29.02.2016

Мусаев Сулиман. Зарема

СулиманДийцар

– Маржан йолче яхнера со, – лохачу г1анта т1е охьахиира нана. – Ч1ог1а таь1на ю. Тамаша бу-кх цу лазарах иза хьалха ялахь. Ишколера ц1а ма-веанехь Муса вахитнехь х1ун дара-те Заремига хаийта? – хаттарца соьгахьа йирзира иза. – Цунна ма хаийта-м баьхнера Маржана. – Х1унда? – жоп сайна хуушехь хотту аса.

– Шен йо1ана цхьа бохам баларна кхоьру-кх, миска. Ч1ог1а г1оьртина бу боху цуьнца марзахой. – Вахита веза. Цхьаъ хилахь, дагахь-баллам буьсур бу – чайн стака д1а а мелла хьалаг1аьттира со. – Соъ г1уо Маржанна гуча. Не1 йоьллуш хезча халла меттахь хьалахиира Маржан, «меттаха ма хье, 1адда 1иллахьа» боху сан дешнаш тергал ца деш. – Сох бала хили-кх шуна, – ша цхьана х1уманна бехке йолуш санна, эхь хеташ, г1ийла йистхилира иза. – Х1унда сагатдора ахь? Баянт а ма еънера дукха хан йоццуш теттина х1ума яхьаш, – маьнги юххехь лаьттачу букътуху г1ента т1ехь шун дара, чохь хингалший, пели чохь даьттий, чайий долуш.

Со маьнги т1е, йоккхачу стагана когашка охьахиира, сайгара паста охьайуьллуш. Ма дукха хан яра со кху чохь хиланза, амма х1инца а х1уммаъ хийца-м ца делла. Маьнги т1ехула пенаха кхозу куза, т1ехь ц1оькъалоьмийн сурт долу. Кора хьалхахь лаьтта сол. Юккъерачу не1ара т1ехь куьзга долу шипанер. Дехьа пена т1ера киншкийн терхе. Арахьа, кора хьалхара сиренан кол а хьалха санна махехь техкара, заманан чкъург карчанза йолуш санна. Амма дуккха а х1ума хийцаделлера. Хьалха кху чохь декна самукъаме зевне аз кхеча х1усамехь декара, я иза х1инца иштта зевне а дацара. Чохь цхьацца дезарш деш хьийзина зуда а кхин яра – азъелла, хебаршка яхна юьхь, чукхетта беса б1аьргаш, лазаро г1ора д1адаьккхина, метта дожийна дег1. Аг1ор яла бахарх Маржана аьттехьа а ца дитна, иштта лацаелла 1ен цунна хала хир ду-кх аьлла, дукха ца 1аш хьалаг1аьттира со. Аса хиъна 1аш киншкийн терхе т1ехула б1арг кхарстош тидам бина хир бара Маржана, со араволуш: – Мовсар, и киншкаш д1ахьо-хь, цхьана хенахь уьш ч1ог1а йоьшуш ма вара хьо, – г1ийла елакъежира иза. – Х1ан-х1а, ца хьо аса, йита ахь, – сайн д1асахьежар цунна нийса ца кхетта-кх аьлла, бехкала вахара со. – Д1ахьо ахьа. Со д1аяьлча эцца д1асакхуьссуш 1оьхкур йолуш ю хьуна. Цу йо1а гулъйинера уьш. Дукха хан йоццуш и еъча, д1а х1унда ца хьо ахьа аьлла, аса хаьттича, шен уьш еша х1инца йиш ца хуьлу, ткъа шайн ц1ахь цаьрца бала болуш стаг а вац, эли. Д1ахьо-хь, сан безамна лелор ахь, еша ца ешахь а, – дехаре дирзира цуьнан аз. Нийса ца хетташехь, дегабаам бан мега-кх кхуо аьлла, терхе т1ера т1е чан йиллина болу киншкийн барз схьа а эцна, йоккхачу стеган 1одика еш аравелира со.

Сан итт шо дара, дуьххьара Зарема гуш. Г1алара еънера и шиъ. Тхуна гена доццуш лаьттачу шен вешех дисначу ц1а чохь яха хиира Маржан шен йоь1аца. Сарахь, ловзаш лелачура ц1авог1уш, х1инццалца деса лаьттина ц1а чохь г1овг1анаш хезна, кет1ахь сацавелира со. Дукха хан ялале ц1евзина схьаделладеллачу кевнера сан хеннара хир йолуш цхьа йо1 араелира, ведар дара цуьнгахь. Цу чуьра хи д1а 1ана а дина, схьахьаьжира. Аса мотт баьккхира. Ела а елла, шен лергаюххе п1елг хьовзийра цуо. Кертара ара га кховдийна лаьттачу дитта т1ера сихха сийна б1ар даьккхина, цунна кхоьссира аса. Йо1а чуэкхаш т1етоьхначу кевнах кхеттачу б1аро «д1апп» аьлла, тата доккхушехь цигара «к1ур» бира аса. Дукха хан ялале, со х1ума юуш 1аш, цхьана зудчунца и йо1 гира сина, тхайга йог1уш. Х1инца сан нене арз дан йог1у-кх и шиъ аьлла, дехьачу а вахана, со д1алечкъира. Нана божала чохь етт узуш юй а ца хууш, и шиъ д1аяхаре сатуьйсура аса. Дикка хан а ялийтина, не1 херйин, арахьаьжира со. Уьйт1арчу кхура к1елахь лаьттачу соьла гондахьа хиъна 1ара и къоъ. Наний и зудий, лоха къамелаш а деш, йоьлхуш яра. Ладоьг1ча, цара суо вуьйцуш а ца хилла, доккха садаьккхира аса. Со д1а араваьлча, йо1 суна къайлаха елаелира. Цхьа к1ира даьлча т1екхечира ишколе ваха веза де а. Класси чохь сайн метте, шолг1ачу парте т1е, охьахиира со. Х1инццалца соьца цхьана 1ийна волу Ахьмад ялхалг1ачу классе хьала ца воккхуш витнера. Даккхий к1айн бантикаш долуш, к1айн фартук юьйхина йо1 ялийра хьехархочо: – Х1ара вайн керла дешархо, Амаева Зарема ю. Вайн классехь хир ю х1ара, – чухула д1асахьаьжира иза. – Яло, д1о к1антаца охьахаа, – суна юххерачу г1анта т1е п1елг хьажийра.

Соьгахьа схьахьаьжна елаелира йо1. Т1аккха евзира суна сайн керла лулахо. Иза даима а яра елаелла. Ши б1арг а хьаббой, беснеш т1е к1аьгнаш а х1уттуш мел жимчу а бахьанна а елалора. Ч1ог1а ца дийзира суна иза сайца хаош. Цунна цхьацца новкъарлонаш лелайора, иза т1ехьа парти т1е, еса меттиг йолче д1аг1ур яцара-те, бохуш: цуо язъечу хенахьа цуьнан голе т1е куьг тухура, г1алата даккхийта, хьехархо д1айирзича месаш озайора… Амма цуо, гуттара а ела а лой: – 1адда 1ехьа, Малика Махмудовнас дов дийр ду хьуна! – олура. …Т1аьххе а доттаг1алла тасаделира тхойшинно. Ишколе доьдуш а, ц1адог1уш а цхьана хуьлура. Цхьана ловза а ловзура. Тилвизор яцара церан, цундела наггахьа кино хьажа а йог1ура иза тхоьга. Цхьана урокаш ян – тхьоьгахь я цаьргахь – сих-сиха цхьанакхетара тхо. Дика доьшура Заремас. Суна дика ца кхеташ йолу алгебран, химин темаш кхетон г1ерташ дукха хан йойъура. Цкъа – барх1алг1ачу классехь дара тхо – шелвелла, цомгаш хилла к1ирнах сов меттахь 1иллира со. Х1ора сарахь Зарема йог1ура тхьоьга, ишколехь хьехнарг дуьйцуш ехха 1ара иза. Цхьана шийлачу дийнахь чоьхьаяьлла, сан маьнги юххе г1ант х1оттош охьа а хиъна: – Муха ву хьо тахана? – хаьттира цуо.

– Г1оле хета суна х1инца-м. Йовхарш а д1аяьлла. Х1ара дагар цхьажимма лахделлехь… – Молханаш молуш хир яц ахьа? – сан хьажт1е куьг диллира йо1а. Шийлачу арара х1инца чуеана йолчу цуьнан куьг ч1ог1а тайра суна. – Дукха мийлича-м дика а яцара уьш. Нанас лелош цхьа дарба ду суна: кхехкийна шурех к1он бурччий, даьттий, моззий тухуш. Х1ора 1уьйранна йистматтаха и шура молу аса. Не1 йоьллуш нана чуьхьаелира. Ц1еххьана, дагийча санна, сан хьажт1ера шен куьг д1ададош хьалаиккхира Зарема. Со а, сайгара цхьа г1алат даьлча санна, вуьйхира. – Хаий 1е, ма г1атта хьала, – куьг ластийра нанас. – Ч1ог1а новкъахеташ ву х1ара тхан лазархо, ша ишколана юкъахаволуш. Кхана воьду ша бохуш 1аш ву. Аса-м дикка г1оле хиллалца собар де аьллера кхуьнга, – г1о доьхуш санна, Заремига хьаьжира иза.

– Ша товаллалца собар дан деза. Ишколехь керла 1амийнарг аса дуьйцур ду-кх, – ц1енкъа доьг1на дара Заремин б1аьргаш. Дукха ца хьелуш, д1аяхара иза. Цу дийнахь дуьйна тхойшинна юкъаметтиг мелла а хийцаелира. Нанас кест-кеста – бахьана долуш а, доцуш а – хьехон йолийра Зарема, иза хестош: «Маржанан йо1», бохуш. Со керлачу б1аьргашца хьоьжура х1инца йо1е, ца гуш сагатлора, сахьаьвзара иза ган, амма со цаьрга я иза тхоьга наггахьа, цхьа г1уллакх хилче бен ца доьдура. Ишколе боьду а, цигара ц1абог1у а некъ бехха бора – дукха дара дийца: оха кинош йуьйцура, тхайн гина, киншкаш. Ловзарш д1адевлира.

*** Хьалхарчу классийн хьехархо хила лууш яра иза, ишкол чекхъяккхича г1алахь деша а дешна. Ткъа аса мехкадаьттан институте ваха сацам бинера. Дукха дийцира охашимма хиндолчух. Дерриге а дахар хьалхахьа дара. Къегина гора хиндерг. Амма кхолламо яздина йозанаш кхин хиллера… *** Т1екхечира рог1ера аьхке. Чекхдевлира ишколан шераш. Сайн кехаташ вовшаха а тоьхна Соьлжа-Г1ала деша ваха кечам бан волавелира со. Заремин йиш ца хилира цу аьхка деша ян – нана цомгуш хилира цуьнан. Оршот дийнахьа г1ала а, шот дийнахьа ц1а цхьаьна оьхур ду тхойша бохуш ойла хилла волу со мелла а г1айг1анехь вара, амма дан х1ума дацара. Т1едог1учу шарахь х1уттур ю ша деша, элира Заремас, ца дог1учу дагца ела а елла, кху шарахь ц1ахь йисарх а дац кхин доккха х1ума, кечам дикаха бан аьтто хилар бен, аьлла.

Со деша вахара, экзаменех чекх а ваьлла. Ленинан урамера юкъара1ойлехь 1ара со, мукъачу деношкахь ц1а вог1уш. Хьалхарчу эхашарахь сайн аьтто массаза болу ц1а вог1ура со, Зарема, цуьнан еха 1аьржа месаш, даккхий б1аьргаш ган, елар хаза сихлой. Г1алахь доккхуш дерг пхи де бен доццушехь, цу юкъана Зареме цхьаъ-шиъ кехат а яздаро, бакъду, д1а-м ца тосура, суо ц1авеъча цуьнга д1алора. Бухахь цо соьга яздина а хуьлура кехат, х1ора к1ирнахь цхьаъ, дехха, шена цу к1ирнахь мел гинарг а, ша йина ойланаш а йолуш т1ехь. Цхьанакхетарш к1езиг нислора. Суо ц1авеъча цуьнан нанна гучувала воьдура со, хьал-де хатта, ткъа Заремин дезар дукха дара кертахь. Т1аьхь-т1аьхьа ц1а эхар к1езгаха хуьлура сан. Цхьацца бахьанаш нислуш мукъа деношкахь а г1алахь сеца велира со. Керла дахар девзира суна кхузахь. Керла накъостий а. Мехкарий а бевзира. Юьртарчарех тера дацара г1алара зудбераш. Ч1ог1а кечделла а, б1аьрг т1ера ца баккхалуш хаза а дара уьш. Юха… Аса Зареме яздеш хилла кехаташ а севцира… Херъелира тхан юкъаметтигаш. Цхьана баттахь соьгара кехат ца кхаьчча ша соьга яздеш хилларш а совцийра Заремас. Шолг1ачу аьхка а ца еара иза г1ала деша. Ткъа со… ши шо даьлча институт д1а а тесна Перме шабашке вахара. Цигахь кхин ши шо а даьккхина, зуда яло дагахь ц1авеъча, Зарема марехь яра. Луларчу юьрта ненахошка яхханчехь церан лулахойн гергарчу к1анта т1е захало деъна хиллера цунна. Кхуо иза т1е ца дитча, ц1а йог1уш лара а йина ядийнера… Со юха а Перме д1авахна, шина-кхаа шарахь цигахула йорт йиттина, ц1авирзина цхьа бутт бара…

*** Г1анта т1ера киншкех цхьацца схьаоьцуш, уьш луьстуш маьнги т1ехь аг1орваьлла 1ара со. Церан цхьайолчу аг1онаш т1ехь ц1ен, баьццара къоламашца дехкина зезагаш дара. Б1аьргаш киншки т1е хьуьйсуш делахь а, ойланаш гена яра сан. Цхьана аг1он т1ехь сийна шекъаца байтан кепехь яздина мог1анийн тидам хилира ц1еххьана. Сан ц1е а яра лакхахьа, «Мовсаран лерина» аьлла. Ахматова Раисин гулар яра сан буйнахь ерг. Раисин: Денош ма д1аоьху Хьо гуча ца волуш, Суьйренаш д1аоьху Хьан къамел ца хезаш… – дешнаш т1ехула Заремин куьйгаца язйина кхин байт яра. Буьйсанан бодано юрт маракъуьйлу, Стиглара седарчий г1айг1ане хьоьжу, Диллинчу кораха байн мох чухьоькху, Б1аьрхиша т1унйина сан юьхь цо хьоьсту… Т1е сизаш хьекхна болу т1аьххьара биъ мог1а къаьсташ бацара. Киншка охьа а йиллина, кет1а велира со. Де суьйренга лестинера. Дайн нека деш мархаш яра стиглахь. Олхазарийн «чкъар-чкъир» хезара. Лаьттахула кхиссалуш, цхьаъ юуш долчу хьозана тебаш тхан хьаьрса цициг а. Ши бер т1аьхьа а даьккхина йог1уш цхьа зуда гучаелира урамехь. Юххекхаьчча Зарема евзира суна. – Суьйре дика хуьйла хьан, Мовсар! Хьо ц1авеъна… – сацаелира иза суна т1екхаьчча. – Далла езийла, Зарема! Х1аъ, цхьа бутт гергга хан ю со ц1авеъна… – сайн аз девзира суна. Цо цхьацца хеттарш дора, аса жоп лора. Кхоьлина б1аьргаш, царна юххехь хебарш, чукхетта беснеш, охкаелла белш йолуш зуда яра суна хьалхахь лаьтташ ерг. Амма суна кхин Зарема гора: алунах лепа 1аьржа ши б1аьрг, даккхий б1аьргнег1арш, елаелча к1аьгнаш х1уьтту беснеш, х1аваэхула лелаш санна дайн болар долуш хилла йолу сайн лулахо лаьттара сан б1аьргашна хьалхахь.

Вайнах №1-2, 2016.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх