Орсабиева Хьава

Орсабиева222Поэзехь къахьега онда лаам

Орсабиева Хьава поэзехь къахьега лууш ю. Иза ша Ножай-юьртан кIоштан Мескита юьртара ю. И юрт вайн нохчийн литературин карти тIехь билгала ю нохчийн сийлахь яздархо Айдамиров Абузар цигахь вина а, ваьхна а хиларца.

Цуьнан цIаро бинчу беркатечу тIеIаткъаман стоьмаш бу цу юьртара цхьамогIа яздархой, поэташ, илланчаш гучубийлар: Сайдулаев Хьасан, Саиев Iумар, Айдамирова Машар, Джебиев Хьусайн, Абдулкадыров Илес…
ХIинца и могIа тIебуьзна керлачу цIаро – Орсабиева Хьавас.
Уггар хьалха билгалдаккха лаьа, Хьаван амалехь долу мехала хьаьрк – цуьнан нохчийн маттахь поэзехь яздан ондда лаам хилар. Со теша оцу лаамо Хьавага, мало йоцуш хаддаза къахьоьгуьйтур ду поэзин урда тIехь. Къахьегар алсам мел дели, цуьнан кхиамаш алсам хир бу.

Оцу дегайовхонца йохку оха къоначу йоьIан байташ дешархойн кхиэле. Бакъду, кху стихашкахь кIорге, ша тайпана васташ карор дац, хIетте а кхаьрца бу мукъам а, нохчийн мотт безар а, могIа-могIанца, дош дашца нисдан гIертар а, нохчийн халкъан поэзина – мехкарийн эшаршна тIетийжар а.
Хьалха дуккхаза а пайдаэцна рифманаш ялорах а, «тIех атта» могIанаш вовшахтохарх а херлуш, иза хан хене яларца поэзин шатайпанчу чолхалле а, вастийн кIоргалле а йогIур ю аьлла хета.
И чолхалла а, кIоргалла а евзича, иза юхайоьрзур «атталле». Амма иза хIинцалера атталла хир яц, бакъйолчу литературин къайленех хьакхаеллачу поэтан ша-тайпа атталла хир ю. Иза иштта хир ду, нагахь Хьавас дуккха а къахьегахь, шел хьалха баьхначу поэташа яьхна лакхенаш толлуш, царах Iамарца шениг лохуш, къахьегахь.

Ахмадов Муса,
Нохчийн Республикин халкъан яздархо

Даймохк

Даймохк хьан хазалла
синтем бу деган,
Хьан басеш, аренаш ю дешел еза,
Хир дара сан дахар, чам боцуш, теза,
Даймохк, хьан лаьмнашца
ехаш ца хилча.

Даймохк, хьан лаьмнашкахь
хIаваъ ду цIена,
Шовданаш цхьа башха
шабарш деш хеза,
Хир дарий хаац-кха самукъа деган,
Даймохк хьан Iаламо
хьоьстуш ца хилча.

Лаац-кха дагна сан хьоьца бен даха,
Кхин мохк ца оьшу
кху дуьненчохь яха,
Кханенах йо ойла гIур яра Iана,
Даймохк, ахь суна хьайн
ницкъ луш ца хилча.

Даймохк сан, хьо ма бу
хаздийриг дахар,
Даймохк сан, ирс ма ду
хьан латта ахар.
Даймохк сан, хьо ма бу берриге бахам,
Даймохк сан, ирсаца
дог хьоьсту Iалам!

Ирсе ву-кх

Ирсе ву-кх, Iамал ян могшалла елахь.
АллахIан хастам бан
мотт керчаш велахь.
Ирсе ву-кх, ийманах
дог дуьзна велахь.
Ойла хьан АллахIах даима елахь.

Ирсе ву-кх,
дуьненчохь да-нана делахь,
Церан дог хьаста хьо
ницкъ кхочуш велахь.
Ирсе ву-кх, кхайкха хьан йиш-ваша делахь,
Нагахь и йиш-ваша
сий лардеш делахь.

Ирсе ву-кх, мацвелча
чохь кхача белахь,
И кхача баа а могуш хьо велахь.
Ирсе ву-кх,
къиношна хьо генахь велахь.
Цу Далла дуьхьала ваха юьхь елахь.!

Нана

Сан хьоме нана хьо,
сан деган синтем хьо нана,
Самукъа, сан ирс а
хьоьх доьзна ду, хьоме нана,
Ма гойла суна хьо
дуьненах къаьста де нана,
Йиш ма яц хьо йоцуш, ма йиш яц хьо йоцуш нана.

Хастам бо ас Далла,
хьо суна латторна нана,
Ирсе ю хьо йолуш
дагара дийца сайн нана,
Ехийла хьо цкъа а
балано ца лоцуш нана,
Йиш ма яц хьо йоцуш,
ма йиш яц хьо йоцуш нана.

Нана ю, дуьненчохь
уггаре оьшург ю нана,
ГIайгIане йоьжча со,
дог хьаста хьо бе яц нана,
Даггара доьху ас,
хьо могуш ехийла нана,
Йиш яц-кха хьо йоцуш,
ма йиш яц хьо йоцуш нана.

Ма сирла ду дуьне,
латта тIехь хьо мел ю, нана,
Ма мерза ду дахар,
хьо мел ю дог оьцуш, нана,
Буьзна бу сан кийра,
хьо мел ю йовхо луш, нана,
Дог хьаста, сайн илли
лерина ас хьуна, нана!

Беттаса

Мел хаза кхетта и беттаса стиглахь,
Хьоьжу и сан коре къегина, сирла,
Ас цуьнга дийхира, везачух дийцахь?,
Цо дагчу тесира хилар хьо герга.

Жимма хан яьлча и беттаса дайра,
Лехарах, дацара стиглахь кхин гуш,
Амма, дог тешарна, сингаттам байра,
Дийцарна везачух синтем а луш.

БIаьргаш чу набаран суй кхета боьлча,
ГIенаша хьаьшира ойланаш сан,
Буьйса хьо гарца
сайн чекх йала йоьлча,
Цунах ма хилира сан ирсе гIан.

Беттаса, кхеталахь юха а суна,
Хьох тешна, хьо гаре хьоьжур ю со,
Хьажалахь сан коре хьо тховса санна,
Дохьуш цхьаъ везачух схьакхета хьо!

***

Ас ирсах диллина дог юха дерзош,
Ойланаш хазъеш сан, воьвзи-кха хьо,
Къизачу дахаро йина чов ерзош,
Жима дог ойуш сан, гIаттий ахь со.

Цхьа хаза дуьйцуш соь,
ирсан некъ хьехош,
Мерзачу безамах хьарчий ахь со,
Амма со кхоьру, ахь хиларна Iехош,
Кхоьру со, юха а лазорна дог.

Доьху, ма гIерталахь сан безам Iехо,
Тешначу хьайх дагна ма елахь чов,
Иштта а, ца кIордош хьо вийца, хьехо,
Детташ ду даг чохь и безаман ов!

***

Хууш ю шадерриг Делера дуйла,
Ирс а цо деллариг бен доцуш дуйла,
Хууш ю цадоьгIнарг хир доцуш дуйла,
Я доьгIнарг ца хуьлуш
ца дуьсуш дуйла.

Хууш ю даиман ца лаьттий тийна,
Хийла дог тохало карзаха дийла,
Хазъелла ойланаш яьржича хийла,
Безаман цIе яйна, дог дуьсу шийла.

Хууш ю дахарца ког шершар буй а,
Хийлазза Iовжийна дог доьлхур дуй а,
Ткъа юха кхеташ и безаман суй а,
Хууш ю ойланаш цо хьоьстур юй а.

Делахь а даима дикане кхийда,
Дог-ойла даима паналле хьийза,
Марзо а, йовхо а йолалуш йийла,
Чам кхетча безаман лаьа хIорд мийла!

***

Сан дог цу хьан дагах дIаийна даьлла,
Мерзачу безаман чам кхетта даьлла,
Эрна ду безаме хьо вита баха,
Юьтур яц хьоьх яьлла цо кхидIа яха.

Сел говза дуьйцуш,
со хьайн ма ю баьхна,
Ойланаш сан хьайна гонаха яьхна,
Ма сиха даржий ахь тIемаш дIахецна,
Боьвзина сан безам,
сан некъахь сецна.

Даггара хьуна сайн дешнаш а даьхна,
Олу ас хилар суо хьо цхьанна яьхна,
Ма ирсе некъ хилла вайшиммо лехна,
Уггаре сийлахь цхьа гергарло тесна!

Ирсе ехьа со

Ахь безам кховдорна соьга,
Даго тIе эцна ву хьо,
Ас дахар кхийдадо хьоьга,
Ма йита тесна ахь со.

Хуьлийла кхоьллина хьуна,
Азаллехь язйинарг со,
Везарна лохьа дог суна,
Ас ирсе кхачор ву хьо.

Ас дог сай къобал до хьуна,
Доггаха везарна хьо,
Ахь безам леринехь суна,
Массарел ирсе ю со.

Хир ю со тешаме хьуна,
Ас лехна безам бу хьо,
Волахьа дог хьостуш суна,
Алахьа хьоме ю со!

Вайнах №4, 2014

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх