Мусаев Сулиман. Ши ваша.

Дийцар

«Ма ч1ог1а суна везаш а, ас лоруш а вара-кх хьо, сан хьоме ваша, сан цхьаъ бен воцу, воккхахаволу ваша! Со х1уманах кхеттал хилчахьана, сан ваша хилла ца 1аш, сан накъост а, доттаг1 а ма вара хьо! Т1амера ц1а ца веана волу, суна сурта т1ехь бен гина а воцучу ден метта а-м вара хьо суна, диъ шо бен сол воккха воццушехь. Жима волуш мел дозалла дора аса хьуна юххе а х1оьттина ишколера ц1а вог1уш! Суна т1ебог1уш болчу массо а кхерамна дуьхьало яра хьо. Цкъа 1ай – сан барх1 шо дара х1етахь – ша т1ехь хехкалуш цхьана к1анта, к1ел ког тесна, охьатуьйхира со. Ерриге бат ц1ийх юьзна, велха а воьлхуш со ц1авеача, хьо цунах лата вахара, иза хьайл воккха воллушехь. Ахь цунна етта а йиттира. Хьан цхьаъ бен йоцу куртка эт1ийна яра, хьо чувеача. Цул т1аьхьа соьга х1ума ала ца ваьхьара ишколехь цхьа а.

Хьо эскаре вахча мел сагатдира ас! XIopa дийнахь бохург санна, кехат яздора хьоьга. Ишкол чекхъяьккхича, со Ростох деша вахара, медицински институте. Хьо цу хенахь Соьлжа-Г1алахь заводехь балхахь вара. Наггахь суна т1аьхьавог1ура хьо, со меца леларна кхоьруш йолчу нанас вовшахтоьхна цхьацца сурсаташ а, стоьмаш а дохьуш, хьайгара ахча а лора, аса ца оьшу боххушехь. Цигахь, Ростохахь, тхо практике дахача евзира суна Ксюша. Вуьрх1итталг1а шо дара цуьнан цу хенахь. Шен ненан метта цу больнице торгам хьакха еана яра иза. Цкъа гушшехь езаелира суна иза. Ца езалойла а дацара: йоцца хедийна 1аьржа месаш, сийна, бухбоцу х1орд санна, б1аьргаш, елаелча, т1ехь к1аьгнаш х1уьтту беснеш. Ткъа цуьнан эсала аз!.. Х1унда хестайо аса иза, хьуна а ма евзий и…

Больницехь аса Ксюшига кхин а вовшахкхетар дийхира. Иза резахилира….
Дешна а ваьлла со цуьнца ц1авеача, мел г1адъяхана хьийзара нана! «Зуда ялае, суна со елла д1аялале сайн берийн бераш хьеста лаьа бахарх, со тергалъеш а вац Андрюша. Хьо цхьаъ хили-кха къанъеллачу сан дог хьаста, сан Коленька!» – бохуш, сан коьртах дайн куьг хьоькхуш, йоьлура иза, къайлаха, йовлакхан т1ам хьоькхуш, б1аьрхиш д1а а дохуш.

Со г1алара больнице, хирургически отделени балха вахара. Кху дуьненчохь уггаре а ирсе стаг вара со – дукхаеза зуда а, дика болх а болуш, сайн хьоме нана а, ваша а даима деладелла гуш. Кхин х1ун оьшура ирсе хила?!
Б1арзлуш хилла-кх безаман йийсаре вахнарг. Тахана, х1инццалц суна декхна гинчу, сайн дахаран б1аьстенан суьрта т1ехь к1айдаргаш ги суна.

Тергаме хиллехь хьалххе гур дара дан-м, со ц1а веана дукха хан ялале. Балха х1оьттина цхьа бутт баьллачул т1аьхьа, суьйрана ц1а моссаза вог1у, нана г1айг1ане гора суна. Синкъерамах хаьддера иза. Х1ун хилла хьуна, аьлла, хаьттича, схьаолуш х1умма а дацара. Цунна хьой, сан зудий бехке ду бохург-м суна дагахь а дацара. Шена цхьаъ тосаделла дела хилла-кх и пекъар иштта дог доьхна. Юха хьо, зуда а ялийна, иза йолчу квартире д1авахара. Цу деношкахь Ксюша х1ун бахьана долуш синтем байна хьийзара со кхета а ца кхетара. Тхо хьан ловзарга даьхкича-м г1еххьа самукъаделира цуьнан.

Тхойша ц1адог1учу хенахь иза йоьлура: «Иза-м цхьа сира дехкан к1орни ю!» – бохуш. Бакъдерг аьлча, хьоьца йог1уш суна а ца хийтира иза: шуьйра белшаш, лекха дег1, луьста месаш йолу хьой, эг1азчу дег1ехь, эх1-аьлла куц доцуш, даима цхьана х1уманах кхоьруш санна йолу Алений. Хьанна хаьа, суний, Ксюшиний юххера д1авалархьама дина хила а мега ахьа и захало… Ч1ог1а хийцавеллера хьо цу юкъана: хьалха санна самукъане ца декара аз, маларна а ч1ог1а т1евирзинера.
Цу б1аьста д1аелира нана. Кхин ахшо даьлча Алена а елира: ж1аьлин нускалш юкъахь д1аьвшениг нисделлера цунна. Х1инца дагадог1у суна: цу деношкахь Ксюшас сих-сиха телефон еттара шуьга. И Аленин т1аьххьара кхача ахьа кечбина хиллий-те, сан ваша?
Д1аоьхура денош, к1иранаш, беттанаш. И хан, со ц1ахь воцучу сахьташкахь, сан зудчунна юххехь яьккхирий ахь? Х1ун бен ду иза х1инца?! Сан даг чохь, мел тамашийна делахь а, оьг1азло яц, бекхам бан лаам а бац. Цхьа есалла ю-кх, тийна дегабаам а цхьаьна.
Балха т1ехь цхьана к1иранна отпуск яьккхира ас селхана, дечиган керт д1а а яьккхина, юха иза кибарчигех хьалайотта. Хьуо rlo дан вог1ур ву ахь аьллачу хенахь кийча яра хьан со новкъара д1аваккха 1алашо, я иштта, цхьа ц1еххьашха нисбелира и аьтто? Тахана дог1а деара, цундела болх бола ца бира ас. Сарахь къаьркъанан шиша дохьуш хьо веача, г1еххьа цецвелира со: со молуш воций хаьара хьуна.

Омске, ненан ваша волчу хьошалг1а вахча бегаш бора вайн шичоша: «Басурманашна юккъехь 1аш волу хьо, царах д1атарвелла!» – бохуш. Ксюша-м г1адъяхана хьийзара. Цхьа б1е грамм маларх новкъа хир дац аьлла, соьга а малийтира ахь. Б1е грамм а мелира, кхин б1е грамм а. Ксюша дехьа чу яхара, наб йог1у шена аьлла. Цхьажимма 1ийначул т1аьхьа, цигаьрка оза воллу аьлла (ас чохь оза боххушехь), хьо араволучу хенахь сан даг чохь цхьа а шеко ца кхоллаелира. Юха хьо чоьхьавелира, цхьа тама¬шийна вела а къежаш, суна цкъа а ца гинчу тайпана. Цхьа куьг букъа т1ехьа лачкъийна гича, хьоьгахь кхин цхьа шиша къаьркъа ду моьттира суна. «Соьга кхин малалур дац», – ала дагахь вара со, ахь хьайн буйнара х1ума (иза х1ун ю ца къаьстира суна) ласточу хенахь. Масийтта ойла хьаьдира коьрте. Б1аьргех ца тешара. Иза хила йиш яцара! Сан ваша ма вара хьо, сан хьоме Андрюшка! Сан б1аьргаш, хье а эзар суйнах эккхаш санна хийтира суна…

Мел хан яьлла цул т1аьхьа? Хаац. Со, ахь хьайн «Москвич» д1айигинчул т1аьхьа яьсса йисинчу, ас сайн совнаха сал-пал чуерзийначу гараж чохь меттавеара. Арахь 1аьржа ю. Ц1енна т1ехоьттина йина ю xlapa гараж. Лакхахь, тхевна к1елахь жима кор ду. Дуьйшучу чоьнан кор ду иза. Г1ийла серло южу кху чу цу корехула. Со меттавеана цхьа сахьт гергга хан хила мега.

Эккхаболлуш санна лозу корта. Сайн ц1ийх буьзначу коьртах йовлакх а хьоькхуш, меллаша не1арехьа волавелира со. Дог1а тоьхна карийра суна. «Хьераваьлла Андрей! – ойлайора ас. – Кхин хуьлийла а дац». Ц1еххьана коьрте хьаьддачу ойлано вагийра: «Ксюша! Ксюша ма ю ша цхьаъ чохь, Андрей цунна т1е кхачахь, цо юьйр ма ю иза!» Хьала а иккхина, д1асахьаьжира. Сонехь лаьтташ цемантан галеш дара. Уьш кора к1ел схьа а такхийна, масех т1ек1ел а диллина, царна т1евелира со. Со Ксюша самаяккха воллура: иза кхерамах к1елхьараяккха а, сайна орца деха а. Корах чухьаьжира. Чохь цхьа а вацара. Кухни чуьра цхьа аьзнаш хезира суна, пхьег1ийн тата а. Юха… юха Ксюшин лоха елар а, хьан аз а. 1адийча санна лаьттара со. «Керлачу дахарна т1ера!» – Ксюшин аз дара и. «Вайн ирсана т1ера!» – иза хьан аз. Стаканаш вовшахтухуш тата. Цхьана юкъана – тийналла. Юха Ксюшин аз, омраллин эшарца хьоьга цхьаъ дуьйцу цо. «Кхуьур дара иза-м: мича вахарна кхоьру хьо!?» – велало хьо. Охьа а воьссина, цхьана яьшки т1е охьахуу со.

Корта ч1ог1а лозу-кх. Дог а керча. Кху гараж чуьра аравала некъ ца карабо суна. Я кхин лаха а ца лоху аса-м. Араваьлча а, х1ун дан воллу со?! Нанас наггахь Инжил доьшура. Цу т1ера цо дийцина цхьа дийцар дагадог1ий хьуна, Анд¬рей? Каина шен ваша Авель вер дуьйцуш? Хьо воьлура, Инжил – туьйранийн гулам бу бохуш. Нанига, цунна хала ца хетийта, х1умма а ца алахь а, со а воьлура т1аккха къайлаха. Вела оьшуш ца хилла-кх, велха везаш хилла. Массо а ца хилла туьйра: ахь хьайха Каин вина тахана, сох Авель а веш. Суна кху дуьненчохь уггаре а хьоме хетта ши стаг – сан Ксюший, хьо, сан ваший – сан уггаре а луьра ши мостаг1 хили. Хьанна оыпу со? Мила вуьсу суна кху маьлхан дуьненчохь т1аьхьавелха? Доттаг1ий сан бац – шуьшиъ хилча, сайна кхин цхьа стаг ца оьшу моьттура суна. Белхан накъостий? Ма сиха вицлур ву со царна! Кху доккхачу дуьнент1ехь со оьшуш стаг ца хилла-кх. Х1етте а, вала-м ца лаьара суна… Дуьтур вай иза.

Кху чуьра тиша ишкап чохь цхьа кехаташший, къоламмий карийна, xlapa сайн т1аьххьара кехат дуьту ас хьуна, Андрей. Лаахь доьшур ахь, лаахь, ца доьшуш, д1акхуссур. Марша 1ойла хьо!
P.S. Суна тешаме ца хилла Ксюша, хьуна хирий-те?»

Г1еххьа хан яьлла Махьмуд xlapa гена д1аяханчу заманан зуламан тоьшалла дешна ваьлла. Ша цуьнан теш хилча санна, хьалхах1оьттира цуьнан сурт. Ши шо хьалха Махьмуд xlapa ц1а эца веача, шена дуьхьалх1оьттина оьрси дагавеара.
Шовзткъе итт шарал т1ехваьлла, чераш девлла, цкъа а чуьра сингаттам д1а ца болу б1аьрхьажар долуш. Цуьнан зуда. Куц долуш, х1инца а хазалла янза. Гуш дара, воккха стаг цунах озалуш хилар.

Ши сахьт хьалха чай дохда ц1е лато г1ерташ воллура xlapa. Ток а, газ а яцара. Гараж чу а вахана, кхаа-еа кибарчигах цхьа пешан бахьана а дина, ц1е лато г1ерташ xlapa воллуш, шакаран тата хезира х1аваэхь: х1инццалц кху хенахь яккхийчу тоьпийн г1овг1анна юккъехь х1уттуш йолу тийналла сиха чекхъелира тахана. Махьмуд ц1енкъа охьавижира. Латта дега а деш, дуьне иккхича санна, тата делира. Т1ехьара пен чукхийтира. Цхьа хан яьллачу хенахь меттахъхьайра Махьмуд. Цхьанхьа а чов ца йинера. Меллаша хьалаг1аьттира. Зов лаьттара лергаш чохь. Д1асахьаьжира. Ц1еххьана б1аьргаша лаьцначу сурто дег1е зуз даийтира. Кибарчигийн аьхкашна юккъехь, кхуьнгахьа а йирзина 1уьллуш стеган туьта яра, гондахьа – кхин а даь1ахкаш а, яхкаелла бедаран кескаш а. Ша цхьажимма меттавеача, бохийначу пене хьаьжира xlapa, т1евахана. Аьтту arlop, юккъехь ахметар хиллал есалла юьтуш, стомма боьттина бара и. «Кху есаллехь цхьамма къайладаьккхина хилла-кх xlapa дакъа», – кхийтира Махьмуд. Ц1енкъахь цхьа мажделла кехаташ гира. Кехаташ схьаэцна, герзийн г1овг1анаш лаг1ъеллачуьра, уьш деша х1оьттира xlapa.

Хетарехь, Коляс, ша яздина ваьлча, кисана дехкинера уьш. Х1ун чаккхе хилла-теша цу ирчачу суьйренан, х1ун дешнаш аьлла-теша вежарша т1аьххьара вовшашка? Делахь а, х1инца уьш буьйцучохь дацара Махьмудан г1уллакх. «Там бара салташа, шаьш схьакахаьчча, xlapa дакъа та11ийна сан кочадолла, иза вийнарг со а вина, – г1ийла велакъежира Махьмуд. – Лаьттах йохка еза ас xlapa даь1ахкаш», – сацам бира кхо. Бел эцна, керта велира xlapa. 1аржлуш лаьттара. Керт жима яра кхуьнан. Ша шен ваша вийча, иза керта д1аволла, лулахошна гарна кхоьруш, х1оттина хир вац Андрей. Пен боьттина раствор якъаеллачу хенахь 1едале д1ахьедар делла хир ду зудчо: «Ушел из дома и не вернулся», – аьлла. Б1аьргаш, дукха йилхина ц1ийбелла хир бу. Балха т1ехь а, цуьнан отпуск чекхъяллалц, цхьанна а дагавеана а хир вац. Бел гараж хиллачу охьа а йиллина, мачаш т1ера хатт д1а а баьккхина, чоьхьавелира Махьмуд. Т1оьрмиг чу йилла цхьацца х1ума вовшахтоха х1оьттира: тахана г1алара аравала хьажа сацам бинера кхо.
«Собар, собар, – ц1еххьана, цхьаъ дагадеана, сецира Махьмуд, – Ванах, ас ц1енош эцначу оьрсичун ц1е Николай ма яра?!»

Сатоссуш дара Махьмуд, шеца Минуткехь кхетта Анзор ц1е йолчу накъостаца, Шина Суьйран Коьртан юкъана гергга кхаьчначу хенахь. Кхин цхьа а хьовзам боцуш г1алара аравала аьтто хилира кху шиннан. Г1ала йогуш яра, дог1а санна т1е1енаш даш дара. Сих-сиха ша тахана дешна кехат дагадог1ура Махьмудна. Мел къиза ду адам! Ца 1ебаш отуш ю г1ала, х1аллакдеш адамаш… Д1а ойла йича, кхин тамашаш бан х1ума а дац xlapa-м. Х1окху махка а баьхкина, кхузахь деха адамаш, б1аьрнег1ар ца тухуш, х1аллакдечарна, къематде х1оттийначарна юкъахь зуда бахьнехь нанас дена вина ваша вийначу Николайн «к1ентий» дуккха а бара…
Герзан г1овг1а т1ехьа йисира. Кестта кхин а нах кхийтира кхарах, кху т1амах бевдда боьлху…

Вайнах, №8, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх