Окаров Iийса. Бекъна 1аж. Дийцар.

Оцу махкахь цхьа а стом ца хуьлура. Бакххийчара хьехадора стоьмаш шайн къамелашкахь, амма к1антана уьш, цхьа юуш йолу мерза х1уманаш хиллар доцург, х1ун ю ца хаара. Кхузахь, шина-кхаа баттахь бен ца лаьттачу аьхка, цкъа-шозза бен дог1а а ца дог1ура, иза а г1амаран лаьтто сихха д1ахудура. Цхьа а тайпа «стом» олуш йолу х1ума ца кхуьура х1окху шийлачу махкахь. 1а луьра хуьлура: сих-сиха дарц хьокхура, иза масех дийнахь а хьоькхура, тхевнаш т1е кхаччалц ц1енош къайла дохий бен саца а ца соцура. Юьрта йистехула д1айоьда 1аьржа-баьццара хьун а к1оргга лайла яхана лаьттара дарц д1атийча. Къигийн ирча «къар-р-р» хезара оцу зезийн хьуьнан боданен к1оргенехь. Топ яьлча санна тата а долура наггахь – шелонан ч1аг1алла ца лайна зезан г1ад дет1ара ц1еххьана. Муьлхха аз а, тата а: цхьаммо дечке араваьлла детта диг а, адамийн аьзнаш а, бежанан 1ахар а, жаьлийн летарш а, цхьанхьа топ ялар а – дерриг а дацлой, къора довра оцу дуьне хьулдинчу къоргачу лайлахь. Нанас ара ца волуьйтуш, г1орийначу коран куьзганах м1араш хьоькхуш ара хьоьжучу к1антана ч1ог1а лаьара б1аьсте а, цунна т1аьххье аьхке а т1ейог1ийла. Лаьара, не1 схьамайиллинехь йолалучу нийсачу аренца уьдуш лела, б1аьстенан бес-бесара зезагаш лехьош, юха шайн ц1ийнан т1ехьахула, юьхь а, чаккхе а ца гуш д1айоьдучу хьуьнхахь кхерсташ, толлуш лела.
Дехачу 1ано, дукхохйолу хан шен дедеца йоккхура к1анта, жимачу оти чохь пешахь догуш баганан дечиг долуш, чохь цхьа шатайпа аьхна, зезан-баганан боькхан чам болу 1аь яржош. Стоьла т1ехь сирла богуш мехкадаьттанан чиркх хуьлура. Дедас наггахь дуьйцура «ц1ахь», Шуьйтахь, хуьлучу стоьмех лаьцна. Цигарчу хьуьнхахь дерриг дитт стоьмийн долчух тера дара, к1антана цкъа а хезна а, гина а доцуш долчу хьаьмцийн, кхорийн, хьечийн, б1арийн. Цигахь, дай боцуш йиссинчу бошмашкахь, охьа а оьгуш лаьтташ хир ду 1ежаш, кхораш, хотешкара схьаоьхучу акха хьакхарчаша даа а дууш.
Ткъа кхузахь, ц1ийна т1ехьа а ваьлла, картолийн урд хадийна чекхваьлча йолалора лекха, аьхка а, 1ай а сийна хуьлучу зезнийн хьун. Б1аьста оцу хьуьнах цхьа хаза к1айн зезагаш хуьлура дууш, оьрсаша «кашка» олура царах. Кхин а цхьа самукъане хуьлура аьхка оцу «стом» олучу кхетамах хьакхалуш: кхуза, Казахстане бохийначу, нохчий 1аш болчу жимачу юьрта, ши г1азкхи вог1ура жимачу машенахь наьрсаш, хохаш, ж1анкаш, копасташ яхьаш йохка. Х1окхара, бераша, го бора машенна, цуьнан ц1ен-можа, кегий-даккхий стогарашка хьоьжуш, куьйгаш 1уьттуш гонахьа хьийзара. Машен овкъаран басахь яра, цуьнан аг1онаш т1ехь, хьалхахьа, датон асанаш т1ехь йозанаш дара. Ишколе оьхучу бераша доьшура, элпаш вовшахтуьссуш: «Москвич – 401». Ткъа чуьра гуттара тамашийна хаза яра машен: можачу маь1ан «руль» олу ч1ург, бес-бесара, даккхий-кегий сахьташ, нуьйданех тера кегий стогарш, тайп-тайпана т1емаш, к1еда миндарш.
Цкъа оцу машена т1ера г1азкхичо кхунна кехат хьовзийна, цу чу дуьззина, цхьа 1аьржа кегий буьртигаш доьхкира, «ешь мак», аьлла. Дедас тоьпан патармаш дузуш лелош хиллачу молханах тера дара и «мак». И буьртигаш бага а дуьхкуш ц1а вахара к1ант, церан мерзаллех тамаша беш.
Колхозан картолаш хиллачохь бецийн кондарш т1ехь хуьлура «паслёнаш» олуш кегийра 1аьржа буьртигаш. Шекъанах тера мутт долучу царах, шина-кхаа дийнахь а ц1ан ца лора куьйгаш а, бат а. Уьш гулъеш баккхий белхий хуьлура – цигарчу оьрсийн кегий зудабераш а, зударий а ведаршца дийнахь сарралц бохкура оцу картолийн урдах, гоьллец лекхачу паслёнийн кондарш юкъех, лекхачу хьуьнан йистехула д1айоьдачу картолийн аренца. Юха сарахь, я шоллаг1чу дийнахь, меташканаша и паслёнаш чуйоьхкина далнаш кхоьхьура нохчашна. Уьш ч1ог1а мерза хуьлура, шекар тоьхча санна.
Ткъа массо а х1уманел мерза-м хорбузашший, пастанашший хуьлуш хиллера, оцу, «бахча» олучу, меттехь. Шен «балаган» олуш бун а йолуш цхьа нохчо воккха стаг вара цигахь 1аш. К1архаш чухула юьйхина, 1аьржачу галпен хечин когашна т1ехула леккха хьала йоьвла к1айн т1ерг1ан пазаташ хуьлура цуьнан, коьртахь тиша холхазан куй а. Цо шен «балаганна» хьалха х1ара жима ши хьаша (кхуьнца кхуьнан накъост вара) ал т1е охьа а хаийна хорбазаш, пастанаш яийра кху шинна 1аббалц.
«Стоьмашлахь» 1аж дукхоха хьахабора баккхийчара. Иза уьггар мерза, хаза «стом» буйла хаара к1антана, цунна иза ган а, баа а лаьара. Астаг1а ден вашас кестта, ша Кавказе ц1а вахча «посылка» йоуьйтур ю аьллера кхуннна, даккхий, ц1ен, мерза 1ежаш чохь долуш. К1анта денош лардора: ши деваша «ц1а» ваханчул таьхьа, юьрта чуйог1у говр-ворда, машен, матцикал тергал йора.
Аьхке чекхйолуш, цхьана малх кхеттачу дийнахь деден ц1енна хьалха овкъаран басахь гата тоьхна «почта» лелон машен сецира. Т1ехьара не1 схьайиллина цу чуьра вахьаийцира кера лаццал йолу фанеран щи яьшка. Уьш деда волчу чуяьхьира.
Лекхачу г1анта т1ехь 1ачу деден керахь яра «ц1ера» яийтина «посылка». Нах чуоьхура: баккхийнаш баьрчче хьала а бовлуш, зударий, бераш не1арехьа соьцуш чоь хьалаюьзира. К1антана ша берашна хьалха, х1окху «синкъераман» да хетара.
Яьшка схьаяьстира. Лохачу, ахбоданен оти чохь цхьа тамашийна мерза чам-хьожа яьржира. И хьожа тера яцара кхузарчу наьрсийн, хорбазийн, паслёнийн хьожанах. Т1ехула 1уьллуш долу можа кехат хьалаайдича гучадоьвлира и даккхий, буйннал хир долу «стоьмаш», ц1ен-можа беснеш а къегаш. «1ежаш, 1ежаш», – аьлла къамелаш доладелира чохь. Воккх-воккхачуьнга кховдош, шишша-кхоккха д1аса дийкъира 1ежаш. Берашна цхьацца а, цхьадолчарна ах-ах кхечира. Т1аьххьарчу боккхачу ц1ечу 1ожан ах к1антана а кхечира. Уьрсо шера хадийначу 1ожана юккъехь, шайн к1аьгнаш чохь 1охкура ал-1аьржа х1уьн буьртигаш. Наггахь хуьлуш долу дегабаамен велхаозор а ца делира кхуьнгара, х1ара «тешнабехк» шена хилча. Делахь а к1ант дуккха а лийлира ойла еш: «Посылка тхуна яийтина хилча, суна ах 1аж бен х1унда ца белира Воккха Дадас?»

Цхьана 1ьуйранна кечвина, деда волчу хьала вигира нанас к1ант. Деда а вара цхьа башха лерина кечвелла, паднара т1ехь, ша гуттара ма хиллара, нисса вог1авелла, гоьл т1е ког баьккхина, хаьн т1е буй г1ортийна 1аш. Т1ехь палаш, коьртахь сира холхазан куй, чохь сурт гуш къагийна, 1аьржачу хроман лекха эткаш яра цунна т1ехь. Маж-мекх а лерина кечдина дара. «Ц1а» доьлхуш дуй кхийтира к1антана.
Арахь ч1ог1а дарц дара. «Сидмой наябирехь новкъа велира хьой, Воккха Дадий», – олура нанас т1аьхьо. Х1орш арабоьвлча, дорцалахь хьалха воьдург ца гора. Кхаьршиннан некъан накъост Симпалатера такси ялош схьавеънера. Сийна «Волга» гучаелира дорцан к1айчу к1урк1аманехь. Цуьнан наь1арш т1ехь к1айн таксийн «кубикаш» яра. Мардех, мардестех ийзалуш т1аьхьа г1ертара к1ентан нана, иза цуьнан цхьаъ бен вацара, сагатдора цо, шаьш дукха ца 1аш т1аьхьа бахка буьссуш боллушехь.
Такси «шур-р-р» аьлла, к1еда тата деш, хьалхара жимма айлуш санна, д1айолаялийтира оьрсийн шопаро. Т1ехьа 1ачу к1антана жимма айвелча гора машенна хьалхара датон сай, иза айбелла боьдаш хетара дарцо хьийзочу дуькъачу лайн чимашлахь.
Симпалатехь буьйса яьккхира цхьана 1едалан х1усамехь. К1ентан деца автобазехь болх беш болу шопараш бара оцу х1усам чохь, «командировке» олучу цхьанхьа баха новкъа боьвлла, шайна т1ехь керла схьаелла 1аьнан 1аьржа тужуркаш, аьхна хечеш, керзан эткаш йолуш. К1ант цаьрца а витна, дедай, некъан накъостий цхьанхьа бахара буьйса яккха.
Цхьа а кор доцуш х1усам яра и чоь. К1ентан г1евланга, басаран хьожа йог1у, вовшах д1асаястаза йолу керзан ши этка йиллира цхьаммо. Инзаре а, 1аткъаме а дара к1антана оцу синт1еда ца гучу 1аьржачу чохь буьйса яккхар. Делахь а, оцу шопарийн г1азкхийн метта, г1орг1ачу бийларшка ла а доьг1уш, церан «беломор» цигаьркийн бодашкахь, маь1-маь11ехь серла юьйлучу ц1ерашка а хьоьжуш наб кхийтира к1антана цу буса.
Шозлаг1чу дийнахь х1орш парохода т1ехь Иртыш-хих бовлуш къегина кхетта малх бара, дарц д1атийнера. Хи 1аьржа дара, цуьнан кхерамен шийла к1оргалла хаалуш хетара парохода йистера чухьаьжча. Шуьйра, шийла даьржина доьдаш дара Иртыш-хи. Оцу суьртан ши бос бара: йистехь 1уьллу керла диллина, малхехь къега к1айн ло, юккъехула охьадоьду 1аьржа, к1орга хи.
К1ентан да схьакхийтира кхарах Симпалатехь, х1орш новкъа баха. «Жанасемей» олучу аэропорте схьакхаьчна х1орш такси чуьра вахьалилхича, т1еман басар хьакхна долу доккха кема, онддачу г1овг1анца г1атта кечлуш дара. Цуьнан т1емаш т1ера ши бера, бевдда бог1учу кхарна нисса дуьхьал хьийзаш бара, датон х1оз бина малхехь къегаш. Деден хроман эткийн можа, деттина айраш т1аьхьа вог1учу к1анта баьргаш хьалха хьала-охьа уьдура, шуьйра яьржинчу палашан т1емаша хьалхара некъ ца гойтура.
Т1ахьависсина к1ант, кеманан берано хьоькхучу махо, вог1уш лаьтташехь аркъал тоьхна, юхавадийра. Бамба биллинчу 1аьнан пальтоно, бовхачу куйно дика карчавойтура иза. Т1аьхьа вог1у к1ентан да сецира, шен дена хьалха воьхна. Деда, юха хьажна, т1ечевхира цунна: «Х1ун деш лаьтта хьо?! Ма вахьийта и к1ант!»-аьлла.
Кеманан не1 схьаеллаелира, чуьра жима бут1къа лами охьакховдийра. Кема айлуш додура, дечкан, букътухучу г1анта т1ера охьа хьоьжура к1ант деак1ов корахула. Бухахь, лаьттахь, цхьа бес-бесара к1адийн цуьргаш доруш тегна юьрг1а 1уьллуш хетара. Ло диллаза дара бухарчу махкахь. Кема цхьана меттехь лаьтташ хетара к1антана, локхаллин инзаралло дог жимма шелдора. Юха вахьа хьажча кхин керла меттигаш гича кхетара кема доьдаш хилар, амма машенахь воьдаш санна, бухара меттигаш т1ех х1унда ца лелха ца кхетара к1ант.
Цул т1аьха г1аланашкахь кеманаш хуьйцуш, кхаа-деа дийнахь кема айдала йиш йоцуш, аэровокзалашкахь денош-буьйсанаш йохуш схьаихира х1ара кхоъ. «Павлодар, Томск, Омск, Свердловск, Москва» – иштта ц1ераш йохуш хезара к1антана шаьш соьцучу г1аланашкахь. Дедай, цуьнан ши накъосттий цхьанхьа воьдий лелара, юха вог1уш, сарахь я буса, к1антана кхалла цхьацца бе-берса х1ума а яхьаш. Дечкан г1анташ т1ехь керча къордийча, гена вала ца х1уттуш, жимма вокзала чухула волалора к1ант, дукха д1асалелачу, кхечу къомах долчу адамашка, церан къамелашка ладоьг1уш, духаршка хьоьжуш, леларах тидамаш беш.
Юха цхьа самукъе карийра цунна – дедегара ахча а доьхий, киншка оьцура. Хьалхарчу классе волавеллера к1ант х1орш новкъа бовлучу шарахь, жимаха волчу девашас шайн юьртара ишкол г1олехь ю аьлла д1а а вигна. Шина баттахь ах сов оьрсийн элпаш 1амийнера кхунна. Оцу элпашца еша г1ерташ къахьоьгура к1анта аэровокзалашкахь кема г1атталц.
Т1аьхь-т1аьхьа, ц1ехьа д1а мел оьху кеманаш хазлуш, толуш, керла даьлл-даьллачунна т1ехууш д1аихира х1орш. «Ту-104», «Ту-114» – хезара к1антана кеманна т1ехь, шена уллехь 1ачу, дозалла дечу г1азкхийн берашкара, «реактивный» боху дош т1е а тухуш. Х1инца долу кеманаш, пхьег1аш еш долчу наштарах терачу эчигах дина, т1ехьа дерзийна дуьткъа деха т1емаш долуш дара, х1ара, к1ант, вадийначу, салтийн духаран бос болчу кеманан санна хьийзаш беранаш а боцуш. Чохь сийна хорманаш юьхинчу меташканаша кампеташ, кхин цхьацца х1ума а йоькъура чухула д1асалелаш. Кема айлуш дог охьахьодура, охьалахлуш – кийрахь мелдерг хьала хьодура, царна т1аьххье к1ант хаьлаайлора, ц1еххьана ч1ог1а дог керчий.
Москохахь х1орш охьабиссича, к1ант1ана аэропортан тхов т1ехь гира 1аламат даккхий элпаш. Царех дукхоха дерш девзира к1антана, вовшах тассаделира – «Москва».
Метро чохь: сиха лела сийна, баьццара ц1ерпоштеш, хьере д1асалела адам. Деха, шекъанан басахь чоэш дуьйхинчу шина милцочо метрон куьзга санна ц1ена, шерачу, кузах тера къорзачу ц1енкъахула такхийна хьош вара цхьа вехна-воьжна г1азкхи. Цхьацца пхьарс а лаьцна, ша т1ехула санна, цхьа вайн, сиха хьора цара иза.
Москохара схьа ц1ерапоштана т1ехь баьхкира х1орш. Кемано дог керчош хьала-охьа идийна кийра дага оьхуш, самукъане вог1ура к1ант, х1инцца шена довза доладеллачу, керлачу, ц1еначу дуьнене корах ара хьоьжуш. Цхьана дийнахь иштта, шаьш санна «ц1а» бог1учу нохчийн берашца х1орде хьийжира к1ант. Дукха генахь хиларна, ловзочу тайнигех тера хетара х1ордан кеманаш.
Т1аьххьара а, цхьана кхоьлинчу дийнахь к1анттий, дедай, кху шиннан некъан накъосттий Соьлжа-г1алахь охьабиссира. Цаьршиннах цхьаммо доккха г1уллакх дира х1окху шинна бехачу новкъахь: деда генарчу некъана дукха воккха вара, к1ант – дукха жима.
Кхарна доьхьал веанера к1ентан жимаха волу ши деваша, Казахстане 1ежийн посылкеш кхоьхьуйтуш хилла волу. Астаг1чу девешин керахь стомачу кехатан бокхха тоьрмиг бара, цо иза, т1екхоччушехь, велакъежна, к1ентан кера та1ийра: «Х1ан, д1алаца хьайна. Ц1а кхечи хьо…»
Воккхачу стага шен дайн лаьтта ког ловзаза ялхийтта шо сов хан яьллера, ткъа к1ант ша виначу махках къаьстина иттех де а ца даьллера. Шен керарчу бочаб1ерийн т1оьрмига т1ехула хьожуш схьавог1ура. Девашас карахь кегдеш б1араш кховдадора к1анте, д1акхаччалц са тедан. Х1ара «стоьмийн» т1оьрмиг шен долахь бара кхуьнан, цхьаьнца а бекъа ца безаш.
Хьалхахь кхоссабелла датон сай болу «такси» а лаьцна, Йокккхачу Мехкадаьттан т1е охьабахара х1орш воккхаха волчу денвешина т1ебосса.

Вайнах, №6, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх