06.05.2015

Память. Стихи.

Анзор Элмурзаев

Герой

В войне за мир чеченцы погибали.
Покрылось алой кровью полотно.
Но знали все, что без клинка и стали,
Героем стать не каждому дано.
Среди руин, что от Чечни остались,
С исламом в сердце,
Правдой на устах,
Восстал герой, призвал, Чтоб не сдавались.
Луч доблести светил в его глазах.
Он был силен и переполнен верой,
Что наш народ переживет века,
И наша жизнь уже не будет серой,
И мир придет в чеченские дома.
Ахмат-хаджи, тебя мы не забудем,
Героем ты навечно наречен.
И в памяти хранить Твой облик будем,
И путь твой светлый В сердце пронесем.

Роза Талхигова

***

Жил человек в тревоге и печали
За край за отчий и за свой народ…
Жил человек. А мы не замечали,
Какая боль в душе его живет!

Улыбкой доброй, мудрыми словами
Пытался изменить жестокий мир…
И лишь когда его не стало с нами,
Мы поняли, как одиноки мы.

Но мы не пали духом, не сломились –
Верны его заветам до конца!
Смотрите: как из пепла возродились
И расцветают наши города!

Сулим Магомадов

Памяти героя
Страшное бремя в душе неприкаянно
Мечется, жгучим набатом звеня…
Слышали, будто бы где-то Он раненный,
Видели, будто бы в клубах огня.

Душу тревожную режет предчувствие,
Мысли бросают в неистовый страх.
Дай нам спасение, дай нам напутствие,
Пусть это будет неправдой, Аллах!

Белая бурка накинута простенько.
Спит бездыханно Великий наш брат.
Толпы идущие чисто и родственно
Шепчут без устали имя – Ахмат.

Лица тяжелыми думами скованы.
Рядом рыдают, рыдают навзрыд.
В каждом стучит: почему же живого мы
Не сохранили? О горе, о стыд…

После. Глухой тишиною усеяно
Поле надежды. И души пусты.
Осиротевший чеченец растерянно
Шепчет ушедшему брату: «Прости».

Знает: стоял он один против нечисти
В пору зачисток – суда без вины.
Голос чуть хриплый, но голос отеческий –
Помните, помните, дети войны.

Помните душу и сердце вселенское.
Помните правдой увенчанный миг:
В битве кровавой за землю Чеченскую
Гордый чеченец геройски погиб.

Махмудхаджиев Муса

Иэсехь лаьттар ву

(Кадыров Ахьмад-Хьаьжина)

Нохчийн къомана паргIато йоккхуш,
Деза дукъ тIелоцуш, гIаьттира хьо,
Машаран байракх хьайн кара лоцуш,
Iожаллин багара дехира тхо.

МостагIий-м хиллера хьагІ-бода лелош,
Ямарта ойланаш дегнаш чохь йолуш,
Махкахь Iенийначу цIийх тоам боцуш,
Туьйхира цо къоман са лаьттаче.

Туьйхира, амма эша-м ца дира:
Бохамна хьалха халкъ хилира цхьаъ.
Хьоьгара байракх оьцуш шен кара,
ГIаьттира ахь кхиийна хьан оьзда воІ.

Ахь гайтинчу новкъара ца довлуш,
Ирсечу дахаре доьлхуш ду тхо.
Де-дийне мел дели, хазлуш, толуш,
Къоналле боьрзуш вайн Даймохк го.

Шо-шаре кхийдадеш, йоьду зама,
Хьан седа лепа, тхуна некъ гойтуш.
Хьан гIазот къобалдойла вайн Дала!
Тхан иэсехь вуьсур хьо, виц ца луш.

Халкъан турпалхо

Ахьмадан сирла некъ буьйцуш,
Вайн махкахь декаш ду иллеш.
Дегнаш чу уьш зевне Iена
Даймехкан аренехь, ломахь.

Дуьненахь долчу къаьмнашлахь
Цо айи нохчийн сийлалла.
Богучу хьомечу махкахь
Машар дIахIоттийра ондда.

Де-дийне барт тешам чIагIбеш,
Нохчийчохь тIом сацо лиъна,
Нана-мохк мостагIех цIанбан
Цо чIагIо йира халкъана.

Нохчийн цIийх ца Iебачарна
Къонахчун майра дош олуш,
Шен некъах и цавохарна,
Кечйира цунна ямартло.

Хийла а хир вара реза
Шен дахар Iожаллах хийца,
Даймехкан орцанча Ахьмад
Халкъаца вехаш хилийта.

Оьзда да кхелхина тезет
Бодане деара махка.
Цо дитна машаран весет
ТIаьхьено латтор ду даг чохь.

Замано, ша шарах дуцуш,
Ерзайо вайн дегнийн чевнаш.
Вайн баьччин седа бу лепаш,
Дахаран нийса некъ гойтуш.

Нохчий, шайн лаьттан дай хилла,
Ирсечу Нохчийчохь беха.
МостагIчун ницкъ хир бац цкъа а
Хьан некъах бертахь халкъ дохо!!!
Берсанукаева ЖовхIар

Турпала къонах

Ловш къиза цIе-тIеман Iазап,
АллахI бен, кхин накъост воцуш,
ГIаьттира турпала Ахьмад,
Шен мара Нохчийчоь къовлуш.
ЧIагIдина болатан дог шен,
Ца кхоош шен къона дахар,
Велира халкъана орцах,
Къонаха – турпала Ахьмад!

Цундела дегнаш чу нохчийн
Вижи и. Доггах тIеийци.
Заманан тептар тIе цо шен
Йоврйоцу цIе язйи цIийца.

Дин, собар, гIиллакх совдохуш,
Хьомсара Нохчийчоь езаш,
ДIаваха вайн мехкан къонах,
Шен халкъан хиндолчух тешаш.

Абубакарова Шайман

Нохчийчоьнан дог

Ихначу заманийн шерашка хийла,
Дайшка вайн оьздачу, кхелхинчу цаьрца,
Хьоькхучу дарцана букъ тоьхна, гIийла,
ХIун ала воллура, лаьмнашка ваьлла?

Дош ала-м лиира, витанц-кха ала,
ДIакхайхо вуьйлира, цIогIа а детташ.
Къизаллин паччахьийн сов луьра Iазап
Дисина лаьмнашкахь, тIаьхьа мохь бетташ.

ХIораннан деза-кха деза дукъ кхехьа,
ХIораммо Iожаллин мур такха беза.
Делахь а, цхьанна а корта ца теIош,
Дуьненах дIакъаста къонаха веза.

«Йо, Дела, бехьа къинхетам тхох хьайн,
Ийманах ца дохуш, даим ларделахь.
Хьуо реза вериг хьайн гIоьнча ахь лолахь,
Халкъ дезаш, къам лардеш, балех херделахь.

ДIогахь дIахIиттор ю ишколаш сирла,
Ткъа юххехь дугIур ду дарбанан цIенош.
Схьахьовсал, хIоккхузахь меттиг е билгал:
Маьждиг дIахIоттор ду, дуьне а хьегош».

Ахьмадан и дешнаш дагара довлац,
Зама мел, йорт етташ, идарх а хьалха.
Кхолламна дов деш-м цхьаьнггехь а товш дац:
«Дала бакъ толийна, дуьтур дац цхьалха!»

ХIоранна дуккха а вонаш тIедеъна,
ХIораннан Iожаллин мурст текхо дезна.
Ахьмад а вахара, хьаьхна кхиэл эцна,
Дахарал – лензалла сов дукха езна.

Ткъа тахна-м вайн йиш яц сема ца хилча:
Ахьмадан весеташ кхочушдан деза.
Цундела Рамзан ву даима кийча
Ахьмадан беза мохь шен коча эца.

Рамзан-Хьаьжа, ахь гIийла ойла ма елахь,
Болатан пен хилла, хьоьца ду даим.
Ца туьлуш маршонан, бусалба некъах,
Чекхвала ницкъ лойла хьуна вайн Дала!

Вайнах, №8, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх