Окуев Шима. Сан некъ

ОКУЕВЛаьмнашкахь суьйре

Сийна стигал
Сарахь, суна
Схьа а хьодий, елало.
Седа, суйнаш сийсош санна,
Сетташ, кхерста болало.

Бода боькъуш,
БогIу бутт а,
Бердех гIерташ, соьцуш го,
Беса боьра
Бекош, махо
Бецан патарш лестадо.

Шал а шийла
Шовда ша-шех
Шаг-тIулга тIехь декало,
ЧIобал шера
Шедаг лоькхуш,
Шовкъехь и ду моттало.

Мела мох а,
Маша марахь,
Марха йижош, хехкало.
Маса гIено
Мерза мерзаш
Мела сох а хьерчадо.

Сийна стигал,
Сирла седа,
Суьйре сайна йоьлуш го.
Сира лаьмнаш
Сил а чIогIа
Сайна дезарх теша со.

Хьоьга хьайгга

Нагахь со ларамза
Зилах ца валахь,
Сан цIарна халкъашлахь
Баркалла дуьсийла.
Амма со лаьмнаша
Шайн воI ца ларахь –
Сан чорхан даьIахкаш
ЖIаьлеша къуьйсийла!

Дехьарчу дахарах
Iexa а велла,
Нохчийчоь ас йицъяхь –
Со эхье вуьйцийла.
Хьомечу ден-ненан
Декхарех ваьлла
Хеташ, со дIаводахь –
Дарж дайна вуьсийла!

Дахарехь сан хилла
Бакъ болу безам
Къоначийн ойланехь,
Хьо хестош, богийла;
Хьо реза йоцуш, со
РазтаьIна водахь –
Кхечуьнца хьан некъаш
Ирсаца догIийла!

Ас хьоьга язбина
Биъ-байтан могIанаш,
Мукъаман лайш хилла,
Иллица декийла.
Хийла, хьоь сатуьйсуш,
Хьежийна бIаьргаш,
Хьан дагах цIе летош,
Со вуьйцуш, сегийла!

Ас хьоьга хьайгга бен
Йийцина йоцу
Безаман сан къайле
Седанна юьсийла;
Ас хала къийлинарг,
Аьттоне даьлла,
Къоначийн дегнашца
Беркатца кхуьийла!

Шела

Лекхачу ломара
Лахенга лар яхьаш,
Сирлачу седанал
Сайн цIена дог дахьаш,
ДоттагIийн дешнашка,
Мехкарийн эшаршка
ЛадогIа веъна со
Безамца ийци ахь.

Шела – шера аре,
Хьосту ас хьо лоре,
Ю хьо лаьмнийн лулахь,
Даим дагна уллохь.

Стиглара седарчий
Суйнашца легалой,
Суьйренца мехкарийн
БIаьргашчохь лепало.

Къоналло вахийнарг,
Ойлано вохийнарг,
Уьш лехьо волалой,
Безамо вагош го.

Шела – шера аре,
Хьайн мехкаршка алий,
И ца хьийзош хьаста,
Деллий ирсан хьоста.

Беттасин серлоно
Йиц ма е боху соь,
Яхь йолчу кIенташа
Йицйинарг иллешца,
Мехкарша эшаршца,
Мерзачу дешнашца,
Хьо даг чохь йижий сан
Дахарехь йиц ца ян.

Шела – шера аре,
Хьосту ас лоре,
Ю хьо лаьмнийн лулахь,
Даим дагна уллохь.

Гурахь

Мохаца гIаш охьаоьгу.
Мажбелла бешара куз.
Кехатех денош а ловзош,
Шелоно тIетуьйсу тIуз.

Ламанан агIонца хебна,
Боберах терра Iа лам,
Махо гIаш дIаидош денна
Дерзина доккхуш го дитт.

Шовдано садоьIу халла.
Жимделла Органан хи.
ДIо, Iинахь, цхьа бецан хал а
Чехош Iа Iуьйренан тхи.

Маьлхан кхерч шелбелла богIу
Гуьйре а тIейогIуш го.
Цо лаьмнийн баххьашка оьхьу
Шен коьртехь къежбелла чо.

Лаьмнаша иштта ду боху,
Дахаран чаккхенца дерг.
Къаналло къоьжа тир йохуш,
Кеч ма во шен карахь верг.

Сан хьоме нохчий

Урх ийзош, екош гаьллаш,
Буьйса шен дин сецош ю.
Стиглара чу кхийдаш, лаьмнаш
Хьаннашна барт бохуш ду.

Седарчий карзахе уьдуш,
Мархашна тIехь хехкало.
Бацана, тхин тIадамаш муьйлуш,
Эсала мох хьекхало.

Беттаса, дIо генахь техкаш,
Боданах букъ хьоькхуш го.
Шовданаш, Iаннашкахь кхехкаш,
Эшаршца гуш Iенало.

И дерриг нисдина латтош
Кхолламмий, Iаламмий ду.
Со вина кхиийна латта –
Сан хьоме Нохчийчоь ю!

И хестош, дека сан иллеш,
И лоруш, ловзу ас ког.
Цо ницкъ луш деттало кийрахь
Безамо лазийна дог!

Гуьйре

Гурахь Iуьйре, гома хьожий,
Мархашлахь дIалечкъий йов.
Дерзан мохехь корта уллий,
ГIеллой хеба шотойн бIов.

Диттийн дерзана и догIмаш
Сетта коьртахь детташ «ов».
Церан байлахь техка генаш
Доьрзу, дерзе хьедеш дов.

Наггахь некъах къаьхкий экха
Доду, ломахь хезий мохь,
Цунах кхаьрдаш Iовраш ека,
Ловзош гехь ша идон мохь.

Аьрха Орга бердах лета,
Ирча угIош тулгIе шен.
Шовда шеллуш санна хета,
Лахдеш шур-шур къайлах ден.

Иштта гуьйренан де доьду,
Ийзош мархийн верта тIе.
Сан дагна мел хьоме хета,
Даьлча Iалам къамеле!

ДоттагIашка

Хан дIайоьду,
Хан дIагIерта,
ДегI къаналле теIало,
Амма дог сан,
Гаур-яI хьо,
Жимчохь санна деттало.

Маржа кIентий,
Нохчийн кIентий,
Хан хеназа гIурий-те?
Вовшийн дегнаш,
Доггах дезаш,
Вай оьцуш хан хир юй-те?

Сайн доттагIий,
Сайн мостагIий,
Мерзий, къаьхьий буьйцу ас.
Уллерчунах
Дог сан Iабац,
Генарчунна доьлху аз!

Kxу дуьнено соьга боху:
«ДоттагI атта нис ца ло».
Амма дог сан –
Къар ма лолахь –
Жимчохь санна деттало!

Хан

БIаьстено мела мох
Масбина хоьхкуш,
Аьхкено хьоькхуш мохь,
Дохк, мархаш лоьхкуш,
Гуьйрено го бохуш
Зезагаш хьоьшуш,
Хан уьду, хецна урх
Озо да воцуш.

Бос дIахьой, бай хуьйций,
БIаьсте дIайолуш,
ШуьлIанан мотт буьйций,
Аьхке чекхйолуш,
Мархаша дой хохкуш,
Гуьйре тIе йогIуш,
Хан уьду, хецна уpx
Озо да воцуш!

БIаьстене схьаваьлларг
Аьхкене волуш,
Аьхкене дIаваьлларг
Вехар ву бохуш,
Гуьйрено ша лаьцнарг
Эсаршца огуш,
Хан уьду, мохь аларх
Сацо да воцуш!

Новкъахь

Лаьмнашка дIахьежна
ГIелвелча, хIун де ас?
Дог гIepтарх кхин дегIо болх ца бо.
Мукъамехь лахделла
ДогIу сан иллийн аз,
И сецча хIун аьр-те Даймахко?

Жимчохь сатийсинчу
Ламанех Iабац со,
ЛадегIа кIордадац шовдане.
Ткъа даго ма-бохху
Сан дегIе балац болх,
Ца Iебаш хьоьжу со дуьнене.

ДIавуьжур ма вара
Дахарна ницкъ гулбан,
Сацац сан дог-ойла цуьнца бен…
Ткъа наб ян вижинчохь
СадоIуш со вахлахь –
ХIун аьлла хьожур вуДаймахке?

Сан некъ

Сан некъ бу дахарехь
Стаг хьоьгур воцуш,
ГIаш, говрахь, кеманца
Лелалур воцуш,
Ойланийн кхерчахь бен
Ган таро йоцуш.
Байташца барт боцчун
Дан амал доцуш.

Галцаш ю, гара бу.
Гонаш ду, гунаш,
Геннахь бу, генаш ду
Эзарнаш декъна,
Тилла ву тийначу
Мукъамца воцург,
Дог делош, дог делхош
Aлa дош доцург.

Хийланна халонца.
Белхамца бина,
Бала а, безам а,
Беркат а гина,
Къоначо, къеначо
Шен сий а дина,
Сан некъ бу сан цIарца,
Сан цIийца ийна.

Декъалйо, декъалво
Цу новкъа верг ас.
Къахета, къахьоьгуш
Ловр долчух бакъ-харц,
Ойлано айича,
Батта тIе ваьлла,
Чухьаьжна лун долчух
Халкъана шен аз.

Сан некъ бу Нохчийчоь
Некха чохь лелош,
МогIанца, мукъамца
И хастор дебош.
Со – нохчо, со вахчо
Цо лаьмнаш делла,
Хастам бо и хасто
Суо гIел ца велла!

Иштта ду, доттагIа.
Сан некъан тача,
Атта-м дац и толлуш
Хьан даг тIе кхача.
Некъ аса бийцарна
Бехке ма велахь,
ГIалато сан хиллехь –
Тояй гечделахь!

Дарц

Дин хоьхкуш де уьду,
Дахкарлахь лечкъаш.
Шад етташ и чехош,
Маса мох бу.
Лайн чимаш хехкало
Карзахе, текхаш,
Шок етташ, айелла
Аренаш ю.
Ламанаш хьулделла,
ГIовгIанах дедда.
Тембайна, церг хьекхош
Хьаннийн дукъ ду.
Шовданаш шелделла.
Шу кIела девлла,
Органо хазош берг
Шийла мохь бу.
Дерриг а жилIалам
Къилбехьа хьаьдда.
Эвлйистехь оьллина
Къорза куз бу.
Иштта а доца де,
Дорцехь дух хаьдда,
Бодано айина,
Ловзадеш ду.
Шок етташ, мохь бетташ,
Корах каетташ,
Шелделла чугIерташ
Лайн чимаш ду.
Туьнкалгах урх туьйсуш.
Дой сецо гIерташ,
Тхан тхов тIехь тата деш
Дорцан бIо бу.
Иштта ю, ирча ю
Хьо Iаьнан суьйре,
Арара хазабо
Карзахе мохь.
Iаламна хилла чов
ДегIах чекхюьйлу,
Дагна а базбелла
Ойланийн мохь!

Вайнах №4, 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх