Мусаева Малика. Исмаь1ал

Дийцар

– Бехк ма биллаш, бухгалтери х1ара юй? – йиллина лаьттачу не1арах чу хьаьжира ткъа шарере ваьлла хир волуш, юьхь т1ера беран бос банза волу жима стаг.
– Ю. Чоьхьа вала.
– Х1ара кехаташ, т1е мух1ар тоьхна дац аьлла, юхадахкийтина тхуна, – бехкала вахана шегара кехаташ схьакховдийра к1анта.
– Хьо муьлхачу туьканчуьра ву? – хаьттира чохьболчарех цхьамма.
– «Глория Джинс», – жоп делира к1анта.
Реза йоцуш, сихха кехаташ схьаэцна, т1ехьаьжира коьрта бухгалтер. Т1аккха елакъежна:
– Хьажахь, дан а ма дац. Х1орш муха дитина хилла ас? – олуш, шена ишкапан г1уткхи чуьра схьаэцна, мух1ар туьйхира цо кехаташна т1е.
– Хьо х1ун болх беш ву цу чохь?

– Урхалча.
– Хьайн ц1е а, телефонан лоьмар а алахь соьга. Нагахь, шуьца кьастон дезаш г1уллакх хилча, хьоьга эр дара аса, шу коьрта офисе телефон ца етташ.
К1ентан ц1е Исмаь1ал яра. Хаза ц1е яра, к1ант ша санна хаза. Иза эхь хеташ лаьттара, д1аса ца хьажа г1ерташ, шен кехаташка хьоьжуш, ша б1аьрг т1ера баьккхича, уьш довр долуш санна.
– Дела реза хийла. 1одика йойла шун, – хезаш-ца хезаш олуш, не1арехь къайлавелира иза.
Цул т1аьхьа наггахьа вог1ура Исмаь1ал, бухгалтерера кехаташ д1адахьан а, коьрта офисера даийтина кехат дохьуш а.

Исмаь1ал эхь-бехк долуш вара. Эрна къамелаш а ца дора. Шен балх т1ехь дика ларавора, накъосташа, жима волушшехьа, лара а лорура.
Наггахьа, туькан чу х1умнашка хьовса дахча, гора бухгалтерера зудаберашна Исмаь1ал.
– Де дика… могуш-парг1ат… со хьажа оьшуш х1ума… оьшуш хилахь, со схьакхайкха… – хаза вист хуьлий, д1авоьдура х1оразза а.

– Де дика дойла. Х1ара бухгалтери юй? – чоьхьа велира лекхочу дег1ахь к1ант.
– Ю.
– Суна счеташ езара карарчу баттана.
– Хьо муьлхачу туьканара ву?
– «Глория Джинс».
Туькан ц1е хезча массо а к1анте хьаьжира. Некха т1е латийначу кехата т1ехь к1ентан ц1е яра.
– Хьо х1ун болх беш ву цу чохь? Х1инццалца Исмаь1ал вог1ура кехаташ д1адахьа, – шеконца хаьттира коьртачу бухгалтеро.

– Исмаь1ал отпускехь ву. Со цуьнан метта ву, иза араваллалца, – жоп делира Ахьмада.
Цул т1аьхьа а Ахьмад веара кехаташ д1адахьа. Туькан чохь а ца гора Исмаь1ал.
Кхоалг1а а счеташ д1аяхьа Ахьмад веъча коьртачу бухгалтеро цхьа бен доцуш элира:
– Исмаь1алан отпуск ма еха ю. Шуна-м дика ма ду, иштта еха отпускаш йолуш.
К1ант цецвелира. Т1аккха:
– Иза Ростох вахана ву. «Ц1е ца йоккху» лазар ду аьлла цунна, – элира.
Белита юьйхира, ша ца йог1уш йинчу забарна эхь хетта.
– И суна хезна дацара. Дала маршал дойла цунна.
Массара «Амин» элира.

Цхьа тийна есалла йоьссира кабинета чу, сингаттаме есалла.
Хан йоьдура, цхьанаэшшара, хьалхачул сиха я меллаша доцучу боларца. Массара шайн болх а бора х1етталца ма-барра. Х1ора баттахь Ахьмад вог1ура кехаташ д1адахьа, наггахьа х1окхара шаьш туьканчу д1а а хьора уьш. Цхьана юкъанна «Исмаь1алера х1ун ду?» – олуш хетта а хиттира, дуьхьала: «Кхин хийцам бац», – жоп а хезаш. Т1аккха, цхьа хан еара Исмаь1ал хатта цхьанне а дага ца дог1уш.
Иштта йицло шен йоцу г1айг1а, вицло стаг а, шен чуьра воцу стаг, хьуна цкъа а вицлур вац аьлла хеттарг а.

Февраль бутт. Оршот де. Керла белхан к1ира. Кхеташо. Болх. Кабинет чу горгам хьокхуш йолу Зина тахана къамелана т1ера яц. Йистхуьлуш къажар а ду цхьа нуьцкъара, ца ялла… Эххара, шегара г1айг1а совъйолий, Белитехьа йоьрзий, доладо:
– Хьажахь, ма кхоам бара цуьнан, мел жима вара иза… «Глория Джинс» туькан чохь болх беш хилла Исмаь1ал вевзарий шуна? Хьалха вара и цу чохь, цхьа ах шо хьалха. Тахана 1уьйранна цу чохь болх беш йолчу 1айшата дийци-кх суна, иза д1аваьлла аьлла. Германехь хилла иза, дарба дан вахана. И дагара д1а ца волу суна, – елхар эккхаш, б1аьргех йовлакхан т1ам хьокху Зинас.
Ткъес кхета, шен суйнаш чохьболчеран дегнех детталуш. Муха… маца… Дала геч… ийманца собар…
Жоп доцу хеттарш, кадамаш, д1аоьцуш стагга а воцуш… Б1аьрхиш…
Дуьне дасделира. Муха хуьлу иштта, кегийнаш дуьненчуьра д1аоьхуш? Т1ехьаьжна, могашаллех вуьззина волу жимха лазаро к1елахьош, хьошуш, вууш, х1аллаквеш… Дерриг дахар хьалха ду, деха дахар, ирсе дахар, уггаре самукъане денош, аьлла хеттачу хенахь дахар хедаш, еха оьмар къаго летта седа ц1еххьана д1абовш…
Иштта х1унда хуьлу?

Цхьанаюккъана туькан чу ваьлча, д1о не1арх Исмаь1ал гучу вала везаш санна хетара. Х1уманашка хьовсуш лелаш болчу нахах цхьацца тар а лора цунах. Цхьаьнаюкъана…
Хан елира. Х1уммаъ хийца ца делира. Туька а ю болх беш. Нах бу цхьаццанхьа кхача сихбелла д1асаоьхуш, машенаш а. Х1умма а ца хийца делла дуьненахь. Амма цунна чохь Исмаь1ал вац. Иза д1авахна, цу чохь кхин ца хила. Цо дуьненна шех лаьцна сирла ойла йитина, наггахь, ша вевзаш хиллачарна коьрте ян, сирла ойла. Вацап чохь статус а:
«Мир – это не фабрика по исполнению желаний», иза язъйина де а лаьтташ: 16.09.2016.

Вайнах №1-2, 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх