12.05.2015

Орбелиани Сулхан-Саба.Кегий дийцарш.

Паччахь а, суртдуьллург а

Цхьана б1аьргана б1аьрзе хилла паччахь Ловдики. Цуьнан хилла ч1ог1а говза суртдуьллург. Цуьнца 1оттабаккхаме вала бахьана лоьхуш хилла паччахь.
– Сан сурт дилла деза ахь, со ма-варра а вуьллуш! – омра дина цо.
Деган оьг1азаллехь суртдуьллурго ша-шега элира:
– Со ле де т1екхечи! Нагахь ас иза ша ма-варра виллахь, цо со чалтач вуьгур ву, сан сурт иштта дилла муха ваьхьира хьо! – аьлла.

Ас ший б1аьрг а болуш сурт диллача, т1аккха а эр ду цо? «Сох тера вац!»
Суртдуьллурган к1елхьаравала аьтто белира: цо сен сурт диллира, цуьнан цхьа б1аьрг гуш а боцуш, ткъа паччахь. Шениг цхьаъ д1а а хьаббина, топ тоха кечлуш санна.
И сурт паччахьна гайтира. Цуьнан ала х1умма а ца хилира.

Буобер а, цуьнан нана а

Дехаш хилла дуьненахь цхьа буобер. Ша воккха хилча, цо нене хаьттина:
– Массо беран а шен-шен да ву, ткъа сан вац иза?
Нанас жоп делла:
– Сан хьомениг, хьан а вара да, хиэ ваьхьна-кха иза…
Беро хаьттина:
– Т1ай дацара, ткъа, оцу хи т1ехь?
Нанас жоп делла:

– Дара, амма дукха генахь хилла-кх иза.
К1анта юха а хаьттина:
– Х1инццалц цо некъ бинехьара, кхочур вацара иза оцу т1ай т1е?
Нанас, ела а елла, аьлла:
– Иза-м хиэ д1ахьуриг хилла а хир вацара, ахь санна ойла йинехьара…

Уггаре мерзаниг а, уггаре къаьхьаниг а

Цхьана паччахьо шен визирана омра дина:
– Д1а а г1ой, мерза х1ума йохьуш вола суна, лаьтта т1ехь а, х1ордан к1оргенашкахь а шел мерза кхин хир йоцу.
Визира, базара а вахана, хьайбанан мотт эцна. Иза. кеч а бина, паччахьана хьалха биллина. Паччахь резахилла.
Шолг1ачу рог1ехь паччахьо юха а омра дина:
– Ваха а г1ой, суна уггаре къаьхьа х1ума йохьуш вола, дуьнен чохь шел къаьхьа кхин хир йоцуш.
Визир вахана. Юха а мотт а эцна, веана иза. Хьалха биллина.

Паччахьо аьлла:
– Мерзаниг я аьлча а, ахь суна мотт беара, къаьхьаниг я аьлча а, ахь юха а суна мотт хьалхабиллира.
Визира жоп делла:
– Делах дуй буу-кх ас, дуьнен т1ехь маттал мерза а, маттал къаьхьа а х1ума ма яц аьлла.

Куралле бедарштегархо

Вехаш хилла бедарштегархо, воккха курхалча, ша доручу муьлххачу а к1дийнах, цхьа дакъа лачкъош хилла цо.
Цхьана буьйсанна г1ан гина цунна, шен багара хьаладаьлла дитт а долуш, цу диттан гоьннаш т1ехь ша лечкъийначу к1адийн дакъош а долуш.
Самаваьлча, кхеравелла бедарштьегархо. Шен к1анте аьлла цо:
– Ас к1ади доруш, дитт дагадаийталахь суна.
Цхьана хьал долчу стага, дукха хан ялале, дарийта, дашо хьаса баьккхина к1ади делла бедарштегархочуьнга.
Шен да цу к1адийнах кийсиг яккха дагадеана воллуш, цунна дитт дагадаийтина к1анта.
– Ой, – аьлла дас, – иштта к1ади дан а дарий-те оцу дитта т1ехь кхозуш?

Вирах тарвина къеда

Цхьана мискачу стеган цхьа оза вир хилла. Шен дех а едда, лаьмнашка яхана иза, цхьажимма т1еян. Цигахь ярста а ерстина, шен да волчу юхаеъна вир. Ч1ог1а хазахеттачу мискачу стага зудчуьнга аьлла:
– Вира т1е к1а а доттий, иза ахьа хьер г1охьа.
– Нагахь санна вайн виран, ша азъелча лаьмнашка а яхана, ярста а ерстина, юхаян хьекъал кхаьчча, цуьнга шегга, к1а хьера а даьхьна, ахьа а аьхьна, юха ц1а дан ца ло?
Зудчуьнга ла а доьг1на, ги мохь а боьттина, г1аж тоьхна кех яьккхина цо вир.
Цхьа к1ира а даьлла, амма вир ц1а йог1уш ца хилла. Цхьама йигаза юй а ца хаьа иза-м. Хьархо волчу а вахана, цуьнга:

– Аса к1а ахьа вир яийтира хьо волчу. Иза стенга яхана?
Хьархочо хаьттина:
– Ахьа хьаьнца яийтинера иза? – аьлла.
– Сан вир ч1ог1а доккха хьекъал долуш ю. Цунна г1оьнча ца оьшу.
Хьархо х1илла долуш стаг хилла. Виран да 1овдал стаг вуй а хиъна, цо иза жима лакхахь волчу кхечу хьархочунна т1ехьажийна:
– Кхузахь раг1 а ца кхаьчна, аса иза оцу хьера яхийтира, – аьлла. Ткъа важа хьархо куьйсса а, хьарам стаг хилла. Цо цхьа дагахь боццу аьшпаш буттург хиларх шеко ца хилла цуьнан. Виран да куьйса хьархо волчу вахана.
Вукхо аьлла:

– Х1аъ, иза еара. Цо дерриге к1а аьхьира. Суна цкъа а гина яцара иштта хьекъале вир. Амма оцу хенахь т1ехволуш вара дашо хи хьаькхна дирста а йолуш, 1аьржачу вираб1арзи т1ехь цхьа стаг. Хьан вир, дама оцу вираб1арзех а хийцина, цунна т1е а хиъна Занги яхара. Цигахь цхьа къеда велла хилла. Цуьнан метта х1оттийна хьан вир. Цигахь лахахьа хьайн вир.
Хьархочо дийцинчух теша а тешна, Занги вахана виран да. Цигахь цунна къеда гина. И ша 1аьржачу вираб1арзи т1ехь хилла. Цуьнан дирста дашо хи хьаькхна а хиллаю. Куьйсачу хьархочо билгалдаьккхина и амат дагадеанчу цо къедига хаьттина:
– Хьуна со ца вевза?

Къедас жоп ца делла. Цунна мичара вевзара вара х1ара?
Т1аккха цо юха а аьлла:
– Хьо-х сан вир ю. Хьо стенна кураяьлла?
И дешнаш ма-хеззинехь, етта а йиттина, д1аэккхийна миска стаг.
Къеда суьдахочунна т1евахана. Оцу хенахь цунна т1евеана миска стаг а.
– Х1арах сан вир ю. Дама а делла, вираб1арз а эцна, кхузахь къеда хилла сан вирах, – аьлла мискачу стага.
– Цо юьйцург х1ун ю? Со ца вевзаш мила ву шух? Сан ворх1а да а кхузахь вина ву. Аша д1а х1унда ца эккхаво х1ара стаг? – чуьраваьлла къеда.

Мискачо аьлла:
– Къедин дег1ах хьовсийша. Сан виран шина а г1ог1а т1ехь сеташ ду, нагахь санна кхуьнан г1ог1аш т1ехь уьш делахь, х1ара сан вир ю. Дацахь – со юьхь1аьржа ву.
Д1ахьаьжча, къеда уьнийн цамгар кхетта хилла. Цундела г1ог1аш бехчалгашца дихкина хилла цо. Уьш гича, къеда 1ора а воккхуш, вир хилар даре дина суьдо. Иза мискачу стагана елла.
Виран дас къедига аьлла:
– Хьох тохарлера, лаьмнашкахь ярста а ерстина, ц1а еана вир ю. цул т1аьхьа кхуза а еана, къеда хилла хьоьх. Хьо яйита йиш ма яцара сан.

Т1аккха дехаре ваьлла къеда:
– Хьуна хьайна а хаьа хьайн вонталлица ахьа со ваьккхиний. Аса хьуна дашочу дирстанца вираб1аьрза елла. Иза хьан вирал а еза ю. со нахала ма ваккха.
Шен вираб1арза цунна елла къедас. Амма миска стаг реза ца хилла.
– Ахьа кху вираб1арзех сан дама делла. Хьо – сан вир ю! – аьлла цо.
Г1айг1ане воьжна къеда. Кхин дан х1ума а ца хилла, шена т1ера б1е плуриа делла цо. Вираб1арзи т1е а хиъна д1авахана миска стаг.

Т1ехволуш куьйса хьархо волчу вирзина иза. важа ч1ог1а цецваьлла: «Сох куьйса х1илланча олу, ткъа кхунах х1ара сол а тоьлла», – ойла йина цо.
Куьйсачу хьархочо аьлла:
– Ах ахча суна а ло.
Мискачу стага делла цунна ахча.

Иза кхаьчча, воккхавеш шадерриг зудчуьнга дийцина мискачу стага.
– Демах вирб1арза ийцира аса. Амма вирана соьца ц1а ян ца лира. Суна ахча а делла, г1алахь къеда хилла йисира иза.
Зудчо аьлла:
– Вайн вир ч1ог1а хьекъал долуш а, нийсо езаш а ю. Г1алахоша иштта атта д1ахоьцур яцара иза.

Гочдинарг
МАРГОШВИЛИ Султан

Вайнах, №8, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх