Окаров Iийса. Кино.

Дийцар

Дуьххьара кхунна гина кино гуттар а йисира иэсехь. Кинон цхьа жима кийсиг яра иза… Цхьана хенахь къен-мерза хилла кино, х1инца, кхунах воккха стаг хилча – «1ана яханера», ерриг чукаро а, т1екаро а шайна чуоьзнера оцу «кинох» схьаевллачу «видео», «компьютер», «интернет», кхин а, кхин а д1а ц1ераш йолчу, т1аьхьарчу заманан «ни1маташа». Воккхачу стеган ойла дукхахьолахь «юха хьоьжуш яра», дерриг сирла, хаза, мерзадерг «букъа т1ехьа дисинера». Дукха дара и бераллин, жималлин мерза ни1маташ дагалецамашца, ойланашца сих-сиха схьах1уьттуш, г1елделла са цхьа мерзачу 1овжамца карзах дохуш: киншкаш, газеташ, журналаш, плакаташ-сурташ кхин а дуккха а дара уьш дуьне довза доладеллачу берана х1ора дийнахь гучадуьйлуш. Уьш дерриш г1алара схьаоьхуш – схьакхоьхуш дара, уьш дерриш 1едало деш дара, нахе лелон луш я духкуш дара. Оцу 1едалан ни1матийн коьрта бос Ц1ениг бара, и боцуш наггахь бен киншка, календарь ца хуьлура. Х1инца а воккхачу стеган дагалецаман б1аьрса серла доккхура оцу Ц1ечу байракхаш т1ехь хиллачу ц1арула ц1ен бесаша. Календараш т1ехь хуьлучу Советан 1едалан дезаденош билгалдохучу аг1онаш т1ехь долчу терахьаш – сурташ т1ехь и ц1ен боссий, 1аьржа боссий хуьлура. Революцин матросашна т1ехула махо яржийна йоккха ц1ен байракх хуьлура, хьалха ерзийна цхьамзанаш болу пхоьаззайолу тоьпаш хуьлура, белшаш т1ехула охьа а, г1ода юкъехула а патармаш долу ленташ.

К1ентан дас шен дена х1ора 1аьнт1ехь яхьара Симпалатера календарь. Пена т1е хьала оллале, дедас ламаз дечу паднара т1ерачу кхакхан т1ехь, календаре, кара а юьллий, хьоьжура к1ант. Деша ца хаьара, сурташка хьоьжура. Оцу матросашкахь, салташкахь йолу пулеметаш, тоьпаш, тапчанаш ч1ог1а езара к1антана.
…Цхьана аьхкенан сарахь кхул даккхийчу бераша луларчу, Мещанка олучу юьрта: «Кино доьлха вай», – аьлла, вигира х1ара шайца. Цигахь, гонаха йина лекха аннийн керт а йолуш, аьхка кино гойтуш меттиг яра. Мещанка, гонахарчу кегийчу яртел г1ехь йоккха, зезийн хьуьна йистехь, Казахстанан йист йоцчу аренца 1уьллуш яра. Кхузахь йиъ класс йолуш ишкол а яра, цхьанхьа, гена йоцуш т1еман кеманийн аэродром а ю олура – сих-сиха стиглахь гучадовлура кеманаш, шайн детех къегачу, т1ехьа ситтинчу, ирачу т1емаш т1ехь ц1ен седарчий а долуш…
Кхул даккхийчу берех цхьамма голашкара лаьцна айвина клубан кертал т1ехула лецира х1ара: «Сихха хьажалахь», – аьлла. Эццахь, корта кертал лакхабаьлча, кхунна гира пена т1ехь лиелаш сурташ, газета т1ехь санна, сира-к1айн беснаш долуш: меташканийн йоккха тоба яра цхьана стагана етташ, цара иза цхьанхьа вуьгуш вара, тухуш, 1уттуш, к1ужал ийзош-тилош вара-кха, ша котам санна. Зударшна т1ехьа соьцуш, цхьа стешха, ямарт къежаршца, муьжгий бара, лабанаш йолу салтийн хурашкеш а тихкина. Меташканаша етташ валош волу стаг шек д1а а вацара. Цунна т1ера к1айн коч ерриг этт1а яра,чухулара к1айн-1аьржа мохарчий ерг а эт1а йоьллера. Цо юха – д1аса хьожий, дуьхьал цхьацца бегаш бора шена еттачу зударшца… Юха, х1ара карара охьа а хецна, д1аелира кино. Т1аьхьо, шаьш ц1абаьхкина, хенаш а евлла, телевизора чохь кхунна дуьхьал кхийтира и дуьххьара гина кино – «Поднятая целина» хиллера иза.

…Вокзалера, такси т1ехь, х1орш буса кхечира Йоккхачу Мехкадаьттант1е: кхуьнан дедай, х1арий, Соьлжа-Г1ала вокзале дуьхьал веана хилла шиъ деваший. Уьш, х1окху к1ентан воккхаха волчу девешин х1усаме чоьхьа боьвлча, дехьа йистера жимачу, кхин цхьа юккъера чоь а йитина, йистерачунна чоьхьа бевлча, аьтту аг1ор, стоьла т1ехь лаьтташ цхьа жима яьшкин тайпа х1ума яра, сийна кор долчу аьнгалехь санна гуш и лелаш долу «кино» олу суьрташ а долуш. Яра, боьдуш т1ом а болуш, машен яра чехка йог1уш новкъахула. Т1айна гена воццуш 1уьллуш цхьа шиъ т1емало вара, к1елонехь. Машен т1ай т1е йоллушехь, иккхира. Т1екхаьчча иза а иккхира оцу т1айца цхьаьна. Оьрсийн мотт г1ехьчул кхетара кхунна – х1инцца, цхьа к1ира хьалха, классера юкъах ваьккхинера х1ара, новкъабовлуш. И т1ай иккхинчул т1аьхьа цхьана командиро вукхуьнга олу, т1ечехаш: «Я отстраняю вас от командования…» Кхи д1а кино хьажар ца хилира – х1орш дехьа чу бевлира, деда, т1аьхьах1оьттина шиъ деваший, х1ара, церан вешин к1анттий, юха, х1орш т1ебиссиначу х1окху х1усаман да – к1ентан массарел воккхаха волу деваший. Х1усамаш цхьа бе-берса яра, тайнигийн ц1енош чохь санна дара дерриг а: пенаш дуткъа, нийса, даккхий кораш, пенаш т1ехь «картина» олу сурташ. К1антана цхьа «нехан» хийтира кху чохь дерриг а. Х1инцца, цхьа к1ира хьалха Казахстанехь дисинчу ц1а чохь санна дацара. Цхьана чохь поппаран ц1енкъа йолуш, вукху, сов ц1а чохь, лаьтта тоьхна даь1ахкан басахь керла зезан аннаш а долуш, чохь поппаран, киран 1аь хьийзаш х1усамаш яра Отарванкехь йиснарш. Горгам хьокхуш нанас уьрсаца ц1андора и аннаш, т1ера чкъор доккхуш. Мелачу хин, т1адийначу зезнийн 1аь самукъане яьржара чохь. Поппаран ц1енкъа йиллинчу хьалхарчу чохь йоккха пеш яра, цу чохь баьпкаш доттура, эчиган экъан т1ехь генна чу а тоттуш. Оцу пешара даттаделла бепиг т1ехьдолу экъа ара оьзча яьржаш йолу мерза-чомехь 1аь а дагаоьхура к1антана х1инца…

Дукха хан ялале, дедас Шуьйта хьала вигира к1ант. Оцу хенахь, 1960-г1а шо чекхдолуш цу аг1ор йоьлху автобусаш а «Зеленый базарна» уллорчу автостанцера д1аоьхура. Кхоьлина де а, готтачу автостанцехь билеташ эцар а, автобус д1аяххалц гатделла са а дагаоьхура цул т1аьхьа. Д1аса лелачу адамашка а хьоьжуш, автостанцин дечган г1анташ т1ехь, дедас, ша цхьанхьа ваханчуьра схьаваллалц хьоьжуш 1иейтар а… Билетийн кассашна дуьххьал, г1анташна т1ехула, лекхо, пент1ехь доккха Сталинан сурт дара оцу 1960-чу шеран ноябрь баттахь д1адаккхаза. Генералиссимусан китела т1ехь даккхий дашо седарчий а, хьалха оьллина дашон седа а болуш бес-бесарчу басаршца диллина сурт дара иза. К1антана хаьара цо «нохчий д1абохийний» а, иза «яьшкийчу вилларг» вуйла а. Кхано т1аьхьа, ткъе масех шо даьлча, нене к1анта хоттура: «Нана, со муьлхачу шарахь вина дагадог1ий хьуна, 53 я 52 дара и?» Т1аккха цунна кхин билггала дага ца деача, «наводящий» хаттар лора: «Сталин дийна варий со виначу хенахь?» – олий. Т1аккха нанас, ойланаш йина, элира: «Сталин яшки чохь 1уьллуш сурт т1ехь долчу газете а хьоьжуш, Отарванкехь, со вайн чохь пешат1ехь 1аш йолуш хьо кийрахь вара бохуш ю-кха со…»

Деваша волчохь к1еззиг хан а яьккхина, х1орш: к1ентан дай, наний, к1анттий, жимахайолу кхоъ йиший, «городок Иванова» олучу метте, петар лаьцна, д1абахара. «Улица Пограничная, 1» – дара ц1ечу кибирчигийн ц1еношна т1ехь яздина. Х1усаман да вара 1ади. Цо шляпа а лелайора, ц1ен хроман эткаш а. Оцу 1аьнах лаьцна к1антана дагахь бисна синхаам-дагалецам бара – т1уьна шело, нехан тховк1елонахь къийлавалар.
Ахча а хийцаделира оцу, х1орш ц1абаьхкинчу, 1аьнт1ехь. Ивановехь петарехь 1ачу хенахь, г1ала базара еанчуьра, дедесте еара кхаьрга, хьал-де муха ду хьажа. Д1айоьдуш, цо кхунна, шен меран к1ента к1антана, кхо сом делира. Воккхавеш, х1ара, биъ урам лакхахьа, машенаш лелачу боккхачу некъал дехьарчу «Продуктовый» олучу йоккхачу туькана ахча хийца вахара. Х1окхо шен ц1ена-керла баьццара бос лепаш кхо сом д1аделча, лоьро санна к1айн халат юьйхина 1ачу меташкано-кассиро цхьа бен-башха доцучу сибатца шена хьалха лаьттачу 1аьржачу лохачу кеда схьакхоьссира жима, к1ай-детин басахь лепаш жима ши ахча, «т1ак-т1ак» аьлла, и шиъ кедачухула д1аса а хахкалуш. Шена цхьа боккха тешнабехк бина хетта, меттах ца валалуш лаьттара к1ант. «Бери, мальчик, забирай, чего стоишь?» – аьлла, къежира меташка…
Б1аьста х1орш девешина улле схьабаьхкира. Кхарна басахь меттиг елира, девешел шиъ ц1а лакхьа, цунна дуьхьал болчу урамехь. Дикка пурх а болуш, голатухуш хьоьвзина, боккхачу новкъа араболу урам бара иза, переулок «2-ой Новый» ц1е а йолуш. Гонаха бехаш берш оьрсий бара, Йоккха Маьхкадаьттант1ера нефтяникаш. Деваша кхарна цхьа ши ц1а лахахьа, ураман дуьхьал йолчу аг1ор 1аш вара. Бераш дацара цу шиннан.

1947 шарахь, къайллах, Казахстанера ц1а а веана, Соьлжа-Г1аларчу вокзалехь милицин отделе балха х1оьттина хиллера массарел воккхаха волу деваша. Хаьн т1е оьллина ворх1азза йолу тапча а йолуш, цхьана суьйличун ц1арца-фамилица болх беш хиллера х1ара. Оьрсийн мотт а, йоза-дешар а дика хууш волчу кхунна мелла а атта хилла моттарг1анашца 1едал 1ехош лела, жимчохь дуьйна ша белхаш беш леллачу Соьлжа-Галахь. Нохчийн драмтеатрехь болх беш цунна дика карайирзина хилла актеран говзалла. Мухха хиллехь а, цхьана суьйличунна вевзина-кха х1ара, ша ма варра, «Заурбеков Абдурахман ву иза» аьлла, цо гуча ваьккхина. Оцу бехкан йолчу статьяца дог1учу шина шарций, шина беттаций Коми АССР-е хьун хьокхучу лагере хьажийнера. Цигарчу шелонах даьлла ц1а деанера цо и цамгар. Х1ора гураххьий, б1аьстий, меттах долуш дара и кирара ц1ий тийсарца. «Скорая помощь» машено туберкулезни больнице д1авуьгура Ваша… Х1ара, вешин к1ант вохуьйтура «30-чу туькана» телефон тоха…

Ткъа х1орш, шайн пхиъ соти декъа т1ехь аннех цхьа бун тайпа кхало а йина, «времянка» олуш шиъ чоьй, учей йолу ц1а дан буьйлира, меттиг а нисъеш, схьадаьллачу лаьттах «саман» олу буьйда кибарчиг а еш. Цхьана аьхкенан буса ч1ог1а мох баьлла, кхера лаппаг1а д1асаяржийнера. Нана х1орш, кхоъ йо11ий, х1ара цхьа к1анттий юрг1анех хьерчош, махах, дог1анах к1елхьара дохуш хьийзинера. Оцу махал ч1ог1а хиллера к1ентан наб, цунна 1уьйранна цхьа г1енах гича санна хетара нанас сийсара хилларг дуьйцуш.
Сентябрь бутт т1екхаьчча х1ара ишколе юха а хьалхарчу классе кечван волийра, т1е-кога духучуьнца а, поликлиникехула справкаш яхарца а. Девешин зуда оьрсийн мотт дика хууш яра, ши-кхо шо хьалха ц1адеанчу кху шинна меттигаш а дика евзинера. К1ант цуьнга вигийтира ишколе д1авала. Г1аш итт минотехь д1акхочура Иванов-городоке. Цигахь яра кхоъ ишкол, йоккха поликлиника, туьканаш, парикмахерски, газеташ, книгаш юхку туьканаш, ДК им. Горького, жима базар, кхин а самукъане меттигаш.
…Оцу кхоьлинчу гуьйренан дийнахь дукха лийлира х1ара шиъ Иванов-городокехула х1ора ишкола чух1уьттуш. Девешин зудчунна т1аьхьа х1оьттина, г1аш, г1елвелла, халла когаш текхош лийлира к1ант. Оцу дийнахь вовшийн ген-гена йолчу шина ишколехула чекх делира х1ара шиъ. Цхьанххьа а д1а ца ийцира, меттигаш яц аьлла. Нохчий Казахстанера ц1ататтабелла хиларна ишколаш юьзна яра.

Шолг1ачу дийнахь 26-чу ишколе д1аийцира к1ант, оцу Ивановехь. Юха дас кхунна учебникаш еара цхьана сарахь, ша балхара вог1уш. Церан ц1еналло хазахетаран шовкъ ехха латтийра к1ентан дагчохь. Уггар хаза яра «Родная речь» олу киншка. Цуьнан йоккхачу сийначу мужалта т1ехь долу сурт Казахстанехь х1орш 1ийначу меттигехь ма хиллара аре а, цунна т1ехь дийна хилла даьлла луьста можа к1а а, цунна юккъехь маь1-маь11ехь ирах дахана ал ковст йолу баьццара баххьаш долу зезнаш а долуш. Оцу суьрта т1ехь к1антана уггар ч1ог1а хазахетарг к1а юккъехула хьизаш къайла болуш д1абоьдуш болу можачу г1амаран некъ бара. Иштта некъаш кхузахь, Кавказехь, дацара.

Цхьана дийнахь Галина Ивановнас х1окхера, 1 «Д» класс кино хьажа йигира. Нийсса ишколана дуьххьал, «Старомромысловское шоссе» олучу некъал дехьа яра и кино гойтуш йолу меттиг. Йокхха г1ишло яра и, генна хьалабоьдаш лами а болуш. Лакхахь, тховк1елахь, кибирчиг огуш яздина дара даккхийчу элпашца: «Клуб им. Горького». Йоккхачу зала чохь г1антийн дукха мог1анаш дара. Шинна а аг1ор оьхкинчу ц1ечу бархатан кирхьанаш юкъехь «экран» олуш к1айчу гатанан пен бара сцени т1ехь, хьалавала ламен киртигаш а йолуш. Стогарш д1адайича, лакха, тховк1елахула серлонан тача хьаьдира, беттасин серлонехь санна гучадоьвлира гонаха 1аш долу адамаш. Юха, тоххара кхунна Казахстанехь, оцу кертал т1ехула гинарш санна, сурташ лела дуьйлира. «Путешествие Гулливера» аьлла, йозанаш х1иттира. Тайнигийн кепехь долчу адамаша вихкина 1уьллуш цхьа пхийттара ваьлла к1ант я йо1 яра, наб а кхетта. Еха, белша т1е кхочуш хьаьрса месаш а, гоьллец зудаберийн к1айн пазаташ а, когахь иштта туфлеш а йолу дела ца къаьстара цуьнан стен-боьршалла. И кегийра адамаш цунна т1ехула лелара, зингатий санна, легаш 1аьвдинчеран санначу аьзнашца, хьозарчийн «ч1ир-ч1ир»-ах тера къамелаш деш…

Оцу хенахь книгаш ешаррий, кино вахаррий дара берийн, кегийчу нехан самукъадаларан цхьа доккха дакъа. Телевизорш к1еззиг бен яцара, цхьацца хьаькамалла карахь долчеран, я дикка таро йолчеран. Сарахь йолалора передачаш. Деваша волчу охьавоьдура к1ант. Ураман дуьхьалйолчу аг1ор, Андрейн, Тимофейн – шина г1азкхичуьн ши ц1а дитина басара охьаваьлча 1аш вара деваша, цуьнан кет1ара дуьйна айалуш яра басе, т1аьхь-т1аьхьа кхарна бале яьлла хилла йолу ирхе – 1аьнт1ехь машен хьала ца йолуш, я лакхара чухецалуш наггахь, тормозаш хецалой…
Телевизор латийний хаьара сийна серло корах гича. К1ант ийзалуш чоьхьаволура, меллаша охьахуура… Наггахь нислора т1ом беш кино. Вуьшта-м дукхаха дерг заводех, фабрикех, колхозех-совхозех лаьцна передачаш хуьлура. Юха царна, болх бечарна, концерташ хуьлура. Цхьана кхоьлинчу аьхкенан дийнахь к1ентан дена йиш лакхийтира радиочухула, ялта чудерзош машена т1ехь дика болх бина аьлла. Оьрсийн маттахь схьакхайкхира, кхуьна ден ц1е а, фамили а йоккхуш, девешин чохь, сонехь, кора уллохь, жимачу стоьла т1ехь лаьтташ дашон к1урбиллинчу элпашца яздинчу йоккхачу радиоприемник чохь. Х1инца, шех воккха стаг хилча, кхунна жим-жима кхеташ, «син б1аьргаш» деллалуш санна, гучадолура дерриг. Девашас, наггахь, дикка х1ара самукъадаьлла хьожуш 1ашшехь, телевизор д1айойура: «Х1а, вало д1авижа, тоьар ду хьуна…» – олий.

Цхьана кхоьлинчу дийнахь девашас х1ара шеца матцикал т1ехь «балха т1е» вигира. Кхо чкъург йолу 1аьржа йоккха матцикал яра цуьнан, хьалха хилла ши чкъург ерг д1а а йоьхкина, туьканара эцна. Еха 1аьржа, «кожанка» олуш йолу пальто а, пхьаьрсан голит1е кхочуш деха каранаш а, б1аьргашт1е, т1ом бечу кино чуьра летчикийн санна даккхий, деак1ов куьзганаш а, когахь 1аьржа-ц1ен пезагаш, 1аьржачу т1аьрсиган каранаш дара, пхьаьрсийн голашка хьалаг1оьртина, к1орга, 1аьржачу т1аьрсиган каранаш а.
Девешех гонахарчу наха «корреспондент» олура, иштта бераша а олура дукха хьолахь. Къамел д1аяздеш жима магнитофон а яра цуьнан, белша т1е уллуш, ал-ц1ен т1аьрсиган батта чохь сурташ доху аппарат а, серло туху фотовспышка а, кехаташ чудохку т1аьрсиган папка а. Гонахара, поселкера а, цхьацца вевза-везарг а вог1ура и волчу, г1о-накъосталла дезаш 1едалца 1оттаделлачу г1уллакха т1ехь. Цо язда дезачу кехат а яздора, я хьаькамашна т1е а воьдий, г1уллакх ша къастадора…

Х1ара шиъ цхьана хьуьнхахь санна долчу метте д1акхаьчча, цхьана шиъ г1ат долчу кхоьлина-к1айн г1ишлонна хьалха сецча, деваша шен г1ирс а эцна чу вахара. К1ант аг1онца, кхоалг1ачу чкъурга т1ехь йолчу, «люлька» олучу г1удалкха чуьра охьа а воьссина, сецира, чу-ара буьйлучу нахе хьоьжуш. «Грозненская студия телевидения» аьлла йоза долуш хьала тоьхна 1аьржачу куьзганах къегаш у дара наь1ара уллохь. Кхоьлина де а дара, йовха а, шийла а йоцуш. Араяьлла цхьа хаза метишка к1антана евзира – иза Алла Куликова ц1е-фамили йолуш диктор яра. 1аьржачу месийн лекха кур бара цуьна коьрта т1ехь. К1айн юьхь а, хаза елаялар а долуш. Цул т1аьхьа ара ваьлларг а вевзира к1антана – иза а диктор вара, Хатуев 1аднан.

Аллас 1аднане шен безамечу, телевизора чохь ма хиллара долчу елакъажарца д1ахьажна: «Аднан, ты сегодня что-то…» – аьлла, цхьа забар еш, цхьаъ элира… Юха к1ант, девешин матцикал а йитина, оцу хьуьнах терачу меттигехула волавелира. Хаза дехкина асфальтан некъаш а, лоха лергина коьллаш а йолуш кечйина меттиг яра иза. Дехьа гуш, лекхачу аьчган бойнах чекх схьагуш цхьа горга майда яра, цунна гуо боккхуш биллинчу асфальтан некъа т1ехула д1асалелаш адамаш а долуш. К1ант диллина долчу аьчган ринжехула чоьхьа велира. Х1ара оцу керта чухула волавелла лелаш, цхьана жимачу стага ц1еххьана кхунна т1ехьаьдда, схьалецира х1ара, «Билет где? Ах ты, гаденыш…» – бохуш, кач а лаьцна, ков т1е вигира цо х1ара. «Это трек…» – бохуш цхьа г1ург1алаш а деш, сихха ков т1е вигна, ара теттира цо к1ант. И оьрси жима стаг цергаш т1етт1а а 1овдийна бохуш вара «гаденыш». Иза цхьана х1уманах кхоьруш, к1елд1ашхула д1аса а хьоьжура. Цу чувоьдуш эппаза – ткъа кепек – елла билет эца дезаш хиллера…
Ц1а даьхкина пхиъ-ялх шо даьлча, к1ентан дас телевизор ицира, «Волхов» аьлла пурх йоза долуш ц1ен значок яра цунна бухахь латийна. Х1инца девешин ков лардар д1аделира: к1ант шен чохь хьожура кино. «Т1ом беш» кино наггахь бен ца хуьлура. Дукхахъерш «про любовь», я заводехь-фабрикехь болх беш хуьлура. Т1аьхьо 1амеркан «вестернаш» йоьвлира, индейцех лаьцна. «Сийсара хьаьжирий хьо, Чинганчуко…»

Ишколера д1ахецча, аьхка деда волчу хьала воьдура к1ант. Нанас ши-кхо кийла б1елиг болу шекаррий, базарара эцна «индийский» чайнан масех пачка, печени-кампет юьллий, сеткаш кера а лой, д1ахьажавора. Хьалхарчу а, шозлог1чу а классашкахь волуш Минутке автостанце хьала вуьгий, «Грозный – Советское» аьлла яздинчу автобуса т1е вуьгий, вевза-везачух д1а а тухий, д1ахьажавора, билет а оьций. Наггахь дедас, я г1ала базара еанчу дедестечо хьалавуьгура… Деден ч1ог1а самукъадолура х1ара хьалакхаьчча…

Вайнах, №4, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх