24.11.2016

Нохчийн поэтийн хаьржина байташ

Арсанукаев Шайхи

***

Д1атесна шира некъ…
Зама мел ели
Йистошца къух г1оттуш,
Азло,
Ницкъ оьшу.
Бицбелла массарна,
Адам ца лела,
Амма некъ сатуьйсуш,
Генна д1ахьоьжу.
Хьоьжу и,
Догдилла ца лууш, хьалха:
Говрахь, я г1аш вог1уш,
Вац-те стаг генахь?..
Д1атесна шира некъ –
Тера бу цхьалха
Йисина, к1енташка
Хьоьжучу ненах…

Гацаев Са1ид

***

Со-м хьан варий, Нохчийчоь,
Хьо-м сан ярий, Нохчийчоь,
Хьо-м сан деган шовкъ ярий,
Сан марзонан кеп ярий.

1аьржа буьйса, сийна де, –
Ас и х1инца билгалдер, –
Яра даг чохь хьан йовхо,
Х1уъа хиларх со Iexo.

Арахь йолу сийна буц –
И мел хаза синтем бу –
Гена новкъа д1авахарх,
Охьакхетта, со валарх.

Вита ахь со цкъачунна,
Ницкъ луш хьайна дечунна,
Ас буса а, дийнахь а
Сайн са хьайна д1алахь а.

Х1оккхул хазчу б1аьстенехь
Ахь со мерза хьаьстинехь,
Со вала а реза ву,
Къематехь а г1оза ву.

Со-м хьан варий, Нохчийчоь,
Хьо-м сан ярий, Нохчийчоь,
Хьо-м сан деган шовкъ ярий,
Сан марзонах кеп ярий…

Цуруев Шерип

***

И маца дара?
И маца хилла?
Салкхене яра
Аьхкенан чилла.

Исбаьхьа, ц1ена
Гуш дара 1алам.
Ирс дохьуш кхочу
Моьттура бала.

Цхьа мерза къайле
Хетара буьйса.
Моьттура вайна
Цо а сатуьйсу.

Хьун яра юькъа,
Цу хьуьнан кийрахь –
Цаьпцалгийн мукъам,
Хьозарчийн йир а.

И маца дара?
Иэс ден ца ло-кха –
Ша бог1уш кара
Лаамийн кхокха?

Йолуш цхьа г1айг1а –
Де-буьйса доца.
Дуьненчохь вай бен
Кхин адам доцуш.

Дийца мел луург
Дийца ца лора,
Я иза вуьшта
Оьшуш ца гора.

Куьг кхоччехь – тхов т1ехь
Седарчий дара,
Цу лаьмнийн шовда
Ма чомехь дара.

Б1аьргашца дийцар
Ма говза дара,
И х1унда хилла?
И х1унда дара?

Ахмадов Муса

***

Гузуев Хъусайн дагалоуш

Сингаттам, синхьийзам, г1енаш…
Дала хьо диканна дойла.
Кегдина кху баьллийн генаш
Цхьанна а цкъа а ма гойла.
Цу баьллех 1ийдалуш ц1ий ду
Буьйсане, урамаш тийча.
Ницкъ хилларг адамийн сий ду
Ницкъ хилларг тешам, сатийсам.
Цо даг чохь лелайи баьллаш
Цкъа б1аьсте ц1инъелча дуьйна.
«Бехк шен бу!» – цунна ма аьллаш,
Цуьнга ца ладелларг дуьне.
Цуьнга ца лаели цхьалла,
Адамийн, заманийн керчар,
Уьйраш йицйолуьйту хьал а,
1уьйренех саьрмикаш хьерчар.
Шовда т1е деттало т1улгаш,
Тергалдан хьан ойла хилахь…
Шовданца ю цуьнан тулг1е,
Шовданехь хьайн ойла йила.
Лам буьххьехь сецначу мархехь,
И ц1ийеш бузучу малхехь,
1уьйкъехь не1 еттачу хьешехь
Ахь цуьнан аматаш деша.
Дуьненнал накъостий хеттарг,
И бакъ ца хиларх а кхеттарг
Хьуна гур гуьйренан дерзехь,
Дазделча декхарийн терза.

1994

Гудаева Хьава

***

Со дахаро хьистина,
Дестечо меран бер санна,
Со дахаро хьистина,
Бенара доьжна ч1ег1ардиган к1орни
Цициго ма-хьесттара.
Со дахаро хьистина,
Акхачу луно гуьйранна йина к1орни
Дорцо ма-хьесттара,
Хьистина со, хьистина
Тешамца тешнабехк а хуьйцуш.
Хьистина,
Йовхо елча,
шелонан к1оргене кхийдош,
Хьистина со, дахаро хьистина,
Т1ам бойна олхазар стигланах
Ма хьеггара,
Ирсах а хьегош.
Хьистина,
Со-м хиллера ц1унан сара,
Дагна метта хиллера оьллина
Болатчу йозанца яздина х1айкал,
Сан мотт а хиллера
Собаран тобанца бихкина…

Ахматукаев Адам

Ас дина тоба

Со нанас до1анна
Айбинчу куьйгаш т1ехь кхиъна,
Къонахийн кхача ас
Дуьххьара сайн деца биъна.
Аганан мукъамехь
Сан ц1арах мел бина кхийлам,
Со новкъа волучохь
Саг1ина сол хьалха бийлла.

«Декъала некъаш ду –
Ворх1ий а дех дисна некъаш,
Осала некъаш ду –
Ден весет дохийна некъаш», –
Иштта ду нанас со
Дахарна денвина илли,
Иштта ду суна дас
Весетна дитина илли.

Цу иллин мукъамо
Сан даг т1ехь декъала мо бо,
Цу иллин мукъамехь
Дахарна ас дина тоба.
Иза ша до1анна айбинчу
Куьйгашка кхачахь,
Сан нанас хьанал бер
Ас биъна къонахийн кхача.

Вайнах №9-10, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх