Мусаева Малика. Т1аьххьара де

Дийцар

Нохчийн цхьа а бехк боцуш чубалийначу т1амо
къоналла лачкъийначарна массарна а…

Урокаш чекхъевлла дикка хан яра, амма цхьайтталг1а классера зудабераш ц1а даха сиха дацара. Т1ехьарачу парташна гобина цхьаа-м къастош дара уьш, йоккха г1овг1а эккхийтина. Классан куьйгалхочо т1едиллинера кхарна уьтталг1а классаца КВН д1аяхьа кечам бан. И г1уллакх ерриг классана т1едиллинера, делахь а божабераш реза ца хилира и «ловзарш» лелон. Уьш баккхий бара, аьлча а, царна шаьш хетара. Хьалхарчу сентябрехь сийлаллин гобоккхуш а юкъа ца бевлира уьш, шаьш и х1умнаш лелон кегий дац, аьлла.

Ткъа зудабераш, к1ентий ма бац вайна г1о да-н аьлла, х1уммаъ г1айг1анехь дацара.
– Вай кхушарахь дешча довлуш ду. Цундела вай цхьа башха х1ума дагадаийта деза, вайн къовсадаларш х1инццалц хиллачарех тера хир доцуш, – шена хетарг элира Маринас.
– Царна «вызов» ян еза! – куьг ирхкхуссуш, мохь туьйхира Хедас.
– Нийс абоху. Кехат яздан деза. Т1аккха иза урокехь д1адала а цаьрга.
Хедас аьлларг массара а реза хиларца т1еийцира. Х1инца и г1уллакх муха дича бакъахь ду къастон дезаш дара. Х1орамма шена хета-хеттарг олура.
– Урокехь кехат д1адолуьйтур дуй вайга хьехархоша?
– Суна хаьа! Церан физика урок йолчу хенахь д1адала деза и кехат. Раиса Сайд-Алиевнас вайна довдийр дац.

Раиса Сайд-Алиевна кхеран классан куьйгалхо яра. Цо физика урок лора кхарна а, кхечу классашна а. Цхьа шо бен дацара иза Ростохара ц1а еана.
Оцу йоццачу хенахь берашна ша езаялийта хиира хьехархочунна. Шен болх дика хууш а, берашца йолу юкъаметтиг лелон хууш а яра иза. Дешархошна т1е мохь хьоькхуш 1едал дацара Раисин, амма цуьнан урокехь, цхьадош т1ехтиларна кхоьруш санна, тийна 1ара бераш.
– Кехат говза яздан деза, мелла а самукъане хила а деза.
– Собар дайша, масала, уроке чу даьхьна кехат: со шуна кехат дохьуш еъна, аьлла д1алур ду вай? – ша кехат эцна яхана сурт х1оттош, хаьттира Хадишта.
Беларан г1овг1а елира класса чохь.
– Вай царна кара кхосса деза, уьш дуэле кхойкхуш, – Мадина, гуттар санна, массарел самукъане ю тахна.

Цкъа а дог ца дог1уш, олаелла гина а яц и йо1классерачарна. Д1ааьлларг беге дерзадо цо. Дош-даше даьлла шиъ къовсавелча, церан барт бан сихло гуттара а. Ткъа цунна дуьхьало ян лур а ма яц…
– Кара? Муьлха кара?
– Т1аьрсикан кара.
– Х1ан-х1а. Боксерийн кара!
Юха а белар.
– Хьо бакъ лоь! И дан деза вай!
– Боксерийн кара мичара дера ду вайна?
– Аш баккъал боху?
– Боху. Самукъане хир ма ду.
– Тхан вешин ду боксерйин каранаш.

– Оршот тдийнахь, хьо ишколе йогг1ушехь схьа да цхьа кара. Т1аккха вай кехат каранах дихкина, церан урокехь класса чу кхуссур ду.
– Собар! Ткъа и кара «кхосса» мила г1ур ю?
Ц1еххьана массо а д1асоцу.
– Со! – урокехь санна куьг хьалаойъу Мадинас. – Амма, ас туьтм1аьжиг юхур ю.
– Х1у туьтм1аьжиг? – хотту массара цхьатерра.
– Бен а яц, со цаевзичхьана.
Юха а белар.
– Д1аялахь, хьо дера евзар яра царна, ахь шиъ туьтм1аьжиг юьйхича а.
– Х1уммаъ дац, йовзийта, сан юьхь гуш ца хилчхьана.
– Дик ду. Х1инца вай кехат яздан деза.
– Кехат оршот дийнахь д1акхачо деза цаьрга. Вай сихо ян еза, – массо х1уманна т1ехь кхачо езаш йолу Марина ю г1уллакх сихха чекхдаккха лууш.

– Лайлаъ, хьан почерк хаза ю, кехат ахь яздан деза.
– Вайн т1аьххьара КВН ю-кх х1ара, – корта ластош, юккъашха йистхуьлу Хадишт.
– «Т1аххьара» ма алахь. И дош цадезаш яла йоллу со, – оьг1аз даханчу берах терра йистхуьлу Хеда.
– Дик ду т1аккха. Вайн ишколехь т1аьххьара КВН… – «ишколехь» боху дош дахдеш, леррина олуХедас.
Кехат юх-юха а яздо, мухха а яздича а, массера цхьа барт ца хуьлуш. «Т1аьххьарчу» КВНе кхочуш. Говза яздина хила дезаш дара кехат.
Эххар а, цара бох-боххург дан к1ордийначу Лайлаа, цха бен доцуш сана олу:
– «Мы вызываем вас на дуэль», – аьлчхьане ца долу иза?

– Все гениальное просто! – ц1оцкъам саттадо Маринас.
Цу т1ехь сацам бо кхара.
– Х1инца Раиса Сайд-Алиевна ц1а яхана хир ю. Оршот дийнахь, цунах дага а девлла, къовсадалар д1адахьа кечам бийр бу вай.
Шайн-шайн т1оьрмигаш схьаэцна, класса чуьра арадевлира зудабераш. Юха, ишколан уьйт1ахь а лаьтта цхьана пхеа минотехь. Эххар а, «гур ду вай», олуш шишша-кхоккха цхьана йоьдуш, д1аса бахара уьш.
Дешаран кхин цхьа к1ира а чекхдели. Кхана к1иранде дара – цхьайтталг1а декабрь. Цхьа эзар исс б1е дезткъе дейтталг1ачу шеран цхьайтталг1а декабрь; оршот дийнахь керла к1ира доладала а дезаш.

Х1аъ, керла к1ира… Амма, дешаран к1ира хир дац иза. Дешаран к1ира кеста долалур дац. Я доладелчи а, зудабераш кхин цхьанакхетар дац урокехь. Иза кхара ишколехь цхьана даьккхина т1аьххьара де дара, цу дийнахь т1аьххьара урок а. КВН а хир яц. Кхеран т1аьххьара КВН хьалххехь хилла, чекхъяьллера. И шот де кхеран жималлин т1аьххьара де дара, т1аьхьа йог1уш къоналла а йоцуш.
Кхана, к1ирандийнахь, дешархоша гуттар сатуьйсуш долчу к1ирандийнахь, т1ом бара. Цу т1амо лачкъийра кхеран къоналла, сатийсамех чим беш, ойланаш дуьне мел ду яржош, кхеран ишкол чу г1аскхий охьа а ховшуш. Классан пенах кхозучу уьн т1ехь т1аьххьара яздина йозанаш а дуьссуш: «10-г1а декабрь. Классера болх».

2017 шо

Вайнах №3, 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх