ешча, «х1ан, г1аж тохал!» олуш. Пароди х1ума ялийча, новкъа хеттий, хала хеттий х1ума а дацара. Масала, вайца волчу цхьаммо стихотворени язйинера «Дахар – бал бу» бохуш, хелхаран бал бу бохучу маь1нехь. Цунна ас пароди язйинера:

Хьоъ хелхарча, соъ хелхарча, –
Шорта хелхарчий.
Бетта гонах к1аж иэхарца
Болехь седарчий.
Ахь бохь буг1у, ас бохь буг1у,
Шовкъехь ког тосий.
Хелха дуьйлуш дог1а дог1у
Пондар-вотанций.
Бохь ч1агарца хелхаш хьийзар,
Дерриг дуьнанан хьал.
Яхь д1а ца луш изза къийсар
Дахар – бал бу! Бал!
Хиш а дуьйлу, лаьмнех дуьйлу
Хазош г1ар чхернийн,
Цхьа ша тайпа хелха юьйлу
Беш а синтарийн.
Хьоъ – хелхарча, соъ – хелхарча…
Хелхарийн хич тийча,
Вериг хир ву-кх бакъ илланча,
Хьоъ кхелхича, соъ кхелхича.

Иштта ас д1аешча цу поэтана х1умма а хала а ца хийтира, мелхо а воьлура г1ад вахна.

Исмаилов Абу. Суна цхьа дагахьбаллам хьахон лаьа. Вайна юккъера дика поэташ, прозаикаш бевлира, амма критик ца велира вайн мог1арах цхьа. И ч1ог1а ледарло хета суна вайн. Вайн бехк-м бац и, делахь, ваьллихьара дика дара-кх. Х1унда аьлча критико г1о до литература кхиорехь. Белинский ца хиллеахьара оьрсийн литература х1инца ма йовзара хир яра аьлла ца хета суна. Хийла Белинскийс т1е тидам бохуьйтуш малхе яхна ма ю оьрсийн литературехь дукха произведенеш.

Ахмадов Муса. Вайн ша къаьстина критикин секци яра «Пхьарматехь». Цуьанан 1уналла деш Ахмадов Малик вара, Дала геч дойла цунна. Малика ша а язйора критика. Масала, 1978 шарахь араелира пхьарматхойн дийцарийн сборник (бакъдерг дийцича цу юкъахь пхьарматхой хилла ца 1аш, кхин авторш а бара) «Б1аьстенан хиш» ц1е а йолуш. Цу гуларан мах хадош Маликан статья яра «Б1аьстенан хийн болар». Дика язйина статья яра иза. Цул т1аьхьа, и статья «Орга» аьлманахехь ара яьлла а дукха хан ялале, Малик д1акхелхира.

Муса Бексултанов. Дагахь дисинчух… Суна Музаев Нурдин, Дала декъал войла иза, дага оьху… Университетехь тхуна хьоьхуш а вара иза. Ч1ог1а забаре стаг вара. Масала: «Сан цхьа доттаг1 вара, шуна иза дагавог1ур вац, велла иза…», олий доладора цо къамел. Д1а ладоьг1ча вуьйцург цхьа г1азкхи хир вара, дага хьовха, тхуна мила ву а ца хууш волу.
Со цецваьлларг х1ун дара хьуна аьлча – хьехархочух оза ма лора, – ткъа Нурди «Пхьармате» а веъна вайх воккхавеш къамел дира цо. Дас шен доьзална санна хьехар деш къамел. И диц ца ло суна.

Мохьмад Дадуев. Цхьа жима стаг веъна хилла, бохуш дуьйцу Нурдина т1е, шен дийцар, я повесть йохьуш, ешахьара, хьажахьара хьо, аьлла. Кхано, автор юхавеъча Нурдис жимачу стагана халахетар ца дан элира боху: «1аламат ч1ог1а дика язйина ю, амма юьхьиг жимма яц а йина, юкъ цхьа кхечу аг1ор а язйина, чаккхе д1аяьккхича кхин а дика хир дара хьан дийцар».

Муса Ахмадов. Хаза хабарш долуш нах бара уьш. Къоначеран доладеш а бара… Хала хеташ делахь а, тахана долу вайн вовшахкхетар дерзор ду вай х1окху т1ехь. Вай тешна ду заманан йохалла вайн литературехь «Пхьармат» санна тоба вовшахкхетар ю аьлла. Шуна массарна баркалла ала лаьа суна, шайн цхьацца г1уллакх к1ел дитина, кхуза тахана дахкарна. Дела реза хуьлда шуна!

Кечйинарг Алиев Саламбек

Вайнах №11-12, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх