Окаров Iийса. Хилларг-лайнарг диц ма лойла. Дийцар.

Маржа 23 февраль я1! Дала декъала дойла хьо терахь, Везачу Дала кхин вайнехан къомана ма гойтийла иштта дуьненан къемат. Къам дакъаза даккхар, лаххьийна, цхьана дийнахь, тухуш-1уттуш дийнна халкъ шийлачу 1ай махках даккхар, т1ехь-керахь долучул сов шен бахамах кхин х1ума схьаэца йиш йоцуш… Сатоссуш, бовхачу маттара, аганашчуьра бераш, баккхий нах, заь1апхой, зударий, хьошалг1а, я кхечу г1улкхашка д1аса боьвлларш шайн доьзалех ца кхоьтуьйтуш, дай-наной берех къестош, д1абигнера – масане бара уьш оцу йоьхначу 1уьйрана, ц1еххьана лакхара боданен, йочанен «стигла т1ехаьрцинарш»! Х1ара Нана-Дег1аста – ма цхьаьнггара а дайша т1амца-харцонца схьаяькххина а яцара, гуттар а д1аяккха г1ертачарна дуьхал леташ ларйина яра. Эзарнаш шерашкахь х1окху Кавказан лаьмнашкахь баьхнера дай. Йоккха харцо, г1ело яра т1ех1оьттинарг!
Х1инца-ма цхьана дийнахь д1абаьккхира Даймохк. Доьхначу дийнахь лулахочо, я кхечо, дашца, я вуьшта шега далучу кепара дина г1о – накъосталла диц ца ло, дашца делахь а, г1уллакхца делахь а.

…Шолохов Михаила, г1алг1азкхичо, оьрсийн сийлахь-воккхачу яздархочо, и Де новкъа деана хаьттинера: «Нохчий боцу Кавказ – и х1ун Кавказ ю?!» Ткъа кавказхочо Гамзатов Расула а аьллера, сапарг1атдаьлла: «1аьржа лаьхьа охьатекхна Кавказан лаьмнаш т1ера!» Мацах, ирахъухкучу нохчийн турпалхошна к1елара г1ант д1адаьккхинчуьн т1ехьенах хиллачух тера ду Расул а, 1едал хийца мосазза ло, кхетам а, синкхетаман 1алашонаш а «хийцалуш» болу поэташ, а яздархой а к1езиг бацара, тахана а болуш бу массо а къаьмнашна юккъехь… Ц1ераш хуьйцуш берш а бу, 1едал мосузза хийцало…

Тоххара, Советан 1едал долуш, оцу, вайнах бохийначу дийнахь, белхан коллективашкахь, «День Советской Армии» ду бохуш, божаршна зударийн ц1арах совг1аташ далар д1ахьора 1едало, стол х1оттош, маларца а даздора. Дог 1ийжара, дог долчуьн… Оьрсийн маттахь аьлча, «издевательство» яра и. Д1адохор хьахош дацара, хьайн чуьра ара ваьллачул т1аьха. Компартина лурйоьлла тема яра иза. Шен бехк т1елаца йоккха оьздалла оьшу, 1едал делахь – 1едална а, стаг велахь – стагана а… Х1инца, со а оцу хенахь хиллачу баккхийчу нахал воккха хилча, ойланаш йо аса оцу заманах а, х1инцалерачух а, сайн шерийн локхаллера охьа б1аьрг бетташ оцу гена д1аяханчу замане. Со цигахь, Семипалатинскехь вина ву, 1952-чу шарахь. Сан а ду дакъа оцу бохаман… Цкъа а дагара болуш бац вина мохк, г1енах, самах – са цигахь ду. Мацалла а ма ца гина, делахь а гича санна ойланехь лаьтта, дас-нанас и лайна дела. Цара, баккхийчара, цкъа а дицдеш дацара и «мацалла» олу инзаре, ирча, шийла дош. Къинхетамечу Аллах1а ларвойла бусалба а, кераста а, массо садолу х1ума а оцу дуьненан балех уггар боккхачу балех. «Адаман сонталла мацалло бен ца эшийна», – олуш хезна суна дешначу наха.

Дагадог1у, 23 февралехь дара иза, меташканаша совг1аташ а дина, тхо д1асадоьвлча, ц1авоьдуш «Отдых» олучу кафе чу ваханера со, цхьаъ эца. Арахь дог1уш т1еда ло а дара, шийла а яра – иштта де хиллачух тера дара, схьадийцарехь, вай дохийна де а. И кафе, Абубакаран ц1еношний, культпросвет училищений юккъехь, парк санна йолчу, жимачу скверехь лаьтташ яра. Наха «Стекляшка» олура цунах, цуьнан пенош куьзганан дара. чохь молуш 1аш цхьа сан хенара вайнехан кхоъ -виъ жима стаг вара. Суна букъ берзийна 1ачун, сирачу пальтона т1ехула охьа хецна, кач къайла боккхуш, 1аьржа месаш яра. Мехкан тезет долчу дийнахь молуш сакъоьруш лелачу вайнахах «1уьтанаш» ца аьлча, кхин ала х1ума дацара. Уьш кхетон аьтту бацара…

Д1адохоран бахьанаш историкаша теллина, кегийна охьадехкина Советан 1едал доха доладелчий, доьхначул т1аьхьий. Суна дица луург хьалха, Советан 1едал ч1ог1а долуш, со а, со санна Казахстанехь, я Киргизехь биначеран чкъурах лаьцна, тхуна т1ехь х1ун лар йитина оцу халкъан бохамо…
1едалан меттигашкахь хьахон йиш цахиларх, халкъо шена юкъехь лелош бара оцу бохамах лаьцна генабовлаза болу дагалецамаш, Сибрехахь тиссаделла гергарлонаш – уьйраш хедаза яра. «Вай д1а х1унда дохийнера?» – бохуш долчу хаттарна цхьа болчара олура: «Валлахь, вай вовшийн керах леш ма-бара, вовшашна шаьлтанаш етташ… Обаргаш бу бохуш, тоьпийн хьокхий ги а туьссий, нехан бежанаш лечкъош, новкъахь дуьхьал буьйлуш, базара бог1учу суьйлишкара йохка йохьу х1ума схьайоккхуш, иштта кхин а, и тайпа зуламаш деш арабевлла дукха нах бара… Арме кхойкхуш кехат деача а обарг волура…» Иштта къамелаш дуккха а хуьлура.

Х1инца боккха дагахьбаллам бу цаьрга ладег1на ца1аш, дуккха а хетта дезаш хиллера, д1аяздан дезаш хиллера. Т1ехьадедда дог1у хьекъал, т1ехьакхиа ца дуьтуш едда йоьдуш хуьлу жималла-къоналла х1ара дуьне кхоьлличахьана!
…Нанас дуьйцура: «Вайн лакхахьа, Д1айхь, т1ом болчу хенахь, юьртана гонаха, басошца, хьуьнах а, обаргашна юьхкинчу «бумбанашна» т1ехь, сих-сиха ж1аьлеш, акхарой, нехан даьхний лелхара бохуш. Обаргаш а дукха бара. Юьртана гонаха салтийн ха дара, маь1-маь11ехь, къаьсттина некъаш т1ехь. Шайн бол-болчара а, вуьшта а, цаьрца г1уллакхаш долчу наха а, оцу обарг боьвлла лелачарна т1е юург а, герз-патарма а хьора.
Иштта цхьана буса, Д1айра (суна х1инца ц1ераш йицъелла, цхьаъ воцчуьн) обаргашна патармашший, юурггий эцна боьлхуш хилла. Хьалхара салтийн ха долчу т1екхаьчча, совцийна уьш, шу стенга доьлху, х1ун ю шун тускарш чохь, хоттуш.

Иштта, шуна юург йохьуш бог1у тхо аьлла, тускарш чуьра, т1ехула дехкинчу к1олдан-нехчан масех межарг, даьттан гуьмалг а, кхин а цхьацца сурсат д1аделла, х1орш дехьабовлийтина. Иштта шозлог1ча салтийн ха т1е кхаьчча а, иштта, шуна яа х1ума яхьа дог1а шаьш аьлча, салташа гали кегийча, патармаш гуча доьвлла.
Циггахь тоьпаш тоьхна хилла царна. «Пилмоташ йиттина юккъехула бекънера уьш. Орган чу кхиссина, халла карийнера, цхьа хан яьлча. Юьхьа сибатца бевзар болуш а ца хилла. Царех цхьанна, п1елгах датон мух1ар хилла, т1ехь 1аьрбийн йозанца диллина «Чамаммалаев» хьенех – аьлла ден ц1е а йолуш. Цунах бевзинера и к1ентий» – бохуш дуьйцура нанас и хилларг…

Юха шаьш д1абохош, Д1айра охьа, г1аш, Шаройн-Органе машенаш т1е охьабуьгуш, т1еоьхуш т1еда ло а долуш, шайн нана меттара г1аттийна, ност лозуш, астаг1а ю бохура, шаьш го юккъе юьллина ялош яра бохуш, дуьйцура, иза салташна астаг1а йолуш хааеллехь, тоьпаш тухур йолуш яра, я тоьпан бух тоьхна, бердах, Орган чу хоьцур яра. Шайна гуш, шайн юьртахойн масех стаг, зудий дийра иштта. Юха, машенаш т1ебаьхча, Соьлжа-Г1ала охьакхачале, масех машен бердах а яханера, т1ехь «т1анк» аьлла доьттина адам а долуш, дуьйцура нанас.
Вай ц1а даьхкинчу хьалхарчу шерашкахь, Шуьйтара охьа ваьлча, Ч1ажа олучу, некъ инзарен болчохь, генна лахахь, автобусан корах тхуна, берашна гойтуш хуьлура баккхийчара Орган чуьра хьала къеда «полуторка» олучу машена 1аьржа чкъургаш. 1944 шеран 23 февралехь бохамна т1е хиллачу бохаман билгало – лар яра иза.
Тхан нанас олура: «Вай Берес дохийна…»

Иштта лелаш дара нахана юккъехь хабар, нохчий х1орда чу кхисса дагахь хилла хилар. Берия хилла бохура и дан дагахь хилларг. «Сталина хаьттина хилла, маса эзар бу нохчий, аьлла. Оццул бу аьлча, цо сацам бина: царех х1орангга а шина шайна пайда байтича, Советан 1едална боккха пайда хир бу, уьш бита беза», – хьахадора тхан нанас. Иштта легендаш лелаш яра. Шайн ц1ерапошта х1урда йисте а кхаьчна, тоннела чу йоьлла бода х1оьттича, шаьш боккъал а х1орда чу хоьцуш ду моьттуш, маьхьарий, белхарш девлера бохуш, дуьйцура… Кхин а цхьа план хилла бохура Берин – вайнах паромаш т1ехь Каспийн-х1орднах дехьа бохуш, немцойн ж1араш ехкина кеманашка бомбанаш еттийтина, доллу халкъ хи буха дахийта…

Тамашийна бу цхьадолчу адамийн кхетам. Цхьа бехк боцуш дийнна шен халкъ цхьана дийнахь дакъаза даьккхинчу оцу делан моста1чух, Сталинах тера хила г1ертарш а бара вайнахана юкъахь, юьхь-сибатца, духарца хилла а… Катаяма социйлехь т1ехуура и хенаро стаг, шозлаг1а ваьлла Иосиф Виссарионович. Цхьа «манкурт» вара-кх иза, Дала гечдойла цунна, шен цхьа кхетам хилла хир бу цуьнан а. Сих-сиха терадолчу мекхех, бухара  д1аса дайн, лерина, куьг хьокхура цо. Тидам болчунна гуш дара и мекхаш цунна ч1ог1а деза хилар, уьш мух-муха а мекхаш дацара, уьш «Сталинан мекхаш» дара, лелар а тардина дара цуьнан, духар а: «защитни» басахь китель а, сталински олу лаба а. Ша г1алг1ашха вара и «двойник». К1езиг бацара нохчашна юккъехь «Сталин къонаха вара», – олурш а оцу 60 –70 шерашкахь, и д1абохоран 1азап лайначарех берш…

Хилла бохам-1азап дицделча, кхин а вондерг т1едаран кхерам бу, олуш ду.
«Кто выстрелит в прошлое из пистолета, в того будущее выстрелит из пушки», – аьлла а ду. Цунах тера дуй-те вайна чубеана хиллачу шина т1еман балех дерг а, х1инца адамашца йолу юкъаметтиг а. Дала т1аьхье ийманехь-беркатехь йойла!

Вайнах №3-4, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх