Мусаев Сулиман. Г1арол

Мусаев СулиманДийцар

Ногъетташ, сихделла дог1учу Органна юххехула хьалабоьдучу ламанан готтачу новкъахула хьалаг1ертара «УАЗик». Арахь тов елахь а, кораха чуоьхучу тайначу, ц1еначу х1авао иза цахаайолуьйтура некъахошна.
– 1алелай, ма хаза ду кхузахь! Со дуьххьара хуьлуш ю ламчохь, – шен самукъадалар лечкъа ца до т1ехьа хиъна 1ачу Розас. – Вайн махкахь иштта хаза меттигаш юйла ца хиъна-кх суна!
– Мел хаза делахь а, дика ду-кх сан кхузахь 1ен ца дезаш, – ца ешаш балда саттадо цунна юххехь йолчу Таисас.
– Х1унда боху ахь?
– Д1аяла, айхьа х1ун дуьйцу хаьий хьуна? – шен иштта а боккха болу ши б1арг къарзбира вукхо. – Дахар ма дац кхузахь дерг, бала ма бу! Газ яц, чохь хи дац, цу т1е и бежнашший, уьстаг1ий… Я д1а араваьлча ларт1а вистхила стаг а вац.
– И 1овдала ламарой боцург бохий ахь! – резахилла велакъежира машенан да Эдалгири.
– Х1ааний! Вайн ц1ахь а к1ордийнера суна и колхозникаш! Доккха х1ума а ду иза-м, ма ч1ог1а баьржина-кх уьш г1алахь кху т1аьхьарчу шерашкахь! Д1а хьаьж-хьаьжначахь бу-кх. Къаьсташ а хуьлу хьуна, мичча тобана юкъахь а.

– Эцца шайн мацалла ца бала охьа г1ертара уьш-м! – элира шина йо1аца т1ехьа 1аш волчу Руслана.
– Шайн кхузахь бан болх боцу дела охьа оьхий уьш г1ала-м, – г1о даьккхира ламарошка Розас.
– Хьайн даккхий куьйгаш долу Пахрудди виц ца велла хьуна х1инца а? – 1оттар ца йича 1ен ца елира Таиса.
– Йитахьа, Таиса, и хьайн 1овдала забарш! Цу т1е, и Пахрудди сан а вац, – деро йистхилира важа.
– Вац дера, х1инца-м.
Накъостий бийлабелира. Роза корехьа йирзира. Стохка аьхка цхьа Пахрудди ц1е йолу жима стаг вара Розина т1ехьийзаш. Ламчуьра вара иза, г1алахь техникумехь доьшуш. Кхаа баттахь гергга-м дера лийлира иза кхуьнца захало дуьйцуш, юха, цхьана сарахь, веъна схьакхечира, кхунна баркалла ала, шена шен дас ша ц1ахь а воцуш зуда ялийна, аьлла. Х1ара дуьххьара ца тийшира. Т1ехьийзачу йо1анна баркалла ала вог1у ша зуда ялийча?! Иза иштта нохчийн шира г1иллакх дуй ца хаьара кхунна. Юха оьг1аза яхара, к1ант ша лееш лелла аьлла. «Хьайн дена ала, ц1а а г1ой, баркалла, суна а ца бохуш!» – аьлла, сихха д1аяхара, цунна шен б1аьрхиш ца гайта.

Иза вара х1инца Таисас кхунна т1ехветтарг. Мел оьзда к1ант вара иза! Оцу кхаа баттачохь х1ора денна бохург санна х1ара йолче ша оьхуш, цкъа а шегара осала дош ца далийтира, цхьаболчара санна – шен накъосташна т1ехула б1арг кхарстийра Розас.
– Мухха делахь а, аьхка наггахьа сада1а ван ч1ог1а дика меттиг ю-кх х1ара, – ц1елаторгаца сигаьрка латийра Руслана.
– Цхьаъ соьга а лохьа, – куьг кховдийра машенан дас.
– Хьаша-да ч1ог1а дика т1елоцу ламароша, – элира Руслана.
– Х1аъ, лоцу те, – къежира Эдалгири. – Цхьа атаг1о вахана ламчу. Шен г1уллакх чекх а даьккхина охьавог1уш цхьана к1отар кхаьчна. 1аржлуш хилла арахь, цхьанхьа чувахана, буьйса яккха еза-кх ша аьлла, ша т1ехволуш хиллачу жимчу к1отарахь шина-кхаа х1усамана не1аре х1оьттина х1ара, чуьвуьтур варий аша ша аьлла. «Меттиг яц, тхо тхаьш а готта дохку», – бохуш, чувитина ца хилла-кх вайн доттаг1а. Дарвелла охьавог1учу кхунна, шайн кет1ахь хиъна 1аш цхьа воккха стаг гина. «Я Аллах1-Дела, Хьо веза тху-уна…», – бохуш, узам а беш 1аш хилла иза. Кху юьртара нахана ша чу ца витарна оьг1аза вахана вог1уш волчу кхуо элира боху: «Валлах1и, везар вацара шуна Иза, шайга буьйса яккха веанехь-м!» – аьлла.
Бийлабелира машен чохь берш.

– Бекхан, хьо ма ойланашка вахана? – шена юххехь 1ачуьнгахьа вирзира Эдалгири. – Вистхуьлуш а ма вац хьо.
– Ч1ог1а-м 1а х1ара, олла а велла, вир дайна Бунхо санна, – «пухх1» аьлла, багара к1ур д1ахийцира Руслана.
– Х1ун дуьйцур ду ас? – жоп делира вукхо.
– Тахана вайца Зарема ца нисъелла, йиш йоьхна ву иза, – элира Эдалгирис, хьалхара коран т1ехула тоьхначу куьзганчухула Руслане б1аьрг а та1ош.
– Делдахьа, аса ч1ог1а-м бехира цуьнга… Нана могуш яц шен, цунна юххехь 1ен стаг вац аьлла, ца еи-кх, – бехказа юьйлуш санна дийкира Таисин аз.
– Шек д1а ма шека хьо, Бек! Вай кестта вовшах тухур ду хьуна шуьшиъ-м! – шен накъостан белш т1е куьг туьйхира Эдалгирис.
– Цунна-м цхьаъ дийр дара вай, цкъа вай доьлхуче д1акхечи делар. Вулавелла-кх со кху чохь, – ши куьг коьрта т1ехьа а лаьцна, озавелира Бекхан.
– Кестта д1акхочур ду. Цхьа меттиг ю суна кхузахь евзаш, гена доццуш охьадог1уш сирла хи а, гобаьккхина ирахъихначу дитташна юккъехь лилула-сийна бай баьлла хоти а долуш, мохь тоьхча хаза адам а доцуш – цхьа ялсамани ю-кх.
– Акхарой хуьлий цигахь? – хаьттира Розас.
– Акхарой-м кхераме яцара вайна! Вай яц цхьа берзлой, дерриге дуьне ваьшха кхера а дина 1аш?! – элира Руслана.
– Мел хаза меттиг ю вай доьлхург, кестта гур ю шуна, – дуьйцура кхин д1а а Эдалгирис, шаьш доьлху меттиг хестош. – Стохка цхьана накъостаца нисвелла со цига.
– «Накъостаца!» – ца ешаш балда саттийра Таисас. – Жероца, алахьа. Вевзара вайна хьо Дон-Жуан-м!
Дечиган т1айх Органал дехьа а яьлла, цхьа дукха хенахь дуьйнна тесначу, гарехь наггахьа бен машен ца лелачу новкъа елира «УАЗик». Некъ кхин т1е а готтабелира, дуьхь-дуьхьала ши машен кхетча, цхьаьннан генна юха яхан дезара дара, важа т1ехъялийта. Цхьана аг1ор 1ин дара, чухула сихделла дог1уш жима хи – Орган га – а долуш, вукха аг1ор – некъана т1еолладелла тархеш а. Машенан сихалла лаг1йира шофера, некъ кхераме бара.

– Х1ара некъ бевзаш ма ялийра аса тахана тхайн ден «УАЗик», «девятка» ц1ахь йитина. Иза кхузахула яха а лур яцара. Х1ара-м цхьа джип яй, советски джип, миччахула чекхъер йолуш!
– Делдахь, дог1а дан там бара вайна, – корах арахьаьжна, сингаттаме элира Бекхана.
Стиглан малхбузехь хаалуш 1аьржа дог1анан мархаш яра. Генахь-м яра уьш.
– Дог1а хир дацара царех-м, – дайн куьг ластийра Руслана. – Цу сохьта, махо ядийна, хилла меттиг а боцуш д1аса яьржар ю. Некъ бах-м белла вайн, цхьа шиша пиво яхийтинехь х1ун дара-те? – г1ента т1ехьа лаьттачу т1оьрмиган чукхоьвдира иза.
Мацца а цкъа д1акхечира некъахой. Машен басех чуерзийна бай т1ехь сацийра. Цуьнан моторо ен г1овг1а сецча цхьана юкъанна тийналла х1оьттира.
– Та-а-ак, схьакхечи-кх вай! Охьадиссал, к1ентийн колл, мехкарийн тоба! – элира Эдалгирис.
Наь1арш схьайиллина, охьабиссира сада1а баьхкинарш. Хотехь йоккха г1овг1а елира.
– Охх1ай! Хьо ни1мат я1! – ц1ена, бецийн, зезагийн хьожанах дуьзна, х1аваъ чууьйзира Эдалгирис. – Муха хета шуна? – шен накъосташкахьа вирзира иза.
– Хьо исбаьхьа 1алам! Со хьан йийсар ю-кх! – шен 1аьржа месаш д1аса лестош, хелхаран кепехь хьаьвзира Роза.
– Д1огарчу хичохь бакъ ч1ара-м хир бара. М1ара беъний вай? – Эдалгиригахьа вирзира Руслан.

– Дера ца беъна. Хьажахьа, иза схьаэца вицвели-кх со, – жоп делира вукхуо. – Эшахь эцца т1ехьа 1уьллуш автомат-м ю вайн машен чохь.
– Х1уммаъ дацара иза-м, м1ара ца хилча а. Вайгахь шортта жижиг ду, герз а хьашт хир моьттуш вац со, – элира Бекхана.
Бай т1е шаршу а тесна, дечиг гулдеш, хи дахьаш, машен чуьра т1оьрмигаш схьаэцна, царна чуьра жижиг, бепиг, хасстоьмаш, шишанаш, пхьег1аш шаршу т1е охьайохкуш д1аболийра сада1а баьхкинчара шайн болх. Бекхана ц1е латийра, Руслан шампураш т1е жижиг дуьллуш валлара. Эдалгирис къаьркъан шишан т1ера т1ус баьккхира:
– Болх каде бахийта, цхьацца б1е грамм д1аяккха вай, – олуш.
Бекхана а, Руслана а шайга схьакховдийна стаканаш сихха дассийра. Шолг1ачуо-м т1е х1ума а ца кхоллуш д1амелира иза, хи санна. Мехкарша а бассабира цхьацца кад, Розас: «Х1ан-х1а, аса ца молу», – олуш, кеп а х1оттош, Эдалгирис: «Ялал сихха, дукха сетта а ца сетташ!» – шега аллалца.
– Ох1-х1ай, ма къаьхьа а ду иза! –ч1инч1ашка яханчу бете а хьош, куьг ластийра Розас.
– Шен ворх1е да хьакийца валлийла, х1ара моз хеташ муьйлучунна! – аьлла, наьрс туьхала а 1оьттина, «къарраштехь» кхаьллира Эдалгирис.
Дукха хан ялалий, схьаетталучу акхачу зезагийн, бецийн хьожаца ийра яттаяла гергаяханчу шашлыкан хьожа. Яхана Таисас машен чуьра магнитофон латийра. Цхьа тайна мукъамаш баьржира ламанан ч1ожахь. Кеста шампураш яхьаш схьавеара Русланний, Бекханний. Накъостий шуьне хевшира. Къаьркъанан шишанаш дасса мел дели а, аьзнаш ч1аг1лора, къамелаш шарлора сакъера баьхкинчеран.

– Эдик, – яссаелла шампур охьа а юьллуш, вистхилира Руслан. – Эцца ГАИхь суна цхьа белхан меттиг йоккхур ю аьлла дийцина цхьа х1ума ма дара вайшиннан. Х1ун хилира цунах?
– Делдахь, хьо вицвелла-м ца 1ийна хьуна со. Вайн цхьан министарс шен гергара стаг ваийтина, цуо д1алеци-кх аса хьуна хьежийна йолу и ваканси, – г1еххьа бехкала вахара Эдалгири.
– Дависа-кх, цу министран а, цига ца х1оттийча, кхин меттиг ца хилла-те цунна и шен гергара стаг х1оттаван?! – доккха садаьккхира Руслана.
– Со ч1ог1а-м хьаьжира хьан г1уллакх хьалхадаккха, аьтто ца бели-кх сан, – элира Эдалгирис, бепиган цастар схьа а оьцуш. – Ма ву моттахь х1ара керла веанарг, ларт1ахь цхьа а документ яздан а ца хаьа!
– Х1ара Дудаев д1ах1оьттичхьаний кега-м дели массо а х1ума, селхана хилла беж1уй а хьаькамаш а х1уьттуш, – «Мальборо» схьаэцна, цу чуьра сигаьрка бага йиллира Таисас.
Маларо корта бахийначу Руслане шен хилла вас лачкъа ца елира:
– Берриге а хьан бехк бу, Эдик! Хьайн балха т1ера меттиг а, хьайн дош а лардан ца хуучу хьан бехк! Хьо къонаха хиллехь, хьоьга хаьттиний бен цхьа а отделе д1а а оьцур вацара.
– О-ой! Ц1ейожа кху белхан дела1! «Къонаха хиллехь!» – тов! – к1ирвелла Руслане хьаьжира Эдалгири. – Хьуна х1ун гучадаьлла соьх, и тайпа къамелаш дан?
– ГАИ-н к1оштан отделан хьаькиман заместитель вац хьо?! Хьо боьрша хиллехь, хьоьга хаьттиний бен х1оттор варий цхьамма а хьан г1оьнча? Ахьа хьайх чекх са гайтина, цундела хьоьга хоьттуш х1умма а…
– Хьан да валла ж1аьла дууш, боьха хьума, аса гойтур ду хьуна, суо боьрша ву-вац-м! – хьалаиккхинчу Эдалгирис ластийна мира, цунна т1аьхье хьалалилхинчу Розассий, Бекханний – цхьамма пхьарс, вукхо г1одаюкъ лаьцна – иза д1а ца озийнехь Русланна бетах кхетар болуш бара.
– Схьавола, схьагайта! – хьалакхоссавелира Руслан а. – Х1ун дийр ду ахьа? Хьайн доцу де а ца эгош, 1адда 1ехьа! Д1ахецийша иза, цуо к1ад йийра яц!
Вовшаха чуг1ерташ волчу шимма а, и шиъ д1аса къаставан г1ерташ вукха кхаамма а хьоькхучу маьхьарша цхьана юкъанна 1адийра хоти. Т1аьххье а дов даьлла волу шиъ шен-шен метта охьахааван аьтто белира вукхеран.
Эдалгирин балдаха ц1ий 1ийдалора, Русланан коч яра ят1ийна.

– Битийша и болх, ма бийцийша! Да велла баа иза, х1ан баа! – луьш яра Таиса. – Вай кхуза сада1а даьхкина я шун болх бийца даьхкина?
– Ч1ог1а-м воллу х1ара шиъ, кхин дийца х1ума ца карийча санна, – охьахиира Роза а.
– Х1а-х1, все, дуьтур вай иза, – шиша схьаийцира Бекхана. – Цулла а кхин цхьацца кад боккху вай.
Шен лакхара ши нуьйда йоцучу кучан качмаш сих-сиха схьалоций, т1еуьйзуш 1ара Руслан, наггахьа Эдалгири волчу аг1ор оьг1азе б1аьрг кхарстош. Царна юккъера мостаг1алла д1адаккха г1ерташ, цхьацца самукъане хабараш дуьйцура накъосташа. Къаьсттина къахьоьгура Розас. Т1аьххье а, х1уммаъ ца хилча санна, къамеле велира ши довхо а.
Юх-юххехь 1аш долчу Бекхананний, Таисиний шайн къамел тассаделира, кхузахь кхин цхьа а стаг воцуш санна. Наггахьа Таисин лере таь1е лохха цхьаъ-м олура Бекхана, ткъа важа, иштта а маларо мадйина йолу, к1агар оьхуш йоьлура: «Ой, Бек, д1авалахьа, со ен воллу хьо!» – олуш. Рог1ера «стопка» д1амеллачул т1аьхьа, хьалаг1аьттина, дитташ долчу аг1ора д1айолаелира Таиса:
– Цхьажимма зезагаш даха ас, – аьлла.
Дукха ца хьелуш Бекхан дехьа аг1ор вахара. И сурт гина йолу Роза цхьаъ ала тохаелира, амма 1адда 1ийра. Чувоьлла цхьаъ дуьйцуш воллучу Русланан х1уманна а тидам ца хилира, кхано т1аьхьий бен.
Стиглахь гуллуш 1аьржа мархаш яра, х1аваъ шеллуш лаьттара, амма градусаша дег1маш дохдина болчу садо1уш болчарна иза ца хаалора.
Цхьа ахсахьт далале жима зезагийн курс яхьаш схьаеара Таиса. Руслан макхвелла 1ара.
– Хьо мичахь яра? – дера хаьттира цо.
– Зезагаш даха яхнера, – шек йоцуш жоп делира вукхо.
– Бек мичахь ву?
– Суна х1ун хаьа, иза мичахь ву? – батт саттийра Таисас.

– Суна х1ума гучдалийта ахьа, декъаза-м ю хьуна хьо! – меттаван ца туьгура Руслан.
– Ма ехьа г1овг1а, Руслан, эцца шен г1уллакхе дехьа ваьлла хир иза, х1инцца схьавог1ур ву, – элира Розас.
– Суна т1е ма чехалахь, со кхин хьан зуда а яц, – Таиса шек а яцара.
Хи долчу аг1орара цу минотехь гучвелира Бекхан. Месаш т1еда яра цуьнан.
– Стенга ваханера хьо? – хаьттира Эдалгирис, Руслан яппарш ян волавалале аьлла.
– Вохвелла, цкъа-шозза хичу кхета со, аьлла, хийисте ваьллера со-м, – къежира важа. – Мел дика ду хаьий шуна хи, ерриге кеп т1ераели-кх суна. Шу луьйчий?
– Кеп хилийта молуш дуй х1ара-м, т1ераялийта молуш даций, – велавелира Эдалгири, схьаэцначу шишан чуьра къаркъа стаканаш чу а дуттуш. Шеконца хьоьжура Бекхане Руслан, амма х1ума ца элира, ша-шега цхьа «г1ам-г1им» дина, 1адда 1ийра.
– Дог1а дан мегара вайна, – стигале хьаьжира Роза.
Цуьнан дешнашца цхьана ала мегар долуш дог1анан т1адамаш доладелира. Моха ч1аг1луш бара. Т1аьхь-т1аьхьа сиха дог1учу дог1анан т1адамаш юьхь т1едеттара цо. Сакъоьруш 1аш берш, шайн пхьег1а-х1ума сихонца схьагулъйина, машенчу хевшира. Царна т1ера 1ийдалучу хино г1енташ т1адийнера.
– Д1адаханехь х1ун дара-те вай? – мархаша кхолийначу стигале хьаьжна, элира Бекхана. – Йочана яхъяла мегаш ю.

– Бр-р-р! – шинна а куьйге шен корта 1аьвдира Эдалгирис. – Цхьажимма метта ца ваг1ахь ваьхьар вац! – аьлла. – Цу т1е, кху дог1анехь, пхи-ялх метар генахь х1ума а дац къаьсташ. Собар дер вай.
Тоххарехь лента чекхдаьлла сецна лаьтта магнитофона чуьра кассета т1егалъяьккхира Бекхана. Сих-сиха стигалан къовкъаро мукъам хадочу эшаре ладоьг1уш тийна 1ара х1орш.
Б1аьрган нур дойъуш серлонца доккха тата делира.
– Ва, Дела! – ши куьг некха т1е хьош, элира Роза.
– Ма кхера, машен чохь кхераме яц боху стелахаьштиг,– цуьнан кхерам байъа г1оьртира Эдалгири.
Цхьа сахьт даьлча дог1а лаг1делира. Машен, схьалетта, меллаша д1айолаелира. Километр д1а а яхале сецира: берриге некъ д1алоцуш т1еоллабелчу берд т1ера чубоьжна поп 1уьллура, гондахьа даккхий т1улгаш а долуш. Попан цхьа аг1о яьгна, к1ур оьхуш сийсаш яра. Хетарехь, стелахаьштиго дожийнера дитт, яьлла ц1е дог1ано йижа а еш. Некъахой буьйхира.
– Х1инца х1ун дан деза?
– И дитт бердаха чутатталур дарий-те вайга?
– Х1аъ, тоттур ахь, цуьнан г1ад шен бухах хаьдда а даций, ца го хьуна?
– Диг дац-кх вайгахь.
– Дитт чутаттахь а, цу 1уьллучу т1улган х1ун до вай? Иза-х баций вайга меттаха а баккхалур.
– Цхьаъ дан деза, кхузахь 1ен-м яций вайн йиш…
Цу дешнаша массо а г1овг1а д1атейира… Шайн хилларг новкъан хьовзам хилар хууш хиллехь а, х1оьттинчу хьолан духе х1инца бен ца кхиира х1орш.
– Г1аш охьа дахнехь х1ун дара-те? – г1ийла тийналла яйъира Бекхана.

Таиса шен г1еххьа лекха к1ажа болчу мачашка хьаьжира.
– Соьга балур бац оццула болу некъ г1аш, – ша а йитина шен накъостий бахарна кхераеллачу Розин аз дега доладелира.
– Делахь х1ета, кхузахь 1ийр ду-кх вай, эцца цхьа ц1ийнан лаппаг1а а йоьг1на, – бегаш бан г1оьртира Руслан.
Г1еххьа ойла йинчул т1аьхьа Бекхан вистхилира.
– Шу кхузахь 1е, со юьрта вахана, цхьа трактор ялош вог1у, – аьлла.
– Юрт мел гена ю дагадог1ий хьуна? Маца кхочур ву цига? Я цигахь трактор юй а ца хаьа, – реза ца хилира Руслан.
– Ткъа велла д1аваллалца кхуза хиъна 1ен-м йиш яций вайн, – цуьнгахьа вирзира Бекхан. – Трактор ца хилахь цхьа иттех стаг валор ву-кх, дагаршца. Нах хир ма бу цу юьртахь.
– Собардейша цкъа, – х1инццалца вист ца хуьлуш 1ийна волу Эдалгирис сигаьрка латийра. – Вай охьадог1уш, д1о голатуххачехь, цхьа некъан бахьана дагайог1ий шуна, аьтто аг1ор басех хьалайоьдуш? Цуо мича дуьгу хьовса вай цкъа?

Машен чу хевшира некъахой.
Машен меллаша к1егара (юхавоьрзийла дацара) яхийтира Эдалгирис. Кхо-йиъ б1е метар бахча кхуо йицинчу метте а кхечира. Машен сецна, меллаша аьтто аг1ор йирзира.
– Некъ хаьдда ма дисахьара вай, – элира Бекхана.
Цхьа а дуьхьал вист ца хилира. Пхийттех минот яьлча:
– Цхьанхьа-м кхачор ду шуна вай кху некъо, – аьлла, вистхилира Эдалгири.
Х1унда делахь а, г1еххьа синтем хиллачух тера дара цунна. Де суьйренга лесташ дара. Дог1ано лийчина долу 1алам ц1ена гуора. Саде1адалар а ч1ог1а атта, парг1ате дара, амма машен чохь болчара некъ боцург кхин х1ума тидаме оьцуш дацара.
– Хьовсийша д1ога! – ц1еххьана мохь туьйхира Розас, корах ара п1елг хьажош.
Массо а цигахьа вирзира.
Дитташ юккъехула царна гира ша цхьаъ лаьтташ долу т1улгех дина ц1а.
– Машенахь т1еваха аьтту буй-те цунна? – мелла а самукъаделира кхеран.

– Стаг вуй-те цу чохь 1аш?
Дукха хан ялале ц1ийнан уллехь сецира машен. Корах арахьожуш цхьаъ вара. Охьабисса дагахь схьайиллина не1арш сихха т1етуьйхира некъахоша: леташ, цхьа доккха месала ж1аьла т1ехьаьдира машенна.
Лекха, зоьртала дег1ахь къонаха аравелира. Шовзткъе ялх-ворх1 шо лур долуш, 1аьржа маж-мекх долуш, 1аьржачу аматехь вара иза. Мокха, басъяьлла шуьйра гатанан хеча, доца пхьуьйшаш, сийна сиз болу к1айн коч яра цунна т1ехь. Жимма хьоьжуш а лаьттина:
– Д1адала! – аьлла ж1ала а човхийна, машенна т1еволавелира иза. Хьалхара не1 йиллина:
– Марша дог1ийла! Охьадисса, – вистхилира къонаха.
Аз, ше дег1е хьаьжжина, стома а, буьрса а декара цуьнан. Салам луш, суьйре дика еш охьабиссира некъахой.
Ж1аьла, бехкала дахча санна, корта а оллийна, ц1ога лестош ц1ийн т1ехьа делира. Леррина хьаьжна:
– Дог1ана к1ела нисделла моьтту суна шу. Дуьло, чудоьлху вай, – чукхайкхира цо хьеший.

Ши чоь йолуш дара ц1а. Чохь, хьаькхначу поппара т1е кир тохаза делахь а, ц1ена дара. Сехьа чохь пеш яра сонехь, стол а, цхьа г1ант. Дехьа чохь пенаца лаьтташ паднар. Гуш дара, кху чохь ша цхьаъ 1аш боьрша стаг хилар. Хала а, атта а охьахевшина, хьал-де а хаьттина, цул т1аьхьа шайна хилла некъан хьовзам бийцира Эдалгирис. Наггахьа хьешашна т1ехула б1арг кхарстош 1ара х1усамда. Къосум хиллера цуьнан ц1е. Къамелана кхин т1ера а вацара иза. Хьалаг1аьттина, сонехь цхьана хьостаман т1ехь кхозу дакъийна жижиг схьаэцна, дакъош дина, иза кхе оьллира цо. Юха наштаран сахь чохь бод хьакхо х1оьттира. Эдалгирис мехкаршка къайлаха б1аьцаш йира. Цу шимма кортош охьадахийтира – 1амийна яцара и шиъ цу балхана. Цара лелош долчунна тидам хиллачу Къосуман можан юккъехула къажар къедира. 1ен ца елла, хьалаг1аьттина, цунна т1еяхара Роза.
– Соьга дайта ахьа х1ара г1уллакхаш, ваши! – аьлла.
Бела ца бала хала сатуьйхира вукхара. «Ваши», тов! Розина шена а ца хаьара, и дош шегара муха дели. Амма цунна хьалхахь эвхьаза лелар, лер дихкина хетара массарна а. Цуьнан ондачу дег1ах а, я цхьа къайле хьулйина хеталучу б1аьргех, я наггахьа велааьшна дечу хьесапехь тохалучу балдех делахь а ийзалора х1орш.
– Машенан чкъуьрга к1ел т1улг билла аса, чу ца хахкаялийта, – аравелира Эдалгири.
Дукха ца хьелуш чувеара иза, т1оьрмиг бахьаш. Цу чуьра бепиг, йоьхь, памидор-наьрс – шайн йисинчах х1ума стоьла т1е йиллира. Юха, жима соцунг1а хилла, къаьркъанан ши шиша а.
Къосуман юьхь т1ехула, маларах б1аьрг кхетташехь, цхьана м1аьргонна цхьамма а тидам ца бина марха хьаьдира. Х1усамдас чудеана ши у т1улгашна т1едиллина, царех г1ант-бахьана дина, стоьла гондахьа хевшира чохь берш. Кхехкачу жижиган чоме хьаьжна, иза хьешашна хьалхахьа диллира Къосума. Розас зайла чу биллина хьокхам баттабаланза бара. Цхьана юкъана тийналла ца йойъуш 1ийра пхьор дууш берш. Хаттарш дан сак1амделла хьеший белахь а, уьш даларе сатуьйсуш 1аш х1усамда воций хаалуш дара. Хеттарша-м дуккха а дара. Х1ун деш 1а х1ара стаг кху ламанашца, атта стаг кхочур воцучу, хьулвелла? Хьелий я жа лелош а вац. Я таллархо ву? Сонехь, пешаца хьала пхоьазза йолу топ ю лаьтташ. Доьзал мичахь бу?

Т1аьххье а Эдалгири 1ен ца велира:
– Хьо муха кхаьчна кхуза, ва Къосум? Х1ун лелош ву хьо?
Цхьна юкъана т1ехк ежаш, хаттар шега а ца дича санна тергал ца деш 1ийра Къосум. Вуьйхира Эдалгири. Шен накъосташка хьаьжира. «Там бара х1ара коьртана телхина хила, – дагадеара. – Иза дара хьуна х1инца оьшуш!»
Т1ехк охьайиллина, бетах куьг хьаькхира Къосума. 1ийна, Эдалгирехьа вирзира:
– Муха кхаьчна, боху ахь? Сайн зуда йийна аса. Дезткъе доьалг1ачу шарахь, – доцца хадийра х1усамдас.
1адийча санна бисира чохь берш.
– Зуда йийна? Х1унда? – ларамаза иккхира Эдалгирин багара.
Къосума-м шек вацара. Цхьа бен доцуш, вуьйцуш верг ша воцуш санна, парг1ата жоп делира:
– Х1аъ, йийна.
– Х1унда? – юха а хаьттира Эдилгирис.

– Иштта нисделира-кх иза…
– Ткъа хьо… Ч1ирхошха ведда…
– Х1ан-х1а, гергара нах бацара цуьнан, берийн ц1ийнахь кхиина яра. 1едалах ведира со. Кхаа шарахь лийлира охьенца, лечкъаш. Юха т1аьххье а кхуза кхечира. Кхузахь атта карийра суна. Аса кхузахь доккхучу кху пхеа шарахь шу ду сан дуьххьарлера хьеший.
– Ой, ткъа… и 1едал доьхна а ма кхочу кестта шо!.. – элира Эдалгирис.
– Хаьа суна. Газет, радио яцехь а, цхьацца хабар кхета сох, наггахьа – шарахь шозза-кхузза – лахахь, ярташка охьаваьлча. Жижиг, ц1ока-х1ума оьций охьаволу со наггахьа, яьллачу сом-комах дама, мехкадаьтта, я кхин оьшург эца. Цхьана юьрта шарачохь шозлаг1а а ца воьдуш.
– Охьа х1унда ца вог1у хьо? Х1инца хьо лоьхуш стагга а хир ма вац? Хала ма ду кхузахь ша цхьаъ ваха, – т1евирзира Эдалгири.
– Кхузахь атта карийна суна, – юха а элира Къосума, къамел хадош. Юха шуьйрра велакъежира, таханалерачу суьйрана дуьххьара:
– Шун лахахь-м дахар кхехкаш ду боху х1инца?

Хан яьллера, кхара бийша г1айг1а беш. Ши йо1 дехьа чохь йитина, божарий стол лаьттачу д1абийша барт хилира.
– Ахь х1ун до? – хаьттира араволучу Бекхане Эдалгирис.
– Машен чу вижа воллу со.
– Х1ан-х1а, хьо кхуза охьавижа, со вуьжур ву машена чу, – тохавелира иза.
– Сайн дикаха хеташ воьду со, – аравелира Бекхан. Къайлаха схьаэцна цхьа шиша а дара цуьнан.
– Аса ж1аьла д1адихкина шуна, – аьлла стогаран милт чуоьзна аг1орвелира Къосум.

Даккхий, хетарехь д1о лам буьххье ваьлла хьалакхевдича хьалакхочур волуш лоха, седарчий дара лепаш. Лахара дог1учу хин тата хезара. Ч1оба дара декаш. Меллаша яьккхина магнитофон латийна, д1атаь1ира Бекхан. Дуккха а 1ийра наб ца кхеташ. Ж1аьла дара батте дирзина уг1уш. Хьалхарчу г1анта т1е охьадиллина шиша а дисира схьадастаза. Йиъ сигаьрка оьзначул т1аьхьа набаран тар озийра цунна.

Тийналла яьржира чохь. Къосама дийцинчунна ойла еш 1уьллуш, цхьа тата хезна хьалаайвелира Эдалгири.
– Хьо ву иза, – лохха элира цо, Руслан вевзина.
– Х1аъ, х1инца чувог1у со, – аравелира важа. Дукха хан ялале наб кхийтира Эдалгирина. «Ма вон уг1у-кх и ж1аьла», – яра цуьнан т1аьххьара ойла.

Цхьа йоккха г1овг1а елира арахь. Цунна т1аьхьа, ца сецаш, ж1аьла доладелира лата. Эдалгири хьалаиккхира. Цхьана юкъанна, ша мичахь ву ца кхеташ, д1асахьоьжуш лаьттира иза. Метта хьалахиъна, б1аьргаш хьекхош 1аш Къосум а вара.
– И х1ун тата дара? – хаьттира Руслана, когашца шен мачаш а лоьхуш.
– Ца хаа суна-м, арахь дара-кх иза. Ж1аьла а дац соцуш.
Къосума стогаран милт хьалауьйзира.

– Т1улг бердаха баха моьтту суна. Кхузахь сих-сиха хуьлу иза, къаьсттина дог1анаш ихначул т1аьхьа, – элира цо.
Ара а бевлла, д1аса хьаьвсира уьш. Къосума ж1аьла човхийра. Мархашна юккъехула шен з1аьнарш 1енош бутт бара.
– Ма… Ма… Машен… – толкха лен волавелира Руслан.
– Бекхан! Во Бекхан-а-ан! – шозза мохь туьйхира Эдалгирис. Дуьхьала тийналла йохош цхьа а вацара.
Цу хенахьа не1 а йиллина ара иккхира ши йо1.
– Х1ун хилла?
– Аш ма г1овг1а эккхийтина!
Юха, машен а ца гина, 1адийча санна д1атийра ший а.
– Бекха-ан! – аьлла, кхин цкъа а кхайкхира Эдалгири.
Цкъа цхьаьнга, юха вукхуьнга хьоьжуш лаьтташ йолу Роза елха йолаелира.
– Д1асацал х1инца хьо а, ма уг1ал! – т1ечевхира цунна Руслан.

Машен лаьттаче вахна, когаш т1е охьалахвелла, хьежа х1оьттира Эдалгири. Куьйгашца лехна, боккха т1улг схьаийцира цо. Меллаша хьалаг1аьттира.
– Х1ара т1улг… х1ара т1улг аса чкъургана к1ела биллина бара… Х1ара цхьамма йистаха баьккхина… – сехьа лаьттачаьргахьа вирзира иза.
– Муха… цхьамма йистаха… – мотт тийсалуш хаьттира Руслана.
– Иштта… Чкъурга к1елара схьа а баьккхина, йистаха охьа биллина-кх, – цхьана х1умана ойла еш санна элира вукхо. Юха Русланна т1ебуьйг1ира шен ши б1аьрг. – Хи йистехь хилларг диц ца динера ахь? Иштта декха сацам бинера?
– Ахь х1ун дуьйцу? Хьо ларт1ера-м ца ваьлла? – дегочу озаца элира Руслана, цхьа-ши г1улч юха а волуш.
– Аса гойтур ду хьуна, со ларт1ера ваьлла, ца ваьлла-м, хьо йовсар! – чухьаьдира цунна Эдалгири.
Мехкаршка маьхьарий девлира.
Х1инцалца вист ца хуьлуш лаьттина волу Къосум юкъах1оьттира цу шинна. Аьтту куьйгаца Эдалгирин пхьарс лаьцна, вукхуьнца цуьнан буйнара т1улг схьабаьккхина, иза д1акхоьссира цо.
– Ма дийца, накъост, хьашт доцург! Тиларчу вахна хьо! – мелла а метта веанера Руслан. – Аса х1унда боккхуш бу чкъурган к1елара т1улг?
– Кхин хьа баьккхина иза? Хьо араволуш гинарг со вац?
– Т1улг д1абаккха-м ца ваьлла хьуна со! Цу машенца ц1аваха везаш со а вацара? Цунах бахьана а дина, хьайн бетах кхетта х1ума екха дагадеана хир ду хьуна!
– Хьан да воллийла хьакхийца! – аьлла, юха а чутасавелира Эдалгири.
Юкъаг1оьртинчу шина йо1а а, Къосума а халла д1асакъастийра и шиъ.
Берда йисте а бахана, чухьаьвсира уьш. Къаьсташ х1умма а дацара бухахь.
– Х1инца х1ун дан деза вай? – шен лозуш болу корта 1евдира Руслана.

– Д1о дехьа цхьа некъан тача ду. Цигахула чудисса деза вай. Хьаьнна хаа, дийна хила а мегий шун накъост, – элира Къосума.
Стигал серла а яьлла, сатосуш дара.
– Тхо х1инца схьадог1у шуна, – шина йо1е а аьлла, берд йистехула д1аволавелира Къосум. Вовшашка а хьаьжна, цунна т1аьхьа х1оьттира Русланний, Эдалгирий.
– Дукха ма 1елаш! Тхойша кхоьру кхузахь! – т1аьхьа кхайкхира Роза.
Иза цхьамма а тергал ца йира. Пхийттех минот яьлча басех чубирзира некъ. Кестта доккха сахилира. Х1аваъ ц1ена дара, цхьацца бецийн, зезагийн хьожа а йог1уш. Олхазарийн чкъар-чкъир дара гонаха лаьтташ. Ша ламанхо хиларе терра, парг1ата воьдура Къосум. Некъ хала болчу меттехь диттан га я колла лоцуш, цунна т1аьхьа ца виса г1ерташ воьдуш Русланний, Эдалгирий а вара. Руслан хьухьвоьллера. Сих-сиха пхьош хьоькхуш, хьаьжт1ера хьацар д1адаккха волавелира иза. Т1уьначу бацо когаш т1адийнера. Т1аьххье а охьакхечира хин йисте а. Лахахьо-о, шовзткъе метр малхбузехьа, машен яра хи чохь гуш. Мелла а охьатакхийначух тера дара иза, х1инца цхьаьна боккхачу т1улго сацийна лаьттара. Ларлуш т1улгаш т1е когаш а дохуш, цунна юххе охьавахара х1ара кхоъ. Хин йистана ялх-ворх1 метр гена яра машен, аьтто аг1он т1ехь 1уьллуш. Д1ахьаьжча, чохь стаг ву-вац хаалуш дацара. Ткъа цунна т1екхача, хи дукха сиха дог1уш хиларна, аьтто бацара.
– Со кхуза лакхара цу чохь х1ума къаьстий хьажа воллу, – аьлла, хин йистера дитта т1евелира Къосум.

Лакха ваьлла, хьаж т1е куьг лаьцна шина-кхаа минотехь леррина хьежначул т1аьхьа охьавоьссира иза.
– Г1уллакх хир дац. Х1умма а ца къаьста. Со чу а вахана муш бахьаш вог1у, ашшимма кхузахь собарде, – аьлла, х1орш схьабаьхкинчу новкъахула юхавахара иза.
Къосум къайлаваллалц цунна т1аьхьа хьожуш лаьттина, киснара схьаэцна сигаьрка латийна, т1улг т1е охьахиира Эдалгири:
– Ма йоккха юьхь1аьржо ю вайна т1ех1оьттинарг! Х1инца х1ун дича бакъахьа дара-те вай?
– Цкъа хьалха Бекханах х1ун хилла хьаьжча хуур ду-кх, – хин йисте когаш т1е охьа а лахвелла, юьхьах хи туьйхира Руслана. – Хино охьаваьхьна ма хилахьара. Докъаза вовр ву-кх иза т1аккха…
– Оцу шина йо1ана х1ун дийра дара-те? Ц1а хьажон аьтто белара и шиъ.
– Цхьаъ дийра ду вай, цкъа кхунах х1ун хилла хиъча, – дехьо т1улга т1е охьахиъна сигаьрка латийра Руслана а.
Иттех минот елира х1ара шиъ иштта 1аш.

Ц1еххьана лакхахь герз долуш хезира. Хьалаиккхира ши накъост.
– Иза х1ун дара?
– Топ ма яра и яьлларг…
– Къосум хьалакхаьчна а хир ма вац х1инца а…
– Экха т1ег1оьртина, Розас я Таисас кхоьсси-те иза?..
– Хьажа веза вайша, – д1аиккхира Эдалгири, Руслан цунна т1аьхьа а х1уттуш. Дукха хан ялале кхин шозза а елира топ.
Къосуман х1усам йолче хьала а кхачале хезира кху шинна Таиса йоьлхуш. Д1акхаьчча гуш дерг ирча сурт дара. Машен лаьттинчахь 1уьллуш Роза яра, цунна т1еетталуш тийжаш Таиса а. Дехьара т1ебог1учу некъахула сихачу боларца вог1уш Къосум а вара, карахь топ а йолуш.
– Х1ара х1ун ду? Х1ун ду хилларг?
– Мила вара топ кхоьссинарг? – 1уьллучу Розин т1ехьаьдира Эдалгирий, Русланий.

Къосум а т1екхечира цу юкъана. Сиха садоь1уш вара иза:
– Со д1ога, некъо голатуххучехь вара герз долуш хезча. Ведда схьакхаьчча, х1ара сурт ду. Д1о лакхара кхоьссира топ, акха кхор лаьттачера. Сихха сайн топ схьаэцна, цига хьалахьадира со, амма хаалуш аддам а дацара. Цу аг1ор цкъа-шозза топ-м кхоьсси аса…
– Ой, ткъа мила ву кхуза, цхьа а да ца вехачу метте а веана, вайца х1ара т1ом бан?..
– Цхьа бутт хьалха со юьрта вахана волуш цхьа хабарш-м хезира суна, кхузахула лелаш цхьа хьераваьлла стаг ву бохуш, – дийцира Къосума, б1аьргашца басеш а толлуш. – Аса-м кхин тергал а ца дира уьш. Дукха хан йоццуш со экха вахана волуш цхьа адам а хааделира суна дехьа басеца. Иза а талла веана цхьаъ хир ву-кх аьлла, 1ийра со-м…
– Мича йоьдуш яра иза? – хаьттира Эдалгирис тийжачура меттаян ца туьгучу Таисига.
– Хи… хи дан… араяьллера…
Розин юххехь 1уьллучу ведаран х1инца бен тидам ца бира Эдалгирис.
– Х1а-х1, х1инца х1ун до вай?
– Цкъа х1ара чуяхьа еза, – элира Къосума.
Розин дакъа чу а даьккхина, вовшашка дагабевлира уьш.
– Буьйса йолале, Бекханах х1ун хилла хьовса вай?
– Ткъа кху чохь мила 1ийра ву?
– Вай юхадерзалца Таиса юьтур ю-кх…
– Со 1ийра яц! – хьалакхоссаелира важа.
– Оха хьуна т1ехула не1 д1акъовлур ю…

– Валлах1и, къовлур яц суна т1ехула-м!
Таисица Руслан а витина, Къосуммий, Эдалгирий охьаваха барт хилира церан.
– Кхин герз дуй хьан кху чохь? – хаьттира Руслана, Къосума топ схьаоьцуш гича.
– Дац, – велааьшна дира вукхо. – Шу кхера оьшуш х1ума дац, кхин т1ег1уртур хир вац иза.
Муш а эцна, новкъавелира и шиъ.
Не1 д1акъевлина чохь дисира Русланний, Таисий.
– Ва-а, Дела, орцаха валахь тхуна! Ма доккха х1ума ду тхуна т1екхаьчнарг! – Розин юххе а хиъна, тийжаш 1ара Таиса.
Кораха ара б1арг бетташ, сигаьрка латийра Руслана, Къосуман цуьнан к1уьран хьожа езаш ца хилар тергал а ца деш. Йоццачу хенахьа яссаелира ботт а.
1аржъеллачул т1аьхьа хьала кхечира Къосуммий, Эдалгирий. Т1еда яра цаьршиннан т1ера бедарш. Бекханан дакъа кара ца динера.
Сингаттаме яра т1ееана буьйса. Ца дог1учу дагца жимма х1ума а кхаьллина, д1абийшира уьш. Амма наб ца кхетара, дехачу дийнан хиламаша к1адбинехь а.
«Ванах, и т1улг д1а хьа баьккхина-те? – цу ойлано корта лазабаьккхинера Эдалгирин. – Руслан ву-те цунна бехке? Х1унда? Ша Бекханна мел ч1ог1а оьг1аза вахана хиллехь а, цу машенахь ц1аваха везаш вацара иза а? Ткъа Роза хьа йийна? Къосума? Таисина иза ган ма гина, Розин герз кхеттачул т1аьхьа, чу а веана, топ эцна араволуш… хьераваьлла стаг ву иза йийнарг? Иза мичара ваьлла? Юха а и т1улг… Машен меттаха яьлча, чкъуьрго йистаха кхоьссина-те иза?» Цхьа а хаттар жоп долуш дацара…

1уьйрана ша самаваьлча Къосум ирахь карийра Эдалгирин. Яй кхе уллуш вара иза. Хьалаг1аьттина, х1ара уьйт1ахь юьхь юьлуш воллуш, араделира Русланний, Таисий а.
– Юрт мел гена ю кхузара? – хаьттира Эдалгирис шаьш стоьллана гонаха 1аш.
– Кхаа сахьтехь некъ бича, цхьа жима к1отар ю, – жоп делира Къосума, уьрсаца жижиг а хадош.
– Роза цу к1отара охьаяхьа еза вай.
– Муха хьур ю вай иза? – хаьттира Руслана.
– Мухха яьхьна а, яхьа ма езий иза…

– Шайн Делан дуьхьа, кхузахь ма йитийталаш иза вайга, – юкъаиккхира Таиса.
– Барма бийра бу вай, – доцца хадийра Эдалгирис.
Х1ума йиъначул т1аьхьа, Таиса чохь а йитина, аравелира кхо къонаха. Къосумехь диг дара.
– Ши г1уркх аса боккху шуна. Ашшимма к1ади я гата хьарчадай, кечдайша дакъа, – элира Руслана. – Со цуьнга хьажалур волуш вац.
– Д1о лакхахьа хир ду хьуна шортта, – п1елг хьажийра Къосума, диг д1а а луш. – Картолийн кха аьрру аг1ор а дуьтуш хьалавала хьо.
Руслан шена гайтинчу аг1ор д1авахара, Эдалгирий, Къосуммий чоьхьавелира.
Сонехь лаьттачу яьшки чуьра деса галеш схьаийцира Къосума.
– Дика хир ду, – Эдалгирис а аьлла, галеш хедийра цу шимма.
Юха Розин дакъа галеш юккъе а хьарчош, т1ехула т1ийриг йихкира.
– Пекъар Роза я1! – елха йолаелира Таиса. – Еса деша да а воцуш, д1аерзош ю-кх хьо!
– Ма тийжал х1инца! – аз айъира Эдалгирис. – К1отар охьакхаьчча ерзон ма езза д1аерзайойтур ю вай иза.
Х1орш бевлча г1уркхаш дан вахнарг схьаванза вара.
– Руслан ма хьевелла вайн? – синтем байна хьаьвзира Эдалгири.
– Юхаверза хан-м яр цунна, – хьалаг1аьттира Къосум. Юха ц1еххьана тохавелира: – Ор чу-м ца воьжна-те?
– Х1ун ор чу?
– Акха хьакхарчий яра сан картолаш т1е марзъелла. Царна даьккхина цхьа ши ор ду сан, т1ехула генаш а ехкина.
Вовшашка а хьаьжна, араиккхира и шиъ.
Ц1енна дукха гена вала а ца дийзира цу шиннан. Картолийн кха чекхдолучехь ор дара гуш. Ведда х1ара шиъ йисте кхаьчча, инзаре сурт дара хьалхахьа х1оьттинарг. Шиъ-ах метр к1орга хиндолчу оьра чохь ах-ах метр хир болуш ирбина биъ хьокх бара хьалабег1аш. Царех цхьаъ нийсса некхаха чекхбаьлла бертала 1уьллуш Руслан вара. Юххехь диг а дара. Генашца къайладаьккхина ор ца гуш, цу т1е ваьлла чувоьжнера Руслан.
Самалдала гергга вахна, когаш т1е охьалахвелира Эдалгири, куьйгашца корта а лаьцна:
– Остопируллах1! Х1ара х1ун ду?.. Х1унда?.. Муха?..

Юха меллаша хьалаг1аьттина, Къосумехьа вирзира:
– Ахь вийна иза! Хьо ву бехке!
Цу дешнашца чухьаьдда Къосуман легаш лаца хьаьжира иза. Ша лаьттачера меттаха а ца волуш, пхьарс лаьцна Эдалгири сацийра Къосума:
– Ахь х1ун дуьйцу?! Меттавола! Вайша цхьаьна вацара иза д1авоьдуш? Соьгара диг схьа эцна, д1а ца вахара иза?
– Т1аккха ахь и ор ду аьлла д1а х1унда ца элира цуьнга, шен ворх1е да велла иза дисарг?!
– Цунна бехке ву со, – къера хилира Къосум. – Амма кхузахь селхана хилларш дицделла хьуна? Кху г1урта юккъехь коьртера делира-кх сан иза! Вицвеллера-кх со! – аз парг1ат декара цуьнан.
– Ма доккха х1ума ду х1ара! Х1ун де вай х1инца? – воьхна вара Эдалгири.
– Уггаре а хьалха иза хьалаваккха веза цу чуьра, – элира Къосума. – Со х1инца лами бахьаш схьавог1у хьуна.
Белш т1ера схьалаьцна, доггаха хьалаозийна, халла хьокх т1ера Руслан хьаваьккхира Къосума. Дакъа марадоьллина, меллаша ког боккхуш ор чуьра лами т1ехула хьалавелира. Юха иза оьрана пхи-ялх г1улч гена охьа а диллина, дитта к1ела лаьтта охьахиира. Хьаж т1ехь лепаш хьацаран т1адамаш дара цуьнан. Коч а, ур-атталла хеча а ц1ийх юьзнера.
Дерриге а некхан у дохийна дара Русланан. Ши б1арг, чуьра схьаэккха санна, къаьрзина бара.
Эдалгири 1адийча санна лаьттара, цуьнга хьоьжуш. Вистхуьлуш а вацара иза. Юха Русланан юххе охьалахвелла, аьтто куьйгаца цуьнан ши б1арг д1а а къевлина, юьхь т1ера латта а, бецан хаьлгаш а д1адехира.

– Кхузахь д1адолла деза вай Руслан а, Роза а, – элира Къосума, корт хьала а ца ойъуш. – Ши дакъа дахьалур дац вайга.
Эдалгирис жоп ца делира. Х1умма а хезначух тера а дацара цунна.
Цу хенахьа ц1ийнан не1 йиллира. Араяьлла Таиса, гонаха а хьаьжна, х1ара шиъ волчу аг1ор хьалайолаелира. Меллаша, когаш к1ела а хьоьжуш йог1уш йолу иза, схьахьаьжна, 1уьллуш волу Русланах б1арг а кхетта, сацаелира. Юха едда т1ееара. Х1ара дерриге а дуьне 1адо санна ц1ог1а делира цуьнга. Шен месех ка а етташ, гор юьйжира.
– Ва Руслан! Хьуна х1ун хилла? Хьалаг1аттахьа! – олий, цкъа докъана т1екхеташ, юха: – Ва Дела, Хьо орцаха валахь! – бохуш, шен к1озалш ийзош йоьлхура иза. Т1аьххье а хинк1аш а деш, ч1е1а елира, ц1ешха дуьзна ши куьг юьхь т1е а лаьцна.
Таисина т1евахна, пхьарс т1ера лаьцна, хьалаг1аттийра Къосума йо1. Де аьлларг ца деш, иза дуьхьала тийсалушшехь, дехьа а яьккхина иза чухьажийра цо:
– Яло, чуг1уо. Ахь дан х1ума дац кхузахь, – аьлла.
Эдалгирин х1ара дерриге а шеца хуьлуш а доцуш, цхьа г1ан долуш санна хийтира. Цхьа бен доцуш хийтира дерриге а. «Там бара х1ара хьераяла», – аьлла, дагатесира юккъехула.
Ц1ийнан т1ехьа ваьлла, бел яхьаш веара Къосум:
– Д1огара зоьзан к1ела д1адуллур вай и шиъ. Бел цхьаъ бен яц, рог1-рог1ана охкур ду вайшимма каш, – элира цо.

Сих-сиха пхьош хьокхуш, хьацар д1а а доккхуш, охкуш вара Эдалгири. Латта ч1ог1а дацара, амма орамаш дара цуьнца дукха, уьш дагарца хедон дезара.
– Схьало ахь соьга, – ор чу кхоссавелира Къосум. – Сада1а цхьажимма.
Чуьра хьалаваьлла, охьахиира Эдалгири.
– Цхьана коша д1адолла вай и шиъ? – хаьттира Къосума, бел лаьтта а г1ортош.
Д1акхевдина чами чуьра Къосума деана хи а мелла, цхьана ханна ойлане велира Эдалгири. Юха жоп делира:
– Х1ан-х1а, шиъ доккхур вай каш. Церан ц1ераберш, шайн нах ц1ахь д1аберзон лиъна, хьалабаг1ахь а товш хир дац иза.
Дукха хан ялале хьалавелира Къосум:
– Х1а-х1, х1инца тоьа моьтту сунна. Хьалхох йо1 д1аюллу вай.
– Бакъахьа хир ду, – Эдалгирис а аьлла, ц1ийнехьа волавелира и шиъ.
Делкъа хан яра. Къеггина кхетта малх а. Байн хьоькхучу махо тов ца хаайолуьйтура.
Хьалха воьдуш волу Эдалгири, не1 схьайоьллушехь, у тоьхча санна, сецира. Ган а гуш макхвелира иза. Когаш бухара латта лесташ санна хеталуш б1агор хьаьвзира цунна. Охьа ца вожа, не1аран гур лецира цо.
– Та… Та… Таиса… – элира цо меллаша, дегочу озаца.
Эдалгири хьалхара д1а а теттина, чуиккхира Къосум.
Тхевн дукъах кхара Розин докъах хьарчош йисначу т1ийригах кхозуш Таиса яра. Чоь лоха хиларна, корт тхевна юххехь бара цуьнан. Охьадоьжна 1уьллуш г1ант а дара. Ерриге а сенъеллера Таиса. Генна арабаьлла мотт кхозура. Бетах ихна чопа а яра.
Не1саг1ел сехьаваьлла, цунна т1ера б1арг ца баккхалуш лаьттара Эдалгири.

Шегара беса чами охьа а кхуссуш, стол т1ера уьрсах ка туьйхира Къосума. Т1екхетта аьрру пхьарсаца кхозуш йолу Таиса марайоьллина, аьтту куьйга лаьцначу уьрсаца т1ийриг хадийра цо. Таиса ц1енкъа, Розин юххе охьайиллина, сихха цуьнан куьг лаьцна синпха лехира.
– Х1ара д1аяьлла, – элира цо к1еззиг хан яьлча.
– Хьо къематде! Хьо далатохар! – мохь хьаькхира Эдалгирис, ши куьг ирах а ойъуш.
– Собар де, ва Эдалгири! Ма детта ц1ог1а! – элира Къосума.
– Ас динарг! Ас динарг, х1орш кхуза а бахкийна! – тен ца туьгура Эдалгири.
– Охьахаа, ма е г1овг1а, – вистхилира Къосум юха а. – Хьо иштта атта вухур ву моьттуш вацара со, – аьлла т1е а тухуш.
– Атта?! Х1ара атта хета хьуна? – х1инца цунна т1евирзира Эдалгири. – Кху делан не1алт хиллачу метте а валийна сайн виъ накъост х1аллак ма ви аса!
– Даьдисса цу къамелан! Делан не1алт хилла метте, тов! – собаре хила г1ерташ, велааьшна дира Къосума. – Диц ма де, ахь юьйцуш ерг сан х1усам ю хьуна!
– Сийна ц1е яла кху хьан х1усамах а! – т1аьхь-т1аьхьа марсаволуш лаьттара Эдалгири. – Кхуза ца дог1уш арахь буьйса яьккхина елар оха!
– Сацийтал! – «къаррашттехь» цергаш хьакхийра Къосума, мерах шок а етташ. – Гена волуш лаьтта хьо х1инца! Ас кхайкхина даьхкира шу кхуза, и заддаш т1аьхьа а х1иттийна? Мелхо а, со сайн х1усамах ваьккхи-кх аша!Х1инца кху чуьра араваьлла, сайн кхин меттиг лаха езаш ву-кх со! Со кху чохь кхин д1а а 1елур ву моьтту хьуна?! Морг ма йи аша кху ц1ийнах! Ас атта дина дацарий х1ара-м, пхеа шарахь сан х1усам лаьттина долу!

Цхьана юкъанна вист ца хуьлуш, ладоьг1уш лаьттира Эдалгири. Юха меллаша:
– Делдахьа, Къосум, ас иштта… – ала кхиийра иза, ша Къосума юкъахвоккхуш:
– Тоийта!
Ц1енкъахь доьжна 1уьллу г1ант хьалах1оттийна, цу т1е Эдалгири охьахаийра цо:
– Охьахаал! Ладог1ал х1инца! Вай тахана мел ч1ог1а ц1ог1а деттарх хийцадала х1ума дац кхузахь. Ши дакъа… аьлча а, кхо дакъа д1а а доьллина, кхана 1уьйрана ший а новкъа вер ву вайшиъ…
– Х1ан-х1а! – хьалаиккхира Эдалгири. – Со кхин 1ийра вац кхузахь! Х1инццехь новкъа волу со! Х1окху минотехь! Мичча вахна а, кхузара д1авоьду…
– Дика ду, – ойла йина-а реза хилира Къосум. – Цхьаьний воьду вайша. Амма цкъа хьалха х1ара кхоъ д1адолла деза вайн. Х1а-х1, вало, сихо йо вай т1аккха…

Къосуман х1усам генна т1аьхьа йитина воьдуш вара ши некъахо. Цкъа кхарна т1аьхьах1оьттина дог1уш, юха дитташна, коьллашна юккъехь къайла долуш хилла ж1аьла х1инца гучадалаза дикка хан яра. Къосуман гехь яллаш топ а, цхьацца х1ума чуйиллина рюкзак а яра. Дуьхьлара ломал т1ехьа къайлабаьллера малх.
Шегахь мохь боццушехь, дукха к1адваларна сиха садоь1уш вог1ура Эдалгири. Х1ора г1улч ларлуш йоккхура цо – дийна висарна догдохийла дацара кхузахь аьхка вахча.
– Ахь х1ун дийра ду х1инца, Къосум? – хаьттира цо шен накъосте. – Г1ала г1ур ву хьо?
– Вац, – жоп делира вукхо. К1адвалар дацара цуьнан озехь хаалуш. – Хьо юьрта а кхетийна, д1о дехьара басехула хьалаг1ур ву со. Цхьа иттех километр лакхахь дукха хенахь дуьйнна тесна лаьтташ цхьа ц1аьлг ду цигахь. Цу чохь 1ийра ву. Бакъду, цхьажимма куьг тоха дезаш-м ду иза.

– Лахахь ваха охьакхелхинехь г1оле-м дара хьуна, – бен доцуш, иштта цхьаъ алархьама элира Эдалгирис.
– Сада1а вайшимма? – гехь ялла топ схьа а йоккхуш, элира Къосума.
Цо иза аларе сатесна хилча санна, циггехь охьахиира Эдалгири. Бода боьллера лаьмнашца. Байн мох а бара хьоькхуш.
– Кхин гена ваха везий вайшиъ? – хаьттира Эдалгирис, юьхь т1е тоьхна хьацар д1а а доккхуш.
– Вайшиъ схьакхаьчна-кх! – хезира цунна.
Хьалахьаьжча, шена т1е топ лаьцна лаьтта Къосум гира Эдалгирин.
– Ахь х1ун… хьо… – мотт а тийсалуш, хьалаг1атта тохавелира иза.
– Хаий 1е! – омра дира Къосума. – Схьакхаьчна хьо!
– Герзаца берг 1овдал бегаш бу, Къосум…
– Хьоьца бегаш беш цхьа а вац! – хадийра вукхо. – Меттах а ца хьуьш, хьо волчехь 1е!
– Ткъа со… со ца кхета…
– Ас кхетор ву хьо. Сих ма ло. Дукха хан яра со адаме вистхиланза а, ас къамел данза а. Цунна витина ас хьо а, эцца цхьанхьа бердаха ца вохуьйтуш, хьоьга хьан накъостий муха белла дийца…
– Накъостий…

– Юха ма ваха со! – т1ечевхира Къосум. – Х1аъ, айхьа 1ожалла т1еэцале, хьайн накъостий муха белла хуур ду хьуна…
Цкъа хьалха Бекхан. Цу буьйсана араваьлла, машенан чкъург к1елара т1улг йистаха биллира аса. Кор охьаоьзна дара машенан. Чукхевдина, иза скорость т1ера д1аяьккхира. Меттиг мелла а айаелла хиларе терра, Бекхан машен чохь меттаха хьовшехь, чухахкаелла бердаха яхана иза. Ши пайда хилира суна цунах: шун накъост а вийра, шу шолг1ачу дийнахьа новкъа довла машен йоцуш а дисира.
Шолг1а Роза яра. 1уьйрана, вай Бекханах х1ун хилла хьажа арадовлале, топ дехьа чу яьхьна коран юххе пенаца хьалах1отийра аса. Шуьшиъ хи йистехь а витина, муш ба вахча, ведда хьалавахна, къайллаха кораха чукхевдина, топ схьаийцира. Юха картолийн кхан гуо баьккхина, к1ела хиира. Цхьадика, дукха хьежа ца дийзира – ведар а эцна араелира Роза. Иза йийча Таиса арахьаьдира, орца доьхуш мохь а хьоькхуш. Ткъа со, айса схьа ма-эццара топ охьа а йиллина, вай схьадаьхкинчу новкъахула Таисин гучавелира…
– Топ цу шинна ца гуш схьа эца аьтто ца баьллехь х1ун дийра дара ахь? – хаьттира Эдалгирис.
– Х1умма а дийра дацара, – жоп делира Къосума. – Цхьа кхин некъ лохур бара-кх. Суна цхьа ловзар санна х1ума дара и дерриге а, – юха, вела а къежна, т1етуьйхира: – И Роза хьан езар яра моьтту суна. Цо санна, кху тоьпах 1ожалла т1еоьцур ю-кх ахьа а. Дагна там хуьлий хьуна цунах? Цунах ца олу романтика?!
Меллаша лаьттахула куьг шершош, буйна лаца цхьаъ лоьхуш вара Эдалгири. Бодашкахь Къосуман тидам ца хилира цуьнан.
– Цул т1аьхьа Руслан вара, – дуьйцура цо кхин д1а. – Иза вен уггаре а атта хилира. П1елг хьажон бен ца дийзира сан, цунна 1ожалле боьду некъ гойтуш.
Юха Таиса. Хьо каш доккхуш воллуш вайшинна мала хи да вахара со. Чоьхьа ваьлча, шина куьйге корта а лаьцна, елхар узаршка дирзина д1асатехкаш 1аш яра иза. Цуьнга мохь ца хьакхийта, цкъа хьалха коьртаха буй тоьхна иза кхетамчуьра яьккхира аса. Юха коча т1ийриг тесна хьалаоьллира. Ас хьалауллуш дийна яра иза. Таиса чуйоьдуш мича хьолахь яра гуш вара хьо, цундела цхьа а шеко а ца кхоллаелира. Ткъа х1инца хьан раг1 а т1екхечи, – тоьпан бирг1а хьалаяхийтира Къосума.
– Къосум, – сихвелира Эдалгири. – Х1унда байъина ахь уьш? Со х1унда воь ахь? Х1ун динера оха хьуна?

Буйнал хир болуш цхьа т1улг карабеанера цунна, х1инца Къосуман х1умма а тоса ца долуьйтуш, иза дика схьалаца г1ерташ вара.
– Х1унда… Ас элира-кх шуьга, аса сайн зуда йийна аьлла. Цхьана сарахь балхара чувеъча гучуелира суна иза. Сайн доттаг1чуьнца. Доттаг1а ву бохург кораха араиккхина ведира. Х1ара-м йоьхна а яцара. Суна т1ехбеттамаш бира. Со стаг вац элира. Аса легаш 1евдина йийра. Суна ч1ог1а езара иза. Къа а хетара. Буо ма дара иза, берийн ц1ийнахь кхиъна. Цо т1ехбеттамаш ца бинехь юьйр яцара, йитина д1айохуьйтур яра. Цул т1аьхьа и сайн доттаг1а ву бохуш лелларг а вийра, шина к1ирнахь лехначул т1аьхьа кара а вина. Сайн уггаре а хьоме ши адам – зуда а, доттаг1а а (вовшех цхьа а къайле йоцуш, жималлехь дуьйнна доттаг1алла лелийна ма вара тхойшиъ!) – дийча, шайх ас къинхетам бийра бара моьтту хьуна? Уьш саннарш дац шу а?
– Ткъа хьан х1ун бакъо ю нах байъа? Хьа елла хьуна иза? Хьо мила ву? – т1улг кхоччуш къевлина схьалаца аьтто белира цуьнан.
– Со бохий ахь? – соцунг1а хилира Къосум. – Со… Со г1арол хуьлуьйтур вай… Х1аъ, кху лаьмнийн г1арол ву-кх со, шу санна йолчу боьха х1уманашка яхь йолу к1ентий, оьзда мехкарий кхиийна долчу кху лаьмнашкахь шайн эхье, маьттаза г1иллакхаш ца даржа дойтуш лаьтташ…
Ц1еххьана Къосуман аьтту белш т1ехула д1ахьаьжира Эдалгири, ши б1арг а къарзош. Ларамаза цу аг1ор д1ахьажавелира Къосум а. Хьалаиккхина, доггаха ластийна цуьнан коьртаха т1улг туьйхира Эдалгирис. Къосуман карара топ елира. Шен лерган юххехула шакарца х1оъ т1ехболуш хезира Эдалгирин. Топ лаьтта охьа а йоьжна, бердаха яхара. Нека дан г1ерташ санна, шозза-кхузза ши куьг а ластийна, цунна т1аьхье Къосум а чувахара. Дукха хан ялале топ т1улгах кхеташ г1овг1а а, цхьа къора тата а хезира.
Эдалгири вехьаш вара. Дукха вулавелла 1ийна ши ког тхьусбоьллера. Легаш дакъаделла дара цуьнан. Ши ког д1а а хецна, охьахиира иза. Дикка 1ийра иштта, балдех мотт а хьоькхуш, сиха са а доь1уш.
Шаьшшиъ схьавеъначу аг1орара цхьа тата хезна д1ахьаьжча, ж1аьла гира цунна дедда дог1уш. Юххе кхаьчнера иза. Хьалаг1атта тохавелла Эдалгири, ког гал а иккхина, нийсса бертала бердаха вахара.
Ж1аьла дехха лийтира, х1ара шиъ 1ийначухула д1аса а уьдуш…

Вайнах, электронная версия, №3, 2018

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх