11.05.2015

Окаров Iийса. Iаьржачу февралан кIайн ло.

Шийлачу махаца дог1уш т1еда ло а долуш, ирча де дара бохуш дуьйцура баккхийчара и 23 феврал. Х1инца-ма и де дийца стаг вуьсуш а вац. Сибрехах балаза бисина, Дала юха а Даймохк ган дика яздина хилларш, къаналле хьалабирзина, рог-рог1ехь д1аоьхуш, д1абовлуш бу, вай даккхий ц1еношний, «тойота-королашний» т1аьхьа уьдуш леллашехь.

…Дагадог1у…Нана а яра оцу хенахь йолуш. Сих-сиха хьаха йора цу хенахь хилла мацалла. Ишколера мацвелла ц1авеача, чохь цхьа бе-берса кхача ца хилча, дог даьт1ий, оьг1аз воьдий хьавзича олура нанас: «Дера юур яра сорок четвертый год делахьарий-ма. Меца вац. Дала шуна ма гойтийла и мацалла!». Ткъа дас олуш гуттар а цхьа х1ума дара: «Цкъа мукъане а бага юьззина бепиг кхалла йиш хир юй-те цкъа а, бохуш лелла хьуна со Казахстанехь». Оцу хенахь хиллачух баккхийчара к1езиг дуьйцура. Наггахь масална, хьехамна тхуна, кегийчарна цхьацца 1иттаделларш хьахадора.
Лахахь ас даладо тхайн ден къамел.

1941-чу шарахь, Германан т1ом болабелча, ФЗО-н училище чекхяьккхинчул т1аьха тхо хьовсийра Башкирски АССР-н Ишимбай-г1ала, нефтепромысле болхбан. Х1инцалера практика хуьлу иза. Цигахь, нефтепромыслашкахь операторийн, слесарь-рамонтникийн, кхин а говзаллаш кераерзош дара тхо, Нохчийчуьра бераш. Цу хенахь йоккха кампани яра Советан 1едало д1ахьош нохчийн бераш «Фабрично-Заводское обучение» олучу училище деша кхойкхуш. Массо ярташкахула лелаш яра комиссеш бераш–кхиазхой цигахь деша д1аяздеш. Дукха хьолахь бо-бераш хуьлура уьш – да, нана, я ший а доцуш дисина. И санна долу бераш г1олехь дара 1едална, 1амон-деша дига. Цигахь т1е а, кога а духура, кхаба а кхобура, йоза-дешар а, цхьацца пхьола, белхан корматалла а 1амайора. Со а вахара цига деша-1ама. Тхан училища Соьлжа-Г1алахь, 20-участкехь яра. Цигах 1амош яра нефтедобычан операторийн, слесарийн, токарий, кхин а говзаллаш. Масех де цхьана мукъа нисделча Шуьйта хьалавоьдура со, сайн ц1а. Цу хенахь машенаш к1езиг яра, дукха хьолахь йоьдуш нисъеллачу говран ворданца, я г1аш воьдура. Дийнна цхьа де довра некъана х1етахь Шуьйта хьала кхаччалц.

Тхо, йиший, виъ ваший, 1937-шарахь нана а елла, дисина дара. Массарел йоккха йиша яра, 1922 шарахь йина, ткъа тхо виъ к1ант цунна т1аьха шиша шо юкъахь долуш цхьана нанас цхьана дена бина доьзал бара. Тхан да, оцу хенахь г1ехьчул йоза-дешар хууш лелла стаг вара. Иза шен хенахь, вайнаха ма аллара, Миклай-заманахь а лелла, дуьне а гина стаг вара. Цо, революци хилале хьалха а, «Баку-Туапсе» нефтепровод юьллуш а, вайн Йоккхачу Маьхкадаьттан т1ехь а белхаш беш 1амийнера оьрсийн йоза-дешар. Тхан да 1едалан белхаш беш лелаш вара, т1ом болалуш Т1ехьа-Мартант1ехь юьртсоветан секретарь вара. Тхан дола деш ерг тхол массарел йоккхаха йолу йиша яра. Воккхаха волу ваша Соьлжа- г1алахь комсомолан белхало волуш, цигахь вехаш вара, наггахь Маьрша-кхаьлла ц1а хьала а вог1уш. Тхан доккха тайпа дара, дуккха нах а, церан бераш а дара, йоккха тоба хуьлура тхан берийн вовшахкхетча. Иштта, оцу февралан 23-г1а деанчу 1аьржачу дийнахь, орамашца бухадаьхна дитташ санна, махках а дехира адамаш.
Тхо Башкирера ц1а дахкийра, х1ора а шен-шен ц1ера д1авохон. Сан 17 шо дара, ас 22 февралехь, сайн лаамехь со т1аме вахийта аьлла Шуьйта-г1алийчуьрчу военкомате заявлении делира. Кхана дуьйна тхаьшна т1амал буьрса Далатохар т1ех1уттур дуйла ца хууш хиллера суна…

23-чу февралехь, митинге гулло аьлла ара баьхна, Г1аттин-кхаьлла юьртсоветан хьалха гулбира гонахарчу, Асланбек Шериповн ц1арахчу юьртсоветана чу йог1учу ярташкара божарий. Цигахь салташа гулбиначарна голецира, гонахарчу тхевнашна, беданашна т1ера пулеметаш т1е а ерзош. Д1абохорахь лаьцна долу Сталинан омра схьакхайкхийра. Цул т1оьхьа долчаьргара герзаш схьадаха долийра, гона юккъера цхьацца ара а волуьйтуш. Шаьлтанийн-доьхканийн йоккха оьла айъелира кестта. Т1едог1уш т1еда ло дара, шийлачу махо юьхьа т1е, б1аьргаш чу деттара ло. Когаш к1елахь 1аьржа хатт бара.
Оца 1уьйранна тхайн ц1а хьалахьаьдда воьду со, ц1еххьана, юьйцинчу керта т1ехьара хьалаайвеллачу салтичо пхоьазза йолу топ лецира суна т1е мохь хьакхарца: «Стой, стрелять буду! Ложись на землю!» Т1едачу лайт1ехь 1иллийра цо со, эпсар т1екхаччалц.
Со оьрсийн мотт хууш хиларна салташа хьалха ваьккхина лелош вара, талмажалла дойтуш. Юьртахошка эпсарша, салташа д1аала аьла-аьлларг гочдеш, х1ора х1усама чу а х1уттуш, берийн, зударийн, г1ора эшначу баккхийчу нехан г1ийла б1аьра хьожуш и къаьхьа болх д1аккхехьа дийзира сан оцу доьхначу дийнахь.

Цхьаъ бен кхиъна стаг воцуш, тхан девежарийн доьзалех ондда дукъ т1елаца дийзира сан оцу дийнахь, кхин д1а а. Бераш дукха дара, пхийттара довлаза, т1ехь дай боцуш а дара, шиъ деваша хьаллхехь кхелхинера, кегий доьзалш а буьсуш.
Г1аш д1аихира, т1елецна салтийн герзаш а долуш, дог1учу лайх, хьоькхучу махах кегий бераш хьулда г1ерташ, чуьра арабохуш схьаэца кхиъначу т1елхигех хьерчош. Генна эвлайисте охьадаьхна, колхозан фермин кертахь совцийна, кхо дей-буьйсий даккхийтира тхоьга, гонаха ха а х1оттийна. Оцу т1едачу, шийлачу ткъаршехь, г1одамийн ц1евнех баннаш йина, бераш цу юккъе те1ош, т1еоьхучу лайно ц1ераш ца йогуьйтуш, цамогушберш, заь1апхой бахьа меттиг йоцуш ирча де дара-кх и..!
Тхан дай, сол жима ши ваший 1алхан-Г1ала охьавеана хиллера. Цигахь ваха хаа дагахь, меттиг а лаьцна сецнера тхан да, д1абохабале масех де хьалха. Воккхахверг, комсомолан белхало а схьа а тоьхна, х1орш, дай, кхо к1антий Семипалатинске д1абигнера эшалона т1ехь. Со, тхайн девежарийн доьзалшца Кызыл-Орда г1ала кхечира. Д1акхачале, новкъахь дукха баларш а хилира. Новкъахь белларш т1епаза байра, т1еваха, я «цигахь каш ду» ала йиш йоцуш.
Мацалло адамаш охьадохкура, ша мангало кес санна. Цул а доьхна дерг дара каш даккха г1ора долуш стаг цависар. Б1аьсте яллалц т1е алссам ло а хьокхий, дьутура дакъа. Ас сайн куьга берх1ийтта дакъа д1адоьллира д1адохийначу хьалхарчу шарахь. Г1орийначу лаьттах тиссавала де ца хуьлур мацалла г1елвелла, ирахь а цалатталучу стеган…

Мацалла ца далийта, тхайн девешин бо-бераш Кызыл-Ордахь детдоме д1аделира ас, жима юучуьнца хьал таделча д1адуьгур ду аьлла. Кхо к1анттий, шиъ йо11ий дара уьш, шина ден-ненан. Жимаха долу бер пхи шо долуш, массарел воккхаха волчу к1ентан 13-14 шо а долуш. Шиъ к1ира даьлча, со уьш юха балон вахча детдом кхечахьа д1айигна карийра суна. «Детский дом эвакуирован в неизвестном направлении», – элира соьга. Ас дуккха шерашкахь лийхира девешин бераш Казахстанан а, кхечанхьа а детдомашка кехаташ кхоьхьуйтуш. «В списках Н-ского детского дома данные фамилии не значатся» – олий кехаташ оьхуш дисира. Д1асавахар дихкина дара спецпереселенцашна оцу хенахь. Бераш лаха ваха йиш ца хилира масийтта шарахь… Иштта т1епаза дайра и пхи бер.
1949 шарахь со, къайлах, кехаташ доцуш Семиплатинске ваха новкъа велира. Цхьана хи т1ехула парохода т1ехь воьдуш, со 1едало лецира. Таджикистанехь, Ленинабад-г1алахь лагерехь ши шо хан а яьккхина, 1951 шарахь кхечира со тхайн дений вежаршний т1е.

Вайнах, №2, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх