04.06.2015

Мусаев Сулиман. Iахарий. Дийцар.

Нальчик. Август беттан довха де. «Ламанан шовда» ц1е йолу санатори. Барх1уза т1ек1ел йиначу г1ишлона хьалха г1анта т1ехь 1а со. Г1ишлона хьалхара майда берех юьзна ю. Ворх1-барх1анера пхийтта шаре кхаччалца хан йолчу берех. Бераш нохчийн ду, аьхкенан мукъачу ханна 1едало кхуза сада1а дахкитина. Ткъе диъ денна. Делкъана х1ума йиъначул т1аьхьа хуьлуш долу «тийна сахьт» д1адаьлла. Церан самукъане зевне аьзнаш дека аре мел ю. Тобанашка декъаделла, тайп-тайпана ловзараш деш ду бераш – цхьадерш т1аьхьауьдарех ловзу, вуьш – выбивалкех, скакалкех, классикех. Буьркаха ловзуш маситта тоба ю. Баккхийберш дехьа, волейболан майдана т1ехь ловзу. Диттийн 1индаг1ехь лаьттачу г1енташ т1ехь а 1а, киншкаш йоьшуш, шахматех ловзуш, я д1о уьдуш лела берашка хьоьжуш. Уьш дукхахаберш кхиорхой бу, бераш далош, царна 1уналла дан баьхкина болу. Нохчийчоьнан маь1-маь11ерачу ярташкара. Айса болх беш йолчу ишколера пхийта дешархо валош веана ву со. Х1инца уьш тергал беш, сайгарчу «Фантин» шишанчуьра наггахьа къурд беш хиъна 1а.

Йоккха къорза буьрк йужу санкера. Ша-шай хьалхоха т1екхача г1ерташ кхо йо1 ю едда йог1уш.
– Хьалаца! – буьрк ираха кхуссу аса.
Цхьамма буьрк хьалоций, доьлуш шайн ловзар д1ахьо бераш.
Ма доккха х1ума ца оьшу, вай массо амаь11ехь «дахаран зезагаш» бохуш кхайкхош долучу цу берийн самукъадаккха! Кеста ца гинчу тайпана декхаделла, деладелла го суна кхузахь оха даьккхинчу кху иттех дийнахьа сайцара дешархой. Церан самукъадолу цхьана а тайпана герзийн г1овг1анаш ца хезачу, т1еман техника ца гучу дуьненах. Шаьш х1уманах кхеттал хилчхьана т1емаца доьзна доцу х1ума ца гина болчу царна шаьш туьйране кхаьчна моьтту.

Х1ора сарахь дискотека хуьлу тхан санаторехь. Бакъду, хьалхарчу корпусан майдане х1уттушъерг, дукха ях ца луш, нохчий хелхарийн суьйране йоьрзу. Шолг1ачу корпуса чохь дукхаха долу бераш Г1ебартойн-Балкхаройчуьра ду, цигахьа буьйсанна итт даллалца дискотека хуьлу. Нохчийн хелхаран эшарша т1ебахкийна болчу кхечу санаторешкара г1ебартоша, г1азкхаша а дакъалоцу тхан синкъерамехь.
– Шу мичара ду? – хоьтту соьга цхьана къеначу метишкано, хелхадолу йо1, к1антий тергала а деш.
– Нохчийчуьра жоп ло ас.

– Хьажахьа, ма х1айтъаьллий, хазий ду шун бераш! – тамаша бо цо.
Хьалхара—Мартант1ерий, Гуьмсерий спортивни школийн декъашхой а бара тхоьца. Цара хьуьнарш гойтучу деношкахь-м ерриге а майда юьзна хуьлура хьовсархоша.
Цхьана дийнахьа араваьллачу суна дуккха а бераш гира, т1ехь цхьатерра таь1на-баьццарчу басахь футболкаш йолуш. К1айн элпашца футболкаш т1ехь динчу йозано хоуьйтура, уьш берийн юхаметтах1отторан юкъараллера хилар. Цу юкъараллин ц1е яра хаза, цхьа йог1уш – «Ягненок». Да а дара уьш б1аьста бай т1е даьхна 1ахарий сана самукъадаьлла, кхиссалуш хьийзаш.
Цхьа к1ант хиира суна юххе, цу керла т1едаьхкинчу берех вара иза.
– Хьан ц1е х1ун ю? – хаьттира аса.
– Мансур, – велакъежира к1ант.

– Хаза хетий хьуна кхузахь?
– Дера хетта. Тхо кхуза дахкале кхеча лагерехь дара. Цигахь бераш к1езга дара.
– Мичара ду шу?
– Гикалора берийн ц1ийнара ду.
– Мансур, хьаволахьа, буьркахьа ловзу вай,–т1евеара цунна накъост.
– Х1ара сан доттаг1а ву, Нурди ю кхуьнан ц1е,– элира Мансура, шаьшшиъ д1авахале.
Буьйцург нохчийн мотт белахь а, вайнехан берех тера вацара Нурди – дуьткъа б1аьргаш, стаммий балдаш долуш вара иза, г1алмакхойх я китайцех тера а волуш.
Суьйрана волейболах ловзуш цу берийн воспитатель нисъелира суна юххехь. Амнат яра цуьнан ц1е, ткъе пхиъ- ткъе ялх шо хир долуш йо1 яра иза.
– Бобераш ду уьш, – дийцира Амната. – Исс баттахь Нохчийчохь 1а уьш, Гикалора берийн ц1ахь. Цигахь ишколе а оьху. Ткъа аьхкенан кхаа баттахьа лагершкахула леладо.

Ловзар сихаче а даьлла хедира тхан къамел. Аьтту куьг тоьхна аса сеткел дехьаяьккхина йолу буьрк, вукхара хьакхоьссина, генна тхуна т1ехьа охьаюьжира.
– Буьрк хьакхоссахьа, Никита! – цхьана «1ахаре» кхайкхира Амнат. Буьрк яхьаш веана к1ант вевзира сунна: 1уьйранна Мансурица хилларг вара иза. Мансура–м Нурди элира цунах.
Дукха хье ца луш, ловзар чекхдаьлла,рог1ехь лаьтташ йолу шина тобана йитира оха майда
– Цу к1антах Никита х1унда элира ахь? – хаьттира аса Амнате, тхаьш г1ента т1е охьахевшича.
– Бераша-м Нурди ма йоккху цуьнан ц1е.
– Йицлой йоккху аса наггахьа. Дас-нанас тиллина ц1е ю цуьнан ишта,–г1ийла жоп делира вукхуо.

– Нохчо вац иза.
– Ахь баккъала бах?! – цецвелира со.
– Ткъа нохчийн моттма ц1ена буьйцу цуо?
– Дезткъе ткъесналг1ачу шеран 1ай, вайн г1алин кемаша чуеттачу хенахь корейн къомаха долчу стагий, зудчой микрорайонехь цхьана ларми чу валийна иза. Пхи шо хилла цуьнан. Шаьш, цхана г1улкхе дахана, сиха юхадог1ур дара, к1анте хьажахьара, аьлла, иза нохчийн зудчуьнга а витита арадаьлла и шиъ.Кхин юха а ца деана, я царех х1ун хилла хууша дац. Цхьа к1ира даьллачул т1аьхьаша д1айоьдуш цу зудчо д1авигна и к1ант шеца, шарахь сов ше берашца лела а вина.
– Т1аккха?

– Юха Гикалохь берийн ц1а хьадиллина аьлла шена хезча цига валийна ц1ийнда т1ера д1а ваьлла хала йоллуш ю и зуда. Шен аьтто баьлча цунна т1аьхьа а йог1у иза х1инца а, кху к1анте х1ун хьал ду хьажа, –дийцира йо1а.
– Ша нохчо воций хаий цунна? – жимчу к1антаха ч1ог1а къа хийтира суна.
– Жима ма ву иза, Сулиман, цу х1уман ойла ян. Оха Нурди аьлла ц1е хийцина цуьнан. Берашна совг1аташ дахьаш веана волу 1америкахочо а , дехьа лагерехь администратор йолу балкхаройн зудчо а – маситтамо а вехна тхоьга и к1ант, шайна луо бохуш.Оха ца велира, кхано гергарчарех цхьаъ гучувалахь оха цаьрга х1ун эра ду, аьлла. Цунна а ца лаьа вайн берех къаста, д1аийна иза царах. Къаьсттина уьйр ю цуьнан Мансур ц1е йолчу к1антаца.

– Вевза суна, –элира аса.
– Цхьа пекъара ву-кх иза а. Ше дений, йишиний ч1ог1а сагатдо.
– Да дийна ву Мансури? Ткъа берийн ц1а х1унда вела цуо ше к1ант?
– Заь1ап ву цуьнан да. Снарядан чов йина, кхо шо а ду иза меттахь волу, паралич хилла цхьа аг1о д1а а лаьцна. Зуда йийна, йоккхаха йолчу йо1а лелавеш вуша а. Ц1ахь долчу хенахь к1ира, ши к1ира даккха ц1а а вуьгу цара Мансур.
Гергарло тесира аса цу шина к1антаца. Сих–сихасайца лареке вуьгура, уьш мукъа хилча сайн берашца парке атракционашка вуьгура, 1ам т1е лийча а.
– Ваша, т1ом х1унда бо наха? – хоьттура цара соьга.
– Ахчаной, рицкъаной букъбина, хьекъал артделлачу наха болабо–кх иза,Мансур,-олура ас.

–Ткъа и нах совца х1унда ца бо вукхара?
– Цара цхьацца хаза къамелаш деш вуьш 1ехабо-кх, Нурди, – дуьхьала вист хуьлу со, «шун хаттаршна кхоччуш жоп дала стаг вуй-те кху дуьненахь?», – олуш сайн дагахь.
–Лаца а лаьцна, буржулаш тоьхна чубохка безара хьуна уьш, безарий, Ваша?
– Дера безара.
– Аса суо воккха хилча-м бухкур бу хьуна уьш чу!
– Д1авалахь д1а, Мансур, – куьг ластада Нурдис. – Цара шаьш лоьцуьйтур буй хьоьга?
– Со ницкъ болуш хир ма ву, вуй, Ваша, воккха хилча?

– Хьан ницкъ хиларх, цара шайна ахчанах дуккха а автаматош, пулеметаш оьцур ю-кх. Кеманаш а танкаш а,– доттаг1чо дуьйцург аьттехьа а ца дуьту Нурдис.
– Т1ом баккха луучеран ницкъ эшо хьекъал деза,–юкъахвоккху аса ши к1ант – хьан а, хьан а, массеран а. Ткъа хьекъал хилийта дика деша деза. Ишколехь дика дешалаш шиммо а. Т1аккха хир бу шун ницкъ.
Т1екхечира тхан ц1а дахка деза де. Г1ийла вара сан къона ши доттаг1а. Воьллера и шиъ сох. Тхаьш т1аьххьара цхьанакхетча сайн дисина ахча декъна цу шинге кховдийра ас
– Ца оьшу,– юхаг1ертара ши к1ант.

– Д1аэца, – аьлла. Церан кисанашка та1ийра аса ахча, амма церан г1иллакх тайра сунна.
– Ваша, – элира, сунна маракхеташ, Нурдис.– Хьо сан да велахь ма дика хир дара!
Цу дешнаша дог 1овжийра.
Дешархойх юьзна автобусаш Нохчийчоьнан дозане мел таь1а а алсама юьйлура некъ т1ехь т1еман техника. Кеста посташ а гучуевлира.
Сан догчуьра ца волура ши к1ант.
Мел дукха ду-кх вайн Нохчийчохь байлахь дисина бераш, и 1ахарий, т1еман алуно чехийна, дегнаш дуохийна, кхолламаш мерцина. Мел дукха ду-кх…

Доьхна де

Дийцар

Аьхкенан де къегина деана. Сийсара сахиллалца дог1а ихнехь а, латта делкъа хан хилале дакъийна бовхачу малхо, цхьаццанхьа дисина долу кегий 1аьмнаш ца лерича.
Баьццара басара хьаькхна, юкъ-юккъе басар д1адаьллачу метте,мекха хьоькхнаш х1иттина долу эчиган ков доккха диллина ду. Уьйт1е ма-веллина аьрру аг1ор долчу раг1у к1елахь, буха гуьйригаш а х1иттийна, т1е истангаш тесина дехкинчу аннаш т1ехь 1а масех воккха стаг, цаьрца цхьана ша х1усамда Сайпи а. Дехьа лаьттачу ц1ен кибарчигах динчу жимчу ц1ачуьра зударийн белхар хеза.
− Нах бог1а! − схьах1утту г1аж карахь кет1ахь лаьтташ волу Сайпин шичин жиммаха волу к1ант.

− Ассаламу 1алайкум! До1а дехьа, 1усман, − кадам д1аоьцуш болчу нахана юкъахь 1аш волчу Сайпин девешин к1анте вистхуьлу т1ебаьхкинчарах воккхаха верг.
− Ахьа дехьа, Янарс! −Янарс куьпан туркх ву.
− Х1ан-х1а, до1а де ахь, 1усман!
Массара а до1а дан куьйгаш хьалалоцу.
− Амин! Амин! − хеза.
− Патихьат!

До1а дина бевлча, куьйгаш юьхьт1е хьала а хьокхий:
− Дала гечдойла цунна, Дала декъала войла иза, шуна Дала иманца собар лойла, − кадам бо. − Х1ун дийр ду ткъа, Делан 1ожалла ю-кх лелаш, Делан 1ожалла. Вайн карахь х1ума дац-кх иза.
− Дела реза хуьлда шуна. Вайга хоьттуш х1уманаш дац-кх уьш. Делан кхелана реза хила деза-кх вай.
Бакхий нах охьаховшу. Кегийрхой лаьтта.
− Хьенех! − наггахьа цхьаццанга вистхуьлу 1усман я Сайпи. − Шу х1инца парг1ата дуьтур ду оха. Д1адаха деза шу. Дала зерат къобал дойла шун.
Цхьаберш совцу, дукхаха берш д1абоьлху, хье ца луш: масех тезет ду юьртахь, цига а кхача деза церан.

− Муха нисделла х1ара, ва Сайпи? − хотту дукха хан йоццуш кхуза кхаьчначу зоьртала дег1ехь волчу къонахчо. − Тахана Назранера ц1авог1уш наха автобуса чохь дуьйцуш хезчий бен суна хиъна а дац х1ара. Со ц1ахь воцу цхьа к1ира хан а яра.
− Цхьа стараг1ий, шинарий дара вайн. Царна докъар 1алашдан г1ерташ ши-кхо де дара х1ара к1ант д1ога ферма хиллаче мангал хьакха оьхуш. Аса-м ала а аьллера цуьнга, ма эхахьа цига, стохка салтий лаьттина йолу и меттиг тешаме ца хета суна, йол оьцур ю вай, аьлла. Вахитахь ша, дийхи-кх, дика буц яьлла цигахь кхушара, аьлла. Мангал хьакха меттиг къен хиларна со а д1а къар велла,1адда 1ий. Стомара цига ваханчохь цхьа «растяжка» олучу х1уманах мангала а тасабелла, лазийна аьлла, цуьнца хиллачу к1ентан да кхечи. Больнице вигнера иза 1усмана, хан кхачарна, цига д1акхоччушехь д1авели-кх, − меллаша дуьйцу Сайпис.

Хьаьвда тодеш воллура Сайпи, уьйт1ахь цхьаъ кхайкхича. Иза кхойкхуш хеззашехь, аьрру куьйган хьажо п1елгах ж1ов тоьхна, ц1иш д1атуьйхира Сайпис. Юха, п1елгах йовлакх а хьарчийна, аравелира. Ахьмад хиллера веанарг, кхуьнан к1антаца, Асланаца, мангала вахана волчу Юнусан да. Салам а делла, Ахьмада элира:
− Сайпи, хьо воха ма вохалахь, хилларг доккха х1ума дац хьуна. Аслан, мина а иккхина, ши ност лазийна больнице вигна. Вайн чуьра к1ант веанера схьаала, х1инца 1усманаца иза больнице д1а а хьажийна вог1у со…
Кхин д1а цо дуьйцург хезаш вацара Сайпи. Шен кийрара дог коьрте хьала а даьлла «дап-диппанехь» детталуш ду моттаделира цунна. Дег1 марсаца хьаькхна г1одам санна малделлера.

«Воха-Мегар-Дац! Воха-Мегар-Дац!» − детталора дог. Х1унда делахь а, шен к1ант кхин дийна гур воцийла хиира Сайпина.
Цхьана юкъанна кхетаман долара даьлла долчу дег1ана, ша кхузткъа шарахь гергга г1иллакхех, оьздангаллех ца дохуьйтуш лелорна, ницкъ кхечира и беза мохь лан.
− Т1екхаьчнарг лан дезаш, Делан лай ду-кх вай, − шен аз хезира кхунна. − Чоьхьа вала, цхьацца чайн стака мала вай, − т1етуьйхира юха.
− Х1ан-х1а, Сайпи, суна вайшиъ больнице т1аьхьавахча бакъахьа хета: и к1ант сихха цига д1акхачорхьама 1усман д1авахитира аса, суо хьоьца т1аьхьавог1у, аьлла.
− Делахь х1ета, сайн т1ера бедар хийца аса, − чувахара Сайпи. Амма ши лулахо новкъа валанза вара, 1усман кхуьнан к1ентан дакъа а дахьаш ц1акхаьчначу хенахь.

Х1инца а, и селханлера де дага деъча ойла йо Сайпис: «Я Аллахь-дела, хастам бу-кх хьуна, суна иман а, собар а делла, юьхь1аьржа х1уттура-кх со маь1аргонна».
Ши йо1, цхьа к1антий дара Сайпин, пхийта шо хьалха зуда а елла вуьсуш. Гергара наха зуда ялае боххушехь, ца ялаеш къанвеллера иза, берашца десте вон хиларна кхоьруш. Ши йо1 х1инца марехь яра. Шен дерриге а дахар, са к1антана чу диллина 1аш вара Сайпи. Ткъа тахана… Тахана д1адели-кх дерриге а. Ц1ийна г1ортор а д1аели, х1у а хеди. Хеди-те.

Керта велира Сайпи. Яй чу жижиг тосуш бохкура кегийрхой. Лулахой а, Асланан накъостий а. Сайпи ца гора царна. Лохха деш къамелаш хеза, наггахьа дай белар а эккха. Ладуг1у Сайпис. Х1ан-х1а, кхуьнан к1ант вац вуьйцуш. Олхазаран к1ант ву ша стохка Казахстане вахана волуш лелийнарш дуьйцуш. 1овжадо Сайпин дог. Ма тамашийна х1ума ду-кх, нехан керта тезета баьхкинчу наха дуьйцу цхьадолу, иштачу меттехь ца дийцича а х1ума доцу, хабарш. Ма ч1ог1а новкъа довлу кхунна уьш, дагах мехий дохуш санна. Кадам бина бевлла цхьа к1езиг хан яьлча, ахьа д1а ладоьг1ча, велларг воцург кху дуьнент1е мел долу х1ума хуьлу-кх хьуна дуьйцург: сийсара телевизор чохь дина къамел а, юьртдас аьлларг а, посташкахь салташа дийцинарг а, т1етоьхна долу пенси а, 1амеркан паччахьо аьлларг а, Японехь мохкбегор а…
Наггахьа моллас я баккхийчех цхьамма:

− Х1ей нах, х1инца къулханаш а дешна вайн бусулба вешина мел кхайкхор бу вай, − олу.
Т1аккха цхьана юкъанна тийналла х1утту. Мел кхайкхина бевллачул т1аьхьа юха а шайн къамелаш д1адоладо.
Цхьа ткъа шо хьалха тезет даьлча дийнна куьпера нах нисса баттахь телевизор я магнитофон ца латош 1ара-кх хьуна. Тезетахь дуьненан къамелаш а к1езиг ма хуьлура. Ткъа х1инца…
Нахана бехк буьллийла дацара да-м. Ч1аг1делла-кх х1окху т1аьхьарчу шерашкахь нехан дегнаш. Масийтта шарахь махкахь лаьттачу тезетах д1абоьлла-кх.
Х1етте а и цхьадолу сов къамелаш ца дича а х1ума-м дацара. Я кхунна ишта хета теша иза? Арарчу тезеташкахь х1ара ша а ма хуьлура нехан хабаршка дог а дог1уш ладоьг1уш. Х1инца кхуьнан йоллу дог-ойла хилла хир ю-кх хьуна цу тезетийн дайшкахь а.

Мацах цкъа, Советан 1едал т1едог1учу шерашкахь, деникинхошца хиллачу цхьана т1амера ц1абоьрзуш хилла бах луларчу юьртана г1оьнна бахана болу нах. Ехха т1ийриг йина говр-ворданаш хилла юьрта чуйог1уш, т1ехь т1амехь эгначийн декъий а, лазийнарш а болуш. Цхьа къена стаг хилла кет1е а ваьлла, 1асана т1е а вазвелла, лаьтташ, т1аме вахана к1ант ц1аваре хьоьжуш. Дакъа т1ехь долу ворда кхечу ураме чуйирзича я нехан кет1ахь сецча воккхачу стага ша-шега олуш хилла: «Иза а соьга лалур ду»,− олий. Т1аьххье а, цхьа ворда шен кет1ехь сецча: «Х1ара нахе а лалур ду»,− элира бах пекъаро. Иштта, шег-шега кхаьчнарг халоха а, дезоха а хеташ ду-кх х1ара, х1ун дийра ду ткъа? Массо а х1ума цхьатерра лан дезаш делахь нехан дегнаш тоххарехь лилхина хир дара.

− Ваша, хьоьга Бикату кхойкху, − элира т1евеанчу кхуьнан шичин к1анта.
Эвла йистехь ша цхьаъ 1аш йоккха стага яра Бикату. Шен веллачу к1ентан ши к1ант кхиинера цо. Жимаха верг, Ислам, Асланаца ишколехь цхьана дешна вара. Т1ом баьллачу шолг1ачу 1ай г1алит1е институте сесси д1аяла вахана волу, шен воккхаха волу ваша ц1а ван хьевелча, цунна т1аьхьа вахана Ислам а т1епаза вайнера. Тахана а царех х1ума хууш дацара цхьанне а.
Уьйт1а велира Сайпи. Букара а яхана, 1асана т1е язъелла лаьттачу йоккхачу стагана т1евахана, мара кхийтира иза.

− Дала гечдойла Асланна, − аьлла, кхин дош ца алалуш елха йолаелира Бикату.
− Хьо х1унда еана, ва Бикату? Цхьамма а бехк буьллур ма бацара хьуна. Хьан могашаллица хала некъ ма бу ахьа бинарг,− легашка шед х1оьттира Сайпин.
− Суна… сайн ма-хетара Аслан а… Иза а… Кани а (иштта олура цо Исламах)… Бен ма вацара… суна. И ши к1ант… д1авайнчул т1аьхьа а… кест-кестта со йолче ма вог1ура иза. Сан г1уллакхе хьожура… дечиг доккхура… цкъа молханаш яхьаш веънера… − «ах1и» аьлла охьайилхира йоккха стаг.
− Ма елха, Бикату. Делан лааманна реза хила деза вай, − са малделла когаш т1ехь ца латталуш йолу йоккха стаг зударий болчу чу а йигна, шена хилла хорам къайлабахьа, юха а сихха керта велира Сайпи.

«Миска-я1, миска, − ойла йора цо. − Шега доцучу денца цу дуьнент1ера суна гуча еана-кх. Кху шина шарахь сов, цхьа а лар йоцуш, я д1адолла декъий а, я ву аьлла меттиг а йоцуш вайна ши к1ант лан ма халахир ду-кх цунна! Сачунна-м т1еваха барза а бара».
Малхбуза ламазан хан герга г1ерташ яра. Кадаме оьхучу нехан тобанаш алсама йуьйлура. Х1ора а Сайпина т1е вог1ий, х1ара къовллий мара а вуллий, вистхуьлура. Гергара нах, юьртахой, Асланан накъостий…

Вайнах №3-4, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх